Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 02
          Цул тIаьхьа, Ан-са-дица къайле йолу къамел диначул тIаьхьа, сте йолу Нур-сири шен берашца, сту-ненан, Малх-Азнин кхерчахь а йитина, шолгIачу дийнахь новкъавелира Чимолли. Сел сиха иза новкъавала хIоьттина бахьана дара, Нинуа-ГIалара веъна геланча. Цу геланчас Чимоллига а хьахийна, цуьнгара хаам хилира Ваурхе, кхана кху метте кхочуш, ял гулаечу тIемалойн онда бIо хилар. Цо дийцарехь, кхузахь гулайина ял эцна, цхьа дакъа «Дур-Тикульти-Нинуртан» гIала а доьдуш, бисна бIо «Ха-ба-хин», «Меха-Арин» мехкашкахь ял гулайан баха безаш бара. Цул тIаьхьа, Кумме-ГIала иза гIураг хилар а, Iорадаьллера кхарна. Цаьрга боцчу безамна, Варзапас а бира новкъавала сацам. ХIара новкъавалале, кхо къано, кхин цкъа а дагавалархьама вовшахакхийтира. Иза дара, алдар беттан 13-гIачу дийнан сарахь, дуьззина диъ де ахде хьалха.
          
     ... Читать дальше »
Просмотров: 910 | Добавил: erzu | Дата: 02.07.2015 | Комментарии (0)


Сиз хьакхарца билгалабинарш, историн бакъ турпалхой хилла, бисначарех цхьаберш, историн тешаллаша хьахийна а бу:
Кархамэса, паччахь – Ини-Тешшуб-II-ниг (12-гIа бIешаран юкъ).
Египет, – пирIун Рамсес-II-ниг (1279-1213 шш).
Аррапха, цуьнан паччахь – Вавилонах, 1235 шо кхаччалца вазар долу Муш-Тешшуб.
Ассири паччахь – Адад-На-арара-I-ниг (1307-1275) / (1295-1264 шш).
Нах-Арена (Митанни, Меттан-На) паччахь – Шаттуара-I-ниг (1290-1265 шш); Васашатта (1265-1240 шш).
Эла-лам /Эллам ... Читать дальше »
Просмотров: 796 | Добавил: erzu | Дата: 02.07.2015 | Комментарии (0)

ТIЕТОВЖАРШ:

19 Мусасир («Маса-Сур» - «ХIал-Да» цIун культан юкъ хилла) – Иза хилла, шира гIала-пачхьалкхе, «Лакхара», я «Доккха Заб» олучу хин атагIан лакхенехь, «Ван» олучу Iоманна къилб-малхбалехь Iуьллуш а йолуш. И гIала-пачхьалкхе хиллачух тера ю, уггаре а хьалха урартойн ваьрраш даха хевшиначу меттехь, кхузаманан гIажарин юрт Мудъесир (Mudjesir) лаьттачу меттехь. И юьрт ю, Ревандуз гIалана 18 км гергахь. Ширачу оьмаран II-гIа эзар шараш чекхдовлачу муьрехь, «Урарту» аьлча, историна евзуш йолу онда пачхьалкх кхоллало, цу махкана гонахьара кIошташ чу а лоцуш. И ваьрраш таваккал деш хилла, шайн онда волчу цIуна «ХIал-Дена». Иза, Ассирин коьрта цIу волчу «Ашшурна», даима дуьхьала лаьтташ ... Читать дальше »
Просмотров: 804 | Добавил: erzu | Дата: 02.07.2015 | Комментарии (0)

ТIЕТОВЖАРШ:
 
70 «Шубарт», («Хурри - шу/су/бартойн Барт» - «субареи» («шу/су/-бара-и»), – аьлла цIе дуьххьара «шумарша» а йоккхуш, цаьргара и цIе дIаэцнарш, «аккадаш» хилла, и «шу» боху кхетам «су» дашца хуьйцуш. Шумаран шира йозано кест-кеста хьахош ду, «шубарта» (субари) олу ваьрраш а, церан дахарах лаьцнарг а. Хурритин меттан аларш долу, цу халкъан матта юккъера дешнаш а хаало, «шумаройн матта» юкъахь. «Хурриташа» кхоьллина йолу «Мари» олу гIала-пачхьалкхе, 26-гIачу бIешарашкахь ша коьртехь йолчу хенахь, цхьана куьйга кIелахь паччахьалла хира долуш, и доллу «ширакавказхойн» бух болу халкъаш вовшахатоха гIоьртина хилла, юкъара цхьа онда пачхьалкхе ... Читать дальше »
Просмотров: 929 | Добавил: erzu | Дата: 02.07.2015 | Комментарии (0)

Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли