Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 03
Историн хьесап:
          «Ширакавказхойн43 орамах бевлла, пайхамарш Нухь («На-Iу-ха») а, Ибрахим (И-бара-хи-Ма) а»

          ХIара яздар доладале, кхин цкъа а ала лаьа, со делазхо ван гIуртура болучарна моьттург дохон: «АллахI, цхьаъ дела ву, Мухьаммад-пайхамар, бакъ элча ву!». Со иштта теша, «Къематан де» догIург хиларх а. ШолгIачунна лерина, масех КъурIанан аят дало лаьа суна, делазхочуьнан къамелах тера аса дуьйцура дерг делахь а, и сан шеконаш бехказа ... Читать дальше »
Просмотров: 1013 | Добавил: erzu | Дата: 03.07.2015 | Комментарии (0)

         
          Цу шира яздаро вайна Iораяхначу билгалонаш юкъахь коьртаниг ю, Ибрахимна Дела вевзачу хенахь, цуьнан хилла дахаран хан, 40 шо хилар. Цул совнаха, КъурIано а билгаладоккху и Ибрахим жугтий а, я керста а ца хилар.
          КъурIанан кхеторш дан хуучара дуьйцу, «Крачковскес а, кхин болучара а КъурIан гочдеш, цуьнан 3-гIа суран, 67-гIачу аятаца талхор дина, «керста» бохучу даша тIехь» бохург. Аса дукха къамелаш дина бусалба Iилманчашца цу дашан хьокъехь. Цара дийцарехь, «керста» бохачу меттехь, «эрмало» боху кхетам, мелла бакъдолучунна гергахь бу бохург, Iораделира суна. Цул совнаха, суна хетарехь цу аято шалхо йоцуш чIагIдо, цу заманчохь цу Хьалхарачу Азехь дехаш хилларш кхаа макро-доьзалан адмаш бен ца хилар: симиташ (ист.: - «аккадой», шайх тIаьхьо асси ... Читать дальше »
Просмотров: 1004 | Добавил: erzu | Дата: 03.07.2015 | Комментарии (0)

«Вассуканна-ГIала. Васашаттан хьеший»
 

 
Историн хаам а, хьесап а:
          Кхузаманан Сирин латта тIехь, цуьнан къилбседа-малхбалехь ю «Тель-Фехерия» (Тель-Эль-Фехерия) олу шира къапалг. Цу махкара, «Хабур» (Ха-бу-ара) олу хица йолчу, «Эль-Хасеке» олучу кIоштахь ю и меттиг. Хетарехь, и къапалг йолчохь лаьттина ю, историкаша «Метанни» а, пирIунаша дитанчу тешаллаша «Нах-Арина» олуш хиллачу пачхьалкхан пачхье – Вашшуканни (Вассуканни, [Wa-]Sikan[-nа], я шира нах-мат ... Читать дальше »
Просмотров: 944 | Добавил: erzu | Дата: 03.07.2015 | Комментарии (0)

Хаам.
          Сту лоцу гезган а, дIаьвше гезган а къовзор, адамна кхераме ду. Ю Iоьттича, я къовзийча тайп-тайпана тIаьхье хуьлу, цу са долчу хIуманан тайпане, ю Iоьттиначу меттиге, зен хиллачуьнан хене, цуьнан дIаьвшаца йолу экамалле хьаьжжина. Уггаре а кхераме меттигаш ю: корта, ворта, лаг.
          Сту лоцу гезган дIавшо, токсинан Iаткъам бо нерван, дега-пхенан къепана. Къовзийна меттиг чIогIа лазош а, есташ а, чкъора тIехь хих дуьзна лоппаргаш хIуьттуш а хуьлу. Даго бо болх сихло, айъало температура, корта лозу, Iеттаво, наб а, хорш а йогIу, гIора дIадолу. Таккха, пхенаш ийзо долало, куьйган, когин пхидарчий егаян йолало, шийла хьацар туху, деган белхан ритм юху. Юкъ-юкъа лазархочуьнан хьал тоделла аьлла хеташ хилахь а, юха, галайийла а йолало могашалла. ЦIеххьана, садеIар сацо тарало чарпо.
   &nb ... Читать дальше »
Просмотров: 882 | Добавил: erzu | Дата: 03.07.2015 | Комментарии (0)

          Гу тIера чувуссу виъ дошло а, ши гIашло а гуш вара, оькъамаш тIехьа нислуш дIатаьIна Iуьллачу кхаа къонахчунна. Дукха хье ца луш, чувоьссиначу шина дошлочо, кхеран агIонга шайн дой лаьллира. Iодан пхено лоцура доцчохь сеццачу цара, кхузара шайна тIевеъначуьнан доца хамталле ладуьйгIира.
Цул тIаьхьа, шен говрахь тIеволавеллачу цхьаммо мохь туьйхира.
          - Суна, къамел дан лаьа шу сур-элица! – аьлла.
          - Хьуна ца хаьа, хIай «ашшуро»! Нах-арихой массо а сур-элий буйла. Дийцал хьайна луург. Со ву-кх, сайн мехкан сур-эла – элира, ирахIоьттиначу Ваванес. – Ашшуро! Къамел дан лууш хьо велахь, динара воссий схьатIевола, турс, тур, шаьлтий бен йоцуш. Со а, иштта тIевогIу хьуна. – аьлла, Сур-Шене тIаьхьайисна бакъо йийхира цо.
          - Сур-Шен! ... Читать дальше »
Просмотров: 968 | Добавил: erzu | Дата: 03.07.2015 | Комментарии (0)

Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли