Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 04
БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМИ!

Кхузаманан, «демократин» дахарца вехачуьнга а ца кхойкху, питанче еша а ца боху, хийрачу орам тIе, шен маргIал доьгIначуьнга безам а бац. Суна везарг ву: тешар дерг; ненан мотт бицбина воцург; дайн ламасташ16 лорург; бакъ орам лоьхург; шен халкъах дог лозург; Iожалла тIеэцна а, сий ларориг; Даймахкан сибат дайча, дог асаре хуьлуш верг; иштта, дохко ваьлларг а.
СУЛЕЙМАН АСЛАМБЕКОВ
         < ... Читать дальше »
Просмотров: 1139 | Добавил: erzu | Дата: 04.07.2015 | Комментарии (0)


             Гуне, АлгIа, Халда, Варзап, Нах-Ша, Арне, Юарубани тIаьххьаре а цхьаьна бисира, шайн коьртехь Ваване а волуш. Хилларш, лелларш дуьйцуш, дикка Iийра уьш. Массарна хаа луург дара, Гуне кхуза кхачо, кхолладеллачу бахьанах лаьцнарг.
          - Сан нанас Шинталас, шен йоIана гаттадечу сино кхачийна со кхуза уггар хьалха. Цул совнаха, цIаверзо томечу хьолахь хIара Халда велахь, и декхар а ду суна тIедиллина. Кхин цхьа бахьана а ду, со кхуза валийнарг. Иза ву, сийдолу Эйа. Дукха хеттарш ду сан цу хьекъалчан жоп дезаш – цо аьлча,
          - Изза Iалашо, сан а яр-кх, кхуза вогIуш. Суна хууш дацара, хIара вайн лазархой а, церан нускалаш а, хIинца а кхузахь дуйла – олуш, забар ян гIоьртира, Гунен нуц ларалуш волу АлгIа.
          - Тхо лазархой бахьана долуш, шу кхуза ца кхаь ... Читать дальше »
Просмотров: 989 | Добавил: erzu | Дата: 04.07.2015 | Комментарии (0)

Историн хьесап а, хаамаш а:
          Месопотамин23 къилбседа-малхбузехьа долчу, «Балих» («Ба-али-хин» кхин цIе, «Гуллаба» ю) хица Iуьллуш йолу Харран (нах-маттахь «Ха-ара», гIазкх., «стража степи, долины»), махлелорца ладаме гIала хилла. «Балих», Евфратах (Нахарина-хи)24 дIакхетта хи ду иза. И Харран-ГIала а, Митаннин пачхье хиллачу Вассуканни-ГIалана, 75-80 чакхарма а йолуш, Дамаск-гIалана, 450 чакхарма юкъ йолуш хилла ю. Цу кIоштахь вовшахакхеташ хилла Вавилонера, Жимачу Ази а, Сийрихула (Сири)25 ... Читать дальше »
Просмотров: 992 | Добавил: erzu | Дата: 04.07.2015 | Комментарии (0)

Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли