Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2016 » Июль » 07
          Дикаберд волучуьра араваьлла цхьатерра ши къонах, адам гуладеллачу майдане вахара. Баьхкиначу хьешех бIаьрг тоха а, керланиш довза а, дехийлахь мел долу адам дара цу метте схьагулалуш.
          - Хьажахь, хьажахь, и хьалла, Гарсаца вогIу къонах, ма товш стаг ву! – Мархатайс аьлча,
          - ЙоI! Цулле а, БаIаш лаха ахь, кхин къонахошка бIаьрг а ца кхобуш – элира, Сени шена ма-гиннехь, цуьнга безам бахначу Поллас.
          - Иза-м, хаьара суна мичхьа ву. Шен ден де ден голош мара а йоьхкина, и хьалла, бIов чохь Iаш вара иза-м, - элира, шелла йоккха йолчу Поллин, хийцаелла дог-ойла гиначу йоIас.
Оцу хенахь, гергавеъначу вашас куьг ластийра шина йоIе.
          - Полла! Мархатай! Кху сан хьешана лерина, жима той ду хIотто дезаш. Шу шиъ, ледара ма хилалаш. Кху сан хьешан, до ... Читать дальше »
Просмотров: 1010 | Добавил: erzu | Дата: 07.07.2016 | Комментарии (0)


          Хьажал, цу вайн кегийрахоша гайтинчу цу халхаре. ХIун бух бу, хIун маьIна ду цу чудиллинарг? Цара кхоьллина и мармар, иза вайн «Лам» бу, лаьмнаш. Лам, вайн дагнашна гергара бу. Цу кегийрахоша, вай цецдохуш шайна хьалха тулгIе кхуллуш лаьтта доссийнарг, адаман, шираллера дуьйна, кхудене кхачийна дахаран васт ду. Лаьмнин кур тIехь кхиана адам, цкъа мацца а аренга долу, цу кур лекхачу лаьмнин когашка дуссуш. Рожехь охьадиссиначу цу бераша вайна гайтинарг, и лаьмнаш, даккъаш, акъареш, аренаш хиларал совнаха. Адаман дебар и дебна адам лахенга, лаьмнин когашка доссар дара шуна. Цара и мармар, я ира кур болу лам кхоьллича, цу лахахь, йоI-кIантас дина «кхокха-аьрзунан» халхар, вайн дахарехь даима болу къовсам бара шуна. «Лам» - лакхе! «Къовсам» - толам! Цу тIетоха ваьрран гIора, онда юьхьса, шайн цхьаллах тешар! Иза ду, вайн дахарах къасталура доцу амат. «Нах» олу бух! В ... Читать дальше »
Просмотров: 903 | Добавил: erzu | Дата: 07.07.2016 | Комментарии (0)

Музыка
Календарь
«  Июль 2016  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
    123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031
Назам
Адин,Сурхон илли