Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 2 » "Аьхкенан дIахецарш" = 12
11:03
"Аьхкенан дIахецарш" = 12
ТIЕТОВЖАРШ:
 
70 «Шубарт», («Хурри - шу/су/бартойн Барт» - «субареи» («шу/су/-бара-и»), – аьлла цIе дуьххьара «шумарша» а йоккхуш, цаьргара и цIе дIаэцнарш, «аккадаш» хилла, и «шу» боху кхетам «су» дашца хуьйцуш. Шумаран шира йозано кест-кеста хьахош ду, «шубарта» (субари) олу ваьрраш а, церан дахарах лаьцнарг а. Хурритин меттан аларш долу, цу халкъан матта юккъера дешнаш а хаало, «шумаройн матта» юкъахь. «Хурриташа» кхоьллина йолу «Мари» олу гIала-пачхьалкхе, 26-гIачу бIешарашкахь ша коьртехь йолчу хенахь, цхьана куьйга кIелахь паччахьалла хира долуш, и доллу «ширакавказхойн» бух болу халкъаш вовшахатоха гIоьртина хилла, юкъара цхьа онда пачхьалкхе кхолла. Сийрин аренаца доза долуш йолчу цунна гуш хилла, къилб-малхбузера Аравин аренашкара болу кхерам. Делахь а, цу Мари пачхьалкхара «субартахошна» гуш болу кхерам шайна ца гарна и некъ тIе ца эцна «шумарша», даима хьалхе езарца доьзнарг хьалха а даьлла. Цу Шу-маран паччахьалла а, тIаьхьо и Мари-ГIала а, симиташа йохош, доладохура ду и мехкаш. Амма, ширачу оьмаран 1900-гIачу шарашкахь, зазадаьккхина кхуьучарех хилла «Субарта» (гIазкх., «Шу-барта» - союзники; «Шу» - «межа», «гряда», «граница»; «барт» - «союз») олу, хурритин орамах долу «ширакавказхойн» ваьрраш деха и мохк. Евфратан аьтту бердаца а, «шу-маршца» доза долуш а, Мари-ГIала а, «Хана» мохк а, цу юкъахь а болуш хилла ю и кIошта. ТIаьхьо, цу «Субартахь», «Хана» махкахь баьхна аренан хурриташ а, ламанхой болу «касситаш» а вовшахакхетта, «бартахой» хиллачух тера бу уьш, къилбседа-малхбузехьа шайн экспансии йолош. Цуьнан коьртачех долу бахьана хилла, ерриге а Хьалхарачу Азина тIегIерта «афризио-симитин», «индоевропейцин» ваьррин машаре экспансии. Иштта, хила таралучарех ду, Iаламан хиламца доьзна бахьана а. Делахь а и зама нислуш ю, Шумарахь цIуй совбала болабеллачу хенаца. Мари-ГIалан кIоштахь а, «Хана» махкахь а бехачу «субартойн» ораман га ду, историно «гиксошаш», ткъа мисархоша «гикахасуг» (мисарх., «Гикахасуг»; «Жи-Ка-Хьовсург») аьлла хьахош болу, Мисаран малхбален дозанца ханна баха хевшина даьхнелелорхой. Цу «гиксосаша» Палестина а, Сийри а шен Iуналлин кIелаялайо, цу бухахь даьхна «ширакавказхойн» адам, симиташа чIаьнкъа дерзорца йолийна процесс хадош. Ширачу оьмаран 1674(50)-гIа шарна гергахь, Хевронехь севцца хилла и «гиксосаш». Мисаран махка боьлхий, цигара Нил хи хIордах кхетейолу меттиг дIа а лоций, цигахь гIала хIоттайо цара, историно «Аварис» аьлла хьахош йолу, мисархоша а, шаьш гиксосаша а «Хау-ару» цIе туьллуш. Иштта, кхоччуш чIагIялаза, сорса йолчу Митаннис Мисарний, Палистинанний юкъахь кхоьллина, «буферни зона» хилла цу «Барто» кхоьллинарг.
71 Виноградов – Профессор В.Виноградовс харцIилман концепции кхоьллина, «Шайн лаамехь, Росси чу Нахчийчоь яхар» къобалдо бух кхуллуш. ЧИАССР-ехь, «идеологин Iаткъамхо» хиллачу цо, накъосталла до, аланаш хIирийн дай хилла боху бух кхолла а. В.Б.Виноградов а, кхин болу Iилманчаш «Iилманан талархой» бу олий цIе туьллу, советан историк волчу М.Дружининас (хьажа, Ташу-Хьажах лаьцна А.Б.Закса язйиначу кандидатан диссертацига. Арахецна, Грозный гIалахь 1992-гIачу шарахь).
72 Маздакит (-изм) – динан-философин хьехам лоруш хилла бу Иранехь а, гонахьарачу мехкашкахь а дIасхьабаьржина хилла, цу хьехамах герз дина болам. Цу боламан коьртехь лаьттинарш, дукхаха берш жуьгтий хилла. Цу хьехамна а, боламна а историно тиллина цIе ю, Бамдадан кIентан, Маздакан цIарца бух кхоьллина. Цу боламна бух кхоьллинарг ю, гностик волчу Карпократан а, римхочуьнан Бундосан а ойланаш. Цара боху: «Дуьненан процессаш дIахьош берг бу сирланиг, диканиг йолчу хьалхенан а, бодане, оьгIазе йолчу агIонан а къовсам. Шен хьехам дIаболабо Маздакас, 488-гIачу шеран 21-гIачу ноябрехь. Цу шарахь церан накъосталлица Иранан паччахьан, шахиншан гIанта хоу Ковад-I-ниг а. Маздакан агIончаша дIалоьцу цу пачхьалкхан урхаллин даржаш, ша Маздак цу махкахь уггаре а, паччахьан гергахь долу дарже хIутту. Церан Iаткъамо гIелдо цу пачхьалкхан сий а, гIора а. Къанвеллачу паччахьан паччахьалла дIакхоьхург хилла, Ковадан кхозлагIа кIант волу Хосрав-I-ниг. Иза, тIаьхьакхиъна хилла цу боламан Iалашонна. Шен да кхетаво цо, и маздакъхой пачхьалкхан урхаллех дIа ца хербахь мехкан тIаьхье йоцийла. Да тIетайначул тIаьхьа Маздак а, цуьнан агIонча волу шен ваша Кавус а воьш, туьрца, доь дайъа волало цу боламхойн, Хосрав-I Ануширван 528-529 шараш юкъахь. Хосров-I Ануширван (гIаж. انوشيروان – «Iожал йоцу са») Сасанидан цIийнан цIарах паччахьаллехь хилла 531-579 шарашкахь. Кхузаманан къилбседакавказера гIала «Маздок» а, церан цIарах цIе тиллина ю.
73 «алан», - аш»; «Алани» – Къилб Кавказера, Къилбседа Кавказера сехьаяьлла нах-орам алсама болу этнотоба. Прааланаш схьабевлла мохк бу «Кхаа Iоман кхосаберг» - Урарту пачхьалкх кхиана мохк. И хира болу аланаш схьабевлла хила тарало, «ари» олучу этнотобанах. Къилбседа Кавказехь уьш бахначу мехкан цIе хилла «Алон-тIе», гIазкхашха аьлча «над равниной», я «над долиной» олу маьIна а долуш. Осетинаш (хIирий), «аланаш» бу бохург, бух боцург ду. Царех «Аланан Барта» юкъабогIуш хилларш, цхьа «дугарой» (дигорцы) бен бац. Важа, Виноградовн туьйра ду. Алани пачхьалкхан пачхье, цхьана юкъана, Алхан-ГIала лаьттачу кIоштахь хиллачух тера а ду. Праалан этнотобанан хьалхара тIум (ядро) кхоллаеллачух тера ду ТIехьарачу Кавказан, «Арран», «Албан», «Алван» (и кхо цIе, цхьа кхетам болу, цхьана мехкан цIераш ю) олучу кIошташна юкъахь. Дукха Iилманчаш бу, аланех Къилбседа Кавказан дай а бина, шайн историн кIошта Идал (Волга), Дон хиш тIекхаччалца шорбан лерина. Цу аланаша, тIелетарш деш хилла Арменина а, Жимачу Азира, хийрачеран Iаткъамна кIелахь йисначу кIошташна а. Цуьнан бахьана хила таралуш ду, гIажарийн гIоьмукъашца, шайн шира дай цу мехкашкара ара а теттина, керла дай хIиттиначеран олалла дохорца боьзна лаам чIогIа хиларна.
74 «нах-адам» – «нах-адам», «нах-тайпа», «нах-юкъаралла», «нах-этнос», «нах-орам», лингвистин маьIнехь, гергара кхетамаш бу. Цу юкъа догIуш а, и кхетамаш кхоьллинарш а хилла, цхьана генетикан орамах долу адамаш. Уьш ду: кхузаманан нахчий, гIалгIай боцурш а, цу этнотобанна юкъадогIуш ду кулхаш, кахиташ, картвеллаш, двалаш, сванаш, тушинаш, хевсураш, баццой, кисташ, цова, ишт.кх.дIаберш а. Кху тептар тIехь, «тиша-», я «ширакаваказхойх» доцчу адамех а, къаьсттина, нах-этнотобанах боцучарех а, «нах» олуш дац. «Нах» дош (кхетам) гIазкхашха «люди» алар нийса дац. Ала догIург ду «кхин адам», «кхин халкъ». Иза, лугIаташ кхуллучеран гIалат ду.
75 «Нахчи» (Нах-Чоь) – Цу цIарна чубогIуш ши кхетам бу: «нах» - «нах-этносах» долу адам; «чи» - и дош, кхетор долуш ду «чоь», «мехкан чоь», «чуьра» бохучу маьIнашца. Пророссин агIо ларочу вайнехан Iилманчаша, «нохчи» аьлла кхоьллина бух нийса бац, халкъах йоккхучу цIеран орам хиларна «нах». «Нох» алар доьзна ду, мифан бух тIетовжийна, вай, бакъ исторех тило а, иза туьйранан хьесапе ерзон а. «Нах» дешан историн кIоргалла, уггаре а кIезга хан билгала йича а, 4.5 эзар шаран дохалла долуш ю (Тутмос-I-чуьнан, пирIунан хан).
76 «Нахарара» (Нах-Арара); «Нахар» – кхузаманан эрмалойн, гIажарийн маттанашкахь, цу «нахарар» дашна чудиллина маьIна, гIазкхашха «первозданный», «первородный» бохург делахь а, нийсаниг хира ду и дош шина кхетаме диллича «нах», «арара», я гIазкхашха «внешные нахи» аьлла. Уьш, элин аматаш эцна, онда некъеш хилла, кхузаманан «Нагорный Карабахан» (ист. Арцах) кIоштахь, юккъерабIешарашка кхаччалца дозушдацар а долуш, шайн эскарш а, «нахар» олу ахча а, иштта вассалаш а болуш даьхна долу. Цкъацца йолчу хенашкахь, уьш хилла эрмалойн «Аршакидан» (428), церан олалла доьхначул тIаьхьа Сасанидин Иранан, тIаьхьо Iарбойн Халифатан вассалаш. Жим-жимма, и «нахарар» дош даржан цIе хилла, дIатаралуш «мецамеца», «ишхана», «патрика», «архонта» «мелик» кхетамех. Цул совнаха лараме дарж а, лаккхара каста а хуьлий дIахIутту и дош эрмалойн аристократин. 8-9-гIачу бIешарашкахь царех дукхаха берш вовшашца бечу тIемашкахь ле, биснарш эрмалойх дIаоь. XI-гIа бIешараш долалуш тIетаьIначу сельджукех а, Византис Васпуракана, Ани, Карс гIаланаш а йохуш биначу Iаткъамх бевддачу эрмалошца цхьаьна, империн малхбузехьа дIабоьлху телхаш (гIазкх., «деградироватся») деш болу нахарараш а. Бакъду, 1080-гIачу шарахь, Анин паччахьо тIеоьзна хиллачу цуьнан гергара стагас, Рубен-I-чо, «Ламанан Килики» («Буьрса») олу элан юкъ кхуллу, тIаьхьо пачхьалкх хира йолу. Цуьнан коьрта гIорториг хилла ломара дIабахна «нахарараш».
77 Тутмос-I-ниг (1530-1520 шш, я 1506-1494 шш) (Тот-Мэ-са) – Мисар мехкан, «тутмосгIеран цIийнан» да – пирIун (фараон). «Нах-халкъах» лаьцна, яздина тешалла дитина цо шен анналашкахь, ш.оь.1522 шарахь.
78 Тутмос-III-гIниг (1525-1471шш, я 1503-1447 шш) – Тутмос-I-чуьнан кIента кIант – пирIун. Цо а, шен де дас санна яздина тешалла дитина: «ХIетахь сан локхалло, хIоттийра сайн /дозанан/ пилта цу «Нахаринан лам» тIехь, лам тIехь агар дина йоза, малхбузера бердаца «Сийлахь-Боккха Го боккху хица».

79 Шумар (ист. «Шумер») – Шира мифаш, зайл-йозан зарба хьесап деш теллича, «мар» боху дош ладамениг хилар гучадолу цузаманан матта юкъахь. Иза, сецца кхетам бу. Цундела, «Шу-мер», цу махках алар нийса дац. «Шу-мар», цIара юккъехь ши кхетам бу. «Шу» бохучу дешдекъо гойтург Тигр, Евфрат вовшенна гергатаьIначу меттера зил иза хилар а, Месопотами шина декъе («Къилб-», «Къилбседа Месопотами») йоькъу «шу» хилар гойту цо. «Мар» бохург, цу махкахь хилла сийдина чкъор, я халкъан тIегIа хилар гойту кхетам бу. Цу мехкан, кхузаманан дашца аьлча, аристократаш хилларш бу «мар» а, «марой» а. Цуьнан халкъ долу «шумарш», «праширакавказхойн» орамах хилла. Уьш а, царелла хьалха баьхна «нуьхалш» а, шеко йоцуш, «кавказхойн» тIехширалла йолу этночкъор ду.
«Ширашумаран оьмар», я «Ширашумаран культура» (ш.оь. 4200-1900 шш.) – «Ширашумаран культура» кхиана хан, екъалуш ю кхаа муьре: «Нуьхалан мур» («хидестале хилла мур», гIазкх., «допотопный период»), «Шумаран мур» («хидестар хиллачул тIаьхьа», гIазкх., «послепотопный период»), «ЧIаьнкъаллин муьран чеккхе» (2300-1900 ш.оь.шш. гергахь). Цу юккъерачу, «Шумаран муьро» чулоцу хан а, рожехь екъалуш ю кхаа декъе: «юьххьерапаччахьаллин хенан (гIазкх., «раннединастический рериод), хьалхара мур» (2750-2615 ш.оь.шш. гергахь); «- шолгIа мур» (2615-2500 ш.оь.шш. гергахь); «- кхозлагIа мур» (2500-2315 ш.оь.шш. гергахь) аьлла. Цу тIаьххьарачу муьрехь, Къилб Месопотамина девзу, афразио-симитин макродаьзалан юккъера аккадойн ваьрраш. Цул хьалха, «хидестале» беъначу «Нуьхалан муьрехь», цу кIоштана бевзина хилла бу, африо-симитин макродаьзалах болу, хIордаца махлелорхой хилларш а.
80 «Ханаан» – Дуьненанюккъера хIордан» йистера аса чулоцуш, «Синай» олу ахгIайре тIекхаччалца болчу махкахь баьхна болу, дуьххьаралера бахархой бу «ширакавказхой» а, жимаазин ваьрраш а. Царех йоккху цIе хилла «ханаана» (Хана-а-На), церан мохк «Ханаан» а болуш. И цIераш, тIаьхьо, «гиксосин оьмарехь» техкиначух тера ю царна. ГIайренаш санна, политикан яккъашкахь деха, бухара, «ширакавказхойн» орамах долу адам (праханаанаш) а, тIедеана керла «хурритин» га долу гиксосин халкъ а, уллера гергарло долуш хиларна, даима тIеттIа гIерташ хилла ду. ТIаьхьо (1200 шо), гучадера долчу «этрускин», «филистимъянан» халкъаш а, къаьсттина, культура цхьаъ йолуш хилла ду цу ханаанашца. ПирIун волчу Рамсес-II-гIачунна (1290-1224 шш) дуьхьала, цара тIом баран Iалашо хилла, цу Ханаанан махкахь цуьнан олалла чIагI ца далийта. «Та’анах» олучу меттехь диначу схьаделларо гучаяккхина, 15-гIачу бIешаран архиво а, Эль-Амарнан йозано а тешалла до, Ханаанан махкахь хилларг «хурритан» Iаткъам хилар. ТIаьхьо, «ханаанаш» аьлла цIе тиллина болу и нах, 9-гIачу бешарашкахь, симиташа кхоччуш тардар деш, тIаьххьаре шайх дIаэдар дина царна.
81 «ширававилонан оьмар» – симитин макрорасана юккъера, аккадо-амаррейан орамо кхоьллина этнотоба ю иза. «Хьалхара, аморреян паччахьан цIа» коьртехь хиллачу (1894-1595 ш.оь.шш.) хенан муьро, зазадаьккхина зама а хилла иза. «Уран III-гIа паччахьан цIа» доьжначул тIаьхьа, «касситаша» Месопотами дIалаццалца йолу хенан юкъ (XX-XVII ш.оь.шараш), «ширававилонан оьмар» аьлла билламалла долуш ю. Иза лара мегара ду, «Хьалхара Аморреян паччахьан цIа» коьртехь хилла, 1894-1595 ш.оь.шараша чулаьцна хенан мур. И зама, Лахарчу Месопотамехь лай бацорца зазадаьккхина зама хилла, лешна кхелехь тешалла дан бакъо а йоцуш (шумаран оьмарехь тешалла дан а, кхеле вала бакъонаш хилла лен). Цу заманчохь, шуьйрра зазадоккхуш дIадолало йолах ахча далар (гIазкх., «ростовщический кредит»).
82 «халдей» (хьал-де-йа) – «халдей», «халда» аьлла хьахош долу историн дешнаш, тайп-тайпана маьIна а, кхетам а чубиллина дешнаш ду. Халдеяш, «арамей» олучу симитин, онда орамах дIакъаьстина га ду. «Персин чуIанонан» малхбузера хин йистошкахь даханачух тера ду и халкъан га, ширачу оьмаран 12-11-гIачу бIешарашкахь. Ткъа цу оьмаран 9-гIачу бIешарашкахь, Вавилонан къилб агIонгахь, чIагIделла охьахиъна и халкъ, жим-жимма дечу боларца къиьбседехьа гIурту. Симитех болчу цу «халдеян» матто, хийцадалар дина, есачу аренан йистошкахь уьш лелачу муьрехь. Бухахь хиллачу Хьалхарачу Азин оборагенин маттаца, церан мотт эбалар бахьана долуш, кхоллало «малхбале-арамеян диалект». ХIунда аьлча, «гиксос-хурритин» элемент онда Iаш хилла Левантан, Сийрин гIаланашкахь дай а болуш, «Аравин есачу аренан» дай симитин ваьрраш хиллехь а. Цу халдеян диалекта тIехь, кхоллабелла бу, кхузаманан Iарбойн мотт а. Халдея – Вавилонан империн къилб-малхбузера мехкан, симитин дакъа ду иза. Ширачу оьмаран XI-X-гIачу бIешарашкахь кхолладелла арамеян мотт буьйцу цу меттера, керлачу халкъах а олуш хилла «халдей». Цу цIарна чубиллина кхетам бу, «ширакавказхойн маттаца», маьIналла даккха йиш йолуш, «хьал-дай» аьлла. Даккхийра жаш долуш, аренан ваьрраша кхоьллина хилла, цу цIарца билгалдаьлла и халкъ.
83 «аххиява» («аххиява», «ах-хи-йа-ва», гIазкх., «он есть полуморской») – Цу шира замангара, вайга кхаьчначу тешаллаша цу халкъан йоккхуш хилла цIе, «аххиява» хиларна а, царна дуьхьало еш хилларш «хурри» хиларна а, тешаллаш яздина йоза хатта-хуррин орам болуш хиларна а, и «хурри» вайн шира дай а хиларна, и цIе дешадакъошка екъача нисделларг ду - «ах-хи-йа-ва» олу кхетаман кочар. Вайна ма-хаъарра, «филистимъянаш» схьабевлла «Крит» олу гIайре а хилла, цхьана хенахь, берриге «Дуьненанюккъера (Средизимни) хIорда» тIехь олалла долуш. Делахь а, машарца, махлелоран халкъ а, кхиам болу зуьрет а кхоьллинарш бу «миносаш». Ширачу оьмаран 1425-гIачу шарахь, «Фера» олу жима гIайре тIехь самаяллачу, «Санторин» цIе йолу тIепинго (вулкан) дохийна, и «Миносан зуьрет». ТIаьхьо, цу зуьретан хилла кхиамаш а, хIордахойн гIуллакх а, иштта, церан йозанан (линейное письмо «А») кхиам а шайга дIаоьцура ду и гIайре долаяккхиначу «аххейцаша» («аххиява», «ах-хи-йа-ва»). Цара и доладаьккхинарг, цаьргара а дIаоьцура ду, тIаьхьо хIорда-гIуллакхан дай хIиттиначу «джахиша» («Дежа-хи», гIазкх., «вода обитания»). Хеттин пачхьалкхехь и хийцамаш хуьлучу заманчохь, цуьнан лулахь йолчу Грецин латта тIехь кхуьуш ю «тIаьхьараминоян», «тIаьхьараэлладан» (Микенан) истори. Цу ахгIайре тIехь зазадаьккхина кхуьуш ю варкъ эчиган оьмар. Бухахь даьхначу халкъана тардар дина, дебаш ду «ахейцин» ваьрраш а, кхуллуш пачхьалкхан кеп йолу юкъараллаш - Микена, Тиринф, Пилос. Цара кхуллу иштта, «Линейное письмо Б» олу йоза а. Уьш бу, «хурри-хаттан» тайп деха Туруиша (Троя) хIаллак ен йолу а, цул тIаьхьа «хIордан нах» аьлла девзура долчу халкъан, декъашхой а хилла болу «аххияваш», я вуьшта аьлча, «ахейцин» ваьрраш. Билгалдан деза, шен хенахь и троянцаш эшийна долу «ахейцин» халкъ (аххияваш), ширачу оьмаран 12-гIачу бIешарашкахь, тIемаш барна хIоране бина хиларна а, церан махка лалладеллачу «дорийцин» (ду-ари-цIи) халкъо барт бохорна, бухара «ахейцаш», ваьррашка бекъалой дIабовлу. Цу хенахь коьртехь хилла «Микены» олу гIала, шавзткъа шо даьллачул тIаьхьа, ширачу оьмаран 1200 шарашна гергахь йолчу заманчохь, «Троя» санна цIаро доь дойуш, йохайой дIайоккху «дорийцаша».
84 «Субарта»; «субартой» – «ширакавказхойн» орамах долу халкъ хилла иза. «Аман» лаьмнашкара дуьйна лакхахула а, лахехула а (параллельно) долчу шина дазоно чулоцу юкъ хилла «Плодородный Полумесяц» олу кIошта, берриге аьлча санна Лакхара Месопотамин мохк, «Тигр» хица малхбалехьа Iоьхку кIошташ, Элламан махка кхаччалца. Цу меттехь баьхнарш бу хурриташ а, цаьрца генетикан орам болу шира культурин аборигенаш (ширакавказхой). «Субарти» (субари, шубари, субартой) олучу халкъан ваьрраша цу билгалабиначу махкахь кхуллу онда пачхьалкх «Нахарина», изза йолу «Митанни», изза «Ханигальбат».
85 Гиксос (грекин маттахь «гиксос»), «ги-ка хасуг», я «жи-ка хьовсург» – кхузаманхоша «гиксос» олуш йолу и цIе, пирIунан анналаша Iорайоккхуш ю «ги-ка хасуг/т/» аьлла. ПирIуно аьлла ду: «…уьш массо а Iуй а, паччахьаш а бара» бохург. Вайна хаьа, цу заманчохь лелош хилларг, кегий маIаш йолу дийнат хиллий – жа. И гиксосаш, жалелархой хиллий а хууш ду историна. Цу шира тешаллашна талламаш бечу ассириологин Iилманчин, дукхаза нисделла хууш, я ларамаза, симитизировать дечу яздаран маьIна хийцар, яздеш хилла доцчу, тIаьхьо юкъахIитточу мукъа аьзнашца, я элп хийцарца. Масала, «г» элп, «ж», я «с» элп, «ш» элпашца хийцадала таралуш ду церан маттахь. И элпаш хуьйцуш, вай а тайп-тайпана варианташ теллича, цу хенарчу аматашца богIуш корта болу кхетам кхоллало, «жи-ка хьовсург» аьлла. «Жи-ка», гIазкх., «овца-баран» маьIна ду, кхузаманан дашца, «жа» ду иза. Цу жанна Iуналла дийриг ву, тIехьожург волу Iу. Вуьшта аьлча, «хьожург», «хьовсург», я ширазаманан мисархойн вариант «хасуг».
86 «Майкопан культура» (ш.оь. IV-эзар шараш чеккхе – III-эзар ш. шолгIа дакъа) – Кубанан кIоштахь карийна йолу, йоллачу Къилбседан Кавказехь (Хьалхара Кавказан юккъера, малхбузера кIошташа чулоцу мохк) Iаткъаме хиллачу культурах ю, варкъ оьмаран хенара хилла йолу «Майкопан культура» - ш.оь. III эзар шо. ЦIе тиллар а нисделла, 1897-гIачу шарахь, архиолог волчу Н.И.Веселовскис теллиначу гунан цIарах. Цу культуран бахаман бух боьзна хилла даьхни лелорца, къаьсттина коьртехь жа лелоран гIуллакх а долуш. Варкъах йиначу хIуманашца цхьаьна цуьнан адамо лелош хилла тIулгах дина дагарш а, мокхазан ведаш долу чIунаш а. Царна евзуш хилла чкъург а. ЦIен басахь йолу кхийра пхьегIаш яр а хилла куьпчийн хазарца. Ша-тайпа амат долуш хилла, велла стаг дIаволларца доьзна ламаст, коша тIехь «курган» олу гу а хIоттош (Гимбутасан ойланехь, иза ю, «майкопхойн» «курганизацин» билгало). Хетарехь лоруш ду, майкопхойн даймехкан ага, Хьалхарачу Азехь хилла бохург (Малхбален Анатолий, невр-малхбузе Иран). Сан версехь а, и кульура кхоьллинарш бу хидестар (потоп) хилале хьалха цу кIоштара Невре кхелхина прахурриташ. И хидестар хиллачул тIаьхьа, уьш (майкопхой-хурри) юхабирзина Хьалхарачу Ази. Цул совнаха, уьш (хурри, я хурриташ) юхаберза хIоьттина бахьана доьзна ду аьлла хета сунна Iаламан хиламаш а неврера шина хIордаш юкъахь (Каспи хIорд, Iаьржа хIорд) Iуьллачу Къилбседакавказан кIоштахь. Майкопхойн культура кхиийначаьргара рагI дIаэцначарех ю «Северокавказская культура». Тешалаш ду иштта цу майкопхоша кхалхарш дар неврехьа Дон хи тIекхаччалца а, кхузаманан Калмыкин буц-аренашка а, дIаоьш, «Ямный культура» кхиийначу аренахойх. Хенан йохаллица, «Майкопан культура» кхиийнарш, юхатеттина лоруш бу неврера баьхкиначу, къилбседакавказан дольменаш еш хиллачу тайпанаша. Делахь а, суна хетарехь, майкопхой цу меттехь хийцабаларан (дIакхалхаран) бахьана кхин хила тарало – майкопхой къилбехьа дIабахча, церан хилла мохк «дольменхоша» дIалаьцна, бухабиснарш шайх дIа а тарабеш (ассимиляци). Къилбседакавказан талламхоша майкопхой лору Понтийски расех уьш болуш санна, уьш хилар къобалдеш Малхбузу Кавказан автохтонаш, масала абхазин, адыгин дай. Иза нийса дац, нагахь санна, «Понтийски раса» лоруш делахь индоевропейцех хилла. Гамкрелидзина а, Ивановна а го, и «Майкопан культура» хилар макъам (гIазкх. «ступень»), кхуьачу протоиндоевропейцин юкъараллехь.
87 «каска», церан хьостера дай «хатта» – «Ширакавказхойн» орамах долу, «хатта» («ха-тIе»; гIазкх., «стража на /горе/возвышенности») олу халкъ ду, шен хьостехь, «кавказ-арарат-лаьмнин доьзалан» гIадах къаьстина онда га. «Прахаттан мотт» кхиийна, Кавказ-Загроссан кийрахь кхиана и этнодакъа, Жимачу Азин махкаца болу Iаьржа хIордан йистонашца малхбузехьа цкъа хьалха некъ а бой, тIаккха, цуьнан дисначу латта тIехь дIасхьадаьржиначух тера ду цу шен хьостехь. Иштта, церан дакъоша хIордан хица некъ бо, кхуллуш «Кипр», «Лемносан» (мотт), тIаьхьо «Крит» олу гIайренаш тIехь, кхиаме йолу хIордан культураш. Царех цхьаъ ю, «Миноян культура» (зазадаьккхина хенан мур - ш.оь. III эзар шш – 1425/70-гIа шо). Цара массара буьйцург хилла, «хатта-миноян мотт». Я вуьшта аьлча, «ламанхойн юкъараллин» гIадах къаьстина, кавказхойн га хилла иза, ш.оь. 30-29-гIа бIешараш доладаллалца хIетте а. Церан хьалхе йоцуш, цIураберзийнарш бо и хатташ 15-гIа ш.оь. бIешаре хенан мур кхочучу шираллехь. «Индоевропейцин» ваьрраша, кхоччуш шайх тардар (ассимиляци) диначу цу «хаттан» халкъах, тIаьхьо «хеттин мотт» буьйцу чIаьнкъа халкъ хиллехь а, лаьмнин чIажашкахь (кхузаманан, Турцера «Понтийн лаьмнаш», я нийса аьлча «Каскин лаьмнаш») дисначу цIена декъан, цу «хаттан» («ха-тIе»; гIазкх., «стража на /горе/ возвышенности») тIаьхьенаш ю, ширазаманна бевзаш хилла «каскаш» а, тахана Къилбседакаваказера, «малхбузакавказхой меттан» тIаьхьенаш йолу «абхазаш», «адыгаш», «абазинаш», «убыхаш», «гIебартой» а, иштта, кхин долу цу «малхбузакавказхойн» орамах хIу хьакхало кегийра этно-элементаш а. «Хатташ» хьостан халкъ хиллехь, «Каскаш» - «индоевропейцин» ваьрраша шайх тардар (ассимиляци) диначу «хаттан» халкъах, тIаьхьо «хеттин мотт» буьйцу халкъ хиллехь а, лаьмнин чIажашкахь (кхузаманан, Турцера «Понтийн лаьмнаш», я нийса аьлча «Каскин лаьмнаш») дисначу цIена аборогенин декъан, цу «хаттан» тIаьхьенаш ю, ширазаманна бевзаш хилла «каскаш». Тахана, «малхбузакавказхой маттана» юкъабогIу, Къилбседакаваказера «абхазаш», «адыгаш», «абазинаш», «убыхаш», «гIебартой», цу каскин орамах хилла, кегийра этноорамин тIаьхьенаш ю.
«Каскаш» («кашка», я «каскейцаш») баьхна, гIазкхашха «Причерноморен Тавр» олучу, «Галис» хин хьоста долалучу лаьмнашкахь а, Малхбузен ТIехьара Кавказан агIонга таьIачу метте кхаччалца а. Церан мотт а, хаттан маттаца гергарло долу, аларца къаьсташ бен боцу мотт хилла.
88 «элам», «эллам», «шираэлламаш» – Хьалхарачу Азина, африо-симитин орамах долу ваьрраш довзале кхолладелла, кхиана долу зуьрет а, «нуьхалан» заманан адам а хилла «Эл-лам» а,«эль-ламхой» олуш хилла ламанхой а. «Эл-лам» (Эла-Лам), гIазкх., «Божественная гора» бохург ду. «Шираэламаш» алар ду, «хидестале» (потоп) хьалха даьхна, хьостера адам – нуьхал-адаман заманхо.
89 Левант
90 «Аррапха» (Арара-пхьа) – И тайпа цIе йолуш хилла гIала лаьттиначу меттехь ехаш ю, кхузаманан «Киркук» олу шахьар. И Аррапха кIошта Iуьллуш хилла Тигр хина малхбалехьа а, Лахара Заб олучу хина къилбехьа а. Цу меттигехь деха адам, хурритин орам болуш хилла. «Аррапха» боху цIе а ю, шина кхетамо кхоьллина – «Арара» даша юккъера, цхьана бахьано дожийна «а» элп, я аз, шех хуьлуш «Арра». ШолгIа дешдекъо чуляцнарг а бу, «пхьа» олу кхетам. Уьш, «нах-хуррин» адаман матто кхоьллина, шира орам болу цIераш ю. Керлачу меттигашка (Къилбседа Кавказера, Хьалхарачу Азе) «хурритин» кхалхардар дIадоьдаш хилла ш.оь. II-гIа эзар шарашка дахлуш. Ширачу оьмаран XX-XIX-гIа бIешарашкахь «Хамрин» олу лаьмнин дукъана къилбседехьа Iуьллу кIоштан юкъах йоккху цIе а хилла «Гасур» (Га-Сур; гIазкх., «ветвь-стойбища /-войско/»). XVI-гIачу бIешарахь и юкъ кхоччуш дIалоцу «хурриташа», туьллуш цунна (кIошта) «Аррапха» («Арара-Пхьа», я «Арара-Пха») аьлла керла цIе. ТIаьхьо, симиташа тардарш дечу муьрехь, и «Гасур» олу цIе а хуьйцу «Нузи» аьлла. Цу Аррапхехь а, цуьнан коьрта юкъ хиллачу Митаннехь а, дика кхиамаш болуш хилла юьртбахам (латталелор, жалелор). Цу махкара бахархойн амат, «димту» («ди-мат-Iу») олу онда, доьзаллин юкъараллаш вовшахакхетта, дакъош долуш хилла. Цу «димтун» («ди-мат-Iу») коьрта васт хилла, чIагIйина бIов а, цу гонахьара бахам а. Цу гIала-бIовнаш чохь бехаш хилла онда доьзалш. Гергарлонца, я лулахошха вовшахакхетта гIала-бIаьвнаша кхуллуш хилла «алу», тахана вайна евзу «эвла», я «пхьа» ю иза. Цу онда доьзаллин коьртехь лаьтташ хилла, воккхаха – патриарх. «Хурриташа» цунах «эври» олуш хилла. Иза, цу цIийнан цIу-делин, дедайн культ ларориг а, цIу а хилла. Ларам болчу нахах а, цIийнан воккхахах а лаьтташ хилла «Алун кхеташо». И тайпа вовшахкхетта алунан кхеташойн векалех лаьтташ, шайна коьртехь тIеман хьаькам а волуш, кIоштан коьрта кхеташо а хилла. И тайпа раж йолуш кхоьллина хилла паччахьалла, ша паччахь кIезиг Iедал долуш а волуш. Цуьнан карахь коьртаниг, тIамца дуьйзина буьйр дар хилла.
91 «Заб» хи; «Забба» – и хиш («Жима-», «Доккха Заб»), Тигр (Аренца-хи) хин, аьрру агIонгара генаш ду.
92 Салманасара-I-ниг – Ададнерари-I-нан кIант а, Ассирин паччахь а хилла ву иза, ширачу оьмаран 1280-1260 шарашкахь. Митанни пачхьалкхе йохийнарг а, къилбседехьа цхьабарт кхоьллина урартхойн ваьрраш а эшийнарг а, лоруш ву иза.
93 ш.оь.; «шира оьмар» (ш.оь.) – гIазкхашха, «до нашей эры» олуш йолу, историн шира хан ю иза. «Григорианан хенагонна» (Григорианский календарь) тIера (хьалхара шеран 1 январь ), юханехьа шераш дагардан доло деза, историн беха мур бу иза. «Керла оьмар» (к.оь.) - гIазкхашха, «наша эра» олуш йолу, ши эзар шо хьалха, историн керла агIо йолийна хан ю иза. «Григорианан хенагонан» (Григорианский календарь) хан йолаелла, Iиса пайхамар юкъара дIаваьллачул тIаьхьа.
94 «Адад» (Аккадан коьрта цIу хилла «Адад») – Аккад-гIалахь, цу «Адаман» васте дерзор хилла хIаллакъхуьлу а, кхиор долу Iаламан ницкъаш: аренаш хIаллакъйо хидестар а, ораматаш кхиош долу догIа а; цуьнан Iуналла долуш хилла латтана дуьралла ялар; догIан, къоран, механ дела волчу «Ададас», йокъалла хIоттийча мацалла хIутташ хилла, я догIаца дарц хьаькхича, хидестош а хилла цо. Цу цIун цIе тайп-тайпана йоккхуш хилла Месопотамехь а, Уллерачу Азин малхбузехь а (Шумарахь – «Ишкур»; Вавилонехь, Ассирехь – «Адад»; арамеяша, Шира Сийрехь – «Хадад»; Леванта махкарчу ханаанаша – «Адду»; симитин туьйранашкахь – «Баал»» хурро-урартхойн – «Тейшуб»). Цуьнан амат хилла, цхьана куьйгахь варзап а йолуш, шолгIачу куьйгахь стелахаьштиган цIов. Цхьаболучара, цу цIун да лоруш верг «Нанна» велахь а, шумарша хьахош хиллачарех бу, «стигланан дела» волу «Ану» а, иштта «Энлиль» цIу а.
95 «Са-лар-да», изза «Уту» (урарт. «Селарди», я «Са-лар-да»; хурр. «Шимиге», /Сема-Га/; хатт. «Эстан»; симит. «Шамаш» /Адад/) – «маьлхан дела» лоруш хилла иза, «Нанна» «Нингалан» кIант волу «Уту». Цуьнан сте хила, «Шанирда» цIу. И цIу лоруш хилла коьрта шахьарш Сиппар а, Ларса (Элассар) а ю. Цу шина гIалахь хиллачу аьрда-цIенойн йоккху цIе «Э-бабар», я «E-barra» (гIазкх., «Белый дом», я «Дом сияния») хилла. Сиппар-ГIалахь и «Уту», шумаройлла хьалха хиллачу цIуца цхьатерра лоруш хилла. ХIунда аьлча, цуьнан стун хилла цIе «Айа» а, кIентан цIе «Бунене» а хиларна (Шумарал хьалха хилла, цIераш ю уьш). «Уту» культ, Шумар йоьжначул тIаьхьа шуьйрра дIаяржа. Цуьнан ларар доьзна хилла, низамаш хIиттош а, уьш ларадойтуш а волу, тIехьожу цIу-дела иза хиларна.
96 чалтач (чалахь тача) – Кхел кхочушйийриг. ГIазкхашха аьлча, «палач».
97 «лулла-ба», «лулахи» – Хьалхараниг - «Лулла-ба» олучу, ламанхойн халкъан цIу-дела ву иза. Ткъа шолгIа кхетамо чулоцург ду, и цIу волу халкъ, историно «Луллуме», «Луллуми» (ист. «Луллубе», «Луллупе», «Луллубум») аьлла хьахош ду. Эламхошца мелла а гергарло долу уьш (луллу, луллубе), «Дияла» хин лакхенехь бехаш хилла. «Лулахи» цIе а, «хурритин матто» кхоьллина ю. Малхбале-кавказхойн маттахь а, «лулахой» боху кхетам бу цу дашна чубиллинарг.
98 «эмпирически кеп», «-некъ» (empirical research methods) – «эмпирически» олучу дашо ма-дарра гойту, хаадаларан меженаша тIеоьцург. И билгалдош дузуш ду, Iилман тIегIехь таллам бечу кепашца, церан кеп а, хьехаран некъаш а доьзна сенсоран зер билгалдоккхуш. Цундела олуш ду, эмпирически кепаш тIетевжина ю, юхатохалур боцчу хаамашна, хилларгана. Цул совнаха, эмпирически талламаш тIетийжаш бу, цIенна, Iилманца йоьзначу кепана, цунна бIостанехьа йолу талламан методологеш санна йоцуш. Масала, цу кепашна юккъера ю, «тIехьажарехь тергамаш бар» (гIазкх., «натуралистическое наблюдения»), «архиваш талларца» (гIазкх., «архивные исследования»), ишт.кх.а. йолу кепаш.
99 «мар-ка-ба-тIе» (марой-ворда) – гIазкхашха аьлча, «колесница» ю иза, вайн маттахь ма-дарра аьлча, «тIеман ворда» а. Цу генарчу шира заманахь «мар-ка-ба-тIе» (гIазкх., «воин /аристократ/ удачи на тележке») олуш хиллачух тера ду цунах.
100 «Хапиру», изза «Хабиру» – Хьалхараниг ю, симитин орамах (ширававилонхой, арамеин, тIаьхьо - протожуьгтийн) долчу адамин шира цIе. Уьш хилла, «касситин Вавилонера» аратеттина, гIаттам бина симитин (арамеи) орамах йолу тобанаш. ШолгIаниг ю, цу «хапиру» этнотобанан цIу-дела хиллачу, «Хабиру» цIун цIе. «Хапиру» (малхбуза-симитин «аперу») - Ширачу оьмаран II-гIачу эзар шарашкахь, цу цIарца билгаладевлла и адамаш а, церан ардангаш а, ша-тайпа обаргин, я «казакин» дахарах тера дахар долуш хилла бу цу шираллехь. Вавилонан мохк дIалаьцначу, «кассит» олу ламанхоша, Iедалан къепе хуьйцу реформаш еш. Адамин дахар чолхе дерзош, йолан метта латтанаш доладаьхна Iачаьргара и латтанаш схьадохуш хийцамаш бо цара. Дукха хьолахь, и хьолахой хилларш бу симитин ораман адмаш – ширававилонхойн тIаьхьенаш. Резабоцурш (симиташ), цу махкахь гIурт кего гIурту Iедална новкъарло еш. Амма уьш, касситаша, кIизачу таIзаре бохкуш хилла низаме балорхьама. Юкъачу хьаннашкахь а, лаьмнашкахь а, ишшта аренашкахь ардангаш кхуллий, талорш лелош хилла керлачу Iедалан низаме бахка лууш боцучарна. Низамаш дохочарех дукхаха берш, арамеяш хилла, я цу арамеяша галабаьхнарш хилла. Бакъду, и гипотеза дIаяккха гIерташ бу, дукха, прасимитин агIо ларош болу кхузаманан Iилманчаш. Шайна хетарг ца нисделча, Юххера Малхбалехьа таьIначу цу ардангаша, еха оьмар йоцу, «Амурру» аьлла шайн пачхьалкх кхуллура ю Ливанехь ш.оь. XIV-гIа бIешараш долалуш.
101 «Ану-некъе», я ист. «Ануннаки» – шина кхетамо кхоьллина дош ду иза. «Ан», изза «Ану» - цIу ву. «Наки» дашна чубиллина кхетам, «некъи» хилар тарадо хьесапо. Мифашна вай тIетевжаш диначу хьесапо а гучадоккху, аренгара тIедеанчу симитин халкъо (аккадаш, амаррейаш) карладаьхна хилар дукхаделин аматаш а, адаман дахарна уьш юкъадохийту Iадатин некъаш а. Хьалхарачу Азехь юхакхолладелла дукхаделин динан цIуй, ширачу оьмаран 1500 шарашка хан кхочачу заманчохь, адамин кхетамехь кхаа декъе бекъало. Цаьрца доьзна дуьне а, церан кхетамо кхаа кхоче (сфера) декъана хилла, цу ширачу хенахь: Стигал - «къона дели», я «лакхенан дели» бехаш хилла меттиг ю. Латта тIехь олалла долуш, «лаьттанан дели» хилла; Лаьтта бухара, «лахенан дели» бехаш хилла пачхьалкхах, «Анун-некъи» (ист. «Ануннаки») олуш хилла. Цу «Ануннаки» (Анун-некъе) олучу пачхьалкхе, гIазкхашха аьлча «почётная отставка» (сийдеш мукъа валийтар) бохийтуш хилла бу, къийсамехь эшна шира дели, тоьллачу кегийра делиша. Масала: царех ву, «хьалхара дела» хилла ширакаваказхойн
«ХIал-Эла» (ист. «Алалу»).
102 «Хана-Мари» – Евфратан хица, цуьнан юккъехь лаьтташ хилла, хурритин гIала-пачхьалкхе «Мари». Мари - ш.оь.III-II-гIа эзар шарашкахь, кхузаманан Къилбседа Сирин махкахь яхна гIала-пачхьалкх («Абу-Кемаль» олу, кхузаманан гIалана гергахь болу «Телль-Харарри» шира гу). И Мари лаьттина Юккъерачу Евфратан атагIахь «Шина хин юкъан» дозанца. Оху латта кIезга долуш иза хиллехь а, махбаран некъаш тIехь лаьтташ хиларо аьтто бина, шахьар хилла иза. Амаррейан паччахьо Хаммурапис иза йоххолца, цигахь даьхна коьрта халкъ а, цуьнан олаллехь долу Iедал а, дукхаха, хурритин орамах хилла. Шумаран коьрте хIотта, ойла йолуш мур а беъна цу шахьаран. Махбаран юкъ хиллачу цу гIалан аьттонаш хилла Сийрин хьаннашка, Жимачу Азира ез, дато доккхачу маьIданашка, Тигр-хин хьостера абсидианан маьIдане, иштта ниIмате йолчу Хабуран атагIашка кхача. Симиташа йохийначул тIаьхьа, кхин айъалура яц и «ширакавказхойн» гIала. Хана кIоштана чуйогIуш а йолуш, «Хабур» хин лакхенгахь хилла, ладаме юкъ хилларг ю, Терк-ГIала. Цу гIалахь а, кIоштахь а даьхнарш хилла, нах-хуррито-субартан ваьрраш.
103 «Мардук» («Мар-ду-къ»; гIазкхаш. «Мар есть грех/труд/», где к «марам» относили авангард общества - аристократов) – Иза ву, Вавилонан коьрта цIу а, «Эйан» (Эйа, Эа, Энки), «Дамкинан» («Дамгальнун» – «Да-Ма-галь-нун») шина цIуйн кIант а. Цуьнан сте лоруш ерг ю «Царпанита» олу цIу. Цу шиннан кIант ву, «яздаран исбаьхьаллин» а, «кхолламан экъанаш» язъйо «Набу» олу цIу. Мардукъан коьрта аьрда-цIа хилла «Э-саг-ил», вуьшта, «Э-темен-ан-ки» (гIазкх., «Дом основания небес и земли») а олуш хилла цунах. Цу цIуца зIе йолу седа бу, «Иркапи» (Юпитер). Цунна дIаделла аматаш а, билгалонаш а хилла « Делин кхелахо», «делин владыка», «Делин да» аьлла. Аккадо-вавилонан цIу-динан дайша, цу цIух монотеизман Iилманца воьзна, цхьаъ бен воцу «дела» ван гIуртуш туьйранаш (миф) кхуллу, II-гIа эзар, ш.оь. шараш долалучу муьрехь. Вуьш болу кхин «дели», нийса аьлча и цIуй, цу «Мардукъан» тайп-тайпана аматаш бен дац» бохург хилла, цара юкъадаккха гIерториг.
104 «Бел», «Бела» – Шира Вавилонехь уггаре а ларам болу цIу хилла, «серлонан дела» волу «Бел». «Бел» (ассиро-вавилонан маттахь) бохург гочдеш ду, гIазкхашха аьлча «господин», «владыка» бохучу кхетамашца. Финикийцин а, лакхара цIу хилла «Баа́л» (дуьххьара - «Ваа́л» /грекин транскрипцехь/) «хин», «хьекъаран», «тIеман», «стигланан дела» а волуш. Цуьнан хилла сте ю, «маьлхан дела» лору «Баалит». Ирландахойн коьрта цIу а хилла «Бел», я «Баал». Шумаройн хилла коьрта цIу «Энлилана» симиташа «Бел» аьлла эпитет елла хилла. Иза, гIазкхашха аьлча, «владыка» бохург ду.
105 «Вашшукани» (ист. «Вашшуканни», я «Вассуканни») – «Вассуканна» гIала-пачхье хилла, «Митанни» пачхьалкхан. И «Вассуканна» олу цIе кхетамашка екъча, нислуш ду «Ва-с-сукан-На» алар. ГIазкхашха аьлча, «На возвышенности есть душа и Проматерь» боху кхетам бу иза. Цу цIеран, хаддам болуш маьIна кхоллало, «нах-этносан» матто кхуллучу кхетамашца, цуьнан биллам схьабиллича. «Нана-ГIала ю барз тIехь», я «…ира бохь болчу гу тIехь» бохург ду цу цIарна чудиллинарг.
106 «Эла-Барз» («Эльбрус»; шираист. «Кур-Лам») – Эльбрус - «Коьрта Кавказан дукъаца» тIепинго кхоьллина, шикорта болу лам бу. ТIаьххьара и лам Iеттийна зама ю, керлачу оьмаран 50-гIачу шарна гергахь (± 50 шо). Малхбузерачу коьртан локхалла 5642 м а йолуш, малхбалерачу коьртан локхалла ю 5621 м. нуьйран аматехь болчу цу шина ломан юкъ 3 км ю. «Альбар» («Альборс», «Эль-Бараз» - гIазкхашха «высокий»; «высокая гора») гIажараша олуш делахь а, ширанахан маттера кхаьчна цаьрга и цIе. «Эль», «Эл», «Эли», «Ил», «Илу», «Ал», «Алу» олу цхьана дашан, я кхетаман вариацеша, массеран а шира метташкахь, гIазкхашха аьлча, «владыка», «божество», «господин», «огонь» олу кхетам чубиллина хилла. «Эльбрус» дош а, шина кхетамо кхоьллина ду: «эль» – дела /«божество»/; «бурс» /барс, барз/ - «лам» аьлла. И цIе, «керла оьмар» тIекхачале (тIепинган, Iетто зама) хиллехь, нахчаша цу ломах тахана йоккху цIе (тIепинг шелъелла, кур гIорийча), «Шат-Лам» ю. «Ша тIехь болу лам» олу кхетам хила беза, цу цIаро чулоцург.
107 «абаде» – чеккхе йоцу Чаккхе (гIазкх., «вечность без конца»). «Азале» - юьхьиг йоцу Юьхь (гIазкх., «вечность без начала»). 
108 Алзи («Ал-сий», «Аьрзи», изза тIаьхьо кхоллаелла «Мелитена») – ширачу оьмаран III-гIа эзар шарин чеккхенехь, II-гIа эзар шараш долачу муьрехь, «Аренца-хин» атагIахь хира йолчу хурритин Алзи («Ал-Сий»; ист. «Алше») цIе йолчу протопачхьалкхан бух кхоллабелла. ЯлхитталгIа бIешараш долалучу муьрехь, «Кумме» пачхьалкхаца цхьаьна, «Митанни», изза йолчу «Нах-Арена» олучу онда пачхьалкхан, бух кхоьллиначарех хилла и мехкаш. Ткъа 14-гIачу бIешарашкахь, йозуш йоцу пачхьалкх хуьлу цунах. Амма, ширачу оьмаран 13-гIачу бIешарахь, Ассирин олаллин кIелайоьду и пачхьалкхе.
109 «Уриатрин Барт» («Эри-Iа-тIе», я «Ари-Iа-тIе») – Митанни (изза ист., «Нахарина»; «Нах-Арена») юхучу муьрехь, Урарту пачхьалкх кхоллаяле йолчу хенан юкъахь, паччахьаллала долу ламанхойн кегийра барташ билгалабовлу, арарчу кхерамна дуьхьалла ян вовшахкхетар долу. Царна юккъехь, тIаьхьенна бевзура болу барташ хилла: юьхьигехь кхоллабелла, историно «Уриатри» (ассираша йитна цIе ю иза - «ламанан кIошта» аьлла) олуш болу жима барт. ШолгIаниг, Урарту пачхьалкх кхоллаяле хилларг бу «Наирин Барт». И шеа барт кхоьллинарш хилла нах-хурри-урартойн ваьрраш – хьалхе ламанхошкахь а йолуш.
110 «Наирин /Нах-Арена/ барт» – «Урмия», «Ван» Iаьмнашна гонахьа Iуьллачу мехкан а, цигарчу ваьрраша кхоьллиначу бартан а йоккху цIе хилла иза. И барт кхоллабелла хилла, ширачу оьмаран XIII-VI–гIа бIешарашкахь, Ассирино дечу талоран кхарстаршна дуьхьала. Масала, Ассирин паччахь хиллачу Тиглатпалассара-I-чунна дуьхьало еш хилларш бу, «Наирин» 23 паччахь. И паччахьин терахь, «60» хьаладоьдуш а хилла цкъацца.
111 «Араратан акъари», я «Арарат-лаьмнаш» – гIазкхашха аьлча, кхузаманна евзу «Армянски нагорье» («Эрмалойн акъари») ю иза. Цу лаьмнашкахь генетикан бух боцу халкъан цIарах, цIе тилла йогIуш яцара цу акъарина. «Араратан акъари» аьлла тиллина и цIе, ширагеографина а, шираисторина а хьалха нийса хира ю. Кхул тIаьхьа, сан тептаро, цу цIарца хьахора ю и меттиг а, цуьнан лаьмнаш а.
112 сардал – шира заманчохь ши кхетам хилла, цу дашо чулоцург «энин сардал», «энсин сардал» аьлла. Хьалхараниг, цIу-делишца вазар долуш, церан лаамо хIотторачех хиллехь (масала, уьш хилла: паччахьаш, цIу-динан дай), шолгIаниг, сийдиначу чкъоро дIахIоттийнарг хилла (масала: «паччахьо», «Мехка Кхело», «адаман арданго»). Ткъа и дош гIазкхашха аьлча, «наместник» боху кхетам чубиллина ду.
113 «Бахрейн» (Дильмун) – «Персин чуIанохь», уггаре а йоккха гIайре ю Бахрейн. Къилбседера къилбе кхаччалца долу дохала 50 км ду. Шоралла – 15 км ю. Цу гIайренан юккъехь лекха доцу (юккъерачу барамехь, 30–35 м хIордал лекха) тIапа акъаре ю. юкъ-юкъахь цхьацца лаьмнаш ду 100-130 метар локхалла йолуш. Уггаре а лекханиг бу, «Джебель-Дукан» (134 м) олу лам. Ширачу шумаршна и гIайре ялсаманин гIайре хеташ хилла, майраниг, хьекъалалла дерш бен бехаш а боцуш. Царна иза тардинарш хилла хIордаца мах лелош болу симитин хIордахой. Историна евзу, аккадан яздаро хьахош йолу и «Дильму́н» (хетарехь, кхуз. «Бахрейн» гIайре), дуьххьара хьахийна ю «Гильгамеша» олучу эпос тIехь а, иштта махбарца доьзна яздарш тIехь а. И гIайре юкъарча хилла ю, Шумаран, Харрапан («Инд» хин атагIа) зуьреташца махбеш йолчу африо-симитин Африкан.
114 «Дия́ла» («Да-йа-Эла»; Iарб., курд. «Serwan») – иза ду хьоста Иранехь а долуш, Иракера хи, Тигр хин аьрру агIонан га. Цуьнан лакхе «Загросс лаьмнашкахь» а йолуш, лахе ю Месопотамин чIожахь. «Дияла» хино кхуллу цу лахенгахь шуьйра хи дестаро кхоьллина, хьекъна хих кхете. Баьста – хи дестар, аьхка – хин локхалла йоьжжа хилахь а, Iай айъалучу хино, хинкеманаш лела аьтто боккху цу тIехь.
115 «ПIаьнгазхойн /Панкийское/ чIож» – Кхузаманан Гуьржехара, «Панкийское ушелье» олу Iинан атагIа ду Ахметан кIоштахь, «Алазани» хин лакхенгахь долу. ГIазкхин дозана 60 км гергахь Iуьллуш ду и чIаж. Цу чIажахь деха адмаш, «кистинаш», «баццой» (бацбийцы) олучу нах-этносан генаш ду, нахчашца уллера гергарлонаш а долуш. Уьш ю, XVI-XIX-гIачу бIешарашкахь цу мете кхалхар диначу ваьррин тIаьхьенаш ю. И «нах» беха ярташ ю: «Омало» (Уомал), «Дуиси» (Дуй-Юрт), «Джоколо» (ТIугай-Юрт), «Биркиани», «Дзибахеви», «Корети», «Халацани» (Шуа-Халацани). Иштта уьш бехаш бу «Сакобиано», «Матани», «Ахмета», «Думастури», «Квемо-Халацани» и «Цинубани» олучу ярташкахь а.
116 «Къилб Кавказ», я «ТIехьаракавказ» («Закавка́зье», я «Ю́жный Кавка́з») – Азин кIошта ю, «Йоккхачу Кавказан» (гIазкх., «Большой Кавказ»), «Коьрта дукъан» кур тIера, къилбехьа дIаIуьллуш йолу, шина хIордан («Iаьржа хIорд», «Каспийн хIорд») юккъера и кIошта. «ТIехьарачу /Къилб/ Кавказана» чуйогIуш ю «Коьрта Дукъан» бохьан тIера, къилбехьа Iоьхку «Колхидан тогIе» («Колхидская низменность»), «Куринан ЧутаIе» (Куринская впадина), «Карабахан лаьмнаш» (Карабахские горы), «Араратан акъари» (кхузам. «Армянское нагорье»), «Талышан лаьмнаш», «Ленкоранан тогIе шена чуйогIуш а йолуш. ТIехьарачу Кавказа чуйогIуш ю иштта пачхьалкхаш Грузия, Азербайджан, Армения. Къилбседехьара цуьнан доза ду Къилбседан ламанхойн республикашца а, Россица а. Ткъа къилбехьа, цуьнца дазо долуш ю Турци а, Иран а.
 
Просмотров: 559 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/5
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли