Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 2 » "Аьхкенан дIахецарш" = 11
14:00
"Аьхкенан дIахецарш" = 11
ТIЕТОВЖАРШ:

19 Мусасир («Маса-Сур» - «ХIал-Да» цIун культан юкъ хилла) – Иза хилла, шира гIала-пачхьалкхе, «Лакхара», я «Доккха Заб» олучу хин атагIан лакхенехь, «Ван» олучу Iоманна къилб-малхбалехь Iуьллуш а йолуш. И гIала-пачхьалкхе хиллачух тера ю, уггаре а хьалха урартойн ваьрраш даха хевшиначу меттехь, кхузаманан гIажарин юрт Мудъесир (Mudjesir) лаьттачу меттехь. И юьрт ю, Ревандуз гIалана 18 км гергахь. Ширачу оьмаран II-гIа эзар шараш чекхдовлачу муьрехь, «Урарту» аьлча, историна евзуш йолу онда пачхьалкх кхоллало, цу махкана гонахьара кIошташ чу а лоцуш. И ваьрраш таваккал деш хилла, шайн онда волчу цIуна «ХIал-Дена». Иза, Ассирин коьрта цIу волчу «Ашшурна», даима дуьхьала лаьтташ хилла ву. Сан хьесапца, «Маса-Сур» цIе кхоьллинарг, ши кхетам бу: «маса» (гIазкх., «быстрый», «скорый», «резвый»); «сур» (гIазкх., - «войско», «укреплённая стоянка») аьлла.
20 «Акко» («Акко-кха-манна» мохк) – Историна бевзуш болу мохк «Аккуммена», «Куммена», «Кумух», «Акко», иштта «Химме» мохк а «Лахара Заб» олу хин юккъера кIоштахь хилла бу, Кумме-ГIала кIоштан юкъ а йолуш. Цунна гонахьа хиллачу туьпех цхьаъ, Кипшунна-ГIала ю. Митанни пачхьалкх кхоллаеллачул тIаьхьа Iедалан яккъаш Вассуканна, Харран, Тайд гIаланашкахь хиллехь, динан коьрта кIошта а, юкъ а, даима цу «Аккумена» махкарчу Кумме-ГIалахь хилла ю. Цу гIалан а, вуьшта, боллу «нах-хурри-хатта-урартойн» этнодоьзалан а, коьрта цIу хилларг ву, историно «Тейшеб», «Тешшуп» аьлла хьахош волу, вайн вариантехь «дарцан дела» «ТIо-йа-Ша-ба».Цу махкара «акко» олу ваьрраш, ваваилоно-мидин Iаткъам бахьана долуш, къилбседа-малхбузехьа таьIа цкъа хьалха. ТIаккха, греко-риман Iаткъам бахьана долуш, ТIехьарачу Кавказе гIурту уьш. Цул тIаьхьа, Iарбойн Iаткъам бахьана долуш, хетарехь, Къилбседа Кавказе гIорта дезна церан «шотон» (шуотой), «глигвин» (гIалгIайн тукхум) ваьррашца цхьаьна.
21 «там-кара» («там-кара эца», «совдегар», гIазкх., «купец») – «Шу-маран оьмарехь», махлелорхойх «тамкар» олуш хилла. Цу дашна чубиллина ши кхетам бу «там» а, «кара» а аьлла билгалбаьккхина. Цу заманчохь махбархошна юкъахь лелаш, кхузаманчохь девзу ахча ца хилла. Тайп-тайпана хIуманашца хийцар деш хилла, и болх лелочу адамаша. «Там» бохачу дашна чубиллина кхетам бу, гIазкхашха аьлча «удовлетворить», «доставить удовольствие» боху маьIна долуш. Хийцам барца, кар-кара лучу хIумано беш хилла и там. И бух болуш ду «кара», «кар» боху дош.
22 «Ассур-ГIала» (А-с-Сур; изза Ашшур); «Ассуран-мохк» (Ассири) – Ширачу оьмаран, IV-гIа эзар шарашккара, 614-гIа ш.оь. шарашка кхаччалца оьмар йолу гIала (Иракера кхузаманан къапалг йолу Калъат-Шаргат) хилла, ширачу оьмаран 1330-гIачу шарера дуьйна, йозушйоцчу Ассирин пачхье а йолуш. И гIала кхоьллинарш ду, «ширакавказхойн» макрорасах долу адамаш.
23 Месопотами – гIазкх., «Двуречья». «Шина хин юкъана» тиллина, грекин цIе ю иза. Цо дIалаьцна Iаламан кIошта ю, Тигр, Евфрат хишца долу юккъера а, лахара а латта (Малхбузен Ази). Дукхаха долу латта, кхузаманан Ирак пачхьалкхан дозано чулоцуш ду. Месопотамина («Шина хин юкъ») чуйогIуш ю, «Месопотамин тогIе» (гIазкх., «Месопотамская низменность») а, иштта «Джезире» олу акъари а. «Эль-Джазире» цIе тоьхнарг ю, Ирак, Сири, Турцира Месопотамин къилбседан агIо чулоцу акъари. Исторехь уггаре а ширачарех болу, зуьретан кхерч кхоллабелла меттиг ю и Месопотами.
24 Евфрат, шира цIе «Нахарина-хи» – Ефрат хин хилла шира цIе «Нахаринахи», кхаа кхетамах хIоттаелла ю: «Нах», «арена», «хи» аьлла. ГIазкх., «Нах-долина-река» бохург ду иза. Шумарша, «Буоранун» олуш а хилла цу хих. «Буора», «бора» - бос бу. Ткъа «нун» бохург, гIазкхашха аьлча, «подобный» бохург ду.
25 «Сийри» (Сири, я изза Шемаха, Сема-ха) – Сирин пачхьалкх ю иза, шен дохалла долчу оьмарехь, тайп-тайпаначу дазонашкахь хилла. Шира заманчохь цу махках йоккхуш хилла цIе ю «Сийри» (гIазкх., «вечер»), «малхбузе» олучу кхетамца доза долуш. Шемаха тIаьхьо бен ца долийна цунах ала. Симитизировать йиначу цу цIеран элпаш хийцича, «Сема-ха» олу кхетам кхоллало. ГIазкхашха, «чуткая стража» бохург ду иза. Ширачу оьмаран V-гIа эзар шараш чекхдовлуш, IV-гIа эзар шараш долалучу хенахь, цу адамна цIасталалоран гIуллакх девзича, къинхьегаман гIирсаш а то ло церан. Дукхаха йолу адаман тобанаш, цхьана меттехь дахар долуш яха охьаховшу, кхуллуш тайп-тайпана культураш. Масала, царна юкъара масех культура: «Обейда» (ш.оь. VI-гIа эзар шаран чеккхе, 4-гIа эзар шаран юьхь. Къилбседа Сийри, Месопотами, Жимачу Азин къилб-малхбале), «Халафан» (ш.оь.V-эзар шш. Сийри, Къилбседа Месопотами), кхиана ю Сийри латта тIехь. Иштта историна дика евзуш ю цу Сийрихь кхиана онда яккъаш ю: Угарит (VII-эзар шш), Гузана, я «Тель-Халаф» (V-эзар шш); Кархемиш, изза Каркамиш («Кар-хи-мэ-са» - IV-III-эзар шш – к.оь. I-ра бIешо).
26 «Мисар» (Египет) – Ширачу оьмаран 3300-гIа шарашна гергахь йолчу заманчохь, латталелорхойн юкъаралла вовшахакхеташ, ши паччахьаллин хьесапехь йолу юкъаралла кхуллу мисарша: Нил-хица къилб агIора долчу гечонехь «Лакхара Мисар» (Верхний Египет) а, Нил-хи хIорда чудужучу кIоштахь «Лахара Мисар» (Нижний Египет) а. Эфиопехь бехачу даьхнилелорхошна, онда дуьхьало хуьлий дIахIутту, готтачу Нилан гечонехь кхоллаелла йолу адамин и юкъаралла. Дуьххьара хиллачу кхаа хьалханчин, прапирIунан цIераш хилла: «Скорпион», «Ка», «Нармер». Дуьххьара хилла шахьар-паччахье цIе хилла, «Тин». «Ширамисархоша», шайн махках «Кеме» олуш а хилла. Иза, «Iаьржа» бохург ду, цигара латта цу басахь хиларна. Шайн пачхьалкх, «нома» олучу кIошташка екъана хилла цара. [(Бакъ йолу, юкъара цхьа календарь ца хиларна, цу шира хенан терахьаш галаморзахалла йолуш ду, къаьсттина ш.оь. 3500-2640 шерин юкъ. ХIунда аьлча, 6 сахьт тIе ца тоьуш лерина хиларна, шара чуьра 365 де-буьйса.)]
27 оьмар – Иза ю дийначу синан, са доцчу хIуманан кхолладаларо, я дIадаларо доза тухуш йолу хенан юкъ. Аса къастош ю «адаман оьмар», «дахаран оьмар», «дуьненан оьмар» ишт.кх.а. Масала: «дуьненан оьмар» - дуьне кхолладелла хьостан хан къаьстийна йоцуш, чеккхе билгала ялла йоцуш ю. Дуьненна девзуш а, лелаш а рузманаш ду: «Григорианан», «Юлианан», «Омар Хаяман», «бусалбан», «иудеян», «Египтан», «коптан», «Византиян», «Эфиопин», «славяно-арин», шира хенара «Ниппуран» ишт.кх.а. Цул совнаха, кху дуьнено билгала йина историн хан а ю, гIазкхашха аьлча «до нашей эры», «нашей эры» аьлла. Нийсам хира дара и «историн хан» бIешарашкахь лерича. Амма, Iилмано билгаладаьхна терахьашца цхьанацадарах а, гIурт хиларх а ларалуш, аса а екъна историн оьмар шина декъе – «шира оьмар», «керла оьмар» аьлла. «Дуьненан оьмар» гайта «Азале» (юьхьиг йоцу Юьхь) йоцуш хиларна а, «Абаде» (чеккхе йоцу Чаккхе) мичхьа кхачош ю ца хаарна а, дагардаран тIадам тIера хьалха дIа а, юханехьа ягарйира ю вай историн хан а. И тIадам лаьтта меттиг ю, кхузаманан историно, и шира зама, керлачуьнца хуьйцу мур.
28 «пирIун» – Кхо эзар сов шараш дохалла долчу, Мисаран паччахьаллин коьрта даржан цIе, «пирIун» хилла. Кхузаманхоша и цIе йоккху, «фараон» олий. И тайпа паччахьалла кхолладелла зама ю, ширачу оьмаран III-гIа эзар шараш доладалале, шен хьост а долуш. «Лакхара Мисар» вовшахатоьхначу пирIунаша (Нормер, Менес), «Нил» хи хIордах кхете а дIалоцу (ш.оь. XXXI-гIа шш). Цу кхаа эзар шараш юкъахь, Мисаран паччахьаллин хиллачу дайн терахь, шибIелла тIехъэккхаш ду.
29 «миф» – кхоьллина хаза хабар; туьйран амате дерзийна, башхалла йолчу хиламан, дахарехь хилларш, шира дийцарш.
30 Хьалхара Ази – гIазкхашха, «Передняя (Западная) Азия» олу цIаро чулоцу географин кIошташ ю: гIазкх., «Кавказ», «Копетдаг», «Малоазиатски», «Армянски», «Ирански нагорье», «Междуречье», «Аравин ахгIайри», «Левант», олу географин кхетамаш. Политикан кхетаме диллича, цу чуйогIург ю кхо кIошта — «Юххера Малхбале» (гIазкх., «Юххера Малхбале», Африкан дакъа доцуш), Юккъера Малхбале (гIазкх., «Юккъера Малхбале»), иштта ТIехьара Кавказ, я «Къилб Кавказ» (гIазкх., «ТIехьаракавказ»). Цу юкъара «Аравийн ахгIайре» а, «Шина хин юкъ» (Междуречье) вовшахакхктачу кIоштах, «Къилб-Малхбузен Ази» (гIазкх., «Юго-Западная Азия») олу.
31 «маруо-тIа», «маруо-тIин сур» – Историно хьахош болу «марутташ», я сан версехь болу и «маруо-тIаш», кхузаманан дашца аьлча, «аристократаш» хилла. Уьш, цу ширачу заманан сийдолу чкъор хилла ду. Цу цIеран хийцалуш боцу орам а, бух а бу, «мар» бохучу дешдекъо кхоьллина. Цу дашдекъо гучадоккхуш ду, цу ерриге а Месопотамехь, сийдеш хиллачу адаман, цIу-делин, бахаман хIуманах йоккху, юкъара лараме цIе иза хилар. Масала ду «Мари», «марийанна», «марутта», «Мардукъ», «Шу-мар», иштта цу могIара долчу кхин тайпа шира дешнаш а. Церан массераш, дешнин орам бу «мар». Ткъа «маруо-тIа сур» олучу кхетомо билгала доккхург хилла, гIазкхашха аьлча, «колесничье войско» олург. Цу бIон юкъахь хила йиш ерш а, «марой», «мар» бен ца хилла.
32 «эври», «энси» – Онда доьзаллин коьртехь лаьтташ хилла, воккхаха – патриархах, «хурриташа» «эври» олуш хилла. Иза, цу цIийнан цIу-делин, дедайн культ ларориг а, цIу а хилла. Ларам болчу нахах а, цIийнан воккхахах а лаьтташ хилла цу «алун кхеташо». И тайпа вовшахакхетта алунан кхеташойн векалех лаьтташ, шайна коьртехь тIеман хьаькам а волуш, кIоштан коьрта кхеташо а хилла. И тайпа раж йолуш кхоьллина хилла паччахьалла, ша паччахь кIезиг Iедал долуш а волуш. Цуьнан карахь коьртаниг, тIамца дуьйзина буьйр дар хилла. Шумарахь, симитин олалла чIагIдаллалца, сардалех «энси» олуш хилла. ТIаьхьо, цу махкахь ас ма-аллара симиташ чIагIбеллачул тIаьхьа, хIиттош хиллачу цу сардалех, «ишшаккум» ала долийна. Шен тIаьхьене Iедал дIадала йиш йолу, меттигера орам болу, жима паччахьаш бу уьш. И «эн», «энси», «эври», «лиль», «мар» олу и дешнаш «шумаройн матта» юкъара, сийдиначу, хьалхе йолчу, долалла долчу, бакъо йолчу кхетамашца ийна дешдакъош хилла.
33 «нах-адам» – «нах-адам», «нах-тайпа», «нах-юкъаралла», «нах-этнос», «нах-орам», лингвистин маьIнехь, гергара кхетамаш бу. Цу юкъа догIуш а, и кхетамаш кхоьллинарш а хилла, цхьана генетикан орамах долу адамаш. Кху тептар тIехь, «тиша-», я «ширакаваказхойх» доцчу адамех а, къаьсттина, нах-этнотобанах боцучарех а, «нах» олуш дац. «Нах» дош (кхетам), гIазкхашха олу «люди» алар нийса дац данне а. Иза, лугIаташ кхуллучеран гIалат ду.
34 «амарреян халкъ» – Уьш, «симиташ» олу, «афризио-симитин» орамах болчу «эфиопин» тIаьхьенаш ю - «амаррей» («а-мар-аре-йа»; гIазкх., «он обитатель равнины», я «он властелин степи»). Мел дукха а, 28-27-гIа ширачу оьмаран бIешарашкахь, Хьалхарачу Азехь бехачу «ширакавказхойн» дахарна Iаткъам беш, гучадаьлла ду «афризио-симитин» халкъ. Ткъе ялх чакхарма бен шуьйра йоцучу «Баб-эль-Мандебан чекхIанехула», Эфиопера сехьадаьллачу цу халкъан кхалхаран тулгIе, шина декъе екъаеллачух тера ду. «Протоаккадайн алар» долу мотт буьйцу цхьа дакъа, «Аравин ахгIайренан» къилб агIонца, хIордан йистехула «Персин», «Оманан» чуже хьала а доьдуш, цуьнан шолгIа «амарреи» («амурра» бохург, гIазкхашха аьлча «малхбузе» ду) олу даьхнелелорхойн дакъа, «ЦIен хIордан» йистонаца къилбседехьа дахана. Шумаран къилбседа агIора, ерриге Месопотамин юкъахь Iуьллучу махка, ширачу оьмаран 2450-2350-гIачу шарашна юкъахь машаран некъаца хьаьлхина хилла «протоаккадайн» даьхнилелархойн тайпанаш. Шайн хилла кочевникан и дахар дIатосуш, цхьана меттехь Iар тIе а оьцуш, «шумаршца» цхьаьна баха ховшу уьш. Юкъара низам ларош хилчахьана, кхин дерг хьесапе лоруш доцучу, шайн амалца адамдезарг долчу Шумаран халкъо, цхьаа эрко йоцуш, и «афризио-симитин» халкъ тIеэцна хилла шайн юкъараллина. Дукха хан ялале, цу Шумарахь аххалкъ а хуьлий дIахIутту, цу махка даьржина хилла симитин орам болу и халкъ.
35 «ахламуо» – арамеин дуьххьара йоккхуш хилла цIе, «ахламу» (“ахламуо”, гIазкх., «на половину горец» – по деятельности горные овцеводы) уьш, лаьмнашкахь дийнатлелорхой хиларна. 13-гIачу бIешарашкахь «Аравин ахгIайре» тIедевлла, рогIера кхалхар до, «афризио-симитин» орамах долу тайпанаш. Иза ю, кхозлагIа йолу, йоккха «симитин» кхалхаран тулгIе. Уьш бу, историно «арамеяш» аьлла, тахана вайна бевзаш болчу «жуьгтийн», шира дай. Дуьххьара хиллачу кхалхаран тулгIен ларца («протоаккадаша» биллиначу некъаца) баьхкиначарех «халдеяш» а хуьлуш, къилбседехьа дахначу «амарреин» («а-мар-аре-йа»; гIазкх., «он обитатель равнины», я «он властелин степи») декъан ларца деъначу адамех, «ахламуо» аьлла хилла. Цу хенахь царех «ахламуо» (ах-ламуо) алар, дуьйзина хила деза «ах ламанхо» олучу кхетамца. Цу кхетамо билгала доккхург, цу «симитин» баккъалла хилла, цу заманан дахаран васт ду. ХIунда аьлча, цу тIедеаначу аренан тайпанашна, бухарчу автохтонаша, царна шайн даьхни дажо бакъо луш хилла мохк, хало хьега еза ламанан лакхенаш бен ца хиларна. Уьш бакъ болу ламанхой ца хиларна, делахь а, церан дахар цу лаьмнин басешкахь хиларна, аренан тайпанех болчу царех, вайн шира дайша «ах ламанхой» аларна, Къилбседа Месопотамехь а, «ахламуо» олуш хилла цу «пражуьгтийн» шира дайх.
36 «хьалхара туртан» – тIеман ницкъаш тIехь волу тIеман коьрта хьалханчин даржан цIе хилла «хьалхара туртан». Цуьнан хьалхара гIоьнчах «шолгIа туртан» олуш хилла, царелла лахара масех «туртанаш» а болуш. Кхузаманан даржашка диллича, «министр оборонан» дарж хилла «хьалхарчу туртанан» дарж. Ткъа «туртанаш», кхузаманан тайп-тайпанчу тIеман ницкъин, «армин инарлашца» нисбар, нийсаниг хила тарало. «Туртанан» («тур-т-Ан»), кхин цхьа цIе хила а тарало - «тур-текха». «Тур-т-Ан» цIарна юккъера кхетамаша гойтург ду, и дарж дерг туьран да хилар а, цIу-динаца доьзна дарж хилар а. «Ан», я «эн» - цIу а, хьалхе ерг а ву шира кхетамехь.
37 «ХIал-Эла» (ист., «Алалуо», ХIалалуо, Алалуо, Эль-алу, Эла-да, касситин Дунияш /Дуьне-йа-са, я Дуьне-деш/) – Дуьххьара хиллачу Адаман тIаьхьенашна вевзуш а, цара хастам беш а верг хилла, цхьаъ бен воцу Дела – «ХIал-Эла», историно «Алалуо» аьлла хьахош а ву иза. «Нуьхалан муьран» чеккхенехь, дуьххьара адамо, шайн синкхетамехь цхьаъ бен воцчу цу Делах, адамо накъостий туху «Ан», «Ки» цIарах. Цул тIаьхьа беъна хенан мур, дахарехь чIагIлучу халкъаша шайн-шай дели кхуллуш гIучIа бина динан тIегIанашкахь. Историкаша биначу гIучIана юкъахь, вайна вевзина бакъ Дела а, иштта бовзийтина кхин болу цIу-дели а. Историно хьахош волу «Алалу», я «ХIал-эла», хурритин мифо дийцарехь, уггаре а Хьалхара, «дела» ву. Делахь а шайн галабала болабеллачу кхетамехь, «Лахарчу дуьненан» да ву олуш хилла цунах цара. Хеттин а ду и тайпа туьйра (миф). Цо дуьйцу, кхолларца /творческая мошь/доьзна гIора дIадаьккхина волу и «дела», дечу гIуллакхах а генаваккхина хиларх лаьцнарг. «Теогони» олучу балхо, дели кхоллабаларан истории юьйцучу хенахь хьахош ду, ницкъалгIа масех делин тIаьхьенаш хийцаяларх лаьцнарг. Цо дийцарехь, дуьххьара дуьненна тIехь хилларг, цхьа «дела» «Алалу» хилар. Цуьнан паччахьалла дохадо «стигланан дела» волчу «Анус». Цуьнан метта а вогIу и хуьйцуш керла дела «Кумарби». Иза а (Кумарби), рогIехь хуьйцура ву «дарцан дела» волчу «ТIо-йа-ша-бас». Уьш (цIуй-дели) массо а, исс-иссбIешарахь олаллехь («пачахьаллехь») хилла бу. И дели хийцарца хIоьттина рагI хилла: «ХIал-Эла» - «Ан» - «Ку-мар-ба» - «ТIо-йа-Ша-ба» (Алалу – Ану – Кумарби – Тешшуб).
38 «у-да», «уд-пондар» (ворхI мерз болу «у-да» пондар, гIазкх., «владелец доски») – «Шина хин юкъара» пачхьалкхин (Шумар, Вавилони, Митанни, Ассири, Урарту, ишт.кх.дIаа) мукъаман культуро, ширачу оьмаран III-I-гIа эзар шарашна юкъахь, луларчу Азин, Африкан, Къилб Европан культурашна Iаткъам бина. Ширачу оьмаран, III-гIа эзар шарашкахь, Месопотамин латта тIехь дIасхьабаьржа Iодан амат долу пондарш (арфа) а, цу могIара гIирсаш а, шайна юкъахь болуш «Уд» пондар. Динехь а, паччахьан цIийнан дахарехь а, лаккхара тIегIа йолуш хилла мукъамца доьзнарг. Социальни иерархехь, цIу-дели, паччахьаш дIабевлича, кхозлагIа тIегIа пондарчашкахь хилла. Цундела, аьрда-цIийнан исбаьхьалалле зазадаккхийтиначарех хилла динан-пондарчаш. Месопотамерачу бахархойн кхетамехь, мукъаман аз, тамашийна ницкъ болуш хилла («Ис-тIара» цIун миф). Вайн шира дайшна хеташ хилла, «У-дан» бекар, корта лозучарна дарбане а, дархочуьнан карзахалла меттаялош а. VIII-гIачу бIешарахь, Испани махка мавраш хьаьлхиначу муьрехь, цу махка кхаьчна, мелла а хийцабелла «Уд» пондар. Цу заманчохь, «Iарбойн Уд» олуш хилла цуннах. Испанцаша, «лауд» (цу цIеран ши кхетам бу «ла», «уд»; гIазкх., «слух+владелец доски») аьлла цIе тилларна бехке, цигара «ибераш» хила а мега. «Иджаритан» (гIала «Иджарит», Сийрера, кхузаманан Рас Шамра) зайл-йозан экъанан, биллам схьабиллича гучадаьлла, Месопотамин зуьретна бевзуш хилар ворхIъозан а (ворхI мерз), пхеаъозан а (пхи мерз) мукъаман могIа. Цуьнан, хетарехь долу бахьана ду, Месопотамин культура дукхачу хьолахь кхоллаялар, седа-жайнан Iилманан Iаткъам хуьлуш. Къаьсттина ладамениг хилла, терахь «5» (цу муьрехь девзачу седа-дуьненаш а, адаман синхаамаш а, ишт.кх.) а, терахь «7» (кIиран ворхI де) а.
39 зайлйоза (клинопись) – Иза, дуьххьаралера шира йоза ду. Аса тиллина цIе, «кхосаберган йоза» аьлла ду. Юкъабаьлла кхин цхьа кхетам а бу, «зайл-йоза» аьлла. Элпан метта лелориг кхосабергах тера цхьа хьаьрк хилла, дечиг ятIош туху зайлан аматехь а йолуш. И тайпа йоза, дуьненчохь дуьххьара юкъадаьккхинарш, «нуьхалан» адмаш ду, аса царна тIетухара дара цу нуьхалех долу, ломара дакъа «элламаш» а. «Нуьхалш» хидестаро хIаллакбича, «элламашна» а онда зе хиллачух тера ду. Цул тIаьхьа Цара шайн дахар юхакхиош, тодечу юкъана гучабовлу шумарш. Цара а къахьоьгу и йоза тодеш, кхиош. Цу этносца йоьзна хилла дегайовхо, цу кIоште хьаьлхиначу симиташа шелйо. Кхузаманан просимитин Iилманчаш ала-м гIерта, цу йозан дай «аккадаш» хилла бохург. Иза харц тешалла ду. Бакъду, цу «аккадаша», шайн маттан дешнаш юкъадалош, хьоле-м дерзийначух тера-м ду и йоза. Шайн лаьмнашка чукъовлабеллачу элламаша кхиийна шира йоза (нуьхалан хенара йоза), иштта цу симиташа, билламе дерзийна тахана. Ткъа шумарша тодина, юхадендина нуьхалан йоза цу цхьана халкъан хьашташна лерина хиллачух тера ду. Бакъду, И бахьана долуш, цхьана элламхойн йоза а хилла, дIасхьацадаьржаш дисна иза.
40 «суккаллу» («с-уккал-Iу», гIазкх., «душа+загорбок/бремя+смотритель» - «царский чиновник») – Митанни олучу хурритин пачхьалкхехь хилла дарж ду «суккаллу». Масала: Ашшур-ГIала шен олаллина кIелаялийначу Сауссадаттар (Шауштатар, Шаушшатар) паччахьас, цигара «ишшаккуман» Iедал а, юкъараллин Кхеташо а ца йохош юьту. Амма, цу гIалахь шен векал-суккаллу хааво цо, «лимму» («лимму» – хазнача-эпоним) дарж а цуьнгахь хира долуш. Ашшурахь йолчу Къанойн Кхеташонехь дакъалацарал совнаха, церан балхана тIехьажархо а хилла иза. Доцца аьлча и «суккаллу» хьехамча а, векал а, сардал а, гIалин да а хила таралуш верг хилла.
41 «хазухлу» («Х-аз-Iу-х-алу», гIазкх., «охрана+голос+надзор+стража+стойянки/слобода») – немцойн малхбален Iилманча волчу Гернот Вильгельмас, «хазухлу» (Hazuhlu) олучу хурритин дашца Iорадаьккхинарг ду, «бIов», я «гIепан да» иза хилар.
42 «хазанни» («х-азан-На», гIазкх., «Стража+голос+мать/проматерь») – муьлххачу а меттиган (юрт, жима гIала) коьртехь хилла «къанойн кхеташо» а, «хазанну» цIе йолу куьйгалхо а. Симитин дерг ларочо кхузаманхоша и дарж ассирешна дIаделлехь а, хуррито-урартхойн пачахьалла долчохь а хилла и тайпа даржаш.
43 «ширакавказхой» – Цу «ширакавказхойн», адаман сибат долуш волу маьIданан стаг, кхечахьара схьавеана а воцуш, Кавказан лаьмнашкахь ваьхана ву, кIезгачу барамехь, тIаьхьарчу шина миллион шараш юкъахь хIетте а. И верси бакъхилар гойтуш ду, «Удобна» олучу Малхбузера Гуьржехахь карийна тешаллаш – даьIахкаш а, уггаре а хьалха дуьнентIехь бевзина (юкъабевлла) хилла болу къинхьегаман гIирсаш а. «Хидестале», Хьалхарачу Азихь даьхна халкъ, цхьана макрорасан адам бен ца хилла. Уьш хилла «ширакавказхой». Цу заманчохь, церан лулахой хилла, Юккъерачу Азихь кхиана праиндоевропейцин макрорасан адам а, Африкан махкахь кхиъна афризио-симитин макрораса а. Кхин тайпа адам девзуш хилла яц, цу заманан Хьалхара, Юккъера Азии, Африка, Европа. Хидистиначул тIаьхьа, цу «ширакавказхойн» махка хьаьлхинарш бу, уггаре а хьалха африо-симиташ (ш.оь.2.7-2.4 эзар шш юкъахь), шайх хира болу афразияш. ШолгIаниг, «индоевропейцин» макрорасах йолу тобанаш (ш.оь. 1.9-1.3 эзар шш юкъахь) хилла.
44 «Инжил» (Библи, изза Евангели) – и «Деза Яздар», «Тиша Весет» («Ветхи Завет»), «Керла Весет» («Новый Завет») олучу шина декъах лаьтташ ду. Цу тептарна хьаохарачу декъана бух коллар нисделла, ширачу оьмаран 594-гIачу шарахь, Иудеин пачхьалкхан коьртехь, «Цидкии» (Седокия – 597-587 ш.оь.шш) цIе йолу паччахь а волуш. И Инжил яздан, цунна бух кхоьллинарг лоруш ву, цу Инжила тIехь хьахош волу Иереми. Цу Инжила тIехь дуьйцучух цхьацца дерг, шеконе эца йиш ю вайн. ХIунда аьлча, цу тIехь дукха хIуманаш, хенан йохаллица адамо хийцар бахьана долуш. Цунах лаьцна АллахIан дош ду: «ХIай китаб (Деза Яздар) охIал! Бакъдерг хIунда эдо аша харц долучуьнца? Бакъдерг шаьш хьула а деш, шаьш хууш а доллушшехь» (3-гIа сура, 71-гIа аят).
«Боккъалла а царех ю тоба, шайн маттаца Деза Яздарш (Китаб) хуьйцуш берш, шуна моттадалийта и Яздарш бакъдерш ду. Цара баха а боху: «АллахIана гергара схьа ду». Уьш юьйцуш а бу АллахIана тIе харцо, шаьш боллушшехь хууш» (3-гIа сура, 78-гIа аят).
45 Кавказан мохк (Ков-ка», «Ков-ка-пе», «Ков-ка-аз» мохк; гIазкх., «ворота удачи», «ворота удачи гор», «ворота, голос удачи», «страна гор») – Ширачу заманчохь Iаьржа хIорданний, Каспи хIорданний юкъахь Iуьллучу берриге махках олуш хилла дац Кавказ. И цIе йоккхуш хилларг, Эльбрусан (Эла-Барз) лам бу. Кхечу дашца аьлча, «Эла-Барз» олу кхетам бу цу чубиллинарг. Ткъа цу мехкан хилла цIе, хетарехь «Кап» («Каф», «Кап» = «Ка - П», гIазкх. «Удача, удачная+стена»), я «Ков-Ка» (гIазкхашха, «Удачные ворота») хила мега. Шумаран махках а, цу хенахь «Сеннаар» (Сийна аре, я сонера аре) олуш хилла. «Эла-Барзан» махкара, цу «Сеннааре» и «пранухиташ» дIабахана хан хила езаш ю, ширачу оьмаран V- эзар шараш тIекхачале йолу зама.
«Ков-ка-пе» (Кавказ; «Ков-ка-пе» - гIазкх., «Ворота-удача-стена», или «-гора») – цу цIарана диначу хьесапо къобалдо, «Кавказ» олу дош кхоьллина бух, «Ков+Ка+Пе» олу кхаа кхетамаша кхоьллина хила безар – ков /ворота/; Ка /удача/; Пе /стена/. Даима, «Кавказан коьрта дукъ» хьесапе дуьхьало хилла цу ТIехьарачу Кавказана а, Хьалхарачу Азин къилбседена а.
46 «Загросс-Эллам» (гIаж. رشته‌كوه‌های زاگرس‎) – «Иранан акъарин» къилб-малхбузехьа а, Иранера а, ондачарех йолу лаьмнин къепе ю, тIаьхьа-хьалха долчу ламанан даккъашех лаьтташ йолу. Загроссан цхьацца долу лаьмнин генаш, Иракан латта тIе а долу. Иранан къилб-малхбузера мохк, шира заманчохь Элламан мохк хилла (кхузаманан «Хузистан»). Цуьнан аренгара мохк (Сузиана) хи дилла аьтто болуш хилла «Карун», «Керха» олу хиш бахьана долуш. Сацкъар-латта, кегий гIум, саз тесна (аллювиальни) и атагIа ниIмате хиларна, шира заманчохь латталелоран культура кхиана мохк хилла. IV – III-гIа эзар шарашкахь цигахь дIадоьш-дерзош хилла мукх, эммер, стоьмаш. Кхузахь иштта, кхиар долуш хилла, куьпчийн корматалла. Элламан лаьмнин дакъа (кхузам., «Бахтиаран лаьмнаш») хьоле коьчалан хьуьн а, маьIданан эчиг (ез, даш, ишт.кх.дIа а) а долуш хилла. Ламанхойн къинхьегам боьзна хилла даьхнелелорца. Ша Эллам а, даима симитизаци йиначу Месопотамин мостагI хилла. Элламан гергарло долу бух билгалабаккха хала ду бохург ду Iилманчаша хьехош. Цкъацца, «лулла-ба» ваьррашца гергарло хила тарло бохург ду хьехош. Амма, меттан Iилманча волчу И.М.Дьяконовс, гипотезан хьесапехь шен ойла йовзийтана, «элламан мотт», «дравидан маттах» дIатоха безар хьахош. Амма нийса хира ду, и мотт вай, Нухь-пайхамаран оьмарал хьалха баьхначу, «ширакавказхойн маттах» дIатоьхча. «Хурруманн лаьмнаш» (Загросс), (Хуррувун, я Хуррум) – «хурри», «маннаш» олу ваьрраш дехаш хиллачу, Урмийа Iоманна гергахь йолчу «Загросс лаьмнин» кIоштахь, «Хурруманна» олуш хилла цу ширачу заманчохь. «Хуррум», шумаройн яздина тешаллаш тIехь а, эпосехь а хьахош ю, «Хуррум» аьлла. Цхьаболучара, «хурритин» халкъан цIе цу лаьмнин цIарах кхоллаелла ларахь а, нийса хира ду аьлла хета суна, цигахь даьхначу халкъан, ваьррин цIаро кхоьллина ю, цу лаьмнин и цIе бохург. ХIунда аьлча, шумарша дийцарехь, цу лаьмнашкахь а, ТIехьарачу Кавказехь а даима даьхнарш, хурритин орамах девлла ваьрраш хиларна, уггаре а ладаме кIошта, «Ван» олу Iам а болуш.
47 «Симит; -аш» – маттаца уллера йолу халкъин тобанаш яхна а, ехаш йолу а латтанаш ду, Къилбседа, Малхбален Африка, Къилб-Малхбузен Ази (уьш хилла, шира хенан «аккадаш», «аморрейаш», «вавилонаш», «ассирийцаш», «халдейаш», «финикийаш», «иудейаш» и т.кх.берш а. Иштта, кхузаманан «Iарбой», «сирийцаш», «жуьгтий», «абиссинаш» «айсораш», «эфиопаш»), (кхузаманан, гIазкхин меттан Ефремовн маIнин лугIат). «Симит» олу термин, 18-гIачу бIешаран, 80-гIачу шарашкахь Iилмана юкъаяккхинарг ву, немцойн Iилманча А. Л. Шлёцер а, И.Г.Эйхгорн а. Цу дашо билгалабохуш бу, ша-тайпа меттан доьзалаш, дIасхьатардалар долу юкъара церан меттиг, юкъара аматаш долу шира халкъин культ. «Симитин меттанаш», «афразийан меттан» доьзалшна юкъахь, уггаре а дукхаха дерш ду. Царех долу, кхузаманан дийна меттанаш («Iарбойн», «мальтан», «керлаарамеян аларш», «иврит», «эфиосимитин – амхаран», «тигре», «тиграй» ишт.кх. дерш) дIасхьадаьржина латтанаш ду: Iарбойн Малхбале, Израиль, Эфиопи, Къилбседа Африка, гIайреш санна йолу Азин, Африкан цхьайолу пачхьалкхашкахь а. «Симитин меттанаш» юкъадогIуш хилла ду шира меттанаш: «аккадан», «угаритан», «эблаитан», «финикийан», «ширажуьгтийн», «шираарамеян», эпиграфан аматера «къилбаравин», «шираэфиопан» – «геэз».
48 «хидестар хилале», «хидестар хиллачул тIаьхьа» (гIазкх., «до потопа», «после потопа») – Ширачу оьмаран 3200-3000 (± 100-200 шо) шарашна юкъахь йолчу заманчохь хIорд тIеболуш бистина. Цу хенахь гIарабаьлла бевзаш хилла адамин бахам, адамашца цхьаьна хIаллакбина, кIезгачу барамехь, цхьа бIешаре дIакхоччуш цигара дахар хадош. Юха дIадоладелла дахар, «Кавказа», «Араратан», «Загроссан» лаьмнашкахь хIаллак хилаза дисначу адмаша, цу лаьмнашкара охьадуьйлуш, хидестаро хадийна шайн дахар, цхьа-ши бIешо далале юха меттахIоттадо. «Аравин хIорда» бухахь йолу, кагъелла лаьттан экъа (разлом) хиллачух тера ю, и бохам цу кIоштахь хиларна бехке. Хин бухахь даьттIа латта, цуьнан лалийначу талона хи кхехкош хьалакхиссар бахьана долуш, Iаламат боккха бохам бо дуьненчохь. Гергахь йолу (тIаьххьара пхи эзар шаро лоцу мур) историн йохалла а, цулла дехьара, шираллехь йолу хан а шина декъе екъна ю сан: «хидестале хилла мур», (гIазкх., «допотопный период»), «хидестар хиллачул тIаьхьара мур» (гIазкх., «послепотопный период») аьлла.
49 Глаболизм, -сты – Кхузаманна, уггаре а бевзачарех (Iоврабевлларш) бу Э.Тоффлер, З.Бжезинский, К.Боулдинг, С.Мендловиц, Э.Ласло ишт.кх.б. глаболисташ. Уьш бу, «сионан хьекъалчин» охIла а, лархой а. Кху тIаьхьара бIешарахь, церан аьтто баьлла адаман хьекъал охьатаIош, халкъаш тешо Иблис доцуш хилар, берш, халкъашна тIехь куьйгалла дан «къастийнарш» бу бохург. Адам, стаг юьхьса делла хилийта, цара юкъабаьккхина «глаболизаци» олу кхетам, цуьнан хьалхара мур «демократи» а йолуш.
«Глобализм», «демократизм» олу кхетамаш бу, селханалера «коммунизма», «социализма» олуш хилла, шен хилла даьIахк юьтуш, амма тIера дилх хийцарца модернизации йина кхетамаш. Глобализацию ю, дерригдуьненан экономикна, политикна, культурно-юьхьсинна интеграци (вовшахтохар, вовшийна чудалар) а, унификации (цхьатералле, цхьана кепе, я къепе далор) а ен йолу процесс. Цуьнан гуш йолу тIаьхье хила еза: дуьненчохь къастамалла йолу къинхьегам, болх; дуьнентIехь маьрша кхарстар долу капитал (вовшахтоьхна хилар сурсаташ, бахам, активаш доллучулла а хьал совдаккха), адаман, къинхьегаман тIаьхьалонаш; стандартизаци ян цхьаъ еш законодательствона (лахара адман, юкъараллин, расан ойланах доьзна доцуш) экономикна, технологин процессаш; юкъарчу цхьана амате ялош тIеттIаялон, вовшахэян бесбесара йолу культураш, религеш. Цу процессо чулоцуш хира ю, юкъараллин массо а тIегIанаш, чулоцуш хьан чуьра юьхьсинан тIегIа а. Йоллу глобализации яр чекхдаьллачул тIаьхьа, дуьне кхоччуш дихкина а, дозуш а хира ду коьрта хила езачу, гIазкхашха, «единый мировой порядок» олучу ойланца. Глаболизацин кхиамаш гуш бу. Кхоллабелла, цуьнан гIорторгин баххаш: «Дерригдуьненан махбаран организации (ВТО), «Европан Барт» (Европейский Союз), «Къилбседаамерикан, маьрша махбаран зонаш», иштта «СНГ» олу «Йозушйоцу Пачхьалкхин ДоттагIалла» а.
50 Азых – Кавказера «Нагорни Карабахахь», уггаре а ширачарех меттамотт карийна, «Куручай» олучу хин гергахь йолчу хьеха чохь. Цу меттиган локхалла ю, хIордан сизалгал лекха 1400 м. Палеолитан хенара меттаматтах бухадисна, масех чкъор карийна цу чохь. Цу чохь иштта карийна, маьIдан адаман даьIахкех йиснарш а. Цу чуьра уггаре а лахара чкъор, хетарехь, дуьххьара Евразин латта тIехь даха хиъначу адаман муьрера ду.
51 Дманиси (гуьрж. Дманиси; азербайджанан цIе «Башкечид») – 1981-гIа шара тIера, Гуьржехан гIала лоруш ю Дмани́си. Цуьнан латтар ду, «Кура» хин га долчу, «Машавера» олух и тIехь. Дуьххьара, Гуьржехан цу кIоштахь, 1991-гIачу шарахь деш хиллачу схьаделларша Iораяхна гоминидан, «Homo georgicus» (гIазкх., «Человек грузинский») аьлла цIе тиллиначу, маьIдан адаман даьIахкаш. Гуьржийн археологаша дIаязздеш теллина когин-куьйгин даьIахкаш, деа кIорге йоцучу адамин («Homo» ваьран) букъасуьртан даьIахкаш а. Дманиси (Гуьржеха) кIоштахь уьш даьхна хан, 1.77 млн шо ширалла йолуш ю. Хьалхо, цу меттехь карийначу еа туьтанаш тIе, керла карийначу даьIахкаша кхин цкъа а тIечIагIдо, Homo habilis (гIазкх., «человек умелый»), Homo erectus (гIазкх., «человек прямоходящий») олучу адамин, юккъера кеп йолуш хилар и Дманисин адмаш. ТIетоьхна хаам: «Эректус», я «архантроп» (лат. Homo erectus — гIазкх., «человек прямоходящий») олу маьIданан адмаш, кхузаманан адамашна уггаре а гергахь лаьттарг лоруш ву цкъачунна. ДНК-ан, X-хромосомыашца зер лелочу Iилманчаша, 2008-гIачу шарахь хьесап до, азиатин ваьран «Homo erectus» адмаша, оре дан таралуш хилар, кхузаманан «Homo sapiens» адмаш. Иза иштта делахь, шеко а йоцуш вай хила таралуш ду, дуьххьалдIа боьршачух а, я дуьххьалдIа стечух а хилла доцу, эделлачух кхоллаелла цу шира дайн тIаьхьенаш. (http://ru.wikipedia.org/wiki/Эректусы#cite_note-0).
52 Боржоми (Борожом) – Гуьржийн малхбалехьара курорт а, кIошта а ю иза, Тбилисина 150 километр генахь йолу. «Боржоми» олу цуьнан и юкъ, 16700 адам дехаш ю. Малхбален Гуьржийн къилберачу декъа тIехь, хаза Iалам долчу «Кура» хин атагIахь Iуьллуш ду, «Боржоман ЧIож». И чIож гIарадаьлла ду, «Боржоми» олучу минеральни хица. Цу «Боржоман чIажо» зIе тосуш хилла, Гуьржий чоьнан Хьалхарачу Азица а, Малхбузен мехкашца а. Цундела, даима мостагIин Iалашо хилла, цу чIожехула волуш къилбера дазо хадор. «Боржоми» алар кхоьллинарг, ши дош ду: «борж» (гIажарийн «бурж» — «онда пен») а, «оми» (гIаж., «латар», «тIом»). Шира заманчохь и чIож, даима тIеман аре хилла, цуьнан лекха лаьмнаш хиларна ша тайпа Iаламан гIап. Боржомин «Харагаулан лардойла» (заповедник) йолчохь, археологашна карийна дIуьтIан (великан) даьIахкаш а, иза Iийна меттиг а. Цу дIуьтIан туьта, кхоъ сов йоккха хилла, кхузаманан юккъерачу адаманчулла. Кхо метр лекха а хилла иза. И тайпа адамаш цу лаьмнашкахь даьхна зама, 25 эзар шо хьалха хилла.
53 «Нил» («Рахь-хи») – Мисар (Египет) махкара, ширанахан маттахь «Нил» олу хи ду иза.
54 «Шина хин юкъ» (гIазкх., «Междуречье», изза Месопотами) – «Евфрат», «Тигр» хишна юкъахь Iуьллу кIошта ю иза, дуьнентIехь дуьххьара зуьрет (цивилизаци) кхиийна йолу.
55 «Нухьан халкъ», «-адам» (нуьхал) – «Хидестале» (потоп), «Шу-мар» цIарца бевзура болчу мехкан латта тIехь даьхна, «ширакавказхойн» ораман халкъ ду, аса кху тептар тIехь, «нуьхал» цIарца билгаладина и адаман дакъа. Вуьшта, «Нухь-пайхамаран халкъ» а ала мегара ду цу халкъах. Амма, цу чубиллиначу кхетамо юкъалоцург ю хидестале кхиана, «Хассуна», «Обейд», «Ярмук», «Халаф», «Самарра», «Джемдет-Наср», «Урук», «Майкопан культура» олу культураш кхианчу хенан геналла. Нах-этносо цу «нуьхал» аьлла цу дашна чубиллина кхетам гIазкхашха аьлча, «прародитель человечества», бохучух тера дерг ду.
56 «Ан», «Ану» («сигланан дела») – шумар-аккадан туьйранахь (миф), «стигланан дела» волу и «Ану», цу Iаьршан, лаккхара цIу-дела хилла. Цуьнан амат хилла, маIашйолу «тиара-куй». Хидестарца доьзначу шумаран туьйран версино гойту, шумаройн Нухь лорачу «Зиусурдана», «делин дас» цу «Анус» а, «Энлилас» а, даима вехара волу дахар даларх лаьцнарг.
57 «Энки» (хурр.хетт. «Эъа» /Эйя/; симит. «Эа») – Эредуга-ГIалахь («Эри-ду-га»; гIазкх., «внешный есть ветвь») вехаш хилла ву, и цIу «Энки» («Эн» - «валастелин», «Ки» - «богиня»). Цу гIаланах «Ха-аки» («Ха-Iа-кха», гIазкх. «где живёт стража»; я «хин чIара болу меттиг») олуш а хилла. «Iапказан» /океан/, «хIордан дела» хилла ца Iаш, цу «Энкис» доладеш хилла тIегIенаш ю: «корматалл», «искусство», «луьйца йоллар тIехь». «Адам-чIеран» - адамо дечу хьесапца, «Энкин» цIун сурт, адаман аматехь ахлакхе а, ахчIеран лахе а йолчу вастехь хилла иза. Иштта, «хьекъалаллин», «хIиллан дела» лоруш а ву иза. И цIу юкъаваьлла хан ю, дуьненчохь хи дистина зама (потоп). Вайна, мифаш тIера хаьа, и «Энки», цIийэр (да-йоIаца, кIант-ненаца, ваша-йишица лелар долу маренан кепаш) долу, безаман цIуй хиллий. Шен йиша «Нинкурсаг», пхьар а йой, цуьнга йоI йойту цо, «Гештинанна» («Ге-сте-ю-нанна», «Де-сте-Нана»; симит. «Царпанита» /Тейшета/) аьлла цIе а туьллуш. Боьрша тIаьхье йоцуш волу и «Энки», цу шен йоIаца лела, иза а пхьаръеш. Цо а, йоI йо «Энкина». Цо йиначу цу йоIаца а лела, боьрша бер хиларе сатесна волу нена нена да. Цо а, йоI йо «Энкина». Иштта, шен йоIаршца айгIаралла лелош волчу «Энкина» ялх йоIIий, ши кIанттий во цара. Къилб Месопотамехь и цIу юкъаваьлчахьана доладелла цIий эр долу захалонаш. Цу цIуца нисделла ду, симитин орам болу халкъ Хьалхарачу Азина довзар. Цу хенахь хила таралуш ду, цу цIарца волу цIеяхна гIалин да, я юкъараллин эпоним иза хилла хилар а. Цу хенахь цIеяхна и тайпа адамаш, цIун дарже ойъуш хилар, цецвала ца оьшу хиламаш хилла. «Дела цхьаъ веш хилла «Iаьршан паччахьалла», «стигланан», «лаьттан» аьлла шина декъе декъана хилла цу заманчохь. Иза иштта хилар чIагIдеш ду «Гильгамесан» масала. Цуьнан заманчохь нисделла ду, стигал, латта, хIорд цхьатерра ларар цу цIушца. «ХIал-Эла» къобалвеш хиллачу Нухьан халкъо (нуьхалш) тIеоьцу дукхаделин дин, кхуллуш шайн делана накъостий. «Стигланан дела - Ан», «лаьттан дела – Ки», «ХIаваан дела - Энлиль», иштта «ХIордан дела – Энки» а.
58 «африо-симиташ», я «Африкера халкъаш» – кхузаманан классификацина тIетевжича, «африа-симитин маттана» а, вуьшта аьлча макрорасина чубогIуш бу ялх маттан, ялх доьзал. Церан схьадовлар цхьа орам а, грамматикан цхьа морфем а йолуш ду (тахана а, церан билгала яккхина цIе ю «симито-хамиташ», я «симито-хамитин мотт». Иштта, 1960-гIа шараш тIера схьа, гIуллакххоша наггахьи бен йоккхуш яц, «хамито-симитин мотт» олу шолгIа цIе). «Африа-симитин маттана» юкъадогIуш ду дийна а, делла а меттанаш. Кхузаманчохь и хьалхараниш, дIасхьадаьржина ду дуьненан доккхачу декъа тIехь, чулоцуш Хьалхарачу Азин (Месопотами тIера, «Дуьненанюккъера хIордана», «ЦIен хIордана» тIекхаччалца) а, Малхбален, Къилбседа Африкан шуьйра латтанаш, «Атлантика» олучу Iапказан хин йистене кхаччалца. «Афразийан маттана» юккъера цхьаццадерш (халкъин дакъош), нацкъарчу латтанаш тIехь дIасхьадаьржина. «Африа-симитин расана» чудогIуш долу меттанаш ду (генаш): «Берберо-ливийан» (шуьйра – «ливийан-гуанчан»); «Шираегиптан мотт», тIаьхьо коллабеллачу «коптан маттаца» цхьаьна; «Кушитан мотт»; «Омотан мотт» – дийна, йозадоцу меттанаш; «Симитин меттанаш»; «Чадан меттанаш». «афра-симиташ» – кхузаманан Танзани махка кхаччалца йолу, Африкан йоллу малхбале; «эфиопо-симиташ» – «Виктори» Iомана гонахьара, шираэфиопин (прааккадаш) ваьрраш кхолладелла кIошта; кхузаманан «афразио-симиташ» – «афрази» (Африка+Ази) олу кхетам кхоллабелла «хидестар» хиллачул тIаьхьа, Месопотаме хьаьлхиначу симитех, церан хилла боцчу мехкан дай царех бан.
59 «аккад-халкъ», «Аккадан оьмар» – Къилб Месопотамин махка, дуьххьара латта тIехула деъначу африо-симитин орамах долу, даьлла лелачу ваьррех хилла, аренан халкъ ду иза. «Африо-симитин» орамах болчу, «эфиопин» тIаьхьенаш ю историна девзина и «аккадайн» («а-къа-да»; гIазкх., «он есть грех», я «он отец греха») халкъ. Мел дукха а, 28-27-гIа ширачу оьмаран бIешарашкахь, Хьалхарачу Азехь бехачу «ширакавказхойн» дахарна Iаткъам беш, гучадаьлла ду и «африо-симитин» халкъ. Ткъе ялх чакхарма бен шуьйра йоцучу «Баб-эль-Мандебан чекхIанехула», Эфиопера сехьадаьллачу цу халкъан кхалхаран тулгIе, шина декъе екъаеллачух тера ду. «Протоаккадайн алар» долу мотт буьйцу цхьа дакъа, «Аравин ахгIайренан» къилб агIонца, хIордан йистехула «Персин», «Оманан» чуже хьала а доьдуш, цуьнан шолгIа «амарреи» («амура» бохург, «малхбузе» бохург ду) олу даьхнелелорхойн дакъа, «ЦIен хIордан» йистонаца къилбседехьа дахана. Шумаран къилбседа агIора, ерриге Месопотамин юкъахь Iуьллучу махка, ширачу оьмаран 2450-2350-гIачу шарашна юкъахь машаран некъаца хьаьлхина хилла «протоаккадайн» даьхнилелархойн ваьрраш. Шайн хилла кочевникан и дахар дIатосуш, цхьана меттехь Iар тIе а оьцуш, «шумаршца» цхьаьна баха ховшу уьш. Юкъара низам ларош хилчахьана, кхин дерг хьесапе лоруш доцучу, шайн амалца адамдезарг долчу Шумаран халкъо, цхьаа эрко йоцуш, и «африо-симитин» халкъ тIеэцна хилла шайн юкъараллина. Дукха хан ялале, цу Шумарахь аххалкъ а хуьлий дIахIутту, цу махка даьржина хилла симитин орам болу и халкъ. «Шумаройн маттаца» нисса, дахаран мотт хуьлий дIахIутту цу халкъан мотт а. Хеццана дацахь а, вовшашца захалонаш тосуш, чIаьнкъа йоьрзуш йоллу тIаьхье а, стоммаяла йолаелла церан цхьана бIешарна юкъахь. Делахь а, Шумаран динан а, Iедална а, сий диначу наха (аристократи, знать) шайна аьттехьа доийтуш хилла дац, цу халкъах долу адам. Амма бIешо далале, шайн дукхаллица Iаьткъиначу цу халкъо, 2316-гIачу шарахь, дуьххьара шумаройн боьхначу бартах пайда оьций, Iедалан мукъ шайн каралоцу аккадаша Киш-ГIалахь. Шен ламанхойн амалца чIогIа долчу вежараллин халкъе, «гуттин» («гу-тIеэ», гIазкх., «на холме», я «на возвышенности») ваьррашка цIеначу «шумарша» орца а доьхий, 2228-гIачу шарахь цу «аккадайн» Iедал дохадо «гуттиша», уьш алсама хIаллак а беш. Йисна цу халкъан кескаш, Евфрат, Тигр хишца, къилбседехьа кхелха. «Аккадан оьмар» олу зама ю, «Аккад» пачхьалкх яхна хенан мур. Цуьнан дохалла хилла, ширачу оьмаран 2316-гIа шара тIера, 2250-гIачу шаре кхаччалца. Цул тIаьхьа и теоним хьехор доьзна ду, симитин лобби хилар дезначара кхоьллина харц тешаллаш.
60 «Энлиль» («Эн-лиль»; «Эн» -гIазкх., «властелин», «лиль» - «божество») – я изза «Кумарби» (Ку-мар-ба), иштта «Касса-Дуьнейаш» («Касса-Дуьне-йа-са»; гIазкх., «Касса есть душа мира»; «Касса» - «ка-са-са», «удача, моя душа») а ву, уьш массо санна, юкъара, цхьаъ цIу-дела. И кхоъ цIе кхоллаяларан бахьанаш доьзна ду этнобаххашца: хьалхараниг волу «Кумарби» – Хьалхарачу Азин автохтонин цIу – праари-хурри, нуьхьал-элламаш, шумарш, гутти; шолгIаниг «Энлиль» – дукхаха, африо-симиташца (дуьххьара «аккад», тIаьхьо «ассираш», «вавилонаш» - амморей, арамей); кхозлагIаниг «Касса-Дуьне-йа-са» олу цIу – загроссан автохтонашца («касса» олу ламарой). Кумарби-Энлиль-Касса, Къилб Месопотамера Лагаш-ГIалахь (Ла-га-са, гIазкх., «слух-зрения и душа») коьрта юкъ а йолуш, баьхначу шумаройн «хIаваан дела» а, кхечу «делин» хьехамча а хилла и юкъара цIу. Кумарби-Энлилас, дуьххьара кхоьллина лоруш бу гам а, пайденна мел дерг а – дитташ, кенан ораматаш (злаки). Латта, ниIматениг дина цо. «Прашумар оьмаран» чеккхенехь Iилман а, дахаран а дайша, шаьш цу мехкан а, адаман а бакъ Iуй хиларе терра, хIордаца махлелорхой болчу афризио-симиташа кховдийна гIуллакх («Лаьттан паччахьалла»), дуьххьара тIеэцначух тера дац. Амма, ша-шена долу дахар марзделла цхьацца йолу Шумаран дахаран яккъаша, гIаланин дайша, суьрта кепехь цIуй кечбой, «дели бу» олий, дозашдацар дIакхайкхадо, «лаьттан пачахьалла» аьлла билгалаялла ойланах (идея), дIакъастарца дуьйзина, керла герз а деш. Церан хьалхара, цхьаъ хиллачу Далла, «ХIал-Элах» (изза ист. «Алалу») накъостий тухуш цара билгалбина цIу-делий: «Стигланан дела - Ан», «лаьттан дела – Ки» (и ши цIу, «Энлилан» да-нана лоруш хилла мифо). Ткъа хIорд бистиначул тIаьхьа еаначу хенахь, шайн дай хилла и «нуьхалш» хIаллакбина цIуй («хIордан дела Энки», «лаьттарчу паччахьаллин» дай хилла «Ан», «Ки») дIатеттиначу адамо, хидестаро (потоп) лашкадаьккхина латта дакъийначу, Iалам дендиначу ницкъана, «хIаваан дела» ву олий, таваккал дан буьйлало керла, Кавказан кIоштара баьхкина «шумарш». Иштта, масех бIешарашна юкъахь цу махкана девзу, африо-семитех долу этнодакъа. И дакъа ду, «хIаваан дела» ву «Энлиль» аьлла, цу махкахь уггаре а везачарех и цIу айъанарг. Шумаран латта тIехь шайн паччахьалла кхоьллина ца Iаш, динан мукъ караэца Iалашо кхоллало симитин паччахь хиллачу Нарамсинан шен паччахьаллан чеккхенехь. Ниппур-ГIалахь долу «Энлиль» цIун аьрда-цIа «Э-Кур» дохадойту цо юьзан дагаршца шен тIемалошка. Цу чуьра хазна, Аккаде дIахьо цо. И тайпана аьрда-цIа сийсаздаккхар ца ладелла, оьгIазбахначу цIу-делиша (автохтонаша), Аккад-ГIалина неIалт кхайкхадо, бекхам бан орцаха, ламанхой «гутти» (гу-тIе) а кхойкхуш. «Энридавазира» («Эн-ари-да-вазира»; гIазкх., «Эну /Энлилу/ владыка равнины нужен») цIе йолу тхьамда коьртехь волу «гутти» Шумаре хьаьлха, «аккадойн» тIекхийдаршна чеккхе гойтуш. ТIаьхьо, и «Аккадан паччахьалла» а дохадо цара, лохкуш цу махкара и кхоьллинарш.
61 «гутти» («гу-тIиэ»; ист. Кути, Кутиум, Куту) – ламанхойн, «кавказ-загроссан» халкъ ду иза, шен хьостехь. Ш.оь. III-гIа эзар шарашкахь и халкъ деха мохк хилла, Загросс лаьмнин къилбседа-юкъ а, лахара «Дияла» хин къилбседе а чулоцуш. БIешаро лоцачу юкъана, Аккад пачхьалкхо чулаьцна мохк а хилла, цу халкъан долалла а, Iаткъам а болуш. Ш.оь. II-гIачу эзар шарашкахь, цу географин кхетамо чулоцу цу онда кIоштахь ладамениг хилла «Хабуран» малхбален а, «Лахара Заб» хин лакхара къилбера берд тIекхаччалца болу мохк а. Ниниви-ГIалана къилбседехьа а, Кумма-ГIалан къилбехьа а Iуьллуш хилла, историно «Кути» аьлла билгалйина и юкъ. Кхузаманан, «Дахука» олу кIошта ю иза.
62 Хаммурапи (Хаммурапи-I-ниг, 1792-1750 ш.оь.шш.) – Вавилонан паччахь. И паччахь ваьхна хан, ма-ярра хууш яц. Дуьххьара, Хаммурапин паччахьалла ширачу оьмаран 21-гIачу бIешарахь хилар лоруш хиллехь, и терахь тахана 1950-гIа шаре юхаоьзна. Ширачу оьмаран 1700-гIа шарашка и терахь юхатеттинарш а бу. Дийцарехь, Хаммурапи ялхалгIа паччахь хилла «аморреян» паччахьан цIийнан. Цуьнан паччахьаллехь и пачхьалкха дазонаш шуьйра хиллехь а, иза аьтто болу паччахь хиллехь а, цуьнан цIе гIараяларан бахьана ду цо кхоьллина яздина низамаш. Амма, цулла а хьалха, и «яздина низам» юкъадаккхаран хьалхе, «шумарашкахь» хилла ю дукха хьалха дуьйна. Масала, ширачу оьмаран 22-гIа бIешо чекхдолуш, Ур-Наммас, шен пачхьалкхехь яздина низам арахецна хан, Хаммурапин заманал шибIе ахбIе шо хьалха хилла ю. Ткъа «симиташа» шайх хиларе терра, хастош волчу цу Хаммурапесчулла ахбIешо хьалха, Липит-Штарас а яздина хилла и тайпа низам.
63«биллам», – гIазкхашха «шифр» бохург ду иза. Вуьшта, «къайле ерг» боху кхетам бу, цу дешан маьIна.
64 «финикийаш», «-цаш» («Джахи» - «Дежа-хи», гIазкх., «вода обитания», грек. /фойникес/, «финикиец») – Финикийцех, цу ширачу муьрехь олуш хилла «джахи» («Дежа-хи-са», гIазкх., «душа, воды обитания»). «Юккъерадуьненан хIордан» къилберачу бердашца, цара (финикийцаша) кхоьллина махбаран яккъаш а, цIуй а, меттанаш а, ша-тайпа мукъаза элпан хьуламе йоза (тайнопис). Хетарехь, 27-гIачу бIешарахь, дуьххьара схьахьаьлхина «амарреи» («а-мар-аре-йа»; гIазкх., «он обитатель равнины», я «он властелин степи») олу адаман тулгIе, гIаланан йистошкахь а, есачу аренашкахь а, цхьана меттехь охьахевшина дахар доцуш, даима лелар долуш хилла. «Праханаанашна» ассимиляци еш, царех (симит) цхьацца долчу ваьррашна а, охьахиана дахар кхолла эшана 13-14 бIешо хан. Царех цхьаъ ду, «финикийцаш» олу, хIордаца махлело Iемина дакъа. Цаьрга и корматалла кхаьчна хан хила еза, «Крит» гIайре тIехь, Iаламан бохам хуьлачу муьрехь. ХIунда аьлча, цул хьалха и гIуллакх «минойцин» карахь хиларна. Делахь а, просимитин агIо ларош болу кхузаманан Iилманчаш ала-м гIерта («финикийцашна» хьалхе дIалуш), хIордан гIуллакх кхиийнарш а, махлелоран яккъаш кхоьллинарш а, «финикийцаш» бен ца хилла бохург.
65 «алу» – гIап-гIалан амат долу яккъаш. Цу гIала-бIовнаш чохь бехаш хилла онда доьзалш. Гергарлонца, я лулахошха вовшахакхеттачу цу тайпа гIала-бIаьвнан онда доьзалша, кхуллуш хилла «алу», тахана вайна евзу «эвла», я «пхьа» олу дехийла долу юкъ ю иза. Дикка тIаьхьо, масех эзар шараш даьлча, вайнаха хийцина и кхетам, «юрт» олу тюркин цIе юкъайоккхуш.
66 «На» – цу дешдекъа чубиллина бу «хьост», «корта», «юьхь», иштта «нана», «хьалхара нана» олу кхетамаш.
67 «Мэ», я «Ма» (гIазкх. аьлча, - «божественный закон, мужское начало») – «шумаройн» маттахь, «Мэ» олуш хилла, дуьненан къепе кхоьллиначу ницкъах. Вуьшта аьлча, «Ма», я «Мэ» дашна чубиллина кхетам, Делаца зIе йолуш, цуьнан коьрта низам хилла. Цул совнаха, «Ма» дош а, «На» дош а, маьIнехь гергара дешнаш ду. «Да» бохачу кхетамца уллера зIе йолуш ду, и «Мэ» (Ма) олуш хилла низам. ХIунда аьлча, дуьне, Iалам кхуллучу цу Далла башхаллениг хилла, цу зIен юкъара «адам» олу хIоз.
68 Монотеи́зм (ма-дарра, «цхьадела» — от греч. μόνος, «цхьаъ» и греч. θεός, «дела») – Цхьаъ Дела вовзарца доьзна Iилма (дукхаделин динна а, политеизмана а дуьхьала лаьтта). Монотеизман динна чудогIучарех лоруш ду ислам, иудаизм (шаьш харцахьдаьхна, Деза Яздарш тодахь), керста дин, нагахь санна, цу тIаьхьарачо, Делан кхолхаллица (дела-да, дела-кIант, дела-са) доьзна хаттар дIадаккхахь. Монотеизм — дуьххьараниг а, Нухьан зама тIекхаччалца, шен хостера дуьйна Лаккхара Ницкъ лоруш хилла а, кхетаман кеп ю иза. Дела цхьаъ хиларца йоьзна ойла телхаш, тIаьхьа кхоллаелла ю кхин тайпана культаш а.
69 Са́рра, Сара (ивр. «владычица»‎‎) – Ибарахиман (ист. «Авраам») зуда хилла, жуьгташа шайн халкъан нана лоруш йолу Сарра, (Сарах, Сара). «Сарра» цIеран этимологина гонахьа, талламхойн, тайп-тайпана ойланаш ю. Ша Сарра, бер хуьлуш ца хиларна, шен гIарбаш Хажар (инжил. «Агарь») ло Ибарахимна тIаьхье кхолла. «ИсмаIал» аьлла цIе туьллура йолу, кIант во Хажарас пайхамарна. И кIант хиллачул тIаьхьа, эмгаралла совдаьллачу Саррас, еса аренашка хьажадойту наний, кIанттий. Дезачу Яздарша, «Исхьакъ» цIе йолу кIант вар къобалдо, бIешаре хан гIоьртиначу Саррас а.

 
продолжение следует в части 12-ом. 

​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
Просмотров: 468 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/4
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли