Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 2 » «Аьхкенан дIахецарш» = 10
16:27
«Аьхкенан дIахецарш» = 10

Сиз хьакхарца билгалабинарш, историн бакъ турпалхой хилла, бисначарех цхьаберш, историн тешаллаша хьахийна а бу:
Кархамэса, паччахь – Ини-Тешшуб-II-ниг (12-гIа бIешаран юкъ).
Египет, – пирIун Рамсес-II-ниг (1279-1213 шш).
Аррапха, цуьнан паччахь – Вавилонах, 1235 шо кхаччалца вазар долу Муш-Тешшуб.
Ассири паччахь – Адад-На-арара-I-ниг (1307-1275) / (1295-1264 шш).
Нах-Арена (Митанни, Меттан-На) паччахь – Шаттуара-I-ниг (1290-1265 шш); Васашатта (1265-1240 шш).
Эла-лам /Эллам/ паччахь – Унташ-Напириша (1275-1240 шш).
Хетти паччахь – Хаттусили-III-ниг (1289-1265 шш); Тудхали.
Вавилон /Биб-иллу/ паччахь – Кадошман-Энлиль-II-ниг (1267-1253 шш).
«Гу-тIиэ» мехкада – паччахь Сеум-II-ниг (? шш).

 

ТIЕТОВЖАРШ:
1 «Ибрахим» (Авраам) – ИбрахIим пайхамар («И-ба-Ара-хи-Ма», я ист. «Авраам», гIазакхин матте баьккхиначу кхетамехь «Он есть равнинной реки Ма») ваьхна историн мур бу, ширачу оьмаран 13-гIа бIешаран юкъ. Иза хилла, «хурритан» ораман адам. Къилб Месопотамера, динан Юкъ йолчу Iилма Iамо вахана, деца дIакхелхина ИбрахIим пайхамар, цигахь олалле хIитта гIертачу «халдейшна» юккъера дIаволий, Харран-ГIала воьду шен тайпанхой болчу. 1234-гIачу шарахь паччахьалле веъначу Тикульти-Нинуртас (Намруд, Нимврод), цу Харранехь бехачу «хурриташца» а, цхьаъ Дела къобалво дин даржо гIертачу ИбрахIим пайхамарца а, тIом болабо. Цигахь Iер а кхераме хиларна, шен ваьрах болчу «хурриташна» тIевосса лерина, Ханаанан махка дIавоьду ИбрахIим, дин даржош цигара дIаволавала. Цу заманчохь, цу бухахь деха дукхаха долу ваьрраш, «арамеин» хилла, юкъ-юкъахь ехаш «хурритин» адаман гIайренаш бен а йоцуш.
2 «ассирийцы» – Симиташка, «шумарш» чIаьнкъа ца берзабайта, ломара орцаха дахна хилла «гуттин» халкъ. Цу «гутти-шумаран барто», «аккадойн» олалла Шу-марахь дохийначул тIаьхьа, цу махкара бевдда и «аккадаш» Евфрат (Нахарина-хи), Тигр (Аренца-хи) хишца хьалабоьлхий, «Ас-Сур» гIалара «хурриташний», «Мари», «Терк» гIаланашкара «шу/су/бартахошний» юкъахь баха ховшу, «шумаройн»« адам чIаьнкъа дерзорца юкъахбисна болх, цигахь санна Къилбседа Месопотамехь а бан. Иштта, хурритин хиллачу «Ас-Сур» (Ашшур) гIалахь кхолладелла, чIаьнкъа халкъ ду «ассирийцаш».
3 Хаттусили III-гIниг (1289 – 1265 шш., я 1275 – 1250 ш.оь.шш.) – «Керлахеттин, паччахьан цIийнан» (XIV-XII ш.оьм.шш.) паччахь Хаттусили III-гIниг, Мурсили-II-гIачуьнан кIант а, жимахчу Муваталлинн ваша а хилла. Шен дахаран некъ цо дIаболийна кхиазхо волуш «говрин божалхонна» (паччахьаллин дарж) тIера, паччахьан дарже кхаччалца. Его резиденцией был город ТIаьхьо, Амурру махкарчу Хакмис гIалахь кхуьнан садоIу кхерч а болуш, шен дас цкъа даржах вохийна хиллачу Вендишенаца гергарло тосу цо. Шена, тIаьхьа оьшура волчу цу элан йоI, шен кIантана Нериккаилина ялош, шен йоI Гассулияви, цу элига маре ло цо. Ша паччахь хIоьттича, цу шен невцах Амуррун паччахь во цо, юха, шен хиллачу гIанта хаош. Паччахьан дарже кхачале, тIеман хьалханча иза волуш, каскашкара цо схьайоккху, сийдолучех йолу гIала Нерик. Цу меттехь цIу-динан да а волуш, дахаран мур дIахьо цо, цигарчу, ша дIатебиначу каскех шена го а беш. Аьтто болу хьал нисделлачу муьрехь, каскан ваьррашна тIетевжий гIаттам а ойъий, Урхи-Тешшубера паччахьалла схьадоккху цо. Иза, Нухашше дIавохийту цо, цу кIоштана куьйгалла дан. Цул тIаьхьа бахьана а лохий, кхин а генавоккху цо иза, Алласи гIайре (Кипр) тIехьажош. И паччахь хIоьттиначул тIаьхьа, Кадашехь, мисархошца хиллачу тIамехь, цуьнан тешаме сур хира ду, каскин махкара бевллачу тIемалойх лаьтташ. И тайпа некъ бина Хаттасули, вашас бухадитанчу тешаллаша (анналаш) хьахош ву къеданиг а, ларлуш верг а вара шен ваша олий. Мисархоша цуьнан аматаш дуьйцуш: лекха а, шуьйра а вара «аьш- бохург ду Iорадаьлларг. Иза муха хиллехь а, цуьнан пачхьлкх, ондачарех шолгIаниг а хуьлий дIахIутту.
4 «Мехри» (Меха-Ари) – ламанхойн мохк бу, «Ван» Iоманна, лахарчу лаьмнин къилб агIонгахь болу.
5 Ададнерари-I («Адад-На-арара, Хьалхараниг» - 1295-1264 шш/1307-1274 шш) – Ассирин паччахь хилла ву, ширачу оьмаран 1295-1264 шарашкахь паччахьалла дIакхехьна волу. Шамши-Ададал тIаьхьа, дуьххьара цо санна, «дукхаллин паччахь» аьлла титул тIеэцнарг ву Ададнерари. Вавилонан паччахь Назимарутташу эшаво цо. Цо иштта дIалоцу хьоле йолу хурритин кIошта Аррапха (Арара-пхьа). «Митанни пачхьалкхе цо дина кхарстар цуьнан паччахь Шаттуары-I-ниг йисар веш нисло. Цунах, шена ял лург во Аданерарис. Амма маситта шо даьллачул тIаьхьа гIаттам бина цуьнан метта хоьттина Васашаттан паччахьалла а дохадо Ададнерарис, шен махках дIатухуш цуьнан доккхаха долу латта. Ададнерари веллачул тIаьхьа, митаннихоша гIаттамаш бо, керла хурритин паччахь хIоттон Шаттуару-II-ниг.
6 «А́шшур» (А́ссур) – ассирийцин коьрта «тIеман дела» хилла иза, йоллу шумар-аккадан пантеона юкъагIура волу. Цу Ассирин пачхье йолчу Ашшур-ГIалан коьрта цIу а хилла иза. Цу цIун аьрда-цIийнан цIе а хилла, шумаройн маттахь йоккхуш «Э-хар-саг-кур-курра» аьлла («Кур» - ламанан бохь бу шумаран маттахь, тIаьхьо «хийра мохк» бохург а хилла иза. «Саг» дош, лай боху кхетам чубиллина, мас хилар /гIазкх., «штука»/ гойтург ду). Дуьххьара, «Ашшур» цIу ваьран хиллехь, тIаьхьа, онда пачхьалкхан пачхье Ашшур-ГIалах хиллачул тIаьхьа, и цIу «тIеман дела» хуьлу. Теологаша массо а регалиш луш, хIал-дуьненан кхоллархо а, организатор а вой, делин да во цунах. Цуьнан сте хилла, «Иштар» цIарца йолу цIу-дела. Ашшурахь коьрта цIу-динан да хилла ша паччахь а.
7 «Нахарина», «Митанни» (Меттан-На, изза Нахарина, я Нах-Арина, гIазкх., «язык/стойбище + мать/проматерь») – Къилбседера Хьалхарачу Азии юхабаьхкиначу нахи-хурриташа, мел кIезга а, ширачу оьмаран 1750-гIачу шарахь кхоьллина, юкъара пачхьалкх хилла ист. «Митанни». Шира заманчохь цуьнан йоккху цIе, «Нах-Арена» хилла. И пачхьалкх кхоьллина халкъ хилла «нах». Кавказан агIонгара доза билгаладаьлла а доцуш, таханалера «Сийри» а, Малхбале Турцин къилб агIо а чулаьцна, Вавилонан а, Элламан (Эла-Лам) а дозане кхаччалца болчу махкахь Iаткъам а, дахар а долуш хилла ю и пачхьалкхе. Иза иштта хиларан тешалла ду, ширачу оьмаран 1522-гIачу шарахь, Тутмос-I-чо пирIуно дитина яздарш.
8 Кар-Дунияша («Дуьненан-гIап», «Дуьне-йа-са», я «Дуьне-деш») – Историна евзу, Вавилон гIала ю иза, касситаша олалла дечу хенара. Шайн пачхье йиначу цу Вавилонах, касситаша йоккху цIе, «Дуьненан-гIап» олу кхетам чубуьллина хилла. Загросс (Хуррувун, я Хуррум) лаьмнашкахь долчу «Дияла» хин коьртехь а, къилбседа-малхбузен Элламан дозане кхаччалца йолчу юкъахь а даьхна касситин ваьрраш, ширачу оьмаран II-гIа эзар шарашкахь (1732 шо) «Хана» олучу махка хьаьлхина хилла. 
«Аришца» цхьаьна, автохтонаш болу «субарташ» невр-малхбузе дIакхелхича, Евфрат (шира цIе, «Нах-арена-хи») хин чIажахь кхоллалуш долу, амарреин («а-мар-аре-я»; гIазкх., «он обитатель равнины», я «он властелин степи») керла олалла дIадаккхарца а, токхе латтанаш шайна эшарца а, доьзна хилла, цу «касситаша» кхалхар дан кхолладелла бахьана. Бакъду, пачхье йолу гIала Баб-иллу (Вавилон) дIалацар ца нисделла цу «касситин», 1595-гIачу шарахь бен. Bавилонан нацкъара мохк дIалоцуш коьртехь хилларг ву, «Гандаш» («Ган-да-с» - 1742/1-1726 шш) цIе йолу хьалханча. Касситин цIу-дела хилла, «Дунияш» («Дуьнейаса»). «Касситин» халкъ коьртехь а долуш, «Кар-Дунияша» (изза, Вавилон-гIап) олу зуьрет даьхна а, кхиана а зама ю, 372 шо хенан юкъ лоцуш, я терахьца билгала дича, 1595-1223 ш.оь. шараш.
9 «кассит» (шех йоккху цIе «Касса-Дуьнейаса», аккад. кашшу [кассу], (грек. коссеи) – шолгIа вариант ю: «Ка-са-су-тIе» (гIазкхашха, «удачливая душа над рекой /водой/»). Ламанхой а, «ширакавказ-загроссан» халкъ а ду иза шен хьостехь. Загросс (Хуррувун, я Хуррум) лаьмнашкахь долчу «Дияла» хин коьртехь а, къилбседа-малхбузен Элламан дозане кхаччалца йолчу юкъахь а баьхна бу и ламанхой. Ширачу оьмаран II-гIа эзар шарашкахь (1732/42/ шо), «Хана» олучу махка хьаьлхина хилла «касситин» ваьрраш. Евфрат хин чIажехь баьхна, автохтонаш болу
"субарташ" (ист. "гиксосин" дакъа) Мисаре дIабахарца мукъадевлла латтанаш дIалацар а, цу метте хьаьлхиначу «амаррейан» («а-мар-аре-йа»; гIазкх., «он обитатель равнины», я «он властелин степи») ваьррин Iаткъам байбан, я дIабаккхарца а йоьзна хилла, "касситаш" ломара лахарчу аренашка биссаран коьрта Iалашо. 
10 «Тейшеб» («ТIо-йа-Ша-ба» - гIазкх., «Он есть гора и град») – «Меттан-На» пачхьалкхехь бехачу «нах-хурритин», «урартойн», «аррапхойн», «хатта-хеттин» коьрта цIу-дела хилла иза, къаьсттина «Митаннин оьмарехь».
11«Халда» («ХIал-Да», ист. «Халди», симит. «Алди») – Ширачу урартхойн кIоштара Ардини-ГIалахь (Мусасир, Маса-сур) коьрта аьрда-цIа а долуш, хилла ву цIу-дела волу и «Халди» (ХIал-Да). Лоьма тIехь лаьттачу тIемалочуьнан амат долуш хилла, цу цIун сурт. ЦIунан накъост хилларг ю, зуда-сте лоруш йолу «Урабаини» (Ура-ба-и-нани). Тигр хица хьалагIоьртиначу «аккадайх» хилла чIаьнкъа халкъо долабаьккхиначу Ассур мехкан (Ассирия) цIуна, цу «Ашшурана» дуьхьалвала томехь верг, «урартахойн» «ХIал-Да» (ист. «Халди») бен ца хилла цу кIоштахь. Ширачу оьмаран, 13-гIа бIешараш юккъедоьлхачу хенахь, ИбрахIим пайхамарас Деэла цхьаъ хилар дIакхайкхочу заманчохь, «нах-хурри-урартойх» долчу ваьрраша и къобалдан а долийча, юха а, «симитин» орамах болчу «ашшур-аккадайн» тIаьхьенаша хIаллак йо, юхаденлучу цхьанаделан динан зIийдиг. «Тейшеб» цIу коьртехь волчу латталелорхой болчу хурритин халкъан а, церан пачхьалкхан Митаннин а доктрина, «оборонни» тактика йолуш хилла. «Ницкъано бен, хьогIе ницкъ юха ца туху» олу амалца бехачу ламанхоша (урартой), «тIелатаран доктрина» тIеоьцу, цкъа хьалха «Уриатрин Барт», тIаккха «Наирин Барт», тIаьхьо Урартун юккъера пачхьалкх а кхуллуш. Ассуройн «Ашшур» цIуна дуьхьалавала томехь волу цIу, «ХIал-Да» бен вац цу Хьалхарачу Азехь. И «ХIал-Да», «Хьал-Да» боху дош, «делин», я «дуьненин Да ву» бохучу кхетамца дуьйзина хилла цара. Цкъа цхьана хенахь, шира дайша Деэлан йоккхуш хилла, «ХIалалу» бохучу цIеран «алу» боху чеккхе, кхерчаца (алу) а, цу «кхерчан хьал» карахь долчу деца юьйзина хила тарало цара.
12 «Син» (Сина); Нанна – Нанна (хурр. «Кужух»; хетт. «Каску»; симит. «Сина» /Зу-эн/) аккад-шумаран мифо дийцарехь, «Энлилан», «Нинхурсаган» (Нинлиль) захалонах хилла ву, «беттан цIу-дела» лоруш волу и «Нанна». Ур-ГIалин, коьрта цIу-дела хилла иза, коьрта аьрда-цIа «Экишнугаль» а долуш. ТIаьхьо цу цIун дин а, юкъ а Харран-ГIала дIахьура ду симитин орам болчу паччахьаша. Цуьнан (Сина) зуда-сте хилла Нингаль (сим., «Никкаль»). Цу шиннан хилла тIаьхье ю: «Маьлхан дела» волу кIант «Уту» (хурр. «Шимиге», /Сема-Га/; хатт. «Эстан»; симит. «Шамаш» /Адад/), ши йоI: «Инанна» («Иштар» /Астар/), «Алани» (Шугарра, Эришкигаль). «Нанна» цIун билгало хилла ахбутт а, дуьненан го боккху хин кема а.
13 «хуррит» – «ширакавказхойн» макрорасан цхьа дакъа ду. Царна, генетикан агIонца уггаре а гергахь хилларш, нах-ораман «нах», «нахи» олу ваьрраш ду. Цу этнотобанах «хурри» алар доьзна ду, гIоттачу маьлхаца йогIу Iуьйренца, кхетам нисбина. «Неолитан революци» хиллачул тIаьхьа, Араратан кIоштара къилбседехьа дахначу, «майкопан культура» кхуллура йолчу этнотобанан дакъа хилла хурриташ, царех бевлла болу урартуш а. Хурриташна, урартошна юкъахь хилла башхалла ю: хурриташ – аренан нах, латталелархой хилар; урартой – ламанхой а, доккхачу декъана дийнатлелархой а хилла.
14 «Тикульти-Нинурт-I-ниг» (мифан «Намруд», «Нимврод») – Тукульти-Нинурта (ма-дарра аьлча, «Ларде Нинурта»), ширачу оьмаран 1233-1197 шараш юкъахь (кхечу тешалашца, 1244-1208 шараш юкъахь), Салманасара-I-чуьнан («Шульману-ашаред» - /1265/3-1234 гг. до н.э.) кIант а, Ассирин паччахь а хилла ву. Цуьнан паччахьаллин оьмарехь, Ассири, уггаре а чIогIачу ницкъаллехь хилла. Ашшур пачхьенан сийдолчу чкъоро, цуьнгара паччахьалла дIадаьккхина иза воьш.
15 Биайниэли («Бу-ийна-Эли», я «-Эни») – «Урарту» олуш хилла мохк, дуьххьара, масех (бархI) ваьррин Барто кхоьллина шира пачхьалкх хилла. Царна юкъахь ондачарех а, коьртачарех а хилларг бу, «ван-биайнилин» («Ба-ийна-эли»; «эни», «эли» цхьана ораман дешнаш ду) ваьррин барт. Ширачу оьмаран II-гIа эзар шараш чекхдовлачу заманчохь, «Арарат-лаьмнин» кIоштахь бехачу ламанхоша, «Урарту» пачхьалкх кхуллура йолу, «Нах-Аренан Барт» (Наирин Барт) кхуллу. Цу заманчохь, иттанашкахь терахь долу и ваьрраш, шен-шен кегийра паччахьаш болуш хилла. «Цхьа паччахьалла ду» ала хьалхе а, сорса а болчу цу «Барто» чулоцуш хилла мохк бу, Жимачу Азин малхбален агIонгара дIа, Малхбуза Иранан лаьмнашка кхаччалца боккха. Цу керла кхоллабеллачу «Барта» юкъахь, коьрта хиллачу ваьрах, тIаьхьо грекаша «алориди» эра ду. Ткъа цара шайх, «биайни», я «биайниэли» («Ба-ийна-эни», я «-эли») олуш хилла. Дуьххьара, церан коьрта шахьар хилла, «Ван» Iоманна (Наирин хIорд) къилбседа агIонгахь Iуьллу, «Арзашка» цIе йолу гIала-юкъ а йолуш. Цу Iоманна гонахьа, я гIалин гергахь эрз кхуьуш хиларна, тиллина цIе хила а мега иза, «эрзашка» бохучу дешан кхетам болуш. ТIаьхьо, тIеман говзаллица доьзна Iилман агIо лараеш, шайн коьрта Iедал, историно «Тушпа» (Турушпа, Туш-пхьа) олучу гIала дIадаьхьна цара, цунах еш «Урартун» пачхье. Цу коьрта шахьарна, «Туш-пхьа» аьлла тиллина цIе, шина дошо кхоьллина хилла. «Туш» - юкъ (гIазкх., «центр») ю, ткъа «пхьа» - адам деха эвла, гIала боху кхетам бу. Цу «Барта» юкъайогIуш хилла «Хубушкиа», «Манна» олу, цIенна, «хурритин» гIиллакхашца ехаш йолу пачхьалкаш а.
16 ламаст – гIазкх. аьлча, - «обычай», «традиция» бохург ду. «Лам», «аст», я «аьста» аьлла билгалабаьхна и кхетамаш хьесапе эцча, дахаран хьосте кховдар тIедужу вайна. ХIун ду цу хьостехь цу дешнашца доьзна башхаллениг? «Лам» – ламанхойн орамах вайн хилар ду. «Аьста» (метиг - гIазкхашха аьлча, «мотыга», «инструмент для скобления дерева») - цу ламанхой уггаре а корта хилла къинхьегаман герз, «аьста» олу, кхузаманан матто «метиг» олу ортхал хилар ду.
17 «цIу-делин дин», «цIу-дела» - «дукхаделин къеп», я «текъам-дин», гIазкхашха аьлча «язычество» бохург ду иза; «цIу-дела» - дукхаделех цхьа дела ву. Цу цIун суьртах «тIули» олу, гIазкхашха аьлча, «идол» бохург ду иза.
18 «аьшпаш» (эшш-паш) – Ца дешачу хIуманна, «эшш!» олуш ду вайн. Ткъа мох дIахецарх «паш» олу вай, гушдоцург иза хиларна. Цадашар а, пайдабоцу гушдоцург а гойту ши кхетам вовшахтоьхна, кхоьллина дош ду «аьшпаш». Кхузаманан маттан аларца долу «аь» элп, «э» элпаца, я озаца хийцаделла хила таралуш ду «литературни матте» долуш.

 
продолжение следует в частях 11 и 12. 

​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
Просмотров: 530 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли