Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 2 » «Аьхкенан дIахецарш» = 9
17:32
«Аьхкенан дIахецарш» = 9
          Цул тIаьхьа, Ан-са-дица къайле йолу къамел диначул тIаьхьа, сте йолу Нур-сири шен берашца, сту-ненан, Малх-Азнин кхерчахь а йитина, шолгIачу дийнахь новкъавелира Чимолли. Сел сиха иза новкъавала хIоьттина бахьана дара, Нинуа-ГIалара веъна геланча. Цу геланчас Чимоллига а хьахийна, цуьнгара хаам хилира Ваурхе, кхана кху метте кхочуш, ял гулаечу тIемалойн онда бIо хилар. Цо дийцарехь, кхузахь гулайина ял эцна, цхьа дакъа «Дур-Тикульти-Нинуртан» гIала а доьдуш, бисна бIо «Ха-ба-хин», «Меха-Арин» мехкашкахь ял гулайан баха безаш бара. Цул тIаьхьа, Кумме-ГIала иза гIураг хилар а, Iорадаьллера кхарна. Цаьрга боцчу безамна, Варзапас а бира новкъавала сацам. ХIара новкъавалале, кхо къано, кхин цкъа а дагавалархьама вовшахакхийтира. Иза дара, алдар беттан 13-гIачу дийнан сарахь, дуьззина диъ де ахде хьалха.
          
          Шен Чимоллин вовшахакхетар кху шина ца хууш дуьсур доцийла хуучу Ан-са-дис довзийтара хилла къамел а. Иза доьзна дара, Ашшурахь, бертахошна ма-хеттара гIуллакх ца нислахь, шен а, доьзалан а кхерамазалла кху махкаца йоза лаам болуш. Ан-са-дис шен а, кIантан Ан-сур-дан а цIарах, цунна дош делла хилар а хаийтара кхарна.
          - Иштта декхар ду-кх оха тIеэцнарг. Аша шиммо хIинца, хIун олу, кху деношкахь вайна Iорадаьллачух лаьцна? – элира, кхеран ойланаш йовза лаам болчу паччахьан дас. Варзапас, Ваурхе куьг кховдош, дош алар тIедожийра.
          - Иза, шен боллу бахамца, доьзалца гуча ма-ваьллехь гуш дара, цо деънарг а, цуьнан махкахь цхьа хийцамаш хила гIерташ буйла а. Бакъду, цара кечбина чолхе хийцамаш, аттачу новкъа баха хьехам бара, кху Варзапас цунна хазийнарг. И керла схьаделладелларг вайх лачкъо иза гIоьртанехь а, со тешна ву, шен бартахой, цу тIе цо балорг хиларх. Бакъдерг хIунда ца олу, суна дагадогIура долуш хIума дацара, кху Варзапас цунна хьехнарг. Тахана, я кхана схьакхочура йолуш, «ашшуройн» ял гулаен тоба ю. Ваьшша, Ашшуре кхачо еза ял хьеярна, и яларал совнаха, церан къинхьегамна догIург дIадала а, церан сонта хабаршка ладегIа а дезара ду вайн. Иза лан, къанвеллачу сан а собар тоьуш ца хилча, и кIезга долчу кегийрахоша хIун дан деза? Хийлаза, собарах боьхна къонахой, царна дIабала безна вайн, ленакарабиллинарш беш, доккхачу зуламах ларалуш. Сан даго хьоьху, вайн «ХIал-Да» «энин» седа къага йиснарг, йоккха юкъ яц бохург. Амма вайн, Чимоллис дийцаначух Iехадала а яц йиш. Шовзткъе кхоъ паччахь вовшахакхетта кхоьллина барт а бохийначу Ашшурас вайна гайтина, дукхалла тоьаш ца хилар, цуьнца цхьатерра оьшург, мухалла юйла. Вай кегийрахой долчу хенахь, вовшахакхеттарш кIезга хиллехь а, вайн бартан мухалла лаккхара хиларна, ханна толам баьккхира вай. Амма, и дIачIагIбан гIора ца тоьара вайн, вовшахкхеттарш кIезга хиларна. Ткъе иттех шо хьалха вовшахакхетта барт, дукхалла йолуш бара вайн. Амма, мухалла сорсаниг хиллера цуьнан. Цундела вай, юха а ийшира. Варзап! Тхайчулла хьан хьекъал ира а, хьекъалалла кIорге а йолуш хета тхуна хьо. Ахь алахьа хIинца, цунах хьайна хетарг – элира, шен къамел сацийначу Ваурхас. Кхарна нийса хетара долу жоп далар хIунда дуьйцура, и жоп шена дала а кийча воцу Варзап, дикка Iийра шен ойлане ладоьгIуш.
          - Сан хьомсара «нийсархой»! Вайн ойланашка со кхевдича, цу юкъахь хьекъалаллин буьртикаш карий суна. Уьш вовшахатоьхча, хьекъар долу ялтанан аре го суна. Амма и хьекъар хира ду, кечдиначу оханна тIе хIуьнан буьртигаш тесна, мекхане и латта шардайтахь. Вайна ма хаьа, бIаьллаш долчу аренгахь цкъаа ца хуьлий, кхоччуш мухалла йолу токхонан ялта.
          Ваурх! Ахь нийса билгалдира: «мухалла йолу кIезганиг а, и йоцу дукханиг а цхьабосса таро ерг ду» аьлла. Амма царех тоьлларг, гIора долу агIо хира ю. Ткъа гIора совдоккхург хIун ду? Токхо ю! Вуьшта аьлча, хьал ду. Мухалла совъяккха, вайн агIоно тIех къахьега оьшуш дац. ХIунда аьлча, иза ненен шурица, вайх муьлххачунна елла хиларна. Массо а тIегIехь кхиаме хьелаш хила а, чIагIдала а, аьтто луш санна хеташ ву со кху замано вайна. Ассирехь кхолладала гIерта, церан дуьхь-дуьхьала хиларца доьзна хьал, кху кхузткъа шара юкъахь дуьххьара нислуш ду. Иза, церан тIаьхье, цIураниг ен йолу некъ бу. Церан и барт бохар тесна ца дуьтуш, даима жахьталла хира йолу, уьйраш хийрайохун йолу хьал кIаргдеш, накъосталла дечарех вай а хила деза. ХIинццалца, церан хилла воцу и «кIеда паччахь» хIоттор, Iаламата марздан деза, вайн нуц волчу цу Чимоллина. Цу тIехь, вай накъостий хила а деза цунна. Тахана, юкъараниг шолгIачу тIегIане теттина, шен кхерамазаллина сагаттадийриг, кхана, дуьненан аьтонна а сагаттадеш хира ву. Вай, цуьнан дегайовхо ларо еза.
Тикультин ши кIант Iедал къовсуш чуччаводахь, кога меттахIитта, вайна даима тоьуш йоцу а, цара луш хилла йоцу а, дашо хан ю иза. Вайн ваьррашна оьшург, кIезгачу барамехь ткъайха шо машаре а, маьрша а хан ю. Цу юкъана, доллу ламанхойн ваьррин цхьа барт а кхоьллина, юкъара паччахьалла кхоллар тIехь ду вайна. «ХIал-Дан» коьрта аьрда-цIа кху гIалахь а долуш, Iедал-бахаман юкъ, лаьмнин кIоргене хьалаяхьа еза вайн халкъо. Суна гург Арзашкан, я Туш-пхьан кIошташ ю. Ницкъаллехь долчу аренан ваьррех дIа ца эрхьама, тардарах ларалучу, ханна гIора эшна элин кхерчаш дIагулабелла кIошта ю, «Нах-Арин хIордан» гонахьара йистош. Цундела олу цигарчу ваьррех, «ба-ийна-эли». Шуна, хIун аьлла хета? – аьлла, диначу хаттарна жоп дала, сиха вацара ши накъост.
Царна хаара, хIара нийса лоьш вуйла а, коьртаниг аьлла воцийла а. Кхул тIаьхьа хира долчу къамелан, лар а евзура царна.
          - «ХIал-Даца» йоьзна хьан ойла, хIайбатениг ю тхуна. МаьI-маьIIера цу хIорда гонахьа кхерчаш бехкина элий, тайп-тайпана ойланаш, амалш йолуш бу, иштта кхаа орамах бу ала томехь а бу, церан шира орам цхьаъ белахь а. Уьш бу «нахи-хурри», «нах-ламарой», хьогIечара царех «урартой» а олу, иштта «нах-ари» а. Цул совнаха, царех дукхаха берш, кху ахбIешараш юкъахь, цигахь орам хецначарех а бу. Туш-пхьа-ГIалан «эни» волу и «Са-Ванина» таваккал дечу цу «ариша», «Нах-Арин хIордана» неврехьа бехачу хуррин «ТIо-йа-ша-ба» а, изза тIегIа йолу «ХIал-Да» а, тIеоьцарий техьа? Цу тIаьххьрачух, вукха шинне тIехь да вар муха нисдан деза, цу кхаа «энин» цхьатерра сийлаллин тIегIа хилча? Цу тIе, вай цуьнга дахаран урхалла делча, иштта а кура болу и элий, сонталла гайтина, юкъара гIуллакх дохора-м дац техьа цара? - аьлла, шен сакхо гайтира динан дас.
          - Кхузткъе вуьрхIитта шо хьалха, аса, Эйан весет дIакхайкхочу хенахь, шен-шениг бен гуш боцу вайн хьалханчаша, тергал ца бира цу весетан чулацам. «ХIал-Да», я «ТIо-йа-Ша-ба» «энишца» боьзна кхетам, цу хена юкъахь вай «ХIал-Элаца», я изза волу «Эла-ба-хаца» бузуш къахьеггехьара, тIаьхьенашна, беркате бух кхоьллина хила мегара вай тахана. Хьекъалалла долучуьнга ла ца доьгIначу вайна хилларг хIун ду? Кхузкъай пхийтта шо хьалха, Ашшаредас, нах-ораман ваьррин паччахьалла, шен кога кIеладиллира. Цу Сийлахьа-Веза хиллачу «ТIо-йа-Ша-бас», «Ашшур» «энина» хьалха, корта таIийра. Юха, ткъе пхийтта шо хьалха, цхьана «энина» хастам беш хилларш бойъуш, дин емалдан долийча, шен агIончашца цхьаьна, «И-бара-хи-ма» «па-йа-ха-мар» а, «Ла-ван-тIе» дIавахара, Намрудан Iаткъам а ца лайна. «Энин эни» хиллачу «ТIо-йа-Ша-бан» а, «тIеман эни» волчу «ХIал-Дан» а хьесапаш хьестош леллачу наха, тахана, цаьрца дIанисбина хьестош бу, «маьлхан дела» «Са-вани» хилла ца Iаш, шолгIа-кхозлагIа тIегIанера «эни» «баттан дела» «Се-лар-да», «безаман дела» «Ша-ву-с-ка», «лазаран, лораллин дела» «Нин-кур-саг», иштта цу могIара лору «эни-стуй» а. Селхана, цу «энишца» нисйина хилла раж, тахана йоьхна ю. Хьа йохийна иза? Вай! Мичхьа бу, цу хенахь сонта къамелаш динарш? Уьш массо а, шайн сонталлин гIалартах леташ белла. Вай а, кху вайн карахь долучух тоам беш Iахь, кхин кхузткъа шо даьлча вайн тIаьхьенаш, цу «Ашшур» «энин» когашка кортабеттачарех хира ю.
          «Шумаройн» турпалхо хиллачу «Зи-Iу-сур-дана» карийна доцу, чеккхе йоцчу цу «Абаде»107 кхачон волу дарба, сайна а хира доцийла хууш ву со. Шуна а хаа деза, вайн дахар, тIаьххьаре а хада дезаш дуйла. Шуна моьтту, вай делча олхазарин, я кхин тайпа дийнатан кийра доьрзура ду. «И-бара-хи-мага» ладегIначу суна хаьа, иза иштта доцийла. Хилийтахь иштта. Олхазаран кийра дирзиначу вайна хала хира дац, вай бахьаненна, цу вайн тIаьхьенашна хуьлу хало а гуш, даима дог этIаш Iаьршехь лела? И хьал, цу хенахь хийцалура дуй вайга? Дац! Вайга дан лург хIун хира ду? Дера ду, цу вай мостагIашна когаш кIела, я кортош тIе боьхалш еттар, и вайн синош боккъалла а цу олхазарийн кийра дерзахь. Иза а, массарна еттал хира юьй техьа вайгахь? Кхул тIаьхьа со, вайн массо а кIошташкахула чекхвала лерина хиларал совнаха, ладамечу меттигашка юх-юха лелаш динан дай, паччахьаш, баьччанаш, адамаш цхьана могIане хуьттура долу къахьега дагахь ву валлалца. Ширачарех диснарш, вай дукха дац. Сатесна ву со, шу шиъ а, аша шайна тIеерзийна шун тIаьхьенаш а, сан къинхьегамна накъостий хира ду аьлла. «КIентий»! Синкхачан мухалла лакхара йолуш, алсама бартахой а, токхо а йолуш хила деза вай – олуш, шен ладаме къамел чекхдаьккъира, селхана цIе яхначу хьехамчин, къанойн, къонахойн ладогIархо хиллачу, тахана, «хьекъалалла долу къано» аьлла цIе а, жоьпаллин дукъ а тIеэцначу Муидан, ГIарбин воIа Варзапас.
          Туш-пхьан, Арзашкан, кхин йолу цу гонахьара гIалашка ша кхаьчначул тIаьхьа, кIента кIант махка юха а хьажийна, кIелависча хьажа, ша велча дIаверзон, тешаме лай шеца а витина, «нах-арехойн дуьне» ма-дду лела, ойла сецна вара къано Варзап.

          Алдар беттан 17-гIачу, кIиран ворхIалгIачу дийнахь, Iурре, новкъаелира къаночуьнан жима къепал. Иттех тIемало а, оццулла адам гIуллакххой, варрин уьрхой, лай болуш яра и къепал. Цу деношкахь, беттаза йолу буьйсанаш бодане хиларна, малх чубуьзначул тIаьхьа а, дикка некъ бора кхеран тобано Iаржъяллалца. Цуьнан бахьана дара, кхарна тIаьхьайогIуш, «ашшуройн» ял гулаечеран онда тоба хилар. Кхаьрга сихо йойтург, царех кхерар дацара, шайха тоам бечу церан Iиттарш ца лайна, собар ца тоьъна кегийрахой церан кочабахарх ларош, къепалан болар сихдайтинера къаночо. Цхьа-ши де некъ балла, хенан юкъ ю шайна юкъахь аьлла, хеташ хиллачу къоночуьнан чот галаяллера. «Ашшуройн» цхьа дакъа «Маса-Суран» махкара ял гулаян а дитина, доккхаха долу дакъа, Аьрдани-ГIалахь ахде бен ца доккхуш новкъадаьлла хиллера. Цу декъаца, Тикульти-Нинуртан «паччахьан геланчаш» хиларна, кIезга сецарш долу, болар цаьрга дойту бахьана хила а мегара иза.
          Варзапан къепало, пхи де-буьйса лоцуш некъ биначул тIаьхьа, «Эламунна» хин йисте кхечира иза, маьркъаж-бода булачу муьрехь. ХIорш севцца меттиг, кхосаберган аматехь болчу лекха оькъамо, кхеран некъ шина декъе боькъуш, ши га долчу шалгонах тера бинера. Аьтту агIора долчу гено кхоьллина некъ, цхьаъ ах чакхарма хин йистехула хьала а боьдий, и хи хадош, шина дукъа юккъехула малхбалехьарачу агIонга хьалабоьдура. Цу новкъа вахнарг, «Сингибуту», «Бари» цигара дIа «Анди-Iа» мехкашка кхача аьтто болуш вара. ШолгIа, аьрру некъаца вахнарг «Меха-Арин», «Ха-ба-хин», цигара охьавирзича «Акха-кха-Манна» мехкашка а, ткъа хьалавирзича, Туш-пхьа-ГIала а кхачалора.
          Хина гонахьарачу даккъаш юккъехула, схьахьоькхучу махана дуьхьалнна хIоттийча санна, ша тайпа пен хилла лаьттачу оькъамна тIехьа, хица йолчу агIонгахь четар хIоттийра къепалхоша. Сихха цIе латийна, мекхан жаржах худар дина, къепалхошка хIума а яийтана, садоIа хIорш кечлучу хенахь, кхаа агIонгахь хIоттийначу гIаролах цхьаъ, къилбехьараниг хаам бохьуш веара: «вай схьадаьхкиначухула тIейогIуш, онда къепал ю» аьлла. Шен тIемалойх кхоъ Iодахо, оькъаман буьххье хаийра Бикас. Висанчу веа дошлочуьнца, мелла а хьалха гIуртуш, кондарш тIехьа къайлавелира иза кIело еш. Бисначу къепалхошна тIедиллира цо, гIовгIа а ца еш, боллу гIирс хил дехьа баккхар. И къепал хьогIечеран хилахь а аьлла, кхерамазаллина бина кечамаш бара уьш.

          Ахбеттан амато серло еллера, оькъаман къилб агIонгахь, хил дехьа лаьттачу лекхачу дукъо, цу оькъаман невре боданехь а юьтуш. ТIебогIучарна, боданашкахь берш гура боцуш, нисделлера Iаламан сурт. Оькъамна хьалха, цуьнан когашкахь йолчу майданахь сецира шолгIа къепал. ХIинца, церан аьзнаш дика хезара, къамалаш ма-дарра къасталуш дацахь а. Цу къепалан кхерамазалла ларош верг, гучу суьртехь кIезга гIайгIа ечарех вара, я шайна таIзар дан стаг вац аьлла, шех бIобуларг хила а таралора иза. Четарш хиттош, цIераш летош, дой а, кхин долу дийнат а, ворданех паргIатдохуш, хIайт-аьлла хьийзара цхьаберш. Ткъа царех цхьа жима дакъа, хетарехь, гIоли йиначарех дерг, къинхьегамца кIезга гIуллакх долуш дара. Пхьор диъначул тIаьхьа цхьа хан ялча, кхерамазаллин урхалча, гIаролаш хIитто волавелира. Деанхьа хаш хиттийра цо, царех цхьаъ малхбалехьара хих волила йолчу а догIийтуш, Бикас кхо Iодахо хаийначу метте ши хехо а вохийтуш, дисна ши ха къилбехьа болчу шина гу тIехь гIарол хIотто дахийтира цо.
          Гу тIехь къайлехь Iачарна, дика хезара бухарачара дуьйцург. Кхарех цхьаъ, шерра, «ашшуройн» мотт хууш хиллера. Цо шен накъосташна гочдора урхалчан буьйраш.
          - Цуо боху: «…шу шиъ, цу вайна тIехула болчу оькъамна боьххьевала. «…тховса, шу хуьйцура дац шуна. РогI-роггIана садоIуш семалла латтае, бухатаса кхакхарчий а, зурманаш а, схьаэца ма дицлолаш шу массо». Ткъа шу шиъ, хица хьала а гIой, цигара хих волийла Iуналле эца. Хьанна хаьа, «орцанан цIе» лато эшахь а, декъа чIеш схьаэца ма-дицделаш. Ткъа Iуьйрана, «паччахьан векалш» шух тIехбевллачул тIаьхьа, туьпе юхадогIура ву шу шиъ. Ткъа шу веанна, и хьалла лаьтта ши гу гой? Гахь, цу тIехь ю шун меттигаш. Тховса, шу а хуьйцура дац…» - бохуш, дуьйцура гочдархочо.
Iорадаьллачуьнан мах бевзачу урхалчо, шайх кхозлагIа накъост вахийтара Бика волчу, и Iорадаьлларг цунна довзийта.
          Буьйсанан, шолгIа «хурадин хан» ворхалгIачу декъе йирзана мур бара (кхузаманан 23.00- 00.10 сахьташ юккъера хан), шен бIахоца тебаш хьалавогIу Бика, «ашшуройн» ха а, шен накъостий а, дIатийначу метте кхочуш. Цу хенахь, «ашшуройн» туп а дIатийнера, наггахь бен, дийнатан Iахаро, я терсаро и тийналла а ца йохош. Даккъин Iаннаш чухула хин гечоне лахадуссуш дIасхьадаьржачу дахкаро, гунаш тIаьхь, гIаролахь лаьттачеран догIмехь, гIаларташ дан йиснарг йоккха юкъ яцара. Бика, гIарол лаьттачу окъаман буьххье кхочачу хенахь, дукъделлачу дахкаран Iа, хехойн гIоде кхаьччера, настарш бен гуш йоцуш. Когаш тIе лахвелла Iачу хехочуьнан лано, ларамаза баьккхинчу коган, къора тата схьалецира. Лахарчу боданашкахь хааделлачу, бIарлагIах тера долчу гIаларто шекваьккхира ашшуро. Шегара зурма, меллаша бете яхьира цо, орца даккха дагахь. Амма, логан къамкъарг лоцуш чекхдаьллачу ведо къаьсташдоцу аз даьккхира, наб озийна Iуьллу цуьнан накъост самаваккхал бен чIогIа доцу. Амма, цунна тIехула тебна Iийначо, и набарха ваьлларг а, дош ала ца кхиийтара, горгамца бага юкъуш и вихканчу шиммо. Йийсар ги а тоьхна, туп лаьттиначу агIонга охьахьевдира талламхой. Лахахь иза левича гучадаьлларг дара, хIара къепал «Нах-Арин» кхаа махкара ял гулаян Iалашо йолуш хилар а, цу къепалца вогIуш, Iуьйранна кхарех дIакъаста веза, «паччахьан геланча» хилар а. Цуьнца, пхиъ гIаролхо хилар а, Iораделира кхарна. Къано хил дехьа ваьккхинехь а, къепалан гIирс, ах сов бен дехьа ца баьллера хIинца а. Де дех дага ца волуш, Бикас сацам бира, хица хьала а вахна цу геланчана кIело ян. Цу туьпара иза хьалххе новкъаваларе сатесна волчу Бикан, Iаламата чIогIа сакъамделлера, и «паччахьан геланча» йийсар ван. Иштта атта, цIий ца Iанош и йийсар вар хира доцийла хуучу цо, кхин кеп лоьхура. Буьйсанан, кхозлагIчу «хурадин хенан» шийтталгIачу декъе йирзанера хан (кхузаманан 04.50- 06.00 сахьтин юкъ – Iуьйкъе).
          Iуьйкъе дIайолачу муьрехь зурма локхуш кхуза хIуп ала, шаьш зеназа биначеран метта, шен цхьа накъост оькъамна буьххьехь витанера Бикас. И зурма лекхначул тIаьхьа хил дехьа а ваьлла, цигарчу кондарш юкъахь, кIелонна хаийначу шина Iодахочух дIакхета везаш вара иза. Ткъа шеца, ялх дошло а эцна, малхбалехьа буьдачу новкъа кIелахаа вахара Бика. Иза тешна вара, шаьш ворхIаммо и ялх зеназа веш, цу юккъера геланча йийсар вийраг хиларх. ЦIеххьана биначу, кIелонан тешнабехко, ка йохора юьйла хаьара зер долчу цунна. Лахара дохк нилха хиларо, шайна хиллачух уьш кхетале, шаьш генадевриг хиларх тешна а вара иза. Гу буьххьехь, шен лешкара схьаэцна, масех тиша бехчалг йожийра цо леррина, хIилла дан дагахь. Шайна тIелеттарш, талархой бу аьлла «ашшурой» тешо, вийна хехо верзина воккхуш барзакъаш а, герз а, шеца дIадаьхьира цо. Къепална тIедиллира цо, синбилгало къаста тохаелча, ма-хуьллу генаялар.

           Гунаш тIерачу гIароло рогI-роггIана зурманаш лекхира тIаьххьаре а. Оькъам тIехь Iачу шен бIанакъосто, мелла а цхьанайогIуш йоцу лекхна зурма хезча, Бика велакъежира. ХIинца, «кхолламан эни» йолчу цу «Худена-Хутеллуре» дехар дора цо, «сихха, уьш новкъабахалахь. Аса, хьан цIарах сайггара сагIа даккха, дош ло хьуна» бохуш. ШолгIа а, туьпахь зурма лекхира, гIаролна лахадоссар тIедожош. Иза, кхо лериначуьнца цхьанадогIуш дацара. Йийсаро, цунах дерг ца дийцинера кхаьрга. Дуьхьала жоп ца хезначу ашшуройн урхалчас, цу оькъам тIехь дерг довза, талламхой богIийтара буйла хуучу Бикан, дог эшийнера ша леринарг чекх ца дала мега-кх аьлла. Дукха хан ялале, «орцанан зурманаш» екийра «ашшуроша». Кхин Iийча, Iожалла юьйла хуу Бика, дIаваха сацам хилла а волуш, дукха сатийсана бергин дур хезира кхунна. «Паччахьан геланча» ву, я орца ду иза?» боху ойла хьевзира хьалханчан коьрте. Духа хан ялале гучадаьллачу ял гIаларто, са тедира Бикан. Иза, «геланчан» тоба яра, хетарехь орца даккхалле новкъаялла.
          Хьалхачу могIанехь кхо дошло а волуш, царна тIехьа шиъ а, цхьаъ а волуш, ма-доьдду дой хаьхкина вогIуш верг, ях дошло вара. Шайн аьрру агIонгара цIеххьана кхерам гучабаьлча, хьалххе барт бича санна, царех кхаамо, шайн дой, маса Бикина дуьхьала дерзийра, гихь кхозу туьрсаш, сиха буйна а лоцуш. Шениг дуьхьала лаца ца кхиъна цхьаъ, Iодан чIуно къовзийча, хье ца луш лаьтта вуьйжира. Ткъа вукха кхаа «ашшурочо» шайн некъ ца хийцира, жимма, аьтту агIонга дой таIош цаьрга болар сихдайтинехь а. Амма, Бикан тIелатар цIеххьана хилехь а, кхуьнан цхьаъ а лазийра, цуьнна тIедожош шен дин юхаберзор.
          БIаьрг кхетташехь Бикина хиира, цу дIакъаьстиначу кхаанна юккъера цхьа дошло, «паччахьан геланча» хилар. Иза, мелла а къаьсташ вара, шен деза духарца. Шен кхаанге, «висна ши дошло, зеназа ве!» а аьлла, шина накъостаца, «геланчана» тIаьхьахаьхкира Бикас шен расха дин.
           Кхара цхьатерра тIаьхьаластийна гIемагIаш а, вукхара юханехьа тоьхана пхенаш а, шаьш лаьцначу Iалашоне кхечира массо. Бикин цхьа накъосто воьш, шолгIачунна ленвоцу чов еш, кхуьнан динан накха лоцуш дара мостагIчо кхарна дина тохарш. Вукхарна а хилира зе, цхьаннин, пхено кIесалкъаг лацаро Iожалла а луш, юккъе воьдучуьнан, говран тIехьарачу гIогIах гIемагIа а леташ. Шена бухара говр, цIеххьана голайоьдуш йоьжча, охьацавожа гIоьртина, буьйнара турс а, Iад а дожош, дикка гена ведда вахара «ашшуройн» геланча. Оцу юкъана, шолгIа а пха кхосса кхиана цуьнан накъост, шен говр юхаерзош хьалханчана орцаха веара. Етталуш Iуьллучу шен говрана тIеведда воьду «геланча» гIодаюккъера лоцуш, ша куьрано кхокха санна лаьттара хьалаоьцуш, шен дин нацкъара бадийтара цу каде волчо. Когаш, куьйгаш лестош ветталочо дуьйцург тидме а ца оьцуш, шен хьалханча кIелхьараваккхар коьрта декхар хетачо, юханехьа юм яйтира шен дине. Бикана аьлла, шайн вийначуьнан накъостан дин лаца дагахь, кхуьнан дошло а юхавирзира. Цу юкъана, мелла а генавала кхиара, ши «ашшуро» а. Делахь а, «хьанна хаьа?» аьлла, леккха ойъуш Бикас тIаьхьахецна пха, ган а гуш дошлочунна тIехьа Iачунна, букъах летира. Динара иза ца воьжнехь а, цуьнан аркъалла сатторо гойтура, и пха шен Iалашоне кхаьчна хилар.
          Лаьцна ялийначу говра хиъна Бика, хьалагIатта гIерташ, етталуш Iуьллучу «геланчан» говрана тIевахара. ОхьатаьIна, говран букъа тIехула, шина агIора тесна таьлсаш схьаоьцучу юкъана, серлаяллачу аренга бIаьрг кхарстийначу Бикана, «ашшуройн» къепал лаьттачуьра схьахахкаелла йогIуш цхьа маруотин-вордий, ши дошлой, дикка тIаьхьабиснехь а, бевдда богIу гIашлой байра. «Ахьа, дакъа кIелхьарадаккха, ас герзаш схьалахьошшехь» аьлла, буьйр дира цо шен накъосте. Цу юкъана, биснарш зеназа а бина, схьахахкабелла богIачу шен накъосташка, куьйгин эшарехь, «юхагIуо!» бохачу хьесапехь буьйр дира Бикас. Оькъамний, хиний юкъа юхахьаьлхина Бикин жимачу бIонна саца дийзира. Сийсара, кхеран къепал дехьаяллачу меттиге кхаьчна, дуьхьала хахкаделла догIуш дара «ашшурой» цхьа дакъа. Бикас, хьалха а, тIехьа а богIурш тIекхачале аьлла, цу чехка догIачу хи чу дин кхуссуш, масала гайтира шен бIанакъосташна. Кхарна хьалхашха гучабевлларш берда йисте таьIначу хенахь, кхуо хьалххе кондарш юкъа хаийначу Iодахоша, хил дехьара диначу тохаро къахкийна «ашшуройн», цу хин йистехь Iилла масех стаг а вуьсуш, сихха юхабовлар тIедожийра царна. И бахьана долуш, кхин зе ца хуьлуш кIело йиначарна уллехула новкъаваьлла Бика, сиха ирахьнехьа вахара. Уьш массо а дIабахна моьттуш юха а тIегIоьртиначу «ашшурошна» къайлехь Iачара пхенаш хийцира. Дукъа тIехула гучабаьллачу малхо бIаьргашна мелла новкъарло ян йолаелча, меллашша юхаваьлла кхо Iодахо, шаьш хьалххе къайлаяхна латточу говрашка а хевшина, шайн къепална тIаьхьабахара.
          Кхарех шиъ лазош, цхьаъ воьш, «ашшуройх» бархI Iожалло дIакъаьсташ, масех лазош, цхьаъ йийсар а хуьлуш, чекхделира и чуччадахар. Ма-хуьллу цу меттигна генабовла лерина «нах-арихой», вай дуьххьара хьахийначу тIехуленан акъарехь садоIа севццера. Хьалхарачу буса а, селхана дийнахь сарралца а къахьегна къепалхой, дIатаьI-таьIIанчохь набарш кхетта Iоьхкура хIинца. Лакхахь ма-хьаххора, тIетесначу тIеуллурган стомма кIадийна тIуналла луш диллинчу тхино, дог ца дагIар делла, шен вордан цIа чохь Iуьллура сема наб еш волу къано Варзап а.
          Лаьмнашкахь Iуьйре ша тайпа, уггаре а хазаниг, керланиг а хуьлу, шена чохь дIайиллича санна, лацалуш йоцу къайле а, ховхалла а йолуш. Гонахьара массо хIума дIадижна а долуш, мел томехь хуьлу, тIеттIакъевлина бIаьргаш а долуш хеза и машаре, ира тийналла. Дукха хьолахь, гуьйренан-Iаьнан Iуьйрено гуладо даккъашца а, иштта Iаннашкахь а кIайн-сира дохк. Цкъацца лаьа, тийна, Iуьйренан хIо кхоьллина и дохк алсама лаьттийла. Делахь а, и Iуьйре хуьйцуш ю, сацалуш доцчу дийно. Цу дийно, хье ца волийтуш самавоккхура ву, вордан чкъургах букъ гIортийна, наб еш Iуьллу Бика а. Некъа йистехь, тIулгах каш а дина, цара дIавуллара ву шайн бIонакъост. Луьра лазийначарех цхьаъ лоьралладан, «Арин-ГIопе» дIавуьгийтара ву Бикас, товелча махка верза цунна «детин чIагарш»* а луш.

* «детин чIагарш» – кхузаманхоша «ахча» олу, йохка-эцарехь, я алапа метта яла, лелош хилла и детин чIагарш (хIазарш). Аьттонна, аса чухула яккхина, логах тесна лелош а хилла, там-караша и хIазарин кочар.

          Селхана кхуо схьаэцначу «паччахьан векалан» таьлсашца хилла пIаьлдиг чохь, мекхан жарж хиллера. Цу чуьра и жарж худар кхехко яй чубухкуш гучаевлла, экъанаш йохьура ю Бикина.
Ден дега хIума а кхаллийтина, керланиг довзийтара кIентан кIантас:
          - Геланчан пIаьлдиг чохь, мекхан жарж юкъахь, хIара йиъ экъа карий тхуна. Кхарех кхоъ, ширачарна тIера схьаязйина керла хIост даьккхинарш а йолуш, йоьалгIаниг, Тикульти-Нинуртан кехат ду, «андиIан» тхьамданашка яздина – Бикас аьлча, Варзапас хьаж юккъе шад хIоттийра.
          - ХIун боху цу экъано? – олуш.
          - «Iаьршана кIеларчу, дуьненан еа маьIиган паччахь, массо а халкъин малх, Ассирин чIогIа паччахь, Кардуниашан, Шумеран, Аккадан паччахь, «Лакхарчу», «Лахарчу хIордан» а, иштта цу шубаройн, гуттин лекхачу лаьмнин, шорте йолчу аренан, массо а Наирин мехкин паччахь волчу Тукульти-Нинуртас дIахьедо Сингибуту, Бари, Суби, Зикерту, Андиа ваьррашка, церан тхьамданашка: къепалан некъаш маьрша дитар, цу некъашца ашшуройн хаш латто гIепаш кхоллар, шайн лаамехь, сан верас а, да а волчу «Ашшурана» лерина ял ялар – говраш, ез, гIели, тIаргIа. Шо чекхдолачу массо а муьрехь, сан Сийлахьа-Везачу Ашшуран когашка кхачайойла аша и ял, иштта муьтIахьалла а гайта аша массо а ханна. Шу кхералаш, сан векалан оьгIазлонах!...» - аьлла кIант сацавелча, Варзапас доккха со даьккхира.
          - Цо гойту, сан шеко а, цуьнца йоьзна ойла а нийса хилар. Вуьш, хIун экъанаш ю? – аьлла, уьш йовза лаам гайтира къанос.
          - Шиъ, Тикультин ю. Цхьаъ, Салмана-Ашаредан экъа ю. – олуш царех цхьаъ къастийра кIантас, - Хетарехь, кхерам таса Iалашо ю церан, кху экъанашца йоьзнарг. Ткъа кху Ашаредан экъанца гойтург, «тхан дайшкахь дуьйна, олаллехь хилла а, таIзарш диначарех а ду тхо» боху, кхерам туьйсучух тераниг ду. – Бикас аьлча, куьйган эшарехь, «ешал» элира де дас.
          - «…Сан Да волчу «Ашшурас» ша ларийта а, «Iаьржакортош» долучарна тIехь куьйгалла дан а со хаьржича, цо соьга елира скипетр, тур, Iаса, совгIатна делира долалла чIагIдо бакъонан таж. Олалла соьга а кхочуш, сан да лечу муьрехь эргIадъелира Уриатри. Цу везачу «Ашшуре» а, кхечу «энишка» а куьйгаш ойъуш, цу сайн дайшка дехар деш аса гуладира сайн сураш. Церан лаьмнин даккхий-лекхачу даккъашка хьалавелира со. Химме, Уаткун, Баргун, Салуа, Халила, Луха, Нилипахри, Зингун олу бархI мохк, церан гIаттамхошна тIехь ас толам баьккхира, церан ахбIе цхьаъ «алуш» йохош, ягош, уьш йийсарш беш, бахам долабоккхуш. Боллу «уруатрой» сан да волчу «Ашшурана» хьалха охьатаIийра аса кхаа дийнахь. Церан тIаьхье схьайоккхуш, зударий говзанчаш аса дIабигара сайна гIуллакхаш а, белхаш а байта, церан лаьмнашна тIе онда ял юьллуш бIешарашна. «Ашшур» цалоруш, дуьххьара эргIадъялла, гу тIехь чIагIйина Арина-ГIала, сан «Ашшуран», безачу кхин «энин» гIоьнца аса эшийра, йохийра цунна тIехь чим баржош, биснарг сан гIала Ашшуран кевна хьалха охьабухкаш тIаьхьенна хаийта. Цу хенахь, боллу Мусру мохк сайн да волчу «Ашшурана» хьалха охьатаIийра». Цул тIахьа кхо дуьйцу, ша «Метта-На» схьаяккхарх лаьцна. «…Цул тIаьхьа, стиглара седарчий санна багарлун боцу, кхин берш байъа Iемина гутти, суна дуьхьала гIевттира жохьталла а, мостагIалла а гойтуш. Цу везачу «Ашшуре» а, кхечу «энишка» куьйгаш ойъуш дехар дира аса, цара суна нийсонца жоп а делира. Айса туш тоьхна меттиг юьтуш, къастийна марутташ кхозлагIа дакъи бен сайца ца оьцуш царех лета велира со. Уруатри дазонна тIера дIа, Кутмуха махка кхаччалца, дукха «беру» геналла йолчу цу аренгахь, хи Iанийча санна аса охьадехкира церан тIемалойн декъий. Церан йийсарш, дийнат, хазна аса сайн Ассур-ГIала схьаеара» бохург ду, кху экъано гойтург – Бикас аьлча,
          - Ешал вуьш – элира, жималлехь хилларш карладевллачу Варзапас.
          - «Со ву Тукульти-Нинурта, Ассирин паччахь, дуьненан еа маьIиган паччахь, массо а халкашна малх, уггаре а чIогIаниг, Кардуниашан паччахь, Шумаран, Аккадан паччахь, Лакхара, Лахара хIордан паччахь, лаьмнин а, шорте йолчу аренан а паччахь, шубаройн, куттин, массо а Наири мехкин паччахь…». Кхуьнан и даржаш дагардина а вера вац, доцца, коьртаниг доьшу аса – олуш, башхалла йолчу меттера, экъа йийшира Бикас, - «…сан куьйга ас кIелабалийна бабхой, Шарнида, Мехри мехкашка кхаччалца беха уккуманиш. Церан мехкашкара, цу хьолечу лаьмнашкара хIора шарахь суна гулайо ял. Ткъа Кутмухи, Пушши, Алзи108, Мадани, Нихани, Алайа, Тебурзи, Пурулумзи, иштта шорте йолу шубаройн мохк аса цIарца багийна. Церан тхьамданашна аса тIе ял юьллуш, сайн когашка охьатаIийна. Нуьцкъалле и лаьмнаш, цхьанна а паччахьо ког ловзаза долу и хала мехкаш, сайн ницкъ гойтуш со чекхвелира, варкъ дагаршца церан даккъаш хедош, дуьхьалонаш йохош къевлина некъашаш схьадостуш. Наири мехкашкара шовзткъе кхаа паччахьах летча, ас церан сураш эшийра и доллу мехкаш схьадехира. Цу Наирин и паччахьаш, ас церан логах буржалаш тоьхна холчахIиттош, «Сийлахьа Лам» тIерачу аьрда-цIийне балийра. Сийлахь-Веза сан да волчу цу «Ашшурана» хьалха цаьрга, массо а стигланан, латтан «энин» цIарах дуй баийтара ас, кхул тIаьхьа даима ял лура йолуш. Мари, Хана, Рапику, мехкаш, ахламун лаьмнаш, иштта Харгамуш, Муканаш, Бит-Макки, Бит-Кулла, Акриаш, Сиккуру, Хузуш, Турнасума, Хашшилуна, Шада, Саппане, Турпинухлиа, Дуру, Узамиа, Харнабхи, Шаддишше, Улайаш, Ульмуйаус, Хуссауш, Эзауш, Дамнауш, Аринни, Бириту, Аррапху, Курбата, Агалишна, Шадаппа, Камзигла, Каммараш, Элуре, Камменза, Альбада, Сикабда, Шабила мехкаш ас вовшахтоьхна, шайн мехкашкара йогIу ял а, лаьмнин хазна а, цара суна схьакхоьхьура йолуш». Цуьнан кху шолгIачу экъано дуьйцург а, изза ду-кх, ша дина кхарстарш хьестош – аьлла, шегара экъанаш де дега кховдийра Бикас.
Уьш каралаьцна, царна тIехь бIаьрг сецца а болуш, дикка Iийра ойланга ваьлла къано вистхилар доцуш. ТIаьххьаре а, ша хезаш волучарна лерина, боца хьехам хазийра цо:
          - Адаман дахарца доьзна, яхначу хенан хабар, цуьнан некъ, цхьа башхалло йолуш ду - юхахиларца. Вайна бале долург ду, цкъа мукъне а, биначу некъе вай юхахьожуш ца хилар, яхначу хенан и масалаш тидаме а оьцуш. Кхетаме далора долу дахаран и хала муьраш дицдаларо, юх-юха, «гIалатан кагтуханна» тIе когаш луьйзиту, къинхетамаза долчу кху дуьнено вайга. ЦхьабIе исс шо зама ю, «Шина хин юкъахь» дехачу нах-адаман ваьрашна тIехь, «ашшурой», юкъ-юкъа чIагIлуш олаллехь болу. Вай бехке бо, ваьшша кхоьллина и Сийлахь-Беза «эни». Харц метте кхийдабо вай, вешан кхетам. Вайна тоаме ду, тахана вешан цхьаннан карахь дерг, лаамашна дезарг. Юкъара дукъ шена тIеэцар, кханенга хьаьжна, дахаран хьелаш хьесапе эцар, кхечуьнан декхар ду моьттуш хуьлу вай. Ширалло билгаладина доцург, «эшапера» ду олий, керланиг лахарца йоьзна тIегIа дIатоьттуш лела вай. Иза, нийса дац! Хьомсаралла ерш! Коьртаниг а, оьшург а хIун ду? Цхьанаораман ваьраш вовшахатуху, юкъара ойла ю; цунна гонахьа а, кхин йолчу дахаран тIегIанашкахь а, цхьаалла гайтар ду; и дерриге а лардан оьшург, дуьззина паччахьалла а, къонахий а бу. Цу кхаа хIумана гонахьа вайга барт кхоллалахь, хьогIечарна ял луш ерш а, олалло таIийнарш а хира дац вай. Делахь а кхоллам, бахьана, дахар нисдийриг, Сийлахьа-Дезаниг долу, Бакъдерг ду. Сийлахьа хуьлда Нах! Церан верас волу, и Сийлахьа-Везаниг а!

историн хаам а, хьесап а:
          Ассири паччахьан, Арикденили (1307-1296) кIант, Адад-нерари I-ниг (1295-1264), цул тIаьхьа паччахь хIоьттича, жигараллица малхбузехьара мехкаш а, Митанни а цо дIалаьцначул тIаьхьа, «Сийлахь-Воккха паччахь» аьлла шен махкахь дIакхайкхорал совнаха, Хеттин паччахьо Хаттусили III-гIчо (1289-1265 шш) а къобалйира и цIе. Цуьнан цу чIагIваларо сихдира, Мисаран пирIун волчу Рамсес-II-гIачунний (1295-1264 шш), Хеттин паччахьний юкъахь, ширачу оьмаран 1275-гIачу шарахь машар кхайкхош бартбар. Сийрин латта къуьйсуш, дукха шарашкахь тIемаш биначу цу шин мехкан машар бан бийзира, дера политика лелочу Ассирина дуьхьало ярхьама. Иштта билгалдан деза, сийлахь-баккхийчу паччахьашна юкъахь, башха доттагIаллин юкъаметтигаш кхоллалуш хилар, хеттин тешаллаша, «SES-tar» («вежаралла») аьлла хьахош йолу.
          Цу вежараллица йоьзна гIоли юкъаметтигаш ерш хилла, цхьатерра бакъонехь хьал долу, сийлахь-баккхийра паччахьаш. Амма и тайпа юкъаметтигаш хуьлуш хилла яц сюзеренний, вассаланний юкъахь, къаьсттина сийлахь-воккхачу паччахьний, гуттар хуьлачу паччахьний юкъахь хIетти а. «Вежаралла» бохачо гойтург, шина махкана юкъахь цхьаьнацадар ца хиларал совнаха, церан паччахьаша, уггара юххера бартахойн юкъаметтигаш лелош хилар гойтуш хилла.
          Ассирин паччахьаша, малхбалехьа дIакхоьхьу, арахьара жигара политика ши Iалашо йолуш хилла: хетташа къобалйар «sarru rabu» олу сийлахь цIе (титул); цул тIаьхьа, «вежараллин» юкъаметтигаш церан кочайохка, Лакхарчу Месопотамехь кхоллаеллачу юкъаметтиган статус «status quo» (статус-кво), тIаьхьа, Хеттин паччахьаллина пайдехьа и хийцар хала гIуллакх хира долуш. Цу кеппара, Ассирис билгалбина некъ, Хеттина мегаш хилла бац, хIунда аьлча, Митанни шен протектората бухахь, «pax hittitica» (Хиттитиса адам) олу гура юкъахь цунна гуш хиларна, мелла а шен лаамехь а йолуш. Хеттиша, цундела еш хилла «ашшурошна» дера дуьхьало, и тайпа церан Iалашо чекх ца ялийта. Юккъерачу Ефратехь, «ашшуройн» хилла мехкаш дIалийцаран кхиамаш, кхин чIагIо йолуш хиллачух тера бац. Адад-нерари паччахьаллин чеккхенехь, цуьнан карара йолу Митанни. Цуьнан кIентан Шульмануашаредан (акк. «маршалла дуьххьарлераничуннга», гIазкх., «приветствие первенцу»), тахана вайна Салманасара I-ниг (1263-1234/1274-1245 г. до н.э.) аьлча вевзуш волчу цуьнан, тIом бан безна и латтанаш юхадерзош а, герзан ницкъаллица бакъо йоккхуш а, иштта шех яккхийта, «сийлахь-воккха паччахь» аьлла цIе. Шен эскаран коьртехь, иза Митанни паччахьна дуьхьала ваьлча, шолгIачарна орцаха бовлу хеттиш а, церан бартахой болу «ахламуш» (арамеи) а. Цу кхарстарехь, «ашшуройн» эскар гон юкъа доьду, хи долчу меттигех иза дIахадош. Салманасара, лаккхара баьччан похIма йолуш а, хадам боллуш а хиларо, цу гон юккъера волуш, мостагI халлаквеш долу тохар до, Нахрии гIалана гергахь (Харран-ГIалана малхбалехьа ю). Цу толамехь, «ашшуроша» йийсар во вайтта эзар тIемало (4 сароса), дIалоцуш Митаннин исс гIала, цу юккъехь паччахьан резиденции йолу Насибина (На-са-бина, гIазкх., «Проматерь, родила душу») а йолуш. Шен яздар тIехь Салманасарас хоийту, йийсар биначу цу тIемалойн, массеран ша бIаьргаш дахар. Йийсаршна тIехь къиза таIзарш дар дуьйцу и хьалхара хаам, тIаьхьа дукха хира бу, Ассирин паччахьан сийдечу анналаша гойтуш. Хетарехь, цуьнан бахьана хила тарало, «ашшурашна» кхин тIех хьашт ца хилар, Iаьржа белхан ницкъ. Цуьнан коьрта Iалашо хилла, къепалан некъаш шен Iуналлин кIеладалор. Сийдиначу чкъоро а, паччахьаша а гуладо хьал хилла: махлелочаьргара, шех дозушдолчу мехкашкара гулаен ял а, иштта тIамехь йоккху хIонц а. Цу тайпана, йоллу Лакхара Месопотами, Ассирис шена дIаерзайо. И бахьана долуш, цу кхолладеллачу хьолехь, кIезиг хоьтийту машар бан безна, Хеттин паччахь волчу Тудхали IV-гIачуьнан (1265 - 1235 до н.э./ 1250-1220 г.до н.э.) Ассирица, цуьнан паччахь волчу Салманасараца «вежараллин барт» а беш.
          Делахь а, тоъалла ницкъ ца хилла Салманасаран, майралла йолчу хетташца вовшахалаттал. Цундела цо, мехкаш дIалецарца йоьзна, кхарстаран агIо хуьйцу. Иза, тIетаьIIина къийса волало къилбседехьарачу «Уруатрин» (тIаьхьо, «Урарту» кхуллура йолчу дайшца) ваьррашца.
Масех кхарстарехь, Салманасаран аьтто болу, «Уруатрин Барт» олу ваьрраш эшо. Цара хIаллакйо ярташ, гIаланаш, къинхетам боцуш бойъу, чулакха бо меттера бахархой, йийсар бо лаккхараговзаллин пхьераш. Схьадаьхначу латтанаш тIехь, Салманасарас масех гIап кхуллу, цу чухIиттош эскаран бIош. «Уруатрашна» тIе, яккхийра елаш йохку цо. «Уруатрин Барт» юкъахь хилла мехкаш карадерзийначул тIаьхьа деъна масех шарахь, чоьхьара гIуллакхаш нисдо цо, Хеттин пачхьалкхан дозанца дIахIиттош гIепаш, «ашшуройн» гIаланашкахь кхуллуш аьрда-цIенош. Шен резиденции, Ассур-ГIалара керла кхоьллина Калах-ГIала дIахьо цо. И гIала лаьтташ хилла, «Тигр» (Аренца-хи) хин аьрру бердаца, «Лакхара Заб» цу хина чудужучу меттехь. Цу меттехь кхоьллина хилла хих дехьадолила, ша кеста карадалийна «Ван» Iоманна гонахьара мехкаш, Митаннин латтанашца вовшахатосу къепалан некъаш схьадоьллуш.

          Ассири чIагIяларца кхоьлладеллачу хьоло, меттахваьккхинчу хеттин паччахьас, Вавилонан паччахь тешаво, Салманасарана духьала иза валахь, ша тIехьашха тIелетарг хиларх. Амма, Салманасара I-чуьнан аьтто болу, вавилонхойн эскарш дохо а, цуьнца цхьатерра юхатоха, хеттиша кечдина Ассирина тIелатар а. Иштта, Къилбседа Вавилонан мехкан дакъа, Ассирино шех дIатуху. Малхбалехьа тIемаш барал совнаха, даима «ашшуройн», хедаш боцу къийсам латто безаш хилла, къилбседехьарачу ваьррашца а. «Ван» Iоманна гонахьарачу кIошташкахь бехарш хилла, нахи-хурриташца гергарлонаш долу урарташ – нах-ламанхой. Цу хенахь (ш.оь. XIII-гIачу бIешаран хьалхарачу декъахь), ондачарех бархI ваьр шена юкъайогIуш, «Уруатрин Барт» (Уратри) хилла кхоллабелла. И барт ницкъаллехь хилла, Ассирис керла латтанаш чулоцуш, къилбседехьа кхоьллиначу дазонашна кест-кестта тIелетарш дан. И бахьана долуш, «Уруатрина» дуьхьала, масех тIеман экспедицеш йо Салманасарас. Шен яздаршца, цо тIаьхьадитина толамечу кхарстарх лаьцнарг: «…Церан лаьмнин даккхий-лекхачу даккъашка хьалавелира со. Химме, Уаткун, Баргун, Салуа, Халила, Луха, Нилипахри, Зингун олу бархI мохк, церан гIаттамхошна тIехь ас толам баьккхира, церан ахбIе цхьаъ «алуш» йохош, ягош, уьш йийсарш беш, бахам долабоккхуш. Боллу «уруатрой», сан да волчу «Ашшурана» хьалха, охьатаIийра аса кхаа дийнахь. Церан тIаьхье схьайоккхуш, зударий говзанчаш аса дIабигара сайна гIуллакхаш а, белхаш а байта, церан лаьмнашна тIе онда ял юьллуш бIешарашна…». Иза ду, урартойх лаьцна, цкъадолучунна дуьххьара яздиначарех лору тешалла. Цу яздаршкахь, Салманасарас хьахош ду иштта, гуттин (кутти; «гу-тIе») ваьрраш а. Гарехь, цу ваьррин дахар хилла «Уриатрин Бартана»109 а, Лакхара Тигран («Аренца-хи», я изза «Хи-доьда-кIело» ) атагIана а юкъахь. Ассирин паччахьан, хIаллакден кхарстарш хиллачул тIаьхьа, «Уруатрин Барт» буху. Амма цхьа хан ялча, цуьнан меттиг дIалоцуш кхоллало, керла «Наирин Барт»110 («Нах-Аренан Барт»). Уьш бу, тIаьхьо, «Урарту» олу онда пачхьалкх кхуллура йолу «нах-хурри-урартхой».

          Ткъе итт шарахь паччахьаллехь хиллачу Салманасара I-рачо, шегара Iедал кIанте, Тукульти-Нинурт I-чуьнга (изза Намруд, Нимврод) дIало. Иза паччахьалле веъначу цу хьалхарчу шарашкахь, аренца лелар долу, «ахламуо» олучу ваьррашца а, къилбседехьа, малхбалехьа бехачу ламанхошца а (ист. «нахари», «гутти»), тIемаш бо цо (Тукульти-Нинурт I-раниг). Ткъа и ламанхой хилла, «Араратан акъарин»111 (кхузаманан «Эрмалойн акъари») лаьмнаш чу а лоцуш, «Наирин Барт» кхоьллина болу, шовзткъе кхаа ваьррин тхьамданаш (вуьшта аьлча, «паччахьаш»). Хетарехь, малхбалера-хурритин латтанаш тIетаьIIина дIадохуш йоллу Ассири сацон гIерташ хилла хетташ а. ХIунда аьлча, царна шайна лууш хилла кхолла, цу кIошташкахь тIехьажар долу олалла. Хетташний, «ашшурашний» юкъахь, тIамца онда Iоттадалар хиллачух тера ду и бахьана долуш. Цунах лаьцна, куралла еш яздо Тукульти-Нинуртас хоийтуш, шен паччахьаллин юьххьехь нисделла йийсар дар: « … Пуратту (Евфрат) хил дехьара схьагулавира 28000 (8 сарос) стаг, Хаттин мехкара сайн махка валош». Бакъду, шен толамех лаьцнарг гойту и доллу яздарша Iорадоккхург, Тукульти-Нинуртан паччахьаллан чеккхенехь нисделла хиллачух тера ду. ХIунда аьлча, дуьххьара хиллачу яздарша, хеттин махка «ашшурой» гIортарх лаьцна хьахош, къастам болу тешаллаш ца хиларна. Цул совнаха, доттагIалла долчу муьрехь (паччахьаллин хьалхарачу муьрехь) бухадисна ду Тукульти-Нинуртас, Хеттин паччахье Тудхали IV-гIачуьнга (1250-1220 г. до н.э.) яздина кехатин тоьшаллаш (экъанаш). Делахь а «ашшуройн», цу хеттишца тIом хилла. Иза иштта хилар гойту, хеттин лач хьахорша. Масала ду, Тудхалис, «Амурру» паччахьаца бина барт, цунна тIедуьллуш Ассирица ша болийначу къийсамехь дакъалацар.
          Хетарехь, даздар долчу яздаршкахь хранологи ларор доцчу, Тукульти-Нинуртан толамаш хесточу дозалаша, шеко йоцуш хьалхатеттиначух тера ду, хан билгалайоккху и терахь. ХIунда аьлча, и хиламаш тIаьхьа хилла хиларна. Бакъду, Тукульти-Нинурта рожехь долу тIеман кхарстарш, хIора шарахь деш хилла. Церан коьрта Iалашо хилла, хIонцан дуьхьа. Вуьшта аьлча, халкъан юьхьса иракарахIоттон а, тIемалойн бахаман хьал совдаккхан а. Тукульти-Нинуртан уггара а лакхара кхиам хуьлий дIахIутту, касситин олалла долу Вавилон цо схьаяккхар. Цу махка тIехь, ворхI шарахь сов олалла латтийна (1223—1216 ш.оь.шш) цо.
          Ширачу оьмаран 1225-гIа шарна гергахь, Элламан паччахь волчу Киддин-Хутранас (1235-1210 ш.оь.шш), Вавилонан мохк чIанабоккхуш тIелатар до. Дукха хан ялале (1223шо) цунна тIаьххье, цу махка гIурту Ассирин паччахь волу Тукульти-Нинурт. «Ашшуроша» кхоччуш дохадо кассита-вавилонхойн эскар, цуьнан къона паччахь Каштилиаш IV-гIаниг йийсар а веш. Буржалш тоьхна и паччахь, Ашшуре дIавуьгу цо. Цу толаман сийна, Нинуртас шена дойту пIелгах дулу чIуг-мухIар, шен титулатурина тIетухуш, «Кардунийашан векал» олий. «Хронико» дуьйцу, цул тIаьхьа шо даьлча, Вавилон гIаттам айъа гIоьртича, шен эскарца веанчу Тукульти-Нинуртас и гIала йохорах лаьцна. Цуьнан пенаш дохош, аьрда-цIенош, гIаланаш чIана йохуш, «Мардукъ» делан сурт Ашшуре дIахьо цо. Вавилонан ламасташца, хIора шарахь, цу «Мардукъан» карара паччахьан Iедалан билгалонаш (регалия) схьаэцарца доьзна васт цхьана бахьаница юкъахдисча, цу шарахь и паччахь, сардалан112 бакъо йолуш бен хуьлуш хилла вац. Ткъа коьрта делан сурт, Тукульти-Нинуртас цу гIалара дIадаьхьча, цуьнан Iедалан бакъо юхаш хилла ю. «Хроникас» хаам бо: «…ворхI шарахь Тукульти-Нинуртас куьйгалла дира Кар-Дуниашана». Делахь а вайн ала йиш ю, Тукульти-Нинуртас, къилбседа махкана тIехь бен куьйгалла дар ца хилла, цу мехкан къилбахь, касситаша шен паччахьалла дIакхехьна хиларна. Иза гучадолу, касситин паччахьан цIийнан, леррина йолчу рогIе (список) хьаьжча.
          Делахь а, Тукульти-Нинуртан керла титул иштта хилла: «…ницкъаллехь волу паччахь, Ассирин паччахь, Кардуниашан паччахь, Шумаран, Аккадан паччахь, Сиппаран, Вавилонан паччахь, Дильмунан, Мелахин (вуьшта аьлча Бахрейн113, Инди) паччахь, Лакхара (Ван Iам), Лахара хIордан (Персийн чуIано) паччахь, лаьмнин а, шорте йолчу аренан а паччахь, шубаройн (вуьшта аьлча «хурриташ»), куттин (вуьшта аьлча, «малхбален ламанхой»), массо а Наири мехкин паччахь, шен делишка ладугIуш а, дуьненан еа маьIигера мехкаша луш йолу ял Ашшурехь схьаоьцург а. …». Цу титуло ма-дарра дерг ца гайтарна (масала Бахрейн, Инди хьехорца), вайн ала йиш ю, иза цуьнан политикан программа хила тарало, шена дезарг, ша леринарг хьахош йолу.
          Ассири, лаккхарачу ницкъаллин куре кхачийна волчу Тукульти-Нинуртас, шена магийна хилла, доллу Iедал шен цхьаьнан буйнахь хилар. Ашшуран, «Къанойн Кхеташонан» верасаллина кIелара дIавалархьама, цо шен резиденци, керла кхоьллиначу гIала, «Кар-Тукульти-Нинурте» («Тукульти-Нинуртан махлелоран йистедогIийла») дIахьо, цунах пачхье ян дагахь. Иза лаьтташ хилла, Тигр хин аьрру бердаца (кхузаманан Тулуль-Акир). Цо цигахь кхуллу цхьанни а гина йоцу йоккха, исбаьхьа гIала, хьеший санна цигахь тIеоьцуш и беза дели (суьрташ). Леррина долчу буьйраша къастош хилла, цу гIали чохь лелон еза этикет. Цунна тIекхача аьтто берш, цхьа кIеззига берш бен ца хилла. Цо лелайойтуш хилла чолхе, сов гIиллакхе (церемониал) а, буьрса а йолу дахаран къепе. Жинашца боьзна бIаьрг ца хуьлийту, вонах ларвеш долу, Iадаташ леладойтуш а хилла цо.
          Шен яздаршкахь Тукульти-Нинуртас дуьйцу, и керла пачхье кхолла шега ойла йоссийнарг, ша дела «Ашшур» хиларх лоций. «Ашшуройн» Iедалан кехаташ хьесапе эцча гучадолург ду, иза паччахьаллехь волуш пхийтта шо а долуш, и «Кар-Тукульти-Нинурта», пачхье санна цо лоруш хилар. ТIаккха, и гIала кхоьллина шо, кхин а хьалха хила деза. Хьалха санна, «Ашшуран Кхеташонехула» паччахьаллин декъахь хилар доцу, юкъарчу хьолана Iаткъаме хила аьтто боцуш дисна сийдина чкъор, Тикултина, уггаре а хьогIениг хуьлий дIахIутту, цуьнан и деха куьйгалла ца лалуш.
          Тукульти-Нинуртас кхарстар до «Папхи», «Алси» (ист. Алзе) олучу мехкашка а, хетарехь Митанни а, Тудхали IV-гIачо, и ма де боххушехь. И бахьана долуш, Хеттин паччахьо хьалха хилла, «вежараллин» юкъаметтигаш хедайо, экономикаца боьзна го лоцу дIахIоттам кхуллуш. Тудхалин метта хIоьттиначу Арнуванда III-гIачо (1220-1190 ш.оь.шш), я Суппилулиума II-гIачо, Тукульти-Нинурта, Вавилоница дуьхь-дуьхьала хIоьттиначу мурах пайда а оьций, Митанни юхаерзайо хеттин юрисдикци кIелаялош. Шен паччахьаллин чеккхенехь, Тукульти-Нинуртан къийсам эшаме боьрзу хеттин агIонгахь. Иза гучадолу вайна, Арнуванда-III-гIчо, Исмерикаца бина чIагIам хьесапе эцча. Цу хенахь, хетташа Iуналла деш хилла Лакхарачу Месопотамин латтанаш тIехь, чулоцуш Иррида, Вассукане гIаланаш. Хетарехь, цу хеттиша гIо а деш, Митаннис меттахIоттайо бозушбоцчу мехкан статус. Иза нисделла, Митанни паччахь, Атал-Тешшуб (гергга долу, 1200 - 1190 до н.э.) волчу заманчохь.
          Цул совнаха, Тикульти-Нинурт дийна а волуш, 1216-гIачу шарахь, Вавилонас шен махкара лохку «ашшурой». Иза иштта делахь, цу эшамаша дацаре Iаткъам биначух тера ду паччахьан сийна. Тикульти-Нинуртан паччахьалла гIелдалар гиначу сийдиначу чкъоро, цуьнан кIентех цхьаъ, Ашшур-надин-апал коьртехь а волуш гIаттам бо. Дуьххьара цара, хьераваьлла олий Тикульти чувуллу цуьнан пачхье йолчу «Кар-Тукульти-Нинуртехь». Цул тIаьхьа, иза, шен герзаца воь. Керла хIоьттиначу паччахьо, пачхье, юха Ашшуре дIахьо. Ткъа хенан йохалло ясйиначу «Кар-Тукульти-Нинуртах», къапалг хира ю.
           И Ашшур-надин-апал а, кхаа шарахь бен паччахь ца лаьтта. Хетарехь, ницкъалгIа иза хецнарг ву, цуьнан ваша волу Ашшур-нерари III-гIниг (1203-1198 ш.оь.шш). Царелла тIаьхьа, Ассирин паччахь хIутту, Тукульти-Нинуртан кхин цхьа кIант, Эллиль-кудури-уцур (1197-1193 ш.оь.шш).
          Вавилонхоша а маршо йоккху. Цул совнаха, касситин паччахь волчу Адад-шум-уцуран (гергга долу, 1187 ш.оь.шш) аьтто хилла, Ассирин гIуллакхашна юкъагIерта, цуьнан паччахьаллин коьртехь, шайна муьтIахьа верг латто а.
          Делахь а, XII-гIачу бIешаран юкъахь Вавилонна бевзу ассирийцин а, тIаккха элламхойн а керла Iаткъам. Къаьсттина, царна Iаткъаме хилла и шолгIаниг. 1158-гIа шарна гергахь, Элламан паччахь волу Шутрук-Наххунта (1185 - 1155 ш.оь.шш), «Дияла» хин атагIе хьаьлха шен эскарца. Цул тIаьхьа, «Тигр» хих а волий, масех гIала дIалоцу цо, Лахара Месопотами шина декъе йоькъуш. Касситин паччахь даржах вохош, шен сардале дIало цо, цу Вавилонера Iедал. Дуьхьало ян гIоьртина вавилонаш а къинхетам боцуш охьатаIабо, инзаре таIзар деш кхечу гIаланашна а. Онда зенаш, талорш дина ца Iаш, царна тIе, кхин а елаш йохку цо.

          Яккхийчех йолчу еа пачхьалкхан (Хетти, Ассири, касситин Вавилон, Эллам) паччахьаш, «сийлахь-веза паччахь» шайх алийта уьш къийсалучу муьрехь, цхьана хенахь, царех цхьацца йолучарна тIехь дай хилла, царна даима Iаткъаме хилла пачхьалкх, къаьстийначу нахартин, я буферан роль йолуш хилла ю цу муьрехь. Иза яра, 150-200 шо хьалха, цхьаъ бен мостагI воцуш (Мисар, изза Египет) хилла онда импери – «Метта-На» (Митанни), я вуьшта аьлча, «Нах-Арена» (ист. «Нахарина»). И Мисар а цхьана ханахь, цу муьрал 450 шо хьалха, кхуьнан халкъах долчу цхьана декъо (ист. «гиксос», вуьшта аьлча, «жи-ка хасуг») шен кIажош бухахь латтийна яра, кIезгачу барамехь 110-120 шарахь (140-150 шо олуш а ду).
          Хьалха гучу, еххачу хенан юкъахь, Ассирица дуьхь-дуьхьалаттар тIедоьжначу «ширакавказхоша» тIеоьцу, шайн хилла, «дуьхьала ярца» йоьзначуьнан метта, «тIелатарца» йоьзна керла доктрина. Уьш кхета, карар мукъ дIахецначу хуррито-митаннахойн оьмар чекхялла хиларх а, «тIеман дела» лорачу «ХIал-дан» гонахьа керла ойла кхуллуш, ламанхой вовшахатоха безийла а, кхолла, юкъара онда пачхьалкх.
          Харранехь кхоллаеллачу монотеизман зIийдиган цIуралла а гуш, сихалла эцначу чолхечу муьро, цхьана делаца боьзна кхетам кхио а, и дIасхьабаржо а хан ца яларо, «ХIал-Да» цIуна гонахьа, ойла гулайо церан буьйдачу кхетамо. Цу заманан, галабаьккхиначу адаман кхетаме тIеэцалуш хиллачух тера бац, хIуманан гатароно (материальное восприятие) сурт хIоттор доцу, цIенна цхьана ойланца, цхьаъ бен воцчу (гуш а, хезаш а, хаалуш а, амма массанхьа волу), тахана вайна вевзу Сийлахьа-Веза Дела – АллахI (Эла-ба-ха).
          Ашшаредан (изза Салманасара) кIанта, Тикульти-Нинуртас (изза «Намруд», «Нимврод»), цхьанаделан динан зIийдиг хIаллак йиначул тIаьхьа, дукхаха болу харранхой шайн ламасташца, Iадаташца дIасхьабоьлху: цхьаберш – Сийрин агIонанашка, вуьш – ТIехьарачу Кавказе а, Къилбседа Кавказе а. Бухабиснарш, симиташа шайца тардар дой, масех бIешо далале хуьйцу, кхуллуш, кхузаманан Iарбойн ваьрраш, шена тIехь дебора долу адаман бух. Иштта нисделла, йоьхначу Митанни къапалга тIехь заза датIош къега, «баттан дела» лорачу «Синан» культ.
          Кхечу махка кхалхар дечарех долчу цхьана декъо, кха Iоманна (Ван, Урмийа, Севан) юккъерачу кIоштахь дехачу, вежаралла долчу ваьррашна тIедуссий, цаьрца цхьана бух кхечбо, «Биайниэлин» (Ба-ийна-эли) кегийра ваьррин барт кхуллура болу бух кечбан. Делахь а, царна даима новкъарло еш хилларг ю, юкъ-юкъа чIагIлуш хилла Ассирин пачхьалкх.
          Мел кIезга а, ширачу оьмаран итталгIачу бIешаран чеккхенехь кхоллало, цхьана урхаллин амат долу паччахьалла – Урарту. Иза, кхечарех (Мари, Метта-На, Арар-пхьа, Масасур, Хабушкиа, ишт.кх.дIа) къастош долу амат хилла, эзар шарашкахь хилла «дуьхьало яран къеп» (гIазкх., «оборонительная доктрина»), «тIелатаран доктриница» (гIазкх., «наступательная тактика») хийцар дина. Иштта, адаман ойланашкахь юкъара делана, юкъарчу динна, шира дайн Iадаташна тIетевжина, юкъара пачхьалкх кхио томехь йолу бакъ тIаьхье, тIеман цIергахь кест-кестта хIаллак хилар бахьана долуш, и болар дахло ширачу оьмаран 10-гIа бIешарашка кхаччалца, «Урарту» пачхьалкх кхоллалца. Делахь а, «Метта-На» пачхьалкх йохорна бехке йолчу Ассирелла, мелла а дукха, ехара ю и онда Урарту.
          Кхечу махка кхалхар дечарех долчу вукха, Къилбседа Кавказе дахначу декъо, шайн кхетамехь а, дахарехь а, бIаьхьалалла йоцчу аматехь волу, «Да-Эла» (Деэла) олу делан васт къобалдийра ду. Иза хилла «ХIал-Да», «ХIал-Эла» (ист. «Алалу», «Халалу») олучу кхетамин юкъ ю ала томехьа, «ХIал» олу хьалхара кхетам дIабаьккхина, тIехьарачу шина кхетамо кхоьллина керла, доццачу дашца «Дела» олу кхетам. Муха нисделла, цу Далла, таваккал дечеран дахар?
          «Салманасара», «Тикульти-Нинурт» цIераш йолчу паччахьаша бина Iаткъам бахьана долуш, эшна долу «Метта-На», «Наирин» махкара цхьацца ваьрраш, лаьмнин кIоргенашка юхадовлу, тоьллачу «симиташца» дIа ца эрахьама. Цу заманчохь, XIII-гIачу бIешаран чеккхенехь, XII-гIачу бIешаран юьххьехь нисделла ду, вайн шира дай Къилбседа Кавказан, тахана вай Нахчи-чоь («Нах-чи») олучу махка, кхалхаран шолгIачу тулгIено далор а, цигахь цара историна девзу керла дахарш кхоллар а (Каякенто-Хорочоевн культура /ш.оь.1300-900 шш. Нахч-ДегIаста/, «Кобанан культура» /ш.оь.1200-400 шш./, «Колхидан культура» /ш.оь.13-7 бIешо. Малхбузера Гуьржеха/). Цу заманчохь а, «Кавказан коьртачу ломан» юкъаметтера шина агIонца дехаш хиллачух тера ду, цу «нах-этносах» долу бес-бесара ваьрраш. Уьш, «гиксосан оьмаран» чеккхенехь хиллачу кхалхаран, хьалхарчу тулгIено далийна ваьрраш хиллачух тера ду, «Гинчи-Гатын-Кале культура» (ш.оь.1700-1400 шш. Нахч-ДегIаста) кхоьллиначарех тера долу. ХIунда аьлча, шолгIачу тулгIено далийна ваьрраш, хьагI йоцуш тIеэцначух тера ду цара. Шайца гергарло долу, ширачу дайн генетикан цхьа орам болу ваьрраш дехачу цу махкахула, «ПIаьнгазхойн» (Панкийское), «Даръялан» чIажашка даьхкиначу ваьррех цхьадерш, цу лаьмнин къилбера басенаш дIалоцуш даха хевшинехь а, цуьнан доккхаха долу шолгIа дакъа, Къилбседа Кавказе дехьадаьллачух тера ду, Леонтий Мровеллис дийцарехь. Цулла хьалха, «цхьаа да волуш хилла бац, цара дIалаьцна и аренан мохк» бохург ду Мровеллис Iорадаьккхинарг.

          Кху тептаран чеккхе нислуш ю, цхьацца долчу нах-этносан ваьрраша, Къилбседа Кавказе, шолгIа, онда кхалхар до юьхь йолалуш. Кхул тIаьхьа арадера долчу, шолгIачу тептаро Iордоккхург а хира ду, «Урарту» пачхьалкхе юхачу муьрехь «симитин» а, «индоевропейцин» а халкъашца ца эн, вайн шира дайша Къилб Кавказе а, Къилбседа Кавказе а йина, «кхозлагIа /миграци/ кхалхаран тулгIех» лаьцнарг.
«Махо хIу даржийна баппа» (гIазкхашха, «Одуванчик, что ветер рассеял семя») цIе тиллиначу цу тептаро гойту зама хира ю, ширачу оьмаран 580-гIа шарашна тIекхачале а, цу тIера дIаболу а хенан, историн мур
.

 
продолжение следует в частях 10, 11 и 12. 
​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
Просмотров: 570 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли