Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 3 » «Аьхкенан дIахецарш» = 8
00:24
«Аьхкенан дIахецарш» = 8
          Гу тIера чувуссу виъ дошло а, ши гIашло а гуш вара, оькъамаш тIехьа нислуш дIатаьIна Iуьллачу кхаа къонахчунна. Дукха хье ца луш, чувоьссиначу шина дошлочо, кхеран агIонга шайн дой лаьллира. Iодан пхено лоцура доцчохь сеццачу цара, кхузара шайна тIевеъначуьнан доца хамталле ладуьйгIира.
Цул тIаьхьа, шен говрахь тIеволавеллачу цхьаммо мохь туьйхира.
          - Суна, къамел дан лаьа шу сур-элица! – аьлла.
          - Хьуна ца хаьа, хIай «ашшуро»! Нах-арихой массо а сур-элий буйла. Дийцал хьайна луург. Со ву-кх, сайн мехкан сур-эла – элира, ирахIоьттиначу Ваванес. – Ашшуро! Къамел дан лууш хьо велахь, динара воссий схьатIевола, турс, тур, шаьлтий бен йоцуш. Со а, иштта тIевогIу хьуна. – аьлла, Сур-Шене тIаьхьайисна бакъо йийхира цо.
          - Сур-Шен! Цу сайн махкахь, сур-эла со а ма вуй. ЦIарца кхойкхуш ца хилча, суна тIеваха бакъо лой ахьа?
          - ГIо хьайна. Аса, сайн гIагIан бахтарш тIеттIа озошшехь. Нагахь санна, иза Мардукъ-Ахи хилахь, ала дезарг хууш ма вуй хьо. Вуьшта, и хилахь соьга дайталахь цуьнга къамел. Дукха хан яра, тхойша вовшенна газа. – олуш велакъежира, шен бахтарш чIагIдеш Iаш волу сур-эла.
Цу шина агIонгара бIан, юкъ екъалучу меттехь, вовшашна, дуьхь-дуьхьала хIоьттира и шиъ. Шовзткъа шо хира долу и тIемало, аьрзонан санна хьажар долуш вара. ТIедаьлла меран дукъ хиларо, цуьнан юьхьана буьрсалла елехь а, амма цуьнан бIаьргаш чухьаьжча гург, иза нийсаниг хилар а, тешнабехк бечарех ца хиларх а тешавора милла а. Иза, иштта дан а дара дахарехь.
          - Сан цIе, Асакку ю. Амма хьо, суна, цкъа гина хилла Мардукъси вац, я изза ву боху, и Ахикар воцчух тера а ду. Мила ву хьо? – цо аьлча, Ваване велакъежира.
          - Хьуна оьшург, сур-эла вара. Ткъа со, цу «Меха-Арин» махкарчу, «хьалхара туртан» волчу ХурIадан кIант а, сур-эла а ву-кх хьуна, муьлхха жоп дала бакъо йолуш а, эшахь доьналла къовса а, сан хьомсара, арданган баьчча Заййа! – элира цо, тIаьххьара дешнаш тIе, забар еш санна тохар а деш.
          - Со, цу ларамечу Нацирас шен метта хIоттийна бIанбаьчча хиллехь а, сур-элан могIера ву ала, дан дозалла долуш вац со. Амма, куьг дегочарех а, стешхаллин лай а хилла вац цкъаа. Летачохь, бала хьевзиначохь, кхечеран букъа тIехьа лаьттачарех ца хила а гIиртина со. – цо олучу юкъана, иза юкъах воккхуш кхоссар йира Ваванес, - Деха къамелаш къаношна а, хаза къамелаш зударшна а дитина, айхьа деънарг схьаала. Лата веънехь, тIамана кечло. ХIуъа дийцича а, «хапируо», мел чIогIа «ашшуро» ша лоруш цо велахь а, изза «хапируо» ву иза. – Ваванес аьлча, ца кхеттачу Заййас хаттар дира:
          - Со ца кхийта, цу хьан ламанхойн забарах. Ву дера, со-м «ашшуро»! Хьуо ала гIертарг кхетош алахь, «там-каран» къамело санна, юкъа таьжгенаш а ца текхош.
          - Хьоьга аса, тур, турс, шаьлти бен йоцуш тIевола аьлча, хьо, ворхI «гола» еха гоьмукъ такхийна ма веъна. Цхьатерра, хирий техьа вайшиннан доьналлин мах? – олуш, цавашарца велакъежира Ваване.
          - ХIара-м, нисдан хала доцург ду – олуш шегара хьокха юьстаха а кхоьссина,
          - Сийлахь-Воккха «Ашшур»! Хьан дуьхьа тIеэцна хIара къинойн мохь, сагIин декъе берзабелахь сан - аьлла, баттара тур хьаладаьккхира «ашшурочо».
          - Сийлахьа волу сан Веза-Воккханиг! Цхьаъ бен воцу, «Эла-ба-ха»! Хьайн дуьхьа делахь, кху сан къинхьегаман жамI. – элира, дуьхьала лата кечвеллачу Ваванес.
          Дуьххьара дина таррин тохарш, чIогIаниг, турс хьенан ю къастон санна нисделира. Шен накха ларабеш турс дуьхьала лаьцначу Заййас, дуьхьала ластийна тур, Ваванин турсах кхийтира. ШолгIа а, изза тохарш дира летачара. ХIинца тохаран хьалхе яккхинарг, Заййа вара. Кагдаларх лардан деза Заййан тур, доггаха тоха аьтто бацара тIемалочуьнан. Цунна хууш доцу, болатан туьран чIогIалла гайта, сихлуш вацара къона сур-эла а. Цу заманчохь, муьлххачу а паччахьан хуьлуш доцу и тур, керланиг дара «ашшурочунна». Куьг сеттош турс ловзочу Ваванес, цкъа иза кIела саттош, аьрру агIора а, пел а, тIаккха раз а ерзош ловзаре ваьллачо, шен Iалашоне ца кхочийтура Заййа. Вукхуьнан тохар деза делахь а, цу тохаран ницкъ байъа хаьара сур-элана. Даима собаре хилла тIемало, жим-жимма собар чуьравоккхуш лаьттара Ваванес.
          - Хьо дохковалахь, цу Веза-Воккхачуьнгара, къинхетам хила мега хьуна – элира велакъежначу Ваванес.
          - И мила ву?
          - «Эла-ба-ха» ! Цхьаъ бен воцу «эни».
          - Ткъа, шайн «ТIо-йа-Ша-ба», я «Алди», цу «Анунаки» вахийта-ам ца лерина аша? – хаттар дира, деглазаме къежиначу Заййас.  
          - ХIа-хIа, хьо ца кхетта сох. Цхьа «эни» «Эла-ба-ха» воцург, кхин цхьаа «эни», хилла а, я банне а бац кху дуьненчохь.
          - Хьо делазхо ву. Эшапан «энигара» кхаьчна корматталла хIара хилар, гуш ду суна. Амма со, цкъаа хира вац шун тобанан стаг а, дохковаьлларг хIетте а. – цо аьлча, огIазвахначу Ваванес, шен туьрсан лакхе шена тIетаIош раз а ерзийна, цу туьрсан дегI лоцуш кхетта Заййан варкъ тур, шен болатан тур тухуш кагдира. Шен карахь бисначу макъе а хьаьжна, хIара волчу агIора ластийра «ашшурос». Сиха шаьлта йоккхуш, турс дуьхьала а лаьцна дIахIоьттира арданган баьчча.
          - Вада! – элира, велакъежначу Ваванес а.
Амма важа, вада дагахь вацара. ГергагIортар, гIолехьа лерина, тохар туьрсаца а лардеш, шаьлта кхуссуш, тIаьххьара дегайовхоне кховдийра цо шен кхоллам. Цунна дагадеъначух кхетта Ваване, шен семалла кхин а чIагIйира. Цуьнга ша левайтахь, ца-моттург дан таралора урс кхоссаран корматалла евзучо. ТIаьххьаре а, ларамаза тасабеллачу кого вожийча санна, хIилла дан гIоьртира Заййа. Цу тайпана воьжнарг хьала ца гIоттийтуш вен сацам хиллачуьнна, дукхаза тешнабехк хиллера Заййагара. Иза, ца таралучу хьал даьлча деш, цамоьтту тохар дара. Охьавоьжча, лахара къайлаялаза меже лоцуш кхоьссина урс а тухий, Iад санна хьалакхоссалой, шегара турс тухий стаг гала а воккхий цуьнгара герз доккхура цо. Герз доцуш чевнаца биснарш, дукха кIелхьарабевлла меттигаш яцара, цуьнан тIемалочуьнан дахарехь.
          Шен лахе ларон кхиъначу Ваванин туьрсах яхна шаьлта, ах гучаяллера сехьа агIора. Iад санна, юха когаш тIехIоьттиначу Заййана гира, ша леринарг чекхдаьлла ца хилар. Велакъежначу Ваванес, тур тоьхна иза а кагйира. Лаьтта турс хIоттош, кIажа тоьхна чекхъялла юьхьиг кагъеш дIа а яккхина, Заййана тIеволавелира «Меха-Арин» турпалхо.
Оцу хенахь, шена гергахь лаьттачаьрга буьйр дира Мардукъ-Ахис:
          - Хаьштиг латош, «цIеран пхенаш» Iоде дахка – аьлла. Тахана, кху «нах-арихошкара» масала хилла и болх, царна шайна дуьхьала баккха лерина вара, эшахь а аьлла, «мар-ка-ба-тIе» ворданашна кечдайтина пхенаш детташ.
          Ткъа Ваванес, тур детташ, Заййан турс дамардарц деш йохийра. Амма, Заййа, иштта атта къарвала дагахь вацара. Ша нацкъара кхоьссина гоьмукъ хьалаэцна чухьаьдира иза. Цуьнан оьгIазвахаро, цу гомукъца болу кхерам лахбира Ваванина. Дукха хан ялале, цу гоьмукъан еза юхьиг йолу иралла йоцуш витира, иза шен туьрца хадийна Заййа. Цуьнца дерг чекхдаккха, туьран юьхьиге деса чож лоцийтуш, цуьнан агIо биллира Ваванес. Цу майрачу, къарлура воцчу стагах, озабезам леттера цуьнан. Цундела цо, иза ца воьш витира. Цуьнан тIеуллург хьалаэцна цуьнга кховдийра цо.
          - Асакку! Хьайн бисна тIемалой а эций дIагIо. ХIара агIо, шун яц. ХIара, «нах-хуррин» латта ду. - олуш.
          - И буьйр дар, сан керахь дац хIинца. Хьалла лаьтта, Мардукъ-Ахи ву, кхул тIаьхьа и дан аьтто берг. – элира, цхьа куьг букъа тIехьа а хIоттийна, шолгIачуьнца шен баьстина агIо Iевдина Iачо.
          - Мардукъ-Ахи, эларий ахь!? – аьлла, шен йоьхна турс охьакхуссуш накъостий болчухьа дIаволавелира иза.
Оцу хенахь, цхьаъ хьалхай, шолгIаниг агIонций, шиъ «цIеран пхенаш» догIаделира лаьттаха. ХIара юхахьожачу юкъана, букъсуьртан кхес лоцуш кхеттачу пхено, шен догачу даьттанца, ало латийра гIагIна бухаюьйхиначу бамба-ораматах йиначу кучах. ЦIеран йийсар хиллачуьнан, валар Iазапехь ца хилийта санна, кхин масех «ю-юьхьиг» йолу пхенаш а, ша налхах санна дегIах дахара Ваванина. Шен бIаьргашна дуьхьала марха хIоттале, гонахьа, тIаьххьара бIаьрг кхарстийра турпалхочо. Цунна гира, къилбседа аренгара чухахкаелла йогIу дошлойн тоба.
          Геннахь гучабевлла и дошлой а ца гуш, тIаьххьара тохар, цу висначу шинне дан, Мардукъ-Ахис буьйр делира «Байъа уьш!» аьлла. Еха гомукъ хьалха а лаьцна, шен дин а чулаьллира цо.
          Шен шича воьш гиначу Варзапе, экхане санна мохь белира. Шена юххера Сур-Шен дой лаьттачу агIонга водуш а вайна, хIинца, цу хиъна Iачунна лерина, «гIан аматехь» вед долу пха хийцира Варзапас, Ваванех леттачунна лерина. Ваванес еллачу тIеуллургаца, шен цIий сацо гIертачу Заййана, цхьаа чIам-чIир доцуш, тIехьара кIесаркIаг чухулла араделира, Варзапан пхенан вед, аркъала дIакарчош арданган баьчча.
          Цу юкъана, шен еха гоьмукъ хьалха дIайохийтуш, ша тIехиъна дин човхийра Сур-Шенас а. Цуьнан коьрта Iалашо яра, деши гIагIа лепош чухахкавелла вогIу хьалханча. Иза тешна вара, шена дуьхьала вогIург Мардукъ-Ахи хиларх. Цу шинне а гуш бацара, тIекхиъна богIу дошлой.
          Шен накха ларош дуьхьала турс лаьцна, вукха буьйнахь къуьйлуш еха гомукъ а йолуш, чухахкавелла вогIура, Сур-Шенан некхаваз Iалашоне лаьцна Мардукъ-Ахи. Цуьнан цу туьрсах а, гIагIах а Iуьргдоккхуш, иза зеназа ван Iалашо йолу Сур-Шен а воьдура, шен маса дин дуьхьала хаьхкина.
          «Харс-харсс…» аьлла, варкъ, хьехан у, цIока, некхаваз бIаьргнегIар тухучу юкъана цхьаьна оьккхийтуш, бухара говраш юх-юххехула чекх а лелхаш, дой тIера ши дошло лаьтта вуьйжира. Дашо таж долчу дошлочо, «уххх…» аьлла биначу цу бехачу узаро гойтура, чутаIийначу гIагIо Iевдина, пехаш чуьра аратеттина мох бу, я Iаьрше айъаделла доьдачу сино дитина аз ду иза. Шега хьаьжжиначохь, бIаьргаш диллина агIора Iуьллучу Мардукъ-Ахига, меллаша, Сур-Шенан меттаххьедечу балдаша бохура: «Хьан тIемалой дукха а, майра леташ а бара. Церан эшам а, бехк а бара, царна ца хаар – шен латта лардархо волучуьнгахь хуьлийла, иттаза сов ницкъ а, бакъо а!».
ТегIертачу набаро гIелбича санна, гоьмукъо Iуьрг доккхуш дегIах латийначу туьрса тIе, шен корта бижийра Сур-Шенас тIаьххьаре а.

          Лазийна Iачу Варзапна бевзира, Таршан расха дин. Мардукъ-Ахина тIаьхьахахкабелла богIурш, кхеран орца а дайна юхабирзира, кху аренга шаьш даьхкиначу меттехула кIелхьара довла. НицкъалгIа юхавалийна шиъ гIаш-бIахо, вадарх кIелхьара вера воцийла а хууш, тоьллачаьргара къинхетам хиларе сатесна, голахIиттира.
          Геннара ша тидаме эцна, чуччахахкавелла, вовшенна гоьмукъаш тоьхначарех цхьаъ, Сур-Шен хилар хьехначу даго, бевдда боьлху мостагIий шен накъосташна а битина, човхош цига тIелаьллира Таршас шен дин. Гонахьа бIаьрг кхарстийча, дийна висначарех цхьаъ бен ца гича, хьераволачу хьоле верзийра иза. Делахь а, говран чехкалло лаьцначу мохан хIоно, шелдечу хьажна дегайовхоне сатийсар делира: «и мукъне а, ца висна техьа дийна…?» бохучу хаттарна.
          Шаьш уьш дIахецча, шайх цхьаъ вадарна кхоьруш санна, Iуьллуш цхьаъ а волуш, важа хиъна Iара, шиннан некхах чекхъялла гоьмукъаш а лаьцна. Хиъна Iан Сур-Шен а вевзина, цунна тIеведира воьхна Тарш. Сур-Шенах хIинца а, кхоччуш къастаза болу синкхетам меттабалийра, ши белш а лаьцна, мохь аьллачу Таршас. Къаьрззина, ша дIасхьатоьхначуьнга хьаьжначу сур-элас, Тарш а вевзина, тIаьххьаре а делакъажийра шен бIаьргаш. Цул тIаьхьа, кхин цкъаа а ца делла, уьш дIакъевлира цо.
          - Сур-Шен! Сан дагна везнарг! Сан нанас вина вацахь а, сан бакъ ваша! Ма гIохьа, со витий дIа! Шу массо а дIадахча, сан къа мича даха деза? Вуй со хаза, кху дуьнентIехь цхьаа «эни»?! Сел ницкъ болуш шу делахь, гайтиша шайн тамашениг! Вухаверзавайша сан ваша! Ма хьалхе дара кхунна, цу лаьтта бухарчу мехкан, цу «Ану-некъин»101 хьаша хила! – бохуш, воьлхура ша зуда санна, бераллехь бен, велхар хIун ду хиъна воцу и къонах.

 
«Кханенна кечам»

          Талламхоша схьакхоьхьа хаамаш хьесапе эцча, гучадаьлларг дара, Ассири «нах-арихошца» тIом бан кечлуш хилар. Ашшур, Нинуа гIаланашкара оьхачу махлелорхоша даржочу хабарша Iорадаьккхинарг дара, Адад-На-араран цIарах, «хьалхарачу туртано» делла боху буьйр: «ташрит» баттан чеккхенехь, гуьйренан де-буьйса нисдаларца доьзна деза денош чекхдевлича, кхарстар дан кийча хилийта, массо а гIалара сураш». Кхечара дуьйцура: «Ашаред чевнех товеллачул тIаьхьа, цомгуш волчу шен ден цIарах кхарстар деш, «нах-арихошна» бекхам бан лерина ву иза». «Бекхамна, кхарстар дан кечде шайн сураш» а бохуш, цомгуш волчу паччахьан гIант къовса кечлуш ерш, Iедале сатесна йолу, шина вешин агIончанин тобанаш ю» бохург а дара юкъадаьлла. Церан эгIар, «нах-арихошна» дика кхаъ белахь а, Iаламата сема хила безара уьш. ХIунда аьлча, Iедале еъначу муьлхха а тобано, шайна хьогIе хилла сураш махкара даха а, резабоцурш Iорабаха а, коьртаниг, шайн доьжна сий айъа а, цара тIом болориг хиларх, шеко йолуш бацара «нах-арихой». «Ашшур» цIун, «тIеман байракха» кIелахь дов долийча, «ашшурошна» юкъаяхкина хилла хьагIнаш, дукхачу хьолахь, шолгIачу тIегIане хIуьттура церан. ХIинца а, изза хира дуьйла хуучу ламанхошна диснарг, цIаьххьана «Мехкин гулам» кхайкхор дара. Юкъарчу кхерамна хьалха, балабоцуш хилларг а, и бала хилларг а, цхьана могIане хIоттар тIедожийнера кху хьоло. Ткъа хьал, ишттаниг дара: Харран-ГIалахь, ханна туш тоьхна Iа «Меттан-На» паччахь Шаттуари, лен цамгар кхетта вара. Цуьнан кIант Васашатта, леррина дIакхайкхина вацахь а, паччахь санна, махкана куьйгалла деш вара да цомгуш хиллачахьана. Иштта, цомгуш хиллачу Хеттин паччахьо а, Хаттусилис-III-гIчо шен кIант Тудхали пачахье кхайкханера. Иза дIакхайкхаран бахьана дара, «Хеттин мехкан» малхбузехьа, жигаралла совяккхиначу «ах-хи-йа-ваша» кхоьллина кхерам а, шегара, паччахьан гIант кIанте дIадала ша лерина хилар а.
Селхана ламанхоша гIаттам биначу муьрехь, карахь мехка ден мукъ боцчу Васашаттан аьтто бацара, ден дуй а бохийна хьалхе яккха. Амма кIира хьалха, дас, леррина дацахь а цIийнан нах а гулабина, царна дIахаийтара, шен гIантана хьакъ верг Васашатта хилар.
          Кху кхолладеллачу юкъара хьоло, шайн дегнашкахь хилла, къайле йолу Iалашо Iораяккхинера ламанхоша. Иза яра, «ХIал-Да», массо а «ширакавказхойн» коьрта «эни» дIакхайкхор, «Мехкин гуламехь». И гулам бан билгала йинарг, ши гIала яра – Кумме, Аьрдани.
          Делахь а, «Меэтаннин» паччахь хIотта йоккха юкъ йоцучо, хьалхе яккхар бахьана долуш, Кумме-ГIалахь гулам дIабахьар къобалдира. Паччахьан кIант волчу Васашаттаца, дегайовхо кхоллаелларш алсама бара. Цул совнаха, Кумме-ГIала «ТIо-йа-Ша-бан» коьрта юкъ хиларал совнаха, кхерамазаллина аьтто болуша яра, Вассуканни, я Харране диллича. Хетташа, Меха-Арин махкара шайн сураш, Кархамеса-ГIалехьа юхадахаро а гойтура, кху къовсаман муьрехь, царех хIун гIоьнчаш хира бу. ГергагIертачу кхерамна хьалха, гIаланашна, церан бахархошна, ваьррин хьалханчашна, цхьаъ хилла дIахIоттар тIедоьжнера.
          «ХIал-Дан» цIарах, цхьаалла гойту ламанхойн лаам ларар тIедоьжначу хурритин тхьамданашна, атта дацара, уьш бахьана долуш, хьогIечу хорша ца ерзийта кху гуламца йоьзна Iалашо. Цу Аьрдини-ГIалара баьхкиначу векаллин кортехь верг паччахь а, иштта къанойн корта болу Месалимма а вара. Къанвеллачу дийнахь, бераллехь вайна кIант карорца тIехьевзина ирс хадош цу кIантах валар, онда тохар дара цу къанонна. Хиллачулла а, собаре хилар тIедоьжначу къаночунна, хьекъалалла гайту барам а совбаьккхар тIехь дара. Иттех шо хьалха, мехкашкара кхелахоша еш йолу кхелаш къастош, кхел хадо бакъо йолуш, Тайд-ГIалахь «кхозлагIа кхелахо» хилла Месалимма, тахана, «ХIал-Дан» коьрта долу «аьрда-цIийнан» да хиларх, бакъо йолуш вацара озабезам лелон. Цул совнаха, итт шо хьалха, «ТIо-йа-Ша-бана» таваккал дечарех хилларг а вара иза. Цу цIун оьмар чекхялар гуш делахь а, цуьнца хьерча адаман ойла гучу къаночо, шен агIончашка элира: «ХIинца а, тIаьххьара дош аьлла вац, и Сийлахь-Веза «ТIо-йа-Ша-ба». Тахана, хьалхе яккха кийча вац, кхин лахара сий хира доцу «ХIал-Да» а. Оьшург, хан ю».

          «Ташрит» беттан 26-гIачу (22 сентябрь), гуьйренан де-буьйса нисделлачу (гIазкх., «осеннее равноденствие») дийнахь, Кумме-ГIалахь, «ТIо-йа-Ша-бан» «аьрда-цIийнан» хьалхара гуламан майданахь дIабоьдуш бара «Мехкан гулам», «Къанойн Кхеташо» коьртехь а йолуш. Цу Кхеташонан корта, Месалимма вара. Кху гуламехь шолгIа ладамениг вара, «Меттан-На» паччахьан, Шаттуаран кIант Васашатта. Гуламан болх дIаболош, динан дайша кхочушдан деза ламастан гIуллакхаш чекхдевлича, хьалхара дош элира Месалиммас а, цул тIаьхьа Васашаттас а. Шайн къамелехь маршалла хаьттиначул тIаьхьа, сийдар гойтуш цара хьастийра кхелхина къонахой а, къаьсттина Эйан тIехь сацар а долуш.
          Цу хьокъехь, рогIехь шега дош алар кхаьчча, Таршас довзийтира «Кашни-Арин лаьмнашна» гергахь нисделларг. Шен къамел дIадерзош, Таршас дийхира, Эйас диначу весетан теш хиллачу, къона Варзапе дош далар. Васашаттах а, кхин болчу сур-элих дагаваьллачу Месалиммас и бакъо луш:
          - Сийдолу Варзап! Хьан ала дош дуйла хууш а, хьан ойла йовза лууш а бу, хIара гуламхой. Хьо, вистхила веза кху нахе – аьлла, дош алар тIедожийра цу жимачу стагана.
Сел боккхачу кху гуламехь дош даллал, ша жима хеташ волу Варзап воьхна, логе хIоьттиначу шадо дош ца олийтуш, дикка лаьттира гон юкъахь. Цуьнгара хьал девзучара, дог иракарахIоттош кхиссарш ян йолийча, сиха меттавеара и жима стаг. Воккхачу стагас санна, буй тIе йовхарш а тоьхна, букъасурт а нисдина, хеццана вистхилира иза:
          - Хьомсара Нах-Арихой! Мехкан къаношна, Iеламхошна хьалха къамел дан, ханна а, зерхо хиларца шуьгара хьалхе дIаэца а, со жима стаг ву. Сан хилла, хьекъалалла долу и хьехамчаш бахьана долуш, хеназа кхианехь а, буйда кхетам бу сайниг. Делахь а, сайн ойла шуна йовзийтал хьалха, цкъа аса шуна довзийтара ду, вайн мехкашкахь лерам болуш, хьекъаллалица билгалваьлла хиллачу Эйан весет. Аса шуна бовзийтура бу иштта, тахана вайца боцчу къонахойн синкхетам а, церан хилла юкъара ойла а. И къано а, и къонахой а баларца доьзнарг, шу массо а хууш ду - аьлла, мелла а юкъ ялийтара, ладугIачеран резахилла кхиссарш совццалца.
          - Эйа, хьекъаллалчин да вара. Сур-Шен, Гуне, АлгIа, Ваване сийдолу къонахой бара. Уьш, вайх дIакъастар, онда эшам бу вайн юкъараллина. Амма, сийдолчу «эвриша», сийдиначарех хира бу уьш – элира, кху гуламехь, къанойн хьалханча волчу Месалиммас, къамел дIадан бакъо луш куьг а ластийна.
          - Сийдолчу Эйан, тIаьххьара весетан дешнаш дара: «Вайн мехкаш доладохуш, вайх лай дан гIертачу Ашшуро а, вайх, шайн турс ян гIертачара а, цаьрца массаьрца юьхьдегалла лелочу кху дуьнено а кхийдориг, вайн «ков-кха-аз халкъан» кхане йойъу некъ хилча, вайна оьшург хIун ду?» Цу хаттарна жоп луш, Эйас шен ойла йовзийтара ладугIачу тхуна: «Вайна езарг, онда пачхьалкх ю. Вайн кегийра элий, паччахьаш, тхьамданаш вовшахатоьхна юкъара олалла ца кхоллахь, кхане хира яц вайн тIаьхьенан. ХIинццалца, вайн дайша машаре а, ца хуьлчу даьлча дуьхьало ен а, некъ бу дуьненчохь бинарг. И бахьана долуш, хьогIечеран дуьненан аьттонаш нисбеллачу а, и аьтто вайн лахбеллачу а муьрехь, эшар хуьлуш хилла вайн дайн. Масала ду, вайн дайша дIаделла Шу-маран, Баб-иллун, Хана-Марин102, Ас-Суран, Арара-пхьан, Лавантен, Сийрин, хIинца карара дала томехь долу Харранан, «Кашни-Арен лаьмнашна» лакхахьа Iоьхку мехкаш. Вайн ницкъ, лаьмнашца бу. Аренга девллачу муьрехь, оьшуш ду вай. Цундела, вовшахатоха безарш, хьалхе дIаяла езарш бу ламанхой, цу шайн «ХIал-Да» «энин» гонахьа барт а кхуллуш.
          «Вайн дайша, дукха «эни» хийцина - «Ан», «Энлиль», изза волу «Ку-мар-ба». ДIатаса, йоккха юкъ йоцуш виснарг ву «ТIо-йа-Ша-ба» «эни». И Веза-Воккханиг волу «Эла-ба-ха» юкъаваккха, я вай дайша ма-яккхара цуьнан цIе «ХIал-Эла» ала оьшург хан а, агIончаш а, ницкъаллехь болу бух а бу. Хан яц, агIончаш а кIезга бу, керла бух а бац. Шира бух тIехь керланиг кхолла, алсама къинхьегам а, таро а еза. Цкъачунна, аша цу «ХIал» дашах бух а кхоллий, цу буха тIехь кхиабе «Да», я «Эла», олу кхетам. Йоккху цIе мухха а елахь а, цхьана, юкъара волчу «энина» хастам барца боьзна кхетам бу, цкъа хьалха адаман коьрте билла безарг. ШолгIачу муьрехь, цу коьрта кхетамна гонахьара, дукхаэнин чалх ю дIаяккха езарг. Иза дан аьтто хира бу, юкъара, тIемалочуьнан хьесап долу «энин» гондахьа, онда кхиамаш болу пачхьалкх кхоллахь. Вайн коьрта мостагI, Ашшур ю шуна. Аша, пирIунан цIийнаца, я «касситин» ламанхошца хьагI лелаяхь, шу даима цIураниш хира ду, мел чIогIа пачхьалкх вайниг елахь а. Хеттишна шу оьшура ду, туьрсан метта. Уггаре а хьалха, кхоьссинарг, цу туьрсах кхетийла аша дицдахь, даима айпе хира ду шу. Муьлххачу хIуманан дог гIелделча, иза гIора доцург хуьлу. ГIора дIадаьлларг, хуьлда иза уггаре а буьрса акхаро, чIагIалкхин ижу хуьлуш ю. Тахана, Маса-Сурахь долу «ХIал-Дан» аьрда-цIа, цу лаьмнин кIоргене хьош, керла юкъ кхолла еза. Масала, «Нах-Арин хIордана» гонахьа йолчу кIоштахь го суна, цу юкъарчу «паччахьаллин дог». Шен весет дар дерзош, цо доIа дира: «Сийлахьа волу сан Веза-Воккханиг! Хьайн къинхетам бехьа, Хьан бакъдерг хууш доцчу кху адамах. Дуьне кхуллуш, ахь тхан дайшна елла и хьена дежийлаш, хьоькъу латтанаш, тхан бераш хуьлу зударий, яхь йолу къонахой ницкъаллехь а, гIораллехь а хилийта ахьа. Ахь царна ма-эшийталахь, доьналла, майралла йолу хьалханчаш, хьекъалалла долу къаной. ХIай, Силахьа волу сан Веза «Эни»! Со Хьуна хьестало, аса Хьоь доьху, цхьабарт болуш де ахьа сан халкъ, тхойца гергарло долу ваьрраш. Тхан мохк хьогIечух ларбан, сан вежаршна Ахьа таро лолахь онда гIепаш кхолла, хьогIечуьнан лоллех тхан зударий, бераш лардан. Тхо Ахьа делахь, тхан мостагIин хьогIах ларадинарш. Кхана, «ХIал-Да» хьестон волу сан ваьран хIара вежарий, Ахьа ларабелахь вонах, хьалхабахалахь зуламах. Кхара дечу цу къинойн бехкениг, со цхьаъ велахь Ахьа. Хьо цхьаъ бен вац-кха Къинхетамениг, кху дуьненан Да а, Iаьршенан Эла а. Хьан дуьхьа, аса хIора шарахь сагIина луш хилла итт бугIах, шийтта Iахарх бахьана дай, сан къиношна гечделахь хIай Веза-Воккханиг!» аьлла.
          И тайпа жамI цуьнга дайтинарг дара, генагург волчу И-ба-ара-хи-Маца хилла къамелаш; «Нах-Аренан мехкан» паччахь волчу Шаттуареца хилларг, цуьнан кIантаца, кху Iачу Васашаттаца доьзнарг; Хеттин паччахьаца нисделларг, цуьнан махкахь кхолладелларг. Масех бутт хьалха, «нах-арихоша» баьккхина толам тидаме эцна, кху дуьненчохь вайн тайпанхоша бен болу некъ хила безар, тIелатаран хьалхе вайгахь йолуш, вайн кхолламан мукъ вешан карахь хила безар гучадаьллера цунна. Амма, бархI-исс мехкан тхьамда вовшахакхетарх гIуллакх хира доцийла хууш вара и хьекъалча. ГIора совдаккха цунна гург дара цхьа бIе, я ахбIе тхьамдан барто кхоьллина чIогIалла а, «ХIал-Дена» гонахьа цхьанатоьхна юкъара ойла а. Бакъду, вайн дIабахначу къонахойн, цу хьокъехь кхин ойла яра кхиана. Иза, «Хьалхара эни» хиллачу, шира «ХIал-Элана» гонахьа барт кхоллар. Даима вайн шира дай а, церан вастехь долчу вайн а, гIалатло Iораяллера Эйана. Иза яра, дуьхьало ярца йоьзна кечаман кеп (гIазкх., «оборонительная тактика»), тIелатарца йоьзначу кепаца (гIазкх., «наступательная тактика») хийцар. Хин сехьенан берда тIехь ондалла езахь, хил дехье яккха Iалашо хила езар гора цунна. Амма, цу шина бердан цхьанне мукъне а да хила оьшург, гIора хила дезар гора Эйана. И гIора хилар, юкъара барт кхолларца а гора цунна. И барт а кхоллале, дехье яккха гIертар, Iовдалачеран васт хетара цу ларамечу къаночунна. Цу Эйах а, сан дагна безна хиллачу гергара бIанакъостех со къаьстиначул тIаьхьа, дукха ойланаш хьийзира сан коьрте. Хьесапе эцначу цу ойланаша сан кхетамна чIагIо елла, цхьаъ бен воцчу «ХIал-Элаца» цу къонахойн хилла ойла, церан тешар, вайн ваьррашна, халкъашна хIайбатениг волу «ХIал-Деца» йоьзча, кхин болу цIуй дIатоттуш, цу «энина» гонахьа «синкхетаман бун» кхоьллича, дуьненан мукъ вайн карахь хира бара - Варзапас аьлча, сийдиначеран могIанехь Iачу, кху «Акко-кха-Манна» (Аккумена) мехкан, динан-да волчу Зихи-Iадас, схьа мохь туьйхира:
          - Хьо мила ву, вайн шира дайшкахь дуьйна лоруш хилла и «ТIо-йа-Ша-ба», маьлхан нуьро лепар делла «Ши-Вани», маьлхан Iаткъам лахбеш, шийла хIо луш волу и «беттан эни» «Кужух» дIататтий, тIамций бен хьуьнарш доцу и «ХIал-Да» коьрте хIотто веза баха? Цхьана агIора, ахь боху: «Барт кхолла», ткъа вукха агIора, и барт кхолла хьакъ болу «эни» дIатоьтту ахьа. Тхо кхетара дара, «Ашшур», «Мар-ду-къ»103, «Адад», «Бел»104 олучу «энин барта» дуьхьала, вайн «энин» барт кхолла ахь бохуш хилча. Ойлано къобал ца дахь а, цу вайн «энин Бартан» коьртехь, ханна, «тIаман эни» волу и «ХIал-Да» хIотто веза бахарх а, кхеташ ду тхо. Амма, зер долчу вайн шира дайша тIаьхьадитина: «Буй баро бен, тохар дечу куьйгана гIора лура дац» боху, дахаран бух кхуллу кица, дицделла ду вай? Къовла пIелгаш ца хилча, буй муха бийра бу вай? Цу пIелгин метта болу и «эни» ца хилча, гIора гайта, цхьана «ХIал-Деца» буй гайтар хира дуй техьа вайн? Дац! Тхан ларам болу Варзап! Цундела ахьа дуьйцург а, гойтург а, тиллачуьнан ойла ю. – Куммерачу векалс аьлча, юкъ-юкъа: «Бакълоь и къонах» боху кхиссарш хазийра гуламхоша.
Иштта дирзиначу хьолан, нисъян еза чеккхе гуш воцу Варзап, ханна вуьйхира. И къонах кIелхьара ваккха санна, дош шега дIаийцира Месалимме дош доьхуш куьг айъанчу Таршас.
          - Собаре хила нах! Вайн синкхетамаш цхьатерра бацахь а, цу синкхетамо кхоьллина ойла а, и ойла гойту къонах а, лара дезаш ду вай. Тиллачуьнан къамел ца хета суна, кху Варзапан и ойла. Ханна жима велахь а, цуьнан кхетамо билгала йоккхург, онда тIегIа ю. Тахана вай ца кхетахь а, кхане шегахь хира йолу синкхетам бу иза. Со делазхо ву ала томехь долу, ловзарш лелор нисло сан и мостагI Iехон, я цуьнан кхетаме сайн ойла тIеэцийта. Аша буьйцу и буй, стенна бо вай? Дера бо, тохар онда хилийта. Цу буьйна ахьа иралла, я жима тIулг биллича, хьан тохаран чIагIо сов ца йолу? Кху Варзапас вайга кхийдориг, «гIора совдоккху, некъ лахий вай?» бохург ду. Со кхеттарг, цу буйна тIулган метта, цхьаннан гонахьа гулайина ойла йиллина, цу ойлана гонахьа адамаш, ваьрраш, халкъаш гуладича... , – Таршас олучу муьрехь, иза юкъахваьккхира, хаттаза дош эцначу Зихи-Iадас.
          - Дукхавахарг! Суна бехк ма-биллалахь, хьо ас юкъахаваккхарна. Хьоьца а, я цуьнца а боцу лерам бац, соьга хIара дуьйцитург. Амма, бакъдерг ларорца доьзнарг ду хIорранан декхар.
Аса хьоьга хоьтту: «ПIелгаш, тIулгаш, буйнаш, эцца чохь лаьтта и «эни», гуш дерг ду. Ткъа хьан коьртехь йолу ойла а, я хатаро хецна мох а, гуш доцурш ду. Бакъду, шолгIачо хьожа а, тата а даккха тарало – цо аьлча, адам деладелира – Хьомсара къаной! Бехк ма-биллалаш, сайн къамелехь томе доцу масалаш ас далорна. Тарш! Вайн бIаьргашна гуш дерг, лергашна хезаш дерг, дегIана хаалуш дерг цхьатерра Iаткъам беш дацахь, дуьззина бакъдерг ду ала, аьтто берг дац. И кхо васт цхьаьна доцург, бакъдерг ду ала а, шеко ерг ду. Хезаш хиларх тоьуш дац, хьан дегIана хаалуш, я гуш дацахь. Цкъацца, гуш долучунна а, моттаделлачо бух кхуллуш хилча, масала бIарлагIан сурт ду ас дуьйцург, хуьлий техьа иза бакъдерг? Ца хуьлу! Хьан бакъдерг, туьйранехьа дерзо томехьа долу, Iаьнаран сурт хуьлу. Аса, дукха ладегIна цу Эйага а, цунна гонахьа хьийзиначу кегийрахошка а. Цхьаъ бен «эни» вац. И «эни» а, вайна девзучу цхьанна а дийначу, я чохь са доцчу хIуманах тера вац. Иза, гуш вац! Амма, массанхьа а ву. Иза, вайна хезаш вац! Амма, хIоррамо доIу са а хеза цунна. Иза хаалуш вац! Амма, даима вайн ойланца хьаьрчина хила веза иза, бохучух со кхеташ вац. Кху дуьненахь, данне а доцучу хIуманах теша веза бохург, набарх лер санна дерг ду, я тиллачеран харцлер ду.
          Со кхета хьожура ву, оцу аьрда-цIа чохь лаьтта и «ТIо-йа-Ша-ба» «эни», я дехьа гIалара, и «ХIал-Да», я гайта сурт дацахь а, цу «Ану-некъин» и Сийлахьа хилла «ХIал-Эла», цхьаъ бен хила ца веза бохучух а. Амма, данне а доцчу хIуманах, накъост хила йиш йоцчу деса хIаваах тешна, муха Iан веза, гонахьа шортта масалаш а долуш? Адамаш, стаг-зуда; дийнат, цу юккъера бежнаш, бугIа-етт, я ка-жий; олхазарш, котам-боргIал. Ораматашца а хила тарало, и тайпа масалш. Муьлхха а хIума, цхьа амат доцуш, иштта накъост воцуш а дац. «ТIо-йа-Ша-бан» накъост ю, цуьнан «сту-эни» йолу «Хебат». «ХIал-Дан» накъост ю, и Сийлахьа йолу «Багмасту». «Ба-га, Ма-сту» аьлла йоккхачу цуьнан цIаро а гойту, иза, «ХIал-Дан» накъост хилар. Доцца аьлча, накъост воцуш, хIумма а дац!
          ДIабахначу гуламехь, «Кхеташоно» биначу сацамца хила деза вай. «ТIо-йа-Ша-ба» куьйгаллехь а волуш, «ХIал-Да» «тIеман да» хила веза. Кхин дерш, барт бохон хабарш ду. Вайн ваьрраш, цIура дерзора долу ун ду. Аренан На-хи! Ламанхойн На-х! Со бакъ вацахь, со сацо веза аша. Со бакъдерг дуьйцуш велахь, харцлер дIадаккха а деза цхьаьна. Аса хаттар до ламанхойн хьекъалчашка, Iилманан дайшка, къаьсттина «аьрдинахошка»: «Вуй, «ХIал-Да» а, я «ТIо-йа-Ша-ба» а ша цхьаъ, цу «Ашшур» «энина» дуьхьало ян гIора долуш!? Аса ца вуьйцу «Селарда», я «Кужух» а. Аса вуьйцург, и хьалхара ши «эни» ву. Мила ву тахана, цу шиннах коьртаниг? Хьанна тIаьхьа ду дукха халкъаш а, ваьрраш а? Хьаьнга ло вай, и хьалхе дIа? Иза ду, уггаре а хьалха вай къасто дезарг. Вайн шина декъо «Меттан-На» а, иштта «Нах-Арена» а олуш болу мохк боьхна а, цуьнан паччахьалла дIадаьлла а, хеташ-ам дац вай? Жоп ло шаьш шайна а, кху Гуламна а. Со ваьлла, бехк ма-биллалаш! – аьлла, цIеххьана шен къамел сацийра Зихи-Iадас.
          Дикка, тийналла лаьттира цу арахь. Цхьацца берш, кест-кестта, аьрда-цийнан неIаре хьовсура, цу чуьра хила дезаш санна, цу хаттаршна жоп. Къаной а Iара, бистхилар доцуш. Ишттачу меттехь, жигаралла гойтуш хилла сур-элий а бара, кхечеран бага хьевсина Iаш. ТIаьххьаре а, Васашаттас вистхила пурба дийхира тхьамдане. Месалиммас корта таIорца, бакъо елла паччахьан кIант, гонна юкъавелира.
          - Лараме къаной! Сийдолу сур-эли! Нах! Бакъ лоь шу! Вайна, эша а оьшу онда барт, цхьаалла йолу паччахьалла. Цу тайпана паччахьалла кхолла оьшу бертахь долу ваьрраш, цара кхоьллина халкъ. Ткъа буй вайн и барт? Ба-м бу, амма кхоччуш бац! Вай олу «лакхара», «охьара», къестамаш бо цу безачу «энин». И сийдолу Эйа а кхетта, тахана къестамаш бечохь вай доцийла, цо къайстийнарг «ХIал-Да» велахь а. Шена цхьанни дезарг вай хьалхатеттича, хаа деза, вай кечъеш ерг цIура чеккхе юьйла. Бакъо юьй вайн, тIеоллабелла инзаре кхерам а болуш, цхьаьнадогIуш ца хила, язораш лелон? Соьга хаьттича, яц! И Сийлахь-Веза, «энин эни» волу «ТIо-йа-Ша-ба» а вац, тIаьххьара дош аьллачех. Кху майданахь гулабелла мехкин тхьамданаш, лараме къаной, майра сур-элий, яхь йолу къонахой цхьатерра дош долуш белахь, цара къастам бан беза кхуззахь, муьлхачу «энин» байракх кIелахIотта кийча ву ша. Цу къастамо билгала яккхинчу онда тобана, тIетан еза жиманиг. Тахана со, «Нах-Аренан», вуьшта аьлча, «Меттан-На» паччахьалла сайга кховдийначех а, и тIеэцнарг а ву. Вайн ворхIе а дайшкара схьадеъна низам лоруш вай делахь, сан а, цу паччахьаллин а верас ву и Веза-Сийлахьа «ТIо-йа-Ша-ба». Цхьа шо, вукха шаре долучу нисан баттахь, «Еза Боьлакехь» хиллачу вайн халкъан «Мехка Кхело» билгала вина ялх боьрша «эни» а, ялх «эни-сту» а. Цу шийтта «энин эни» ву, коьртаниг волу и «ТIо-йа-Ша-ба». Шух дукхаха берш, цуьнан верасаллина кIелахь а бу. Иза иштта делахь, кхуззахь къасто деза вай, ворхI бутт ца-кхоччуш хьалха, биначу барта юккъера, шух волург мила ву. Сийдолу Месалимма! Хьуна хьалха Iоьхку экъанаш, цу «Мехка Кхелан» жамIаш довзийтуш йолучух тера ю. Цу боккхачу Гуламо со а, кхин берш а тешаш хIиттош, бина сацам хIинца юха а карлабаккхар, пайдехьа хира ду аьлла хета суна. Бакъо лой ахьа, и экъа еша? – аьлла, тIевахна шега кховдийна экъа йийшира Васашаттас,
          - Кху экъано вайга боху: «…«нах-аринхойн», коьрта «энин» барт колларца боьзна хилла лаам кхочушбеш, сацам бина бархI мехкан дайша а, къаноша а чIагIам беш. Цу сацамо дIахоийту, массо а мехкан дайшна, церан марошна, церан маьршачу нахана, барт кхоьллина хилар, «Нах-Арин Барт» аьлла. Цу юкъадахка йиш йолуш ду, кхин долу мехкаш, ваьрраш, «а-къа-дайн» орамах доцу халкъаш. Цу барта юкъахь ду мехкаш, шайн мухIарш таIийна паччахьаш:…» цу декъашхойн цIераш йохуш, хан йойъура яц аса.
Кху экъано, кхин а боху: «…и чIагIонаш йина дай хьалхара дIабевлича а, кхул тIаьхьа церан тIаьхьенашна, церан ваьррашна, церан халкъана, гуттаренна лерина декхар ду, хIара барт ларбар. Барт бохийначу паччахьна, тайпанхочунна, тIаьхьенашна хуьлда, уггаре а буьрсачу «энин», инзаре неIалт. Массо а «пуриллехь» дIакхайкхабойла хIара барт. Яздина йоза, динан дайша нахана юкъахь даржадойла, аьрда-цIеношка охьадохкийла тIаьхьенна лерина. Кху барта юкъахь болчу а, кхул тIаьхьа юкъабогIура болчу а паччахьаша, мехкаша, цуьнан адамо, арара кхерам царех муьлххачу махкана тIебеъча, уьш дIахIуьттийла цхьаъ санна бIош, сурсат, герз цу къийсамна кечдеш. ХIара барт къобалбеш ву и Веза-Воккха волу «эни» «ТIо-йа-Ша-ба»! Цуьнан хьалхара накъост волу и Сийлахь «тIеман эни» «ХIал-Да»! Вайн дахарна серло латтаен «маьлхан эни» и Веза «Са-Вани». Цул совнаха, кху тешалло бакъдо: «…цу чIагIаман тешаш бу: «Меттан-На» паччахьан кIант Васашатта, «Хеттин» паччахьан кIант Тудхали, цу Малх-Хаттусилан векал Рамес а» хилар.
          Кху бартан чIагIамо, суна луш бакъо ю, декъашхо хила. И бакъо аша, тахана дIачIагIйойла а лаьа суна, сох шайн бартахо веш. ХIара барт къобалбеш и Веза-Воккха волу «эни» «ТIо-йа-Ша-ба» а хилча, цуьнан хьалхара накъост и «тIеман эни» волу Сийлахьа «ХIал-Да» а хилча, церан а, вайн а дахарна серло латтош «маьлхан эни» волу и «Са-Вани» а хилча, бакъо юй вайн, кхин тайпа хабарш дийца? Яц! Дийцахь, шу, дуй къарбинарш хира ду. Биъна дуй ларбарца доьзнарг, со дика девзуш ву, сан дас ашшурошна биъна дуй бахьана долуш. Тахана, сан да кхетамчохь воцуш, лазаро кхоччуш кIелавитна. И дийна велахь а, со, гIента да ву тахана. Аса, биъна бац цхьаненна а дуй. Тахана, кху езачу майданахь, цу сан «энин» «ТIо-йа-Ша-бан» цIарах дуй боу аса, «Бит-ба-хи-эни» махкара «ди-матт-Iуш» биста кхаччалца, «Исала», «Нур-ду-эни», «Кутму-хи», «Диргу», «Уллаба», «Су-да», «Харран», «Гу-азана» мехкаш чулоцуш, «Кашни-Ари лаьмнин» бахаман яккъаш: «Ур-каш», «Хи-ба-ку», «На-бу-ла» а, кхин дIайолу онда яккъаш тIехь тахана Iуналла дийриг и нана «Ва-с-сукани» хилар а, цу мехкин дукхаха долу ваьрраш, цу Сийлахь-Везачу «ТIо-йа-Ша-бана» муьтIахьалла гойтуш хиларх а лаьцна. Со, цу мехкан паччахь хилар дIакхайкхочу дийнахь, сан дас, ша волчу цу гулабина тешаш бу сур-эли, урхалчаш болу «са-уккал-лош», «хьал-зе-охлаш», «хазанчаш», иштта цу «сакир-мати» тIера охьанехьа болу «ахэли», «тес-охалш», «тидени», «илру» тIекхаччалца болу тешаш. И тешаш, тахана кхузахь а бу. Кху гуламан болх аттачу баьлча, Цу Сийлахьа-Везачу «ТIо-йа-Ша-бана» лерина, доккха сагIа а доккхуш, цуьнан дезачу кху дезачу аьрда-цIенна, иштта кху Сийлахьчу Кумме-ГIалана лерина сагIанаш, совгIаташ дохьуш, «Нах-Аренан» махкара еъна къепал еха ю, ткъе пхийтта «аса-луо» хиллал.
ТIаьххьара хиллачу «Мехка-Кхелан» гуламехь, кIоршамалла гайтиначу шина къонахчунна лерина, цу сийдолчу Эйас аьлла дешнаш, сан ойлана арс беш санна нисделлехь а, сайн дахаран некъана лар кхоьллиначех ду. Цо элира: «Муьлххачу а вайн стеган амал, дахар, маршонан мутта чохь кхехкийча санна, дахчийна хила дезаш ду. Вай кхуллучу бартан, даьIахк хила еза маршо, дилх – сий, цIий – дайн ораман муттанца ийна амал. Оцу, кхаа кога тIехь лаьтташ хила беза, халкъ шена чохь дахчош болу хIоам. Иза бу, вай нехан хила беза дахаран бух».
Сийлахь хуьлда, «нах-арин» халкъо, теIамаш бен и беза «эни» «ТIо-йа-Ша-ба»! «ХIал-Да»! «Са-Вани»! Иштта кхин болу, цу «шийтта» терахь юкъара бисна «эни» а, вай лоруш хира бу, церан тIегIане хьаьжжина – олуш, ше дахделла къамел чекхдаьккхира, «Меттан-На» пачхьалкхан жима паччахь волчу Васашаттас.
          - Иштта хуьлда иза! - бохуш, цхьатерра доцу аьзнаш хазийра, цу майданахь гулабеллачара а.
Месилиммас, дош шега дIаийцира:
          - Аренан Нахи! Нах-ламанхой! Нах-Ари! Тхан лараме хьеший! Хьекъалалла долчу вайн къаноша, сур-элиша тIеэцна сацамаш бу, цу Сийлахьа-Беза болчу коьрта «эниша» - «ТIо-йа-Ша-бас», «ХIал-Дас», «Са-ванис», иштта висна лахарчу исс «энино» къобалдеш а болуш. Вайн массо адамна тIехь ду, юкъара и низам ларор. И лоруш воцург, зуламхо ву. Иза, вайн дIатоттура ву, неIалте вуьллуш. Вайн мехкан дайн, церан цу лараме болчу сур-элин декхар ду даймехкаш а, шен орамах долчу адаман а, кхерамазалла ларор. Изза, коьртаниг хила деза, муьлххачу къонахчуьнан а.
          «Еза Боьлакан» Гуламехь, вовшахакхеттарг бархI паччахь бен ца хиллехь, тахана, кхин шийтта паччахь ву вайн могIане хIотта кийча. Царех кхозлагIа дакъа ца лерича, массеран пачхьешкахь долу коьрта аьрда-цIенош, цу Сийлахьа-Везачу «ТIо-йа-Ша-бан» лерина ду. Селхана, цу тIекхеттачарех дукхаха берш Ашшурана ял луш хиллехь, тахана уьш, гIаттамхой хилла лаьтташ бу, шайн мехкаш цу ашшуройх цIандина. Амма уьш, хIинца а гIийла бу, гIо оьшучарех бу. Селхана, царна накъосталлина гIевттиначу вайн а, могIанаш нилхделла, гIора лахделла. Делахь а со тешна ву, цу «Ашшур» «энин» и чагIалкхаш, вайн лаьмнашка, цу шерачу аренашка аша гIуртийтура яц аьлла. Шайгара дIадаьхна къепалан некъаш, хьена латтанаш юхадерзо гIуртура бу уьш. Цундела паччахь чIагIваран а, сагIадаккхаран а белхаш цкъа чекх а даьхна, «Боьлакахь» санна, «сур-эллин кхеташо» кхолла езаш ду вай, юкъара, «дуьхьалояран къеп» къастон.
Цу къамелашка ладоьгIуш лаьтта Варзап, гIевно лаьцначу гIах тера вара хIинца. Шена гергахь лаьттачу Таршана хезара долуш, ша-шега лоьш сана вистхилира иза:
          - Цкъа цхьана сарахь, шен кIентийн, тайп-тайпана «эни» хьесточу ойланашна реза ца хилла, сан де вашас ХурIадас элира: «…, кхана, ашшуройн «эни» и «Ашшур», вайн халкъах шен лай бан гIоьртича, «ТIо-йа-Ша-бан» сий ларадеш дIахIуьттара дерш, шу бен дац. Иза, шуна лаахь а, ца лаахь а хин дерг ду. ХIунда? «ТIо-йа-Ша-бан» цIарах леташ болчу шайн нийсархошна гергахь, яхь йолчу шуна, стешха нах хила луура дац. Цуьндела, «эни» «ТIо-йа-Ша-бан» цIарах, вайн паччахьо дина буьйр кочуш ца дича а девра дац шу. Шуна хIайбате муьлхха «эни» велахь а, шу, «ТIо-йа-Ша-бан» лаам кхочушбеш дерш бен хира дац». Дукхачарна цадезарг чудолла, юкъадаккха гIертарг, дистиначу хин юьхьана, дуьхьала нека дийриг ву. Цхьаъ «эни» хилар къобалдеш берш, ницкъаллехь болчу динан дайшна кхераме хилла ца Iаш, вайн ваьррин, халкъин бартана а, новкъарло ян томехь бу тахана. ХIунда аьлча, адаман ойланашкахь кегарий хиларна а, кхетам кхиаза хиларна а. Дахаран хьашташа, дуьненан халоно кхоьллина цхьаалла йохон, Iаламата боккха бала бу тIехIотта безаш, цхьанни а «энига» дIабаккхалуш а боцуш. Вайн орамах долу ваьрраш, адмаш лолледерзон томехь болчу ницкъана хьалха зер лелор, кхераме хиларал совнаха, массарна Iожалла лун йолу гIуллакх ду. Оьшург, еха хан а, дахаран масалша бахчош кхиийна кхетам а бу. Хи тIехь бина ша а хуьлу чIогIа, хIаваъ шийла хилча. Амма, йовхонан Iаткъамна, ян дуьхьало яц цу стоммачу шан а. «ХIал-Эла», я «Эла-ба-ха» олу кхетам, адаман ойланашкахь биса оьшург, тIех шийла, я тIех бовха Iаткъам бу. Иза, бакъдерг ду! – аьлла, меллаша юхавирзина Варзап, цу майданна юьстаха, цхьалха лаьттачу диттехьа дIаволавелира.
          Цунна тIаьхьахьаьжначу Таршас: «КIант! Сан хIилла, хьан хьекъалалла хеназа кхиъна ду. Вайшиннан зама яц хIара» элира шен дагахь, цу схьаделладеллачо, керла хьажар долчу ойлане воккхуш.

 
«Чеккхе»

          Ширачу оьмаран, 1198-гIачу шаран, «алдар» беттан 22 -гIа де (22-гIа февраль). Лаьмнин, малхбалера анайист серлайоккхуш хьалакерчиначу маьлхан горгало, латте кховдийначу зIаьнарийн цIевно йовхо ца лахь а, дийна синошна, цхьацца долчу ораматашна самалхадалар деллера. ТIетесначу тIеуллурган, стоммачу кIадийна тIуналла луш диллина тхино, дог ца дагIар делла, шен вордан цIа чохь Iуьллура цхьа къано. Иза вара, доьзткъе ялх шо долу Варзап. Цу вордан чкъургах букъ гIортийна наб еш Iуьллу шовзткъех шо хира долу къонах, цу Варзапан кIента кIант, Бика вара. Некъа йистерачу юхкех, кондарех гIоьза йина, царех дIатесна лаьттачу говрех цхьаерш йийшина а йолуш, вуьш ерш кортош охкийна лаьттара, наггахьа, ца догIачу дагца бIаьргин негIарш а доьллуш. Дехьо, дIатаьI-таьIначохь набарш кхетта, тоххарехь яйначу цIе ягначу кхерчана гонахьа Iоьхкачу тIемалоша, шайн ахнастарш ерзина когаш, тIетийсанчу тIеуллургин буха уьйзура кест-кестта. Лекха доцчу шина дукъа юккъехь, хIинца а кхоччуш, малхо дахкаран Iа яшаза йолчу цу майданахь тийна дара, геннахь лаьттачу хехойн меттахахьеш долу догIмин гIаларташ ца лерича.
          Сийсара, кхеттачу беттан серлонехь хан яллалца некъ бинера цу жимчу къепало, кхоллабеллачу кхерамна, ша гена мел ели а гIолехьа хеташ. Ирхене некъ беш, Iаннин даккъаш лахлуш, уьш дIасхьатаьIаш кхоллаеллачу майданахь севццера садаIа дезна кхеран къепал. Кху къепалан жовхар долу, и лараме къано, ницкъ хиларх ларо везаро, кхерамазалла ларочуьнан декхарш совдаьхнера.
          Набар тар озийча санна бIаьргаш къевлина делахь а, сема вара гIудалкха тIехь Iуьллу Варзап. Ша арабаьккхиначу некъан ойла йора цо, хиллачуьнан а, хила дезачо а гойту масалаш, жамIан хьесапаш, вовшахаэдан некъ лоьхуш. Цунна дагадеара кхузткъе бархI шо хьалха, хIинца санна, шен метта къано Эйа а волуш, кху Бикан декхарш кхочушдеш Ваване а волуш, цу Нана-Аьрдине шаьш бина некъ. «Мас шо дара сан цу хенахь? БерхIитта! Кху сан кIента кIантал, шозза жима вара со. Цу тIе лай а вара. Сийдолчу орамах ваьлла кIант, суо вуйла а ца хууш. Э-э, ма дукха хи дахна-кх, цу «Эламунна» хин хорша чухула. Эйан весет, боккхачу гуламехь ас дIадовзийтаначу шарахь, суна кIант вира. Сан дас ГIарбас цIе тиллира цунна «Туштур» аьлла. Иза дара, гуьйренан хьалхарчу, «ахарсами» баттахь. Иза кхиош, кIезга дакъа лецира аса, даима тIамехь лаьтташ хиларна. ДIасхьахьаьжна а валале кIант кхиара, зуда ялийра, цунна а вира кIант, хIара Iуьллу Бика. Цу хенахь ГIарба вацара. ХурIад, Алуани, АрцIиб а, хеназа, тIеман цIаро къастийра сох. ЦIе тилларан рагI сайгахь хиларе терра, аса «Бика» аьлла цIе тиллира сайн кIента кIантана. «И бохург хIун ду»? олура соьга дукхачара, шайна хуушшехь, цу дашна чубиллина кхетам, «юккъехула бекъна хен» бохург дуйла. Муидан и боккха доьзал, гуш боцчу цхьана ницкъано бекъча санна хетара суна, ХурIадера, Алуанера, я церан доьзалашкара даьлла цхьаа бахьана доццушшехь. Ша лечу муьрехь, весет деш санна ГIарбас аьлла дешнаш ду, сан дагна Iаткъам беш а, уьш диц ца дойтург а: «Варзап! Бакъ волу нах хила хьо лууш велахь, хьайн тIаьхьенна тIедиллалахь, цIена орам болчу нехан зуди бен ца ялор. Ахьа, нах-орам боцчу, кхечу ваьран зуда ялаяхь, шайн гергарачарех къестарал совнаха, лай амал йолуш хила а тарало хьан тIаьхье. Къанвеллачу муьрехь, кху махкахь сийдиначу чкъоран стаг сох хиллехь а, даима суо сайна лай хеташ, «юккъехула бекъначу хенан» гара санна, айса суо къестош лелла ву со. Вайн нах-адамашна бевзуш бу, «ворхI да» олу кхетам. Цу чудиллина маьIна, суна хетарехь, ворхI дена тIекхаччалца хийрачух ларбина, цIеначу орамца доьзнарг ду. Цундела ахьа а, хьан тIаьхьенаша а ларо беза, ворхI да хийцаваллалца шайн орам». И тайпа цIе, Бикана тилларан бух, сан ден весетца боьзна бу сан. Иттех шо хьалха, нах орамах йоцу зуда яло Бика гIоьртича, ас дихкира цунна и захало дар. И бахьана долуш делахь а, иттех шарахь зуда ца ялош а лелла, Ваурхан кIента йоI ялира цо тIаьххьаре а. Сатесна ву со, сан несан кIант а хилла, суо валале, «Эла-Борз» аьлла цIе тилла цунна» бохуш, дагалецамаша Iехийначуьнан ойла, кIира хьалха, вовшахакхетарехь хиллачу къамелашна тIейирзира.
          Цу вовшахакхетарехь дакъа лоцуш вара: шен деца цхьаьна цхьатерра, «Маса-Суран» паччахьаллехь волу, ткъай пхиъ шо долу Ан-сур-да, цамгаро гIора дайъана волу, доьзткъе бархI шо долу да Ан-са-ди, цуьнан хенара а, цу махкахь динан да а волу Ваурх; иштта хьаша велахь а, веддарг волу Ассирин махкахь сийдечу ораман «суккалмат» волу Сисиктун Чимолли а. Цул совнаха, кху мехкан нуц а вара иза Сур-Шенан, Малх-Аьзнин йоI, Нур-сири яхна волу. Маса-Суран махкаца доза долчу «Ара-ба-эла» гIалан кIоштан лаьмнашкахь, ахлечкъана дахар долуш вехаш вара иза, Уднунна, Нинуа, Калха, иштта «Ара-ба-эла» гIалашкара элин ларам болуш иза велахь а. Паччахьаллехь волчу Тикульти-Нинуртас, уггаре а луьрачарех лору мостагI вара иза. Цу паччахьан шина кIантах, кIеда-мерза амал йолу, «Ашшурас тIаьхье елла» бохучу кхетамо, цIе кхоьллина волу Ашшур-надин-апал, Чимоллин доттагI вара. Ткъа шолгIа кIант Ашшур-На-арара, деца хилла ца Iаш, шен вешица а, цуьнан агIончашца а хьагI лаьцна вара. Цу махкахь сийдечу чкъора юкъахь, цуьнан накъостий а кIезга бара. Бакъду, тIемалойн могIарехь болчу юккъерачу хьалханчашна, ша хIайбатениг хира волу некъаш леладора цо. Цу шина кIантах, дена кхераме ца хетара хьалхараниг. Амма, шолгIачунна гонахьа доьзначуьнца, даима лерг сема латтадора цо, къаьсттина сурашна тIехь болу цуьнан Iаткъам лахбан. Иза дацара коьртачарех дерг. Башхалла ерг дара, цу махкара, сийдиначу чкъорах мел верг хилла ца Iаш, хьолахой болу массо а «там-караш», шайн паччахьна резабоцуш хилар. «Иштта хьал хилча, цу Ашшур-надин-апалан кара Iедал гIура долуш, болх хIунда ца бо аша?» аьлла Варзапас хаттар хIоттийча, Чимоллин серладаьлла бIаьргаш гича, иза кхийтара, цуьнан къайле йолчу кIоргене ша кхевдина хиларх. Цул совнаха, дуьххьал дIа мукIарло деш аьлла дацахь а, цуьнан къамелехь Iорадаьлларг дара, шаьш эшча, кху агIонгахь кIелхьардолийла хира юьйла хаарца доьзнарг. И тайпа жоьпалла тIеэцначо, шен махкана бохьург бала буйла шайна хаарна, хаддам болуш жоп дала ца ваьхьара цхьаа. Ца хуьлча даллалца, дIакхайкхина доцу накъосталла хира дуйла хаийтара, шен делла хьалхаваьлла жоп деллачу Ан-сур-дас. Иза дицделла вацара, ткъа шо хьалха, «гола хIотта!» аьлла, цхьана туртано тоьхна шен да веалара вахийтача, шен тIеман урхалча човхош, воьжначара Ан-са-ди кху Чимоллис хьалагIаттор. Паччахьан кIентан доттагI волчу Чимоллина, зулам дан ца хIоьттира и «туртан». Цу шарахь нисделира, бер долуш ша кIелхьара ваьккхиначу Сур-Шенан йоI, Нур-сили цо маре йигир а. И мур бара, «Аренца-хин» аьрру бердаца «махбаран йист» кхуллуш, цигахь, «Кар-Тикульти-Нинурт» олу гIала ян, гонахьарачу мехкашкара ял лахьон, цо шен бIош оьхийту зама.
          - Сийдолу Сисиктан Чимолли! Алахьа бакъдерг, цу Нинуртас лелийна некъ кобалбеш цо а, цул хьалха хиллачу церан дайша а, лулахошца лелийнарг дуьсар ду, я дац, цу Ашшур-надин-апалан юкъаметтиган дахарехь? – хаттар дира Варзапас хьеше.
          - Сан гергарло долчу, суна вевзучу паччахьан кIентан амал тайна а, къеда-мерза а ю. Къаьсттина, ламанхошца уьйр йолуш ю цуьнан ойла. Цо олуш хезна ду суна, иштта дешнаш: «Невречу ламанхойх, даиманна, бартхой бан безара. Цаьрца вай машаре хилча, со тешна ву, дукха халонаш ша-шаха дIаевриг хиларх».
          - Сан кхин цхьа хаттар дара хьоьга дан, лараме Чимолли. Алахьа, хIун орам болуш ду, цу шун сийдиначу чкъоран, паччахье цIеххьана кхоллабелла и цабезам? – юха а хаттар дира Варзапас.
          - Цкъа делахь, шен тIеман кхиамех куралла йиначу паччахьна, тахана ладаме а, я ларам беш а яц, цу Нана-Ашшурера и «Къанойн Кхеташо». Ткъа цуьнан декъашхой, шайн дайшкахь дуьйна сийдеш хиллачу чкъоран тIаьхьенаш ю. Даима коьртехь хиллачу Ашшуран сий лахдина кху тIаьххьарачу шина паччахьас, цхьаммо Калха-ГIала ойъуш, шолгIачо, шен цIарах, исбаьхьа керла гIала-пачхье кхуллуш, цу Нана-Ашшурана гергахь. Шалман-Ашаред къаношца ларам болуш а, дагаволуш а вара, генаваьллехь а. Амма хIара, хьерадаьлларг лелош ву. Паччахьан гIалан кетIахь, масех дийнахь тIе ца оьцуш латтабо цо сийдерш а, динан дай а. «Там-карана» тIера, цхьаа хама боцуш, ши цIука йоккху. ШолгIа резабацарш доьзна ду, доллу Iедал, цхьана паччахьан карахь хилар. И санна дерг, маца хилла? Цу Сийлахьа-Везачу «Ашшур» «энис» йилла аьлла бохуш, харцдерг дуьйцуш, цкъаллига цкъа цхьанни а гина йоцу исбаьхьа гIала кхоьллина, хIара дайтта шо ду шен кхерчана тIехь бен урхалла доцу Iедалхой, цуьнан лай болуш санна лела. Адам къеделла, тIемалошна юкъахь а хаало, гIам-гIим деш берш. Кху тIаьхьарачу вуьрхIитта шарахь, шайн довш доллу сий ду, цаьрга лалуш доцург. «Касситашка», «хеттишка» шаьш дIанисдалар, ловш дац дукхачара. Кху тIаьхьарчу хенахь, тIемалой айъаелла жигаралла шена дуьхьала ца хилийта, царна оьшшург латтадо цо. Ирриди, Вашшукани105 , ма-дарра аьлча, «Ханигальбатан» хилла латта, тахана хеттин карахь ду. Хуррин доккхаха долу ваьран дакъа, «Ков-ка» махкарчу, «Эла-Барз»106 олучу лам кIеларчу аренашка дIакхелхина. Вуьш, шун лаьмнашка хьаладевлла, иштта а, дуькъа Iачу шуна тIедуьссуш. Бухадисна ваьрраш, юьхь йоцуш довш лаьтта, шайн дукхаллица кIелахьарчийначу «ахламуша», къилб-малхбузерачу «мушкаша». ГIаланашкахь, чIагIйиначу гIепшкахь Iаш болу «хеттиша», ханна баьхкича санна церан мутт дIаозар бен, кхечуьнан бала болуш бац. Иштта хьал ду-кх, цкъа шун хиллачу цу махкахь а. – элира, шен санна, кху чохь Iачеран а сагатдалар луачу хьешо.
          - Сан, кхин цхьа хаттар ду хьоьга дан: и «Ашшур» «эни» Ассур-ГIалахь ву, я Тикульти-Нинуртас кхьллиначу цу керлачу гIалахь ву? – аьлла, Варзапас диначу хаттарх цецваьллачу хьешо:
          - Муха!? Ашшурахь ву-кх – элира.
          - И дика ду. Хьайн къамелехь, ахьа элира: «…хьерадаьлларг лелош ву» Тикульти-Нинурт. Иза иштта хилча, Нинуртах, вуьззина кхачаме паччахь ван, хIунда гIерта шу?
«Эшапаша» эгIийна стаг, чу а вулли, цунна дарба ца леладо вай? Шен исбаьхьа гIали чувоьлла Iачу Нинуртана гонахьа, цкъа хьалха, даррехь хьагI гойтуш боцу го а бай, къинхетам боьхуш теIамаш байта, цу Сийлахьа-Везачу «Ашшуре», «Вайна дукхавеза и Тикульти-Нинурт, хьераваьлла!» аьлла дIа а кхайкхадайти. Массо а аьрда цIеношкахь хьоле сагIанаш дахийта боллу «энин» цIарах, шайн паччахь товалар доьхуш. И дIакхайкхиначул тIаьхьа, чу а, я ара а хаам хира боцуш, Тикультин гIала, гуш боцчу гура йолла. Адаман ойла, аша лелочух кхоччуш тешча, Ашшур-надин-апал, Ашшуран паччахь дIакхайкхаве. Цуьнан ваша, аша иштта гура юкъа воьлчахьана, цIий а ца Iанош Iедал шун карадогIура ду. – забаренна олуш санна, къано къежира.
          Цо и къамел дечу юкъана, хьаша тергал веш Iачу Ваурхас, шен чухара беснин доьлаш цергашца лоцуш, лазар хьодийтуш Iевдира, ша-шаха къажа гIоьртина юхь сацош. Гонахьа Iачеран гIайгIане яххьашка а хьожуш, Варзапан забар ша тергал ца йича санна, ша деш хиллачу къамелана тIе, юхаверза гIоьртира Чимолли.
          - Хеттин паччахьо Арнувандас а ваийтинера шен векал: «ахламух шу латахь, церан бартахо со хиларе терра, шуьца бинчу бартана а со сагаттадеш ву, сан «эни» дохковаларна кхоьруш» аьлла. Амма, цу «ахламун» эргIада болу лаамаш, цу Сийлахьа-Воккха волчу «Ашшурас», дукха ловра буй техьа, аьлла хеташ ву со.
продолжение следует в частях 9, 10, 11 и 12. 
​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
Просмотров: 616 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли