Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 3 » «АЬХКЕНАН ДIАХЕЦАРШ» = 7
10:19
«АЬХКЕНАН ДIАХЕЦАРШ» = 7
Хаам.
          Сту лоцу гезган а, дIаьвше гезган а къовзор, адамна кхераме ду. Ю Iоьттича, я къовзийча тайп-тайпана тIаьхье хуьлу, цу са долчу хIуманан тайпане, ю Iоьттиначу меттиге, зен хиллачуьнан хене, цуьнан дIаьвшаца йолу экамалле хьаьжжина. Уггаре а кхераме меттигаш ю: корта, ворта, лаг.
          Сту лоцу гезган дIавшо, токсинан Iаткъам бо нерван, дега-пхенан къепана. Къовзийна меттиг чIогIа лазош а, есташ а, чкъора тIехь хих дуьзна лоппаргаш хIуьттуш а хуьлу. Даго бо болх сихло, айъало температура, корта лозу, Iеттаво, наб а, хорш а йогIу, гIора дIадолу. Таккха, пхенаш ийзо долало, куьйган, когин пхидарчий егаян йолало, шийла хьацар туху, деган белхан ритм юху. Юкъ-юкъа лазархочуьнан хьал тоделла аьлла хеташ хилахь а, юха, галайийла а йолало могашалла. ЦIеххьана, садеIар сацо тарало чарпо.
          Евзуш ю, 1200 тайпана йолу сту лоцу гезгаш. Царех 25 гезг, адамна кхераме ю. Риман Iилманча волчу Плиний Воккхачо яздо: «Сту лоцу гезг, ша лаьхьа санна дIаьвше а, къемате а хIума ю. Цуьнан къовзор Iазапе а, кхаа дене долу таIзар долуш а ду. Цул тIаьхьа, леш ву лазийнарг. Сту лоцу гезго къовзор Iожале ду зудаберашна, иштта даима зударшна, ткъа божаршна Iуьйранна. Цу гезго шен цIога даима дIасхьалестадо, ю Iотта жимма а аьтто баьлча, и Iуттура йолуш».
          Уггаре кхерамениг ю «Iаьржгезг» («каракурт»). Вуьшта, цуьнан шолгIа цIе ю «Iаьржа жеро». Иза хуьлуш ю гIамаран еса аренашкахь, Юккъерачу Азин, Крыман, Кавказан еса аренашкахь. Каракуртан стен гезг 10-20 мм а, цуьнан боьршаниг 4-7 мм йолуш хуьлу. Бос Iаьржа хуьлу, боьрша, хилаза стен гезган цIен тIадамаш а долуш.
          «Iаьржгезгана» еза меттигаш ю, ахаза йолу сагал-бецан аренаш, эрана латтанаш, Iаннин а, татолин а бердаш. Уьш еха меттигаш ю, цара дIалийцина дехкин оьрнаш, кхин тайпа Iуьргаш а. Йовхонан Iаткъам совбаьлча, цара лоху IиндагI долу меттигаш.
          Июнь-июль батташкахь, уьш (гезг) уггаре а кхераме ю. «Iаьржгезган» жигаралла совйолу буса. Делахь а, дийнахь къовзо а тарало цо, цахууш тIе ког тIебаьккхича а, цунна, шена болу кхерам хаабелча а. Цуьнан дIавш, пхийттазза чIогIа ду шок еттачу лаьхьан дIавшелла. Эмкал, говр санна онда долчу дийнатана, Iожалла луш ду иза. Нагахь санна, цо лазийначу адамна сихха лоралла ца дахь, цхьа-ши де даьлча, тIаьхьа хира ду и адам Iожаллан карара даккха.
          «Iаьржгезгас» къовзийначул тIаьхьа, чкъора тIехь бисна цIен тIадам, сиха бесаниг хуьлий дIахIутту. 10-15 минот ялча, кийра, гIода юкъ, некхе чIогIа лазарш догIий карзахдалар хуьлу, Iожаллах кхерар а совдолу. Лазархочуьнан когаш лехий, садеIар хала долуш, корта лозуш, Iеттош долуш, юьхь сенлой, дог деттадалар а, синпхенан пульс а лахло. Бакъду, цу дIаьвшан чIагIо йохайо йоккхачу температуро. Ю Iоьттина и меттиг, ши минот ялале, латийначу сирникца сихха яго еза. Цул тIаьхьа алсама хи муьйлуш, меттаха ца вуьйлуш Iилла веза. Дика хира ду, «динберг» олучу ораматан кочалла, цу ю Iоьттиначу метте тIейиллича.
          ДуьнентIехь йолчу гезгех уггаре а кхерамениг ю, лакхахь хьахийна, «Iаьржа жеро» (гIазкх., «Чёрная вдова») олу а, «Бора халбатхо» (гIазкх., «Бурый отщельник») олу гезгаш а. «Бора халбатхочуьнан» къовзор тIех кхераме ду, цуьнан и къовзор, адамна хаалуш ца хиларна а, дIаьвшан Iаткъам цхьана юкъана ца хаабаларна а. Цундела, цу адамо хан йолийту лоралла ца деш.
          П.И.Мариковскис бечу хаамца, «Iаьржгезган» дIавш шовзткъеиттазза кхераме ду, «бархIбIаьрган» (тарантул) дIавшелла, пхийттазза чIогIа ду иза, шок еттачу лаьхьананчулла а. Церан дIаьвшалла евзуш ю, тIех ширалла йолчу хенера дуьйна. «Лораллин Iилманан канон» олучу шен тептар тIехь, Абу Синас (Авицен) дуьйцу, Бухарехь, «Iаьржгезган» тайпана гезг хилар, «муркион» олуш. Цу гезго, Iаламата чIогIа бала хьоьгийту адаме.
          Сту лоцу гезгех дина, жаннаш чуьра тIулгаш отуш, дарба ду Авиценнас (Абу Син) яздеш: «Итт дакъа сту лоцу гезгаш, цIена Iаьржа эчиган яй чукхуьссий, кIен бод хьокху цу тIе. ТIаккха, цIен яллалца пеш йохйо, кемсийн таьлланган дечигца. Цул тIаьхьа, и яй пеша чухIоттабо, цхьана буса цу чохь иза буьтуш. Цу чуьра арабаьккхина и яй шелболийту, чуьра схьаоьцуш гезгех хилла чим. И чим хIоам чубухку. Жаннашна ов деттачу хенахь, и чим, шина кират чагIарца… цо оту тIулгаш, хьаткъаца, цуьнан кескаш арайохуш».
          Цу сту лоцу гезгин а бу мостагIий. Церан дIаьвшо лоцуш яц зуш, мангусташ, цхьадолу моьлкъанаш. Цхьацца долчу лаьхьарчаша, олхазарша (масала бухIа), бIирдолагаша (хIаваэхула лела дахк) юуш ю и сту лоцу гезгаш. Бабуин олучу маймало а йоу уьш, ю йолу цIога, каде дIа а доккхий. Цу гезгин кIорнеш йоу яккхийрачу кхин гезгаша, сколепендраша, мокхатекхарг (фаланга).
          Ширачу заманчохь, Мисарахь а девзуш хилла, сту лоцу гезгаша лаьцначунна лелон дарба. «Луьйца йоллар диначул тIаьхьа, (1-14 могIанаш) «чехкка, цIий оьхачу юкъана, ахьа хьайн мотт хьокху чевнна. Цул тIаьхьа ворхIазза луьйца а юллу даьттан тIадамна, цуьнца яшош чов. ХIора дийнахь дан деза изза цу даьттанца. Цул тIаьхьа чевнна тIейилла яшийна кIадин аса (14-17 могIанаш). (XX асан, 1-14 могIанаш). И болх чекхбоккхуш, юха а луьйца юллу даьттан тIадамна хьалха (17-27 могIанаш)».
          Иштта, цу ширачу заманчохь хилла, дIавшана дуьхьала, ша тайпа дарба лоьхурш а. царех генаваьлларг хилла Понтан паччахь Митридат VI-гIаниг (ш.оь. 121-63-гIачу шарашкахь паччахьаллехь хилла). Жим-жимма, тайп-тайпана дIаьвшаш молуш хилла цо, эгIаза йоцу дуьхьало кхуллуш шен дегIана. Дуьненчуьра дIаваха веза хан тIекхаьчна аьлла хетачу муьрехь, дIавшо Iожалла ца луш висна иза. Тахана хууш ду, и тайпа антидот кхоьллиначу Митридат Евпаторас 50 дIавш лелийна хилар – дукха ораматин, опийн, лаьхьарчийн дIавш а.
          В 15-17 бIешарашкахь, гезган дIавшо кхоьллина, пхенаш ийзоран бахьана дIадаккха, «тарантелла» олу сиха халхар деш хилла – Таранто гIалара схьадаьлла.
Дуьххьара дан деза накъосталла сту лоцу гезго, я «Iаьржгезго» (каракурт)
къовзийча.
И накъосталла ду: ког-куьг меттаха ца даккхийта, къовзийначу меттигна лакхахь меже Iовдуш – ког когах дIабехкар, куьг саттош йовлакхаца хьаладехкар. Алсама хи, чай, шура мало еза къовзийначунна. Лакхахь ма-хьаххора, къовзийна меттиг яго еза, чевна тIехь сирник латош, дIавш дохон. Къовза ма-виннехь, масех корта сарамсекх а, 6-9 боча бIар а даар, итт минот яллача цIен чагIар тIе а молуш пайденна лору. Цул тIаьхьа, довха юргIа хьарчош, я йовха хIуманаш юха еза.
И чов мегара ю, бекъначу хохаца хьакхон. Новкъа хира дац, къовзийна меттиг содан берамца яшош хилча а. Лакхахь хьахийнарш, тIекхочучохь яцахь, динбергах кочалла еш, цуьнан худар дилла мегара ду чевна тIе.
          «БархIбIаьрган» (тарантул) къовзор.
Сту лоцу гезго къовзийча ма-дарра, «бархIбIаьрго» къовзийна меттера дIавш а, цIубдеш хьалаоза деза. Цул тIаьхьа и меттиг, туьха тоьхна довха хи а дуьттуш, компрессаш а еш, хьакхарш хьекха деза. Ишттачу меттехь накъосталла до тысячелистнико, оччамо, «живучка» олучу ораматан мутто. Уьш, чагIарца цхьаьна мала деза. Кипарисан бIараш (шишка) чохь долуш кхехкийна чагIар, гIезан чорпа, иштта «спаржашца» цхьаьна кхехкийна чагIар дика лору. ЧIагIар, инжиран юкъ, туьха вовшахтухуш дина хьакхар а, дика ду цу тайпа чевнна. Иштта, овдеттар дIадаккха, дика ю бани, я ванна. Кхаа кIирнах латтийна, ахлитр даьттана чу масех «бархIбIаьрг» (тарантул) кхуссуш кечдина хьакхар, алсама, хIора сохьтехь цIелла, дестар дIадаллалца хьекхар а дика лоруш ду.


          Оцу хенахь, кхин цхьана хехочуьнан орцане аз хезира Сур-Шенна, «Мисканиг ву, и динарг! Иза, ведда!» аьлла. БугIа-Сиррин тидамо лаьцна хилла оьла, «эмкал баьIашна» тIе, тIелхиг тесна мунда хиллера. Синбилгало къаьстачу хенахь, хехочуьнан дакъа схьадан бахначара, цунна валар делла урс а деара.
          - Хетарехь, геннара кхоьссина, тоьхначух тера ду хIара, - элира, Сур-Шене урс кховдийначо,
          - И тайпа лом ден, хила везарг онданиг, я корматалла ерг ву. Амма, гонахьа цхьаа ларраш ца хиларо гойтург, и шолгIаниг хилар ду. Цул совнаха, шина пIендарна юкъа нисделла и урс, цхьаа дуьхьало йоцуш дагах летта. – элира, и тайпа масалаш дукха гиначу, гIаролан бIахочо.
Цуьнгара схьаэцна урс, тIе ма-хьаьжжинехь девзира Сур-Шенна. Иза дара Ку-лимма-мари – ГIалахь, «лимму» хиллачу Шамшун урс. Цуьнан макъар буьххьехь болу бIаьрг, гезг лаьцначу чIижах бина, и санна берг кхин хира боцуш бара. ХIара керла шо долалучу дийнахь, «лиммун» гIалахь, ша цуьнан хьаша волуш, дозаллина санна цо кхунна гайтина урс дара иза. Сур-Шен кхеттера, сийсара, цхьана юкъана шен шеко кхоллаелла и «миска», Заййас вийна боху и «лимму» хиларх.
          - ХIайт-яI! ГIайгIа ца хиларо, далий-кха хьо зулам! – олуш, шен коьртах буй туьйхира сур-элас,
          - Мичхьа ю сан говр? Чекхкка, схьаялаел иза! Генаялале лаца еза, и чагIалкх.
          - Лараме Сур-Шен! Хьан говр а яц. Иза, цо дIайигначух тера ду. - элира Варзапас.
          - БугIа-Сирри! ХIара, хьан ледарло ю. Масех стаг а эций, хIара кIошта талла. Иза, я цу стеган дакъа сунна дуьхьала да, лаьтта буха воссий а, арцIиб хилий стигла валий а, - Сур-Шенас аьлча, «Со а воьду кхуьнца» элира Варзапас.
Резахилла корта Ваванес таIийча, Сур-Шенан жоьпе а ца хьожуш, шен говр кечъян дIаволавелира жима стаг.
Шен собар дацаро, кхин а вониг кхолла таралуш хиларна, оьгIазлоно кхоьллина и чарп охьакхосса санна корта а ластийна, хьекъалаллин каравелира цо ша сиха.
          - Варзап! Вай шадерш дахча ден дерг, цу цхьана БугIа-Сиррис а дийра ду. Ткъа куьнца, кхин виъ накъост ву. Ахьа, кхерамазаллица доьзна хилла цуьнан декхар, хьайна тIеэца. Вайна ца хьаьа, кхин а луьраниг кечдинийла хьогIечо. – Варзапе а аьлла, гIаролан хьалханча тIекхайкхира цо, - БугIа! Со, хьоьга багатоха сихвелла. Кхузахь, сан бехк а бу, сийсара кхоллаелла сайн шеконна гонахьа, шун семалла ца иръярна. ХIа, хIара урс дIаэца. Цу Эйан къовзар диначу метте санна хIара Iоттий, цу шелIан са, цигашха арадаккхар, сан дехар ду хьоьга. Масо е. Эйана гIоле хуьлуш яцахь, тхо, Набулу-ГIала юхабоьдачу новкъахь вайна гиначу, цу «да-мат-Iун» кхерча даха а мега хьуна.
          - Дика ду. Со кхетта. Сох, цу «Исс-Хьарас» лен лазар ца тохахь, аса чIир оьцура ю цу ашшурох! – элира, иркарахIоттар хиллачу кIантас, ша лом санна говран букъа тIе а кхоссалуш.

          Муха нисделира, Эйана дина и Iожаллин къовзор? Миндарш тIехь дIатаьIна, набар тар озийна Iуьллучу Эйана, гIенах санна гора, тIехIоьттина, шен когашкахь лаьтта «мисканиг». Цуьнан чамбоцу васт ца дезаделла къано, ха хорцуш дехьакерчира, шен юьхьа тIе, тIетосург а озош. Хье ца луш, хур баха велира иза. ТIетесначо садукъдинехь а, я меже тхьосъеллехь а, юха а ха хаьрцира цо. Цунна гуш, гIан дара хIинца: бIаьрго ма-лоццу гонахьа, сийна бос беттало хи дара цунна. ТIехьаьжча кIорга хетахь а, коган хьакхолгаш бен къайла ца йохура цо Эйан. Амма, шийла дара. Айреш буха мехий Iуьттуш санна багабора, шелоно лахара когаш. Геналле хьаьжна лаьттачу цунна, шен настарш гонахьа изза шело яра хаалуш. Охьахьжначу цунна, мичара ялла ца хууш, цу хин бухара дуьйна хьерчаш хьалайогIу текхарг яйра. Цо го мел боккху а, шеца цо хьалайохьуш шело яра, шага-тIулг санна настарш гIорош. Настарах хьаьрчиначу цу тIекхаргах мукъавала, когаш хьекха велира Эйа. Лаха корта кховдийначу текхарго, цкъа-шозза катухуш къовзийра къано. Лаьлла гIелий санна, межинан массо а маьIIе кхочуш, дIасхьахьаьдира чарп ойъу лазар а, цхьатерра шело а. БIаьргаш схьадиллиначу Эйана дуьххьара гинарг, вордан агIонца лаьцначу пIендагIа тIоьхула, генайолуш йоллу цIен тIеда болу Iаьржгезг яра. Амма, гIевно санна лаьцна дегIан меженаш меттаха яхалуш яцара Эйага. Мотт а, бахьийча санна бара цуьнан. БIаьра дуьхьала дохк хIуттуш, кхетамчуьра велира, тIаьххьаре а, шена хуьлачух кхетта Эйа. Цунна и болх бинарг вара, кхара вохвина, вузийна «мисканиг». Буьйса юкъал тIехъялча хуьйцу гIарол, мелла а паргIатдаьллачу муьрехь, шен меттера хьалаайъавелла «мисканиг», гонахьа бIаьргбетта а, ладегIа а велира. Меллаша тIевахна, Сур-Шенан дин бихкина улх ястира цо. И дин нацкъара боккхуш дIа а тесна, юхавеъначу цо, «Ахикаран» цIарах верг лехира. Иза ца карийча, шен баргалш юккъера гIутакх гучадаьккхина, къаночуьнан гIудалкх лаьттачу метте дIаволавеллачу цуьнан голош тIе лахвала вийзира. Йовхарш а тоьхна, ха хаьрциначу къаночуьнан гIоьнчо, кхуьнан кога тIе шен ког бижийра. И самаваккхарх ларош, шен ког, цуьнан кога кIелара юхаозийра «мискано». Ша дIавижале, гIойленга билла схьакарчийначу тIулга бухара карийна «Iаьржа жеро» олу Iаьржгезг (гIазкх., «каракурт»), тIеуллург куьйга тIехьарчийна иза схьа а лаьцна, шена безам хетачу, къайленгахь лелочу гIутакха чуйиллира цо. И гIутакх дара, хIинца цуьнан карахь дерг. «Хьо сунна ца карийнехь а, хьан са лоцу доллачу дийра ду аса сайн тохар» шен дагахь олуш. Цу тайпана йолчу садолчу хIуманах вижнарг ларон оьллина бой дIакарчош, Эйан когашка арахийцира цо шен гIутакхан тутмакх. Гезго латаран васт эцнехь а, кхунна луург дан кийча яцара. Иза лазон, кхуо цунна гIутакх Iоьттича, гезго шен юца дина тохар гIутакхна кхечира. Цул тIаьхьа, къайла яла хьуламе меттиг лаха дIайолаелла гезг, Эйан берзиначу когаш юкъаяхара. ХIинца «мисканиг» тешна вара, цкъа мацца а, меттаххьевра волчу къанонна йиснарг, мел дукха а, сахуьлунга валлалца ерг бен хан йоцийла. Иза, сихха ша къайлабаьккхиначу дин тIе вахара. Цуьнан бергех горгамаш хьарчийна цкъа иза кеч а бина, ша ваха везачу малхбалехьа хила веза хехо, зеназаван вахара иза. Цхьанхьа а хехо ца хаавелла, цхьана лоха гу тIеваьллачу кхуьнан букъа тIехьара, шога аз хезира цунна: «Стаг ву хьо, я эшап ду?» аьлла. ТIаккхий бен ца гира цунна, цхьана жима тIулга тIейиллинчу туьрса тIе, дIатаьIна Iуьллу хехо. Хетарехь, набарха ваьллачу вукхунна моттаделлачух тера дара, ша хийца веънарг хIара ву. Амма, генара кхоьссиначу урсо, кIегара хууш воллург, цу шен турс тIе дIакарчийра. Шен урс Iалашоне кхаьчча, я кхачаза дисна ца хуу «мисканиг», юхаведира говр йолчу метте. Иштта нисделлера, цу кхолламан сурт.
          Вордана тIера, шаршу хьалакарчийначу цуьнан четаран агIонца, довш доллачу Эйан дахкаре дирзина бIаьрсана, хIинца а гуш бара, керла кхоллалуш болу, марс санна готтачу беттан амат. Иза, шен маIаш лаьттехьа охкийна, шочах дина, ши муцIар йолу хинкема санна, агIонца Iуьллура. Стигале сийналла оьцийтуш, малхбалехьара гучаяллачу серлонан ачоно, меллаша юхатоттуш бара буьйсано кхоьллина бода, цу баттана бесалла а луш. ЦIена а, мархаш а йоцучу цу стиглахь, кестта гучайовла еза маьлхан зIаьнарш, цкъачунна, генара гучу цу лаьмнин амато кхоьллинчу сизна тIехьа яра. ТIекхача, масех дийнахь некъ бан беза и лаьмнаш а, кху аренгара дIахьаьжча, уллохь долуш санна хетара.
          - Муха ву хьо? – элира, чуьра са дIадаьлла, Эйан куьг каралаьцначу Ваванес.
          - Дийна. – элира гIийлачу озаца къанос, - Охьахаа, улле. Вуьш, мичхьа бу? – аьлла хаьттира цо.
          - Кхузахь. Хьуна новкъарло хиларна кхоьруш, эцца дехьа лаьтташ бу.
          - Со дийна ву, цкъачунна. Амма, суна хаалуш ю, когашкахула тIейогIу и Iожалла. Сан мотт, цо шен карахьарчабале, весетан дош ала лаьа суна. Къамел дан, хала ду суна. Цундела, со дIаоьцура долчу, суна даима ницкъ луш хиллачу лаьтта вилла. Вайн боллу накъостий, суна тIегулабе…, - олуш, са даьккхира воккхастагас.
Накъостий тIекхайкиначу Ваванес, буха миндарш бохкуш меттиг а кечйина, Эйа тIехь Iуьллачу тIеуллурган йиъ маьIиг лоцуш, иза лаьтта ваьккхира цара. Шина агIора, цуьнан коьрте хиънарг Сур-Шен, Ваване а волуш, биснарш, гонахьа охьахевшира къанонна.
          - Мичхьа ву, БугIа? – элира, кIант ца хаавеллачу Эйас.
          - Иза, ямартхочуьнан ларца вахна. – аьллачу Сур-Шенас, къано ца кхеттий а хиъна,
          - Сийсара вайх схьакхетта и «мисканиг», Ку-лимму-марин «лимму» хилла, ашшуро хиллера. Тхан шеко ю, и Iаьржгезг хьан метта кхоьссинарг, иза ву аьлла.
          - Хила а тарало. Сийсара, наб озийначу хенахь, суна гина цуьнан юьхьсибат, гIан ца хилла. – аьлла, шен ойла нисъеш хан ялийтара къанос, - Дахар – иза, доккха ниIмат ду. Иза деза а, лара а деза. ХIинца суна иза, халаниг ду. Со, дIаваха везаш ву кхин дуьнене. Цигахь суна, кечбина тем бу. Аса сагаттадийриг кхин хIума ду. Иза ду, бухадуьсучу шун а, шун гIуллакхин а, кху вайн даймехкан а, тIекхуьура йолчу тIаьхьенан а кхане нисъярхьама, тахана бан беза некъ. Цу некъаца, вайн халкъ тIекхачо деза, коьрта Iалашо билгалярца доьзнарг. Цу Веза-Воккханиг волчо, хьалххе нисбина вайн кхоллам белахь а, суна хетарехь, Цо вайна меттиг йитанчух тера ду, цу кхолламца доьзна некъаш нисдан, гIалаташ тодан. Вуьшта аьлча, и кхоллам хийца. И «эни» цхьаъ веш берш вайн махкахь а, цу Харранехь а, Iаламата кIезга хилар хууш ду вай. Адаман кхетам хийца езарг, дохалла долу хан ю. Ткъа иза, вайн янне а яц. ХIун де вай тIаккха? Вайн мехкаш доладохуш, вайх лай дан гIертачу Ашшуро а, вайх шайн турс ян гIертачара а, цаьрца массаьрца юьхьдегалла лелочу кху дуьнено а кхийдориг, вайн «ков-кха-аз халкъан» кхане йойъу некъ хилча, хIун до вай?
          - Веза-Воккханиг волчу цу «энин» дуьхьа къа а хьоьгу, эшахь и мерза са дIа а ло! – Ваванес аьлча, воккхастеган бIаьргаш тIунделира.
           - Сан хьоме Ваване! Изза деш вац со? Сан дахкаре доьрзачу бIаьрсана, цу готтачу маьлхан зIаьнарш кхин гой а ца хаьа. Со вели. Кечам биначу темехь хира ву со. Со велча, аса нисдан хIумма а дуй кху дуьнентIехь? Цундела сан кIентий, шу дала сих ма ло. Шу делча, вай леринарг кIеладуьсура ду. Шу санна дерш кхиа, я кхио деза, уггаре а кIезга бIешо. Зер долу къано ву кхиа везаш, и кхиъча, шу санна дахаро зийна, кIентий а бу каро безаш. Цу ларамечу И-бара-хи-Мас ма-аллара, «марошна» юкъахь хьехам бан а, церан кхетаме и хьехьам билла а аьтто берш, муьлш бу? Церан могIара хиларх тоьуш дац, царачулла а, леккха сий дерш уьш бацахь. И тIегIа, шуьгахь ю. Кхо бутт хьалха, шу алсама дара. Ткъа тахана, шу иттех а ца висна. Сийдолу къаной а, иштта сийлаллин тIегIенаш йолу шун дай а тоьура бу, и арара хьогIе мостагI ца хилча а, шуна Iаткъам бан. – аьллачул тIаьхьа, лакхара дегI дегаделира къаночуьнан, ханна цуьнан къамел сацош, – Сан кийре кхечи, Iожаллин и шело. Шун яххьаш а, халли бен ца къастало соьга. Со стенна тIехь сецира? – элира Эйас.
          - «Тхан дайша а, сийдиначара а бен болчу Iаткъам» тIехь. – Сур-Шенас аьлча, – Сур-Шен! Хьо варий иза? Ла а, лахлуш ду сан, хьехан кIоргера санна, хазар къора долуш. ХIара къамел, вайн «Боьлаке» дIакхаьчча дан лерина вара со. ХIинца, хан яц!
Вайна езарг, онда пачхьалкх ю. Вайн кегийра элий, паччахьаш вовшахатоьхна юкъара олалла ца кхоллахь, кхане хира яц вайн тIаьхьенан. ХIинццалца вайн дайша, машаре а, ца хуьлчу даьлча дуьхьало ен а, некъ бу дуьненчохь бинарг. И бахьана долуш, хьогIечеран дуьненан аьттонаш нисбеллачу а, и аьтто вайн лахбеллачу муьрехь, эшар хуьлуш хилла вайн дайн. Масала ду, вайн дайша дIаделла Шу-маран, Баб-иллун, Хана-Марин, Ас-Суран, Арара-пхьан, ЛавантIе, Сийрин, хIинца карара дала томехь долу Харранан, Кашни-Аренан мехкаш. Вайн ницкъ, лаьмнашца бу. Аренга девллачу муьрехь, оьшуш ду вай. Цундела, сан ваьран вежарий! Аша, вовшахатоха безарш бу ламанхой, цу шайн «ХIал-Да» «энин» гонахьа.
          - Муха!? Ткъа Веза-Воккханиг? – аьлла, цеце аз хазийра, къано галавалар тараделлачу Варзапас.
Жимма хан а ялийтина, садеIар сихделлачу Эйас, къамел долийра.
          - Вайн дайша хийцина дукха «эни» - «Ан», «Энлиль», изза волу «Ку-мар-ба» ву иза. ХIинца, дIатаса йоккха юкъ йисна воцург «ТIо-йа-Ша-ба» «эни» ву. И Веза-Воккханиг волу «Эла-ба-ха» юкъаваккха, я вай дайша ма-яккхара цуьнан цIе «ХIал-Эла» ала оьшург хан а, агIончаш а, ницкъаллехь болу бух а бу. Хан яц, агIончаш кIезга бу, керла бух а бац. Шира бух тIехь керланиг кхолла, алсама къинхьегам а, таро а еза. Цкъачунна, аша цу «ХIал» дашах бух а кхоллий, цу буха тIехь кхиабе «Да», я «Эла», олу кхетам. Йоккху цIе мухха а елахь а, цхьана, юкъара волчу «энина» хастам барца боьзна кхетам бу, цкъа хьалха, адаман коьрте билла безарг. ШолгIачу муьрехь, цу кхетамна гонахьара дукхаэнин чалх ю дIаяккха езарг. Иза дан аьтто хира бу, юкъара, тIемалочуьнан хьесап долу «энин» гондахьа, онда кхиамаш болу паччахьалла аш кхоллахь. Вайн коьрта мостагI, Ашшур ю шуна. Аша, пирIунан цIийнаца, я «касситин» ламанхошца хьагI лелаяхь, шу даима цIураниш хира ду, мел чIогIа пачхьалкх вайн елахь а. Хеттишна шу оьшура ду, туьрсан метта. Уггаре а хьалха, кхоьссинарг, цу туьрсах кхетийла аша дицдахь, даима айпе хира ду шу. – олуш сецира, садеIар хала долу къано, - Муьлххачу хIуманан дог гIелделча, иза гIора доцург хуьлу. ГIора дIадаьлларг, хуьлда иза уггаре а буьрса акхаро, чIагIалкхин ижу хуьлуш ю. Тахана, Маса-Сурахь долу «ХIал-Дан» аьрда-цIа, цу лаьмнин кIоргене хьош, керла юкъ кхолла еза. Масала, «Нах-Арин хIордана» гонахьа йолчу кIоштахь го суна, вайн «паччахьаллин дог». Ткъа шу, сан дега безаман зезагаш, хIинца шеллучу сан тиша дегна гIора латтош йолу, хазна яра даима. Аша, шайн дегнаш чохь кхабалаш, цу Веза-Воккханиг волчух долу тешар. Тешар, тешам, гIора бен дац шуна, шу толаме далон дерг. КъинтIера довлалаш къаночуьнгара, дог дохош даьллачунна. Суна шу гуш дац, хезаш дац, сан мотт а бу тийсалуш, шен орамашка еъначу гIоро гIевне бан кечбина. Со, тIаьххьара доIа дан волу. Шун Iодика йойла! Гург хира ду-кх вай, цу керлачу дуьненахь. – олуш дIатийра, йиш хаьлла озаца, ша тешачу цхьана Далла, шен тIаьххьара доIа дан кечвелларг.
Гонахьа лаьтташ тийналла яра, тIаьхь-тIаьхьа гIеллуш долу, къаночуьнан йиш хаьлла аз бен дацара цу арахь хезаш. Амма, гонахьарачеран дегнин, гIайгIанан, хиша башийначу бIаьргин мохь ала йиш хилча, и аре екийна ца Iаш, цу дерриге дуьненан еа маьIIехь хезара долу, инзаре цIогIа дара Эйан сица дIадоьдург.
          - Сийлахьа волу сан Веза-Воккханиг! Хьайн къинхетам бехьа, Хьан бакъдерг хууш доцчу кху адамах. Дуьне кхуллуш, ахь тхан дайшна елла и хьена дежийлаш, хьоькъу латтанаш, тхан бераш хуьлу зударий, яхь йолу къонахой ницкъаллехь а, гIораллехь а хилийта ахьа. Ахь царна ма-эшийталахь, доьналла, майралла йолу хьалханчаш, хьекъалалла долу къаной. ХIай Силахьа волу сан Веза «Эни»! Со Хьуна хьестало, аса Хьоь доьху, цхьабарт болуш де ахьа сан халкъ, тхойца гергарло долу ваьрраш. Тхан мохк хьогIечух ларбан, сан вежаршна Ахьа таро лолахь онда гIепаш кхолла, лоллех тхан зударий, бераш лардан. Тхо Ахьа делахь, тхан мостагIин хьогIах ларадинарш. Кхана, «ХIал-Да» хьестон волу сан ваьран хIара вежарий, Ахьа ларабелахь вонах, хьалхабахалахь зуламах. Кхара дечу цу къинойн бехкениг, со цхьаъ велахь Ахьа. Хьо цхьаъ бен вац-кха къинхетамениг, кху дуьненан Да а, Iаьршенан Эла а. Хьан дуьхьа, аса хIора шарахь сагIина луш хилла итт бугIа, шийтта Iахарх бахьана дай сан къиношна гечделахь хIай Веза-Воккханиг! – аьлларг дара, гонахьа Iаш болучара кхетош хезнарг.
Хьедечу балдех хаалора, цуьнан доIа дар чекхдалаза дуйла. ТIаьххьаре а, и балдаш дIасевцича, гIевно лаьцча санна Iачарех волу Сур-Шенас, шен лерг Эйан бете даьхьира. Эйас, хIинца а садоьIуш санна хетаделира цунна. Кху дуьненах тIаьххьара бIаьрг тоха санна, ша доIа дан волалуш къевлина бIаьргаш диллира цо, шен гонахьа Iачаьрга хьожуш. Ша лоьхурш гича санна велакъежначу Эйас, шен хьаж шарделла корта, аьтту агIонга карчийра, кийрара тIаьххьара са арахоьцуш. Дикка Iийра цунна гонахьаранаш бист ца хуьлуш. Тийналла йохош, тIаьххьаре а вистхилира Эйан лор а, дахарехь накъост а хилларг.
          - Лараме марой! Шен дахарехь, кху Эйас олуш хезана ву со шен валарх лаьцнарг. «Со велча, сан дегI мичхьа доьлча а бен дац, даймахкахь сан барз хилчахьана» олий. «Ков-кха-азан» халкъаша кхиийна муьлхха а латта, шен даймохк хеташ вара иза. И хаийтар суна тIехь ду. Ткъа дан дезарг, шуна дика хуура ду. – цуо аьлча, меттабаьхкиначу мароша, сиха шаьш караийцира.
          - Цунах лаьцнарг дуьйцуш, вовшеха дагадевра ду вай, кху Эйан хилла и васт а ларош. – элира, бIанакъосташлахь воккха волчу Сур-Шенас.

 
«Дагахь а доцу дуьхьалкхетар»

          Новкъахь, шайна Iорадаьлла цхьа «да-мат-Iу» долчу, Эйан дакъа кечдан, цу метте юхаяхара къепал. ЮхабогIура болчу БугIа-Сирри бIон дуьхьала вала, цхьа гIаролхо витира цара, цу къепалан новкъахь. Дийнан, кхозлагIчу «хурадин хенан» шийтталгIачу декъе йирзина хан яра, дакъаделлачу цIийнан хьоькхнаша къарзйина юьхь йолу, БугIа-Сиррица вахна бIонакъост, «да-мат-Iун» керча кхочуш. Сийсара, Сур-Шенан бадийначу динахь вара иза. Говрана даьллачу хьацаро асанаш кхуллуш, букъа юккъера дуьйна, ге кIела кхаччалца йитанчу таьчннаша гойтург, генара, масо йолуш бина некъ хилар дара.
          - Говр йолаялийта, асар лахдаллалца! Хи а, жим-жимма малийта цуьнга. - аьлла буьйр дира Сур-Шенас, хьагвеллачу «геланчас» хи молачу юкъана. – ХIун шийла кхаъ бу, хьайна а, говрана а сел ницкъ беш ахьа беънарг? Мичхьа бу вуьш?
          - Сийдолу марой! БугIа-Сирри а, вуьш а, байъина Iоьхкаш бу аренца, говраца, эха дийнахь некъ балла йолчу геналлехь.
          - Муха!? Хьа байъана уьш? - Ашшуроша. Хетарехь, тхо тIенисделларш, талламан дакъа долчух тера дара. Шийтта дошлочух лаьтта и дакъа, шиъ бен кIелхьара ца волуш, вуьш берш тхан карах белла Iоьхку, хьаргIин даар хилла.
          - Вайниш санна, бохий ахьа. – оьгIазе кхоссар йира, кху деношкахь, БугIица доттагIалла тасадала кхианчу Варзапас.
          - Собар! – аьлла, девеши кIант, шичана тIечевхира.
          - Амма, хьуна дош ша ма-даллара, БугIа-Сиррис са даьккхина Iуьллуш ву вайна зулам динарг а. – олуш чета кхевдина, гIагIа бухара схьадаьккхина урс кховдийра бIахочо.
          - Муха нисделла, шу цу ашшурошна тIе? Иштта дукха уьш хилча, шу стенна летта царна тIе? – аьлла, диначу хаттарна реза ца хиллачу бIахочо, къоршаме кхоссар йира:
          - ТIе ца летча довларе тхо, и оха лоьху чагIалкх, церан карахь хилча! – аьлла.
          - Вай сихделла. Собар дехий, дуьххьара дуьйна, ма-хиллара дийцал ахьа шайца нисделларг. – олуш, кхин цкъа а, хи чохь долу кхаба кховдира, Сур-Шенас бIахочуьнга.
          - Кхузара дIа, цхьа ткъеитт чакхарма хиллал оха некъ бича, цхьана «да-мат-Iуне» кхечира тхо. Цигахь Iачу нахера тхуна хиара, «хуради хенан» цхьа дакъа хиллал йолчу хенал хьалха, кху хьан динахь, цхьа бере цигша тIехваьлла малхбузехьа вахарх лаьцнарг. Цул совнаха, селхана цу меттехь хааеллачу, Хибакера еъначу тобанах лаьцнарг а хьахийра цу наха. Аша дуьйцуш хезна, Тарш хилар магийра оха тхайна юкъахь. Цу наха дийцина цу хьалханчин аматаш а, Таршечух тера дара. Зуламхочунна тIаьхьакхиа лерина доьлхачу тхуна, цхьаъ ах чакхарма хиллал хьалха воьдуш, говрахь волу стаг ву ала томехь амат дайра. Цу аматна генахь боцчу гу тIехьара араяллачу тобано, и тхуна оьшург шайх дIаэвира. Цигахь кхин хье ца луш, и тоба цу гу тIехьа къайлаелира. Таршан тоба хиларх тешначу оха, тхайн дой чахчийра царна тIаьхьакхиа. Гуш боцчу ницкъо даге шеко кховдийначу аса, БугIа-Сиррин моха ярца йолу амал сакхоне ян, дешнаш карийра суна. Шайна кхерам ца хиларх тешнарш, шайн кхерамазаллина кIезга бала болуш хиллера. Ши бIе гIулч ца кхоччуш тхо герга дахча, гу тIехьара тхуна схьахезаш, дикка къасталуш доцу къамелаш дара махо схьакхоьхьуш. «Нах-хуррин къамелах тера ма дац иза» аьлла кхоллаеллачу ойлано, кхин а алсама сакхе хилар тIедожийра тхуна. Цхьа бIе гIулч хиллал тхо герга гIоьртича, къамел дечеран хабар шеко а йоцуш ашшуройниг дара. Динара воьссина БугIа-Сирри а, со а таллам бан вахара, гучаваларх а ларалуш. Цхьана лоха оькъам тIехьара дIахьаьжча тхуна гира шийтта дошлочух лаьтта ашшуройн бIо. Хьан дина хиъна и гонна хьийзош цхьаъ а волуш, вуш берш, «вайн зуламхочуьнга» леварца доьзна хаттарш деш бара.
          - «ТIехьаьжча, къениг ву хьо. Амма дин, «лиммун» бу аьлча а, адам теша йиш йолчу томехь бу хьан. Хьо, къоладийриг ву, я цунах тера леларг ву. Дийцал, хьо мила ву а, хIара дин хьуна мичара баьлла а? Ца дийцахь, и хьан модех буьзна корта, цу кIозарегех шад бина, диттан гаьнна тIеуллуш бу-кха оха, хIинццехь!» олуш цхьаммо тур баттара даьккхича, дегI нисдеш, кура чIенга ойъуш дIахIоьттиначу вайн «хьешо», иштта дешнаш элира: «Шу, сихмало со вен. Аша со Ададнерарина, я Мардукъ-Ахина тIекхачавахь, шайн даржашкахь шу лакхадовла а, ца довлахь, даккхийчу совгIатин дай хила а тарало шу. Ткъа и говр, «Ашшур» «энина» гергахь, «Мардукъсин» цIарца а волуш, «нах-арин ламанхошна» юкъахь, «Ахикар» а волуш лелачу ямартхочуьнан ю. Цу стага, Куллимари-ГIалин «лиммуна» тIе цIе а кхоьллина, «талламан корта» хиллачу Синшараца, тахана Заййан цIарца талараш лелочу, бIонбаьччан Нациран метта хIоьттина хиллачу Асаккуца бертахь, цу гIалин хазна хьулйиначех цхьаъ ву, цу говран да!» цо аьлча. «Ткъа хьо мила ву?» аьлла диначу хаттарна а, курра жоп делира цо: «Аса бигалъяхна цIераш йолу дай бен бац, сан цIе йовза хьакъ берш» цо аьлча, ган а гуш дог-ойла хийцаелира вукхеран.
          - Хан яц вайн. И стаг вай хIинццехь ца вехь, Iаламата доккха зулам дера ду цунах. –аьлла, чехкка, накъосташна тIевахара, цхьаъ дагалаьцна БугIа-Сирри.
Тхойша тIекхоччушехь, хеттарш дан волавелира и хьалханча: «Мас Iад ду вайгахь? Диъ! Мас гIемагIа ю? ВорхI! Тарраш? Пхиъ! ТIаккха вайн, цIеххьашха диначу тохаро пхиъ вожора ву. Висна бархI, шишша а ца кхочу вайна» цо аьлча, аса нисвира иза: «ВорхI бен ма вац, и дошло?» аьлла. «Ткъа вайн «мисканиг»? Иза-м, кхаане метта хила, таралуш а вай! - элира БугIа-Сиррис, - Сан тIеман вежарий! Царна юккъе чухохкара ду вай, вайн дой. ТIекхочачу юкъана, цхьацца пха а, цхьацца гIемагIа а тоха кхиа деза вай. Виснарг цхьаа кIелхьара вера воцуш болх вай ца бахь, и хаам кхача беззачу дIа кхачахь, вайна башхалла йолуш хира дац де хьалха а, я ши де тIаьхьа а далар. ХIинца аша, чехкка шайн говран бергаш тIе тIеулларгех кескаш яхий, уьш бергех хьарчае, хенал хьалха цу бергин тата ца хазийта. Вайх дийна висначунна, таьIIана-боьмаша бос болу тIеуллургаш хилийта, сан дош ду шуна» элира цо. Дуьххьара оха диначу тохаро, ялх дошло вожийра, шиъ БугIа-Сиррис а воьш. Царех кхин цхьаъ а, букъа юккъе кхетта пха а болуш, нацкъара вадийра шен говро. Тхуна виснарг, цхьацца мостагI вара. Бакъду, БугIас ма-аллара, и «мисканиг» Iаламата йоккха латаран корматалла йолуш а, кхаанни метта ларалуш вара. Иза хьесапе ца эцначу тхуна, боккха тешнабехк хилира, тхох шиъ вийнарг иза хиларна. Цул совнаха, БугIа-Сиррина лен волу чов ян а кхиара иза. Цхьанни вадар а хуьлуш, биснарш оха байъича, цу меттехь дийна виснарг сой, чевнаш хилла БугIий и «мисканиг» бен вацара.
          - Баппа! Суна, схьа тIетакхаел и чагIалкх. Ахикарна айса делла дош кхочушдар, сан декхар ду, - аьлла, шен хаьнтIера хьалаяккхина шаьлта, аса герга такхийначунна дега юккъе чутуьйхира цо, - ХIара чов, ахь сан бIонакъостанна йинарг ю хьуна. Ткъа хIара, тхан дегайовхо хиллачу Эйана тIера хIоттийна сан мухIар а ду хьуна олуш, хье юкъ лоцуш тоьхна, тIехьашха чекхъялла юьхьиг лаьттаха юьйгIира цо. Цу кхойттанах, воьалгIачуьнан са шен куьйгаца паргIатдоккхуш. ЦIий сацо аьтто боцучохь йиначу чевно, дукха хан ялале и турпалхо а дIатевира даимана. Ша валле цо аьлла дешнаш иштта дара: «Суна къинтIера довла ала, сан накъосташка. Эйага а дIахаийта, суна вевзина вацахь а, и тешачу цу Веза-Воккханиг волчух тешар долуш, сан дIавахар дуйла» - олуш, шен къамел чекхдаьккхира Баппас.
          Цу къамело синтем байъанчу накъостийн яххьаш, гIайгIано макхйинера. Цу арахь хIоьттина тийналла йохош, тIаьххьаре а Сур-Шен вистхилира.
          - Тхо санна, и Веза-Воккханиг волу «ХIал-Да», къинтIера волийла цунна а, цуьнца эгначу къонахошна а. Баппа! Церан декъий, генахь дуй кхузара дIа?
          - «Да-мат-Iун» дайшна, цу докъешна доладар, тIедиллина аса. Оха вийначу цхьаннин кочахь кхаьзначу тIоьрмиг чохь карийна дети делла, царна тIера сагIа а доккхуш, вайн Iадатца дIаберзо ма-беззара церан гIуллакх дар, шайна тIе цара а эцна. Аша некъа тIехь витанчо хаийтина соьга, вайн Эйа дIавалар а. Цу безачу «энишна» езачу, лакхенан тIегIанехь хира волу, хьаша войла цунах. – олуш дIатийна бIахо, цуьнан малаваларо, когаш чуьра садIадаьлча санна лаьтта охьахаийра.
          - Гуне! Ваване! АлгIа! Варзап! Вай дагадовла деза моьттуш ву со, кхин дIабийра болчу некъах лаьцна. Кхузара шина докъешна доладан ву, Эйан гIоьнча, цуьнца ши лай а. Бухависна вай пхийтта стеган ницкъе хьаьжжина, сацам бу вай бан безарг. Кху меттехь кхерсташ, Тарш а ма вуй. – олуш, «да-мат-Iун» беша вахара Сур-Шен, шен тешамечу накъосташца.

          «Доккха Ха-бу-ара» хин, уггаре а йистера, малхбалехьара долу онда га дара, «Кашни-Арин лаьмнин» тIехуленан чIажара, хьостано кхоьллиначу татолах хилла, тахана Ашшуройн, «Митаннин» доза билгаладаьккхина хи. Цуьнан аьрру агIонгахь лаьтта Набулу-ГIала, дозанан гIала-гIап яра. Цу гIопара арабаьллачу къепалан некъо, гIалина дуьххьала нислучу хин гечонна тIекхачале, шалгонан санна ши га кхоллинера. Царех цхьаъ, хи хадош Уднунна-ГIалаца зIе тесна къепалан некъ белахь, шолгIаниг, цу хица неврехьа хьалабоьду некъ бара. Кхо бутт хьалха, Сур-Шенас чIагIдиначу чIаже кхочура, цу некъан и га. Цу новкъахь хила везара Тарш а, цу новкъахь нисделлера, БугIа-Сиррин тоба ашшуройн талламан декъана тIенисйалар а.
          Амма, хил сехьабевлла, таллам беш «ашшурой» хилар, къонахошка ойла йойту хаттар дара. Иза хила таралора, кху агIонгахь «митаннихойн» совъялла жигаралла а. Нагахь санна, кху къепалх лаьцна цхьа хаам цаьрга кхаьччехь, тIаккха а таралора йийсар лаца а, ца лацалахь талор дан а, и тайпа дакъа кху агIонга хьажон. Сур-Шенас дагавалархьама йиначу цу кхеташонехь хилла сацам, арабаьккхина некъ кхин а дIабан лерина бара. Къано а, я лен гIоьнчаш а боцуш дисначу декъан, цу масалла йолчу тобанан а, декъашхойн а, сий дойъу хаттар дара, «новкъадовлий вай?» аьлла хIоттийна хаттар. «Да-мат-Iун» дегара, масех, кир лелон бIарза а эцна, шолгIачу дийнан, Iуьйре дIашершиначу хенахь, цхьатерра болчу къонахойн тоба новкъаелира. Иза дара, «элул» беттан, 5-гIа де (2-гIа август).
          БугIа-Сиррин а, цуьнан накъостийн а декъий дIадерзийна, царна сагIа доккхачу муьрехь дIакхечира некъахой. Цаьрца дакъалоцуш севцира уьш, суьйренга хан таьIча новкъабовла.
          «Да-мат-Iун» дегара хиара царна, и ашшуройн талламан дакъа хилар а, кхин масситтанхьа уьш гина хилар а, и де тIекхачале. «Церан декъех хIун дира аша?» аьлла диначу хаттаро, эхь хетийтара къерчан дена.
          - Цаьргахь хилла герз а, тIехь хилла гIагIа а дуьйхина, гIаттаман тоба кечйина аса. Эшах сайн кхерч ларбан а, эшахь даймехкан гIуллакхаш дан а тоба кхоллар, кху муьрна оьшург ду моьттуш ву со. Ткъа декъий, акхарошка нах лелачу новкъахула дIасхьа ца идадайта, цхьана хенахь догIнаша кхоьллиначу саьнгар чохь къайладехира оха, тIе латта тосуш. – цо аьлча, «Нийсаниг ду-кх, аша динарг» элира Сур-Шенас, цуьнан сакхе хилар, эрана гаттадо са хилар дуй а хоийтуш.
СагIех а кхетта, араяллачу цу тобано сарралца некъ бира, селхана БIугIа-Сиррис шен накъосташца турпалалла гайтиначу метте шаьш кхаччалца.
          - Кху гу тIехь, буьйса йоккхура ю вай, - элира, гонахьа бIаьрг бетта ваьллачу Сур-Шенас,
          - Баппа! Хьалавалал цкъа. Гой хьуна, хьалла хин гергахь йолчу аренгахь тIехула хьаргIанаш а ийъалуш болу тIадам – цо аьлча, цуьнан хаттар чIагIдеш корта таIийра бIахочо.
          - Гахь, хьайца цхьа-ши накъост а эций хьажал цигахь дерг толлуш. Сема хилалаш! - олуш, лаьтта воьссина, шен лацаелла меженаш хьекхон а, лестон а велира Сур-Шен.
          БIанакъостий а паргIатабевлира. Хье ца луш юхавирзиначу Баппан карахь яра гIемагIа а, тур а, накъосташкахь турс а, таж а, исбаьхьа кечдина доьхка а. Цхьангехь иштта яра юьхь лаьцна ялош кхел а.
          - ХIара гIемагIа аса лелон, мел кIезга а ворхI-бархI шо ду. Аса кхуьнца вийна исс мостагI а, кхоъ зуламхо а, иштта цхьа лом а. Ша лечу муьрехь, сан дас суна дина совгIат ду хIара. Селхана, сан хIара гIемагIа генара ластийна кхетта ашшуро, шен говро вадор бахьана долуш, иза байъаначарна юкъахь ца карийча, «Сан гIемагIаца, къайлавели-кх сан иза» аьлла дог доьхна вара со. Цу Везачу «ХIал-Дас» юхадерзий суна, хIара, сан ден совгIат. Алкханчин даар хилларг, сан селхана веддарг ву.
          - Иза, дика кхаъ бу. Ваване! Ахьа хIун эра дара, кхара еъначу хIонсах лаьцна? – аьлла диначу хаттаро, сакхониг вира ламанхо.
          - ХIумахуург, я хиндерг хуург со велахьара, кху хIонцана гонахьа цхьа хьесап дан мегара аса. ХIинца, суна-м ца хаьа хIун ала деза. Бакъду, кхара ялийнарг кхел ю. Нагахь санна, ашшуроша шайн талламан бIахой кхелаш тIехийшош белахь, говрин къоьлла хила еза цаьргахь, - цо аьлча, «ХIай-хIай, жолам яI!» олуш велавелира сур-эла.
          - Нийса хьесап ду. Иза вай тидаме эца деза, «Хулчин накъостий» болчу «там-карашна» доьхкуш, ашшурошна говраш йохкар.
          - Цхьана Хулчина дихкина ца Iаш, боллу ламанхошна дехкар дан деза – элира, цу къамелан тIетайначу Гунес а.
          - Боппа! Аша тIом биначу меттехь цIе а латаяй, пхьорана амал бе. БугIа-Сиррин са даьллачу меттехь, цуьнан сина тIера мала, цхьацца кад хиллал чагIар карора дарий вайна? – хаттар дира сур-элас.
          - «Да-мат-Iун» дас, цу вайн цхьана вирбIарзан мохь юккъе лежиг юллуш гира суна. Иза хи дацахь, етта шура-м йиллина хира ма яц цо? – элира, забар ян дог догIуш волчо.
          - Иза а, нийса хьесап ду – Сур-Шенас аьлча, тахана, дуьххьара белабелира цхьацца берш.

 
«ТIаьххьара тIом»

          Готтачу метте хIорш нисбеллачу хенахь, кхарна дуьхьала нисса тIехахкаелла йогIура «мар-ка-ба-тIе»99. Гонахьа гуш, кхин шеко йолу хIума дацахь а, цу вордано дохьург диканиг доцийла кхеттера бIахой. Цкъачунна, кхарна хууш дацара цо бохьу некъ орцане бу, я хьогIениг бу. Иза хила таралора, кост дохьуш вогIу геланча а. Амма архаш юхаозош йоцуш, даггара чехочу говрех хIорш кхийтира, тилавелларг, я хьогIениг иза хилар. Шен Iоде, ю юьхьиг йолу ира пха биллиначу Сур-Шенас, кхобIе гIулч генара, дуьхьала пха хийцира. Ворданах йоьжначу шина говрах, аьрру агIонгарчуьнан гола лоцура йолуш дара, цо дина и тохар. Нагахь санна, иза мостагI воцуш тилавелларг хилахь а аьлла, ларваларца доьзна дара цо динарг. Бакъду, бIонакъостий а, сакхо йина бара. Кхуо ма-леррара, гола лоцуш кхеттачо пхено галаякхина говр, цIеххьана аьрру агIонга дIаюжуш, «мар-ка-ба-тIе» ворда а юьстаха кхоьссира. Амма, оькъамаш юкъахь кхуьачу лохий кондаршна юккъе лаллаеллачу вордан тIера, масех пха хеца кхиара цуьнан Iодахо. Iалашо лацар доцуш схьатоьхначу пхенаша зе ца дира кхарна. Бакъду, шолгIа пха, Ваванис дуьхьала лаца кхианчу туьрсах богIабелира.
          ТIаьхьайисна йиначу дуьхьалонан жамI дара, цу Iодахочуьнан букъах а, агIонах а летта масех пха. Шайн хIилла чекх ца далар гина мостагI, шайн къайленгара гучабовлуш чухахкабелира кхаа агIонгара. Цкъачунна, лаахь юхабовла, букъ маьрша бара кхеран. Амма иза дан, цхьаненна а дагадогIура дацара кхарна. Шена хиллачух ца кхетта говр, цецъялла терсара. Шен лазийна ког а текхош, оькъамаш юкъакхетча, цу юкъахь тасаеллачу ворданах мукъаяла гIертара иза. Ткъа шолгIаниг, цкъа-шозза тоха а елла, «кхуо хIу до!» бохуш санна, шен «накъосте» а хьоьжуш Iуьллура.
          Мел кIезга а, ахбIе гIаш-бIахо вара ахго лаьцна тIебогIуш берш. Цу ахгонна юкъ дIалаьцна вогIу пхийтта цхьатерра гIагIаш а, герзаш долуш хиларна, бакъ тIемалойн дакъа хилар гуш дара генахь уьш белахь а. Бакъду, церан шина агIонгара ши тIам, низам доцуш хилар а тосаделира кхарна. ШолгIачарех дукхаха берш Iодахой бу ала йиш йолуш белахь а, цаьргахь гуш, тайп-тайпана герз дара. Нагахь санна, и готта меттиг кхара хаьржина хиллехьара, тIеман корматалла йолчо хаьржинарг лара мегара дара. Амма цу тIелеттачара, шайна сел аьтто боцуш нисйиначу цу кепо гойтура, цхьа хьуламениг хилар нисдинарг. Иза иштта хилар чIагIдан санна, кхеран букъа тIехье къовлуш, иттех дошлочух лаьтта, жима тоба гучаелира. Кхарех дукха берш Iодан, гоьмукъан, туьран корматалаш цхьатерра цхьангахь йолуш хиларал совнаха, дошлойн масо гайта аьтто а бара кхеран. Иштта волчу цхьана тIемалочо, цхьаъ корматалла йолу, итт мостагI эшош нислора тасадаларшкахь.
          - Сан бIанакъостий! Яхь йолу кIентий! Дегнаш, тоха-м ца делла шун? Цхьаннин, виъ бен ца кхочачу цу мостагIчо вайна кхерам теснехь, вайн букъ тIехьара и итт, вайна дуьхьало яц! – Сур-Шенас олучу юкъана, кхеран букъа тIехьа, «мар-ка-ба-тIе» олу кхин шиъ, тIеман еза ворда гучаелира.
          - Лараме Сур-Шен! Тхан дегнаш тохаделла хьуна! Тхан меженаш, зуз хьаьдда эгош ю хьуна! Яц, кхерамо дог Iевдина а, стешхалло зуьзе йина а. Тхан лаам хьаьгна бу, цIийн таьчнаш деш, хIара аре къарзъяйта тхайн дера герзашка. Амма, вайн баккъаш тIе цара кIезга мел туху а, хIара тасадалар сиха чекхдера ду. – олуш, урх юхаозийначу говран чоже коган кIажош туьйхира Гунес, иза тIехьарачу тIаьннаш тIе а хIоттош.
          - Цо бохург нийса дуй, ламанхойн цIокъбергаш!? – аьлла диначу хаттарна забаре кхоссарш йира масситтамо, - Делахь, ладогIал соьга! «Хабирой»100 , цу шина агIонгахь тIебогIурш уьш хиларх, сан цхьаа шеко яц. И чагIалкхаш цкъаа хилла яц, корматалла йолу бакъ тIемалой. Шайн йоцу и корматалла, цIийх Iабар доцуш хиларца меттахIоттош ю цара. Амма, аьтту боьхначуьра, уггаре а хьалха бовдуш а бу уьш. Цара кхоьллина и ши тIам вай кагбахь, гIагIца чIагIбелла и юккъехь богIурш совцон, «мисархойн кеп» гайта езара ю вай. Вайн говраш гулахь а йитина, бердаца дIахIуьттара ду вай, и хьалла, «мар-ка-ба-тIе» Iуьллучохь долчу оькъамаш юкъахь. Вайгахь долу, кхаа тайпана пхенаш тохар хилийта иштта. Дуьххьара, ира ю санна дерш тоха. ШолгIа - саьнгал, силам, туьха вовшахэдина, «цIеран пхенаш» тухура ду вай, шибIе гIулч уьш гергабаьхкича. Вайгара, и «цIеран» кхоккха пха дIатоьхначул тIаьхьа, гIан амат долу пхенаш деттара ду вай, Iодан батташ ясъяллалца. Цул тIаьхьа, вайх дийна виснарг, говрашка а хевшина чекхлелхара ду вай. Ткъа хIинца, пхиппа векъало цу кхаа декъана тохарш дан! Сихо е! – элира буьйр диначу Сур-Шенас. Селхана, хIара хира дуйла хууш санна, Сур-Шенас кечдайтина кхаа тайпана пхенаш, цхьана батта чохь «ю юьхьиг» ерг пхийтта а болуш, биъ «цIеран пха» а болуш, бисна пхийтта пха «гIан амат» долуш бара.
          Йиъ бIе гIулч хиллал гIаш бIо гергабеъча, халхара пхийтта «ю-пха» хийцира сур-элан бIахоша. Бакъду, шайн Iалашоне кхаьчнарг цхьаъ бен бацара. Биснна исс кхоьссина хIорш бовлвчу юкъана, тIелеттарш ши бIе гIулч гергагIоьртира. МостагIчух, воьш-лазош дIакъаьстинарг вара иттех стаг. Кхарех а цхьаъ вийра. Цхьатерра кхара пхенаш дIахецначул тIаьхьа, мостагIчо юхатухачу юкъана шайн туьрсаш схьаэца кхуьура хIорш а. Амма, къепе йоцуш «хапируоша» детта дукхаха пхенаш шайн Iалашоне кхочуш дацахь а, дийриг цхьана метте гуладан новкъарло йора цара.
          - «ЦIеран пхенаш» дукхаха дерш юккъерачарна тоха! – аьлла, сур-элас мохь тоьхча,
          - И хьалла, тIах-аьлла хьийзарг цкъа сацийчи бен кхин Iалашо ца лоцу хьуна аса-м – аьлла, тIаьххьара «ю-пха» дIахийцира Баппас.
Юккъе, юткъа езан тахта лоцуш, бугIан шалха ниI тIетоьхна, ахдегI къайладоккху тIах-аьллачуьнан турс лоцуш кхетта, Iуьрг доккху пха чекх а баьлла, туьрсан аса лаьцначу куьйгах бахара. Цу тохаро жигаралла йохийра цу хьалханчан. Ткъа иза хьалханча хиларх, кхуьнан шеко яцара. Пхьарс мукъабаккха гIерташ воллачунна, Iалашо нисйина тохар дан аьтто баьллера Баппан. Цо хIинца Iоде биллинарг «цIеран пха» бара. Кхаанни цхьаъ лерина хьалххе латийначу хаьштиг тIелецира цо шен беза пхан юьхьиг.
          - Сан хIара пха дIакхетахь, шайн хьалханчана гIодан масех цунна тIегулалура ву. Аша, царна юккъе тохалаш цхьацца пха – элира цо, гергахь лаьттачу шинге.
Леккха айъана дIахецна Баппан пха, охьатаьIна воллачу хьалханчан уккалал лахарчу букъа тIекхийтира, догуш долу саьнгал туьхо тIеуллургах цIе а латош. Цкъацца, шен йовхонца аьнгали а лалош болчу пхено вохар деллачу «хапируога» мохь белира, масех цунна тIе а водийтуш. Ткъа Баппан шина бIахочо шаьшшиннан пхенаш дIахийцира. Цхьа пха лаьттаха а богIалуш, шолгIаниг царех цхьаннин дегIах летира. Цу жIугана хIинца детта дезарш дара ю-пхенаш. Амма уьш дацара, ГIан амат долу пхенаш детта долийра Гунес, Баппас Iуналла дечу цу агIонгара бIахоша. Цундела, жамI а дара кхиаме. Шайн хьалханчица цхьаьна пхеанни декъий дара гулахь Iоьхкуш. Ткъа Вавани Варзапо Iуналла дечу агIонгара «хапируой» «цIеран пхенех» ларалуш севцира. Шинге царна кхерамаш а туьссийтуш, кхаамо, юккъерачу, гIагIо къевлиначарна тохарш долийра. Еха гомукъаш хьалха дIаяхийтина вогIачу иттанан тIехьа сецаш, пхенаш деттачу церан Iодахоша Сур-Шенас, АлгIас куьйгалла дечу юккъера цхьаъ а, Ваванен цхьаъ а ши тIемало вожийра. Уьш эгачу юкъана кхара вийнарг, кхойтта мостагI вара. Шайн гIаш бIахойх кхозлагIа дакъа охьадуьллуш гина дошлойн дакъа чухахкаделира хIинца. ГIан амат долу пхенаш детта рагI тIекхаьчна «Нах-арихой» и дошлой, «мар-ка-ба-тIе» ши ворда тIекхачале аьлла, шайгара пхенех пайдаэца гIертара. Чуччадоьлху хан, тIекхочуш йоллура кхарна. Кхера ши бIанакъост а вужуш, кхин кхойтта а зеназа ван кхиара хIорш. Тарраш, гIемагIаш схьаэцар тIедоьжначу къонахошна латарца йолу шайн корматалла яра гайта езарг.
          ТIеттIа гулабелла висна хIара бархI дIахIиттача, кхарна дуьхьала лата виснарг ялх мостагI бен вацара, ведда воьду виъ «хапируо» ца лерича. Го боккхуш юхахьовза аренга дIалаллаелла йоьду ши «мари-ворда» йоцург, кхарна тIекхиъина вогIура ялх дошло. Геннахь, айъаеллачу меттехь лаьтта виъ дошло, хетарахь, кху мостагIин хьалханчаш бара. Кху ялханца дерг сихха къаста а дина, говраш тIе шаьш ца ховшахь, гонна хоьхкачу «мар-ка-ба-тIеша», инзаре ницкъ бийра буйла хаьара кхарна. Цхьацца гIемагIа кхуссуш чухьевддачу кхарна, дуьхьала виснарг кхоъ бен вацара. Бакъду, ехачу «ашшурочуьнан» гоьмукъо гIагI оьккхийтуш, лен чов еш вожийра турпалхо Гуне. Дарделла лоьмаш санна юкъаверзийна кхо мостагI вожа кхиаза вара, тIекхиъначу цхьана дошлочо, Баппана букъа юккъе гIемагIа латош. Ча санна онда волчу цу нартас, генара кхоьссина варкъа тур, говрана, гIагIан метта хье юккъе лаьцначу езан тахтах Iуьрг доккхуш, коьртах дахара. Хьалхара когаш лехча санна йисина говр Iункара а йоьдуш, цу тIера дошло Баппана хьалха схьакарчийра чехкалло. Цуьнан легаш лоцуш тIекхеттачу Баппас шен чIирхо шегара ца валийтара. Амма, цуьнан садукъдечу юкъана кхеттачу гиемагIас, кийра доссийначу цIийно валар делира цунна. МорзахIо санна лаьцна, мостагIчуьнан легаш а долуш, кхетамчуьра велира Iожалло рагI кховдийна и турпал. Оцу хенахь тIекхаьчначу «маруо-тIаша» диначу тохаро, кхеран кхин цхьа накъост а вожийра. Кхин цхьа дошло а вен аьтто белира кхеран. Гонна йогIачу шолгIа «мар-ка-ба-тIера» схьатоьхначу пхенаша кхеран кхин цхьа накъост а вожийра.
          - Говраш тIеховшийла яц вайн, чехкка, тIулгаш юкъадовла! – аьлла мохь туьйхира Сур-Шенас шен накъосташка, - КарайогIу, уьралла ма йиталаш схьаэцаза – олуш.
Вийна Iуьллачу шайн накъостан кочахь, чохь пхенаш долу Iодан ботт а гина, цунах катуьйхира АлгIас.
          - Варзап! Хьайн гихь доллу и Iад схьалол соьга. Кху баттана чохь, дика тIаьхьало йолчух тера ду. – элира цо, дуьхьала турс а лаьцна юхакIегара оьхачу Сур-Шене дехар а деш, - Сур-Шен! Хьайна гергахь лаьтта и хаьштиг юхакхоссалахь, цу чагIалкхин цIока чахчо, «цIеран пхенаш» карадаьхкина суна - олуш.
Сур-Шенас и хаьштиг юхаласточу юкъана схьакхоьссина гIемагIа цуьнан турсах леташ иза эккхийтара мостагIчо. Лелон аьтто боцу турс охьа а кхоьссина, кхин турс сиха хьалаийцира цо, цхьа-ши гIемагIа а лахьош. Ткъа Варзапас, чов хилла Iуьллу Гуне гивоьллира. Iоде «цIеран пха» буьллуш, цунах цIе латийра АлгIас, Варзапана гIемагIа кхосса лериначунна хьажош. ГIемагIа схьаластош хьалаайъаначу пхьаьрсан, кIело лаца кхиара АлгIа. Делахь а, вукхо кхоссина гIемагIа, Варзапан гихь воллачу Гуненна кхийтира, цуьнан садалар сихдеш. Ткъа цIе леттачу дошлочуьнан, тIехула охьаIийдалучу цу алуно, говран кхесах цIе латийра. Къаьхкиначу говро, дошлойн могIа бохийра, кхарна юхабовллал хан луш. Кхин цхьа пха тоьхна, шолгIа «ашшуро» а чахчавайтира АлгIас.
          - АлгIа! И марздалар дита! «Мар-ка-ба-тIе» ворданашна тоха, хIумма а йитний ахь? – сур-элас аьлча, цуьнан ойла йина воцчо ши пIелг гайтира.
Оцу хенахь, тIекхаьчча йогIура гонна яхна хилла «маруо-тIан» ворда а.
          - Варзап! Со ларавелахь – элира, Iоде ша биллина «цIеран пха», хаьштигна тIелоцуш. Ши пха тоха кхианчу «маруо-тIан» цхьа пха туьрсах а леташ, шолгIачу пхено, гIагI доцчура гуш йолу коган меже лецира Варзапан.
Амма, вордан тускарах кхеттачу АлгIан пхено сиха цIе латийра, цIеран, саьнгалан хьожа кхетта говрашна къахкар луш. И пха ша дIахецначул тIаьхьа, кхин кхо-биъ пха дошлойн агIонга тоха кхиара и къонах. Пха кхетта цхьа говр дIаюжачу хенахь варо къелахь дуьсуш лаьцна цхьа дошло, гIаддаха ветталуш воллура и ког мукъабаккха гIерташ. Таж доьжна бисначу коьртан кIесар кIаг чукхеттачу пхено дIатевира иза а.
Бухависна ши дошло гергагIорта ца хIуттуш лаьттара нацкъара а вьлла. ШолгIа ворда яра цу хенахь чухахкаелла йогIуш. АлгIа а кечвеллера, и ворда тIеэца. Амма, цуьнан лардар доцу дегI туьрсаца дIакъовла тIехьаддачу Ваванен агIо лоцуш цхьаъий, АлгIан дага юккъе кхеташ шолгIаниггий, тохар дан кхиара «ашшуройн» «маруо-тIа». Амма АлгIа а ца висира декхарелахь, и пха кхетале дIахецца куьнан «цIеран пха» тускарах летта гуш бара, бIаьра дуьхьа дахкаран марха йогIачу цу турпалхочунна.
Шина дошлочух цхьаъ, нацкъара лаьттачу хьалханчашна тIе, шен дин хаьхкира хьал довзийту хамталла дан. Оцу хенахь, веддачу шен веа «хапируох» шиъ а вийна, важа шиъ хьалхаваьккхина вогIу церан баьчча юхавирзира.
          - Лараме Заййа! Кху сан геланчас, и дуьхьало еш берш «эшапан бIахой» бу боху-кх. Ахьа, хIун эра дара? – аьлла диначу хаттарна, жоп делира юхавеъначо.
          - Изза дуьйцуш, стешхаллин къамелаш деш, хIара шиъ а ву. Уьш эшапаш ду дац-ам хаац суна, амма церан тIамо, ша гIамаро худа хи санна, бIахойх-ам цIанви вайша. Кхара дийцарехь, церан коьрта эшапан, шайн накъосташа йоккхуш хезна цIе, «Сур-Шен» ю. Иза, вайна оьшу Мардукъси, я изза волу Ахикар-ам вац техьа?
          - Сур-Шен? Мардукъси? Ахикар? ХIинццалца, сан ойла Iехаелла хиларо, дог эший-кха сан. Цу кхаа цIаро хьуламехь латтийнарг, цхьа адам ду. Бакъ цIе царех муьлхханиг елахь а, амма, хьакъ волу мостагI иза хилар гучадаьккхи кху дено.
          - Цу тIехь хьо, нийса лоь. Хьакъ волу бахьо а, маза (разведчик) а, шен халкъан бакъ кIант а ву и сур-эла! И санна волчу турпалхочуьнца хьуьнар къовсар, Хумбабах леттачу Гельгамесан санна, тIаьхьенна дийца сийдолу масала хира ду. – аьллачу Заййас, - Суна даима хIайбатениг хилла ю, хьакъ дерг дезарца йолу ойла. Лараме Мардукъ-Ахи! Хьан пурбанца, со лата воллу цунах. Суна товш хилла-м дацара, стешхалла гайтиначу чIагIалкхо санна, сайна хьалхара бIанакъостий чухехкар. – элира, говрара вуссуш, мохь лелочу вирбIарзана тIевахна цхьа машти а йостуш.
          Иза, лата кечлуш вара, дегIана аьхна а, зийна а долу, бIахочуьнан тешаме гIагIа, шена тIера кечлуш доьгIначуьнца хуьйцуш. Цо аьлла дешнаш Iоттаделлачу Мардукъ-Ахис, резавоцуш хьажар дира бартхочуьнан агIора.
          - Дуьло, царна дIатIегIо шу. Уьш бевдда, байлахь йуьсий а ца хаьа, хьакъдерг дезаш йолу вайн ойла. – элира цо, цу гонахьа лаьтта ялх тIемало, цу тIом хиллачу метте а хьажош.
          - Заййа! Хьо селхана, цу Сийлахьа волчу «Ашшур» «энин» тIемало хиллехь а, тахана хьо, зуламхойн арданган баьчча ву. Хьан бакъо ю, хьайна цхьаннин дезарг бахьана долуш, хьайн дахар кхерамна кIелатийса. Ткъа и бакъо суна елла яц, юкъарачуьнан ойла ярца доьзначу декхаро. Со тешна вац, гIолехьа болу вайн бIахой эшийна болу уьш, вайга зеназа бан лура бу бохучух. Вайгахь алсама пхенаш а, гIемагIаш а ду. Царех гIуллакх хуьлуш дацахь, лата а кхуьура ду вай. Малх чубуза йиснарг а, дукха хан ю. – Мардукъ-Ахис аьлча, велакъежначу Заййас, шен бартахо емалвар доцу дешнаш элира:
          - Цу «Ашшур» «энин» дуьхьа а, вайн Ашшур махкан дуьхьа а, хьан декхар, цу керла хIоттавезачу паччахьан Ашаредаца доьзна дуйла сайна хаарна, вуьллуш ву аса со сагIина метта, кхолламан буйна. Аса йийриг, хьуна гайта лерина куралла а, я сонталла а яц. Бакъду, сонталла бохург, сан, нийса ца хила мега. Таллархочуьнан айъалуш йолу шовкъ санна, асаре йоьрзу сан ойла, хIара санна долу гIуллакх суна нисделча. Со летара ву цу къонахчух. Сан цхьа дехар ду, со летта валлалца новкъарло ца яр.
          - Сан дош долуш ву хьо.

 
продолжение следует в частях 8, 9, 10, 11 и 12. 
​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
Просмотров: 612 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли