Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 3 » «Аьхкенан дIахецарш» = 6
11:39
«Аьхкенан дIахецарш» = 6
«Вассуканна-ГIала. Васашаттан хьеший»
 

 
Историн хаам а, хьесап а:
          Кхузаманан Сирин латта тIехь, цуьнан къилбседа-малхбалехь ю «Тель-Фехерия» (Тель-Эль-Фехерия) олу шира къапалг. Цу махкара, «Хабур» (Ха-бу-ара) олу хица йолчу, «Эль-Хасеке» олучу кIоштахь ю и меттиг. Хетарехь, и къапалг йолчохь лаьттина ю, историкаша «Метанни» а, пирIунаша дитанчу тешаллаша «Нах-Арина» олуш хиллачу пачхьалкхан пачхье – Вашшуканни (Вассуканни, [Wa-]Sikan[-nа], я шира нах-маттахь - «Ва-с-сукан-На»). Ши бIешарахь зазадаьккхина кхуьуш хилла и ГIала евзуш ю, ширачу оьмаран XVI-гIа бIешарашкара. Дуьххьара и гIала йохийнарш хеттиш бу, Суппилулиум-I-раниг паччахь волчу заманчохь. «Нах-Аринан» паччахь хилла, Шаттиваза, ял лург вина хилла цо. ШолгIа и гIала йохор хилла, Ассирин паччахь Адад-на-арари-I-раниг коьртехь а волуш деъначу, ширачу оьмаран 1275-гIачу шарахь (кхечу къасторца, 1290-гIа шо). Кхин цхьа туьйра ду Iилманчаша юкъадаьккхина, цу меттера «Сикан» олу гIала, цу ширачу гIалица язар деш. 1940-гIа шарера долийна, юкъ-юкъа эвсаре дохуш схьаделларан белхаш ду деш, и къапалгаш толлучара.
Сан хьесап:
          Вашшуканни (Вассуканна)* - Нахчийн маттахь а, лугIатехь а, «сунк» олу дош ду. Кхечу тукхаман аларца и дош «сукан» олуш а ду. Масала, дахначу бIешаран 60-гIа шарашкахь а хезна ду вай, орстхойн ваьрах волчу къаночо диттан, я кхечу лакхенга даьлла, вон лела бер човхош: «… хьо стенна ваьлла, цу суканне?!» олий. Иштта масала ду вайн, «сунк» олучу дашах лаьцна гайта а. Коган буьххье хIоьттина, я айъаеллачу ваьлла, цхьа стаг кечарелла лекха хила гIертачу хенахь а олуш ду: «Охьавала! Хьо ма чIогIа, сунк ваьлла!?» олий. Цу масалаша гойту «сунк», я «сукан» цхьатерра маьIналла долу кхетам хилар, шерачу меттиган йоцу нийсалла, некъа тIера жима барз, я ира бохь болу, кхин тайпа меттиг хьахочу хенахь.
«Хурритин» хилла пачхье, кхузаманан историн тешаллаша, «Вашшуканне» аьлла хьахош ю. Кхузаманан Iилманчашна, девзуш дац цу цIарна чудиллина маьIна. Билламе йиллалуш йоцу шира цIераш, ассириологин Iилманчаша, симитин маттан кепе йохкуш, тардар дойла хаьа вайна. Цундела, вайн ала йиш ю, цу меттехь дай болуш баьхначу гIалахоша (нах-хурриташ), шайн пачхьех, «Вассуканна» олуш хилла бохург. ХIунда?
          И «Вассуканна» олу цIе цкъа хьалха, хила таралучу кхетамашка екъар тIедужу вайна – «Ва-с-сукан-На» аьлла. ГIазкхашха аьлча, «На возвышенности есть душа и Проматерь» боху кхетам бу иза. Цу цIеран, хаддам болуш маьIна кхоллало, «нах-этносан» матто кхуллучу кхетамашца, цуьнан биллам схьабиллича. «Нана-ГIала ю барз тIехь», я «…ира бохь болчу гу тIехь» бохург ду цу цIарна чудиллинарг. «На» дош, ширачу «нах-маттахь», «Нана» бохург ду. Вайна, бевзуш бу иштта болу кхетамаш а: «Нана-доьзал», «Нана-Мохк», «Нана-лам», «Нана-ГIала», «Нана-аре», «Нана-хи», ишт.кх.дIа а. Цул совнаха, вайна хууш ду, башхалла йолу гIишлош (аьрда-цIа, паччахьан гIала, гIап, доьзалан кхерч) айъаеллачу меттехь, я окъамаш тIехь еш хиллийла вайн шира дайша. Шерачу арахь, куьйга дина гунаш а кхуллий, цу тIехь хIоттош хилла, масала аьрда-цIенош. МаьIна диначу Iилманчин ойла сеццарг ду, ламанхойн амал хийцалуш ца хилар, лахарчу аренга уьш бовларх. Муьлхха а лоха гу лохий а, и ца карийча чардакх, я бIов кхулли а, лакхе езаш хилла царна шайн кхерчана гергахь. Иза, церан кхерамазалла ларорца доьзна, эзар шарашкахь кхоллаеллачу амало кхиийна ламаст хилла.
          Цундела, шайн меттамотт кхуллачу «ширакавказхоша» а, церан орамах болчу «хурри-нах-урарташа» а, даима, шаьш еш хилла гIала-гIепаш, айъаеллачу меттехь а, я яккха аьтто боцчу оькъамаш тIехь а еш хилла. Иштта, цу бахьанаша нисдина ду, «Ва-с-сукан-На» (Вашшуканни, Вассуканна) аьлла шайн гIала-пачхьена, «нах-хурриташа» цIе тиллар.


          «Аб» беттан, 28-гIа де (26 июль). «Ва-с-сукан-На» гIалахь, уггаре а айъабеллачу гу тIехь лаьтта, «ТIо-йа-Ша-бан» цIарах долчу, аьрда-цIийнан гергахь гучу гIали чохь Iаш, сийдиначарех бархI стаг вара. Царех ялх – Эйа, Сур-Шен, Гуне, Ваване, АлгIа, Варзап цу хIусаман хьеший бара. Ткъа важа шиъ, паччахьан кIант Васашатта а, цуьнан верас-хьехамхо а вара. Дукха хан йоцуш схьакхаьччера, цомгаш волчу паччахье, Шаттуаре хьажа вахна Эйа а, Сур-Шен а. Цара деъна керланиг хаза, сатесна бара кху чохь берш. Цул хьалха, паччахьан кхерчахь хилларг хIун дара?
          Ша волчу веънарг, «Меха-Арин» махкара къанойн корта болу Эйа вуйла хиъначу паччахьас, ша холчахь велахь а, «Нах-Арин» мехкашкахь боккха ларам болу и къано тIеийцира цо. Бакъду, кхул хьалха, масех махкара баьхкина векалш, тIе ца эццера Шаттуарес. Шен кIант питана юкъаозийначу тобанан, декъашхо ган лиара цунна хIинца. Шех кхетта лазарна кхуо бехкечарех лору цхьаъ вара хIара. Ша, Ашшур паччахьна, Адад-На-арарчунна биъна дуй, шен кIенте къарбайтинчу цхьанге хаттам бан, хIара меттиг яларна сапаргIате вара иза. Лазархочуьнан, кIоршаме къамел хаза дезаш ша хиларх, къано а кхеттера и шена ма-гиннехь.
          - Сан кIант, шайн питана юкъаозийна ца Iаш, шаьш бинчу белхан, жамI довза веъний хьо? – аьлла, юкъ-юкъа йогIачу йовхарша юкъаха а вохуш, шен девне къамел долийра паччахьо, - Итт шо хьалха (ш.оь. 1275 шо), шучух тера болам аса болабале а, цу боламан дика кхоллам нисбала безачу муьрехь а, гIо дийра ду бохуш со шех тешийнарг а, и гIо ца динарг а ву, шуьга а, хIара болам болабайтина и Хаттусили. Аша накъост лаьцна цуьнан кIант и Тудхали а, шен да верг ву. Ткъа вуьш, «Касса-Дуьне-йа-са» паччахьаш а, церан тIаьхьенаш а, шун бартахой ца хуьлуш, цу «ашшуройн» лай хила резахира болуш бу. ХIунда? Дера бу, царех дукхаха болу марой, цу «ашшуройн» йиши бераш хиларна. Тахана Хаттусилина оьшург а ду, «нах-хуррин» ваьррех пен а бина, цу пенал дехьа кхиссарш а еш, шун букъа тIехьа Iар. Ткъа юханехьа кхета хIума, дукха хьолахь, цу юкъахь лаьттачунна кхеташ ю. Шу тахана, вайн карахь долучух довла гIерта. Цул совнаха, со а ваьккхи аша дакъаза, дуй къарбинарг сох веш, цу «Исс-Хьара» «энин» огIазлоне, сох ун тухийтуш – олуш сецира, лазаран чарп еъна, цо салаьцна Шаттуаре.
Иза метта а ваийтина, вистхилира Эйа.
          - Лараме Шаттуаре! Хьо паччахь ву, онда хиллачу цхьана пачхьалкхан. Амма, кхане ца гуш яккхиначу гIулчо, хьалха дIа, некъ бойтуш бац цкъацца. Иза ду, шен хенахь хьуна хилларг. Ткъа тхуна хила хьаьхнарг ду, цу хьайн дахаран некъах масала ца оьцуш, айхьа дуй биъна бохуш, «ашшуройн» лоллахь латтабо «нах-хуррин» орамах болчу цу хьан сур-элишна хилларг. Кхо де хьалха, Харран-ГIалахь дара тхо. «Нах-хуррин» адам доцург, боллу бахаман, цигарчу дахаран коьртехь дерш, «акъадай-аморрейан» орамах долу адмаш ду. Уьш, цу «ашшуройн» гIоьнчий хира бу даима. «ТIо-йа-Ша-бан» дин коьртехь хила дезачу меттехь, олалле дан таралург ду, «халдейан» Ур-ГIалара деъна, «баттан энин» дин. Уггаре а дукха хьал дерш, «нах-арихойн» орамца цхьаа зIе йоцу, аьшпаш-буьттурш бу. Ткъа иза, вайн кIошта ма ю, кху ши эзар шарахь, вайн шира дайша кхиийна йолу.
Хьан Iедало, юкъацагIертарца йоьзна кеп лелор бахьана долуш, оха болийна болам, боккхачу кхерамна бухахь бу. ХIунда? Хьан бага хьоьжуш Iан «Меттан-На» сур-элий а, кегийра, нацкъарчу кIоштин дай а, къийсамна юьстахбевлла хиларна. Хьажал хьайна, бархI паччахь вовшахакхеттачу бIоно диначуьнга. Кхин тIех доккха гIо, цу «хеттишкара» доццушехь, вайн дIалийцина хилла мехкаш юхадерзий цара. Бакъду, цу «ашшуройн» яIна кагъян, ницкъ ца тоьи тхан. Вайн воллу, къилбседера кхузткъа паччахь а, «Меттан-На» ницкъ а вовшатоха да ваьллехьара, цу Ашшурах схьаэца хIуьппалг а дуьсура дацара. «Исс-Хьара» «энигара», хьайна цхьанна хира болчу Iаткъамах озавелла, ямартлонан гIулч яккхи ахьа, хьайна муьтIахьдолчу халкъана дуьхьала. «Цу массо а «эниш» тIехь да ву» бохуш, хIинццалца айхьа хестийначу «ТIо-йа-Ша-бан» башхалла а, лахаяккхи ахьа. «Исс-Хьарах», хьайн халкъана «Хумбаба» олу бIоба йина, шен лаамах иза дохийна ца Iаш, хьайн лаам тIехь сецачу кIентан, Васашаттан ойла а йохий ахьа. Селхана, хьан дайшна голалаьттиначарна, хьо санна, и хьайн кIант а, ял лург ви ахьа. Маршонах хьаьгна хилла цуьнан ойла, Iай, гIевно лаьцначу гIах тера ю тахана. Айхьа ден дерг, хьо дина ваьлла. ХIинца мукъне а, цу хьайн кIанте дIало, иштта а хьох дуьсуш долу и паччахьалла. Ца лахь, оха цу «Мехкан Гуламехь», «стешха паччахь ву, вайна коьртехь!» аьлла, дIакхайкхора ву хьо. – бохуш лен ваьллачу къаночуьнан аз хадош, инзаре мохь белира паччахьан кийрара:
          - И-и! И! В-в, в…, дIа, д-д…, - бохуш, хьесап дан йиш йоцу аьзнаш бен дацара, хьераваьллачу стеган санна, бIаьргаш къарзийна, ветталучу паччахьан багара дуьйлурш.
          Уллохь лаьтта Сур-Шен, дика хууш вара, жимма шен оьгIазлоне собар а дехна, сапаргIата даьккхинчу паччахьан матто, ден долу буьйр муха хира дара. Къаьсталуш доцчу аьзнаша ала гIерториг: «Ве иза!», я «ДIасаца е массо а ханна, цуьнан, и кIоршаме батт!» боху, маьIна долуш хиларх а, кхеттера иза. Гонахьа кхобу бIаьрг а, туьран мукъ къуьйлу цуьнан куьг а кийча дара, вонна дуьхьало ян. Эйа а кхеттера, кху латта тIехь, «энин» IиндагI лоруш волу паччахь, барамал тIехваьлла бехкеваро, кху чохь болучара, делазхойн тIегIане ша ваккха таралуш хиларх. Ткъа иза, Iожаллин кара хIара дIалура волу, бахьана дара. Бакъду, кху чохь болу паччахьан гонна юккъера сур-элий, шаберш а бацара, шайггара кхунна зулам дан гIуртара болуш. Царна хаьара, кхул тIаьхьа хIоттавезачу керла паччахьна, хIайбатениг хIара къано вуйла. Шеггара, буьйр дала йиш йолчу «хьалхара туртанас» а, тIех жигаралла ца гайтира, хIара кху чуьра араваккхарца йоьзна ишар яр бен, кхин совъяккхина. Цуьнан и ишар яйна ши хьаша, бехк ца биллар а дехна, сихха цу чуьра аравелира. Царна тIаьххье араваьллачу гIоьнчо бовзийтара «туртанан» лаам:
          - «Сихха, Васашаттан гIала гIуо» боху шуьга. Соьга хаьттича, гIолехьа хира ду, хIара гIала аша сихха йитича – элира цо.
          Шаттуаре кхетамчуьра валар бахьана долуш, иштта хIара хьал дерзон церан а, кхузара генабовла кхеран а, аьтто белира. Ишттачу хьолехь дара, паччахьан кIентан хьешийн гIуллакхаш.

          ХIинца, Васашаттан кхерчахь гулабеллачара и хилларг а, кхин дерг а дийцаре диллира. Деца кхеран нисделларг хиъначу паччахьан кIентан юьхь, кхоьлина яра. Цуьнан гIайгIа айъанарг, кхеран шен деца кхоллаелла галаморзахлонаш а, буьйр дан да паргIатаваьлча, хира болу Iаткъам а бацара. Шен хьешин цхьа чо, кху гIалахь гала ца баккхийта, верас вара иза. Амма, кхеран новкъахь хила таралучо, сагаттадар деллера цуьнан дагна. Кху гIалахь вехаш вара, Ашшуран векал, Шаттуарен дуйно ларош кхерамазалла а йолуш. Васашаттан, цатешар дара цу векалх: «питане болх лелош хила мега иза» бохачу шеконо кхоьллина. Сарле, цу паччахьан кхерчахь хилларг, цуьнга кхочура дуйла а хаьара цунна. Кхана, я лама кхеран некъаца, кIело йийриг хиларх шеко йолуш а вацара иза. Цо иза, кхуьнан, хьуламе болчу мостагIин куьйгашца, дан таралора. Цундела, шен гIоьнчана тIедиллира цо, чIагIбина гIаролан бIо кечбар, кхана кхаьрца дозане бахийта. Амма, новкъадовларца сихо ян езийла хуучу Сур-Шенас, «хIинццехь» бохуш дечу къамелана, реза ца хилира Васашатта.
          - Кху махкахь, хьешан паргIатонна сагаттадан, къонахий боцуш санна, ахь деш долу къамел, суна товш дац. «А-къа-дай», «ашшурой» санна, шайн да-паччахь вийна а, и паччахьалла дезачарех вай дацахь а, лай тIера, сур-элана тIекхаччалца, эшахь паччахье а, хьошаллица доьзна Iадат ларадойтура долучарех ду вай. Кху мехкан а, сан а волу и да могуш ца хиларх, цуьнан декхарш дIакхехьа бакъо а, гIора а тоьура долуш ву со. ХIара гIала, шун сийдеш хира ю. Аса шун сийна, той хIоттора ду тховса – цо аьлча, къамел шега дIаийцира Эйас.
          - Лараме Васашатта! Кху «кхерчан ден» лаам кхочушбан, тхо даима кийча ду. Амма, мехкан да цомгуш а волуш, хьошалгIахь Iер товш дац тхуна, Iедалан гIуллакхех хьо а воккхуш. Нацкъарчу хIуманашна, эрана яйъа хан яц вайн, той дууш хIетте а. Кхуза дахка тхо новкъадовлале, оха яздаран экъанаш яхьийтина Хаттуса-ГIала а, бартахой хила томехьа болчу ламанхойн паччахьашка а. Ашшур, вайх лата кечамаш беш ю. ШелIан лаамо нисдича санна, «Хеттин», «Меттаннин», «Ашшуран» кхо паччахь цхьатерра цомгуш хилла. Тахана, я кхана бу ца хууш, шайн дахаран мур чекхбоккхуш бохку уьш. Церан тIаьхьенаш йолчу шух, тоьлларг хира ву, хьекъалаллица гергарло дерг. Зер а, и хьекъал алсама долчо, цу Веза-Воккхачо елла хан, эрана йойъура яц вай. Хьой, Тудхалий, сихха вовшахакхета веза. Шу шинне барт а хилла, цу «Ашшуран» Iад аша ца кагдахь, кхане шуьгахь хира яц. Тахана, цу Адад-На-араран метта со хилча, Ашшуран паччахь хIотто хьакъ верг, Ашаред бен хира вацара сан. Амма и кIант а, вайх биначу къинхетамо, цкъачунна метта вожийна ву чевнаша. Цунна оьшург хан ю, дийна волуш да а ву. Ткъа цуьнан ваша, дийцарехь, кхин тIех хьекъал долучарех вац. Цундела, шайна ловзо атта верг хIотто хьожура ду, Ашшуран сийдолу чкъор. Цаьрга иза сихдайта, вай хIун дан деза? ТIом боло беза. ТIом боло вайн аьтто бацахь, и болош санна, хичаш ян еза вай. Сихбеллачу цара, и Iовдал хIоттавахь, меттавеъначу Ашаредана, иза товр вац. Шина вешина юкъа цабезам а, дов а дужура ду. Церан къийсам дIабоьдачу юкъана, вай, вешан кечамаш бийра бу. ХIинца вай ледарло а йина, и Ашаред паччахь хIоттахь, уггаре а хьалха цо, кху кIоштана тохар дийра ду. Цул тIаьхьа, «Кар-ка-Ме-са» гIалехьа йолу агIо «Хеттих» дIахадийна, малхбузехьара къепалан некъаш карадерзора ду. Къилбехьара шена новкъарло ца хилийта, малхбале-къилбехьара ламанхой гIовтора бу цо. Цаьрга, «Касса-Дуьне-йа-са» махкана Iаткъам а байтина, атта, Кадошман-Энлилах шен бартахо вийра ву Ашаредас. Цара, цхьатерра вайна тохарш дахь, «Ков-Кха» орамах долу ваьрраш, церан мехкаш, неIалтан цIу волчу «Ашшуран» йолахой а, ял токхургаш а хира ду. Масо еш, кхин цкъа а, «Мехкан Гулам» кхайкха беза кху баттахь. Мел дукха а, вайна схьатохале дIатоха йиснарг, ши бутт хан бен яц тахана. Кхушара хьегна къа а, вайн кегийра кхиамаш а, эрана хиларна кхоьру со. Цундела, кху Сур-Шенан кхерам, бух болуш хета суна. Ахьа тхо, синбилгало къаьстачу хенахь, новкъа довлийта деза – Эйас аьлча, кхин тIех къамелаш ца деш, Васашатта, къаночуьнан ойлана резахилира.
          - Сийлахьа-Воккха «ТIо-йа-Ша-ба» а, «тIеман эни» волу и «ХIал-Да» а хуьлда, кху гIуллакхан верасаш! Аса, сайн кечамаш бийра бу. Аша, ламанхой айъа беза, кхушарахь царна ницкъ хиллехь а. Соьга кхаьчна хаамаш хьесапе эцча а, цу «хеттих» а, я «касситех» а накъостий хилахь со тамаше хеташ ву. «Мисаран» пирIунах а, «эла-ламхойх» а, накъостий хуьлий хьовса деза вай. Тудхали, цу Хаттусилис малхбузехьа хьажош ву бохург, кхаьчна соьга. Цу агIонгара болу кхерам, «ашшуралла» боккха болучух тера бу царна. Соьга кхаьчна кхин цхьа хаам. «Касситаш» а, «эла-ламхой» а тасабалийтура болу питана ду кечдина, цу юкъаозон лерина «хьал-де-йан» ваьрраш а долуш» аьлла. Делахь а, цу Тудхалех кхета хьожура ву со.
          Цул совнаха и «гу-тIихой», «лулла-ба»97 вайн бартахой бан белча, «Ашшуран» Iуналлин бухара яккхалура яра аьлла хетара суна, и «Арара-пхьан» кIошта а. Цул тIаьхьа, цу махка «эла-ламхой», я «касситаш» гIуртара болуш барт бан белча, даимана, «ашшуройн» Iаткъам дIабера бара цу «нах-хурри-маннан» мехкашкара… – аьллачохь, Васашаттан къамел юкъахдоккхуш вистхилира Сур-Шен.
          - Бехк ма-биллалахь суна, лараме Васашатта! Цу агIонгара хьан дегайовхо дIаяккха, цунах лаьцна дан, бакъ тешалла ду сан. Тахана а, суна дагадогIуш ду, кхо бутт хьалха айса, экъана тIехь яздина тешалла: «…айъар беттан, 11-гIачу дийнахь, шуна тIаьхьавогIачу сох, уллохь го боцуш ша цхьаъ вогIу Хаттусилин векал, Рамес кхийтира новкъахь. Цо дийцира суна: «Кадошман-Энлилас ямартло гайтина вайн гIуллакхна. Цунах вазар долуш болу, «Арара-Хуррин» паччахьас Муш-Тешшубас а, «гу-тIиэхойн» паччахь волчу Сеум-ШолгIачо а, «Кар-Дуни-йа-сана» шаьш муьтIахь хирг хилар хаийтана суна» бохург.
Рамесна зулам ца динехь а, хан а тоьхна, шешан мехкашкара лаьллина цара иза. «ХIара сан хаам тIекхачале, шу «ашшуройх» тасаделла дацахь, «нах-арихойн» махка шу юхадерзар, нийса яккхина гIулч хира ю тахана. ХIара къилб агIо, вай арадаьккхинчу гIулкхана тешаме яц! Кхул тIаьхьа богIачу хенан муьрехь, вайн ламанхой кечбала безаш бу, «бекхамна» аьлла, Адад-На-арарас вайн мехкашка ден долчу кхарстаршна дуьхьало ян. ...» бохуш бара, цигарчу сур-элишка, цу хенахь аса бина и хаам.
          - Иза иштта хилар, бакъдо аса. И экъа ешначарех ву со – аьлла, къамела юкъа шен кхоссар йира Гунес, баркаллица боьзна корта таIор, Сур-Шенна тIедожош.
          - Цу агIонгахь, дог догIийла яц вайн. Хьоьга кхаьчна и «хаам» а, харцхьарчу хаамашца тилор дан Iалашо йолуш хиларх, сан шеко яц. – олуш Сур-Шенан къамел сецча, шен юкъаха даьккхинчу къамелана, ша тайпа жамI дира «кхерчан дас».
          - Иза мухха нислахь а, бакъо сан кара кхаьчначул тIаьхьа, сан «эни» и Веза-Сийлахьа волу «ТIо-йа-Ша-ба», цу «Ашшуран» тур сатто, хьоле диначу сан сагIано кечвийра ву. Ткъа аша кечдойла, шайн ломара лоьмаш, сан бартахой хилла, цу тIамехь дакъалаца. – аьлла.
          Цул тIаьхьа, тIамна кечамаш барца доьзна, къамелаш дира цара хIума а кхоллуш. Иштта, некъана оьшург нисдан, буьйраш а дира цара гIоьнчашка.

 
«Гужаме миска а, Iожалле къовзор а»

          ШолгIачу Iуьйрана («аб» беттан 29-гIа де /27-гIа июль/), малхбалехьа гучу регIан дукъа тIехьара малхан горгал хьалакарчале, гIаролца чIагIйина векалин жима тоба новкъаелира, Набулу-ГIалехьа боьду некъ юьхьара лоцуш. Новкъахь цхьаа Iаткъам боцуш деа дийнахь некъ биначул тIаьхьа, цу гIала кхечира ткъе веа стагах лаьтта и къепал, Васашаттан гIарол ца лерича. Оьшшачулла хин, рицкъан тIаьхьало а нисъяйтина, и гIарол а юхахьажийра Эйас. «ЦIу динан цIийнан» дарбанчий, ши лай, къано волу Эйа ца лерича, биснарш тIемалой бара, коьртехь ялх маро а волуш.
          Цу дийнахь («элул» беттан 3-гIа де /31-гIа июль/), ткъайха чакхарма некъ биначул тIаьхьа, цхьана айъаеллачу меттехь, буьйса яккха сацам бира, кхерамазалла ларор шена тIеэцначу Сур-Шенас. Синбилгало къаьстачу муьрехь, шайн кхарстар дIадолон лерина вара иза. Лекха, лоха ши корта болчу цу гунан агIонгахь кхоллаеллачу саьнгар чохь кхуьуш кондарш яра. Дийнат дIатаса, ша тайпа гIоьзанаш хилла масех дитт а долуш яра и меттиг.
          Цхьаберш, пхьорана даар кечдеш а болуш, дой паргIатадохуш вуьш берш а болуш, Эйана садоIа меттиг кечъечу Варзапан тидам, шена тIеберзийра, лергаш ирахIоттийначу говро. Ла ирадинчу кIантана, гергахь кхуьучу кула юкъахь, шах-шах аьлла дина тата хезира. Баттара тур доккхуш, цу кула юкъахьаьдира, ларвалар доцу Варзап. Сакхе хилла накъостий а, гонахьа бIаьрг бетта бевлира. Оцу хенахь, коьллаш юккъера аравелира иза, вортанах хьарчийначу тIеуллурган кач лаьцна, ког лаьттаха ца кхоьтийтуш валочу стагаца цхьаьна. ДегIана эгIаза волуш, тIерачу духарца беркъа вара и миска. Амма цуьнан хьажаро, цхьана юкъана, иштта ойла кхоллаялийтира зер долчу Сур-Шенан: «Хьенан амат дара, кху мискан суна тараделларг? Цхьана хенахь, доккхачу декъан, стаг-ам ца хилла техьа хIара?» аьлла. Амма, хIара сур-эла шена ма-гиннехь вевзинчу «мискано», мехий долчу цIоканна, батт юкъахьарчо зу санна, шен баргалш юкъахь кIелхьаравалар лоьхура.
          - Хьо мила ву? Муьлхачу меттера ву хьо? Кхузахь, хIун ду ахьа лоьхург? – аьлла диначу хаттаршна корта а, я ког а боцу жоьпаш хазийра цо.
Цуьнан къеделлачу васто а, мискачуьнан хабаро а Iехийра, некъахьовзаман чам бовзаза берш. Тидам бар БугIа-Сиррина тIедуьллуш, пхьор кечдечу метте дIавигийтара цара иза.
Пхьор даа схьагуллабеллачу мароша, церан гIаролан хехоша ечу забарша, цкъацца делар лучу чIогIа аьзнаша а, цIеран серлоно а, мекхан худар кечдан кхоьллиначу товхоно айъаначу цу Iаьнаре йирзиначу хьожано а, гонахьара кхарна гуш доцчу дийнатна, дийна хIуманашна кхерам а, цхьатерра тIеийзор а лора.
          - Ахикар! Алахьа, нагахь санна, цу Шаттуаренан лазаран чарпо салацаро, буьйр дар юкъахадуьту и бахьана ца хIоьттинехьара, хIун хила таралора кху вай арабаьккхиначу некъах? – аьлла, хаттар дира Ваванес.
          - Хьанна хаьа, кхоллам нисбийриг вай ма дац. – элира сур-элас, цу хьокъехь вистхилар, цигахь хиллачу тешана тIедожон санна.
          - Хьераваьллачу стеган санна, бIаьргаш къаьрзина ветталучу паччахьан багара: «байъа уьш» бохучу хьесапехь буьйр хиллехьара, вай кхузахь, хIара худар дууш Iаш хира дацара. Аьрзунан санна, кху Ахикарас гонахьа кхобу бIаьрг а, куьйго къуьйлу варкъ туьран мукъ а гиначу суна Iорадаьлларг ду, цу Веза-Воккханиг волчо бина къинхетам хилар, паччахьан и мотт лаьцнарг. – элира велакъежначу къанос, Эйас.
Оцу хенахь, кхерчана гергахь дIахаьрциначохь наб кхетта Iуьллучу «мискане», шен баргалша садукъдича санна, ха хорцийтуш аз делира. Цу озо юхахьажар тIедоссийначу цхьаболучеран багара, забаре кхоссар елира.
          - ХIара вайн «хьаша», екха кийра бохбелча, татанаш лелхийта ма-волавелла вайн? – аьлла.
          Цу «мискана» гонахьа, цкъа кхоллаелла хилла ойла, юха а карлаелира Сур-Шенна. Гуш боцчу ницкъано, даге кхийдош шеко елахь а, кху бехачу некъо кIадваро, кханенан Iуьйранга таттийтара талламанца доьзнарг. Цуьнан и жима кIадо а, вукхеран семалла яйъина жоьпазалла а бахьана долуш, Iаламата боккха хийцам бен болу, хьал кхуллура ду кху буьйсано. Модане баргалш юккъера и айп, цхьа бIе ткъай дайтта де хьалха, кху Сур-Шенна, изза Ахикарна, изза волчу Мардукъсина вевзина, Ку-лимма-мари – ГIалан а, цу гонахьарачу кIоштан а да, «лимму» а хилла Шамшу вара. Хьийзош, нисъеш маж тойина, кIус тIехь чIаба йича, йиснарш, тулгIенан хьесапехь белшаш тIекхаччалца дIанисйина хиллачу месин исбаьхьаллех, хIуьппалг а ца дисанера, гуш болу и бетта кхакха ца лерича. Кхара мел дуьйцург хезаш Iуьллачуьнан карлаяллачу ойлано, кху шегахь долчу хьолан бехкениг хIара сур-эла хилар ша тIекхиийча, логе хIоьттиначу хорамо гучаваккхаза витира иза. Ларамаза кийрара даьлла и эргIаддахна аз а, цу кийрара хецабеллачу моха даьккхина тата а цхьанаэро, некъахошна беламе хилларг дара.

          ТIаьххьаре а, некъахойн аьзнаш набаро дIатедича, цара туп тоьхначу меттигна еа маьIIе виъ гIаролхо хIоттийна БугIа-Сирри а паргIатвелира. Делахь а, шен-шен хенахь гIоттий, хехой хуьйцра цо. Буьйсанан, кхозлагIчу «хуради хенан» итталгIа дакъа доладелча хIоттийна гIаролан цхьаболу хехой, шайн гоьмукъаш тIетевжинначохь набартар озийна лаьттара. РогIехь ха хIоттон самаваьлла БIугIа-Сирри, хьалагIатта дог ца догIуш Iиллира цхьана юкъана. ЛадоьгIуш Iуьллучу цунна хезаш дара, аренан чагIалкхашна кхерам болчу хенахь хуьлу, церан угIаран аьзнаш. «ГIуллакх хира дац Iилларх. Аса, кху буьйсанан тIаьххьара ха хIоттон деза» олуш хьалагIаьттина, кхерчара кIегий самсабаьхна, цу тIе масех «эмкалан баI» олу орамат а тесна, виъ накъост хьалагIаттийра цо. «Мисканиг» Iуьллучу агIонгахьа, бIаьрг кхарсто а ца вицвелира иза. ДIа ма-вижжара лаьтташ яра, цуьнан баргалша кхоьллина, и юкъахь волу оьла. Къилбседа-малхбалехьа боьдучу новкъара, тIаьххьара гIаролхо хийца хIара тIевахча, цхьанхьа а гуш вацара хехо.
          - Юха а, цхьана таьIначу метте а ваьлла, дIадижна хира ду и даIам! - элира реза ца хиллачу гIаролан хьалханчо, - Дика тIемало и вацахьара, гIаж кхоссал йолчу юкъана, герга ваийта везаш вацара иза. ХIай, наб! - аьлла кхайкхира цо цуьнга.
Амма цхьаа, дуьхьала вист ца хилира.
          - Валол, и хьалла гучу суканна тIехь вуй хьажал иза. Сту лоцу гезгах ларалуш, шен коьртах тIеуллург а хьарчийна, Iуьллуш хира ву хьуна – элира БугIа-Сиррис, ткъайха гIулч бен генахь боцу, гу талла вохийтуш бIанакъостех цхьаъ.
Дукха хан ялале, кхераделлачу озо дегIе зуз даийтина хьалханчана, мохь баьллачу метте дIахьадийтара, баттара тур а доккхуш. Некхан аьрру агIонна юккъе догIаделла урс а долуш, Iуьллу шайн накъост гина БугIа-Сирри, лоьме санна мохь болуш, туп лаьттачу метте юхахьаьдира, хила таралучу тешнабехках, биснарш ларор коьртаниг хетта. И аре екош кхуьнга баьллачу махьаро самаваьккхира, юьстехьачу гу тIехь дIавижна Iуьллу Сур-Шен а. Цо самаваьккхина Ваване тIаьхьа а волуш дIахьевдда боьлхучарна, баттара даьккхина тур а долуш, хехошца цхьаьна, дуьхьалавогIуш БугIа-Сирри гира орцаха боьлхучарна.
          - ХIун хилла?
          - Хехо вийна!
          - Хьа!?
          - Хьа вийна хиъча, «Хумбаба» иза хилча а, сан чIирах ера яцара и боьха хIума. Букъа юккъе урс тоьхна, Iуьллуш ву иза. Гонахьа гуш, стагга а вац. Тешнбехкана иза вийнехь, тIамна кечдала деза вай, дийнатах, ворданех дуьхьалонан го а беш. – гIаролан хьалханчо аьлча, и ойла нийсаниг хетта, «Туьпе юхадовла деза вай, синбилгало къастталца» элира Сур-Шенас.
Оцу хенахь, «Сур-Шен! Ва, Сур-Шен!» олуш, яккха дихкиначу цIарца кхайкхира, туьпара схьа мохь тоьхначо а. Кхин а доьхнарг хиллийла кхетта сур-эла, цига дIахьаьдира: «Масо е!» олуш.
Дуьхьала ведда вогIачу Варзапас «Эйа!» аьлла хазийначо цIаро, хьалхара иза дIаластош туьпе вадийтара Ваване.

          - «Iаьржа жеро» олу Iаьржгезго къовзийна хIара. Гучу суьртехь, Iожалла яла томехь долу, коьрта са лаьцна куьнан. Шен хенахь лоралла дар нисделлехьара, аттачохь хила а таралора хIара. – элира, къонога хьожачу, лораллах кхетачу Эйан гIоьнчо, кхеран бохар а гина, - Суна, даьтта, довха хи, латийна хаьштиг, туьха, чагIар, динберг, хох оьшу. Царех шайгахь ерг, сиха хилийта суна! Чехкка, дIасхьадовлий, сту лоцу гезгаш а хилийта суна. Дехкин Iуьргашкахь, бердашца йолчу IиндагIе меттигашкахь хила там бу шуна уьш.
          - Гезгех хIун да воллу хьо? – цхьаммо хаьттича,
          - Уьш чагIар чутесна молха дан – жоп хезча, цецваьллачо, резавоцуш кхоссар йира: «ДIавш даьллачунна дIавш мало-м ца гIерта хьо? Иза дан мегара дац» аьлла.
          - Хьовсал! Аша, шаьш тIаме хIиттиначахь, дел и шайн буьраш. Суначулла дикаха хуург шух велахь, тIаккха со, къурд аьлларг хира ву. Дацахь, кхерамазаллин гIуллакх а леладе, суна оьшург а хилийта – элира юьхьза, лоралла лелочо.

Хьесап хаам.
Дуьххьарлера юкъараллин, лоьралла кхиарца йоьзна таронаш а, гезган, сту лоцу гезган физиолого-морфологин хаамашца боьзна хаам а.
          Лоьраллин зIийдигаш дуьххьара маца хецна хууш дац тахана вайна. Делахь а, дIасхьаяржиначу версинах цхьаммо боху, адам кхоллалуш цуьнца кхолладелла лоьраллин Iилма. Вуьшта аьлча, масех бIеэзар шараш хьалха. Лоьралла даран ларраш карийна, дуьххьарлера-юкъараллин дIахIоттаман муьрехь, оькъаман суьрташ тIехь, кегийрачу юкъараллин дахарехь. Дуьххьара, хетарехь стеган, стен къинхьнгам къастийна боцуш, цхьаттерра хилла бу. Берриш а, шайна карадеънарг, тIехIоьттинарг, Iемминарг деш хилла. ТIулгах бина къинхьегаман гIирсаш, дахаран хьелашкахь балхаца пайда эца болийча, стен-боьршаллин хене хьаьжжина, юкъараллин декъашхой декхарш а дIасхьакъаьста. Даа рицкъ лохуш а, доккхуш а берш, говзаллица бекъабелла: гIора долучара таллар деш, вукхара, лахьоран новкъахь къахьоьгуш. Цул тIаьхьа богIучу муьран кхиар доьзна ду, адаман дахарехь коьрта тIегIа дIалаьцначу цIаро кховдийна хийцамаш бахьана долуш. ЦIе караерзорцаарца, сихделла дахарца доьзна адаман кхиар а, цуьнца йоьзна антропогенез (эволюцин процессан дакъа) а. ТIаьхьо, варкъ-эчиг юкъадаьллачул тIаьхьа, хийцало адаман дахаран кеп, лахьор, таллар доцург а, кхуьуш кхолларца боьзна болх. Табина къинхьегаман гIирсаш. Делахь а, боьршачуьнга кхаьчна дакъа хала болх бар а долуш, зуда, ша тайпа кхерч ларориг хуьлу. Цхьатерра, лазаро лаьцначуьнга хьажар тIедоьжначу цунна, лоралла лелор а кхаьчначух тера цуьнга. Меллаша, боьршачуьнгахь дуьсу юкъараллин кийрахь лекхахь йолу тIегIана, Дала ма-бохху коьртехь хилар. Философин тIегIанера схьаэцначу дашца боьзна кхетамца «патриархат» дIахIутту дуьненчохь. И философаш ала-м гIерта, дуьххьара, «матриархатан» дахарца кхиана адам бохург. Вайна ма хаьа, Iаламан, дахаран хиламашна тидам бича, гIора дерг бен ца хуьлий олалла дийриг. Важа дерг, ларамца доьзнарг ду, биологин процессашца доьзна. Адам, Хьава кхоьллиначул тIаьхьа, адам дийриг стен кийрара даьлла хиларна, ларамца боьзна «Нана-» олу кхетам чубуьллу адамо, дуьххьара кхоллалучунна, я дахарехь башхаллехь долучунна. Делахь а, цу кхетамна а тIехула лаьтташ бу, «Да» бохучуьнца боьзна болу верасалла, долалла, олалла гойту кхетамаш. Акхаройн, массо а дийнатан дуьне тидаме эцча, доладийриг боьрша хIума ю. Иза, Делан низам ду.
          Вайн къамелан коьртачунна тIе юхадоьрзуш билгалдаккха деза, и къинхьегаман тайп-тайпана гIирсаш совбаларо, адаман лазорш а совдоху. Ширачу хенара, тIулгаш тIерачу суьртин тидам бича, дика гуш ду талларехь, вовшехатасадаларшкахь, цу гIирсаша адамин аьтто беш хиллехь а, цара иштта там беш ца хилар а, лазор, чов яр хилча ишт.кх.а. Пха схьабоккхуш диллина суьрто а, кхин долучара а гойту, лардамза делахь а, дуьхьаралера лоьраллин гIо.
          Цуьнца билгалдакхха деза зуьрет а, цуьнца доьзна паччахьаллаш а кхолладалале дикка хьалха, зударий, кхерч ларориг хиларал сов, лоралла лелориг а хилла. Иза чIагIдо, тIаьхьо юкъадаьллачу, текъам-дин билгалбевлла лораллин цIуй-дели, массо аьлча санна стен хилла. Зударша, шайн лахьоран новкъахь, гуладеш хилла даа томехь долу ораматаш. Цу ораматех девзинарг, уьш даа магарца, я цамагарца, лоралла лелон мегаш дерш, я мегаш доцурш билгалдохуш гуладина зеран Iилма, тIаьхьено тIаьхьенга кхийдош кхиийна ду. Цу зеран новкъахь билгалдевллачу дарбанан ораматех, керла дарба кечдан дIаэеш хилла, дийната чуьра яхна меженаш (стим, доIах, хье, даьIахкан дама, цкъацца дIавш, ишт.кх.дIа.) а. Кхузаманан лораллин историн оьмар йолаелла, масех эзар шо бен дац. Делахь а, дуьххьарлера юкъараллин лоралла тидаме эца а, Iамо а дезаш хилар го вайна, иза хиларна «халкъан лоралла» олу кхетам кхоьллина бух. Адамо шен кхетам гулабина «эмпирически кепаца»98 , карадирзина лоралла тодеш хилла даима, цу адамо шена хьалха хIиттош хилла, лазарш кхуллу бахьана довзарца доьзна хаттарш. Бакъду, цу заманан адамин хилла дац кхузаманан хаарш, цаьрга дийцалуш хилла дац Iилман цIарах и лазар кхоллина бахьана. Цара лоруш хилла, и лазар тухург, адамна бевзуш боцу ницкъ хилар.
Бакъду, цу магин бахьанашца и лазарш дузар тIаьхьо хиллехь, дуьхьарлера кхетор, къаьсттина материалистин амал йолуш а, рицкъ даккхарца доьзна зерца бух болуш а хилла. Цул совнаха, адаман тидамехь ца дуьсуш хилла дац, Iаламан хиламаша адаман дахарна а, могашаллина а бо Iаткъам.
          Кху декъан исбаьхьаллин сурт хIоттош, коьртачарех волчу турпалхочуьнан, Эян дахар чекхдала хIоьттиначу бахьанна гонахьа сурт хIоттош хан ца яйъа, цу гонахьа хила тарало жигараллина сан дешархо хьо тIекхиийта, аса довзийтура ду хьуна хааман аматаш.

 
продолжение следует в частях 7, 8, 9, 10, 11 и 12. 

​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
 
Просмотров: 660 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли