Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 3 » «Аьхкенан дIахецарш» = 5
12:27
«Аьхкенан дIахецарш» = 5
         
          Цу шира яздаро вайна Iораяхначу билгалонаш юкъахь коьртаниг ю, Ибрахимна Дела вевзачу хенахь, цуьнан хилла дахаран хан, 40 шо хилар. Цул совнаха, КъурIано а билгаладоккху и Ибрахим жугтий а, я керста а ца хилар.
          КъурIанан кхеторш дан хуучара дуьйцу, «Крачковскес а, кхин болучара а КъурIан гочдеш, цуьнан 3-гIа суран, 67-гIачу аятаца талхор дина, «керста» бохучу даша тIехь» бохург. Аса дукха къамелаш дина бусалба Iилманчашца цу дашан хьокъехь. Цара дийцарехь, «керста» бохачу меттехь, «эрмало» боху кхетам, мелла бакъдолучунна гергахь бу бохург, Iораделира суна. Цул совнаха, суна хетарехь цу аято шалхо йоцуш чIагIдо, цу заманчохь цу Хьалхарачу Азехь дехаш хилларш кхаа макро-доьзалан адмаш бен ца хилар: симиташ (ист.: - «аккадой», шайх тIаьхьо ассираш а, ширававилонаш81 а хилла болу, иштта аморреяш, арамеяш, я изза болу «ахламу», мисархой, ахтардарца хилла халдейаш82 , иштта кхоллалуш йолу халкъан тобанаш – финикияш, хапируш) а, индоевропейцаш (ист.: - ахейаш /аххиява/83 , протоэрмалой /фракаш/, ахассимиляци йина: хеттиш, несситаш, палайцаш, мушкаш-праэрмалой) а, иштта «ширакавказхой» (ист.: - нахи-хурриташ, ари, субарт84-гиксосаш85 , нах-урартой, гутти, касситаш, луллабаш, кура-араксаш, «майкопан культуран»86 ваьрраш, колхиш, хатташ /каска/87 , иштта элламаш88 ) а.
          Ибрахиман оьмар къасто, коьрта билгало хета суна, Ассирин паччахь хилла Намруд, я изза волу, историна дика вевзу, ширачу оьмаран 1233-1197-гIачу шарашкахь паччахь хилла (Г.Вильхемас дийцарехь) и Тикульти-Нинурт. Ша паччахь хIоьттанчу хьалхара шарахь дуьйна, ламанхойх а, Къилбседа Месопотамин къилбседера, къилбседа-малхбузера латталелорхойх а, лата волавелла и Тикульти-Нинурт. ЧIагIо ян йиш йолуш ду вай, цу паччахьо Iаткъам бечарна юкъахь, Ибрахим а хилла аьлла. Цу Iаткъамах ведда, 75 шо кхаьчна Ибрахим, Ханаане дIавоьду.
          Нагахь санна, кхузаманан Iилманчаша билгаладаьхначу заманан терахьех вай тешахь, иза нисделла хила деза, ширачу оьмаран 1233-гIачу шарахь, я 1232-гIачу шарахь. Цу терахьах вай тасаделлехь, Ибрахим вина хан а билгалаяккха аьтто болу вайн, 75 шо юхадагардича, ширачу оьмаран 1308-гIа шо дIачIагIдан. ХIун билгало, я къастам болуш ду и шо а, и зама а? Инжилан, КъурIанан тешалаш хьесапе эцча, билгалонашца доьзна ду дукха терахьаш, я адаман дахарш. Ибрахим вина шо а хила дезаш ду цхьа билгало йолуш. Туьйранца нисъян аьтто боцу и бакъ билгало, стигларчу седарчашца хила таралора-кх аьлла, астрономин Iилман беша велира со. Баккъалла а, и Ибрахим винчу шарахь, хазаран амат долу, малх лацар хилла цу кIоштахь 1308-гIачу шеран, апрель баттан 13-гIачу дийнан Iуьйрана, дукха хьалхе. Яц ткъа иза, башхалла йолу билгало? Иблисана хIайбатениг ду олучу цу 13-гIачу терахьехь, Ибрахиман са дуьненчу далар нисделлехь, Делан бекхамца йоьзна билгало яц иза?
          Нагахь санна вай, политикан хьал а хьесапе эцча, цу муьрехь, адамна девзачу дуьненна чохь дIайоьлхуш хилла процессаш ю: чIагIъелла йогIу Ассирина луург, Къилбседа Месопотамехь коьрта роль йолуш хилар; Митанни (Нахарина) махкахь дIадоьлхуш ду, паччахь веро кхоьллина бертазаллин тIемаш а, кхин йолу дахаран тIегIанаш чIанаяхна крызис а; Сийрин, Левантан89 (кхузаманан Палестина) мехкаш бахьана долуш, Мисарна, Хеттина юкъахь дIадоладелла хьогIе, тIаьхьо, барт кхуллуш дIадоьрзура долу хьекхадаларш; касситин карахь йолчу Вавилонехь дIахIутту, дустаралле диллича тийна а, чIогIа а долу дахар. Делахь а, цуьнан тIегIертар хилла, малхбалехьара Аррапхан90 кIошта тIера, «Заб»91 олу хи тIекхаччалца долу хурритин латтанашка безам болуш.
          Вайна билгаладаьлла хIинца, Ибрахимца доза мега ши терахь. Уьш ду: вина шо а, Ибрахим, Харранера араваьлла шо а. Нагахь санна вай, хьесапдечеран лач тешаллаш а, туьйранаш а тидаме эцча (15 шарахь лечкъан яккхина хан; Дела вевзина хан – 40 шо; Ур-ГIалара, Харране дIакхалхар; цуьнан хилла бераш; 175 шо кхаьчча цуьнан валар; иштта кхин дерш а), вайга кхин а билгаладаккхалура ду, цу пайхамарца доьзна башхалла йолу терахьаш.
          Нагахь санна вай, шеконе оьцуш хилча Инжилан дIааларш а, кхин тайпа тешаллаш тIехь долуш экъанаш а, цу тешаллаша дIачIагIдина терахьаш а ца хилча, дуьсуш дерг ду хьайн хьекъале хьесап а дойтуш, Iораевллачу цу билгалонаш гонахьа къахьегар. Шайна оьшу туьйра кхуллуш тардархой хилча, вайн а ю моьтту суна, изза бакъо. Амма вайна оьшург дац хаза туьйра. Вай тIегIертарг ю, хила тарало бакъо, лач хьесапо иза кхоьллинехь а. Цундела вай историн а, архиологин а тIоскарш чукхийдара ду кест-кестта, лохуш цу заманан лач тешаллаш.

          Ибрахиман доьзал схьабаьлла кIошта хилла, Харран-ГIалаца зIе йолуш. Иза иштта делахь, Ибрахим кхиийна доьзал мел кIезга а, хурритин орамах хилла. Иза иштта делахь, Цу Ибрахиман да Терах, «нах-хурриташ» бехачу Харранера, Ур-ГIала дIакхалхийна хила веза, цхьана доккхачу бахьано. Юха а хаттар кхоллало, Уре хIунда вахана иза, Вавилоне а, Ханаане а, я Ассири а ца воьдуш? Вукхарелла гергахь йолу Ассири, мостагIалла долуш а, хьогIениг а хиллачух тера ю цу доьзална. Кхарна хьогIе йолу и Ассири, цу хенахь Вавилонна хIайбатениг хилла. Хурритана мегаш хила йиш яц, и тайпа мохк а. Цу муьрехь нисделла, Митаннин пачхьалла схьалаьцначу Шуттарна-III-гIачо шен паччахьна ямартло а еш, цуьнан шибIе тешаме «марутташ» (аристократ - сийдолу чкъор) ямартлонца хьокхеш тIеховшийна байъар. Цу заманчохь, ишттачу хьолехь, къилбседехьа ваха тешаме хиллачух тера дац цунна.
          Цу заманчохь, гIайреш санна ехачу, онда гIалин дай болуш хурриташ бехаш хиллехь а, «мисаройн», «хетташца» йолу бертазло бахьана долуш, кхераме хилла цигара дахар а дIакхелхачарна. Мелла а нацкъара йолу Ур-ГIала, кхане йолуш хилла, шен бахам бадийна лелачунна. Цу латта тIехь кестта гучабевлла, шайн дахар нисдеш болу халдеяш а, кхин хьогIе хиллачух тера бац цу муьрехь. Цул совнаха, Ефратан аьтту бердаца цу махка кхача, кхин тIех кхераме а ца хиллачух тера ду. Хетарехь, Ибрахиман гергарачара, цундела билгала яккхиначух тера ду и Ур-ГIала, кхерамазаллина иза массарелла гIолехьа хиларна.
          Кхин цхьаъ а лач хаам бу, Ибрахиман нанас иза лачкъийна кхиор, цуьнан пхийтта шо кхаччалца, Делан пIелгех вакхар а долуш. Иза бохург хIун ду? Цо гойту, Ибрахиман дахарна цхьа кхерам хилар. Ибрахимна иза хиллехь, цуьнан гергарачарна а хилла, изза кхерам. И кхерам, Намрудера хилла бохуш дийцар лара мегара ду, цу цIарца дазар долу пачхьалкхера а, я цуьнан паччахьашкара а хила таралуш хилар и кхерам. Вуьшта аьлча, Ассиригара.
          Халкъан а, паччахьан а дахар, уггаре а вевзаш хиллачу эпонимаца, я паччахьаца цхьанадозар, тIех ца даьллачух тера ду, Ибрахим пайхамаран дахар Iорадоккхачу тешаллашна а. Ибрахим винчу шара тIера, цуьнан 75 шо кхаччалца хилла Ассирин паччахьаш муьлханиш бу? Арик-ден-или (1308-1296 шш), Ададнерари – I-ниг (1295 – 1264г шш), Салманасара-I-ниг92 (1263 – 1234 шш), Тикульти-Нинурт – I-ниг (1233 – 1197 шш) паччахьаш бу. Вай билгала диначу терахьн (75 шо) муьрехь, муьлхачу паччахьах олуш хилла «Дуьненан, еа агIонан паччахь» (цу юкъахь хилла, ханна йозуш йолу Вавилон а)? Шаьш даьхначу меттигашкара меттаха дохуш, уьш кхечахьа кхалхош, ваьрраш эдар хьа лелош хилла? Хьа кхоьллина, туьйранаша юьйцу «Вавилонан бIов», я Ассирин паччахьо садоIуш хилла, «Магганубба» олу гIала? Муьлха паччахь хилла, тускар чу а хиъна Iаьрше гIоьртина, Эллах-Делана, Iодаца пха тоха гIиртинарг, цу заманна бевзу дели, шаберш аьрда-цIеношкахь Iаш хилча? Иза хилла, массо а паччахьел чIогIачарех волу Тикульти-Нинурта, изза Намруд, изза Нимврод. И паччахь хилла, къаьсттина Дела цхьаъ вечарна бале ваьлларг вукхарелла. Ибрахиман дахар, цу цхьана цIарца хIоттар нисдина ду аьлла хета суна, Ассири пачхьалкх а, цуьнан массо а паччахьаш а, «тIеман дела» хиллачу «Нинурт» (изза «Ашшур») цIарца билгала бохуш хиларна. «Намруд», «Нимврод», «Нинурт» цхьана кхетаман цIе ю, аларца хийцалуш йолу.
          ХIинца вай кховдора ю вайн ойла, цу историн тIегIане. Вуьшта аьлча, Ибрахим виначу терахье, 1308-гIачу ш.оь.93 шаре. Цу муьрехь хила таралуш дерг хIун хилла Харран-ГIалахь а, ниIмате йолчу «Хабуран кхосаберг» олучу кIоштахь а?
Ассирин паччахь хIоьттина Арик-ден-или (1308-1296 шш), паччахьалехь хиллачу 12 шарахь, цо схьабаьккхина «Кадмухи» олу мохк а, иштта Ефрат хин (Нахарина-хи) юккъерачу метте кхаччалца, «Хабуран кхосаберг» олучу кIоштан онда дакъа а. Хила таралург ду, цу муьрехь хил дехьарчу еса аренашка теттина Ибрахиман дай, цу агIонга кхалхар дан болабеллачу «халдеян» ваьррашца цхьаьна, Ур-ГIалана гонахьа йолчу, уьшале кIоште кхалхар дар. Экономикан халонаш бахьана долуш, юкъабаьллачух тера ду, «Делан пIелгех векхаш хилла Ибрахим» боху, цу хенаца боьзна и кхетам а. Цундела магийта мегара ду, 15 шаре ваьллачу Ибрахиман халонаш чекхъялла мур, цуьнан дай (Терахан доьзал) Ур-ГIала дIакхалхарца нисбан. И терахь хила таралуш ду, ширачу оьмаран 1293-гIа шо.
Цул совнаха, кхин цхьа лач билгало а ю, башхаллениг лара мегара долуш: «40 шо кхаьчначу Ибрахимна вевзира Дела. Цуьнгара (Делера) хаам а хилира, кху Ур-ГIалара дIагIо» аьлла бохург хьахош.
Цунах лаьцна, яздеш ду иштта :
«Цхьана буьйсана, Веза-Воккханиг вистхилира бах Ибрахиме:
          - Ибрахим! - аьлла кхайкхира боданашкара цуьнга.
          - Хьа кхойкху соьга? – хаттар дира цецваьллачу цо.
          - Ибрахим! Аравала кху гIалара, кху махкара, …Аса хьайна гойтура болчу махка гIо хьо - олу цуьнга цу Дала».
          Нагахь санна, Ибрахиман доьзал Ханаане а ца боьдуш, Харране баханехь, и латта хила деза-кх, Дала цунна билгала даьккхинарг. Цу гонахьа дечу хьесапца вайн аьтто бу, Ур-ГIалара, Харран махка Терахан доьзал дIакхелхина хан, терахьца билгала яккха. Хетарехь, иза хила мега, ширачу оьмаран 1268-гIа шо.
          Ткъайпхеа шарахь Урехь Iийначу цу доьзална, Харране дIакхалха хIун бахьана хила тарало кхолладелларг? Харран кIоштахь, чIагIделла дахаран хьал? Цхьанаделан дин даржо аьтто болу хьал, Даймахкахь кхолладалар? Урехь, «Син» (Нанна) цIуна таваккал дечара, ян йолийна гIело бахьана долуш? Цу «Син» цIун тIулг-сибат а дохийна, цу гIалара вада везаш хилли техьа Ибрахим? боху хаттарш ду-кха жоп доьхурш.
          Тахана, цхьаболучара чIагIдарца дуьйцу: «Ибрахиман гергарачара, «Син» цIуйн культ Харране еана» бохург. Иза, кхузаманан бусалба динан элементаш (маьждигин баххьаш тIера бутт-седан суьрташ), кIеда аьлча, тардар дан гIертар ду, дукхаделин динан аматаш ду бохучунах тохархьама. Иштта хила а, тарало иза. Амма, Ибрахиман боллу доьзална тlе, и бехк кхолла, хьогIечеран Iалашо хилар а го вайна. Цу цIу-динан тIегIанехь, шена пайдехьа долу дахар а, дин а ларадеш да Терах хиларх, бисна доьзал, цхьаъ Дела къобалвечарех хиллачух тера ду цу Ибрахиман.
          «Муха йоккхуш хилла, шен Делан цIе Ибрахимас?» аьлла хIоттийначу хаттарна жоп дала, вай кховда деза аьлла хета суна, Ур-ГIалахь Ибрахим ваьхначу муьре. Хетарехь, Делан цо йоккху цIе хила тарало «Эллах», я «Эла-ба-х» аьлла. Билгала даккха деза, цу заманан «халдеяша», шайн делан йоккху цIе, «Аль Эллах» («al-ilah») хилла.
          Вайна хаьа, симитех болчу «халдеян» матто, хийцадалар динийла. Бухахь хиллачу Хьалхарачу Азин маттаца, церан мотт эбалар бахьана долуш, кхоллало «малхбале-арамеян диалект». Цу диалекта тIехь, кхоллабелла бу кхузаманан Iарбойн мотт а.
          Церан (халдей) меттан, хийцабалар хиллачух тера ду, и протохалдеяш «Аравин есачу аренашкахь» лелачу юкъана. ХIунда аьлча, «гиксос-хурритин» элемент, цул хьалха онда Iаш хилла Левантан, Сийрин гIаланашкахь дай а болуш. Ткъа еса аренан дай хилла, даьлла лелла симитин ваьрраш. Цундела, майрра ала йиш ю вайн, «Аллах» цIарна юкъахь ю, дуьххьара кхоллабеллачу «ширакавказхойн» маттан, чолхе боцчу кхетаман «ал», «ла», «х» (-ха) олу элементаш. Цу кхетамаша гойту маьIна ду: «Ал» - «Нуьцкъаллениг», «Сийлахь-Везниг», кхечу дашца аьлча «Дела» хилар. «Ла» бохучу кхетамо гойтург ду «хазарца» доьзнарг. «Х», я «ха» олу озо Iорадоккхург, «гIарол», я «хехо» хилар ду. «Ширакавказхойн» маттахь и «Ал-ла-х» бохучу цIеран маьIна хира дара: «Доллучунна ницкъ кхочу ладугIург а, гIарол а».
          Цу Ибрахиман заманчохь, Харран-ГIалахь, «баттан дела» лорачу «Синан» культ кхоллаелла бохург, суна хетарехь нийса доцург ду. Нагахь санна, вай иштта аьлча: «Тикульти-Нинурт веллачул тIаьхьа, 70 шо долуш, кхоччуш Митанни дIасхьаекъаеллачул тIаьха кхоллаелла ю цу кIоштахь и культ» алар, нийса хила мегара.
ХIунда?
          «Ассирийцаш» таваккал деш хилла «Ашшур» цIуна. «Хеттиша» - маьлхан цIуна «Сиват» («Са-ва-тIе» - гIазкх., «сверху есть свет»). ХIинца а нуьцкъаллехь болчу хурриташа, хастам бийриг хилла «Тейшеб» (ТIо-йа-Ша-ба) олу цIу. Вавилонан цIу хилла, касситин «Дунеяш» (Дуьне-йа-ша) олу цIу-дела. Керла цIу юкъаваккха, цуьнан сийна кхолладезаш хилла аьрда-цIа (гIазкх., «храм»). И тайпа баккхийра хийцамаш бан, хийцадала дезаш хилла Iедал. Я цу цIуна таваккал до, ницкъаллехь долу ваьрраш, схьакхалха дезаш хилла цу кIоште. И санна дерг хила аьтто болуш а, я хира долуш а хилла дац, Ададнерари – I-ниг (1295 – 1264г шш), Салманасара – I-ниг (1263 – 1234 шш), Тикульти-Нинурт – I-ниг (1233 – 1197 шш) Ассирин паччахьаш болчу муьрехь. Къаьсттина, «Намруд» цIарах волу, царех тIаьххьараниг дийна а волуш. Иза велла, ширачу оьмаран 1197-гIачу шарахь.
          Муха хилла Харранна а, «Хабуран кхосаберг» олучу кIоштана а гонахьа, цу заманчохь кхолладелла политикан хьал?
          1270-гIачу шарахь, Хеттин паччахь волу Хаттусили-III-гIачо а, Мисаран пирIун волчу Рамсес-II-гIачо а барт бо, къовсамехь хилла Сийрин мохк шина декъе боькъуш. Къанвеллачу Ассирин паччахьо Ададнерарис тоам бо, гIаттамаш бечу элашна ша дечу таIзарах. Митаннин паччахь волу Шаттуари ша йийсар хилча, «Ашшурана» биъна дуй ларабеш паргIата Iаш ву. ПирIунаца барт бина Хеттин паччахьан ойла ю, кхозлагIачуьнан куьйгашца, шен дуьххьара хиллачу дозанан зиле, Ассирин пачхьалкх юхаяккха.
          Цундела, вайн майрра ала йиш ю: «цу муьрехь, Ибрахимна Ханаане дIакхалха лианехьара, Харранехь сецна, 32 шо доккхура дацара цо» бохург. Цундела вай боху: Цуьнан Ур-ГIалара шен Даймахка верзар, цу махкахь гуттаренна а, охьахаа Iалашо йолуш хилла. Вуьшта аьлча, «…керла кхерам кхоллабаллалца». И кхерам гучаболу, 1233-гIачу шарахь, паччахь Тикульти-Нинурт, Ассирин Iедале веъначул тIаьхьа.
          Харранера Уре а, цу Урера юха Харране а, Харранера Ханаане а, цу Ханаанера Мисаре а, Мисарера юха Ханаане а, Терахан ваьран тоба а, и Ибрахим а «идаро» гойтург ду, девнан нах уьш ца хилар. Цундела, Хьалхарачу Азин аренаш хьоьшучарех хилла уьш.
          Тидаме ца эца йиш йоцчу туьйранин (миф) хаамашца, хетарехь йолу ИсмаIал, Исхьакъ (Исаак) вина хенаш а, билгала яхалура ю вайга аьлла хета суна. Иза дан аьтто хила мега, Инжилан и «туьйра», Тикульти-Нинуртан хенах вай тасахь.
          Ибрахиман доьзткъе ялхитта шо кхаьчча вина кIант ИсмаIалан дуьненчу валаран терахь хила тарало 1212-11-гIа шараш. Ткъа важа, цул тIаьхьа дайтта шо даьлча, Сарахас вина боху кIант Исхьакъ варан терахь а хира ду, ширачу оьмаран 1197-гIа шо. И терахь нислуш ду, Ассирин паччахь Тикульти-Нинурт (изза Намруд, я Нимврод) лечу шараца нисделла. Билгало яц ткъа, иза а?
          Дийциначуьнан жамI деш ала лаьа коьртаниг, Ибрахим доллу жугтийн халкъан да ву бохург, иштта Iарбойн а, кIеда аьлча, бакъдерг харцахьдаккхар ду. Аса къобалдеш ду, Iарбойн «къурейшин» цхьана тайпан а, Сарах бахьана долуш, «арамеяшна» юкъара, «жуьгтий» хуьлуш дIакъастиначу генан а да, Ибрахим ву бохург. Амма Ибрахим доллачу жугтийн, я Iарбойн да ву бохург, даима тардар дан гIертачеран, уьстагIех Iехар хета суна. ТIаьхьо, и туьйра кхоьллинарш бу, «Вавилонан йийсарехь» хилларш. Шайн жуьгташна массо а ханна лерина, дийна дисаран концепци ю цара кхоьллинарг. Изза ала йиш ю, Iарбошка а.
          Нагахь санна, вайн дуьнено къобалдеш делахь, адамо шен силсила, ден зIеца тIаьхьене кховдорца доьзна и Делан низам, Ибрахим да ву боху, ИсмаIалах хилла Iарбойн тайп а, Исхьакъах хилла жуьгтийн га а, шеко а йоцуш «хурриташ» бу, чIаьнкъа уьш белахь а. ХIунда аьлча, ИбрахIим, шен генетикан орамца «хуррит» хиларна. «Нах» ораман стаг ву ала хIуттура вац со иза, даго къобалдахь иза а. Хьалхараниг (хуррит хилар), бакъдерг хилар къобалдеш санна хета суна, КъурIанан 3-гIа суран, 67-гIачу аято бахарна: «ИбрахIим хилла вац жуьгтий а (в.аь., «симит»), эрмало («керста» аьлла ду, кхин болчу гочдархоша) а (в.аь., «индоевропеец»). Иза вара хьаниф (Дела цхьаъ хилар хууш верг), бусалба (шен дегI, АллахIана муьтIахь хиларехь дIаделларг). Иза вацара Делаца накъост вечарех».
          Амма иза, жугташа дийра дац, цара кхин некъ (ненан силсил) тIеэцна хиларна. Иза ю, ненан цIарца кхоьллина силсила тIаьхьенга кховдош йолу, дуьненчохь кхечарех тера йоцу къепе.
          Цу ширачу заманчохь царна (пражуьгташна) оьшург хилла, керла кхоллалучу «хурритин цхьанаделан (монотеизм) динан» бух а, Ибрахиман цIарца дазар долу динан зIийдиг а. Ассимиляции еш болчу симиташна (ассиро-вавилонан аккадаш, халдеяш, финикийцаш, хапируш, протоIарбой) юкъахь а, Хьалхарачу Азин кийрахь кхиана, аборагенаш болчу «ширакавказхошна» хьалха а, ша тайпа къаьсташ йолу, «монотеизм» йолу каста кхоллар коьрта Iалашо хилла цу заманан «политиженерин».
          Кху хьесапна жамI дарца сайн къамел дIадерзош ала лаьа: «Иштта йолу, дахаран силсила йогIуш ю Ибрахим пайхамарна» бохург. ХIунда аьлча, иза цхьанатасалуш хиларна шираисторин хиламашца, бакъ хила таралучу терахьашца. Кху белхан Iалашо ю, шира туьйра мукъне а, кхузаманан туьйранчин туьйранех къасталура дацара техьа аьлла.
Цу Везачу Дала, бакъ йолчу тобанан, декъашхой дойла вайх! АллахIу акбар!!!

          Хан яллалца сакъоьруш Iийна хьеший бийшиначуьра гIовтачу хенахь, гIушлакхе бала гIерташ бара, дийна синошна Iаткъам бан кечбелла малх. Гергахь лаьттачу гIуна чуьра хи хьаладоккхий, цуьнца юьхь-куьг дуьлуш кегийрахой а болуш, къанонна лерина чара, сурили чохь хи эцна вахара БугIа-Сирри.
          - Де атта хуьлда хьан, хьомсара Эйа! СадоIар хилан хьан сийсара? – элира, терхи тIе чара хIоттийна, хи дотта кечвеллачу жимхас.
          - И Веза-Воккханиг реза хуьлда хьуна а. Ма новкъа дацара суна, и шун синкъераме аьзнаш. Новкъадерг ду-кх, хьошалгIа а веана, делккъалца вижна Iиллар. Кху «кхерчара нахана» а моьттура ма ду, вай малончаш ду. – Эйас олучу хенахь, чоьхьаваьллачу ШимаIас хаийтара, бешахь даарна оьшни (гIазкх., «стол») хIоттийна хилар.
          Цхьацца болу хьеший а, «кхерчан дай» а схьагулабеллачу муьрехь, жимачу четарера араваьлла Эйа, БугIица цхьаьна, оганаш доцучу цу четаре веара. Вовшин дедика дарца маршаллаш а хаьттина, хIума яа хевшира уьш ехачу оьшни гонахьа. Коьртехь Iачу И-бара-хи-Мас а, Эйас а доIанаш диначул тIаьхьа, Ваванега доIан рагI кховдийра «кхерчан дас».
Кхара, паргIата хIума кхоллачу юкъана, делкъанан бурко хIоьттира арахь. ХIусамдас IиндагIе довлар магийна, хIо шийла долчу четаре бирзира уьш. Цу чу, С-ара-х а еара хьешин дедика деш йистхила. Цкъацца, кхарна билгала долург дара, цу майран, зудчуьнан юкъ гайта хIума а доцуш, цхьа шогалла долуш хилар. Лакхахь ма-хьаххора, юккъерачу хенара волу И-бара-хи-Ма, дика битам болуш стаг вара. Цу битаман аматаш дикачарех делахь а, цунна хийра бацара шек хилар, дог эшар боху кхетамаш а, цкъацца гучайолу стешхалла а. Гуш дара, зудчо цкъацца дечу оьгIазе тIетеIарна, дуьхьал хилар цуьнан доцийла а.
          - Ткъайха сов шо хьалха, Адад-На-арара паччахьо, кху махкахь шен олалла хIотторхьама, шен яIна кху агIонга ерзийначу муьрехь, доьзалан кхерамазалла ларон а, «беттан эни» волчу цу «Нанна» цIун тIулг-суьрташ деш, уьш духкуш бечу балхаца таро IаIон а, сан да Терах, Ур-ГIала вахара. Ткъа суна, цу динца доьзна цIуйн Iилма Iамо, Iалашо а хиллера цуьнан. Цигахь хIара С-ара-х а ялийра аса, хIумахуургаша «…хьан зуда яц иза. Цуьнан кхоллам, аьрда-цIийнан нана хилар бу» боххушехь – олуш, забар ян гIоьртира «кхерчан да».
Цу забарна реза ца хиллачу С-ара-хас, яппарш хазийра шен майрачунна лерина:
          - Хьан дас: «Цу Сийлахьа волчу «Синас», мухIар таIийна: «…тIаьхье сийлалле а, йоккха а хира йолуш ву сан кIант» бохуш, сан лерга-нIаьна Iехон гIерташ зурма а лекхна, со хьуна а йигана, аша дакъаза яккхи со. ЦIу-нана а ца хили сох, я цо бийциначу боккхачу доьзалан нана хуьлий а ца хаьа. – элира зудчо, кIоршаме озаца.
          БархI шо хан яллера и шиъ вовошахакхетта, церан хIинца а доьзалхо вацара. И бахьана долуш, гIайгIане яра С-ара-х. Ткъа Ибрахимас, ша сагаттадахь а, шен дагара ца хоийтура. «Веза-Воккха волучунна лаахь, вайн кхерчана, и тайпа ирс тIехдера дац!» олура цо шен хIусамнене, цуьнан дог тедархьама. Делахь а, цкъацца, цуьнан коьрте а хьевзара ойла: «Беттан энина» лерина, цуьнан аьрда-цIийнан нана хила гIерташ, кху С-ара-хас латийна къинойх цIанъяла а, тоьхна гIуда дIадала а, ма онда къахьега деза оха шиммо» олий.
          Цу къамело тем луш йоцчу зудчо, дIадахначу масех шарахь, бераххиларе сатесна, майрачух хьулдина ца лелош дарба а, сагIа ца доккхуш цхьа цIу а ца висира. Дуьххьара, майрачо олург делазхойн къамелаца нисдечу С-ара-хна, дегайовхо луш яцара кхуо таваккал дечу цу цIуша а. ТIаьххьаре, майрачо дуьйцучуьнан ойла ян елира иза. ДоIватан болх бечу И-бара-ха-Мас, шен зудчунна, цхьана «эних» тешар деллехь а, амма, цуьнан дагна синтем ца беллера цо. Иза хууш, ша И-бара-ха-Ма а вара. Цуьнца дузура цо зудчуьнан чIиркъе хилар. Цундела, цуьнан яппарш ловра майрачо, нахана хьалха, юьхьIаьржаниг хила шен везахь а. РогIера, яппарш етта С-ара-х йолаелча: «атто маша дар, цу аттах доьзна ду…» олуш иза човхо дагадеъча а, Деле собар доьхура цо шена. ХIинца а, хьешин дог-ойла ца йохон, шен ма-хуьллу къеда, машаре дош ала гIуртуш, хьехеман хорша ерзо гIоьртира иза, айъаяла герташ йолу зудчуьнан дегабааман чарп.
          - Массо а хIуманан, хиламан «Эла-ба-ха» волу и Веза-Воккханиг ву, адамо бан лериначу некъаца, цуьнан кхоллам нисбийриг. Вайн гIалаташа кхоьллина къинош ду, кхолламан вон-дика агIо хоржийтарг. Вай а, вайн дIабахна дай а, олалла дезачу цхьана хийра адамо кхоьллина харц кхетам юьхьара а лаьцна леларо, дуьненан аьтто бохийначарех ду вай. Вайн доIанаш, таваккал дар, сагIадаккхар эзар дакъошка декъар долуш, ша кхача дезачу кхочуш доцуш ду вайн. ТIулгах диначу цу кортош хьалха, вайн тиладелла кортош лаьттаха детташ, хIумма а доцучуьнгара, къинхетам боьхуш лела вай.
Къинхетаме сатуьйсуш вай делахь, цу цхьанна, цу Веза-Воккхачунна хьакъ дерг дIадала деза вай сийдарца, баркалла кхайкхорца, уггаре а хьалха, собаре хиларца. Вай тиладелла лелачу муьрехь гуладиначу цу къиношна, къинхетам бан тарало, цу Веза-Воккханиг волчо. Къинош летош вай яйъанчу цу ехачу ханна дуьхьала, хIинццехь къинхетам безаш вай делахь, иза, хьайна цхьанни бен дезарг ца гар ду. Массо а хIуманан шен мах бу, диначунах яла езаш шен-шен барам болу ял а ю. Собарениг хилла, доIнашца дехар деш, хьайн къинхьегаман декъах сагIа деш некъ ахьа бахь, шеко а йоцуш, хьан дехарна жоп лура ду, цу Веза-Воккханиг волчу «Эла-ба-хас» - олуш велакъежначу И-бара-хи-Манна» лерина ткъес тоьхна, четар чуьра араялла С-ара-х, дехьо лаьттачу гIарбашин четаре яхара. Резавоцуш, корта ластийначу хIусамдас, неIарехь лаьттачу лега ишар йира, «стоьла тIехь, шийла хи ма эшийталаш» олучу хьесапехь.
          - Бехк ма-биллалаш «тхуна», сан хьомсароа хьеший. Доьзалхо ца хиларца боьзначу кхолламо, собарах йохийна лелаш ю иза сан. Делахь а, и агIо ца лерича, вуьшта долучуьнца сан тешар долу, дика накъост ю иза, - аьлла, кхечу гаьнна тIе, къамел даккха гIоьртира «И-бара-хи-Ма», - Хьомсара Эйа! Со пхийттара ваьллачул тIаьхьа, кху Харран-ГIалара тхо дIадахале дара иза. Цкъа майдане вахначу сан, хьан хьехамашка ладогIар нисделира цкъа. Цу хенахь, кхин хIинцачулла чIогIа, кхечу «энишна» таваккал деш бацара кхузара нах. Цу хенахь, массо а «нах-арихойн» коьрта «эни», «ТIо-йа-Ша-ба» вара. Цу хенахь, шаберш аьлча санна хьох а, я ахьа дуьйцучух а, кхеташ бацара цу майданахь гулабелларш. Лехар долчу сан ховхачу кхетамо схьалаьцнарг дара, цIу-динан дайн а, цу майданахь низам ларочу «хурадин» а тIех сакхехилар. Сан дагах кхеттарг дара, нехан Iоттаме а, забаре а йолу кхиссарш тергала ца еш, собаре долу, безам богIийту сийлаллин хьан къамел. Цу къамело а, цу хенахь даге кхоьвдиначу шеконо а, ша тайпа лехар дитира сан кхетамехь даимна.
Со бер долчу хенахь дуйна, сан да, гергарнаш, ваьрхой хуьлура поппарх диначу цIуйн сурташна хьалха а оьгий, церан когашка кортош детташ, дехарш деш. Цу жималлехь дуьйна, тидам ира болчу суна гора, цу цIуйх цхьаа, кхаьрца балабоцуш хилар. Цкъа сан дас дийцара, ша доIа дечу хенахь, шена «Нанна» «энис» деллачу жоьпах лаьцна. Цул тIаьхьа, цо ша лура ду аьлларг ца луш кIира а, бутт а, ахшо а делира. «Сайна, хIун жоп ло хьажа веза со» аьлла, сайн куьйгашца хьийна поппарх, томехьа васт долу цхьа цIу вира аса. Сайн дас ма-дарра, цу тIулг-суьрта хьалха чара хIоттош, цу чу бецаш а, даьтта а доьттина кIур тосийтуш, дехар дан голахIоьттира со, суо цхьаъ бен воцчу цу есачу арахь. Сайн голошка цIий доссалца, даггара доIнаш дира аса, цу «Нанна» а, кхин болчу а «энин» цIарах. Амма суна, сатедо жоп ца хилира. Цу меттехь, суна тIехьашха тIехIоьттиначу вашас, Нах-арас Iиттарш еш цкъа со хьийза а вина, «эрана арахь, ешапан лергана хезийла йолчохь, жоп луш вац и цIу. Цо жоп ло меттиг, аьрда-цIа ду, я хьан доьзалан кхерчахь, цуьнан амат чохь долу чоь ю» аьлла нисвира со. Цхьана сарахь, цо ма-аллара цхьана чу а вахна, кIурбоккхуш дехарш дан кечвелира со. Цу чохь кIур хIоттийна, даима сан сема хилла ойла, дохк санна Iаьнаре ерзош, тентакваьллачу хьоле верзийра со. Делахь а, кхетам меттехь латто гIертачу сан дегIан чарх, гIоьвно лаьцча санна яра. Цу хьолахь аса бIаьргаш дIакъевлича, цхьа инзаре амат юьхьдуьхьала хIоьттира суна. ТIаьхьо, сан гергарачара, иза «Нанна» хилла баьхнехь а, суна гинарг ешапан амат дара. Когашкара са дIадаьлла, гола хIоттаза висира со. Делахь а, цхьанне а гола хIоттар дезаш воцу со, коьрте хьевзиначу бIагоро, агIонца дIавожийра. Сайн боллу ницкъ тIебахийтина, цу цIа чуьра, аратекхира со. ЦIеначу хIавао, дукха сиха меттавалийра со. И ешап цу чуьра арадалале аьлла, цуьнца къамел дан со юха чоьхьаваьлча, кIуьран къахьех лаьтта тIулг-сурт бен дацара цу чохь. Кхайкхача а, шена ас дов дича а, дуьхьала дош ца элира цу чохь суна гиначо.
          Цул тIаьхьа, къайлаха тидам бан велира со, цу кепехь таваккал дечеран. И нах гола а оьгуш, цIуна хьалха дехарш дора, цаьрга къамел деш цхьаъ волуш санна. Амма, истанга тIетесна къайлаха долчу цхьана лахьти чохь дIалечкъна Iачу суна, хаалуш хIумма а дацара. Адаман гIодаюккъе, я церан коьрте кхаччалца цу чохь хIутту кIур лакхарчу Iуьргехула, цIе яйначул тIаьхьа арабаьлча, меттавеънарг араволура, цу тIулг-сибатна букъ берзо а ца ваьхьаш. Сан дас а, вашас а, кхин болчу ваьрхоша «…жоп хилла» бохуш дуьйцург, цу чохь волчу суна хезаш ца хуьлура. Ткъа цара дуьйцург, дукха хьлахь цхьатерра а, тIех башхалла йоцуш а хуьлура. Цкъацца бецаш, я даьттан барам хийцабелча, царна дуьхьалатосург а хийцалура. Сан тидамо гучадаьккхиначо, кхоллалучу хаттаршна жоп доьхура сан кхетаме. Даима лехам болу со кхийтира, лаьттах, дечигах, кхийрах дина цу тIулг-суьрташа, хьан дехарна жоп лург ца хиларх. Хьуна сурт хIоттош берг кIур а, цу кIуьро бахийна корта а хилар. Иштта, кху латта тIехь Iаш и Веза-Воккханиг воцийла со кхеттачул тIаьхьа, суна дагавеара вай шира дайша лоруш хилла, амма цара вицвина волу и Iаьршан «Эла-ба-ха». Иза ву, кхечу цIарца вайна вевзу и «ХIал-Эла».
«А-къа-дайша», «Алалу» а олу цунах.
«Аса, и «эни» хьа веза, Iаьршехь лаха» аьлла, ойла кхоллаелира сан. Цхьа билгало гаре сатесна, лакхенга бIаьрг бетта велира со цул тIаьхьа. Амма и Iаьрше суна а, я адамашна тIекхача аьтту боцу геналла яра. – аьлла, доккха са а даьккхина, юха шен къамел долийра хIусамдас, - Цкъа гIенан кхоьлаха, тамашийна хаам хилира соьга: «Ахьа лоьху бакъо, стигланан Iаьршехь карора ю хьуна» аьлла. Цул тIаьхьа дуьйна, суна хьалха хуьттуш цхьа хаттар дара: «Адаман куьйго и цIуй кхуллуш хилча, ткъа ша адам кхоьллинарг мила ву?», «ХIара гонахьара Iалам, дуьне кхоьллинарг, со, адам кхоьллинарг ву, аса лаха а, билгалаваккха а везарг. Цунна цхьанна ала деза баркалла, дан деза доIнаш, хьекъал долчу муьлхха а дийна сино» аьлла. Цу хенара дуьйна и Бакъверг, сайн ойланца цу Iаьршан геналлехь леха велира со.
          Цхьана буса, еса аренга а ваьлла, суо цхьаъ ойланашка вахна Iаш вара со, ас-сайга хаттар а деш: «Мила ву и Бакъверг»? «Мичхьа ву иза»? «Муьлхачу аматехь ву»? бохуш. ЦIеххьана, сан бIаьрса дIаэца санна, Iаьршахь цхьа седа къегира. Со хьалаиккхара, тIех самукъадаьлла мохь олуш: «Суна карий! ХIара ву, сан Веза-Воккханиг! Стиглахь къега иза, тIех хаза нуьрца. Наха, шайн куьйгашца кечдиначу тIулгах тера вац иза. Иза вохалура вац, тIулгах бина и «эни» санна». Амма сан хазахетар Iуьйранга бен ца делира. Стигланан сийналлица дIаоьш, сан седа байра, цуьнан нур дешаш дIадолуш дара.
          «Сан Везаниг! Сан Воккханиг! Со цхьаъ вуьтуш мича воьду Хьо? Аса еха буьйсанашкахь, деношкахь лехна ма вара Хьо. Къайла ма валахьа! Сан дехарна жоп лохьа, хIай Веза-Воккха, сан Эла!» аса боххушехь, со хезаш боцу и седа-эни юха ца бирзира. Суна, жоп ца делира цо. «ХIа-хIа, иза «эни» вац! Иза къайлабели дIабузаш. Сох къайлаволург а, дIабузург а, сан «эни» бац!» аьлла, со юха а и Веза-Воккханиг леха велира. Хьалха санна дIаоьхура денош а, буьйсанаш а. Цхьана сарахь, лекхачу ломан оькъам тIехь, Iаьршана гергагIуртачохь, буьйса яккха вахара со. Бода булачу хенахь, лам тIеволуш гIелвеллачу суна, паргIатваьлла дукха хан а ялале, наб кхетта хиллера. Суна ца хаьа, аса и наб мелла йира. Лаьмнин хIоно дегI шелдина, кхеттачу хоршо и дегI эгош а долуш, со самаваьккхира. Со тохаволийтуш, агIонца гуш бара гоьрга, онда бутт. Суна, цкъаа ца гиначу кепара къегинера иза. Цу Iаламато цецваьккхиначу сан кийрара, инзаре мохь белира: «Хьо ву, сан Веза-Воккханиг! ХIинццалца, аса хьан тидам хIунда ца бира!? Бутт! Гонахьара лаьмнаш къагош, Iалам, лахара аренаш, доллу дуьне серладоккху ахьа. Хьо Iаьршахь бу. Хьан зIаьнарш массо а метте кхочу…» бохуш, цуьнан диканиш дагардеш, доIнаш до сан ойла макхъеш, дехьо тIеоллабеллачу ломан оькъаман тIехьабелира и бутт. Амма, дуьне сирла хиларна, цу тIехьа хIун деш бу и бутт хьажа, сан дехарна жоп луш, цу лома тIехьа иза лаьтта боьссина моьттуш, цига дIахьаьдира со. ТIех боккха ницкъ хуьлуш, хан йойъуш цу лома тIе со волачу юкъана, тIешершиначу мархаш тIехьа къайлабелира, анайистехь чубуза лерина бутт. Сан Веза-Вокканиг! Кху боданехь со цхьаъ вуьтуш, Хьо стенга боьду? Сан дега, Хьо карийна аьлла, ас цуьнга кхаъ баккхалца мукъне а сацахь! Соьца висахь сан Эла!» бохуш шега аса дехар дешшехь, дIабуьзира и бутт а. Дикка Iиллира со воьлхуш, сан кхетамо соьга аллалца: «ХIа-хIа, иза «эни» вацара. Иза, дIабузу а, къайлаболу а бутт бара. Хьуна ца хаьа, кху Харранера адам, цу баттана таваккал деш, тилла лелар дуйла. Хьан «эни» хьуна шен некъ гойтуш вацахь, цу гуш доцучух Iехавелла хьо, тилавелларг ву». Цунах со кхеттачул тIаьхьа, со сайн цIа веара, дог доьхна а волуш.
          Аьхкенан юккъехь дара иза. Тхайн кхерчан тхов тIехь дIавижаначуьра самаваьлла Iуьллачу сан ойла: «Мичхьа ву техьа и Веза-Воккханиг?» бохуш лехар долуш яра. Малхбале агIонгара, вайна тIехула, дIогахь гучу лома тIехьара, цIеххьана цIен нур къагош гучабелира малх. ХIара ву-кх сан Веза–Воккханиг! – аьлла, со хьалаиккхара, - Серло а, йовхо а, ораматна дахар лург, адамна йовхо лург, долу дуьненна серло лург хIара цхьаъ ву! ТIаьххьаре а карий суна, аса лехна, сайн Веза-Воккханиг! Хастам бу-кха хьуна! – бохуш, уьйтIе мел ю уьдура со, кест-кестта сан бIаьрса дойъучу малхе а хьоьжуш. Амма и самукъадалар, делкъал тIаьхьенга даьлча, сан малх, «да-мат-Iу» цIийнан тIехьа, чубуза дагахь дIашершира. Цунна тIаьхьа, аренга дIаведира со. Дуьненна, цо елла йовхо а, шелъяла йолаелира. Доллу дуьненна мокхалла луш, тIаьххьаре цуьнан серло а яйра, цу арахь со суо цхьаъ вуьтуш. Меллаша, дуьхьала лаьттачу лам тIевелира со. Сан дог паргIата дара. Сан ойлано бохура: «Цу Веза-Воккхачуьнан къайле, билгала ели суна. Иза вац тIулг-сибатах тераниг. Иза вац седарчех, баттах, малхах тера. Дуьне, Iалам, и седарчий, бутт, малх, со кхоьллинарг, суна ган йиш йоцу, амма массанхьа волу Веза-Воккха «Эла-ба-ха» ву, тIех шира болчу сан дайша, «ХIал-Эла» олуш хилла сан Эла. Хастам бу хьуна, сан Веза-Воккханиг! – аьлла, сан да вехачу хIусаме юхавирзира со, тийна волуш – аьлла, шен дахделла дийцар чекхдаьккхира И-бара-ха-Мас.
Шен хилла ойла а, хIинца гучадаьлларг а, цхьана эдиначу Гунес дош ала бакъо йийхира.
          - ТIулг-суьрташца доьзнарг а, «Адад»94 , «Ашшур», «Мардукъ», «ТIо-йа-Ша-ба», «Эйа», иштта кхин дIаболчу цIушца доьзнарг а, цхьаа шеко йоцуш, адаман Iехабелла кхетам а, цу кхетаман тIаьхье а, юьйла хаьара тхох цхьаболучарна. «Муха кхето деза шийло, йовхо, серло лучу баттаца, маьлхаца, къегар долчу седарчашца, мархаш идочу, хин тулгIенаш ловзочу махаца, леш-денлуш долчу Iаламца доьзнарг»? аьлла кхоллалучу хаттарна дала жоп дацара тхох цхьаболучеран. Ахьа ма-аллара ду, и тIулг-сибаташ дIабохург хезаш а дац, шениг чекхдаккха ницкъ болуш а дац, адаман куьйго динарг бен, шаьш кхин гIуллакх деш а дац. Ткъа и малх, бутт, седа цу сибатех тера дац. Малхо йовхо ло, орамат дендан а, и даго а ницкъ бу цуьнан. Серло луш цуьнан гIаттар, баттаца рагI хуьйцуш цуьнан дIабузар а, хIора дийнахь аьлча санна гуш ду вайна. Бутт а, цу кеппара гIоттуш, бузуш бу, юкъ-юкъа серло а луш. Товхоно деттина дуьне, мелла а, буса шелдо цо. Некъан-седано къепалан дена буса некъ гайтахь а, цуьнан Iаткъам болуш дац де. Кхин долу седарчий а ду, тайп-тайпана хуьлачу хиламан некъа накъостий бен доцуш. «Са-лар-да»95 , «Са-Вани» мелла а дуьненна Iаткъам бан аьтто болу «эни» бу. Ткъа «ХIал-да» «эни», и дан аьтто болуш вац. Амма иза, коьрта «эни» ву, «нах-ари» олучу ламаройн. «На-хи» долчу шу атагIойн «эни» а, и санна волу «ТIо-йа-Ша-ба» ву. Ткъа цу шиннан а, вукха маьлхан, беттан а, тIулг-сибаташ динарг ду адам. Нагахь санна, церан и сибаташ вай дохийча, хьалхара шиннах хIуьппалг а дуьсура дац. Амма, вукха шиннах дуьсуш ма ду, вайга дохалун доцу, амма вайн дахарна Iаткъам бан томехь долу аматаш – йовхо, шийло, серло, бода. Цунах хIун эра дара ахьа? – аьлла, Гунес диначу хаттаро, цу жимачу стеган ира кхетамах хьоьгург вира, къано волу Эйа а. - Хьомсара хьеший! Сан тешаран бух нисбина бу, латтан, хIордан, маьлхан, беттан, иштта Iаьршан хиламаш хийцалуш гарца а, хуьлачуьнга хьежаро нисдина хьесап а. Аса хьахийначу цу седарчин, хиламан ницкъ хилча, цара, шаьш шайна гIайгIа бийра бара, шайниг лардан а, шайн некъан къепе цхьана нисъян а. Амма царна юкъахь, и тайпа юкъаметтиг яц. Мелла а царна юкъахь йолу юкъаметтигаш, масала, маьлхан йовхонан Iаткъам дIабоккху беттан шело, бода, я и бойъу серло вайна пайденна елахь а, церан цу нуьцкъаллица доьзна бахьана цхьана къепе дерзийна хиларо, шеко а йоцуш, царна тIехь куьйгалла деш кхин цхьа онда ницкъ хилар билгаладолу. И ницкъ берг, шеко а йоцуш «Эла-ба-ха» ву. Цо нисдина низам ду, «шумаран» маттахь, «Мэ» олуш хилла и дуьненан къепе. Ткъа вай цунах, «Ма» олу. Иза, Цхьаъ бен воцург а ву, цхьаннах тера а вац. Иза ву, цхьана дашца вай, «ХIал» олучу цу Iаьршан, стигланин, лаьттан коьрта Да, Эла.
          - Бехк ма-биллалахь, лараме волу И-бара-ха-Ма! Цу массо а «энин» аматаш долчу тIулг-сибаташ юкъахь, ахьа вуьйцачу цу «Эла-ба-хана», гергахь лаьтташ ву-кха «маса-суройн» и «ХIал-Да». И ахьа юьйцу цу Iаьршанан цIе, баккъалла, ахьа ма-яккхара, «хIал» олий йоккху «нах-арихоша» а. Шу даккхийчара дийцарехь, вайн халкъан шира заманчохь хилла и тиша «эни» а, «ХIал-Эла» цIе йолуш хилла. Вайн дайша вицвина и хьалхара «ХIал-Эла» а, ахьа вуьйцу, амма гайта амат доцу и «Эла-ба-ха» а, тахана оха лоруш волу и «ХIал-Да» а, цхьаъ-ам вац техьа? – элира, цу цIеххьашха шена схьаделладеллачух, ша а цецваьллачу Сур-Шенас.
          - Бакъ лоь и Сур-Шен. Коьрта «эни» волчу цу «ХIал-Дан» тIулг-сибат дохийчахьана, изза, Веза-Воккханиг ву-кха, «нах-арихоша» лоруш волу и «эни» - элира, цу къамелана юкъа, шен дош хIоттийначу Ваванес а.
          - Ваване! Хьан ойла нийса хета суна. Амма, цхьаъ ду новкъарло ен ерг. ТIулг-сибаташ дохош юкъара уьш дIадаьхча а, адаман кхетамехь юьсура ю, тераллица цхьанайогIу ойла. Иза йохалура яц, иштта атта. Ас ца дуьйцу, и сибаташ вай дохон деза аьлча, дуьхьала бевра болу динан дай а, Iедал дай а. Доцца аьлча, и тIулг-сибаташ дарца йоьзна, цу адаман сих дIаийна йолу адамин корматалла, дIаяккхалура яц атта. Мегара долу хьелаш нисделча, уггаре а хьалха, керла тIулг-сибат кхуллийтура дерг ю, самаялла и корматалла. Цундела, хийца езарг цIе а ю, гайта дезаш масалаш а ду. Иштта бен, доь довра дац, адаман кхетамо кхоьллиначу цу «энин» - элира, хIинццалца ладоьгIуш Iийначу Эйас.
          - ТIулг-сибаташ дохорх, я церан цIе хийцарх гIуллакх хира дац, нагахь санна бIаьргашна, лергашна, марошна, куьйгашна, маттана хаалуш воцу и Веза-Воккханиг, адаман кхетамах дIаийна вацахь. Иза дIаэван езарг, хан ю – еха хан. Я даима бечу хьехаман, Iаткъам бу латтон безарг – элира И-бара-хи-Мас, - Цу бечу хьехамца, ахьа ма-аллара гойтуш масала дацахь, кху дIадахначу масех эзар шарахь, харцахьа баьккхина адаман кхетам, нийсачу новкъа баккха, Iаламата хала хира ду.
          Ур-ГIалара, кху махка со а, тхан доьзал а юхаберзале болчу муьрехь дара иза. Цу гIалахь, «нах-арихойх» болу гIалахой кIезга бара бехаш. Цхьана гIалахь дара иза, йохка-эцар лелочу къепалца со сайн гIуллакхе вахна а волуш. Керла шо долалучу цу хьалхарачу дийнахь, гIалин коьртачу майданахь и де даздеш дакъалаца а, садоIа а сецира со юкъахь волу тхан къепал. Цу гIалан «лимму» хьалхаваьлла а волуш, «Наннан» цIарах долчу аьрда-цIенна чуьра арадаьккхиначу тIулг-суьртана хьалха корта бетташ, таваккал деш дара дукха адамаш. Царна хьалхабевлларш «амурру» орамах болу хьолахай а, «там-караш» а хиларна, цу мискачу адамна, нийсаниг хаийта Iалашо яра сан. Цара кортош детта и тIулгаш, «эни» ца хилар а, цаьргара цхьаа новкъарло а, я пайда а хирг ца хилар хаийта лаьара суна, уьш Iехабелла хиларх дерг а гойтуш. Цара, корта бетта хьакъ верг, стигланаш, латтанаш, адамаш, кхин долу синош кхоьллина волу и Веза-Воккханиг - «Эла-ха-ба» вуйла хаийтар дара суна луург. И бакъдерг ас шайга аьлча: «Тхан дай а хилла, кху «энишна» таваккал деш а, корта беттаргаш а» элира цара. «Шун дай тилла хилла, хIинца шу санна» ас аьлча, цара соьга хаьттира: «Хьо бакъдерг дохьуш веъна, я хьо, аьшпаш буьттачарех ву?» аьлла.
          - Аса тешалла до, и Веза-Воккханиг хилар хIара стигланаш а, латтанаш а кхоьллинарг аса аьлча, «лиммус» соьга хаьттира: «ХIун ду, цу хьан Веза-Воккхачо кху дуьненахь дийриг?» аьлла.
          - Сан Веза-Воккхачо дахар а ло, валар а ло – аса аьлча, велакъежначу цо: «Аса а ло и дахар а, валар а» - элира соьга.
          - Схьавалавел, и хьалла лаьттачарна юккъера шиъ – аьлла цо дина буьйр, гIароло сиха кхочушдира, сагIадоьхаргашна юккъера ши миска цунна хьалха голахIоттош, - ДIабаккха оцуьнан корта! – элира цо шен чалтаче96 , царех цхьаъ билгалавоккхуш.
Цу майданахь лаьттачу адамо, аьзнин гIугI хазийра.
          - И-бара-ха-Ма! Аса цхьаннан валар дели, ткъа вукхунна дахар дели. Кхийтан хьо? – элира цо, шегара даьллачух дозалла а деш.
          - Веза-Воккханиг волчу цу «Эла-ба-хас», дуьххьара кхоьллиначу «А-да-Ма» боьршах, «Хьа-Ва» стех хилла шина кIантах цхьаммо «Къа-Йинас», шен ваша «А-Бели» воьш гайтина масала бен дац, и миска воьш ахь хIинца тхуна гайтинарг. Цу Веза-Воккханиг волчо, и хьалла схьакхетта нур лепа малх, малхбалехьа гIаттош бу. Ткъа и малх малхбузехьа гIаттон, ницкъ кхочура барий хьан?» аса аьлча, цу хаттаро вохийначу «лиммуна» диснарг, со цу майданара эккхавайтар бен дацара. ХIунда аьлча, суна зен дан аьтто бацара цуьнан, и сан къамел къобал деш бацахь а, шайн ваьрхочунна тIехIитта таралуш хиларна, «амуррашца» хьогIе болу, кхин цкъа а церан къизаллин теш хилла и «нах-хурри». КIезга уьш белахь а, мисканаш гIовтош, гIурт баржон тарало, вон масала дара иза.
И адам дIадаххалца Iад а Iийна, цхьа боккха аьста а эцна, цу буса со аьрда-цIийне вахара. Аьтту а, аьрру а агIонгахь лаьттачу цу тIулг-сибаташна и аьста бетташ, кескаш йира ас царех. Коьрта долу цхьаъ ца дохош, цуьнан коча и аьста а оьллина, айса диначух кхачам хилла, дIавижа вахара со сайн къепал йолчу. ШолгIачу Iуьйранна, цу аьрда-цIийне деанчу адамна а, шен гоца цига кхаьчначу «лиммуна» а гинарг, уьш цецбоху сурт дара. И цIаьнкъа яккхина Iоьхкачу гаьргех, кхийран кескех ког баккха меттиг яцара цу чохь. «Мила ву, вайн «энишна» хIара динарг?» бохуш, оьгIазе маьхьарий детта бевлира цига гулабелларш. «Селхана вай эккхочу хенахь, «И-бара-ха-Ма» цIе йолу и «хорро» вара, ша «…и шун «эни» отура бу» бохуш, кхерамаш туьйсуш» аьлла хиллера цхьаболучара.
          - Сиха схьавалаве иза! – аьлла, буьйр дина хиллера «лиммус» а, - Жоп деха цуьнга, хIара адам теш а долуш, цо диначу цу доккха зуламах» - олуш.
Селхана, шен аьтто боцуш нисделла хьал, тахана кху адаме дIанисдайта аьтто баларо, дог-ойла тойина хиллера цуьнан.
ТIех маса дIасхьадеддачу гIароло, вижначуьра гIаттийна со, сиха майдан юккъе кхачийра. Аьрда-цIийнан неIаре кхачийна со, букъа юккъе чхьонкар тоьхна, неIсагIах батт а тухуш веълара вахийтира. ИрахIоьттина, сайн барзакъ ченах цIандан со хIоьттича, «лиммус» хаттар дира соьга:
          - И-бара-ха-Ма! Тхан «энишна», хIара болх ахьа-м ца бина? - аьлла.
          - Соьга хIунда хоьтту аша, цаьрга а ца хоттуш? Со вац! Иза динарг, и хьалла лаьтта, царна коьртехь верг хила веза – олуш, аьрда-цIийнан кIоргене пIелг хьажийра аса,
          - Цуьнга а, цо аьтначаьрга а хаттал ахьа, нагахь санна жоп дала а, къамел дан а хууш уьш белахь – элира аса.
Аса деллачу жоьпана резабоцурш белахь а, юкъ-юкъа хезаш дара, шеконца йоьзна йо кхиссарш а, царех терра хабарш а.
«Хетарехь, цо дуьйцург бакъду». «Доцург ду, цунна тIекхоьллинарг» бохура цхьаболучара. И къамелаш хазориш совбала боьлча, гонна юккъера араваьллачу динан дас, ша адмашна юкъахь хилар дицделла, хаттар дира соьга:
          - Хьуна дика ма хаьа, цара къамелаш ца дой? Ас муха хотту, дош олуш воцучуьнга? – цо аьлча, гIаддаха велавелира со. ТIаккхи бен ца кхийтара иза, шегара даьллачу гIалатах. Цуьнан корта, цу «Эла-ба-хас» дIабаьхьанера, кхетам гIевне беш цу муьрехь. Реза ца хиллачу «лиммун» а, корта ласто бийзира цу жоьпах кхачам ца хилла. Кхузахь дош ала рагI, соьга еллера, цу Веза-Воккханиг волчо:
          - Уьш къамел деш а бацахь, шаьш хIаллакдечарна ян дуьхьала йолуш а бацахь, аша стенна бетта, хьалха а хуьттуш церан когашка корта? Шуна цхьаа пайда а, я зен а дийра доцучарна таваккал дечулла, гIолехьа дац шуна, и цхьаъ бен воцчу «Эла-ба-хана» хастам бар? Цунах ца-кхеттал, сел кхетам боцуш ду шу?» аса аьлча, дукхачеран кхетам самабоккху масала дара иза. Цу майданахь цул тIаьхьа хилларг дуьйцуш, аса хан йойъура яц шун. Амма цу дийно, дукха агIончаш белира суна.
          Кху кIоштахь а бу, дукха бацахь а, «Син» цIуна кортош детта «амурра», «а-къа-дайн» тIаьхьенех берш а, иштта, «ТIо-йа-Ша-бана» таваккал деш болу «нах-арихой» а. Ткъа сан накъостий, итталгIа дакъа а дац. Амма, кIезга белахь а, шайн сица, амалца чIогIачарех берш бу уьш. Цу Сийлахьа-Воккханиг волчу «Эла-ба-хан» хастам беш ву со, жима елахь а, и тоба Цо сайна яларна. Масех шо хьалха, цхьа стаг а ма вацара сан кхузахь тIаьхьахIотта, кху чуьра сайниш боцурш.
Суна хаьа, кхул тIаьхьа хира долу дахар, Iаламата хала хира дуьйла а. Со а, вай массо а зоьш болу, Iаткъамаш а оьшура бац вайна. ХIунда аьлча, кху тIаьхьарчу хенахь айъалуш йоллу и Ашшур, кхана, бале яла мегаш ю, зIийдаг хоьцуш йолчу, цхьаъ «эни» бен къобалвеш йоцчу тобанна. Уггаре а кхерамениг волу, вайн мостагI хира ву иза даима – олуш И-бара-ха-Ма сецча, Эйа вистхилира:
          - Цу тIехь хьо нийса лоь. Де-дийне мел долу а, цхьа «эни» къобалвечеран тоба стаммалуш елахь а, царна дуьхьала бера болу ницкъ а, тIех онда хира бу совсорг тоьхна бод санна тIехэхар долуш. ТIаьхьарчу кху иттех шарахь, соьца зIе тасаелла и агIончаш, кхо бутт хьалха, цу «ашшурошца» хиллачу тасадаларшкахь, ах байъана. Дукхачарна, заьIапалла ло чевнаш ю йина. Хьан дIаваьллачу цхьана агIончан метта, эзар мостагI вийча а, Iаламата боккха эшам хеташ ву со иза.
          - Дуьне доккха ду. И тайпаниг ца хилийта, дIасхьавала веза, хьайн агIончашна кхерам боцу меттиг лаха. Амма, хьо дIакхаьчначохь даима беш хьехам хила беза, цу новкъахь гIелбелла, эгна накъостий юхаметтахIоттон а, кхин а, хьайн тоба стоммаян а. И хьехам мискачу нахана юкъахь бина ца Iаш, марошна а бан беза. Кхиамениг хира ду, мехкан да, я паччахь цу бакъдолучунна тIевалон хьан собар а, хьекъалалла а тоахь. ХьогIечарех верг иза хилахь, бIозза совдера ду, хьан кхиаман жамI. – «кхерчан дас» аьлча, ша тайпа хьуламе маьIна долу хаттар дира къанос:
          - Сийсара тойнехь хилларш, хьан ваьран а, кху кхерчара а «нах» бара. Хьан ойланца, церан ойланаш цхьаьнайогIуш хилар гучаделира тхуна, тайп-тайпана кхетамаш болуш уьш белахь а. И-бара-хи-Ма! Алахьа, кху гIалахь хьан хьехам тIеоьцуш, хьан ойланца ойла йогIуш берш дукха буй? «Нах» боцурш а, кхечу ораман адамаш дуй, хьан хьехамах хуьлучу асаре сатесна? – аьлла.
Цу хаттаро, мелла а ойланга кховдар тIедожийра хIусамдена.
          - ТIаьхьахIиттинарш, дукха бац – элира цо тIаьххьаре а, - Амма, масех махкара даьхкиначу шун ойланаш, сайчаьрца цхьана йогIуш хиларо дагайовхо ло суна, вайн тоба, де-дийне, шо-шаре мел долу а, стоммалург хилар гуш. - аьлча, кестта, «ашшурой» Iаткъам совбера буйла хуучу къанос, шолгIа хаттар дира, сийсара кхуьнан «наха» дийцинарг а, хIинца кхуо аьлларг а хьесапе диллиначу къанос.
          - Лараме И-бара-хи-Ма! Алахьа, онда кхерам хьайна тIебеъча, я кху кIоштахь иза кхоллабелча, хIун некъ къобалбийра бара ахьа хьайн тобанна? – аьлла.
Эйас диначу хаттаро, кхин а, леррина ойла яр тIедожийра «кхерчан дена». Иза кхеттера, кху хаттаршна луш долу жоп, Iаламата кIорге йолуш листина хила дезийла а, кху къанонна цхьа галамаорзахалла Iораяллийла а.
          - Кхерам дIабаккха, я юхатоха, цулла а боккха ницкъ бу хила безарг. Иза бацахь, кхерам боцчу яла еза и тоба, - аьлла, хаттаре хьажар дира И-бара-хи-Мас, тIаьхьадогIун долчу хаттарна жоп дала а кечлуш.
          - Селхана, тхох цхьанница дечу къамелехь, ахьа хьахийра дитт а, цуьнан орамаш а. ХIинца, цу хьан жоьпо, масале хаттар дар тIедожадо суна: «Кху махкахь кхиана дитт, ахьа кхечу махка даьхьна дIадоьгIча, пайда кIезга болуш хира дац иза, цу латта тIехь?» – аьллачунна, сиха жоп делира «кхерчан дас»:
          - Латта кхин делахь а, шен орамаш ма ду цуьнца диснарш – аьлла.
          - Цунах хуура дара, хьо хин атагIахь вехаш велахь а, латталелорхо воцийла. Орамаш шенаш делахь а, кевстиг ховхе йоьрзий, я шаглой а, гIад дуткъалой, я кегийра стоьмаш латабой а, хийцалой дIахIуттуш ду кхин метте даьккхина орамат.
          - Дикачу латта тIехь, дIадогIа деза-кх тIаккха – элира, кхоссар йиначу Сур-Шенас.
          - Хьан дикачу латта тIера хьо лоллачу кхерамо, и кхечахьара дика латта а ма ду, иштта дIалаца таралуш.
          - Цу кхераме, диттан гIад хададойтачулла, кхечахьа даьккхина дIадогIар гIолехьа дац и орамат, цIура стоьмаш луш и хира делахь а?
          - ХIа-хIа. ГIийла гIодах кхетта матаре лазар, гуттара, орам бахкош хуьлу. Орам цIена а, онда а белахь, гIад доцуш и бисча а, цуьнан метта, цу орам тIехь кхуьуш ду цIена маргIал. Бакъду, цу маргIалах дитт кхио хан а, къахьега а деза алсама – аьлла, шена хаа луург шена Iорадаьллачул тIаьхьа, и къамел кхечу гаьнна тIедаккха лаам кхоллабелира Эйан.
          Дахаран зер долчу кхетамо, кхуьнан кего йолийна ойла, кхунни бен гуш доцчунна тIехь чIагIйира: «Даймохк, дайн орам, цIена цIий лардан оьшург, дайн шира Iадатан бух тIехь, цхьа ойла а, цуьнца доьзна чIогIа низам а кхолла деза. Кху эзар шарахь тIеэцначу хийра гIиллакхех халкъ цIандан, цхьана «энина» гонахьа и ойла кхоллар бен, кIелхьардоккху некъ бац, «ков-кха» орамах долчу ваьррашна» аьлла.
Амма, гонахьа болучарна хезаш:
          - Хийра махкахь дисна, я хийра гIиллакхаш тIеэцна халкъ, шен хилла юьхь йоцуш дIадера ду, кху дуьненчуьра лар йовш. - элира, ша тайпана жамI диначу къанос.
ХIара шолгIа де а, цуьнан буьйса а, И-бара-хи-Ман хьеший болуш яккхира цара.

          «Аб» беттан, 25-гIа де (23 июль). Некъахочунна аьхна хан яра, Эйа коьртехь волу тоба новкъаялла делкъал тIаьхье. Шаьш новкъадовлале, Ибрахиман гIунан тIегулабеллачу хьешаша, цхьана хIоам чуьра, тIаьххьара хин къурд бан лиара. АгIонца ши тIам болу гиба араяккхира ШимаIас.
          - «Хьаша мала хи доьхуш велахь, иза меца вац. Амма ца дехахь – цуьнан марха ду» олу бIаьрмециг йолчу «кхерчан нанас» - аьлла кица а далийна, гIадвахна велавелира, ша еъначу гибанах самукъадаьлла ШимаIа.
          - «Хьаша вогIуш воцчу кхерча, беркат а ца догIу» олуш ду, вайн ден цхьа кица. Кху хих зовкх хьоьгийту хьогаллин чам санна, кху «кхерчан дех» хьегар долуш, цу Веза-Воккханиг волчо, де-дийне мел долу а совбохийла кхуьнан агIончаш! – аьлла, хих къурд биначу къанос, хIусамдега кховдийра, халли бен карахь латталуш йоцу гиба.
          - И Сийлахь верг ву-кх, кхоллам нисбийриг а, къинхетам бийриг а – олуш хих къурд бина, шена гергахь лаьттачу Сур-Шене кховдийра, И-бара-хи-Мас шегара хIоам.
И гиба, кар-кара а оьцуш яссийра, бисначара баркаллин дош а олуш.

          Шен кхерчна, хIорш дикка генабовллалца, Сур-Шенас шена совгIатна беллачу динахь, хьеший навкъабаха веара И-бара-хи-Ма. Харран-ГIалан амат, бIаьро халли бен ца лоцачу геналлехь, Эйас шен ворда сацаяйтира.
          - Лараме И-бара-хи-Ма! Хьо юхаверза везаш хилча, оха, кхин дIа ца воийту хьо. Кхуза тхан дахкарах, Iаламата боккха пайда хилла тхуна. Кхул тIаьхьа догIура долчу бIешарашкахь, тIаьхьенаша ларамца цIе йоккхун волу къонах вовзарал совнаха, хьан кхерч бовзар а, хьан рицкъах кхетар а хили тхан. Уггаре а мехаллениг ду, хьан тешарца йоьзна ойланах оха пайда эцар. И Сийлахьа волу Воккханиг ву-кха, вайн кхоллам нисбийриг. Цунна лаахь, кхин а вовшенна ган мега вай. Сайн кегаелла хилла ойла чIагIян, масала ду суна кхузахь Iорадаьлларг. Кху сан некъанакъосташна а, пайдехьа хира ду аьлла тешна ву со, кху къинхьегаман и жамI. Делахь а, цхьаъ ду суна ала лууш: Кондар а, гIад а, орам а хIаллак хилчи бен мегара дац, даймохк бита. «ХIал-Элан» доттагIа хьох хирг хилар, хьоьху сан даго. Суна го, цо хьуна деллачух цIе а, герз а дина, «шаьш ду дай, шу тхан лай ду» бохуш, хIара дуьне дохо гIерташ цхьа тоба хирг хилар а. Iодика йойла! – аьлла, Эйа маракхетча, цуьнан лере, дош элира И-бара-хи-Мас а.
          - Шеко а йоцуш, генагург ву хьо. Амма сан даго, диканиг ца хьоьху. Кху гергахь йолчу хенахь, ларалуш хилалаш. Со а хира ву, цу «ХIал-Эле» шу доьхуш сайн доIица – аьлла, Эйа дIа а хецна, цуьнан накъостин Iодика ян волавелира иза, «…некъ маьрша а, дахар ирсе а хуьлда шун» – бохуш.
          Гу тIехь латта висначу И-бара-хи-Ман дегIан амат, чубузачу маьлхан зIаьнарех дIаийча, дийнатан, ворданан татанаш бен хезаш доцачу цу арахь, шен аз хазийра Варзапас.
          - Сийдолу Эйа! «Кондар а, гIад а, орам а хIаллак хилча…», кхечу махка хьо вахна, ахь нисдан, хIун ду кху дахарехь мехалла дерг? – аьлла.
          - Лам буьххье ваьлла а, я тIуьначу Iаннин хьеха чувоьлла а, шен махкахь лаха еза кIелхьараволу маьIиг. Даймохк битиннарг а, дорцан махо дадийна лелон баппан хIу а, цхьаъ ду. – Эйас аьлча,
          - Доцца аьлча, иза, велларг ву-кх! – олуш, цу жамIана тIехьа, ша тайпа тIадам таIийра, велавеллачу Ваванес.
продолжение следует в частях 6, 7, 8, 9, 10, 11 и 12. 
​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
Просмотров: 747 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли