Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 3 » «АЬХКЕНАН ДIАХЕЦАРШ» = 4
14:05
«АЬХКЕНАН ДIАХЕЦАРШ» = 4
Историн хьесап:
          «Ширакавказхойн43 орамах бевлла, пайхамарш Нухь («На-Iу-ха») а, Ибрахим (И-бара-хи-Ма) а»

          ХIара яздар доладале, кхин цкъа а ала лаьа, со делазхо ван гIуртура болучарна моьттург дохон: «АллахI, цхьаъ дела ву, Мухьаммад-пайхамар, бакъ элча ву!». Со иштта теша, «Къематан де» догIург хиларх а. ШолгIачунна лерина, масех КъурIанан аят дало лаьа суна, делазхочуьнан къамелах тера аса дуьйцура дерг делахь а, и сан шеконаш бехказа йохун йолу бух, аяташа кхоьллина буйла хаийта а.
АллахIас боху: «Баккъалла а цáрех /цхьа/ тóба ма ю, жайнúца /цуьнан маьIна талхорхьама/ шайн меттанаш керчош /хьийзош/, шуна и жайнара ду моттийта. И /ма/ дац жайнара. Цáра óлу /йуьйцу/ АллахIан тIехь харцó, шайна /шаьш харц хилар/ хуушехь». (3 сура, 78 аят).
Со теша, цу шира заманахь яздиначу Деза Яздарех (и яздарш, дунентIехь дисна дац). Амма ца теша, харцяздарш дIасхьадаржош болчу «Iилманчех», «Iеламчах». Бакъду, суна ца лаахь а, цу шеко йолчу тешалашна тIетийжа дезара ду сан. ХIунда аьлча, КъурIана тIехь и тешаллех дерг хьахош хиларна. Делахь а, бIеэзар Iилманчо соьга хьо теша веза Инжилах44 а, Товратах а, цу тIераниг Дела дош хиларх а аьлча, аса, «ХIа-хIа!» эра ду. ХIунда аьлча, бакъ Iилманчо соьга иза эра доцун дела, шена довзарна 3-гIачу суран, 71-гIа аят: «Хай жайнан охIлу! ХIунда эдо аш бакъдерг харц долчунца? Бакъдерг хьулдо аш, шайна /и бакъ хилар/ хууш долушехь?»
          Цундела аса могийту, миллион шо хьалха вайн латта тIехь 15-20 метар лекха, 1000-1500 шарахь даьхна адамаш хилла хилар. «Диназавр» олу дийнат а даьхначу латта тIехь, и тайпа онда адам хилар, кхин тIех тамашина хIума а дац. Амма со цкъаа тешара вац, кху тIаьхьарчу 5-6 эзар шарахь, и тайпа даккхийра терахьаш долу адамаш, вайн латта тIехь даьхна бохучух. Делахь а, аса могийту 3-4 метар локхалла йолу, 200-250 шарахь даха тарало адам хилла хилар.
          Аса баккъалла а бакъдо, вай («нах») кху дуьнентIехь, уггаре а Сийлахь долчу адамин – Нухь 44а(«Зи-Iу-сур-да»), Ибрахим пайхамарш схьабевллачу генетикан ораман, тIаьхьенех вай хилар. Со тешна ву и ши элча, «кавказ45-загроссан46» макрорасах ваьлла хилар а, и шиъ шайн генетикан орамца, цхьаа гергарло долуш ца хилар «симиташца»47 а, я «индоевропейцашца» а. Хила таралуш дац ткъа Инжилна, Товрата тIехь яздинарг харцахьадахарш дина, Нухьан доьзалах, цуьнан дахаран хенах, я дерригдуьненахь хилла боху, хидестарца48 доьзнарг хьахьочу меттехь? Цундела бу сан шеконаша кхоьллина бух, цу 3-гIачу суран, 78-гIачу аятана тIетовжийна.
          Хьалхарачу Азина а, цунна гонахьара континентин кIошташна (Малхбалера Африка, Европа) а, цу генара ширачу хенахь (хидистиначул тIаьхьа), адамин кхоъ макро-доьзал (раса) бен бевзуш хилла бац «зуьреташ кхиийначу Дуьненна». Церан гергарло (Нухь, кIентий – Хам, Сим, Ийапет) кхолладелла дац, вайна ма-диццара, «хидестаран оьмарна» гергахь йолчу хенахь. Церан (кхаа макро-доьзалан) гергарлонан орамаш къаьстина хан, мел кIезга а, 300-500 эзар шараш хила деза. Цу кхаа макрорасан – «ширакавказхойн», «симитин», «индоевропейцин» генан схьадаларан, кхолладаларан бух, шай-шайн хила, цхьана заманера боцуш. Уьш вовшенна бевзина 6-5 эзар шо хьалха. Дикка вовшенна Iаткъамаш а беш бовзар, 4.8-4.5 эзар шо хьалха бен нисделла дац церан, цу Хьалхарачу Азин латта тIехь.
          «Hamo sapiens» олу кхетамна гонахьа кхоьллина гипотизаш, «дарванизм» олучух тера йолу «Iилманан мифаш», кхузаманан онда аьшпаш а, харцдерг а ду. Кху дуьнен тIехь, адаман дахаран гаьнгали хилла кIошташ масех бен яц – «Кавказ-Загроссан лаьмнин къепе», «Малхбален Африкан лаьмнаш», иштта, царелла тIаьхьа кхиана «Европан», «Юккъера Азин», «Индокитаян», «Американ» лаьмнин дахарш а. Цу меттигашкахь кхоллаелла адаман цхьацца йолу гаьнгалеш, кIезгачу барамехь, цхьа миллион шараш долуш ю.
          Дала боху: «/Хьалха/ Адамаш ца хилла цхьа /дин долу/ уммат бен, /цул тIаьхьа/ декъаделира уьш /динехь/. …». (10 сура, 19 аят); ткъа 7-гIачу суран, 168-гIачу аято боху: «Óха бекъна уьш лаьттахь тóбанашка. Цáрех диканаш бу, цáрех иштта бóцурш бу…». Цу аяташа дечу тешалло хоийту вайна, «Нухьан оьмарца» нисдина кхузаманан терахьаш, туьйранаш кхуллучара, бакъдолчух адам тило кечбина кегарий буйла.
          Боккъалла, дуьненан муьлхха а дийна хIуманан санна, адаман, цуьнан юкъараллан юьхьиг а ю, чеккхе хила а еза. Цу чеккхенехь, адам кхечу амате доьрзура ду. Цу юкъараллин дакъалг долу адам, шен дахаран юьхьехь берин хьекъал а, дайх бисна дегахьехам (наследственный инстинкт) а болуш хуьлу. Цул тIаьхьа доккха хиларца, цуьнан кхуьу карадерзар а, зер а. Цу АллахIас кхуллучу хенахь цу адамна чу ма-диллара, кхин йолу кхачамалла, тадалар хуьлу цу адаман дахар, юкъал тIехдолачу муьрехь. Цул тIаьхьа, и адам къан а лой, тIаьххьаре а ле. Иштта кхуьуш ду адаман зуьрет а. Хетарехь, цу зуьретан кхиам, тIаьххьара ю бохучу хена чубирзиначух тера ду вайн. Нагахь санна вай цхьана адаман дахар зIе а, цу дахарша кхуллу зуьретан оьмарш а, цхьана тIегIане хIоттош делахь, вайн кхин а хан ю ойла ян. Делахь а, тIаьххьара дош АллахIехь ду. Цунни бен ца хаьа, и чеккхе маца тIекхочура ю.
          Лакхахь билгалайина, дахарш кхолладеллачу меттигех, уггаре а гIолехьа ерш хилла, Хьалхарачу Азира «Кавказ-Загроссан лаьмнин къепе» а (протокавказхой), Малхбален Африкан Эфиопера лаьмнаш а (протосимиташ), иштта «индоевропейцаш» а, ша дечу кхарстарца шена чуоьцуш Европан а, кхузаманан Россин латта тIехь а кхиана хилла, «охьахиъначу дахаран» элементаш. Важа шадерш хетарг а, туьйранаш а ду, историга диллича «хьалхара зуьретан», хьекъал долчу адаман («Hamo sapiens») а, дахаре диллича, «глаболизме»49 далийначу дуьненан дахаран а, дай хила гIертачара кхоьллина. ТIаьххьарачуьнан ворданах цара ханна тесна говраш ю: «дерригдуьненан Iедал» (гIазкх., «всемирное правительство»), «дерригдуьненан дин» (гIазкх., «всемирная религия»), «дерригдуьненан экономика» (гIазкх., «всемирная экономика») олурш. Ткъа вайн гайта а, дийца а ду, дохалун доцу тешаллаш, «кавказхой» кху дуьнентIехь уггаре а шира, хьалхара адамаш хилла хиларх лаьцна. Иза ю: «Азыхан хьех»50 , «Дманисин кIошта»51 «Боржомин лаьмнаш»52 , иштта «Шина хин юкъ» а, Кавказера дIа къилбера Индин Iапкъазан чуIанога кхаччалца долу латта а. Хьалхара зуьрет кху дуьнентIехь кхоьллинарш бу «кавказ-загроссхой». Бисначара (симиташ, индоевропейцаш), кхечеран къинхьегам а, цара кхиийна культура а, шайн долаяккхина ширачу оьмаран III-гIа эзар шараш долалучу муьрехь. Шайн даьлла лелар долу дахар, охьахиъначеран дахарца хуьйцуш, «ширакавказхошна» тIебеъначу Iаламан баланах, пайдаэцна тIебаьхкиначара.
          Къепе берзийначу шайн аьшпашна пайденна доцу историн хенан дакъалгаш, «мокха муьраш» олий, церан башхалла охьайоккху, я тергала ца йо кхузаманан Iилманчаша, къаьсттина кху тIаьхьарчу шина-кхаа бIешарахь. «Шира-», я «керла-» олий, историн муьрна хьалха и дешдакъа а хIоттадой, шайн халкъана истории кхуллуш бу «симитин», я «индоевропейцин» орамах болу и Iилманчаш. Масала ду «вавилонан», «ассирин», «эрмалойн», «жуьгтийн» истори. Цу тайпана бозбуунчаллица, шайн макро-, микро-доьзалшна цара «бух» кхуллуш дIачIагIйо, харцахьакхоьллина историн меттиг. Дуьтура вай и эхьдоцуш кхоьллина туьйранаш (гIазкх. аьлча, «Праотец…», «обетованная земля», «холокост» ишт.кх.дIа а) уьш кхоьллиначарна, хIинца вай кхин дерг хьахора ду – «кавказхойн» пайхамарех а, церан дайн орамех а лаьцнарг.
          Кхузаманчохь къаьсттина юкъадаьккхина цхьа керланиг ду, шира историн цIераш шайн матте йахкарца, истореш юхаязъечара лелориг. Жимма цунах лаьцна хьахош, шун тидам а, вайн кхетаман тIоскарш а, кего гIуртура ву со.
          Хууш ду, зарба яздар дуьххьара Къилб Месопотамехь, Нохь пайхамаран хенахь юкъадаьлли, цу махка «шу-мараш» а бахкале. И «шу-марш» схьабевлла орам а, «ширакавказхойн» коьрта орамах долу га хилла. Вайна иштта хаьа, Хьалхарачу Азин доккхаха долчу латтан декъа тIехь («Синай» ахгIайри тIера Каспин хIорда тIекхаччалца а, Азовн Iома тIера, Персин чуIане кхаччалца а), дуьххьара даьхнарш цхьана ораман, цхьанаметтан латталелорхойн ваьрраш хиллий, аларций (гIазкх., «говор») бен къаьсташ а доцуш. Уьш массо (ваьрраш) а схьадевлла меттиг хилла, «Кавказ-Загросс лаьмнин» къепе. Уьш хилла, кху дуьнентIехь дуьххьараниг лоруш долу, хьалхара зуьрет кхоьллинарш. ШолгIа зуьрет кхоьллинарш Лакхара, Лахара Нил53 атагIахь баьхна болу «мисархой» хилла. «Шина хин юкъ»54 (гIазкх., «Двуречъе», я грекашха «Месопотами») олу зуьретал а, «Мисар» олу зуьретал а тIаьхьа, кхозлагIа колладелларг ду, «Харрапан» (Индан) зуьрет. Иза кхолладелла меттиг ю, «Инд» олу хин атагIа. Цуьнан оьмаран хан хилла, ширачу оьмаран 2500-1800, я 2300-1750 шарашкахь.
          Шайн дахаран кепаца а, амалца а, диканиг лууш болу «ширакавказхойх», ширачу оьмаран кхозлагIа эзар шараш юккъедоьлхачу муьрехь, дуьне ма-дду даьлла лелачу (гIазкх., «кочевой») адамин, атта ижу хуьлу. Шайн дахарехь цхьаа гIала, культура, я кхин тайпа кхиаме хьалхенаш хилла йоцу и этносан тобанаш, машарбезачу юкъараллашна юкъа а оьй, церан зуьретан хьалхе йолу кхиамаш (хIуманин культура, мотт, зарба, дахаран кхиамаш, юьхьсинан бух) дIаоьций, церан дегIала доьлхуш хилла тIеяхкина и тобанаш, адамаш.
          Баккъалла а, Хьалхарачу Азехь Iачу нахана и «афразио-симитин» элемент йовзале, уьш хастамбеш хилла «ХIал-Эла» (ист. «Алалу») олучу цхьана Далла, цунах тешарца цхьа юкъаралла а йолуш. Арахьара чудеанчу питано, шина декъе йокъу, и цхьаъ хилла адаман юкъаралла, церан ойлане кховдош «Стигланан пачахьалла», «Лаьттан паччахьалла» олу кхетамаш. Стигларчу паччахьаллин да «Алалу» хилча, латта тIехь низам латтон а, адамна доладан а, цуьнан цхьа гIоьнча хила везар къобалдо, симитин туьйранех Iехааделлачу «нуьхалан» адамо55 . Иштта кхоллало хьалха гIоьнча, тIаьхьо «дела» хира волу, «Ан»56 («Ана», «А-На») олу цIу. Цунна а ма-хилла гоьнчаш оьшуш. Масала, хIорда тIехь а, бухахь а долучунна Iуналла дан - «Эйа», я изза волу «Энки»57 билгала волу хье ца луш. Цул тIаьхьа, «Стигланан паччахьаллехь» хилла и «Стигланан низамаш – Ме /Меэ, Ма/» лаьтта диссийна, уьш лардан дIало «хIордан дела» волчу «Энки» цIуга. Латтан дахар стигларачуьнца нисдиначу цу хенара «политинженераша» магадо зударин, я вуьшта аьлча стун-дели кхоллар. Иштта, адаман кхетам туьйранашна тIеберзабой, ца берзалучохь ницкъалгIа чутоттий а, дукхаделин дин кхуллу цузаманан «политинженераша», «ширакавказхойн» дуьненчохь. И бахьана долуш, хидестийначу Дала, кхечарна масала хилийта и зуьрет хIаллакдо, шен кийрахь дехачу адамца цхьаьна.
          Цу лакхахь хьахийначунна, кхузаманан хьесапехь кхетор дича, билгалдоккха йиш ю вайн ишттаниг: «Кавказ-Загросс лаьмнин» орамах схьадаьллачу, «ширакавказхойн» адамо кхиийна зуьретан чIагIонаш (дин, Iадат, ламаст, амал, дахаран низамаш) йохийна, питанах, хIилланах, мекарлонах герз диначу, церан махкахь шайн аьттонаш нисбан лериначу, хIордаца махлелочу «африо-симиташа»58. Адаман ховхачу кхетамехь кегаре беш, цхьаъ хиллачунна тIера бохуш, «ширакавказхойн» цхьаалла йохийна цара. Цхьаъ хиллачу Делах накъост тоьхна; цхьаъ хилла адам, цу делин цIерашца декъана; цхьана Делан низам доькъуш, и дакъош кхечу делишка делла; шайн-шай дели болчу гIаланшка кхаьчначу цу низаман дакъоша, адамашна, цу керла кхоллаеллачу юкъаралашна юкъахь, бертазло яржийна. Иштта шечунна тIера духуш, Iесадаьлла Къилб Месопотамин адам а долуш, «Персин чуIанонна» гергахь, хIорда бухахь кхоллабеллачу Iаламан хиламо бестийна и хIорд, цу Месопотамин лахара аренаш хин бухахьо. ХIордан махлелорхоша кхоьллина «фактореш» (питане яккъаш) а, хинкеманин флот а, иштта шайн «политинженерашца» цхьаьна, цу цIеххьана хиллачу хиламо, доь дойъуш хIаллак йиначух тера ду. Цул тIаьхьа, цу бассабеллачу махка баьхкина, гергахь долчу лаьмнашкара, акъарин аренашкахь латталелорхой хилла, «ширакавказхойн» орамах болу «прашу-марш». Цу заманчохь «Лахара», «Лакхара Мисар» вовшахакхетий чIагIлой дIахIутту, къилбера, даьлла лелачу даьхнелелорхойн къилбседехьа боьду некъ, пен хуьлий боьхкуш. Цу бахьаненна, кхузаманан «Баб-эль-Мандебан чекхIанехула» сехьадаьлла «протоаккадан» адам, «Аравин ахгIайренан» хин йистешкахула дIасхьадоьду бIешарашка дахделла болар дечу некъашца. 25-24-гIачу бIешарашкахь, Аравин латта тIехь стоммаделла «аккадайн»59 (а-къа-да) ваьрраш, Къилб, Къилбседа Месопотами екъалучу кIоште арадовлу, хIордан йистошца болчу некъаца.
          ХIордахой хиллачу шайн дайх дисна герз схьаоьций, изза болх дIаболабо цара, «Энлиль»60 олу цхьана далла хастам беш лелачу «шу-маршна» юкъахь а. Шайн дай санна Iехаделлачу адамо схьаоьцу цу хийра, хьогIе йолчу тобанаша шайга кхийдориг. Кхеран дегIала баьхкиначу вукхара а дIаоьцу, «шу-маройн» культураца, бахамца, зорбица, маттаца, стигланан Iилмица, иштта кхин болу зуьретан кхиамаш. Шайна хуьллачух бухарнаш кхеттачул тIаьхьа, галадаьлларг нисдан тIаьхьа хилла. Орцаха кхайкхиначу «Загросс лаьмнашкара» «гу-тIиэхошка» (гутти)61 а, хIумма а ца нисло, цара и «аккадаш» («а-къа-да») цу Къилб Месопотамера лаьхкинехь а. И лаьхкина болу «аккадаш» прахурритин а, ламанхойн а ваьррех дIаоьй, таро гулаеш бух кхуллу, тIаьхьо шайн пачхьалкхаш кхолла. Уьш ю, хира йолу Ассири, Хаммурапин62 Вавилон (БIа-б-алун).

          Ширачу оьмаран 16-гIа бIешарашка кхаччалца, «шу-маройн мотт» пачхьалкхан мотт хиллехь а, «симиташа» шайн маттан амате берзо гIерташ, цхьацца бозбуунчаллаш лелийна цу гонахьа цара. Цундела, кавказхойн шира цIераш юкъа, шайн хIуманаш кхуьссуш хилла цу «африо-симиташа», тIаьхьо церан (цIераш) маьIна хуьйцуш, уьш шайн долаяха бух кхуллуш. Масалина дало йиш йолуш ду: «эла», «илу», «ал», «ан», «ари», «ван», «да», «мат», «ур», «эн», ишт.кх.дIадолу дешнаш, Хьалхарачу Азин аборагенин ду аьлла. Иза-м хIунда дуьйцура, кху тIаьхьарчу 150 шарахь, тIетаьIIина тардар деш бу симитин агIо ларош болу Iилманчаш, шира историн форматаца, кхузаманан дуьненан Iилма нисдеш. Къаьсттина и тардар а, харцахьадаккхар а нисдеш ду ассириологин Iилманчашкахула. Биллам63 схьабиллина, зайлйозанан шира яздарш тIехь долчу экъана дуьне гуш ду, иза магадахь, симитан леккхарачу Iилманчин гоно. Цундела кхоьллина ду аьлла хета суна, цIенна, цхьана мукъаза аьзнин элпашца нисдина долу, церан йоза а. Цу мукъаза аьзнин элпашна юкъа, оьшшу, мукъа аьзнин элпаш хIиттийча, дуьххьара цIе кхуллуш чубиллина хилла кхетам, цу симитин кепаца хийца аьтто болуш бу. Схьаоьцура вай муьлхха а кхо элп, масала «лбх». Цу юкъа тайп-тайпана мукъааьзнин элпаш хIиттош, вайн деша аьтто бу «элабаха», я «элабахи», «алибаха», я «илубахи» аьлла. Цу шишша йолчу варианташкахь вай хийцинарг «а» элп, «и» элпаца нисделла. ШолгIачу вариантехь изза элпаш а хуьйцуш, кхин кхоъ мукъа аьзнин элп юкъадалийна вай «а», «и», «у» олу. Вайна го, цу кхаа мукъаза долчу элпаша хийца тарало маьIна. «Эла-ба-ха» бохург, вуьшта аьлча, «эла ву хехо» боху, маьIна даккха йиш йолуш ду. Ткъа «эла-ба-хи» аьлча, коьртаниг долчу хин гонахьара ойла ю, цу дашо гойтург. Лаахь, цу кхаа элпаца йо конфитурацица, Делаца (Эла) зIе таса аьтто а бу вайн. Масала: «Али-ба-ха», я «илу-ба-хи» боху дешнаш, лаахь делаца («Ал», «Илу») хIотта а, лаахь хи лелачу хоршаца («али») нисдан а йиш ю вайн. Гой хьуна, мел баккхийра аьттонаш хуьлу, и тайпа кеп йолчу йозанца («консонантни»), бакъдерг харцахьа даккха. Мичара даьлла и «консонантни» йоза? Дуьненнаюккъерачу хIорда тIехь махлелорхой хиллачу симитех болу финикийцаша64 , тIех къахьогуш ца хилла, шайн «хьуламейозанах» (гIазкх., «тайнопис») кхин берш кхетара болуш хилийта. Амма, и зарбанан йоза аттачу амате дерзийначул тIаьхьа, Синайн ахгIайре тIера, Сири кхаччалца сиха дIасхьадаьржа, цу финикийцин махбарца боьзна Iаткъам хаалучу кIоштахь. Дуьххьара, цу юккъера цара дIадаьхна хилла цхьацца долу элпаш, бухадуьтуш цIенна, мукъаза аьзнин элпаш. И бахьана долуш, мукъаза элп, муьлххачу а мукъа озан элпаца, я иза доцуш яздеш хилла цара. ЦхьанадогIу мукъаза ши элп, цхьана элпаца яздеш а хилла. Иштта кхоьллина ю «консонантни» (мукъаза аьзнин) олу алфавит, 30-нни тIера, 22-на элпе кхаччалца яцъеш. Иштта, тайп-тайпана амат долу элпаша кхоьллина и чолхе йоза, тIаьхьо, аттачу доккху финикийцаша, юкъадалош «'», «в», иштта деха мукъа аьзнин элпаш: «а:», «о:», «у:», «э:», «и:». Иштта цара, дешнаш вовшехкъастор а юкъадоладо. Цул тIаьхьа грекаша а, кхин долчу симитин халкъаша а, шайн шардарш дина и алфавит, массо а алфавитан да вой дIахIоттайо цара тIаьххьаре а. Цундела, цу заманан и тиша яздарш, шайна луъучу агIора карчош, маьIнаш хийца аьтто болуш ду тахана, цу симитин Iилманчашна.

          «Ширакавказхой» орамах долчу ваьррин хIуманашца, хиламашца боьзна кхетамаш, шина-кхаа аьзнаша кхуллуш хилла дукхачу хьолахь. Цу кхетамна цIе кхоьллина дош а, цхьана мукъаозон элпах а, цхьа-ши мукъаза долчу элпех а лаьтташ хилла. Вайн шира дайн, цу доций долчу а, иштта чолхе доцчу а аьзнашна (дош) чубиллинарг, хIоам боккха болу кхетам хилла.
Масала, схьаоьцура вай элпин а, аьзнин а цхьаьнакхетаро кхоьллина кхетамаш:
«а» - иза, и /гIазкх., - это, он есть, она есть, оно есть/;
«ал» - Дела /гIазкх., - бог, тёмно-каричневый/;
«ала» (ало) - / гIазкх., - сказать, вымолвить; коричневатый/;
«алу»65 - эвла, кхузаманан юьрт /гIазкх., - село, аул, место; пламя, уголья, жар/;
«ара» («ари», «аре», ар) – атагIа, буц-аре, акъаре /гIазкх., - долина, степь, равнина, поле; смолотить, наружу, место/;
«арз» - /гIазкх., - жалоба, ябедничать/;
«аз» - /гIазкх., - голос, звук/;
«ан» (ана, ану) – йист, дист, цIу /гIазкх., - горизонт, край небосвода, бог Ан; ломата, ревматизм/; «ант» - /гIазкх., - недостаток, дефект/;
«арц» - /гIазкх., - северный склон гор, проросщая лесом местность/;
«аса» - /гIазкх., - ремень, пояс, полоса/;
«ах» - декъан ах /гIазкх., - половина/;
«аха» - /гIазкх., - вспахать, пахать/;
«ахк» - /гIазкх., - пропасть, горная река/;
«бан» (бун) – мохк /гIазкх., - страна, родина, место обитания/;
«ба» - /гIазкх., - поцелуй, есть/;
«би» - /гIазкх., - сделано, оно есть/;
«барз» - /гIазкх., - холм, курган, пригорок, бугор, насыпь, куча/;
«бат» - /гIазкх., - рот, уста, морда, болячка/;
«бен» (бе-На) - /гIазкх., - гнездо/;
«бун» - /гIазкх., - шалаш, палатка/;
«бутт» - бу-тIе /гIазкх., - луна, месяц; он на верху/;
«бух» - бу-ха /гIазкх., - основа, комель, дно, приклад/;
«буц» - бу-ца /гIазкх., - трава; есть сенакос/;
«ва» («ви» «ву») - /гIазкх., - есть, сделать, он есть/;
«ван» - /гIазкх., - мать-родина, место обитания/;
«вал» - ва-ла /гIазкх., - вал, дамба; есть слушающий/;
«вас» - ва-са /гIазкх., - недовольство, обида, огорчение;/;
«вед» - ве-да /гIазкх., - наконечник стрелы; убей-отца, -человека/;
«воI» - ва-I /гIазкх., - сын/;
«га» - /гIазкх., - ветка, ветвь, зубец, повод, рукав /;
«ге» - /гIазкх., - пядь, , живот, брюхо/;
«де» - /гIазкх., - день, возможность/;
«да» - да, /гIазкх., - отец, владелец, хозяин/;
«ди» - /гIазкх., - есть, сделано/;
«до» - /гIазкх., - ушная сера, подшёрсток, кукурузо-хранилище, верша, делать/;
«ду» - /гIазкх., - есть, имеется,сушествует/;
«дух» - /гIазкх., - основа,основание, низ, нижняя часть, подол, корень, сушность/; «еса» - е-са /гIазкх., - молитва/;
«и» - /гIазкх., - он, она, оно, тот, та, то, этот,эта, это/;
«илу» - /гIазкх., - божественность/;
«йа» («йо») - /гIазкх., - она есть, делает/;
«йий» - /гIазкх., - род домашнего пива/;
«йиз» - /гIазкх., - пест, пестик/;
«йис» - /гIазкх., - иней/;
«йиш» - /гIазкх., - голос, интонация; песня, напев, мотив; возможность/;
«ка» - /гIазкх., - удача, рука, баран/;
«кеп» - /гIазкх., - форма, колодка, балванка; опьянение/;
«ког» - /гIазкх., - нога; моток; пядь/;
«кха» - /гIазкх., - посевное поле, участок пахатной земли; щёлак/;
«къ» - /гIазкх., - труд/;
«къа» - /гIазкх., - грех, жалость/;
«къо» - /гIазкх.,сын, сыновья, потомки, человек, молодой гражданин/;   
«кIа» - /гIазкх., - пшеница/;
«кIел» - /гIазкх., - под, внизу; поместить, задвинуть/;
«ла» - /гIазкх., - слух, внимание/;
«лан» - /гIазкх., - подкова; вытерпеть, терпеть, выдержать, перенести, пережить, переживать/;
«лугаль» - /гIазкх., - большой человек, господин, царь/;
«зи» (зе, зу) - /гIазкх., - убыток, ёж/;
«жа» (жи) - /гIазкх., - отара, овца/;
«На»66 - /гIазкх., - Проматерь, мать, женское начало/;
«Нох» - /гIазкх., - Пророк Ной; соха, плуг; жвачка/;
«нур» - /гIазкх., - луч, сияние/;
«ов» - /гIазкх., - вертель, колики, пульсирующая боль; невод/;
«ор» - ор, саьнгар, /гIазкх., - яма; канава, ров/;
«оба» (уба) - /гIазкх., - поцелуй; халат/;
«оза» - /гIазкх., - потянуть, потащить, взвесить, покурить, взвести, подоить, втянуть, вовлечь; худой, тощий, худощавый/;
«олг» - /гIазкх., - круг/;
«Ма» (Мэ) - /гIазкх., - божественный закон, мужское начало/;
«мар» - /гIазкх., - аристократ, каста, передовой слой общества/;
«мат» (мотт) - /гIазкх., - стойбище, стоянка, ареал обитания/;
«сур» - /гIазкх., - войско, укреплённое стоянка/;
«са» - /гIазкх., - зрение, свет; душа, дух, человек, жизнь; угол, грань; выгода, польза, прибыль/;
«си» (сий) - /гIазкх., - честь, слава, почёт, уважение/;
«сту» - /гIазкх., - бык, вол; княгиня; почтенная дама/;
«ти» (тIо, тIа, тIе) - /гIазкх., - град, бедро, наверху, над-/;
«пе» - /гIазкх., - бок, стена/;
«пха» (п- стена + ха – стража; гIазкх., «строй лучников», или «стена со стражей») - /гIазкх., - стрела; жила, струна,граб, чинара/;
«пхьа» - /гIазкх., - селение, аул; кровная месть/;
«ца» (цана) - /гIазкх., - сенокосные угодья, поле, место обитания/;
«цу» - /гIазкх., - в то; на; толокно – сушённый мушмула, жаренная кукуруза/;
«це» - /гIазкх., - зуб у лошади/;
«цIа» - /гIазкх., - комната, дом, очаг, семья/;
«цIе» - /гIазкх., - огонь, костёр; имя, известность, популярность/;
«цIи» (цIий) - /гIазкх., - кровь, родство, дом, очаг/;
«цIу» (цIа-Iу)- /гIазкх., - божество, владелец дома, -храма/;
«ча» - /гIазкх., - медведь, солома/;
«чи» (чоь) - /гIазкх., - внутри, вовнутрь; внутренность, внутренное помещение/;
«чу» - чохь, /гIазкх., - в, во, въ; направление внутрь, в глубь, внутреннее место/;
«че» (чет) - /гIазкх., - пазуха; манишка/;
«чеш» - /гIазкх., - дрань, обруч, жердь, подпорка/;
«чIу» - /гIазкх., - стрела; шомпол; челнок/;
«чIа» - /гIазкх., - продукт/;
«эла» (э-ла) - /гIазкх., - бог, князь, владелец/;
«эн» - /гIазкх., - верховный жрец (иногда жрица), аристократ, глава/;
«энси» - /божество, жрец-строитель /;
«хи» - /гIазкх., - вода, река/;
«ха» (х) – хехо, гIарол /гIазкх., - стража; охрана, кораул, пост; бок, бедро/;
«хан» - /гIазкх., - время, срок, возраст/;
«ху» (хIу) - /гIазкх., - гнев; семя, зародыш, поколение, порода/;
«хьу» - /гIазкх., - воспаление; неприязнь, вражда/;
«ша» - /гIазкх., - старинная мера длины; сам, сама, само; лёд град/;
«шу» - /гIазкх., - межа, гряда, вы, сычуг/;
«у» - /гIазкх., - доска, панцырь/;
«ур» - мохк, латта, /гIазкх., - земля, страна/;
«урд» - /гIазкх., - надел/;
«I» - /гIазкх., - пар, голос/;
«Iа» - /гIазкх., - зима, живёт, сидит/;
«Iу» (у) - /гIазкх., - пастух, опекун, смотритель, властитель/;
ишт.кх.а.
          И доллу дешнийн, аьзнийн журо шена чулоцург хилла, цу заманчохь даьхначу адамна хаало хиламан а, дар-леларца гучабуьйлуш болу а, коьрта хаамаш. ТIаьхьо, и кхетамаш вовшахабетташ, шайн меттан тIаьхьало чолхе ерзайо цара. Масала, нах орамах болчу нахчаша, гIалгIайша шайн боьрша а, сен а тIаьхьенаш муха къастийна маттаца? «ВоI», «йоI» аьлла. ХIун ду цо Iорадоккхург? ХIун маьIна ду, и ши дош кхуллуш цу чудиллинарг? Адам дарца йоьзна, онда физиологин процесс ю цу кхаа элпах кхолладеллачу лашо гойтург. Масала?
          Бер (адам), ненан кийрара ара, дуьненчу долуш, даима билггала аз хазадо цо. Нагахь цуьнан кийрара и аз долуш дацахь, ницкъалгIа доккху цуьнгара, хенан маьIигех тIара тухий а. Нахчаша (нах) цу озах «I», (лит., «Iа») олу. «Вон Iа йолу, цуьнан багара», «вон Iа йолуш ву иза» олуш хезна ду вай. «Во», «йо» аьзнаша гойтург ду «дар», вайн масалехь, «бер хиларх» лаьцнарг – бер дар. Цу шина даша хьалха лаьттачу шина «в», «й» элпо гойтург ду, цу деш долчу беран боьршалла, я селла. «Во-I» - боьша бер. «Йо-I» - зудабер.
          Шен тайп-тайпана долчу аларшца цхьаьна, «Нах-адаман» мотт, уггаре а ширачарех мотт бу, кху дуьненчуьра меттанаш юкъахь. Цундела, империно вайга кховдийна, «литературни маттаца» йоьзна Iалашо а ю, Нухь-пайхамаран хенал а хьалха хиллачу, шайн шира маттах «нах-адам» дIахадон. Иза вай кхочушхилийтахь, тIепаза довш хIаллак хиларца йоьзна, тIаьхьенан юьхьиг ю хIара.
          Ширазаманчохь кIоштана, тайпана, халкъана, я хиламна, луш йолу цIераш, масех кхетам цхьана даша юккъе а балабой, и кхетамаш вовшаха а тухий луш хила вайн шира дайша. Цундела, цхьаа хало а йоцуш, вайн маттан аларшца, цу Хьалхарачу Азира, шира цIерашна чубиллина кхетамин маьIна а, биллам а схьабеллалура бу вайга. Эзар, бIешарашкахь «ширакавказхой» нацкъара а туьттуш, тIеихначу хийра халкъаша шайна чуэцна бухахь баьхначеран меттанин кхиаме элементаш, культура. Кхузаманхоша и йоллу цIераш, кхетамаш «симитин», я «индоевропейцин» бух болуш бу аьлча, инзаре мохь тоха дог догIу: «ХIа-хIа, собарде! Тхойгара дIаэцца, даррехь аша харцахьдаьккхинарг ду, аша кхайкхориг, шайн ду бохариг!» аьлла.
          «С», «ш» элпаца, я «г», «ж» элпаца (ишт.кх.дIа) хуьйцуш, цу элпех цхьацца долчаьрца чолхе кеп хIиттош, шира кхетамин маьIна харцахьдоккхуш ду тахана, яздина тешалшна комментареш ечара. Схьаоьцура вай хьалхарастеган цIе - «Адам». Муьлхачу маттахь, кхетамашка екъна охьайиллалура ю и цIе, хьесапе кхетор а долуш? Дера ю «нах-маттахь» - «А-да-Ма», я «А-да-Мэ» аьлла. Вуьшта аьлча, «Адам» (Адама, Адамеэ) бохург ду, «Иза-ва-Ма» («Иза ву Ма»; гIазкх., «Он есть Ма»). «Ма», я «Мэ»67 боху дош ширачу хенахь, Делаца доьзна, дуьнекхолларан низам хилла. «А-да-» бохург, кхузаманан нахчийн маттахь «иза ву…» бохург ду. Цу дашна дуьззина маьIна далош вайн ала йиш ю, «Иза ву да». Хьалхараниг а, шолгIаниг а хьесапе дилла йиш йолуш, кхетор долу кхетамаш бу уьш. «Делан лаамца кхоьллина адам», я «-стаг» (саг) боху кхетор долуш ду и дош а, цIе а. Схьаоьцур вай «Нух», я тахана «Нухьа» олу, ткъа цу генарчу шираллехь, «Зиусурда» («На-Iу-ха») цIе йолуш хиллачу адаман цIе. Иза ваьхначу хенал тIаьхьа, мел кIезга а ши эзар шо даьлча, Инжило (Библи) иза хьахочу хенахь «Нох», я «Ной» аьлла цунах. Цу пайхамаран цIарах а, тIаьхьо гучавера волчу Ибрахим пайхамаран цIарах а, симиташа пайда оьцура бу, хьалхара цIарца Хьалхарачу Азин латта тIехь шайн бакъо хилар дIачIагIдан а, шолгIачуьнан цIарца, монотеизман (цхьанаделан)68 динан дай хила а. Шайн «къоман да ву» олий, и Ибрахим пайхамар шайна тIеязво цара, «Сара» (Сарах)69 цIе йолу зуда хилар бен, кхин жуьгташца цхьаа зIе йоцуш иза волушшехь. Хедаш йоцу зIе шираллица хилийта, цара цу пайхамаран дахар юхатотту 430 шарна, цуьнан вахаран хан а яхъйина, цхьацца йолчу историн эпизодех иза тасархьама.
          Сайн къамелехь аса а хьахийра, иштта биологин Iилмано а къобалдеш дац, кху тIаьхьарчу пхеа эзар шарахь, бIешарашкахь, цхьа адам деха бохург. Магийтахьа ши бIешо деха дахар хилар, вайна довзахь а, КъурIанан цхьацца долу аяташ: «…Ткъа ша шен чIагIалле кхаьччи - шовзткъа шере ваьлчи, …» (Сура 46, аят 15); «…/Оха/ шу /дуьту/ шайн ондалле /гIеметтахIоттаре/ кхачийта. Шух ша /ондавалале/ кхалхориг ву, шух ша гужамалле /хьекъалах эшаре, къаналле/ верзориг ву, цунна хIумма ца хаийтархьама /цуьнан/ хаарал тIаьхьа ….» (Сура 22, аят 5). Цу шина аято бохург а, гойтург а ду, адаман юккъера хан 40-45 шо хилар, 80-90 шо кхаьчначул тIаьхьа гужамалле берзийна, кхалхориг хилар вайх дукхаха берш. Адаман дегIан чарх кхоьллина коьчал ю, «ДНК». Цу коьчална чуйиллина диццадаларан гура а, дехкар а, адаман юккъерачу барамел тIехйолуш яц. Цунна а, лакхахь хьахийначунна а жоп луш ду, КъурIанан рогIера аят: «Иза ву, Ша шу (шун да Адам) лаьттах кхоьллина, цул тIаьхьа (шу кIайчу - шех доьзалхо кхоллалучу – хин) тIадамах (кхоьллина), цул (тIадам хилчул) тIаьхьа улхах (деттачу цIийнах), цул (улх хилчул) тIаьхьа Цо арадоху шу (ненан кийрара) бераш хуьлийте, цул тIаьхьа (Цо дуьту) шу шайн гIеметтахIоттаре (ондадовларе) кхачийта (кхиийта), цул тIаьхьа шу хилийта къенанах. (иштта) Шух ву ша (Дала) дIакхалхориг (оцу гIеметтахIоттаран а, къанваларан а хенал) хьалха. …» (Сура 40, аят 67).
          Юхадоьрзур вай «Нухан» хене. Цуьнан дуьххьара хилла, шира тешалаша вайга кхачийна цIе, «Зиусурда» хилла. И цIе билламе а йиллина, вайнехан маттаца кхетамашка екъча нислург, «Зи-Iу-сур-да» ю. Кхечарна ала хала долу «I» аз хийцар дина хилийтача а, дIасхьаийзо а ца дезаш, цу цIеран маьIна ма-дарра гуш ду вайна: «Зи хьожург а, меттаматтан да а ву», гIазкхашха аьлча: «Зи есть смотрящий и властитель стоянки» бохург ду иза. «Зи», иза эпониман (изза «Нуха») цIе а йолуш, «Iу» хьожург а волуш, «сур» олу дашна чубиллина ши кхетам хилла цу ширачу хенахь, «даима адам деха меттамотт» а, «бIо» а. Хетарехь, шолгIаниг тIаьхьо кхоллбелла кхетам хила а мега. «Да» олучу дешадекъо вуьйцург, цу меттаматтан да а, хьалханча а ву.
          Цу «Зиусурдах» тIаьхьо «Нох» веш, «симиташа» цхьана хенахь дина и тардар дIачIагIдайта, нахчийн Iилманчин куьйгашца, бакъйолчу шира исторех вай дIахердан къахьегна Советан хенахь а. Бакъ историца вайн йолу зIе туьйране (миф) ерзош, вайн халкъах «нах», адамах «нахчуо» аьлла яккха еза цIе, «Нох» пайхамаран цIарах зIе тосуш, «нохчи», «нахчуо» аьлла вайх. Цхьана агIора вайн безам бохийтту гIуллакх иза делахь а, амма бакъдерг деза ду, хазачу туьйрано кхоьллиначу сийлалле диллича. Туьйра, мел хаза иза делахь а, иза бух боцург ду, шатIехь йина гIала ю. Ткъа бакъдерг, хийца а, я тардар дан а аьтто боцу, онда бух бу.
          Вай хилла ца Iаш, боллу бакъ кавказхой (нах-ораман халкъаш, гуьржий, абхаз-адыгаин ораман халкъаш, ДегIастанан цхьацца халкъаш) цу «Зиусурдан» (Нох, Нух) тIаьхьенах буйла а хууш, цу юкъахь долчу «нах-ваьррин» аларан моттаца, «Нух» оьмарера меттан биллам схьабелла таралуш дуйла а хууш, «туьйранин беша» гIертош ду вай, цу хьогIе болучара. Цу шираметтан билламе догIа, вай маттаца дасталуш хилахь, цара, кху кхаа эзар шарахь кхиийнарг духуш ду церан.
          Амма вайгахь ду, дохалун доцу тешаллаш (пирIунан анналаш), церан къегар долчу мIерах вай лараделчахьана. Делахь а, церан аьтто баьлла, вай халкъан дахаре а, ойлане а харц кхетамаш бахка: «Тхо Нохан халкъ ду! Цундела тхох, «нохчи» ду олу!» бохуш дозалла до вай. Бакъдуй техьа иза? Диъ эзар шо хьалха баьхначу кавказхоша (шу-марш, шубарташ70), цу «Нох» пайхамаран йоккху цIе, «нах» олуш-ам ца хилла техьа? Хьесап диначу кхетамашка и цIе екъча «на», «х» дешадакъош хуьлу. «На», лакхахь вай ма-хаьххора, «нах-маттахь» «Нана» боху маьIна долу дош а, кхетам а бу. Ткъа «Ма», цу «На» дешна, маьIнехь гергара дош ду. «Да» бохачу кхетамца зIе йолуш ду, «Мэ» (Ма) олуш хилла Делера низам а. ХIунда аьлча, дуьне, Iалам кхуллучу цу Далла башхаллениг хилла, цу зIен юкъара, «адам» олу хIоз. Вуьшта аьлча, «Адам» - да.
«Нах» дешан шолгIа, «х» олу декъо Iорадоккхург ду, и «На» гIаролан функцеш йолуш хилар а. Кхузаманан нахчийн маттахь а, изза маьIналла долуш ду и дош.
          И талхорш динарш бу, историк волчу М.Дружинанас ма-аллара, Совета Iедалан талархой-Iилманчаш болу (хьажа 1992 шарахь Грознехь арахецначу, А.Б.Заксас, Ташу-Хажах лаьцна язйиначу кандидатан диссертацин яздаре) В.Б.Виноградов71 , В.А.Кузнецов, иштта кхин берш а. Цхьаа эхь доцуш, цхьаа бух боцуш, есачу меттехь цара кхоьллина харцахьяккхина истори. Иранера баьхкинчу жуьгти-иронашна (маздакиташ72), «Кавказан оборогенаш бу уьш, аланан73 орамах болу» аьлла, цхьаа эхь доцуш харц бух кхоьллина, вайнах цIерабохуш и мохк долабаккха вайн истории санна. Иштта, «нах-этносан» хилла истори, хийрачарна тIеязйина вайн, шайн гайта цхьаа бакъ бух боццушехь.
          Цул совнаха, «сатанистин» (Путин, Медведев) куьйгашца цара схьабаьккхина, цхьана хенахь «нах-орамах» хиллачу тукхуман «двали» («Да-ва-али», гIазкх.,«есть властитель ущелий») хилла мохк а. Тахана и латта, гуьржийн пачхьалкхан автономи ю. Кавказхошна хууш ма ду, дуьххьара и хийра къам (хирий) Къилбседа Кавказехь гучадаьлла хан, керлачу оьмаран, 532-гIа шо дуйла. Вайнаха цу къомах йоккху цIе а ю, «хIири» (хийра). Вуьшта аьлча, цу цIарна чубиллина кхетам бу «хийра стаг», «хийраниг» аьлла. Цул совнаха, ТIехьарачу Кавказера Къилбседа Кавказе сехьабевлла аланаш цу меттехь баха хевшина зама, ширачу оьмаран тIаьххьара бIешо хилла. Вуьшта аьлча, и «хIири» цу кIоштахь гучабовлале ялх бIешо хьалха дуьйна, цу махкахь баьхна бу и «аланаш», церан барта юкъахь долуш, «сирахин» (сираки) тIаьхьенаш йолу «дугарой» /дигараш/ («ду-гара», - гIазкх.,«есть ветвь», или «она ветвь») а. Цу тардарна кIеланисбина некъ бина, нахчийн йоккху цIе хуьйцуш, жугтий волчу Виноградовс а, цуьнан дешархой хиллачу нахах болчу цхьацца ямарт-Iилманчаша а. Цаьрна тардардан атта хилийта, масех бIешо хьалха и болх бинарш бу И. БларамберггIар, А. БержегIар. Бакъду, и тайпа харц кхоьллиначу къепана дуьхьала, къийсам латтийнарш а бу, масала, историн Iилманча волу къонах Руслан Арсанукаев. Цундела тахана вайна тIекхуллуш ю харцахьяхна цIераш, генайоккхуш вайх, бакъйолу цIе «нахчи», я «нах-адам»74 (чубиллина кхетам «нах-чоь»).
          Цхьана агIора дика васт ду, шен ширалла гайта гIертар (Нохьца юзуш), шен этносан шира орамаш довза лаар. Амма, цуьнан шолгIа агIо а ю. Вайн истори Iанаре ерзош, тахана цу Iанарлахь шайна меттиг яккха гIертачера вайга кховдийнарг, бух боцург а, туьйра а хиларна. Цу тIехь вай совцахь, муьлххачо а шеконе эца таралуш бу, вай схьадевлла бух.
          Нахчуо! Дукха хан йисна яц хьуна, орам боцучарна юкъахь хьо виса. Къаьсттина, кху дуьненан дахарна глобализации йиначул тIаьхьа, хьан дан хIума а доцуш, лешна юкъахIоттора ву хьо, хьан схьаваларан бух туьйране берзийначара. Уьш (0, 01% бен йоцурш), дуьненан дай хила лерина бу, «Дала къастийнарш ду тхо» бохуш. Ткъа йисна 99,99% адмаш хира ду, гайта юьхь йоцурш (туьйри бен доцурш). Амма, шайн керла цIе ерш, «гоян юкъаралла» (гIазкх., «обществом гоев») аьлла. Цундела нийса хира ду, катоьххана вай, мукъа аьзнин «о» элп, «а» элпаца хийцича, вешан бакъйолу цIе йоккхийтуш «Нахчи-Чоь», «нахчо», «нахчи»75 аьлла. Вайна стенна оьшу, шеконе бух болчу туьйрана тIетийжа, бакъдерг, ма-дарра гуш хилча? Кхин дерш-ам дуьйцура дацара вай, кавказхойн халкъех муьлханиг ду ала йиш йолуш: «тхо шира ду нахчелла, гIалгIайлла, тушинелла, хевсурелла, сванелла, кистелла, бацбийцелла, я «нах-этносан» «хоны» олучу гах болчу картвеллела, кахетинелла? Бакъду, тIаьхьара билгалдиначу цу шина тайпана юкъара дукхаха берш, гуьржийн цIарца биса лууш хира бу, «нах», я «хонаш» хуьлучулла.
          Цунах тера, кхин а масалаш ду вайн дало. Масалина, схьаоьцур вай «нахарараш»76 а, церан мохк «Орхийистане» (кхузаманан Карабах) а. Цигахь баьхначу «нахарараша», цу ширачу заманчохь олийтура дарий шайх «эрмалой ду шу», я «шун мохк, эрмалойн мохк бу? Данне а дацара! Хьажал, мел хьоле истории ю тахана цу къоман, ша жугтийн санна? «Жима Армени» (кхузаманан Карабах) олучу меттехь «нахар», я «нахи» (NAXI) олу эчиган ахча хьенаниг хилла? Керлачу оьмаран 12-гIа бIешаре кхаччалца, шайн онда сураш латтон де дерш, муьлш хилла? И «нахарараш» (нах-арара) олурш, «гаргарин» (гергара) ораман тIаьхьенаш хилла. Царех онда дакъош, тIедаьхкиначу хийра ваьрах дIа ца эн, Къилбседа Кавказан лаьмнин кIеларчу акъарехь даха хевшина, шайх хуьлуш «аланин бартан» декъашхой. Уьш хиллачух тера ду орстхойн а, чIебарлойн а ваьрраш, тIаьхьо «монголин оьмарехь», лаьмнашка таIийначарех долу. «Нах», я «нох» дешнашна гонахьа кхоллаелла ойла шорйича а, иза, туьйранах цIанйича а, вайна гайта дуьсург ду, и этнически кхетам «нах» соцуш хилар, яздарца дIачIагIбиначу историн шира бух тIехь. ДIачIагIйиначу историн дIаларар долалуш ду, мел кIезга а, ширачу оьмаран 1530-гIа, я 1506-гIачу шараш тIера, ширалле диллича, 3550 шараша дохалла делла.
Цу Египтан (Мисар) пирIунаша Тутмос-I-чо77 (1530-1520 шш, я 1506-1494 шш) а, Тутмос-III-гIчо78 (1525-1471шш, я 1503-1447 шш) а, шайн анналашкахь хьахош ю, «нах-хуррин» импери хилла «Нахарина» («Нах-Арена», гIазкх., «Великая страна Нахарина»). Шалхо йоцуш, цара хьехориш бу вайн шира дай, цу хенахь йоккхуш хиллачу бакъ цIарца, шайх «нах» аьлла. Тидаме эцал, цара хьехош берш «нох» бац, «нах» бу. «Нохан» тIаьхьенаш ларалуш йолу дикаамалш йолу и «шу-марш» (ист. «шумер»), тIетаьIIина, дуьххьара «аккадцаш», «аморреяш» а, ткъа цу пирIунан заманахь, вайнаха «ахламуо» (ист., «ахламу») олуш хиллачу жугтийн шира дайша а, шайца тардар дечу хенахь, вайн шира дай болу и «нах», шайн импери а йолуш, ондачарех шолгIа халкъ хилла, Хьалхарачу Азина девзу дуьненахь. ПирIунаша, «Нахарина» аьлла йоккхуш хиллачу цIаро гойтург хIун ду? «Шина хин юкъахь» хилла и мохк, «мисархоша» шайн бакъйолчу цIарца хьахош хилар ду. И цIе кхоьллина кхетам, шина дешдекъо билгалабоккуш бу «Нах», «Арена» аьлла. Евфрат хин атагIахь (Арена) дехачу халкъан (Нах) махках а, цу халкъах шех а аьлла ду иштта. Иза бакъхилар чIагIдеш хилла ду, «Тотмесан цIийнах» волчу шина пирIуно (Тутмос-I-ниг, Тутмос-III-гIниг), «Нахарина лам» тIехь хIиттийначу сийлаллин экъанаш тIехь хиллачу яздаро. Цу хенахь цу атагIахь даьхна халкъ, латталелорхой хилла и «мисархой» санна.
И мохк вайна бевзуш бу иштта, кхечу цIарца а - «Митанни», я «Маттани» («Меттан-На», «Матт-Ани»). ШолгIа цIе кхоллар мухха а хиллехь а, цуьнан кхетам «нах-матто» а, нахчийн кхузаманан матто а къастам беш бу «меттиг», я «адам деха меттиг» аьлла. Церан пачхьалкхе а, «нах-хуррин» халкъ а, цу онда кIоштахь даьхна ду, ширачу оьмаран 1750-1190/50 шараш юкъахь и билгалбина мохк а кхиош.
          Цул тIаьхьа, тIетеIачу «симитин», «индоевропейцин» Iаткъам ца лалой, шайн орамах долчу «урартойн» ваьррин махка «Баийнили» («Ба-ийна-эли» - гIазкх., «они смешанные князья») а, Къилбседа Кавказе а дIакхелхара ду цу юкъараллин дакъош. ТIаьхьо цу «Баийнили» махках «Урарту» а, цуьнан халкъах «урартой» а эра ду. Ткъа къилбседехьа дахначу декъо, цкъа хьалха Диауэхи пачхьалкх а кхоьллина, цул тIаьхьа «Кулхида-Кобанан культура» (ш.оь.1200-400 шш. Къилбседа Кавказан юкъ а, малхбузе а) кхиош дакъа лоцура ду. Цара, тIаьхьо хуьйцура ю, Къилбседа Кавказан малхбалера «Гинчи-Гатын-Кале культура» (ш.оь.1700-1400 шш. Нахч-ДегIаста), «Каякенто-Хорочойн культураца» (ш.оь.1300-900 шш. Нахч-ДегIаста).
          Культуран а, экономикан а юкъ хиллачу цу «Нахаринах», ниIмате «Хабуран кхосаберг» олий хьахайо тахана историкаша. Ткъа вайна стенна ю тахана, и кIошта хьаште? Дера ю, Ибрахим пайхамар цигахь вина хиларца, бералла цо цигахь дIадаьхьна хиларца, цунна цигахь АллахI дела вовзарна. Цигахь гIоьртина хилла иза, Нух пайхамаран хенахь, шайн дайшкара (ширакавказхой) дIадаьккхина хилла, цхьанаделан дин юха дендан.
           Вайна хаа дезарг ду, дуьххьара, «Шина хин юкъ» олучу кIоштан къилбехьа йолчу «Персин чуIаноне» лестачу, Малхбалера Африкан хIордаца махлелархоша (афразийаш) чуеъна хилар, дукхаделин динан элементаш. Иза, стенна оьшуш хилла царна? Цхьана, «ХIал-Эла» (ист. «Алалу», «Халалу») цIарца волчу Далла хастам бечу, цхьаъ йолу адаман юкъаралла екъархьама, и питана даржийна цу тIеоьхучара. Цара, шайн Iаткъамна бухахь хира йолу махбаран яккъаш (фактореш) кхоллархьама, адам а, церан ойла а хийцина синкхачанца (гIазкх., духовный) а, таронан хьелашкахь (гIазкх., экономический) а.
          Шайн-шай дели кхоьллиначу гIаланашкара церан дай а, таронан аьттонашца, вовшехдазар доцуш марша бевлла. Цул тIаьхьа, цу тIеоьхучарна хала ца хилла, йоьхьалла къовсу хьал кхолла цу каппашкахь. Латта тIехула, «Шу-маре»79 (ист. «Шумер») шайн адам чутатта лериначара, иштта бух кечбо цу Къилб Месопотамехь. Истори теллича вайна гучадолу мел кхиам болуш кхочушйина церан ойла хьалха «аккадаша», тIаккха «аморреяша», тIаьхьо «арамеяша» а. Кхузаманчохь, изза болх беш берш, «неIалтан некъе» аьлла цIе тиллина йолу церан тIаьхьенаш ю «демократин», «глаболизацин» туьйранашца адамаш а, халкъаш а Iехош.

          Кху дешахьалхеца, айса ала лериначуьнца бух кхоллар сан хиллехь, хIинца, сайн коьрта хаттар схьаделла волу со. Иза ду, Ибрахим пайхамаран дахарах лаьцнарг. Инжило, КъурIано гойту билгалонаш тидамехь а латтош, и Инжал а, Товрат а кхузаманчохь шеко йолу яздарш дуйла диц а ца деш, хетарехь болчу хьесапан балхаца, цу Ибрахим пайхамаран бакъ дахаран сурт хIоттон аьтто бу моьтту суна вайн. Вай иштта хила деза тидаме оьцуш, цхьацца долу кхеторш (тафсир) а, уьш хIиттийнехь а КъурIанан аяташна тIетийжаш. Уьш а, Инжилан кхеторш санна, шеконе эца бакъо йолуш ву аьлла хета суна со. И АллахI къинтIера волийла суна, сел майра ас дечу кху къамелана. ХIунда до аса, и тайпа къамел? И кхеторш хIиттийнарш хиларна массо а санна долу адмаш, ира хьекъалш долуш уьш хиллехь а. Цкъацца уьш тIетийжина хилла и Деза Яздарш – Товрат (Тора), Инжил (Библия) харцахьдаьхна хиларна цхьацца йолчу меттигашкахь. Иза бохург ву АллахI. Со теша КъурIанах а, цуьнан аятех а, бакъду, Цо билгала яхна яц Ша доссийначу аяташкахь Товратан, Инжилан айпе йина и меттигаш. Цундела Цо, бакъо луш санна хета суна шеко хила. И кхеторш хIоттийнарш пайхамаран дакъа долуш ца хиларна, ву со шек а. ШолгIа бахьана хила а тарало, кхечара гочдинарг бен ца девзуш, кIоргга Iилма сайгахь цахиларна а. Кху тайпана къамел дан ваьхьаш волу со, йоккха юкъ яц, аша делазхо сох ван а. КъинтIера довла, бехк а ма-билла, амма со тешар долуш ву шуна, накъост воцчу цхьана Делах а, Цуьнан «Къемата дийнах» а.

          Ибрахимах (ист. Авраам) лаьцначу цу Деза Яздарша дечу тешаллех вайна хаьа, цунна ницкъ биначарех вуйла «Намруд», я «Нимврод» цIе йолуш хилла Ассирин паччахь. Вайна билгала даьлла ду, и Ибрахим Ур-ГIалара араваьлла, шен ваьран гергара нах болчу Харран-ГIала вахна хилар а. Цул совнаха, кхин цхьа тешалла ду: хиндерг хуургаша дийцина, Ибрахим, шен паччахьаллина кхераме хирг хилар хуучу Намрудас, иза вен везаш хиларца доьзнарг. И бахьана долуш, цуьнан нанас пхийтта шарахь, хьеха чохь лачкъийна кхиийна хилла иза, Делан пIелгах дуьйлачу мазах вузар а долуш. Иштта тешалла ду, Ибахим 75 шаре ваьлачу хенахь, шен доьзалца Харран-ГIалара араваьлла, «Ханаан»80 олучу махка иза вахарх лаьцна.
          Жугтин халкъан раввин хиллачу философас, Рамбама (изза Маймонид – Египтан Моисей) бухадитина тешалла ду: «…кху дуьненан дикка тидамбеш цуьнан аматаш тидаме эцна Авраам, Дела лаха волавелла шен кхо шо кхаьчначул тIаьхьа; амма шовзткъа шаре кхочуш а, цул тIаьхьа кхин 37 шарахь а, тIетаIIина ойла йича цунна карийна Дела а, цуьнца йолу зIе а; …кхин 35 шо даьлла, 75 шо кхаьчна Авраам тIаьххьаре а, Делан хьалхара, «Лех-Леха» олу весет кхочушдан кийча хилла».

 
продолжение следует в частях 5, 6, 7, 8, 9, 10, 11 и 12. 
​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
Просмотров: 677 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/5
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли