Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 4 » «АЬХКЕНАН ДIАХЕЦАРШ» = 3
09:11
«АЬХКЕНАН ДIАХЕЦАРШ» = 3
Историн хьесап а, хаамаш а:
          Месопотамин23 къилбседа-малхбузехьа долчу, «Балих» («Ба-али-хин» кхин цIе, «Гуллаба» ю) хица Iуьллуш йолу Харран (нах-маттахь «Ха-ара», гIазкх., «стража степи, долины»), махлелорца ладаме гIала хилла. «Балих», Евфратах (Нахарина-хи)24 дIакхетта хи ду иза. И Харран-ГIала а, Митаннин пачхье хиллачу Вассуканни-ГIалана, 75-80 чакхарма а йолуш, Дамаск-гIалана, 450 чакхарма юкъ йолуш хилла ю. Цу кIоштахь вовшахакхеташ хилла Вавилонера, Жимачу Ази а, Сийрихула (Сири)25 Мисаре26 а доьлху къепалан некъаш. Иштта, Дамаскера Нинуа (Ниниви) а, Кархимес («Кар-хи-Ме-са», «река-крепость и божественная душа»), Арпаде («Аре-па-да», «степь-стена-владетель») а доьлху некъаш вовшахакхеташ, меттиг хилла и Харранан кIошта. Къаьсттина, Ассирин паччахьашна, стратегица доьзна маьIналла долу меттиг хилла, Малхбале а, Малхбузе а вовшахатуху и гIала. И кхоьллинарг а, цу гIалахь Iийнарш а, «хурритин» орамах долу нах-адам хила деза. И Харран-ГIала а, цунна генайоцуш Iуьллу кхузаманан Урфа (Ур-са – гIазкх., «Ур-душа») а, цхьана хенахь пачхьеш хилла ю, «Митаннин» империн («Нахарина», «Нах-Арена»). Иза иштта хилча, цу меттехь даьхна ду, «нах» олу халкъ а. Ширачу оьмаран27 1520-гIачу шарашкахь, «Тот-Ма-Са цIийнан» пирIунаша28 (ист., «Тотомас-I», «Тотмас-III») бухадитина тешаллаш ду, цу меттигах, «Нах-Аренан» мохк бу аьлла.
          Митанни паччахьаллин Iаткъам лахбала болабеллачул тIаьхьа, цу гIалана йовза йолаеллачух тера ду, «Син» олу цIун культан кеп. «Син», мифан29 маттахь, «баттан дела» ву. Бухарчу адамна а, вуьшта Месопотамин дахарна а, бутт-седа ладаме хилла малхал а. ХIунда аьлча, цу малхо шен товхонца дийна Iалам дагорна а, ткъа батто, и товхо йойъу шийла хIо даларна а. Къилб Месопотамера, ассири-вавилонан пантеонан дукхаделин лард юкъахь, сийлахьа лорачу цIуй юкъахь, цхьа «дела» хилла и «Син», еха маж а, «тиара» олу таж-куй тIехь, готтачу ахбеттан амат а долуш.
          Географига диллича, доккха «Шина хин юкъахь» Iуьллуш хиларна (Евфрат – «Нахарина-хи»; Хабур – «Ха-ба-ара»), цу ширачу заманчохь ладамениг хиллачух тера ю, и Харранан кIошта. Бакъду, гайта шира иэсчуьрташ (памятник) дацахь а, тахана и юьстаха лаьтта, Iарбойн адам деха жима гIала евзуш ю, ша тайпа архитектура бахьана долуш а, пайхамаршца йоьзна истори хиларца а. Цхьацца тешалаша хьахош ду: «…соьналла йолчу берда тIехь, цхьана хенахь Ибрахиман а, цуьнан ден Терахан а, четарш лаьттина цу меттехь» бохург.
Цу архитектуран орамаш, кху меттехь моцаха кхуьуш хиллачу, «Халаф культуран» (V- эзар ш.оь.шш.) оьмарца зIе йолуш ду. Цу ширачу заманчохь санна, Ибрахиман хенахь а, ваьррин юкъаметтиган зIенаш, чIагIо йолуш хила шеко а йоцуш. Цу заманан («Халаф») башхалла йолу культуран иэсчуьрташ карийна, кхузаманан сийрин-туркойн дозана гергахь долчу цу «Хабур» хица, цхьа бIешо хьалха. Цу «Халаф культуран» кхерчаш Сийрин къилбседехь, къилб-малхбален Турцехь, Иракан къилбседа-малхбузехь бен ца карийнехь а, цу культуран Iаткъам хаалуш хилла, «Дуьненаюккъерачу хIордан» йистошка кхаччалца. Цу заманан гIишлош хилла, хьийначу поппарах а, малхехь якъийначу кибарчигах а йина. Цу культуран хиллачу гIишлош юкъахь карийна, «толос»* аьлла тиллиначу цIарца евзу, кхета халачу къайленан гIишлош. Цу «толосин» кеп ю, тIулган лард тIехь, хьийначу поппарах йина гоьрга гIишлош. Церан гоьргаллин шуьйралла ю, 3,7 метар тIера 9,4 метаре кхаччалца. Цхьайолчу гIишлошна тIехIоьттина, нийсасаберган йаккхийра учеш а ю.
          Телль-Арпачае (Сийри) олучу меттехь диначу схьаделларо гучаяккхина, евзиначарна юкъахь, уггаре а йоккхачех цхьа «толос». Иза, ши чоь йолуш ю, 19 метар еха хьалхара чоь а, гоьрга йолу коьрта чоьнан шуьйралла, 10 метар а йолуш. Цуьнан пенин стоммалла а, 2-2,5 метр ю. «Халафан культуран» оьмар Хьалхарачу Азехь30 чекхйолучу заманчохь, «толосаш» а дIайолу юкъара, «Кипр» олучу гIайре тIехь бен ца юьсуш.
          Харран-ГIалара, никхан санна гоьргий тхевнаш долу и гIишлош, цу «Халаф культуран» архитектуран амат а, кеп а йолуш ю тахана а. Баттаза болчу сацкъарах дина ду цигара цIенош. ХIорра цIийнан чоьнна тIехула дина, конусах тера долу тхевнаш, накхармозийн никхах тера ду. Конусан кеп йолу и тхевнаш дина, чIогIа таIийна латта тIера хьала, сацкъаран кибарчиг а юттуш. Цу цIийнан чуьра нарталаш кхоьллина ю, лакхенга мел йолу а готталучу, тIегуладиначу гонан хьесапехь. И доллу цIенош, цхьа этаж йолуш ду. Амма, дукхаха долчу цIенойн тIера тхевнаш лекха ду, пенин локхалле диллича. Церан локхалла йиъ-пхиъ метар йолуш ду, и конусан тхевнаш бахьана долуш. Арахь, 50 градус товхо елахь а, цу тхевнаша, чуьра микро-Iалам (микроклимат) нисдо хIо шелдарца. Масех чоь йолу, и тайпа долчу цIенош чуваьлча, конусан тхевнин лакхахь долчу кегийра кораша серло елла, маьлхан зIаьнарш чукхеташ а йолуш ду.
          Яхначу ширачу хенахь, и Харран-ГIала шена гонахьа дина пенаш а долуш хилла ю. Бакъду, тахана цу гонахьа йисна кескаш бен яц, моситтазза юхадиначу цу пенех. ТIаьххьара уьш меттахIиттийна зама, кху оьмаран 12-гIа бIешо ду. Цу гIалахь хиллачу шийтта кевнах диснарг, пхи ков бен дац тахана. Кхузаманан гIалина юкъахь болчу берда тIехь Iаш хиллачух тера бу, цу шира заманчохь баьхна кхузара гIалахой. Цу гIалахь, дийцарехь, пенал арахьа хилла ю, цIеяххана, Ибрахимца йоьзна йолу гIу.


толос (фолос: греч. thо́los) олу цIе йоьзна ю, монументальни культан гIишлошца – каш, я аьрда-цIа. Ширачу оьмаран 16–12-гIачу бIешарашкахь и тайпа гIишлош яржина хилла Жимачу Азин малхбузерачу хIордайистенашца а, Крит, Микена олу гIайреш тIехь а. Евзуш ю, «подкурганный» олу Этрурехь (этруск) хилла толосаш а – 7-6-гIа ш.оь.шш. Невр Месопотамехь и тайпа амат долу гIишлош хилар тамашийна гIуллакх дац, хиларна «ширакавказхойн», я вайн масалехь хурритин этночкъоран культуро Iаткъам бина, йоллу «Дуьненаюккъерачу хIордан» йистошкахь. 

          Ибрахимца доьзнарг, тIаьхьо кхуллура йолчу «историн хааман» кепаца Iорадаккха а дитина, вай хIинца тидаме оьцура ю, анайист дIалаьцна гучу лекха доцчу лаьмнин лахенга а ялла йогIу цхьа жима тоба. Вайна ма-хаъарра, иза яра Эйа эцна йогIу къонахойн къепал.

          Аб-беттан, 23-гIчу дийнан (21 июль) суьйренга таьIна хан яра иза, хIинца а сирла йолчу стиглахь гуш, ахбеттан сурт а долуш. Вукха агIора гучу, цу лекха доцчу лаьмнаш тIехьа къайлабала, малхбузехьа дIашершинера маьлхан горгал, цу сийначу арахь юкъ-юкъа гуш долу тIулг-гIамаран латта, сирла-цIен басе дерзош. Цу айъаеллачу тIера лахенга дIахьаьжча, бIаьрго ма-лоццу гуш йолу и сийна аре, ниIмате аса яра, аьхкенан бовха бутт хIара белахь а.
          - Вайна, аьтту агIора йиси и Урса-ГIала. Лараме Эйа! Иза, «…хьан жималлина евзина ю» элар-кха ахьа цкъа. Дийцахьа тхуна, хIара некъ бацбархьама цунах а, кху кIоштах а лаций шира хIуманаш.
Эйъига, цхьацца хаттар а дой, иштта некъ бацбора кегийрахоша.
          Дикка хан ялийтара къанос, вист хилар доцуш. Ша дIатаьIна Iан миндар букъа тIехьа нисбина, цергаш тIехула пIелг а хьокхуш иза башийна, шен дакъаделлачу балдаш тIехула хьаькхира цо. Цуьнан хIуманаш девзачу Ваванис а, шен бесни чIачкъийра, собаре васт гайтахь а, шен накъостийн сихалло лоьхку ойланаш шена йовзарна.
          - Доьзткъа шаре хьалакхочуш хан йолчу сан дас дуьйцура, лечу муьрехь кхузткъа шо хиллачу шен дас дийцинарг ду бохуш. Иза, цхьа бIе доьзткъа шо хьалха, кху вайн аьтту агIора охьадогIачу Нана-хин, малхбузехьара бердаца нисделларг хилла. Шен деца, жа дажош волу сан денда, пхийтта шаре ваьлла жимха хилла цу хенахь. И хенан мур хилла, «Тот-Мэ-са КхозлагIаниг» пирIун а волуш, малхбалехьа цо, шен бархIалгIа кхарстар до зама. «Нах-Арена-хи» тIе, цхьана Iуьйранна хи мало шайн жа лаьллина воьдачу сан дендена а, цуьнан дена а, хил дехьарчу лам бухахь лаьтташ дукха четарш а, цхьа доккха сур а дайна. Мичара евлла ца хууш, цIеххьана гучаевллачу марой-ворданаша, го бина хилла цу сан дайшна. «ХIара жа, «бу-мар-Iам» (гIазкх., «плот») тIехь, хил дехьа даккха! ЖаIуй, бехкий охьабахка, хьалла гучу гун го а теллина, тхо юхадоьрзачу юкъана. Талмаж! Хаттал цаьрга, муьлхачу ваьрах бу уьш? Кху гонахьа, цхьаа суран дакъа хааделлий царна?» аьлла, буьйр дина хиллера «маруо-тIан»31 (ист. «марутта») хьалханчо.
          «Тхо, «нах» ду. Тхан «эни», «ТIо-йа-Ша-ба» ву. Ашшур схьаяккхина, цуьнан дашо ков схьадеъна волу тхан паччахь Сауссадаттара, тхан халкъан дегайовхо а ю!» аьлла, доцца жоп делла хиллера, сан кхозлагIачу дас - Дарсас. Цул тIаьхьа, хин йистехь алсама марой-ворданаш гулаеллачу куьпа дIавуьгуш хиллера, хил дехьавьккха лерина ши йийсар. ХIорш хил дехьа бохачу муьрехь, тIекхиъначу «маруо-тIан» хьалханчо вихкина валийра, верриг а цIийх вуьзна волу, кхеран ваьрах ву ала томехь волу цхьа тIемало.
          - Сан уггаре а гIолехьа волу, кхоъ тIемало вийна, кху экхано. Амма, лоьмаш лоьцачу сан гоьмукъо кIелайити, есачу аренгахь, оьпанаш къехко Iемина хIара чагIалкх.  
          - Сийлахьа хуьлда, вайн да волчу «Амон» «энис» а, цуьнан сий лардечу «Дхаути-Ма-Си» пирIунас а, айхьа байъанчу мостагIин букъ тIехь латта бакъо елла волу, тхан турпалхо Аменемхеб! – аьлла, мисархоша сийдарца маьхьарий тоьхна и «эври»32 , цу Мисар махкахь гIараваьлла талламхо а, тIемало а хиллера.

          Йиъ агIо йиллина, малхана дуьхьала хIоттийна четар дара айъаеллачу меттехь лаьтташ. Цу бухахь лаьтта, дашо гIойленаш йолу пирIунан гIант ларош, лаьтташ ши гIарол бен вацара. Кхо йийсар, цу айъабеллачу гун когашкахь берталла вожийна, Аменемхеб юьстахаваьлла хиллера. Чов йина тIемало ирахь латта гIора долуш ца хиларна, цуьнан цIий Iийдало чов ехка гIерташ хиллера сан денда. Ткъа кхозлагIа да, дегI нисдеш ирахIоьттина хиллера, курра, шен чIенга а ойъуш. ДIанехьа, ахбIе гIулч хиллал юкъ йолчохь Iуьллучу онда тIулган экъа тIехь, къахьоьгуш тIулгпхьераш а болуш, сийдолчу адамин тоба яра гулаелла лаьтташ. ТIулг огуш болчу пхьерашка буьйраш деш лелаш вара цхьаъ. Амма, массеран тидамехь вара, кху меттехь коьртаниг ву ала йиш йолу кхин цхьаъ. ДегIана лекха вацахь а, тIехьажарехь ткъе итт шаре ваьлли бен вацахь а, цуьнан лелар, цуьнан васт паччахьан ду ала томехь хиллера. Кхеран кхоллаелла и ойла чIагIъян санна, хасторца дош элира, сан дай йийсар биначо:
          - Сийдолчу Амонан кIант! Хьан сийлаллин йозалла лалуш яц кхузарчу мостагIашка. Стиглахь нека дечу цу гIиргIано даIамаш санна, ахь лоьцу уьш га ма-гиннехь, хьайна дага ма-деънехь! Иза деш верг ву, тхан Сийлахь-Воккха пирIун, тхан да волу хьо Тот-Ме-са!
          - А-а, сан турпал Аменемхеб! ХIун деа ахь суна керланиг? Дийцал, талламан жамIех лаций. ХIун ду цу хил дехьа, башхаллениг?
          - «Тот» «энис» винарг! БIаьрго лоцу анайист толлачу юкъана, сан караеънарг, кхоъ чагIалкх бен яц. Кхин виъ а ву цу арахь, Iаьржачу хьаргIин даар хила кхоллам нисбелла Iуьллуш. Кху куьпана лахахь, кху онда хица Iуьллуш ю, «Нии» олу гIала-гIап. Цуьнан пенаш, хьан сийлаллин йозалла лан, тIех онда дуьхьало яц. Амма, цу акха аренашкахь, тайп-тайпана долу дийнат шорта ду. Къаьсттина кхоэ дерг ду, еза кIомсарш йолу пийлаш хилар, цу арахь паргIата дежаш. И аре аса толлуш, кIезгачу барамехь ши-кхо бIе дийнат долуш, иттех рема а ягарйира аса. Хьан даккхийра, хьалхе йолу гIуллакхаш чекхдевлича, таллар дарца самукъадакка томехьа шорте ю, цу хил дехьа гуш йолу и онда аре.
          - И дика кхаъ бу. Ахьа дийцарехь, цу «Нии» гIопа кхаччалца, дуьхьало ян ницкъ бац-кха цу арахь, и дийнат доцург? – олуш велакъежначу пирIунан тидам, шена тIеберзийра, гергагIоьртанчу гIуллакхдархочо, - «Паччахьан яздархо»! Лараме цIераш техкина волу сан Тинини! ХIун ала гIерта хьо соьга?
          - Экъан тIехь зорба яздойтачу суна хьалха хIоьттина ду, хьан кхеле дилла деза хаттар. Лакхара, Лахара Мисарахь «Амон» динан да волчу Хабусонебас, кху махках «Меттанне» аьлла яздан догIу боху. Ткъа хьан хьехамча волчу Пуемрас, кху махках, «Нах-Арена» ала деза боху. Кхузахь дехачу адмаша шайх йоккху цIе «На-х», я «На-хи» хиларна, сан хьесапехь, кху мехкан цIе а, кху халкъан цIарах хила еза аьлла хета суна. Иза, тхо кхааннин ойла а, кхетамаш а бу. Къастам бар хьоьгахь ду, «Амон» энин озабезамна кIелахь волу, «Тот» энис кхоьллиначу цIийнан кIант, Сийлахь-Воккха тхан Тот-Меэ-Са! – элира, Тинин цIарца волчо.
Лекха вацахь а, амма зоьртала, Iаламата чIогIа ницкъ болуш волчу пирIунан лоха хьаж, гуш йолу цуьнан дегIан меженаш санна чIагIделира. Дуьзна балдаш долу йоккха батт, аьрзунан зIакарх тера болу мара, цхьанадогIу аматаш дацахь а, цуьнан мокхаз санна чIогIа йолчу амало дIанисйора и галаморзагIаллаш. Шен гIоьнчин яххьаш, ша-шега хьожуш тидаме а эцна, гергахь лаьттачу Аменемхебе а, гIаш-бIахойн баьчча волчу Джхутига а хьаьжира пирIун.
          - Сеннефер! Ахьа хIун олу? – аьлла, шен гон юккъерачу цхьанге кхоссар а йина, Тининина лерина хаттар дира цо, - «Амон» цIарах динан да волчунна хуург а, сан хьехамчана гург а, хьуна билгала даьлларг а, тIебаьхкиначарна гиначо, хеттачо кхоьллина кхетамаш бу.
ТIейогIучу ханна, вайн хьуьнарш довзийта гIерташ вай делахь, бакъдерг дийца дезаш ду вай. Кхузара адамех йоккху цIе вай хийцича, тIейогIачу ханна, цуьнан тIаьхьенашна девзура дуй, ма-дарра вайн хилла хьуьнарш? Вай бекхам беш берш бу, цхьа бIе ахбIешо кхоччуш, вайн «Лахарчу Латта» тIехь олаллехь хиллачу «жи-ка хьовсурган» ораман тIаьхьенаш. Цундела, вай хаттам бийра бу, цу орамах йолчу тIаьхьенашка. Аменемхеб! Ахь суна дуьхьала валаве виъ, кхузарчу халкъан орам болу стаг – къано, юккъерачу хенара гIеметта хIоьттина стаг, кхиазхо, ворхI шаре даьлла бер.
          Кху деношкахь йийсар биначу «нахана» юккъера хаьржина къано а, шовзткъа шаре хьалагIоьртина хан хира йолу стаг а, кхиазхо а, иштта марахь бер долу зуда яра пирIунан четаре схьаялош, иза цу четаре воьдучу хенахь. Четар бухахь лаьттачу гIанта хаа воьдачу пирIунан бIаьрг кхетта хиллера, кхаа йийсарах.
          - ТIех кура и корта айъанарг схьавалавел суна тIе, - царех цхьаннин латтар, тIех куралла йолуш хеттачу пирIунас, шена тIевалавайтира и йийсар, - Хьо мила ву? Стенах йо ахьа и куралла, хьан сий дайъар а, и лакхадаккхар а сан «энин» а, сан а карахь хилча? – аьлла цо диначу хаттарна, жоп делла хиллера сан кхозлагIачу дас.
          - Со, «нах» ву. Кху махкара эла ву со. Хьан карахь дерг, суна таIзар дар бен дац. Сан куралла, «Меттан-На» махках дозалла деш ю. Сан сий дожор хьан карахь а, я хьан «энин» а карахь дац! ХIунда? И дайъа йиш ерг, со цхьаъ бен ца хиларна – аьлла хиллера, сан кхозлагIачу дас, пирIунна гергахь лаьтта Аменемхеб вела а къажош.
Къаьрззина пирIун шега хьаьжча, эхь хеттачу талламхойн хьалханчас, ша велаваларан бахьана пирIуне хьахийна хиллера.
          - Жа дажош хуьлу эла? – аьлла диначу хаттарна, цхьаа кхерар доцуш, жоп делла хиллера сан йийсар-дас.
          - «Маьлхан эни» волу, «Тот» цIарах цIе хIоттаелла Сийлахьа пирIун! Хьо цецваллал хIума дац, эла бен воцу со, жаIу хиларх. Ши-кхо бIешо а дац, тхан орамах болчу жаIу-паччахьаша, цхьабIе шовзткъа шарахь цу «Iаьржачу Мисаран» латта тIехь пирIунаш хилла. – цо аьлча, цуьнан кIоршаме и хабар сацо айъана шад, охьаяхийта езна хиллера, пирIунас куьг ластийча гIаролхочуьнан, - «Нах-адаман»33 орамах ваьлла муьлхханиг а эла, паччахь, пирIа хилла ву. Аша, «хурри», я «хорри» олуш болу тхан шира дай, «Iуьйренна гIоттачу малхаца кхолладелла, цо яржочу зIаьнарша некъ гойтуш, малхбузехьа кхелхина онда халкъ ду. Ткъа тхо, «нах» олу цуьнан дакъа а, «Меттани» олу тхан мохк а, «Ков-Кха лаьмншкара», «Лахарчу хIордана» тIекхаччалца, «Ла-ван-тIе махкара», «Хурру-Манна лаьмнашка» кхаччалца доза долуш, тхан дайша кхиийна мохк бу тхайниг. Аша туп тоьхна хIара атагIа, цу боккхачу мехкан доза бен дац. Тхан ламанхойн орца кхуза кхаьчча, шун асаре хан, и дашо малх дIабуззалца бен хира яц. Цундела, и охьадогIачу Сийлахь-Доккха «Нах-Аренан хин» бердаш юкъахоьура доцу сан сий, кху сан кийрара къасто йиш ерг, со цхьаъ бен вац. Тхан «нах-адаман» сий, цу «Арар-да» ломал а лекха ду. «ТIо-йа-Ша-ба» «эни» ву, и сий ларориг! – Дарсас аьлча, цу юкъана улле дIахIоьттиначу кхиазхочуьнга а, хаттар дина хиллера цу пирIунас:
          - Ткъа ахьа хIун олу? – аьлла.
          - Сан дас аьлларг, бакъдерг ду. Иза диц ца дар, со санна волучуьнан декхар а ду. – сан дендас аьлча, пирIуно буьйр дина хиллера:
          - Бердаца тангIалкх хIоттаяй, корта Iункара хьалаолла воккханиг. Цуннан кIеза, цу тангIалкхах дIадехка, мала хи луш доцуш, шен ден хьехамо кхоьллина кхетам, цу маьлхан Iаткъамо хьеца дIаэбаллалца башабайта цуьнан. Вай хьовсура ду, кхуьнан ден кийрара охьашершина, цу хи чу дужара долчу кхуьнан сийно, хIара «Нах-Аренан хи» лакъадой! – олуш, велакъежна хиллера пирIун.
Гонахьа берш а белабелла хиллера, цхьацца забарш а еш. Кест-кестта тухуш хIума а йолуш, дIавуьгачу сан ден дена хезна хиллера, пирIуно шен йозанче дина буьйр. Цу меттехь кечбиначу оькъам тIеяздан дезарг а, шен гIалан пенаш кечдеш яздан деза хьуьнарех лаьцнарг а хиллера, цунна хезнарг: «…Тутмос КхозлагIачо «Сийлахь-Доккха хи Нахарина» хадийна ницкъалгIа а, толам болчу шен суран коьртехь…вара, гIаланаш схьайохуш, бахамаш чIанабохуш, «Нах-Аренан» цу неIалте мостагIчуьнан…»; «…цхьаа ца ваьхьара царех юхахьажа, акха гезарий санна шаьш бевдда боьлхуш…», «…Хин кеманаш тIе шен сур хаийна, пирIун хица охьанехьа волавелира йохош гIаланаш, дахаран меттигаш», «…уьш ягийра сан Возалло, …» - яздойтура ду, Тот-Мэ-сан цу буьйро, - «Аса дIадигара церан адамаш йийсар деш, барам боцу церан дийнат, бажа, церан хIуманаш, рицкъ схьадоккхуш, церан мукх бухабоккхуш, доллу стоьмин дитташ, бошмаш хедийра…» – олуш шен дахделла дийцар сацийра къанчо. Шен-шен ойланаш еш богIачу къонахоша, бист ца хуьлуш дикка юкъ ялийтара, Эйас къамел юхадоладаре сатесна. Амма къано, вицвелча санна Iара вист а ца хуьлуш. Собар дайначу Варзапас, хаттар дира къанога:
          - Сийдолу Эйа! Ма-дарра и хилларш, мичара хаьа хьуна? Кхин дIа а, и хилларг дийца хала-м дац хьуна? – аьлла.
Ойланах хаьдда къано, леррина Варзапе а хьаьжна, гIийла, шен юьхь къажийра.
          - Сан денда, цул тIаьхьа кхин шовзткъе пхеа шарахь ваьхна. Сан да а, цул тIаьхьа ткъе дейтта шо даьлча вина ву. Цу дийнахь вадар бахьана долуш, пирIунан таIзарах кIелхьара ваьлла сан да. Сан кхозлагIчу дена а, цу пирIуно ма-кхайккхора, таIзаран чам бевзина бац, цу дийнахь валар цуьнан хиллехь а. ТангIалкх а кечйина, хIорш цу тIебуьгачу хенахь, шайн гоьмукъех тоам бечу «мисархоша», куьйгаш дехкарах паргIата битина хилла сан дай. Сан ден да, цу кIоштахь а гIараваьлла некадархо хилла боху, «Нах-Аренан хи» а хадош. Шен бIаьргашна ца гинарг тешара воцу, хьуьнар хилла иза цу хенахь. Кхечу кIошташкара а, «нах» оьхуш хилла боху, цу кхиазхочуьнан и хьуьнар ган.
          ТангIалкх тIе хIорш буьгачу хенахь, дас буьйр дина шен кIанте: «…лома а кхачий, махкана тIебогIу бала бовзийта вай «нахана» аьлла. «Хьалха ахь хаийта, «Нии-ГIала» яккха лерина пирIун хилар а, цуьнан гIийла меттиг хин-кеманаш хилар а. Уьш дагадаро бен, бала юхатухург ца хилар довзийта вайчарна. Хьан хьуьнаро нахалла ваьккхина, дукхачарна вевзуш ву хьо. Со воккха ву, хица гIора къовса. Берда тIера хи чуэккхалахь, аса хьан букъ, кхеран гоьмукъах ларор бу хьуна» аьлла.
Ден сацамна дуьхьала дуьйцург эрана дуйла хуу сан денда, цуьнан лаам кхочушбеш, тангIалкх хIоттийначу лекха берда тIера хи чукхоссавелла. Меттадеъначу гIаролан, кIантана тохар дан аьтто бохош, тасавелла хилла цуьнан да а. Иза, цу меттехь велла, шиъ гIаролхо а воьш. Хин лахенгахь, цкъа мацца а, некахо хин йисте вериг хиларх тешначу мисархошна тешебехк хилла, важа хил дехьа а ваьлла. Иштта, дийна висначу сан ден дегара, вайга кхаьчна хIара дийцар. Бакъду, хоршан лазаро лаьцначу кхиазхочуьнан, шен хенахь хаам бан аьтто ца баьлла, цу Нии-ГIаларчу бахархошка. Амма, пирIуно и гIала яккхинехь а, шен кеманах пайда ца эцначух тера ду цо цу шарахь. И Iа, цу меттехь даккха дезна цуьнан. Цул тIаьха ши-кхо шо даьлчи бен, юха а веъна, ша даза диснарг чекхдаккха аьтто ца баьлла цуьнан. Вайнахана тIехь, ханна толам баьккхинехь а, вайн мехкан дага юккъе кхачарца йоьзна Iалашо, кхочуш ца хилла цу пирIунан. Цул тIаьхьа хIиттиначу кхечу пирIунаша, вайн дайшца, даима гергарло лоьхуш хилла. Вайн паччахьан йоIарех шайн зударий беш, захалонаш тийсина масалаш а ду, цу яхначу шира хено тIаьхьадитина. Иштта, бакъдерг девзина мохк бу-кха хIара. ХIинца, сан кегийра некъахой! Хьалла гуш болчу гуна гонахьа ерг, вайна оьшу, Харран-ГIала а ю-кха шуна – олуш, шен къамел сацийра, кIедачу миндаро лаьцна шен меженаш меттаха яхначу къанос.

          Харран-ГIалана герга мел гIурту а, некъахошна кест-кестта дуьхьала кхетара варрашкахь а, дой, эмкалашца а долу адамаш. Йохка-эцарна гIала баханарш шайн-шайн «ди-матт-Iушка» цIабоьрзуш, суьйренга таьIна хан яра иза. Аренгахь жа дажош лелачара а, гIалехьа некъ бойтура шайн дийнате, цунна гергахь, буьйса яккха лерина. Амма, кхаш тIехь болх бечарна, аьтто боккху хан яра и суьйре. Садайчи бен, кху арара къинхьегаман шовкъ дIаера яц, кхуззахь буьйса яккхина, синбилгало къаьстачу хенахь юха дIаболон, юкъахбисна и къинхьегам. Кхана, малх Iаткъалца, юха а дIахьура бу цара и къинхьегам. Ткъа хIинца, юкъ-юкъа гучу баннашна гергахь, пхьор кечдан латийначу цIераша, тховса, ижу лаха арадевллачу акхорошна кхерамаш туьйсура белахь а, кхин кIезга хира бац, цу цIерин дай болчу адамин дегнашкара кхерам а.

          Кху некъахойн некъ хадийна, жа дехьадоккхуш волу цхьа жаIу, Ваванига тIекхайкхитара Эйас. Пхийттара валаза кхиазхо хиллера и жаIу.
          - Жа доьбийла хьан жима къонах! Суьйренна, бахархоша шайн жаш гIалехьа лохкачу хенахь, хьо нацкъара теIаш ма ву?
          - Маьрша хуьлда шун некъ а! ТIех кIорга аренга гIоьртина, делкъал тIаьхьа хи малоза дисанера сан жа. ХIинца, хьалла таьIначу меттехь болчу Iома тIе, хи мало дуьгуш ду аса хIара жа.
ДIахьаьжча кхуо юьйцу меттиг билгала а ца ялла, арахойн и «хьалла» бохучу дешан мах хуучу къанос, шолгIа хаттар дира:
          - Кху Харран-ГIалахь, цIе яххана долчу адамин, масех цIе яккха хуура дарий хьуна? – аьлла.
          - ЦIераш яха хала дац. ЦIераш сий долуш а, и доцуш а хуьлу. Ткъа шуна оьшу адамин цIе, муьлхачу ваьран, я халкъан ю? - аьлла делла жоп, тайра къаночунна.
          - Уггаре а сий долу кхо цIе ахь яккхича, тхайна оьшург къастора яра оха – олуш къежира, шена хьекъале хетта и кхиазхо, кхин а зен лериначу къаночо.
          - «Син» «энин» динан да ву ша бохуш, кхузахь хезна доцу хабарш дуьйцуш лелаш, «аморрейн»34 орамах ваьлла цхьа стаг ву. Цуьнан цIе, Белиб-Син ю. Цуьнан тобанан адмаша лоруш ву иза. Масех бутт хьалха, кху гIалин «лимму» ву бохуш лелаш, цхьа «ашшуройн» лай вара, цу шен цIарах дозалла деш, ша хуррин орамах воллушехь. Амма, иза ведда тхан, цу цIарал гIолехьа дерг, корта ларор а хетта. Тахана шолгIа цIе ерг ву, «хеттин» орамах волу, амма «наха» «ах-ах, кхин цкъа а ах» олуш волу хьалхо – Сиват. Юьззина цIе, «Сиват-хайк-яуд» ю цуьнан.
          - И ма тамашийна цIе ю, цу шун «наха» цунах йоккхург? ХIун маьIна долуш аьлла, и «ах-ах» бохург цунна? – элира, и санна дерг, хаа гIертарг волчу АлгIас.
          - Ах «хетто» а, ах «эрмало» а, кхин цхьа ах «ахламуо» орам болуш иза хиларна, аьлла ду бохуш дийцира суна сан дас, изза хаттар ас шега дича. Да «мушка», нана «ахламуо»35, тIетевжина орам, «хеттин» бу олуш ву иза.
Амма, тхан «нехан» садукъдина цо, шен таронца лелочу бозбуунчаллица а, хIиллане некъашца а. Амма, цу шина цIарал гIараялла а, сийдолуш а ю, «нах-хуррин» орамах волчу, цу И-бара-хи-Ман цIе. «Цуьнгахь Iедалан, аьрда-цIийнан, таронан Iаткъам бацахь а, керла дош ду цуьнан герз» олу сан дас. «Сан да! Соьгахь а ма ду и дош» аса аьлча, цо соьга элира: «КIант! Хьан дашо, я махьаро жа бен ца къахкадо. Ткъа И-бара-хи-Ман дош, дургал хааделла накхармозий санна, адамаш шена тIеийзош ду. Динан ден дашах – кхоьру, хьолахочуьнан дашо – сатийсар ло. Ткъа И-бара-хи-Ман дош, серлонан зIенар ю, вайн мокха дахарехь» элира сан дас. И кхо цIе ю-кх, кху махкахь лерам берг. ХIинца, шун пурбанца со дIаваьду, сайн даьржаш доллу жа тIегуладан – кхиазхочо аьлча, цунах бIаьрг буьзанчу къанос, кхин цхьа хаттар а дира:
          - Цу серлонан зIенар хуьлда, хьан дахарна, даима лар гойтург! Тхойгара паргIата ву хьо, цу И-бара-хи-Ман кхерча тхо кхочун долу, некъан лар ахьа йийцичахьана – аьлла.
          - ХIара некъ, цу гIалана аьтту агIонца юххехула баьлла, къилбехьа боьдуш бу. Цу тIера дIакъаьсташ, тхан гIалан майдане доьдуш некъан га ду. Дамаскера богIачу некъан га ду иза. И некъ а, гIалина юккъехула баьлла, Ашшур-ГIалехьа боьдуш бу олу, и некъаш девзачара. ГIалин йистехь и биъ некъ къаьстачохь лаьтташ, онда четар ду шуна, цIен-сийначу чарташа къорзалла елла. Цунна гергахь лаьтташ, кхин ши-кхоъ жима четарш а ду, цу кхерчан «нах» а, «кхерчан нана» а Iаш. Царна, ахбIе гIулч гергахь лаьтташ, баттаза болчу поппаран карчоргах дина, масех цIа а гура ду шуна. Доккхаха долу четар, И-бара-хи-Ман ду шуна – кхиазхочо аьлча, Сур-Шенас а, шен хаттар дира кIанте: «Хьан ден а, хьайн а цIе йийцахь тхуна жима къонах?» аьлла.
          - Сан дас йоккху цIе Ловда ю. Ткъа сан де цIе ШимаIа ю. Иза, цу Ибрахиман кхерчахь ган а мега шуна. Iодика йойла шун! – аьлла, «ХIей-хIей!» бохуш шен дIасхьадаьржина жа тIегуладан дIаволавелира Ловда.
          - И кIант, ира хьекъал долуш ву. Бакъ некъа нисвича, онда гIортор хира ю цунах кху махкана – Эйас аьлча, - Васашаттан гон юкъа дIахIоттийча, хIун дара техьа иза вай? – элира Сур-Шенас.
          - ХIан-хIа. Шена аьхначуьра схьадаьккхина орамат ахьа кхечахьа даьккхина дIадоьгIча, гIад цIура доьрзий, тIех пайда боцуш кхуьу иза. Паччахьан гон юкъа и кIант ахьа воьллича, дахар вон хира дац цуьнан. Амма, цу Веза-Воккхачо чудиллинарг, ма-дарра схьакъегара дац цуьнан. Цуьнан буьйда кхетам чIагIбаллалца, И-бара-хи-Ман гергахь иза хилахь, кху гIалин да цунах хирг хиларх тешна ву со – олуш, ойланга велира къано, ша аьлларг, я кхин долучуьнан сурт юьхьдуьхьала тасийта санна, бIаьргин цIоцкъамаш тIеттIадийшош.
          КIантаца къамел хиллачул тIаьхьа, цхьа чакхарма некъ а бина, некъа йистехь лаьттачу дитта кIелахь севцира некъахой, тIера бедарш хийца а, киташ чохь дисна хи дийнатана мало а. Юьхь-куьг дуьлуш дой а, герзаш а ченах цIандина, керла барзакъаш духуш кечбелира и некъахой.

 
Ибрахим («И-бара-хи-Ма») волчохь, хьошалгIахь»

          Шайн дой тIера биссиначу «эврин», дийнатан дирстинаш гоьзанех дIатуьйсуш гIаралхой а болуш, четаран неIарехьа волавелира ворхI къонах, некъан маршонна хьалхаваьлла Сур-Шен а, цунна тIаьхьа хIоьттина Эйа, Ваване, Гуне, АлгIа, Варзап, гIаролан коьртехь волу БугIа а волуш.
          - ХIай! «Нах» буй кху кхерчахь? Машар а, маршо а, ма оьшийла кху бахамна! – хьалхавоьдачу Сур-Шенас аьлча,
          - Маьрша догIийла шу а! Чудовла, махкара доцу хьеший! – элира, четаран шаршо хьалакарчош неIарехь гучаваьллачу, «кхерчан да» хила таралучо.
ТIехьажарехь шовзткъай пхеа шаре хан кхаьчна ву ала томехьа а, дика битам болуш а вара и стаг. Цу битаман аматаш дара: дикалла, сийлалла, къонахалла, нуьцкъалла, жигаралла, синкъерамениг, бIаьрланиг а. Цуьнан елаеллачу юьхьо а бакъдора, иза иштта хилар. ТIедоьхна духар, овкъаран басахь делахь а, цуьнан кочахь кхозачу баьццара, детин гур чубоьгIначу тIулго гойтура, цунна хIайбатениг хета бос, муьлханиг бу. Цу тIулган, заьнгала еш шарйиначу агIонна тIехь, маьлхан нуьро ловзочу зIаьнаро, кест-кестта бIаьрса дIаоьцура.
          - Тхо, еа-пхеа «Нах-Арин» меттигашкара, вовшахакхеттачу тобанан «нах» ду. Кху тобанан хьалханча, «Меха-арин» махкара, «Мехка Гуламан» къанойн корта болу Эйа ву. Тхуна оьшург, кху махкахь вевзина ца Iаш, доллу «Нах-Арин» лаьмнашкахь гIараваьлла волу, «И-бара-хи-Ма» цIе йолу къонах а, Iеламча а ву.
          - Iилманчаш гулабелла каппаш паччахьан гонна, я аьрда-цIеношна гонахьа хуьлу. Ткъа сан Iилма, цу каппин ладаме болчу декъахошна товш дац, юккъерачу могIера «нахана» иза хIайбатениг хетахь а. Iамдан воI, Эйа-м вац шуьца верг? Кху тхан махкахь, дикачу дашца хьахош ву цхьа-ши бIешо хьалха кхузахь ваьхна, «Дарса» цIе йолу цхьа «эврий». Цуьнан тIаьхье, цу аша хьахийначу «Меха-Арин» махкахь, «…ехаш ю» бохург хезанера суна. Царех и Эйа велахь, сан кхерчах, боккха къинхетам бина цу Веза-Воккханиг волчо. Беркате хуьлда шун некъ а, ирсе кIеж сан керча а хьевзила, шух бахьана хилла. Ма-латта арахь! Чоьхьа довлал, сан хьомсара хьеший! – элира, кхеран хьесапехь, И-бара-хи-Ма хила везачо.
          ХIорш чоьхьабовла безачу четаран еа агIонгара тайп-тайпана дийнатан неIарш, хьалакарчийначуьра, суьйре елахь охьахецна дацара. Кхарна хьалха ма-хаззара, дуьненан еа маьIIера догIу адамаш тIеэца кийча хилар гойтура цу амато и кхерч. Иза, иштта дуйла хуу Эйа велакъежира, шен некъанакъостийн яххьашка хаьжча, изза царна хеттийла а хиъна.
          Хьалха воьдачуьра нацкъара таьIаш, къано хьалхавалийтара Сур-Шенас. Маралелхаш маршалла хаьттиначул тIаьхьа, шира Iадат гойту мур а тIекхечира. Ишттачу меттехь, муьлхха а цхьа совгIат далар, дайн шира гIиллакх хиларна, хьалххе, цхьацца совгIаташ кечдинера хьешаша а. Ша воккха хиларе терра, Эйа вистхилира:
          - Вайн шира дай латталелорхой хиллехь а, кху тIаьхьарчу пхи-ялх бIешарахь, цу «а-къа-дайн» тIаьхьенаша, шайгара даьхнилелоран гIуллакх вайна марздина и схьалуш, шайн гIиллакхин цхьацца аматаш а делла вайга. Мисарахь олалла латтийна болу и «жи-ка-хьовсургаш» бу, ламастехь доцуш хилла, и жаIулла вайна марздинарш. Цу жаIуйн а, ахбIешарал тIехваьллачу стеган а некъанакъост, Iаса лерина вайн дайша. Иштта, коьртехь болучеран сийлаллин билгало а ю, цу Iасанца йоьзна. Хьо сол жима велахь а, сан дехачу дахаран теш хилла хIара Iаса, хьуна, согIатна яла лаьа суна лараме хьекъалча! – олуш, шегара Iаса, шина куьйга лаьцна хIусамдега кховдийра Эйас.
          - Делла совгIат схьа ца эцар, вайн гIиллакхо нисдо, иза деллачух ца вашар гайтарца. И тайпа ца ларам гойтура бац аса, «некъанакъостах» хьо ваккхахь а – олуш, велакъежира «кхерчан да».
Куьйгаца шен бIахочуьнга ишар йиначу Сур-Шенас, шен хуьйцуш болчу шина динах гIолехьа берг, шена тIебалабайтира, датон тIош лоцуш кечйиначу дирстан улх караоьцуш.
          - Сийдолчу Киккулин* хьехамца Iамийна, и аренаш маса хьеша Iамарол совнаха, лаьмнин лакхенашкахь лелачу сосакхах тера лелар долу хIара дин, хьуна совгIатна бала лаьа суна, тхан хьомсара И-бара-хи-Ма! Сан цIе, Сур-Шен ю. Со, «Маса-Суран» махкарчу, «ХIал-Дан» динан да волчу, Месалимман воI ву. - элира, дирстан улх дIакховдийначу сур-элас.

Киккули – Дуьненчохь ширачех тешалла ду, говраш Iаморах лаьцна яздар долу, митаннахо (нах-хуррит) волчу Киккулин Iилма. Цу Киккулин, ш.оь. XIV-гIа бIешарашкахь язбиначу цу белхан биллам схьабиллинарг ву, австрин, чехин Iилманча волу Бедржих Грозный. 1931-гIачу шарахь зорбане баьккхина и болх, тахана а йоккха хьашто йолуш бу. Мехаллениг ду, кхузаманан говрашлелоран гIуллакхан кхиам, буста йиш хилар, хеттин говраш Iамош хиллачу Киккулин къепаца.

          - Цул совнаха, бархI махкара паччахьаша, церан сур-элиша, «турпалхо ву» аьлла, сийдиначарех эла ву хIара Сур-Шен! – олуш, тIетохар дира Эйас.
          - Стага, ша хесторах кхоллалуш дац цуьнан сий. Иза ойъург, цуьнан мах хадориг халкъ ду. – олуш, шен хьаша кхин цкъа а маравоьллира «кхерчан дас».
          - Сайн куьйгашца дахчош дитт даьккхина, езан, варкъан чIагIо зоьш, даьттан гIорза санна уьш декъана йолу, «дика эчиган» хIара шаьлта, даьхнелелорхочуьнан накъост хиларе сатесна ву со. Лараме И-бара-хи-Ма! Диканна лелор хуьлда хIара хьан! – аьлла, исбаьхьаллица кечйина ботт йолу шаьлта кховдийра Ваванес а «кхерчан дега».
          - ХIара, «Меха-Арин» махкарчу паччахьан, «хьалхара туртан»36 волчу ХурIадан воI, Ваване ву. ХIара дуьне кхоьллинарг а, Iаламан, адамин да верг а, цхьа «ХIал-Эла»37 хилар, къобалдечарех верг а ву хIара – Эйас аьлча, къовллуш маравоьллира, И-бара-хи-Мас Ваване.
          - ХIара ву-кх, вай массарелла, везачарех верг. Цу Веза-Воккханиг волчо Iалашбойла хьан дахаран некъ – элира цо, шен бIаьргах даьлла хи дIадаккха, кIант дIа а хоьцуш.
СовгIат дала рагI тIекхаьчна АлгIа, хьалхавелира:
          - ЖаIу-элана тIехь дац, даима, лено санна къахьегар. Сине, зовкх хьоьгийту мур а хила беза, цуьнан цхьатера долчу кху дахарахь. ХIун ду паччахьин, я цу эллин самукъадоккхург? Церан сийлаллин мах хадориг ду, таллар. Ткъа цу таллархочунна оьшург? Геннара, Iалашо лоцура йолу онда Iад ду. Ка йолуш, лелор хуьлда хьан хIара! – олуш, «метаннихойн Iад» а, пхенаш чохь лелон, исбаьхьаллица кечйина ботт а ковдийра АлгIас, - Со, Кумме-ГIалара веъна, Итхин воI АлгIа ву. – аьлла, ша а вовзийтуш.
          - Таллар, паччахьан дакъа ду. Делахь а, таллар дар хила дезаш дац, резадан дозалла. Цу талларо тодан дезаш ду, рицкъ тIецатоарца кхолладелла хьал. – элира, хьешера совгIат схьаэцначу кхерчан дас, - Вайн шира маттахь, «АлгIа» бохург, «ламанан дукъ», «шу», «дазо» олу кхетам бу. ТIехьажарехь, бIахаллиниг хьо велахь а, тIамаца дуьйзина гIуллакх, тIех хIайбате дац хьуна. Хьан васто гойтург а, хьан даго кIобалдийриг а, дуьне довзарца доьзнарг ду. Хьан герз Iад дац, некъахочуьнан, ца хилча ца долург иза делахь а. – олуш.
КIезгачу юкъана, АлгIан бIаьра хьаьжначу, цуьнца цхьатерра ойлане ваьллачу «кхерчан ден» юьхьа тIехула, гIайгIане IиндагI кхерстира бIаьрга негIар тухучу юкъана. «Цхьа бIешарахь вахар хьан хилча, ламанхошна беркатениг хира вара хьо. Иза, Веза-Воккхачуьнан карахь бен дац» шен дагахь олуш, шена тIеволавеллачу хьешех волучуанна тIе, тидам берзийра цо.
          - Сийдолу И-бара-хи-Ма! Сан цIе Варзап ю. Со, цу лаьттачу Ваванин ден вешин воI ву. Цхьанаэшарехь аз долчу аренан махо, зевне шок лере лоькхуш Iабийна хьан ла меттадалон берг бу, хIара «уд»38 олу пондар . Лаьмнин оькъамаш тIехула кхиссадала Iеминчу сосакхан, кIажийн пхенашна чIагIо лучу, хьорзамах диначу мерзаша бен лура дац, бIарзделла са, паргIатдоккхун долу аз. – аьлла, мерзах масех пIелг а тесна, - ХIара совгIат, сан куьйгаша кечдина ду хьуна – элира Варзапас.
          - ГIайгIане еъна буьйса яцъен ерг ду, гIийла бечу мукъамах ийна, лекхало пондаран аз. – аьлла, рагI дIаэца санна, «кхерчан дас» а тесира, шен деха пIелгаш пондаран мерзех. Шен тIоьрмиг чуьра, махьмаран кIадий тIехула хьарчийна цхьа хIума хьалайоккхуш, тIеволавелира Гуне а.
           - Уд-пондаро Iехош дерг, ла бен дац. Ткъа дагах асар туха а, Iовжон а, и тедан а ницкъ берг ду дош. Багара арадаьлла дош, дададой генадоккху, къинхетамазе болчу махо. Адаман ойла шира яллалци бен, кхин оьмар яц цу дешан. Амма, тIулг огуш яздиначу дешнин оьмар, эзар шарашка яхъяла там болуш ю. Цуьнан масала ду, хIара шира экъа. Кху тIехь хастош верг, вайн шира да волу «Зи-Iу-сур-да» ву. Цуьнан гIуллакхаш вайна довзийтург ду, тIулг огуш яздина дош. ХIара шира экъа, кхуьнан мах ца бевзачунна, беттана поппар а, цу тIера сизнаш а бен дац. Ма-барра, кхуьнан мах хадон хьакъверг, хьо хета суна – элира цо, шен совгIат хIусаман дега а кховдош.
          - Шен къоналле хьаьжжина воцуш, махкахь сийдиначу къанойн могIарехь хаош ву хIара жима стаг. Шен ворхIе а дайх йисина, дайша шайн тIаьхьенашка кхийдош, кху дийне кхачийна куьпчийн корматаллан къайле, дика йовзарал совнаха, и гIуллакх кхин а тодан, керла лехар долуш ву, «Ха-ба-хин» махкахь «нийсаниг» аьлла цIе яхна волу хIара къонах. Цул совнаха, хIара гIараваьлла ву, «зайлйоза»39 , керлачу тIегIене доккхуш кхуо бечу балхаца а, «суккаллуш»40 , «хазухлуш»41 , «хазаннаш»42 гулабечу кхеташонехь, паччахьо, церан могIане хIара хаош хиларна а. Вовза ву, Киртин воI Гуне! – элира, шен кхиамаш хестор дезаш воцчу кIентан, амал евзачу Сур-Шенас.
          - ХIара санна йолу тIаьхьенаш ю, бакъ дош, адаман ойланга кхачон дерш. Кху совгIатан барам, мехаца хадалура бац. Хьомсара Гуне! Кху экъана тIехь хаалуш-ам бац, цу «а-къа-дайн» и Iаткъам? – И-бара-хи-Мас аьлча, дацаре корта ластийра Гунес:
          - И экъа язъечу муьрехь, олалла цаьргахь ца хиллачух тера ду – а олуш.
          - «А-къа-дайша», шайн керла хIуманаш юкъадалош, чолхе ерзийна, вайн орамах болчу, цу «шу-маройн» хилла йозанан и къепе. «Нах-хуррин» маттахь йоза кхуллуш, цу «а-къа-дайн» Iаткъамо бина гIучIа дIабоккхуш, доллу кхачамбацарш дIадохуш ахьа къахьегахь, цунах, Iаламата боккха пайда хира бу вайн тIаьхьенна. Цу Веза-Воккха волчу, «энин» накъосталла ма эшадойла хьуна! – олуш, даггара маравоьллира цо Гуне.
Кху сийдолчу адамех дIатаравала таро а, я цIе а йоцу «гIаролан хьалханча» БугIа синготте вара, ойла ца еш, кху «нахана» тIаьхьахIоьттина кху чу ша варна. Кхуьнан, кечдина цхьаа совгIат дацара. Юхавала а, даго ца вуьтура и жимха. Бераллехь дуьйна, шен кочахь кхаьзна мах беза чIиж дага а деъна, совгIатна и дала сацам бира цо. Кхуьнан баккхийчу некъанакъосташа совгIаташ туьйлучу муьрехь, тIехьа сецачу цо, чIиж тIехь кхозу асанах шен ворта мукъаяккхира. ХIусамден тидамера ца делира, цуьнан ирко йоцу хьийзар.
          - Кхара лучу совгIаташка нисдала, сан совгIат деза дацахь а, «бIаьрг хиларх, ун кхетарх дегI ларош ю» олура сан нанас кху чIижан мухалла. Иза иштта хиларх, тешна ву со а, – олуш, таьIна-боьмаша бос болу, дашон гура чухIоттийна чIиж тIехь кхозу асанан ши га, шина куьйга лаьцна, кхерчан дега кховдийра БугIас.
          - Сан жима хьаша! Хьайн ден а, хьайн а цIераш йийцахь суна – элира, велакъежначу И-бара-хи-Мас.
          - Сан да, суна дагавогIуш вац. Да воцуш сан нанас кхиийна ву со. Амма, шен цIе йолуш хилла ву иза. «Гила» хилла, цуьнан цIе. Шен кхерч, мостагIчух ларабеш вийна иза. Ткъа сан юьззина цIе, «БугIа-Сирри» аьлла йоккхуш ю. Цу Сийлахьа волчу «ТIо-йа-Ша-бан» «энин» ворданах йоьжначу шина бугIанан, цхьаннин цIе ю иза.
          - Беран нана, мерзачу стоьмаша даздина дитт ду. Ткъа да, цу стоьмаша даздиначу диттан генашна хIоттош йолу гIорторг ю. ГIорторг йоцу га, стоьмаш хьийкъаначу шарахь, дукха хьолахь каглуш ду. Хьо тайпа кIант кхио доьналла долу нана-дитт а, стом тIелатийна га а, церан гIорторг йолу да а, вайн халкъан онда зIенаш ю. БугIа-Сирри! Хьан нанас, хьо жима волуш хьан коча оьллиначу кху чIижах, тешар долуш леллий хьо? – аьлла диначу хаттаро, ханна синтем байъара кIентан.
«Кхунна мичара хаьа хIара, сан ненан совгIат дуйла?» аьлла, ойла хьевзира кIентан коьрте.
          - Тешара – элира цо, кхин дала жоп а ца карийна.
          - Тешар, иза доккха хIума ду. Цуьнан барам, доза доцуш боккха бу. Боккха лам ез хилча, гIамаран аренгара и мискъалаш цу ламал хилча, йоллачу цу гIамаран мах, хьан тешар долчу кху цхьана, чIижан мехе а кхочура бацара. Ахь соьга кховдийна, хIара мах боцу совгIат схьа ца эца, хIуттура вац со – олуш, чIиж тIехь кхозу аса схьаэцна, юха, кIентан коча оьллира «кхерчан дас», - Сан цхьа дехар кхочушдар, хьуна а тIехь ду. Ахьа, хIара совгIат дIаэца деза соьгара – аьлла, дуьхьало ян гIоьртиначу кIентан белшаш тIе, шен деза куьйгаш дехкира кхерчан дас.
          - Ахьа, хьайн совгIатца там бина цунна. Цо а делла хьуна, ша тайпа бекхам беш совгIат, ахьа делларг иза делахь а. СовгIат, совгIат ду! Цуьнан барам а, хIоам а, я мухалла а яц совгIатан бакъ мах хадориг. Цуьнан маьIналла, кхин дустар долуш бу – «тергам», «ларам», «баркалла» олу кхетамаша кхуллуш бу, маьIналла долу бух – Сур-Шенас аьлча,
          - Нийса лоь Сур-Шен. Ахьа, хьайн ларам гайтина, И-бара-хи-Мас а гайтина шен гIиллакх. ЧIиж дац коьртаниг, и дIаэцча бухадуьсург ду. Ткъа иза ларам а, гIиллакх а ду. Цу шиннал деза, адаман юкъ кхуллург кхин хIун ду? – Эйас а аьлча, шен чIагIвалар маладира БугIа-Сиррис.
          
          И-бара-хи-мана луш долу совгIаташ цуьнгара дIаоьций, юьстаха лаьттачу стоьла тIе уьш охьадохкуш волчу гIоьнчо барт а боккхий, шеггара, баркаллица доьзна дош олура.
          - Сан хьомсара хьеший! ХIара, сан дика накъост волу ШимаIа, со ца кхуьучохь, шун хьашташ кхочушдеш хира ву кхул тIаьхьа – олуш, шен лаамехь гIоьнча хилларг, вовзийтара «кхерчан дас».
          - «Ловда» цIе йолу кхиазхо, кхуьнан кIант хила веза-кх? И тайпа тIаьхье йолчу ден кхане, са паргIате а, нехан ларам болуш а хира ю. Кхоллам, ирсе хуьлда цуьнан! – элира, кIант хастийначу Эйас.
Там хиллачу дас, шен дагтIе куьг дуьллуш, лараме корта таIийра. Оцу хенахь, дехьа неIарехь гучаелира, шовзткъа шо хира долу, безамехьа куц долу зуда.
          - Марша догIийла шу, кху махкара доцу хьеший! Беркате хуьлда, аша арабаьккхина некъ!
          - Машар, хьо нана йолчу кхерчана а, ма эшабойла. Хьан дахар а, хIара кхерч а, ирсо шен бен бан къастийнарг хуьлда! – олуш, маршала схьаэцначу Эйас, мела ишар йира Ваванига.
          - Сан хьомсара хьеший! Шуна йовза ю, сан «кхерчан нана» йолу, хIара С-ара-х! Кху Харран-ГIалахь, олаллехь болчу дайн йоI ю хIара – элира, шен зуда йовзийтуш вистхиллачу «кхерчан дас».
Оцу юкъана араваьлла чувеъначу Ваванес, шегара, «маржан» олу тIулгах дина заьнгала гIутакх кховдийра Эйага.
          - Тхан хьомсара, ларамца тхо тIеэцначу кху «кхерчан нана», С-ара-х! Кхуза дахка новкъадовлуш, кху И-бара-хи-Ман зуда хилахь а аьлла, оха кечдина хIара тхан мадаре совгIат дIаэцар доьху оха. – аьлла, гIутакх схьадиллина, цу чохь Iоьхку жовхIаран буьртикех дина туьтин кочар, шен декъа пIелгашца хьалалецира къаночо, - ГIоза леладойла ахьа хIорш! – олуш.
          - ЭхI! Хьо хазалла яI! «Бухара Латта» олу цу махка, «Инанна» «эни» юссучу хенахь, цуьнан гIодаюкъ кечйина хилла кочар а хира дац, кхарелла хаза. – аьлла, зудчо дукхаделин динан масала далийча, цунна реза ца хиллачу И-бара-хи-Мас кхоссар йира.
          - Цкъа латта буха воьссинарг, юха, хьалаволуш вац! - аьлла.
Цу кхоссарна реза ца хиллачу С-ара-хас, ткъес кхетча санна ластийначу коьрто гайтира, шен амал йолуш иза хилар. Цо йиначу кхоссаро а гойтура, эмгараллица доза долуш цуьнан и амал хилар а.
          - Хьан массо а согIател деза ду, хIара сан совгIат – олуш, зевне аз декош елаелира иза. Цхьанна а хIуманна, атта резахуьлуш йоцчу шен зудчунна цунах там хиллий хиъча, сапаргIатдаьлла «кхерчан да» а велакъежира. Хьеший бахкале, цхьана хIумана тIехь вовшашна яппарш йина, къаьстина дукха хан яцара цу шиннан. Шаьш шиъ тан, хIара бахьана хIоттар а, хьеший беркате хиларан хьесап дара, «кхерчан дена» гург. Хьеший паргIата буьтуш, дукха ца Iаш С-ара-х а араелира. Са кIамделлера цуьнан, хIара туьтеш коча а оьхкина, кху кхерчара зударшна хьалха дозалла дан.
          - ШимаIа! – элира И-бара-хи-Мас, - И дукха «эни» дIатеттиначарех вай делахь а, вайн шира Iадаташа бакъо луш яц, хьешин самукъадоккхун долу гIиллакхаш ца лелон. Хьешашна лерина той хIоттош кечамаш бан, вайн кхерчара «нах», цIа кхайкха маса, - аьлла.

          ГIалина гергадалийна жаш, шайн гIоьнчин тидамехь а дитина, хьеший баьхкина аьлла хезна кхерчан ден ваша а, кхин болу гергарнаш а цIабаьхкина, той хIоттош дакъалецира, сакъоьруш дIаяхьа хIара буьйса. ХIайт-аьлла хьийзара кху кхерчара воккха-жима а, боьрша-зуда а, шайн хьешин самукъадаккха гIерташ.
И той даар, кхечанхьа хуьлучуьнга диллича, ша тайпа вастехь дара. Кху чохь хезаш дацара тайп-тайпана болу «эни» хесторца до къамелаш а, я маларан-кедаш ойъуш бо хастамаш а. Бакъду, хьешашца баьхкина гIаролан декъашхоша юкъ-юкъа хастош болу «ТIо-йа-Ша-ба», «ХIал-Да» «эниш», тидаме ца оьцура кху кхерчан «наха», кхарна болчу томанна, и тайпа къамелаш шаьш а дора цкъацца.
продолжение следует в частях 4, 5, 6, 7, 8, 9, 10, 11 и 12. 
​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
Просмотров: 705 | Добавил: erzu | Теги: орстхой, нахи, тукхумы, ингуши, тайпы, чеченцы, вайнахи | Рейтинг: 5.0/6
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли