Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Июль » 4 » «Аьхкенан дIахецарш» = 2
10:45
«Аьхкенан дIахецарш» = 2

             Гуне, АлгIа, Халда, Варзап, Нах-Ша, Арне, Юарубани тIаьххьаре а цхьаьна бисира, шайн коьртехь Ваване а волуш. Хилларш, лелларш дуьйцуш, дикка Iийра уьш. Массарна хаа луург дара, Гуне кхуза кхачо, кхолладеллачу бахьанах лаьцнарг.
          - Сан нанас Шинталас, шен йоIана гаттадечу сино кхачийна со кхуза уггар хьалха. Цул совнаха, цIаверзо томечу хьолахь хIара Халда велахь, и декхар а ду суна тIедиллина. Кхин цхьа бахьана а ду, со кхуза валийнарг. Иза ву, сийдолу Эйа. Дукха хеттарш ду сан цу хьекъалчан жоп дезаш – цо аьлча,
          - Изза Iалашо, сан а яр-кх, кхуза вогIуш. Суна хууш дацара, хIара вайн лазархой а, церан нускалаш а, хIинца а кхузахь дуйла – олуш, забар ян гIоьртира, Гунен нуц ларалуш волу АлгIа.
          - Тхо лазархой бахьана долуш, шу кхуза ца кхаьчний-м хаьара тхуна. Йиш елахь дийциша, шаьш деънарг хIун ду? – аьлла хаттар дира велакъежначу Халдас.
          - Ца кхетта хьо? Шайн Эййаца дерг ма-къаьсттинехь, Сур-Шен санна хIорш а бовдург хиларх – элира, хьу йоцу кхоссар йиначу Арнес, - «Хьан чевнна дарба лелон, массо а мехкашкара гулабина цIе йолу дарбанчаш бу кху боьлакахь» боххушшехь, вайца де а ца доккхуш, сихха шен нускална тIекхача, юм муха йира вайн «маса-суройн» элас а? – олуш, зевнечу озаца елаелира самукъадаьлла йоI.
          - Цунна бехк билла, хьакъ йолучарех-ам дера ю хьо – Варзапас аьлча, Сур-Шенехьа оьзна дош элира Гунес.
          - Малх-Азнеца цо зовкх хьегна бохург, доккхачу шеконе дилла дезаш гIуллакх ду. Цу шен ноткъа оьхачу чевнаца, Арабелла-ГIалахь тхойца иза дакъалоцуш хиларан со теш ву.
          - Цхьабакъ ду, хIинца, садоьIначарех хила веза иза. Цундела вай иза, кхуза кхайкха а веза. Цунна дика хуара ду, вайх кхеттачо дуьйцург. – элира Ваванес, кху чохь цхьаболучеран дагахь хаттар а дуьтуш, - Тховссехь и волча, некъ бевза геланча вахийта веза, цуьнга кхуза кхайкха.
          - Цунна са ма-гаттаде. Цига вахийта, стаг ву сан – элира, хIинццалца вист ца хуьлуш Iийначу Нах-Шас.
          - И дика ду. Вай хIинца, лараме Эйа волчу хьошалгIа даха деза. Ткъа вайн некъанакъосте ца оьшу сацамаш ца баийта, дIаала цуьнга, кху шина-кхаа дийнахь, иза Сур-Шенах кхетарг хилар. – элира Ваванес, Гуненна, цу стагаца доьзнарг дийца сацам а хуьлуш.
          Цо биначу хаамо гIайгIане виначу Гунес а дийцира, Киклип-Аталь воьш нисделларг. Кхаркхари, Берд, Бовр-Хьуд, Битхиллин-Тейшеб, Халиб, Ада, Цукул, Сий-Мэ, паччахь Нахханда, цуьнан «туртан» Гуьчак, байъаний хуучу накъосташна, хIинца Гунес довзийтиначо, кху вовшахакхетаран синкъерам дIабоккхуш, гIайгIане бира боллу накъостий.

          Юкъара долу къамелаш чекхдевллачул тIаьхьа, Эйана хьомсара а, шен бераш санна безаш а болчу кху кегийрахошца и къано цхьаъ вуьтуш, цу чу гулабелларш арабевлира. Баккхийра а, кегийра а гулабелла, хьалхабевлла динан дай а болуш, оькъаман пенаха чхо йоккхуш кечдиначу, онда лахьти чохь лаьттачу шийтта цIу-делин17 суьрташна, таваккал дан бахара уьш массо а. Эйаца висира Ваване, Гуне, АлгIа, Варзап. Ткъа Нах-Ша, Сур-Шен волчу вахийта геланча кечван вахара, цул тIаьхьа, дегIе са а доIийтуш паргIатвала. Кхин цуьначулла, могашалла дика йоцу Халда а, мукъа витира накъосташа.
          Мелла а хан елира, царех цхьаа вист ца хуьлуш. Къанога болчу ларамо, цул хьалха бистхилар оьздалла ца хета кегийрахой, Эйас олучуьнга хьоьжуш Iара. Ткъа Эйа, шен коьрте хьевзиначу ладаме ойланга ладоьгIуш вара. Тахана, кху кIенташка вистхиллачул тIаьхьа, шен четаре вахча, цхьа кIезгачу юкъана озийначу набаро деана гIан дара, хIинца и тида гIертарг. Амма, кхуьнан коьртера ойланаш гIучIе яра. «И гIан хьа деза аса, кхаьрга дийца» аьлла, керла кхоллаеллачу ойлано, са тедира цуьнан.
          - Тахана, шу а гина со кху четаре юхавирзича, набар тар озийначу суна, цхьа тамашийна гIан дайра, - олуш, велакъежира воккхастаг, - Нур лепо малх, къеггина кхеттачу беттан кхозлагIа дакъа цу стиглахь вовшашна гергагIоьртина а долуш, царна гонахьа дара, дийнахь гуш хуьлуш доцу, ша тайпа къега седарчий. Цу Iаламатах цецваьлла со, гонахьа дIасхьахьаьжча гуш стагга а вацара, шерачу арахь, лаьттаха йоллу тоьлан неI йоцург. Цунна тIехьаьдира со, хила таралучу зенах ларалуш. Хьун зе хила таралора суна? Маьлхан йовхоно товхо елла, хьацар хилла сан ахдегI дешаш дара. Ткъа шолгIа ах, беттан шелоно хорш елча санна, гIевне дина, инзаре хьал хIоьттийнера соьга цхьанхьа къайлавалар тIедожош. Ткъа и тоьлан неI, со кIелхьарвоккху дегайовхо яра. Цу тоьлан чуволила хиллера, тIегIенан лами болуш а, кIорга чувосса везаш а. НеIарх чукхеттачу зIенарин цIевно сирлаяхна и тIегIенаш, чу мел вуссу а бодано йойъуш яра. И бода чIагIбеллачу муьрехь со юхахьаьжча, букъа тIехьа, лакхахь йисначу неIаран амат, беакIов сирла тIадам бен бацара. ТIаьххьаре а, и серло а дIаелира. Цхьана чукхача везийла хуучу сан ког, дукха хан ялале, нийсачу цIаьнкъа тIебелира. Даима сайца цIетухарг а, кIожам а лелош волчу аса, и кIожам латийра. Пенах доллачу Iуьрга хIоттийна хаьштаг а дайна, иза латош, цу готта чухула, хьалха дIаволавелира со. Таьххьаре а некъ бехка санна, хьалха хьалаоьллиначу, исбаьхьаллица кечдиначу чарто сацийра со.
И чарт дIакарчош со дIагIоьртича, анайист йоцу стигал а, цу стиглахь исбаьхьа къега седарчий а дайра суна. Цу Iаламато Iехийначу суна гуш дацара, сайна хьалха, боданашкахь лаьтта шийтта цIун суьрташ. Дагчохь цхьаа кхерам боцуш, сайн хаьштигца, хIорранан юьхь сирла а йоккхуш царна хьалхахула дIаволавелира со. ХIара шо долалуш, вай билгалавиначу шийтта цIун суьрташ дара, суна хьалха лаьттарш. Уьш массо а, бIаьргин хин метта оьхуш цIий а долуш лаьттара, царех цхьаъ доцург. Ткъа иза, «ХIал-Да» «энин» тIулг-сурт дара. Цуьнан оьгIазе догачу бIаьргаша, дегIе зуз доийтура, легашка хорам хIоттийнера сан. Оцу хенахь, генара схьа, цхьа аз хезира суна, «Сийлахьа-Воккханиг!» бохуш санна хеталуш. Иштта, тамашийна гIан дайра суна. Цунна дала жоп доцуш, со а висна. Нехан гIенаш тида-м хаьара суна, амма, сайчунна хьалха цIура ву-кх. Аша хIун олу цунах лаьцна? – олуш, шен къамел сацийра, ша диначу мукIарлоно таIийча санна виначу къанос.
          - Хьан гIан, шеко а йоцуш, цхьа хIумадохьу гIан ду. Амма, тхан буьйда кхетамаша кхачам боллуш жоп лура ду моьттуш вац со, цу хьан гIанна. Бакъду, «ХIал-Да» «эница» доьзнарг ду, цо хьоьга къадийнарг. – аьлла, хаттаре хьажар дира, Эйан аьрру агIора Iачу Ваванес Гунега а, цунна, дехьа-сехьа Iачу АлгIе, Варзапе а.
Ваванелла тIехваьлла, дош олуш Iедал доцчу Варзапас аз хазийра, шен шича а цецвоккхуш:
          - Тхан дегайовхо а, хьомсара а волу Эйа! Суна хетарехь, «тIейогIачу ханна лерина, онда бух кхуллура болу сацам бе» бохуш санна ма хета суна-м, цу гIено хьоьга а, иштта вай массаьрга а. Дахар зер диначу хьуна а, хьо санна болучарна а хаа деза, муьлханиг бу, аша бен болу и кхолламе сацам. Ткъа оха, тIаьхьено дан дезарг, и шун сацам чекхбаккхар ду. Бехк ма-биллалаш суна, ас сайна хетарг аларна. – аьлла, цхьаъ лачкъош гучадаьлла беран санна юьхь цIийъелла сецира, турпалхочуьнан амат долу и къонах. Ваванин олладелла моччагIал дайна, АлгIера иккхина велавалар ца лерича, вуьш берш дикка Iийра дош а ца олуш, шен-шен ойланашка бевлла. ТIаьххьаре а, цу чуьра тийналла йохош, Эйа вистхилира: - Кху Варзапас аьлларг ала, цу Везачо, кхуьнан матта тIе Шен дош диллинарг хила веза, я Шен Iилмах цхьа дакъа делларг ву хIара. И шеа, кху Варзапана, Цо дина дика ду. Айса дан дезачух, со а кхетта. Кху сайн дахаран чеккхенехь, Харран-ГIала ваха веза со, Сийдолу Ибрахим «па-йа-ха-мар» ган. Кхана сарахь, со новкъаволу. Аша тховса, суна билгалабаккха кхераме боцу некъ. ХIинца шу, паргIата хила. Со гIелвелла. Буьйса дика хуьлда вайн! – элира, кхарна дIабаха бакъо луш куьг а ластийна хьалагIаьттиначу Эйас. ХIорш арабовлачу хенахь, дуьхьала шаршо оьллиначу метта вижа, меллаша дIаволавелира иза.

Эйа волучуьра юхабирзиначу кIенташа, жима гулам бира.
          - Нах-Ша! И вайн геланча, дIа-м ца вахна? – аьлла хаттар дира Ваванес.
          - Иза, шина говрахь новкъаваьлла.
          - ТIаккха, дIавохийтур вай иза. Вайх схьакхетта и «Золин» цIе ерг леван а, цуьнца дерг къастон а, кху «Боьлаке» Сур-Шен кхача везаш хилча, аша шиммо аьлча а мегара ду, и ала дезарг, – аьлла цкъа саца а велла, шен сацам бовзийтира Ваванес, - Некъаш лоьра ду вайн. Къаьсттина, Харран-ГIала боьдург хIетте а. Цундела со некъанакъостан а, гIаролан а метта, Эйаца кхана новкъаволу, цигара юхаверзар, сайн сур тIе гIура волуш хира ду сан.
          - Ца волу хьо, со а воцуш – аьлла, кхоссар йира Варзапас, шичан къамел юкъахдоккхуш.
          - Эйаца дагара дийца веъначу суна дуьсург а, цу бехачу новкъахь, сайн дог Iабош цуьнгара хьекъал эцар ду, – олуш велакъежира Гуне а.
Кху шиммо хIоттийначу кепо дош дохийна Ваване а волуш, ша дан дезачуьнан ойла еш Iара, дош олуш воцу АлгIа а. Жимачу нускална тIекхача лаам болуш шайн накъост вуйла а хууш, цунна ницкъ бан дагахь бацара накъостех цхьаберш. Амма, кхуза богIачу юкъана цхьацца забаре Iиттарш еш веъна Варзап, шен накъосте хьаьжжиначохь Iара. ТIаьххьаре а цIоцкъамаш бухахула, ларамаза Варзапан агIонга хьажар нисделлачу АлгIан бIаьргаш, накъостан бIаьргаш чунисделира. Довхачу хих дадо куьг санна, накъосто шен бIаьргаш нацкъара довдийча, «хIи-хIиъ» аьлла велавалар иккхира Варзапан багах. Ша лелочух чекх са гиначу АлгIас, хIинца хадам боллуш ша ца хилар, дIанисдан гIоьртира иза.
          - Со шайца дIа ца вагIахь, цу бехачу новкъахь со вийца дохку хира дара шу: «Кхеврах кховра дан вахна, «Ламанан дукъ» олу цIарца, цIе хIоттаелла волу и майра АлгIа» бохуш, - аьлла, дегI нисдеш ирахIоьттира иза, - Со а, шайн арданган дIатоха хIета, - олуш.
Делахь а, накъостийн забарех иштта атта кIелхьаравала хала дара.
Шега дош дIаэцначу Ваванес, цу хаттарна тIехьа тIадам таIош дош элира:
          - Кхана, некъана кечамаш бан кхуьура ду вай. Тховса, Эйа кхин меттаха ца вохуш, и некъ билгалабоккху вай. Суна хетарехь, вай бан безачу некъан зIе иштта хила еза: «Еза боьлакера» дIа «Кипшунна», «Ушху» гIаланашкахула чекх а девлла, «Хибаку-ГIалана» дуьхьала нислочохь «Аренца-хих» а девлла, цу гIала кхачар хьалхара дакъа ду. Цул тIаьхьа, «Кашни-Ари лаьмнин» тIехуле хадош дехьа а девлла, «Набулу», «Вассуканни», гIаланашкахула довлуш «Харран-ГIала» кхачар бу-кх, суна бакъахьа хета некъ, - аьлла, шен накъосташка хаттаре хьажар дира цо.
          - Хибаку-ГIала кхаччалца, бан мегара бу и некъ. Цул тIаьхьа, Таршах дага а девлла, кхин дIа а бийра бу-кх. Марина чов йиначу лаьмнашкара хьал довззалца, хьалхе ду аьлла хета суна, цу зIенан шолгIа дакъа хьехо – элира, тховса, хьекъалалла гайта ваьллачу Варзапас.
          - Цкъа делахь, Сур-Шенас дийцарехь, ахь дуьйцачу лаьмнин тIехуленехь лазийна вац и Мари. «адамехказидна»* хьалха, шен дозалла долу амал гайта а вахна, Тилули-ГIалана гергахь лазийна иза. Делахь а, хьан ойлана реза ву со. ХIунда аьлча, Эйа бахьана долуш, вайн болар а хира дац сиха. Цу «Аринца-хи» тIекхачале, Сур-Шен а тIаьхьакхуьург хира ву вайна. Цунна, гIолехьа ма девзица, цигара хьал – резахилира, шичас йиначу кхоссарна Ваване.
Цул тIаьхьа, кхуза ван везачу Сур-Шенах лаьцна а, кхаьрца веанчу некъахочух лаьцна лело дезарг а хьахийра цу чохь. Халдана тIедиллира, цу некъахочуьнан тидам бар а, таллам бан безар а, Сур-Шен схьакхаччалца мукъне а. Кху боьлакера хазанча схьа а кхайкхина, ткъайха стагана лерина рицкъ а, къепална оьшшучулла гIирс а кечбар, цунна тIедиллира цара тховссехь.
           ШолгIачу сарахь араялла кхеран жима къепал, къилбседехьа боьду некъ юьхьара лецира. ХIорш Ушху кхачале, цхьа-шиъ йоккха къепал а, кхарелла хьалхаелира. Воккхастаг, ницкъ хиларх ларочо кегийрахоша, дийнахь бо некъ, ткъайха чакхарми бен ца хуьлура. Ткъа Харране кхача бан беза некъ, мел кIезга а, йиъ бIе чакхарма дохалла долуш бара. ХурIадан туп лаьттачу метте кхача а, пхи-ялх дийнахь некъ бан бийзира кхеран.
Геланчана, шина дийнахь балла, некъ бара иза.

*«адамехказид» – историно хьахош хилла зударий «амазонка» («мехка-йо-Iа-эри» - «мехкайоIари»; «а-да-мехка-зид» - «адамехказид»; /адам-ехка-зид/, гIазкх., «человек-рождающая женщина») – грекин мифо хьахош ю, Жимачу Азин малхбален агIонгахь Фермодонт хица а, Кавказехь а яхна йолу зударийн олалла долу юкъаралла. Уьш бу, экзотика санна историно хьахош болу «амазонкаш». «Ширакавказхойн» орамах къаьстина, генетикца гергара долу га хиллачух тера ду и зударийн бIо. Ассирин паччахь хиллачу Тикульти-Нинурт-I-чо (Намруд) дечу тешалло а гойту, ширачу оьмаран 13-гIа бIешаран чеккхенехь, «Арарат-лаьмнашкара» 43 паччахьан барт бохош цо биначу тIамехь, цаьрца (нах-урартой) цхьаьна цунах леташ и «амазонкаш» («мехка йоIарий» - «мехка-йо-Iа-эри») хилар. «Троян тIамехь» «таруишин» (троянахой, я  таруишахой) агIо лаьцна, тIом беш хилла ю, «Пенфесили» цIе йолу «амазонкин» паччахь. Страбонас дечу тешаллица, и «амазонкаш» а, «гаргараш» (гергара нах) а, даима лулахь даьхна ваьрраш ду. Бакъду, цо дийцарехь, церан дуьххьара хилла юкъаметтигаш хьагI йолуш хиллехь а, тIаьхьо, машарца чIагIам беш дирзиначух тера ду церан гIуллакх. «Индоевропейцин» а, «симитин» а халкъашца даима къийсам болу, амма, «ширакавказхойн» агIо лоций тIемаш бен и «мехка йоIарий» («амазонкаш»), цу «кавказхойн» орамах ца хилча ца бовлу. Ши агIо ирьйина тIеман диг, йоций гIемагIаш, Iад-пхенаш хилла церан коьрта герз. Тажаш, тIеман духарш, шаьш деш хилла цара. Дукха хьолахь, дой тIехь беш а хилла цара и тIом. Шарачуьра цхьа-шина баттахь божаршца цхьана хуьлуш хилла уьш, шайн юкъараллин орам ца хадийтархьама. Цу пхьоралло кхоьллина бераш доькъуш хилла цара. Дайшна боьрша бераш юхадерзадой, ткъа зудбераш, шайн вастехь, ламастехь кхиош хилла цара.

          ХурIад, Алуани, хьешан Эйана хьошалла деш а волуш, маьркIажехь схьакхаьчначу Сур-Шенаца цхьаьна, Ваванин четар чохь сакъоьруш бара, «жимачу къепалан» боллу «декъашхой» а, цига схьагулабелла «буьнан декъашхой» хилла Шильва, Аталь, Хилл-Кхира а.
Варзапас нахала ваьккхина АлгIа вара, цара тховса забаре ваьккхинарг. Некъа-накъостий а битина, шен жимачу нускална тIевахна АрцIиб а хьахавора цара юкъ-юкъа, АлгIан «накъост» иза хилар, кест-кестта карла а доккхуш. Даар-маларх кхеттачул тIаьхьа, бIанакъосташа дийцаре диллира юкъарчу хьолах лаьцнарг. И къамел долош, Ваванес хаттар дира шаьш бухавитанчу «накъостах» лаьцна.
          - Лараме Сур-Шен! Оцу тхан «накъостах» лаьцна, хIумма а олуш ма вац хьо? Дийцахьа, тхан шеко нийса хиллий, я оха хьегнарг, эрана къа хилла? – аьлла.
Къежначу сур-элас доккха са а даьккхина, АлгIана лерина кхоссар йира:
          - Кху АлгIан метта хилла, и шун забарин ижу сайх хуьлийтура йара аса, и тайпа хийцам бан йиш йолуш со хилча. Схьагучу суьртехь, и сан «Сур-Шен» боху цIе яккхар, дита дезаш ду-кха вай кхул тIаьхьа. Сох, хьалха хилла, и «Ахикар» хила везаш ду хьал. Аша валийна и «накъост» водийтуш, Iаламате сурт хIотто дийзира сан. «Еза Боьлакан» кевне охьакхайкхиначу Халде ладоьгIначул тIаьхьа, «Сур-Шенан» цига кхачавезар, юхататта дийзира сан. «Ахикаран» цIарца, цу юкъагIорта вийзира сан, цу «боьлаке» а ца воьдуш. Вахнехьара, сан ловзар дохора дара со вевзачара. Доцца аьлча, Кумма-ГIалахь волчу Сур-Шенна тIевуьгу и «Золин» цIе ерг, гIаролан карара воккхуш, вадо вийзира сан. Тховса, «Аринца-хих» а ваьлла, кхана Тилули-ГIалахь хира ву иза, сан «шира доттагIа» Мардукъ-Ахи волчохь. Суна схьахIоьттиначу суьртехь, кестта, Ашшуран корта хийцабала мега. «Кашни-Арен лаьмнашка» а, «Хабур» хин а тIекхаччалца, вай мукъадаьхна и латтанаш юхадерзорца йоьзна, жигаралла айъа там бу, керла хIуттура волчу цу Ашшуран паччахьо. Миччара хиънехь а, аша бен болу некъ Iорабаьлла цу Золинна схьакхаьчна а валале. Суна хетарехь, вайн цигахь болчу йижарийн цхьана гIарбашера, хиъначух тера ю цунна и шун къайле. Иза, Iаламата йоккха, вайн ледарло а ю. Кхул тIаьхьа вай лелориг, къайле йолуш ца хилахь, тешнабехк хила, йоккха юкъ яц вайна. Уггаре хьалха, суна хира бу и эшам. Ваване! Суна хаа луура дара, кхузара дIа Харране, муьлхачу некъаца даха гIерта шу? – аьлла хаттар дира цо, сакхе хиллачу накъосте.
          - «Хибаку-ГIалана» дуьхьала нислочохь, «Аренца-хих» а девлла, цул тIаьхьа, «Кашни-Ари лаьмнин» тIехуле хадош дехьа а девлла, «Набулу», «Вассуканна», «Харран» гIаланашка кхача лерина дара тхо, - аьлла сацавелира Ваване.
          - ХIа-хIа, некъ хийца беза, Хибаку-ГIали тIера дIа. Масала, цу «Кашни-Арен лаьмнин» къилбседехьа йолчу агIонца, «Ур-Каш – ГIала» а дахна, цигарчу лаьмнашкахула Вассуканна-ГIала, таккха Харране даха деза шу. Суна вевзачу Мардукъ-Ахис, цу йоллачу къилб агIонга, шен лартоллу жIалеш дIахоьцура ду кханнехь. Уьш, шу даха дезачу лаьмнел дехьарчу новкъа довла а мега. ХIунда аьлча, «Зайа» цIе йолчу арданган баьччаца, цхьанакхетар тIедиллина суна Мардукъ-Ахис. Цунах хаьа суна, цу агIонгара церан жигаралла кестта совъериг хилар. Делахь а, Зайъяца вовшахакхетар, суна тешам болуш хIума дац. Куллимари-ГIала вай йоккхуш, дукха ларраш йитина ас цигахь.
          - Иштта хьал хилча, хьайн метта цу Зайах кхета кхин стаг а вахийтина, цунах цхьаъ къастталца, хьо тхойца веъча хIун дара техьа? – элира Гунес.
          - И Гуне нийса лоьш санна хета суна, лараме Сур-Шен!
          - Ахикар! – аьлла Хилл-Кхира нисвира Сур-Шенас, - Кхул тIаьхьа, со Ахикар ву.
          - Бехк ма-биллалахь, Ахикар. Цкъачунна, хьан метта ваха везачо бух нисбаллалца, хьо къайлахь хила везаш ву. Шаттуаре паччахь чIагIвелла бохург ду, эладита санна кху агIонгахь дуьйцуш. Цуьнан валар хилахь, и гIант дIалаца дезачу кIантана Васашаттана, хьехамчаш оьшура бу. Ткъа хьол, цу дехьа четарахь Iачу Эйал дика, хьехамчаш муьханиш хира бу, кху «Нах-Арин» махкахь? Хьан са паргIата хилийта, цу Зайан тIе со гIура ву, аша массара иза къобалдахь. – аьлла, берашха велавалар хазийра, ша аьллачух самукъадаьллачу, цу шовзткъе ялхитта шо долчу талламхочуьнан.
          - Суна хетарехь, цунах гIуллакх хира дац. Сан дас ХурIадас, уггаре а доккха дозаллица: «Сан талламан корта бу Хилл-Кхира», «Хьекъаллалин да ву, сан Хилл-Кхира» олий хьастош волу хьо, цо мичара генаволийтара вара шена? – олуш, дацаре корта ластийра Ваванес, - Цу тIе хьо, гIараваьлла а ма ву, кху тIаьхьарчу масех баттахь. Хьо муха вохийту, лоьман бага?
          - «Ан-ду-Ари-тIе» тIехуленахь суна дуьхьала леттарш, белла. Кху агIонгахь со вевзаш, адам стенна дуьйцура, жIаьла а дац. Сан «ЦIулу», аша суна тIаьхьара ваьккхичахьана, цхьаа кхерам бац суна. Цул совнаха, асачулла дика и болх бан шай стаг велахь, со юха а къера ву. ХурIадас со дIахоьцура волу, некъ а буьйцура бу ас шуна. Иза, Хибаку-ГIалахь, суна яло зуда карийна шайна алий, сан садоIа ваха веза рагI хьалха таттийта. Бакъду, шун цунах аьшпаш18 ца хилийта, со юхавоьрзачу юкъана, аша суна зуда-м лаха езара ю, ХурIаде айкх волийла со шайна ца лаахь – олуш велавелира талламхо.
          - Цу тIехь хьо нийса ву. Хьол гIолехьа, цига хьажо стаг волуш дац тхо. Амма, цу гIуллакхан ладаме хиларе хьаьжча, мил-милла цига хьажор а, леррина, и гIуллакх дохор санна дерг ду. Зуда лахар, Таршана тIе а диллина, ХурIадана аьшпаш ботта безара бу-кх. Кхин некъ шайна гахь, хетарг алал аша а. Вассашатица доьзнарг тахана ладаме хилар, иза нийса ойла ю шун. Цундела со, шуьца Харране а, цу Вассуканна а ван реза ву. – Сур-Шенас аьлча, Хилл-Кхирас кхоссар йира.
          - Шуна, ас бегаш бо моьтту хира ду, амма дIахоийла шуна, со резавоцу зуда аш суна ялаяхь, со айкх волуш ву шуна, - безамехьа велакъежира талламхо волу Хилл-Кхира.
Чохь берш, шаьш хьалхо юьхьара лаьцна хилла АлгIа а вицвина, хIинца Хилл-Кхира хьийзо гIерташ, даггаха боьлура шаьш ечу забарех.
          - Дахделла забаре къамелаш дIадерзадале, кху Хилл-Кхире, цхьа хаттар дара сан: «Суна вовзаза волу, амма кхарна массарна вевзу и «ЦIулу», мила ву хьан? Цунах кхерар, хIун бух болуш ду хьан»? - аьлла, Сур-Шенас дина хаттар, гонахьа Iаш берш белаболийтуш дара.
          - О-хIо-хIо-о! ДIавалалахь, ЦIулу дIакхаьчначохь, ораматах аре якъайо и цIоз а дицло. Мила ву, бохий ахь иза? Дера ву, гурахь ерста оьпа санна волу, сан лай «ЦIулу»! ЦIулу аьлча а хара, шуьйра бух болу и гиба! Хьозан санна и корта белахь а, бакъболу саьрмак бу-кх. Даима, вежаш ву де-буьйса лаьцна, ша Iаьнна кечло и даIам санна. Зу хилла со лелча а, иза суна герга нислахь, «ашшуройн» къайлаха лела и лар толлу жIаьлеш, вай даьллачу никхарна гонахьа хьийза мозий санна, цу сан ЦIулуна гонахьа хьаьвзина, со волу меттиг дукха сиха Iорайоккхура ю цара.
          - Иштта балениг хилча, юххера, дIа хIунда ца воккху ахь иза?
          - Э-э, иза юххехь хилча-м хьа долу суна тIера, дуучу рицкъана сагаттадан дезар – аьлла, гIаддаха велавелира латкъамхо.
          - ТIаккха-м ца хаьа суна – олуш велавелира, цуьнан забарах кхетта Сур-Шен а.

          Сур-Шен новкъавалуш хилла йовхонан Iаткъам, кху къилбседан агIонгахь, иштта ницкъ беш бацара. Кхузарчу Iаннин кIоргенашкахь лелачу хиша а, лаьмнин лакхенаша а тодина хIаваъ, ша тайпа исбаьхьалла хетара хIинца. Iаламан хийцадалар хаадолийтура, садеIарца кхоллаеллачу паргIатоно а, самукъадаьллачу къепалан дийнато а. Къилбехьа, хи лела Iаннашца, я куьйга диначу Iаьмнашна гонахьа бен хуьлуш йоцу соьналла, хIинца алсама а, хьийкъана а яра кхеран новкъахь. Цундела, шеца хилла ши эмкал, ХурIадан туьпахь йитира цо, варрашца говрашца и дийнат хуьйцуш. Буса некъ бан, малх чубуьзначул тIаьхьа бен йолалуш хилла йоцу къепал, тахана, Iуьрре новкъаяллера.
          Сарахь, «Аренца-хин» тIекхача лерина бара къепалхой, цу йистехь буьйса а йоккхура йолуш. ГIарол ца лерича, цу къеплца вара къано Эйа а, къонахой – Сур-Шен, АлгIа, Гуне, Ваване, Варзап, иштта Хилл-Кхира а.
          «Ушху», «Тилули», «Набулу», «Матиату» олу гIаланаш лаьттачу, ша тайпа еакIовниг йолчу кIоштахь, зуламе болх лелош яра Зайан арданга. Цу ардангах лаьцна туьйранах тера дуьйцуш, дукха хабарш дара нахана юкъахь лелаш. Мелла а, и ардангахой хIайбатениг хоьтийту дика хIуманаш делахь а, Таршах дагаваллалца, иштта атта, Iехавала дагахь вацара цу хабарех Сур-Шен. Цундела, Хилл-Кхира кху хица хьежа витира цо. Кхана, Хибаку-ГIалара стаг ваийтура волуш, цунна лерина буьйраш дохьуш.

          Кхузара меттигаш дика евзуш волу Сур-Шен хьалха волуш, йоьду и тоба, делккъехь Хибаку-ГIалан йисте кхечира. Кхо бутт хьалха санна, дог корзеха долуш вогIуш вацара иза хIинца. Цу хенахь, мостагIчуьнан гIала яра хIара, ах сов кхуьнан гIалахой «нах-арихой» белахь а. Тахана, «Аренца-хица» йолчу гIалех хьалхара, лоьрачу мостагIчунна дуьхьало хилла лаьттачарех, цхьаъ гIап яра иза хIинца. Сур-Шенна гуш вара, когаш кIелхьара агIонца дIауьдуш чан а йолуш, шайна дуьхьала вогIу цхьа дошло. Генара, халли бен къаьсташ доцчу гIопан кевнехь а, адамаш ду ала томехь долчу тIедарчин лелар а хаалора бIаьргашна. Кхарна тIекхача йисна ахбIе гIулч а йолуш, шен дин тIехьарачу когаш тIехIоттош цкъа саца а бина, масех го боккхийтуш и хьовзийра цо, маршалла хатта сиха а воцуш.
          - Машарца догIуш шу делахь, кху гIалахойн, хьомсара хьеший хира ду шу. ХьагIо арадаьхнарш шу делахь, дIахоийла, тхан жоп, хаддам болуш хирг хилар – элира цо тIаьххьаре а.
          - СхьатIевола алал, цу жимчу стаге – элира, цуьнан аьрта «гIиллакхо», дог-ойла йохийначу Эйас.
          - Тхо «нах» ду. Тхан некъ а бу, вайн ворхIе а дайша, шайн ваьрхошна тIехьош хиллачух тераниг. ДIахаийта цу хьайн хьалханче, шуна тIевогIург, кху исс махкахь цIе евзу къоно хилар. Ткъа хIинца, кху къанос шена тIевола боху хьоьга – элира, шен говр цунна герга яхийтиначу, оьгIазвахар совдаьллачу Сур-Шенас.
Шегара даьллачу гIалатан мах, ма-барра бевзуш воцу и жима бере, курра ирахъерзийна чIенга а йолуш, вордана тIебаийтира цо шен дин.
          - И Веза-Сийлахьа волу «ТIо-йа-Ша-ба» ву, шун дегнин кхелахо. Сан хьалханча волчу Таршас суна тIедиллинарг, шу хIун дохьуш догIу хаар ду. – цо аьлча,
          - Тхуна вевзачу Таршас, хьоьга, хьешашца лело деза гIиллакх аьрта хилийта, аьлла-м хира ма дац? Дукха хан юьй хьо, цу Тарша куьйга кIелахь волу?
          - Кхо де ду – хадош жоп делира геланчас.
          - Цундела ву-кх, хьо иштта…, - олуш, ша и тIекхойкхитачу хенахь, дан лерина хилла хьехар а ца деш, буьйран хьесапех тIедиллар дира къанос, - ДIавало сихха, цу хьайн Тарше дIаала, юьхькIам боцург ву ахьа ваийтинарг а, цунна тIебогIурш «Меха-Арин», «Ха-ба-хан», «Маса-Суран» (ист.Мусасир)19 , «Акко20-кха-Манна» мехкашкара «суккалматаш» хилар а. – Эйас аьлча, шен дин чулаьллиначу Варзапас, цуьнан динан некхах накха тохийтира шечуьнга. Цу кепана реза ца хиллачо, туьран макъар тIе цкъа ка а яхьна, оьгIазе бIаьргаш къарзош, шен дин юханехьа лаьллира.
          - И хьалла схьагучу «Кашни-Арин лаьмнех» корта беттал, Iовдал волу и юкъарча, Таршас хьажорах, со тамаша беш ву-кх – олуш, велакъежира Ваване.
          - И санна верг, лата чуччадоьдачу шина суран, юхьигехь латтон томехь верг ву – Гунес аьлча,
          - Жима ву, цундела сонта ву. Шега кхаьчначух дозалла далли бен, цкъачунна кхетам болуш а вац. Амма, тIех а Iенаш майра ву. – элира Эйас, кхеран оьгIазло совъяккха гIерта чарп йожо лерина, - Шеко а йоцуш, хено меттавалора ву. Дика хьа ду, и санна берш вайх болуш.

          Хьалхаваьлла вогIу Сур-Шен а вевзина, геннара дуьйна ши куьг хьалхадахийтина а долуш, дуьхьала ведира Тарш. Хецна битанчу дин тIера охьакхоссалуш, «хьаша» а дуьхьала ведира цунна. Изза кеп хIоттош, биснарш а шайн дойшкара биссина, маралелхара хIинца Таршана. Цу тайпа хIоьттиначу суьрто акъбаьхначу Таршан бIахошна диснарг, церан мукъаевлла и говраш схьалецар дара.
«Буьнан декъашхой» шаьш долуш техкиначу цIерашца забарш а, хеттарш а дечеран тидамера ваьлла къано, кхаьрга а хьоьжуш къежаш Iара. ТIаьххьаре а, вордан тIехь Iаш волу Эйа а гина, бехкалла вахна Тарш, цунна тIевахна маракхийтира, вордан цIа чуьра иза охьа а ца вуссийтуш.
          - Ахь тхуна бехк ма-биллалахь, сийдолу тхан хьекъалча! Некъ маьрша а, шера а хуьлда хьан. Тхо кегийрахоша дIадахка кIадо гайтича, тхуна масала гайта, хьуо ву-кх хьо, тхо долчу вогIуш. КъинтIера валалахь, хIара къа, оха хьоьга хьегийтарна. – бохура цо, юьхьдегалла йоцуш.
          - Тхан некъ маьрша муха ца хуьлу, ахь тхуна дуьхьала ваийтина юкъарчах тера болчу цу ламанан лоьмаша, некъан кхерамазалла ларош хилча. Бакъду, «шера хуьйла» бохург, и аьттехьа а дац. Ахь шолгIа аьллачунна со реза вац. ХIунда? Къанбеллачу нахах дIа а тоьхна, шайна юкъара со ваккха хьо гIертарна – къаночо аьлча, гонахьа берш белабелира.
Сур-Шенан динан дирста а лаьцна, гIаролхойх хьалха тIевеънарг, кхара юхьза юхалааьллинарг вара. Сур-Шен шега хьаьжча, шен бIаьргаш охьадахийтира цо. Цуьнан сонтачу кийрахь, эхьана а меттиг юьйла кхеттачу элас, дехарца доьзна дош хазийра доттагIчунна а, цу къонахчунна а лерина.
          - Тарш! Сан дехарна жоп дала деза ахьа – аьлла.
          - Жоп долуш ву-кх хьо. Алал, хьайна луъург – элира Таршас а.
          - Кху хьайн лоьман цIе а йийца суна, кхуьнан хIусамнана, хIара дIахеца реза елахь, сан лоьрачу некъахь, накъост а ве суна кхунах - Сур-Шенас аьлча, буьрса а, мокха а хилла цу къонахчуьнан юьхь, ган а гуш хийцаелира берашханиг ву ала йиш а йолуш.
          - Ломан оькъамаш херцош ваха везаш хьо велахь, кхулла, гIолехьа накъост карора вац хьуна. ХIусамненах хIара хIоттавелча, кхуо ден дерг хууш верг, и «кхолламан эни» бен вац. Кхуьнан цIе, цу шен дегIаца йогIуш ю. ВуьрхIитта шо хьалха, да кхелхиначул тIаьхьа, кхо бутт баьлча виначу кхунна, шен нанас тиллина цIе, «БугIа» ю. БугIа! Хьо реза вуй, сан уггаре хьомечех волчу кху доттагIан, некъанакъост хила? – аьлла диначу хаттарна дуьхьала, лаьтта хьажийначуьра бIаьргаш ца ойъуш, резахиллачо корта ластийра.
Цуьнан хийцаделлачу васто шек ваьккхина Тарш, цкъа Сур-Шене а, тIаккха Эйага а хьаьжира. «Жимма, тхан бехкана кIелахь виснера иза» олучу кепехь, резахилла корта ластийра, иштта, дерриг а дIанисделлий хаийта лериначу къанос.
Цу жимхана тIера шен тидам дIабоккхуш, нийсархой санна хетачарна тIеберзийра Таршас. Шайна тIедалийначу дой тIе а хевшина, гIалехьа дIаболабелира уьш вовшашка цхьацца къамелаш а деш.
          - Тахана Iуьйрана кхачначу геланчо: «Нах-арин» мехкаша сийдина «марой» бу, хьошалгIа богIуш» аьлла беъначу хаамо, тIех хаттаре йинера сан ойла. Хьешин цIераш ца хуучу геланчана, дов динера аса, оьгIазло сов а ялла. ТIаккха, аса сайна собар а дехна ойла йича, со сихвелла хилар билгала делира суна. «ЦIераш Iораяха йиш йоцуш богIу и «хьеший», хила а беза, тIех ладаме» аьлла, сапаргIате хилира со. ГIалин майданахь дIабоьдуш, гулам бу тхан хIинца. И гулам дIахьош ву, кху гIалано, керла хаьржина «лимму». И бахьана долуш, цо соьга дехар деш тIедиллинера, «…и богIу хьеший тIеоьцуш, хьо хьажахьара» аьлла. Ма-дарра, кху БугIе дийца ца куьуш, хIара хьажийнера ас шуна дуьхьала, «…малхбале семаллехь хилийта» аьлла.
          - Хьо, цу «лиммун» гIоьнча-м вац? Цу хьайн бозбуунчаллица боьзна, болх-ам ца бина ахь кхузахь а? – олуш забар йира, хIинца «Ахикаран» цIарца волчу Сур-Шенас.
          - ХIа-хIа. Со, сан паччахьо тIе декхар а диллина, кху гIалан «лиммуна» накъосталла деш ву, ханна хьехамчан метта. Цул совнаха, талламан болх а бу сан вортана тIера балаза. Вайн «гергара» стеган, цу Мардукъ-Ахин Iаткъам а бу, де-дийне мел долу а, бале болуш. Адад-На-арарс и дIаваьккхинехь а, амма, кху агIонгахь хIинца а, цуьнан «лерг семалатточу урхаллин» корта болуш санна, къахьоьгуш ву иза.
          - Иза хьа ву, уггаре а кхерамениг – кхоссар йира Сур-Шенас.
          - И-м, хIумма а доцург ду хьуна, кху махкахь гIараволачу зулам деца Зайаца, цуьнан тасаделла гергарлонга диллича.
          - Зайа? И ву-кха, кху сан некъан Iалашо. Мила ву иза? ХIун стаг ву, мичара? «Нах-арихой» цу стагах Iехабаллала, хIун совгIаташ ду, царна цо деш дерш? Муьлхачу хIух бу, цунна тIаьхьахуьттурш?
          - Иза, паргIатехь дуьйцур вай. ХIинца вай, сан кхерча гIура ду. Суна хетарехь, кху гIалин майданахь, и шайн батош гайта даьхкиначух тера ма дац шу? – олуш велакъежначу Таршас, - Лараме Эйа, ахьа хIун олу, цу сан лаамна дуьхьала? – элира.
          - Хьан лаам, оха, лара беза аьлла хета суна. – олуш къежира, некъо гIелвина къано. Ченах юьхь ларош йоьхкуш хилла кочахъхьарчоргаш, бIаьргаш бен ца гуш дIахьарчийра массара а, кхеран гIаролан биста кхаччалца. Эйа тIехь Iачу вордан тIера, четаран шаршо а охьахийцира цара, ца оьшачу бIаьргех и къано ларош. Майдана юккъехула ца йолуш, гIаларчу нацкъара некъахула, Таршан гIалан кевне яхара и жима тоба.

          Таршан кхерча кхаьчна цхьатерра къонахой, паргIатбевлла Iаш бара, хIума кхаьллиначул тIаьхьа цхьацца юкъара къамелаш а деш. Цу хенахь чоьхьаваьллачу Таршан гIоьнчас схьакхайкхира, кху Хибаку-ГIалан «лимму» хьошалгIа вогIуш хилар хоийтуш.
Цунах самукъадаьлла Тарш, Сур-Шенан лере а таьIна: «Хьуна лерина, сан совгIат а схьакхечи» элира. Кхо аьллачух дикка ца кхеттачу хьешан ойлангахь: «ХIун ду техьа, ахь хIинца кечдинарг? СовгIаташ туьйлу хан ма яцара хIара» аьлларг дисира.
          Чоьхьаваьлла шиъ, га ма-гиннехь вевзира Сур-Шенна. Цхьаъ, кхо бутт сов хьалха кхунна вевзина хулчеш ечу кхерчан да, Хулчи вара. Ткъа важа, хIайбатениг волу и жима стаг, кху Хулчин кIант вара дихкина аьтту куьг а долуш.
          - Сийдолу «Нах-Арин» «марой»! Тхан хьомсара хьеший! Маршалла ду шуьга, кху Хибакин гIалахойн цIарах а, къаьсттина соьгара а. И Сийлахь-Беза болу «эни» «ТIо-йа-Ша-ба», тIеман да волу «ХIал-Да», вайн накъостий а, верасаш а хуьлда даима! «Кху исс махкахь цIе евзу, сийдолу Эйа ву вайн гIала веънарг» аьлла соь баьккхина кхаъ, кху Хибакира и «ашшуро» араваьккхича а, иштта самукъадоккхуш хилла бац. Вайъ! Ахикар вац и суна гург? – элира цо, цIеххьана Сур-Шен а вевзина, цунна мараэккхаш, - Бехк ма-биллалаш, «марой» суна. ХIара Ахикар вайча хилла хазахетар, собар дашийначу асаро айъана ду шуна сан. «Кху дахарах кIуркъмани хили-кх» аьлла суна тараделлачу хенахь, хIара къонах вара, и сан дахар нийсачу маьIне дерзийнарг. Шуьга а ло аса, и мерза маршалла, тхан хьомсара хьеший – бохуш, цул тIаьхьа массарна маралелхара иза.
Цо и болх бечу юкъана, «кхуьнан гIоьнча хила мега-кх хIара» аьлла хеттарг а, вевзира Сур-Шенна.
          - Марша вогIийла хьо, сан жима гIаттамхо! Муха ду хьан куьг, гайтал суна? – элира цо, и жимха мара а вуллуш, - ХIара, кху Хулчин кIант, Багу ву. Кху куьйган кхо пIелг а боккхуш чов хилча а, тIама юккъера дIа ца велира хIара: «Аьттуниг юкъара даьллехь а, кхин цулла тIаьхьадисна дац сан аьрру куьг а» аьлла.
          - Маршалла, хьуна а хуьлда – элира, кху «марошна» хьалха ша хастийначуьнга хоттуш, - Хьан чов муха ю? – аьлла.
Ткъа Хулчис, шен къамел дора:
          «Кеста ца ган, там бу вай» аьлла, кхо бутт сов хьалха (28 март – нисан беттан, ткъе иссалгIа дийнера схьа) кхуо букъ берзийча, сан дагна хилларг, шина дашца дийцалура долуш хIума дац. Цул тIаьхьа, «Динбухкан лахе лоцуш, пха кхетта вара Ахикар» кху кIантас аьлча, кест-кестта хIара дагавогIий Iара со, «Муха ву техьа иза хIинца?» бохуш. Охьаховшал хьеший, охьаховшал. Кху Тарше, шу а далош майдане вола ма-аьллера ас. Сел лараме волчу кху хьекъалче ладогIар, Iаламата доккханиг хира дара, цу адамин дахарехь. – бохура, цхьа гIос а юьхьдегалла йоцуш, къамел дечо.
ГIалин дайн хуьлуш йолу чIиркъалла а, я цхьаа куралла а яцара, ша тайпа асар кхеран даге кховдийначу Хулчехь.
          - Дийцал Хулчи, хIун боху хьан гIалахоша? ЯIни тIедоьжна юкъарчу гIуллакхин дукъ, дIакхехалой хьоьга? – элира, цуьнан къамел хийца лериначу Сур-Шенас, - Хьайн хикхоьхьург хилла волу, и Борш-ам ца тосавелла хьуна? – олуш.
          - Сан гIалахой, маршонах Iабаза бу хIинца а. Бахаман цхьацца тIегIенашкахь къахьоьгуш, цу шайн къинхьегамах хуьлчу пайдано Iехийна уьш цкъачунна. Амма, резабоцурш а бу. Уьш дукха хьолахь, «там-караш»21 бу. Цара боху: «Шайн махлелоран гIуллакхаш, гура чудолла ма гIерта. Шайга, цу «ашшурошца» мах лелабайта, я шайн къепалшна, керла некъаш хилийта» боху цара. Дукха къепалш ю кху дозанца гулаелла. Царна, варрин бергашка хьешийта аренаш а, дохалла долу некъаш а деза. Ткъа кху Таршас, «Мехка Къелан» сацам бу бохуш, «ашшурошца» махбар дихкина. «Касса Дуне-йа-са» махка кхача, Iаламата боккха го боккхуш, цу некъин хало хьега еза. Цу хьоло, гIалахойн аьтто бина цкъачунна, оьшург йораха эца а, каро а. Масала: хулчеш ечу сан кхерчана хуьлу пайда а, зе а тидаме вай эцча, и шиъ, ах-ах ала мегара долуш дика а ду, иштта вон агIо йолуш а ду. Диканиг – неIарш, тIаьрсигаш иштанехьа аьлча санна дороха а, ма-дезза а ду. Амма вукха агIонга диллича, цу неIарех йиначу цу хулчин дIаэцар кIезга а, мах лахара хIотто безаш а ду. И бахьана долуш, хулчеш яр лахдан дезна сан. Иштта, байта болх ца хиларна, белхалой латтон аьтто а бац сан. Пайда бохьуш доцчу гIуллакхо, Iедалан хазне а, аьрда-цIийне а ял ялар лахдо. Къепалш лелаш ца хилча, сан хулчеш оьшуш берш а хуьлу кIезга. И Беза «эни» а хира бац, иштта гIуллакхаш дIадодахь реза. Иза ду-кх, вониг. Изза хьал ду куьпчийн, тIаргIах кIадийдечеран, ворданаш, хин кеманаш кечдечеран, кхин тайпа йолчу массо а корматаллин тIегIенашкахь.
ХIара хIун зама ю хьуна аьлча, тIаьхьалонан туьпашкахь, юхку-оьцу хIуманаш IаIон мур бу хIара. Амма, и дан аьтто болуш, кIезга нах бу. Таронаш хила еза. Тахана, ахь хьахийначу Боршера хаам кхаьчна соьга. Цо дийцарехь, кхуззахь долчу хьолах тераниг, цу «ашшуройн» агIонгахь а кхолладелла. Схьадийцарехь, царна оьшург ез, гIели, даш, говраш ю.
Харран-ГIалан агIонгахь Iачеран аьтто хиллачух тера бу, «Нах-Арена-хица» къилбехьа боьду некъ, мелла а кхерамазаллица маьрша хиларна. Церан махлелор, зазадаьккхинарг бу кху муьрехь. Цундела цара, шайн латта тIехула, и хийра къепалш, йоккха ял а йоккхуш чекхйоьлийту. Катоьххана, цхьана къепе и гIуллакх ца дерзадахь, кху маршоно айъана асар, малх хьаьжча деша Iуьйренан дохк санна, дукха сиха дешара ду. ХIара гIуллакх хийца аьтто болучара, вуьшта аьлча таронаш йолучара, резабоцурш, хьогIенаш, питанчаш а айъана вайна дуьхьала гIаттамаш бойтура бу. Кху Таршана, я суна тIекхача аьлла цу Боршас ваийтаначо а боху, изза хьал, Тилули-ГIалахь а хIоьттина. Сайна хуург, хетарг, мегарг со аьлла ваьлла. ХIинца, рагI шуьгахь ю-кх, кху къамелан чеккхе ерзон – олуш, цIеххьана сецира Хулчи.
Къамел дарца йоьзна рагI схьаэца кечбелла боцурш, ала дош доцуш бисира, жимачу юкъана. Шен стун-вешера кхаьчна, кост хаа сакIамделлачу Сур-Шенас, хаттар дира гIалин дега:
          - Лараме Хулчи! Боршас ваийтина и геланча, мичхьа ву хIинца? – аьлла.
          - Эцца, арахь ву-кх. Сайн кочара ваккха, кху Таршана схьа ма валийна ас иза, – аьлла, забар еш велакъежира Хулчи.
          - Хулчи! Ахь хIинца дийцинарг, ладаме хьесап ду, цхьана декъана лерича. Амма, цуьнан шолгIа агIо а ю. Вай мукъадаьхна хIара мехкаш, цу «Ашшурана», валаран ун ду. ХIунда аьлча, маршонан хIара мур, «ашшуройн» гIора дIадоккхун долу гIуллакх хиларна. Гобаьккхина Iоьхкачу мехкашкара, цу Ассур-ГIала22 доьлху къепалан некъаш вай дIахедийча, цу пачхьалкхана дуьсуш дерг, тIом бар бен дац. Цкъа делахь, хIара мехкаш юхадерзо гIуртара ву Адад-На-арара, я цуьнан кIант. И тIом юха а теттина, кханенна, вайна тIехьа лаьттачу «хеттишкара», хадам боллуш толам баккха, ницкъ IаIора бу цара. Ткъа и мур гергабалон, йоллачу къилб агIонгахьа доьлху некъаш, шен Iуналлин кIелалаца хьовсура бу уьш. Шайгахули бен, кхечара дуьххьал дIа махлелор боцуш, къилбера «Шина хин юкъара» хьал, шайн лаамца дузуш, доьхкура ду цара. Церан Iуналлина кIелахь а, я кхоччуш Iаткъам бан аьтто болуш а дац, «Нах-Арин-хил» дехьара, есачу аренан къепалан некъаш. Цигахь долчу цу некъин ах, «хеттиша» а, важа къилбера ах, «кассахоша» доладеш ду. Цул совнаха, кху мукъадевллачу некъашца, дехьара малхбалехьара махбаран и яккъаш, шайн Iаткъамна бухаерзон, аьтто баьлла «хеттин». Цундела хаттар кхоллало: «ХIара нисделларг, хьенан аьтто алсама боккхуш ду?» аьлла.
          Вай синна, кху къовсамо паргIато еллехь а, адам доьш, гIаланаш, Iалам дохош вайна хиллачу зене диллича, кхузахь тоьлларг «хеттиш» бу, вай дац. «Хеттишна», адамаш дойъуш хилла зе, караеъначу хIонцо юхадерзийна царна. Вайна билгаладели иштта, и лулара ашшуройн хьогIе пачхьалкх йохон, вай гIоре ца хилар а. Доллу «нах-арихойн» ваьрраш гIовтош, юкъара ойла цу адаме кховдон хьекъал а, я кхетам а ца тоьа вайна. Ткъа и Ашшур, шеко а йоцуш цхьаъ кечдеш ю. «Хеттин» Iалашо шолгIачу тIегIенехь хира йолуш, уггара а хьалха ларон езарг вайн тIегIа ю. Бакъдерг аьлча, иза кхане ю. Ткъа тахана, сан лараме Хулчи! Хьуна диснарг хIун ду аьлча, кху хьайн гIаланах, яккхалура йоцу гIап ян еза ахьа. Доцца аьлча, тIамна кечвала веза хьо. Делахь а, нийсаниг кхин хира дара, иза, цу «ашшурошца» цхьа ша тайпа, юкъаметтиг тойича. Амма, вайн «нах» кхетара бац – олуш, хьехамца доьзна шен къамел сацийра Эйас, шайн дагахь дерг алийта, кхечаьрга рагI а кховдош.
          - ХIинца вай, цу веъначу геланче ла а доьгIна, тIаккха, дан дезарг билгаладича хIун дара техьа? Цул совнаха, Iурре новкъадовла дезаш а ма ду вай. – Таршас аьлча, чохь берш резахилира, - ТIаккха, Багу! Чукхайкхал цу геланче. Цуьнга ладогIий вай? – элира талламхочо.
          Геланчан хаамашка ладоьгIча Iорадаьлларг дара, Хулчис дийциначух тера хьал, «Кашни-Арин лаьмнел» дехьа кхолладалар. Амма къаьсттина билгаладаьлларг дара, «ашшуройн» адам, дог эшар долуш хилар массанхьа а. Адад-На-Арара паччахь къена хиларо а, цуьнан меттиг дIалаца хьакъ верг, лоьра чов хилла меттахь Iилларо а, кханене сатийса меттиг ца йитанера цу агIонгахь. Цул совнаха, дукха долчу цу хабарш юкъахь, шена тIе тидам богIийту томехь дерш литтича, и литтинарг хьесапе эцча гучадолура: Тилули-ГIалин да и «лимму», Мардукъ-Ахин Iаткъамна бухахь хилар. Адад-На-араран «лерг семалатточу» урхаллин корта хиллачу цу Мардукъ-Ахин лелар, тахана а, цу даржехь и волуш санна жигаралла йолуш хилар. Боршас бечу хаамо бохура: «Бекхамхо Зайя» цIарца волу арданган баьчча, «Ку-лимму-мари – ГIалахь» лаьттиначу «ашшуройн», суран «пхииттанча» хилларг ву. «Шовзткъа шарал тIехваьлла и баьчча «ашшурашна» а, «нах-арихошна» а, иштта «хапирушна» а, хIайбатениг ву» бохург дара Боршас хоийтург. «Бекхамча Зайя» аьлла тиллина цIе, «нийсонца бекхам бо Зайя» аьлла хийцана, кху тIаьххьарачу хенахь адамо ша. И буьрсаниг ву алар а доьзна ду, дуьххьара цо дакъаза ваьккхинарг, цу Ку-лимма-мари-ГIалан «лимму» а, цуьнан хазанча а хиларна» геланчас аьлча, ша-шега олуш санна: «лесториг», я «шелIанаш лелхориг» хиллачу Мар-Зайян цIарах, кхоьллина хила мега цунна и цIе» элира Эйас.
Цхьанна меттехь туп тоьхна воцуш, даима кхарстар долуш лелачу цу буьрса баьччаца, юкъаметтиг кхолла некъ лохуш Мардукъ-Ахи хилар а, хоийтура Боршас.
          - Лараме «марой»! Цу Боршас дIахаийта бохура: «Цу Мардукъ-Ахина, къаьсттина хаа луург ду, Сур-Шен цIарца доьзнарг а, иштта Ахикарах лаьцнарг а. И цIераш бахьана долуш, Ахикар вевзарг ша хилар Мардукъ-Ахина тосадалийтина хилар а, дIахаийта» бохура цо. Цул совнаха, цу «ашшуронна» хаа лууш ду, «АрцIибани» цIе йолчу кхиазхочух хилларг а. Цунна вевзиначу «там-карас» дийцарехь, «Кашни-Арин лаьмнел» дехьа, оьшшачу хенахь гIовгIа яккха бартахой бу, Мардукъ-Ахина оьшурш. Тилули-ГIалана тIелатарца йоьзна кеп хIоттон цунна уьш эшарна, готта Iалашо йолу питана кечдеш Мардукъ-Ахи хилар а, дIахаийта бохура цо. – олуш, шен хамталла чекхдаьккхира геланчас.
          - Цу Тилули-ГIалахь, Боршан цIе муха йоккху аша? – элира, хинццалца геланчан къамела юкъа ца гIоьртиначу Сур-Шенас.
          - Борш. – элира хаттаран маьIнехь, кхоччуш ца кхеттачу геланчас.
Дацаре корта ластийра Сур-Шенас.
Таршас а, цо а олучуьнга ладоьгIуш Iара, кху чохь шайггара хIума ала а, я хьалхе яккха а кийча боцурш.
          - Тхо кхетта. Кханенна, хьуна жоп кечдийра ду оха, цу Боршана лерина. Ткъа хIинца хьо, тхойгара мукъа ву. ГIой, садоIа хьайна. – олуш, и геланча паргIата а витина, - Шуна, хIун аьлла хета? – хаттар хIоттийра Таршас, шен бIанакъостошна хьалха.
Геланча аравелира.
          - Лараме Эйа! Ахьа хIун олу, айхьа аьллачунна тIе? – элира Сур-Шенас, шега а хьаьжна, Таршас дацаре корта ластийча.
          - Вайн дайша олуш ду: «Дикачу тIамал, вон машар тоьлу», ткъа вайн хьолахь хаа дезарг ду, «стешха йолчу котаман бен, даима хIоэх эвсара ца хуьлийла». ХIунда? Шен бенан да йоцуш, каяллачохь цо и хIоаш дарна. Вайн мехкан дай хила, вайна оьшург маршо ю. Маьрша хилча, и ларон ницкъ а, къонахчулла а оьшу. «Нах-арихошкара» къонахчалла йоккхуш, кIезга стаг карора ву вайна. Ткъа ницкъ? «Хьекъал», «таро», «къонахий» олу кхо кхетам цхьаьна гулабеллачохь бен ца хуьлу и ницкъ. Къонахойн, къоьлла яц вайн махкахь. Ткъа йоцу таро, мичара яла еза? Еха еза, ехча ца лахь, яккха еза! Масала: Хулчи! Хьан дика мах хуьлучу муьрехь, хулчех луш хилла мах, хилийтахьа цхьа «ше» дети. Тахана, и мах луш бац хьуна а, я цхьаннина а. Амма цхьаммо: «Хулчи! Аса хьуна цхьаъ ах «ше»* дети лура ду, кхо бутт баьлча. ТIедиллина цхьа эзар хулчеш йохка суна» аьлча, и мах бийра бацара ахьа? Жоп лол суна, - аьлла Эйас хаттар дича, и мах хилла баьлча санна хетаделлачо, махбархочуьнан амал гайтира.
          - Суна, цу бечу меха юкъахь, оьцучух жоп дала, хьакъ верг везара ву! - олуш.
          - Мила ву кху махкахь, и тайпа жоп дала хьакъ верг? «ТIо-йа-Ша-ба» «эни» а, паччахьан цIарах долу Iедал а ду-кх. Вуьшта аьлча, махбечу вайшинна юккъе хIоьттина юкъарчаш, динан дай а, мехкан дай а хилча, юхкура ярий ахь и хулчеш суна?
          - Иштта хилча, со, хьуна уьш йохка резахира вара, - элира сихвеллачу гIалин дас.
ТIаккха, шен йохка-эцарца йоьзначу амало ша лацар а гина, гIаддаха велавелира иза. Цунах кхетта кху чуьра накъостий а къежара, шайна юхехь нисвеллачуьнан лере, забаршца доьзна шабар-шибарш а деш.
          - Хьуна атта хира ду тIаккха, ахбала тIерабаьлла хиларна. Хьо хьуо ма байца, Iедалан корта. Хьуна дуьсург, цу динан дайх накъостий бар ду. Хьалхо аса хьахийна, «ницкъ» олучу кхетаман, кхозлагIа дакъа долу и «хьекъал», аса ишттанехь ло хьуна, - олуш, безамехьа юьхь къажийна, велавелира къано.

«ше» (шеум) – «ше», ма-дарра аьлча, «буьртиг» бохург ду. Шумарахь а, Вавилонехь а йозаллин дустар гойту барам хилла иза. Цу бараман терахь хилла, кхузаманан 0,046 грамм йозалла долуш. Масала: 180 «ше», я «шеум» нийсалла йолуш хилла, 1 «сикл» («шекел», я шумарой «гин») хиллал йолчу йозаллица.
Керлававилонан муьрехь, и «ше» олу кхетам лелор, дахарна юкъара дIаболу.


Чохь берш белабелча, куьг айъана уьш совцош, боккъалла элира цо:
          - Кхин цхьаъ а ду, дича хьекъале хира долуш. ХьогIениг, я мостагI хьайн кхерча вале а ца хьоьжуш, цуьнан кхерчара дуьйна, иза зеназа ван гIортар ю, хира болчу толаман юьхь. Аса хьайга аьллачух пайда оьцуш, ахьа диц ма делахь, дош кхочушдан хьайна оьшу хан, кхолладеллачу хьолаца нисъеш, нийса билгала яккха.
          - Со кхетта.
          - И дика ду, - элира Эйас, - ХIинца вай хьахийнарг, кху цхьана Хулчина лерина дара. Ткъа доллу, «нах-арихойн» кIошташкахь нисдан деза гIуллакх, муха хилча бакъахьа ду? Харран-ГIалахь, ханна туш тоьхна Iаш волу «Метта-На» мехкан паччахь и Шаттуаре, лен цамгар кхетта хилар хаьа вайна. Цуьнан валар хилахь, кIант Васашатта мукъаволу, дас, «ашшурошна» биана дуй ларбарах. Цул совнаха, вайна хууш ду Хаттусили а, лазаро лаьцна хьийзош хилар. Шен кIант и Тудхали, цо паччахье кхайкхар а хила мега, цуьнга шегара гIант дIадала лериначу бахьаненна. Бакъду, «Хеттин мехкан» малхбузехьа, «ах-хи-йа-ваша» шайн жигаралла совяккхина. «Хеттишна» кхоллабеллачу цу кхерамо, кху агIонгахь церан хилла Iаткъам, кестта лахбийра бу. «Буранун» хица долчу цу къепалан некъашца дерг, сихха дийцаре дилла деза. Цу хица, шен суран коьртехь Хуттусилис витанчу вовхатарца, барт каро беза Васашаттана. И барт а хила беза, цу кIоштахь долчу некъаш тIехь, цхьатерра бакъонаш хира йолуш. Цу гIуллакхо аьтто бийра бу, кху Хулчин а, кхечеран а гIаланашкара, дулар долу хьал меттадалон. «И-бара-хи-Ма» цIе йолу хьекъалча волчу воьду вай ялхаммо, арабаьккхиначу некъаца цхьатерра, «Мехка Кхелан» цIарах, и юкъара болх бан а беза. Вуьшта аьлча, Вассуканнахь Iачу Васашаттан а, Хаттусилис витанчу цу вовхатаран а, барт хира болу агIо ю, вай нисъян езарг. Вайна Iорадаьлларг дуьйцуш, паччахьашка хаамаш бан беза вай, цаьрга яхьийта, тховссехь экъанаш а кечъеш. Иштта, Хаттуси пачхье, геланча а вахийта веза, Тудхалина лерина хаам эцна. Аша хIун олу, сан кегийрахой? – олуш иза сецча, Сур-Шенас доцца хадийра:
          - Ахьа аьлларг тIетоха а, я тIерадаккха а хIума доцуш бакъ а, цIена а къамел ду. Тхуна диснарг, и къобалдар ду, цу тIехь къахьегар а ду. Кхана Iуьйрре новкъадевлла, дийнахь а, бузачу батто сирлаяккхина буса а вай некъ бахь, некъана цхьа кIира бен ца дойъуш, Харранехь хира ду вай. Сийлахь хуьлда, вай массеран дегнашкара и коьрта «эни»! Со тешна ву, некъахьовзам хила цхьаа бахьана ца хилар вайн некъаца, ларамечу кху Эйага и некъ лабелчахьана – аьлла.
Кху чохь аша мел аьлларг къобалдо аса, цхьаъ доцург, - элира, цуьнан къамела юккъа кхоссар йиначу Таршас, - Иза, Набулу-ГIала а ца доьлхуш, «Кашни-Арин лаьмнашца» малхбузехьа дахар ду. Цул тIаьхьа, Ур-Каш-ГIалахула а девлла, Харран-ГIала даха деза шу. И хьевзина некъ иштта бан беза, кхерамазалла ларорхьама. Шу юхадогIучу хенахь, «Вассуканна» олу пачхье чудерза лерина хилча, со, Набулу-ГIала дуьхьала вогIура ву, сайн чIагIбиначу бIоца.
          Резахилла декъашхой, косташ кечдан хIиттира. Амма, некъана кIира дайъа лериначеран исс де дайъа дийзира Харране кхача.

 
продолжение следует в частях 3, 4, 5, 6, 7, 8, 9, 10, 11 и 12. 

​мой эл.адрес: 
bart_iman@wp.pl
Просмотров: 692 | Добавил: erzu | Теги: орстхой, нахи, тукхумы, ингуши, тайпы, чеченцы, вайнахи | Рейтинг: 5.0/5
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
  12345
6789101112
13141516171819
20212223242526
2728293031
Назам
Адин,Сурхон илли