Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Март » 17 » ЦIЕРАДАХАР
20:23
ЦIЕРАДАХАР
«ЦIийн тулгIе хьийзачу боданехь»
(трилогин шолгIа декъан кхо кийсак)

          ХIара, 500 агIо йолу тептар аса яздина, сайн деца АбусаIидаца, ненаца Зулайца болчу безамна а, тIекхуьучу тIаьххьенна эс дита а.
          «ЦIийн тулгIе хьийзачу боданехь» аьлла, цIе тиллина тептаро гойту зама ю, 1944-гIачу шара тIера, 1990-гIачу шарашка кхаччалца болу хенан мур. Кху кийсак тIехь карон долчу эвхьаза дешнех, со, эхь-бехках воьхнарг ма лорийла аша.
 
IАЬРЖА, 23-ГIА ДЕ
(хьалхе ю)
 
         ШаIами-Юрт. Иза дара 23-чу февралехь 1944-чу шарахь. И кхоьлина Iуьйре шийла яра, тIесерсаш дерз а йолуш. «Дакхий кешнашна» гена йоцуш, таьIначу тогIий чу схьагулдина адам а долуш, цу меттигана чехка го лецира НКВД-ан белхалоша. Уьш хиллера, гонахьа долчу бердашца, кондараш юккъехь хьалххе къайлабохуш охьаховшийна. Айъаеллачу еа маьIIехь, нахана тIе а ерзийна дIахIоттийна лаьтташ яра, «Максим» олу йиъ пулемёт. Лаьтта бийшина, Iалашо лаьцна Iоьхкуш гIаш-салт а бара. ГIонна аьлла, фронтера юхадаьккхиначу тIеман декъан эскархой бара уьш. «Кузов» тIехь лаьтташ масех эпсар а волуш, юьртада, юьрта молла, цаьрца кхин цхьа-шиъ стаг а волуш, биначу цу гонна юкъаеара «полуторка» олу машен. Эпсаро, папки юкъара хьаладаьккхина кехат дIадийшира, гочдеш юьртанда а волуш. Иза, Советан Iедало «нахчийн къам махках даккха» аьлла, арахецна Постановлени яра. Цул тIаьхьа юьртада а, цу машина тIехь лаьтта масех воккхастаг а нахе вистхилира:
          - Нах! Вай, махкаха дохуш ду тахана. Вайн дан хIума доцуш, иштта хIоьттина Делан кхел ю хIара. Дуьхьало а ца еш, шайгахь делахь герз а, уьрса мIаьчиг биста кхаччалца йолу уьралла а охьайилла. Кхара, вайга аьлларг дан деза вай. Цу Дала, вайга боху: «ТIедиллиначу Iедална муьтIахь хила шу». Сан дехар ду шуьга, шайн Деле аша собар дехар - элира царех цхьаммо.
          «Вай муха доху, махках?», «Тоьура дац, цкъа даьхча?», «Вайн махкаха баьхнарш, хIинца а цIабахказа ма бу», «Боьршалла йисна вай делахь, кху меттехь летта дала деза вай. Шегахь герз дерг схьагулало!» бохуш, маьхьарий деттара юкъ-юкъара наха. Цул тIаьхьа, маситтамо машина тIеволуш, нахе дехарш дира:
          - Юьртахой, Нахчий! Хьовсийша гонахьа. Кху эскарна дуьхьала итт минотехь а тIом бан вайгахь герз ца хилча, муха хира ду вай гуш лаьтташехь хIаллак? Ойла е вай, цIахь дисначу вайн берин, зударин? Кхузахь летта дала хала дац, ткъа буха буьсучеран ойла хьан йийра ю? Царна Iуналла, хьан дийра ду? Шуна хаийта боху аса, вайн зударий а, цIахь бисна болу берриге нах СемаIашка дIабигна шуна. Уьш вайга хьоьжуш, хIинца цигахь Iаш бу. Кхузахь хIаллак а хилла, кху хьакхарчин лаамна кIелахь муха буьтура бу вай, и вайн миска доьзалаш? Церан ойла йой аша? - бохуш, мохь беттара массо а ханна, Iедална муьтIахь хиллачара.
          - Шу молланаш ду бохурш хьалха а бевлла, аша дуйнаш туьйлуш герз дIа ца эцнехьара, итт минот боху аша, итт шарахь а тIом бан аьтто бара вайн - аьлла, мохь туьйхира Мусас.
Делахь а, цу хезначу кхао, ойлане бахийтинера нах. Царех дукхаха берш боьхна, шаьш хIун дан деза ца хууш лаьттара хIинца. РагI шега схьаоьцуш, шен къамел гоч а дойтуш, эпсаро элира:
          - Шайгахь долу герз, кху машина хьалха охьатаса. Оха гечдо шуна. Герз охьа ца диллар тIаьхьа гучадалахь, кхуззахь тоьпаш тухара ю цунна, цхьаа хаттар доцуш тIеман низамаца нисдина.
          Абусалахьас, дукхачу хьолахь шеца лелош яра, ворхIазйолу тапча. Ойла йисте, «саьнгарш яха еза» аьлла, юьртара божарий дIагулабечу хенахь а, цуьнгахь яра и тапча. Муслимас, кху шелла жимаха волчу вешига, меллаша элира:
          - КIант! Вай тоьлура долуш, хьал дац хIара. Охьакхоссалахь хьайгара и «биргIа».
Абусалахьан пхуьйшахь йоллу тапчан юьхьиг а гуш, вежарин къамел хезаш, гена воцуш лаьтташ вара Хорсаман кIант Байсолта.
Оцу хенахь, МартантIера йогIуш йолу виран ворда саца а йина, гобина лаьттачу нахана юккъе схьаялийра салташа. Цу вордана тIехь яра, Iисин йоI Халипат а, и яхна волу Хьасан а,иштта дейтта шо кхаьчна йолу церан йоI Марем а. Халипат, Абусалахьан де шича йоI яра. Дас лелийна хиларна, хьоме яра Абусалахьна шегара тапча. Цунах къаста хала дара цунна, ден безамана иза ша лелош хиларна.
          - Халипат! ХIара Боппин тапча, хьайн дегIаца дIалачкъаехьа - олуш, къайлаха и герз цуьнга дIакховдийра цо.
          - КIант! Ахьа..., хьо... - олуш, йоьхначу йоккхастагас, сиха корталех хьарчош, къайлаяккхара шега кховдийна тапча.
          Юкъахь лаьттачу машина улло шайгара герз а, йолу иралла охьа а кхуссуш, гонна тIететтина лаьттачу машинаш йолчу агIора а буьйлуш сецара нах. Цхьа мор хиллал герз гуладелара, машина хьалха сал беш. Абусалахь, леккха айъана корта а болуш, тIехвелира. Цо герз охьакхуссуш ца дайначу Байсолтас, гена воцуш лаьттачунна тIевахана:
          - Вон парен. Его ест писталет. Он спратал ва штанах - элира цо салтийчуьнга, цхьанне а ца хозийтуш.
Ткъа важа, эпсарна тIе а вахна, цуьнан лерге таьIаш вистхилара. «ХIинца-м, аса ваккха ца везаш, кхара воккхура вара хьо, сан новкъара дIа. Ас хьа деза кхунна, Мархас сайна караделла йовлакх гайта, хIуьттаренна» элира, шен дагахь Байсолтас. Шен мостагIа, Iедалан куьйгашца новкъара дIаваккха аьтто баьлла, воккхавеш вара иза. Герз охьадуьллуш дехьаваьллачунна, салтий юха а дегIах хьожура. Цул тIаьхьа, кхечу салташа «Студабеэкар» олучу машина тIебохура нах, «быстро залезай!» бохуш тIе мохь а бетташ.
          Абусалахьна улле хIоьттина догIура, кхунах цкъаа къаьсташ доцу, жIаьла «Борз». Жан-жIаьлин, барзаца тасаделлачу гергарлонахь хилла пхьу-къеза дара иза, дукха жимадолуш кхо ша Iамош кхиийна. Абусалахьас, шега къамел дечу хенахь, накъосте санна ладугIара цо, шен хаза корта агIора а боккхий, леррина кхуьнан бIаьргаш чу а хьоьжуш. Цуьнан хIуманаш дийца воьлча, дукха хира дара уьш дийца. Хьекъале, майра, кхунна муьтIахь жIаьла дара «Борз».
          - Уллера дIа а далий, машина юххехь саца. Нах реза хира бац вайшинна, ахьа церан ламаз дохадахь - элира Абусалахьас «Борзе».
«Борз» меллаша юьстахделира. Хьмидан, Муслиман дегIах а хьаьжна, царна тIаьхьа вогIучу кхунна салтий тIеволавелча, эпсаро мохь туьйхира:
          - Этого, проверьте досконально! - олуш.
          - Товарищ, майор госбезопасности! У него пустая кобура - элира салтийчо, дегIах хьаьжначул тIаьхьа.
Кетаран чухула йолу, кхуьнан хаьнтIахь кхозу хумпIар, цунна дIа а гойтуш.
          - А в руке, что у него? - олуш, тIеволавелира эпсар.
          - Покажи, что у тебя в руке? Товарищ майор! У него ножичек - элира салтийчо юха а, жима урс буйнахь доллу, ша схьалаьцна Абусалахьан куьг эпсарна дIа а гойтуш.
          - Где пистолет? Я наблюдал за тобой, и ты не сложил его. Я тебя спрашиваю, куда дел ты пистолет? Отвечай!
          - Мой оружи вот. Писталет дома аставил - элира Абусалахьас.
Салтийчо лаьцна шен куьг схьатоьхна карара а доккхуш, буйнахь доллу жима уьрс дIагайтира цо. Кхерам боцуш шега хьежар, ца вашарца цуьнан къежар, цергашца балда а лаьцна курра и дIахIоттар ца ладеллачу эпсаро, мохь хьаькхира омра деш:
          - Расстрелять его! - аьлла.
Цу дешнаша, цкъа цецбаьхна гергара нах, сиха меттабаьхкира. Машинашна тIера чу а лелхаш, тIехьевдира уьш кIантана. Иштта а кхехкаш лаьтта, кхин болу юьртара кегийрахой и сурт а гина, эпсарашна тIегIоьртира маьхьарий а детташ. Цхьаболучара, сал тIера масех герз а ийцира схьа. ХIоьттина и хьал а долуш, салтийчо Абусалахьна тIе топ хьажийра. Мичара долу ца хууш, и топ хьала айъаначунна хьерадаьлча санна тIекхийтира «Борз». Карара герз охьакхуссуш, легаш тIекхетта жIаьла дIадаккха гIерташ мохь оьхура, лаьтта охьавоьжначу салтийчуьнга. Керчаш Iуьллу иза лара а веш, жIаьлина хьажош шозза лаг узуш тапча йожийра эпсаро. ТIаккха юхахьаьдда, шена тIегIертачу нахана тапча а хьежош, мохь хьаькхира цо:
          - Назад! Кому сказал назад! Всех расстреляю без суда - олуш.
Шен ваша бахьаненна, нахана зен хиларна кхоьруш волчу Муслимас, хьалха а иккхина мохь туьйхира юьртахошка, Абусалахь шена тIехьа а кхуссуш.
          - Дела а, Пайхамаран дуьхьа, ма де кхунах дов! Юхадовла, кхара зулам дийра ду вайна. Iела! Хьо юьртада велахь, дIасацаве и эпсар - олуш.
Гонахьа лаьттачу салташа, нахана тIехула а, когаш хьалха хьежош герзаш кхуьссура. Юкъахь бисинчу эпсарашка, юьртадас дехар дира. Бакъдерг дийцича, хIинца шаьш эпсараш а бара кхерабелла. Царна дика хаьара, кху наха уггаре а хьалха, шайна бекхам бийра буйла, цIий Iенаш хIара хьал доьрзуш хилахь хIетте а.
Накхармозин никх меттах баьккхича, мозий гIовтуш йолу гIовгIа санна, ялла и гIовгIа сиха дIатийра, гIуллакх кхин чолхе ца доьрзуш. Нах юхабевлича, цу майданахь Iуьллуш дара лазийна жIаьла. Цуьнан коьрта тIехула куьг хьоькхуш Iаш, Абусалахь а вара. Вашас юха ша кхоьссича, дехьахула го тесна, жIаьлина тIекхаьчинера иза.
          - «Борз!», «Бо-о-рз». Маржа «Борз» яI! Ма хьоьга кхочуш, тешаме накъост вацара сан. Со цхьаъ вита йоллу техьа хьо? Ас чIагIо йо хьуна, хьан чIир екъаза Iийра ма вац со, кху хьакхарчех - бохура цо, наггахьа, стага санна «у-ух!» аларал совнаха, кхин цIийзар доцуш, садетташ Iуьллачу цу тешамечу накъосте.
          - Абусалахь! Хьо Iовдал. Тоьур ду хьуна, ахьа кегийнарг. ХьалагIатта! Нах хIаллакбайта воллу хьо? Сиха машен тIедала, жIаьла! - бохуш чехавора иза, ведда тIевеаначу Муслимас.
Амма кхунна хезаш дацара, вашас дешдолу дов а, гонахьа хIоьттина хьал а. Цул тIаьхьа, тIеведда маситтамо юхаозош, дIатакхийра иза. Шен куьйгаш лаьцна дIаийзош болучаьрга тидам боцуш, бухавуьсачу шен накъостана тIехь яра цуьнан ойла а, хьажар а. БIаьргех оьхуш хиш а долуш, хьалхара шен когашана тIехIуьттуш тIаьхье а текхош, цIийзаш тIаьхьатекхара кIантана «Борз» а. Юхавада гIерташ дIасхьаветталуш волчу кхунна гира, тIеваханчу эпсаро жIаьлин корта лоцуш йожийна тапча. Иза гича, кхуьнан кийрара инзаре, ирча мохь белира.
Цул тIаьхьа, гIелвелла, тийсавалар доцуш волу Абусалахь, машина тIе хьалакхоьссира наха. Цо шен дагахь чIагIо йира: «Дала мукъалахь, хьан чIир оьцуш, хьуна дуьхьала цхьа эскархо веза Iийра ма вац со» аьлла.
И адам тIедоьттина машинаш, СемаIашка боьдучу новкъа евлира, могIа беш. Хьалха йоьдучу, Байсолта волчу машина тIехь, гонахьа болучарна а хезаш, девне къамелаш хилара гергарчу шина кIантана юкъахь.
          - Боьха хIума ю хьо. ВаллахIи, вара хьо вен везаш. Сел ийман доцуш волчу хьан, тIаьхье а хира ю, нахана балеялла - элира Борз-Iелин кIента кIанта Iумарас, шен ден шича кIанте.
Юххера нах, кхо дечу девнан бахьанах ца кхеттехь а, Байсолтана дика хаара, Iумарс и къамел шега иштта хIунда до. Цуьндела, дуьхьала дош ца элира цо, шелла итт шо жима волчу, дайтта шо кхаьчначу цу кIанте. Шен маьхчина тIехьа лаьттачу Iумарна хезна хиллера, Абусалахьна мотт тухуш салтийчуьнга цо аьлларг. Иза бара, цунна резавоцуш диначу цу девнан бух.
          ТIейогIура йолчу хенан йохаллехь, цу кIентийн тIаьхьенашна юкъахь хин йолу уьйранин а, я хьагI хьалха юьйлуш, царех цхьаболучара вовшешна хедор долчу некъин бух бара, хIинца кхоллалуш берг. ТIаьхьено шайн орамаш толлуш, хилларш а, лелларш а карладохачу хенахь, церан хийлаза кхоллалура ду: «Тхох бовлар тамашийна долуш, орам телча а вайн хила йиш йоцуш болу хIара нах, мичара бевлла техьа вайна?» бохуш долу хаттар.
          Бакъду, нахаца леллачуьнан къутIа хуьлу, тIаьхьенашна бале долий, нахана, цуьнан дуьненчу даларан къайле, ма-ярра ца йовзарна.
 
******************************
          СемаIашкахь, аьчкан некъаца схьатеттина лаьтташ яра, бежанаш а, кхин долу киранаш лелош йолу вагонаш. Цхьацца йолчу вагонаш чохь аннех кечйина, тIекIала йина дIавуьжийла елахь а, дукхаха йолу вагонаш еса яра, чутесина чал, пенел совдаьлла хIума доцуш. Кхуза схьадалош долчу адаман, ши тоба яра: цхьаъ - зударийн, берийн, лазархойн, тIех баккхийчу нехан; шолгIаниг - божарийн. Иза нисделлера, божарий шен доьзалах къасторна. Хьалххе схьаялийна зударин, берин тоба, тIаьхьа тIебалийначу божарин тобанах кхетча, Iаламат йоккха гIовгIа эккхара станцехь. Зударша, бераша доьлхуш шайн дай, вежарий лоьхура, ткъа вуьш, доьзалашка мохь бетташ дIасхьауьдура ше-шениг лоьхуш.
Мимпин кIант Хьамид, Муслимаца гергалло лелош хиларна, церан доьзалаш вовшашна гергахь сецара. Цу бахьанина, тIаьхьо цхьана нисбелира уьш вагона чохь а.
Ши де хьалха, БугIан-юьрта стунцхой болчу бахана ваший, нуссий, арадохучу Iуьйранна цIа каьчна хиларе сатуьйсуш волу Абусалахь, уьш лаха вахана, цхьанхьа а гуш вацара. Мимпи а яра сагаттадеш Соьлжа-ГIалахь а, ВаларгтIехь а вехачу шен пхеа кIантана, марехь йолчу йоIана, царех хилларг шена ца хаарна. ХIинца, кхузахь цуьнца вара виъ кIант, йоI, кхоъ нус, церан дейтта бер. Цул совнаха, кхузткъе пхиъ шо кхаьчна, цамгарца йолу марйиша а. Муслимаца вейтта стаг вара, царех итт, бер а долуш. Муслиман доьзал а бара, халонан мур лан, хьалхе кечамаш бина Мимпес санна. Кхарел совнаха, кхин ткъаесна стаг вара цу вагона чохь кхаьрца цхьана. Уьш ШаIми-юьртара, Заки-юьртара, СемаIашкара кхаа-деа тайпанан, шишша-кхоккха нислуш къаьстина, пхеа доьзалера нах бара.
Ткъаесна дийнахь некъ бечу юкъана, цхьацца бахьаница, бархI стаг кхелхира новкъахь. Лайх кошан барз беш, хийла бисара, цу аьчкан некъа йистехь сил дукха безнарш, дахарехь бевзина хилларш. Мимпина гина гIан декхалуш санна, шан тIулгаш хилла вайнах, Iехка бисара цу аьчка-некъан асанца. СемаIашкарчу станцехь къаьстина хилла Абусалахь а, пхи-ялх де даьлча, схьакхийтира шен доьзалах.
Маьршачу дахарехь нехан бIаьрг бузош хилларг, пайдабоцучу волуш, ткъа сонта воцуш охьатаьIана, миска ваьхначуьнан дукхачу хьолахь сий айъалуш, меттигаш еара и хала некъ беш еъначу цу кIеззигчу хенан юкъахь. ТIебеаначу цу балано, зоьш дара адам. Стеган мах хадош болу, коьртаниг дара: собар, оьздалла, гIиллакх, къинхетам, цхьана дашаца аьлча, адамалла. Дуьненан хьесапе диллича, кIезга йолуш, адамин дахаре диллича тоаме хира боцучу цу хенан юкъахь, пхи-ялх меттиг нисъелира цу шийлачу новкъахь, вай хIинца йийцича тIаьхьено масала оьцура долуш. Цуьндела, юьтура вай цхьана юкъана, кIант вина паргIатаялла Зулай а, Iедало чувоьллина волу Абусалахь а. Шен а, вежарин доьзалашна рицкъ лохуш, Iуналла деш волу Муслим а. Карла доккхура вай, къам махкаха доккхачу дийнахь хилларг а, сибреха боьдучу новкъахь нисделларг а.
          Исс шо хьалха дара иза, СемаIашкара цIерпоштан станцехь, нах цIерабохачу дийнахь. Божарех хIун хилла ца хаарна, царна сагаттадеш Iаш йолчу Забина гира, берхIитта шо каьчна йолу йоI Малх-Аьзне тIаьхьа а хIоттийна, тIехъялла йоьдуш йолу Деши. Жимачохь дуьйна доттагIала лелийна, кхуьнан нийсархо яра иза.
          - Деши! Ва, Деши! - аьлла, кхайкхара цо цуьнга. Юхахьаьжначу Дешина, Заба евзира.
          - Ваттай, сан Дела! Заба яц иза? - олуш, юхаедда мараиккхара иза, шена тIаьхьа кхойкхучунна.
          - Заба! Ма доккха хIума даьлла хила деза вайгара. Дан мукъане а, хIун ду хIара? Со тIаьхьа кхуьуш ма яц, кху хуьлуш долучунна. Вай стенга дуьгуш ду кхара? - бохуш, хеттарш дора Дешис.
          - Деши! Вай, махках дохуш ду. Шун хIуманаш мичхьа ю? Тхойца саца еза шу шиъ, вайн божарех хуьлуш дерг къастталца мукъне а - элира Забас.
          - Iуьйранна, маьттаза мотт а буьйцуш «Арадовла!» бохуш, салташа тхо чехош, йоьхначу аса, хьуна гушъерг бен тIехь а, я карахь а кхин хIума йоцуш, араялар нисделла тхойшинна. Кху йоIан ден ваша, Жима-КIант, вайна ма-хаъара ГIалахь, мехкадаьтта доккхучохь болх беш ма вуй. Цунах хилларг а дац тхуна хууш. Айса хIун дийра ду ца хуаш, йисна со - элира, йиш йоьхначу Дешис, бIаьргаха даьлла хиш дIа а дохуш.
Дешин марзахойх, ши доьзал бен бацара ШаIми-Юьртахь бехаш. 1918-чу шарахь, ЦIонтарара, лура воьлла веъна вара шина кIантаца ИсмаIал. ЧIирхоша, дукха хан ялале и ИсмаIал вийра. Буха висина шиъ кIант, цу юьртахь бехачу цIонтарошна тIеязлуш, орам тесна ваха висара. Царех воккхаха волчу вашас, Iалсолтан йоI Деши ялийра. Дуьххьара йиначу йоIан ши шо кхачаза дара, мар чу а воьллина, Деши ша цхьаъ юьсуш. ИбрахIимас, набахтичохь хан йоккхуш итт шо дIадаьлла, аравала бисина масех бутт а болуш, нахчашний гIазакхашний юкъахь хиллачу девнехь, ю а Iоьттина вийнера иза. Жеролла тIедоьжначу Дешин кхуьуш, йоI яра. Оьзда а, товш а хиларца, юьртахь билгала яллера иза. Цуьнан месин еха кIажар, дукха маьхкарша «сан елара хьо» бохуш сатийсар долуш, хаза яра. Куьйган цхьа ша сов бен, меттиг ца буьсура и кIажар лаьтта кхача. «Марвешина яло еза» бохуш, къайлаха цу йоIе безам болуш йолчу Забас, цкъа Муслиме элира:
          - Стаг! Жимчу-КIантана, ма дика йоI билгала яккхина аса. Реза хира варий техьа иза цунна? - Мила ю иза? Нус яц хьо? Хьан аьтто болуш ма ду, цунах дерг хаа - элира майрачо.
          - Iалсолтан Деши йоI, Малх-Аьзне ю-кха. Хьуна ма хаъара, Деши доттагIа ма юьй сан. Аса аьллачунна реза хира йолуш а ю. Муха хета хьуна и захало? - элира Забас, майрачуьнга.
          - Цу захалонна, ала хIума дац. Амма, цхьаъ ду-кха новкъа. Вайн Абусалахь кхин йоI езаш, цуьнга болчу безамо корта дIабаьхьина хилар - элира Муслимас.
          - Марха юьйци ахьа? Ма вайна оьшуш, пхьегIа яцара иза. Жима-КIант, цу тайнигах Iехавала везаш вацара. Шена тIаьхье кхио а, ша велча буха йиса а, накъост яра цо лаха езарг. ТIехуле хазахилар дац коьртаниг, деган хазалла ю мехаллениг - элира, цу захалонна резайоцучу Забас.
Мархица, Забина товш доцург, цуьнан кочалла яра. Дийнахь моситтазза духар хуьйцуш кечъяла лаар, шен хазаллех дозалла деш, нийсархошна тIехула хьежар дара, цунах цуьнан бIаьрг бадийтинарг. Цул совнаха, къастийна цхьаъ воцуш, жа санна кегийрахой шена тIаьхьа базабар дара, цу йоIах кхуьнан чам ца летарг. ХIинца, Деши шеца сацо гIертар а, шаьш шинна юкъахь долу доттагIал совнаха, Малх-Аьзни шен кхин хила лаарца йолу шовкъ яра.
Иштта, гена йоцуш шайн чамданаш тIехь Iаш яра ши зуда, шайца маре яхаза йиъ йоI а йолуш. Царех цхьаъ хьалаэккхий, лаьтташ йолчу йоIана гонахьа хевзура сих-сиха. Уьш бара, ШаIми-Юьртара Къакъин а, цуьнан лулахо волчу Ахьмудан а зударий, церан кхиъна богIу маьхкарий. Буьйсанна, набарха даьккхина бер санна, гонахьа долчу хьолан мах хадо кхетам боцуш, йоьхна лаьттара кечъелла йолу Марха. Къурдйоьлла котам санна, хьомечу йоIана гонахь хьийзаш ерг яра, цуьнан нана Зараъ.
Цу хенахь, СемаIашка юккъехула ялла, станце йолчу агIора хьалайирзира машинан колонна, «Студабэкар» олу машинаш тIебоьттина боьрша нах а болуш. И машинаш юха а тоьттуш, божарий охьабиссо болийра цу станцин майданахь. Шен доьзал карийнарг сапаргIата даьлла а волуш, кароза верг йиш йоьхана, мохь бетташ дIасхьауьдуш вара цу майданахь. Масех го беш, жIаьлешца цхьана хIоттийна ха дара цу станцина гонахьа.
          - Мюси, ва Мюси! Вайниш, дIага лаьтташ бу хьуна. Со, Рохьман вуй хьожуш, и лаха воллу - аьлла, ваша вистхилале, машина тIера чуиккхина, къайлавелира Абусалахь.
Охьавоьссиначу Муслимас, шена улле нисвеллачу Iалавдига мохь туьйхира:
          - Хьамид мичахь ву? Шунаш, дIо кIайн кир тоьхначу вагонан уллехь бу ала цуьнга, тхайчаьрца цхьана – а олуш.
«Мусико! Ва Мусико!» бохуш, шена тIаьхьа кхойкхуш санна хийтира цунна, девзуш долу зудчуьнан аз. И аз, кхуьнан ден шича кIента хIусамненан, Лайсин аз дара.
          - Лайса! Хьо муха каьчна кхуза? Мичхьа ву Солса? - аьлла, кхо шега хаттар дича, шина беран куьйгаш лаьцана йолхуш лаьттачу несан, кхунна дала жоп дацара.
          - Яло соьца, йоьддушехь дуьйцар ахьа - олуш, «Джамалик» цIе йолчу кIентан куьг лоцуш, вагонаш йолчу агIора дIаведира Муслим.
ТIаьхьа едда йогIучу Лайсас, дийцира кхунна доцца. Ша кIира хьалха гIалара хьажахIотта юьрта еъна хилар а, ши бер доцург кхин хIума доцуш, ша цхьаъ йисина хилар а хоийтуш. Царех цхьаъ, ворхI шо кхаьчна кIант, шолгIаниг - пхийтта шо кхаьчна йолу йоI Шумист яра.
          Юкъ-юкъа кхуссуш герз а долуш, юьхьлаьцначу жIаьлешка катухийтуш тIегулдина адам, вагонаш чулалла долийра салташа, божарий схьакхаьчна итт минот а ялале. Адамах йоьттина евлачу вагонан неIарх гIуй а буллуш, юьстаха туьттуш яра уьш, царех керла составаш кхуллуш. Цу Делан минутехь, и майда яссаелира. ТIаьхьабисна цхьацца болу нах, туьпан баххаш а бетташ, вагонаш йолчу агIора тIелоьхкура салташа. Цхьа жима стаг вара, гихь воллуш воккхастаг а волуш, жIаьло настарх еттачу цено схьаван ца вуьтуш, халла вогIуш. Иза гина Мимпин кIант Хьажи, и волчу агIора дIаведира. «Стой! Стрелять буду» бохуш, чапаханаш дIасхьа а тухуш туьпаш юьйлира, го биначарех волчу масех салтийчо. Дехьо лаьттачо урх дIахоьцуш, жIаьла тIехийцира кхунна, «Фас!» олуш. Хьажис дуьхьала ластийна буй, чухьаьдда догIучу жIаьлина нисса бага чукхийтира. Куьг юхадоккхуш вукхо шен иза Iаьвдича, кхеравеллачу Хьажис, жIаьлин лахара моччагIал лецира. Ша деш долчуьнан хьесап дан кхетам боцуш волчу кхо, шен куьйгах тасаделла жIаьла, тIелхаг санна хьовзийра ша а хьевзуш. Корта тIехула айъадина хьийзош долу и жIаьла, кхул чIогIа кхераделла, цхьа боьха дарц детта доладелира, гонахьа лаьтта салтий а къахкош. Доьханчу хьолахь бохкуш болу нах и сурт а гина, цхьабосса аьлча санна белабелира. Хиллачух кхетаза болу зударий а, иштта церан бераш а, боьлхучуьра совцуш, боьлаш болчу дайшка хьаьжжиначохь бисара цхьана юкъана. Хиллачунна шаьш тIаьхьакхиача, церан белхар хIинца, деларца цхьана ийна дара. Цу хьоло бохийна салтий, меттабахкале аьлча санна, Хьажис ша хьийзош долу жIаьла дIахоьцуш, кхоьссина тIехула дIадахийтира. ТIаккха, воккхастаг гихь а волуш, вогIачу жимачу стагана гIодира цо, вагонаш йолчу агIора и чехка дIавадош. Ткъа, тапча яккхина волу эпсар герз туха ца хIоьттира, шечарна кхетарна кхоьруш хиллехь а, я кхин бахьана хIоьттина хиллехь а. Цу суьрто самукъадаьккхина, цхьа болу салтий а бара гIаддаха боьлуш.
          - Да-а-дала хьан делаI! Ша чане санна, дарц деттийта-кха ахьа оцу жIаьлига - бохуш, боьлура Хьажи вевзарш а, и ца вевзуш берш а.
          - ХIара дегI аса доккхуш, вайн Делора ца гина суна дарц кхетта жIаьла - элира, цхьана агIазах тера волчу стага.
«Сталинна хууш яц, кху лахарчу Iедало лелош йолу хIара харцо», «Вай, юха цIа дуьгурду ма боху», «Вай арадахарна бехке берш, ламарой бу. Гитлерна, кIайн говр кечйина хилла боху цара», «ХIа-хIа, къоманна бале бевлларш, обаргаш бу. Уьш IадIийнехьара, гIазакхий-м вайга хIумма а дуьйцура долуш бацара», «Вайн къомалла сийдоцуш, къам хира дац, кху дуьненахь а» бохуш, шайна ницкъбеш верг бехке ца ван, и бехк шайна тIеэца кийча бара, цхьаболу лайн амал йолу, вайх схьабевлла нах.
Иза дара, тIаьхьарчу ткъа шарахь Советан Iедало «асар» деш, кхиийна долу «чкъор». ТIехьаьжча басна товш, шен ойла йолуш, доьналлийца билгалваьлла, я стаг тIаьхьа хуттара волуш кхетам, Iилма долчу нахах цIандинера и керла чкъор. Ткъа къам бехдеш долу бакъ асар, ша доллучохь дитанера цу Iедало. Делахь а, дикачу нахах къам нилха деш, шайна деза «керла чкъор» кхио гIертачу Iедало хьегна и къа, эрна хуьлура. ХIунда? «Асар» деш бисна, цу къоман орамо тIехь керла зIийдиг хоьцуш, гучадолу керла маргIал бахьана долуш.
Ши де делира мала хи доцуш, еллаза неI йолуш, СемаIашкара новкъа ялла цIерпошта дIаоьхуш. НеIарш йоьллуш яцахь а, сецар алсама хуьлара цуьнан. Наггахьа, нехан самукъадоккхуш, юханехьа некъ беш а нислора. Цунах кхаъ хуьлий, нах самукъане хуьлура. «Сталинна дIа а хиана, вай, юха цIа дуьгуш ду» боху, хабарш хуьлура массо а вагона чохь дуьйцуш. Дукха хан ялале, и къамелаш эрана дина хилар хоийтуш, сибреха боьду некъ юхабора цIерапоштано.
ЦIаьнкъа юккъехь лаьтта, «буржуйка» олучу пешо луш йолу йовхо, херонаш йолчу цу вагонан оганах чекъбуьйлачу махо, ядайой тIепаза йойъура. Пхийтта шарера, ткъе пхеа шаре бевлла хан йолу кегийрахой ворхI кIантий, исс йоI яра цу вагона чохь. Цара, цхьацца бедарш этIийна яхначу бехчалгах, асанаш йоIуш тIергаш а еш, херонаш йолу и меттигаш дIакъевлира. Мелла а, йовхо хаалуш, малъеллера цу чохь, хьалха санна багара Iа йолуш йоцуш. Шовзткъа шарал тIехваьлла волу вейтта стаг воцург, вуьш дерш кегийра бераш дара.
Вагончохь шийла хиларал совнаха, дегIан хьашташ кхочушдан аьтто боцуш, холчахь бара нах. Кхин тоха са доцуш, хIорш бIарзбелла хьийзачу хенахь, эрна арахь цIерпошта сецира. НеIараш дIайоьллуш болчу салташа схьакхайкхира: «Вагонана итт метар юьстаха ваьллачунна, таллам боцуш цу меттехь тоьпаш тухура ю» аьлла. Шайгахь пхьегIа йолучара, ло гуладора хин метта. Вагонаш чуьра охьадохуш дара, хьалхара декъий. И нах дIабохка ойла йолуш болу божарий, салташка белаш, лоьмаш доьхуш бара. Иштта и хьал а долуш, ткъейха минот а ца яллера, шок а тоьхна, меллаша цIерпошта дIайолалуш. Дена нанна а бохуш, гIазакхийн салташа сихдира адам. Цу эрна арахь, дIадохказа декъий дисаро цецбаьхина нах, хIун дан деза ца хууш маьхьарий а детташ, боьхна дIасхьауьдура. Хе лаьттачу салташка дехарш дора адамо, церан карахь долуш санна и гIуллакх. Зударий а бара, боьлхуш маьхьарий а хьоькхуш, вагона чуьра аралелха гIерташ. Цхьаъ вогIура ведда, дIайолаеллачу цIерпоштана тIекхиа гIерташ, марахь доллуш ненан дакъа а долуш.
          - Брось, свою вшивую «кралю»! Кому говорю, брось! Ну с-сука, погоди! - олуш, топ туьйхира цу салтийчо, цуьнан хьаж лоцуш хьажийна.
Дакъа марахь а доллуш ведда вогIург, цу хьажюккъе дIаьндарг кхетта охьавуьйжира. Иштта, масех стаг вийра салташа, цу дийнахь тоьпаш а етташ. Гергарчу нехан декъий дIа ца духкуш буха дисаро, инзардаьккхиначу цу нехан кхетамо тIеоьцуш дацара, шаьш а хилар уьш санна кхерамечу хьолахь. И сурт гиначу зударашка маьхьарий девлира, бераш доьлхура, божарша къурдаш а деш буйнаш къуьйлура. Амма, дан хIума-м дацара, церан цхьанне а.
Мимпин кIентан, шо кхаьчна йолу йоI, пехийн лазар кхеташ цомгуш хилира. Забин ши шо кхаьчна кIант а вара, кIелависна дагаро хьийзош. ТIера духар беркъа хиларна шелвелла, йовхарш кхетта Лайсин кIант а, и дагар совдаьлла харцлуьйш вара хIинца. Кхузткъе итт шо кхаьчана СемаIашкара ГIама, хиллачулла а тIе, гIелвинера цуьнан лазаро.
          - Хьажи! - олуш, цкъа кхайкхина кIант шена тIе а валийна, цуьнга вистхилира иза: - Хьажи! Ахьа, вай цIера дохучу дийнахь дина вошалла дан, йоккха къонахалла оьшу, «ас-со» бохуш волчу стаганна а. Дела реза хуьлда хьуна. Сан дехар ду хьоьга, хьо айхьа ахьа ларавар. Муьлххачу а дас са тосу, шен кIант нах болчу нахаца гергорло лелош хилахьара олий - аьлла, лаг таIош къурд а бина, кхин дош ца алалуш, бIаьргах хи даьлла висира ГIама. Ваха шена йисна хан кIезга юйла хууш волу воккхастаг, бухавуьсучу кIентан ойла еш вара даима. И къамел хезаш Iуьлла Муслим хьала а айъалуш, воккхастагана тIехилира.
          - ГIама! Ахьа, хьайн са дуучух тера хета суна. Дала мукъалахь, хьуна гIоле хира ю. КIантана а, ма гаттаде са. Тхуна хьо, тхайн да санна хета, я хьан кIант а ца хета тхайн вежарелла хийра. Цхьа гергара нах ма ду вай - олуш, воккхастеган са тедан гIоьртира иза.
          - Дела, резахуьлда шуна. Тхайн гергарчу нахах тхо къаьстинехь а, шеко йоцуш, царелла гIолехьа шу ца хиллехь, кхин шуьгара кIезигалла гина яц суна. Къоналло а, гIора ца хиларо а, юткъаеш хилла-кха цкъа аьрха хилла и ойла а, болат санна хилла и дог а дашадеш - олуш, дIатийра ГIама.
Цамгаро, сихо еш хьовзийна долу бераш, де-буьйса далале кхелхира. Делкъал тIаьхьа цIерпошта сецича, лайн борзах каш доккхуш дIадоьллира хеназа делла и кхо бер. Суьйренга таьIича, ГIама а чIагIвелира.
Зударшца доьзна дерг экам хиларна, божарий дукха хьолахь дIабуьйшура, я букъ а берзабой Iара, хьаштагIна билгала йиначу меттигана генабовлий. Амма Малх-Аьзний, Асмаъий коьртаха яллера массарна хIума ца яарца а, вуьшта къийлалуш хиларца а. Муслиман йиша Асмаъ, тIех сов къийлаелла ахкаргаш лилхина, жаннаш болхбечуьра севццера. Настараш а, кхин йолу меженаш йистина, тIера босбайна, лоралла лелон аьтто боцуш, гуш лаьтташехь леш яра и йоI. «Дакъаза ма яла хьо», «Хьан метта яла со» бохуш йоьлхуш, гонахьа хьийзара цуьнан нус Заба, иштта кхин болу зударий а.
ЙоI оьздангаллех йоьхча, и ловр доцуш хиллачу Мимпес, Малх-Аьзнега а дира дехар:
          - ЙоI! ХIара цхьаъ-ам, хIаллак хиллера вайн. Ахь мукъане а, шад бастахьа тховса, кхоам бу-кха хьан - элира цо, бIаьргах даьлла хи, дIа а доккхуш.
«Я, Везан Дела! Кху цIена жовхIарин, кху оьзда синойн, хIун бехк бу техьа? Кхара хIара бала хьеггалла, хIун къа ду техьа, тхуна ца хууш кхара шайх латийнарг? Хьайн кхел юхуш яцахь, кху Iазапах паргIат бахахьа хIорш, бехьа къинхетам, ва Веза Дела!» бохуш Деле доьхуш, доIанаш деш яра йоккхастаг массо а ханна.
Вагонан, аьчкан чкъургаша «кIонс тIох-тIах» бохуш деш долу тата, чохь Iоьхкучара еш йолчу йовхарашца цхьана ийна, хезаш йолу и гIовгIа ца лерича, кхин долчунна тийна дара, нах дIабийшиначу цу вагона чохь. Хьасан Iуьллачу соне, бIаьрг а бетташ Iара Малх-Аьзне. Ойлано хьоьстуш, цуьнан йоьлуш йолчу беснеш тIехулла охьаIийдалора, цу Iаьржачохь кхечарна гуш доцу бIаьрган хиш.
«Сан безам. Сан Хьасан. Хьуна ца хаьа, суна хьо везавеллий. Хуар а дац. Сан дог кийрара схьадала гIерта, хьо суна тIех-сов везарна - бохура цо, шен дагахь,
          - Ма хала бу, дагахь дерг дийца йиш йоцуш болу, и къайлаха болу безам. Марж дуьне яI!» олий, доккха са а доккхий, юха а шен ойлане ладоьгIура цо. «Ма Iаьржа ю кху чохь? Хьасанана наб кхетта. Хала ду цунна. Да цомгуш ву, карахь даа рицкъ ца хиларна ийзалуш, юьхьIаьржа ву иза кхечарна гергахь. Муслиман, Мимпин доьзалаш тхойца бацахьара, хIун дийра дара оха? Къакъин, я Ахьмудан дикане сатийсар долуш хилча, ма хала дара, цара сагIина белла а, даарах цхьа цинц бала. Зараъ? Дийнахь, «яа хIума яц» бохуш, даима йоьлху. Цо а, цуьнан йоIа а цIезо санна шайн моччагIалашца болх бо, и сирла сахиллалца. Марха? Хьакха санна яжар долуш ю, оьздангаллех цхьа а, хьаса бисна бац цуьнца. «ДегIан хазалло шен айъана сий, хама боцуш хийцана цо, гайна безначу томах, дегIана езначу паргIатонах» элира цунна, кху деношкахь Забас. И буьрса дешнаш, сайна тIаьхьа тIе ца олийтуш, ялар гIолехьа ду суна. Ялар? Ялар. Цул тIаьхьа хин дерг, хIу ду техьа? Кхин сатоха ницкъ бац, хетарехь кийра галабаьлла сан. Ялар? Iожалла? Ма хьалхе кхечи-кха иза суна тIе. Ткъа Хьасан? Мама? Сан хьоме нана. Со елча-м, хьайн дахар нисдан йиш йолуш, паргIата хира яра хьо. Сан нана, ткъе берхIитта шо бен ма ца кхаьчна хьан. Дада вийна а даьлла, ялх шо. Ма дуьне ца диа-кха ахьа а. Со йина ши шо далале, итт шо хан тоьхна сибреха вахийтара вайн Дада. И итт шо чекхдолуш, нахчий, гIазакхий набахтехь вовшаха леттачохь вийна иза. ХIу дер ткъа, Дела кхел иштта хилла-кх. Мама! Хьо кхин йоккха а яц, керла доьзал ца боло. Ткъа аса хIинца, сайн сий а дайъана, хьо юьхьIаьржа муха хIоттора ю? ХIа-хIа! Малх-Аьзне гур яц шуна, Мархас санна шен сий дайъана. Дицлура дац-кха, цу дийнахь хилларг-ам. Хьажахь, и «хьарса гIазакхий», хIара хьакха а лаьттарийца, юххера дIа а ца йолуш. Соьга, и шен хьакхийчух тера болу бIаьрг а теIош, арахь нишка хиъна Iаш йолчу Мархин агIора, корта а лестош къежара иза суна. Цу дийнахь и вийча, Iебар яцара со. Муьжги! ХIа-хIа, мостагI! Гура яц хьуна со, сайн дегIан сийдайъана. Нахчийн йоI гур яц шуна, пайдабоцачу ялла. Тхо шадерш а дац, Мархех тера. Асмаъ? Асмаъ леш йоллу. ТIаьххьара къахьоьгуш ю иза. Цо а ца дайъара, шен йоьIан сий» бохуш йолчу цу йоIас, и тайпа ойла шен дагахь сецайора, ехачу месех йина шен чIаба буйнахь а къуьйлуш. ТIаьххьаре а, кIажар дIахийцира Малх-Аьзнес, кIант Iуьллучу соне хьежо шен бIаьргаш сецна а долуш.
«Оьздачу, гIиллакх долчу йоIехь ду, ийманан догIа. Цуьнан сий башламал лекха ду. Дуьненчохь и мел еха а, кхана и Далла дуьхьала яхча а, сийлахьчу тIегIане тIехь хира ю иза» нанас бохуш, кхиийначу цуьнан ойлано, шена тIе куьг кховдор, дика доцийла хууш йолчу Малх-Аьзнега бохура: «Бусалба вежарин бIаьрг бодуш, мостагIашна луарг хьох долуш, хьан дегIан чархано ахьа бохург ца деш, осалалла гойтачулла а, хьо кечло елла дIаяла, хIай яхь йолу нахчийн йоI!». «Ахьа нигат де иштта: «Дела хьан дуьхьа, цу къизачу керстанан хьалха, хьан лай болчу сан бусалба вежарин сий айъархьама, тIеоьцу-кха аса хIара къа. Хьан Iазапах кхоьру со. Хьоьга доьху аса, гечдехьа суна ва Везан Дела! Хьоьгара сайна къинхетам хиларе, ахьа суна гечдаре сатуьйсу аса. ГIазотан новкъа даккхахьа, ас-сайна ден дерг» олуш хьастало хьо Малх-Аьзне, цу Везачу вайн АллахIана. Дела, къинхетаме ву хьуна» бохура, йоIан са, паргIата даккха гIерташ йолчу ойлано.
Iуйранна, маьлхан серло чукхеташ, чохь сирлаелира.
          - Ва-а! Аьзне-е! ХIун ди ахьа!? - олуш, цIеххьана баьллачу махьаро самабохуш хьала лилхиначарна, ирча сурт гира.
          ЧIагIвеллачу дена, гонахьа хьийзаш волу Хьасан, паргIатваьлла хан еъча, Малх-Аьзнега къайлаха бIаьрг тухуш хуьлура даима иза. ХIинца, дена уллохь дIатаьIана волу Хьасан, и мохь а хезна хьалаиккхича, хиллачух ша кхетча, чехка пенехьа вирзира. ЙоI евзиначу кху пхеа дийнахь, цхьана агIора серла даьлла хилла дуьне, макхделара хIинца цу кIантана а. ЦIеххьана, кийрара узар болуш, оганах буй туьйхира цо, буй биначу цу куьйгах цIий дIа а тосийтуш.
Малх-Аьзне пенаца кхозуш яра, шен хазачу кIажарца логах хорам а бина. Цуьнан когашкахь Iуьллуш яра, дог гIелделла йолу нана Деши. Дашоца варкъ диллича санна хаза, нехан бIаьрг хьоьстуш хилла и еха кIажарш, хIинца дуткъачу логах го боккхуш, муьшан метта хьалайихкина яра «скобанах» тосуш шад а бина. Оьздангаллах йоьхна, дегIан сий ца дойъуш, хьайбан хьесапе йирзина мостагI ца кхардавеш, гергарчу нахана тIехтохам ца буьтуш, дозала дан бахьана дитира цу йоIас. Шен жимачу дагчохь кхаьбна хилла и мерза безам, байлахь бисира цуьнан. Шена тIе куьг кховдор Iесалла юй хаарна, хаддаза Деле шена гечдар доьхуш дIаяхначу цу Малх-Аьзнес, доккха масала дитара шена тIаьхьа.  
Цу кепара къахьоьгуш йоллу, яхьйолу и Асмаъ а, делкъа-хан хуьллуш дIаелира. Къоман тIаьхье кхио томехь йолу нахчийн яхьйолу и ши йоI, цIен-къорза истанга кIелахь Iуьллуш яра, «новкъаяла» кечъелла.
ЦIерпошта сецира. Вагонан неIарш а йоьллуш, маьхьарий детташ лелара хе лаьтта салтий, биснараш составан йохалла ши могIа беш, цуьнан шина агIора дIахIиттина, ха деш лаьттара.
          - Есть умершие? Давайте быстро, вынесите труппы. Стоянка сорок минут - бохуш, мохь беттара «хьаьрса салтийчо».
Царна хаьара, кхелхинарш тахана дукха хира буьйла. Ши де хьалха, нир-ун кхетийта шаьш деллачу дааро биначу белхан жамIа дар а, иза зер а мехалла долуш гIуллакх дара церан. Тахана, схьагуладан деза декъий дукха дуйла шайна хаарна, тIаьхьара вагонан чуьра нах охьабехира салташа и болх цаьрга байта дагахь.
- Устинов! Отцепляй последний вагон, чтобы потом прицепить к следующему составу. Пусть собирают свои труппы. Я дам соответствующее распоряжение Начальнику станции - олуш, омра дира цIерпоштан коменданто, шен гIоьнча волчу майоре.
          Охьадохуш долу декъий, сал беш тIекIелдохкуш, схьа гуладайтира цара чехка. Массанхьара, схьахезаш дара зударин белхарш. Де, дийне мел долу, совдуьйлуш дара лешболчу нехан декъий. Дуьххьарчу дийнахь санна боьхана боцуш, шаьш дан дезарг хууш бара, кху деноша дукхаза кийра мерцина болу вайнах. Кхаьргахь болу бала кIезга болуш санна, гIазакхийн салтий а гIертара забарш лелон цу нахаца.
          - А ну Ваня, дай огня под ноги, вон тому гусю. Пусть станцует нам лезгинку - аьлла, салтийчуьнгара схьаэцна, когаш кIела автомат туьйхира кеп хиллачу эпсаро, дегIана лекха волчу цхьана нахчийчунна.
ЦIеххьана, шен когаш кIела цо герз тоьхча, кхералуш кхоссавелира и пекъар, шен коьртара куй а божош. Цунах самукъа даьллачу салташа, маситтазза герз кхоьссара и пекъар хьовзош.
Схьагуладина декъий, сал бина тIекIел дехкича, тIевахана цхьана воккхастага, доIийна куьйгаш хьала айъара. Пекъар хьовзийначарех волу цхьана салтийчо, цу воккхастеган когаш кIела автомат туьйхира, беламе сурт карла даккхархьама. Амма воккхастеган цхьа а меже, меттаха ца хьайра. Шен доIа, паргIата чекх а доккхуш «Ами-и-ин!» элира цо. «Амина» олуш, гонахьа болчу наха шайн куьйгаш юьхьах хьаькхира.
Цу тIехь тоам хилла, Iен дагахь бацара вуьш. ТIевахана шина салтийчо, лахахь юьстаха Iуьллу йоккхастеган гужаме дакъа, нехан декъех биначу холанна боьххье доккхуш, цу тIе хаийра цара. «ГIов!» аьлла, гонахьа лаьтта салтий белабелира. ЧIенги кIела хIоттийна куьг а, букара хьевзина букъ а болуш, хиъна Iачохь са даьлла, меженаш гIорийча санна лацаелла яра цу йоккхастеган.
          - Харитон! Объявляю тебе благодарность за рационализаторство. Выдать ему двести грамм спирта, за придуманный надгробный памятник, достойное этому поганому народу - элира, тIевеанчу эпсаро.
          - Служу Сталину и Советскому Союзу - олуш, честь делира салтийчо.
          Адам тийна лаьттара, цу йоккхастеган дакъе а хьоьжуш. Дукхаха болучеран бIаьргаш, хих дуьзанера. Царех цхьаберш летта, бала кийча бара цу минутехь. Амма, уьш сецош дерг кхин дара, доладан накъост воцуш, байлахь дуьсура долу шайн бераш а, зударий а. Боьлуш болчу салтийн бен гIовгIа йоцучу цу арахь, тийна лаьттачеран лергашна хезира, девзуш долу халхаран йишца дагIу вотанан аз. Цецбевлла салтий, цхьана юкъна дIатийра. Доккха, йоьза тас шен коьрте хьала а айъана, и вота етташ верг вара Хьасан. Го боккхуш волавелла, шена гонахьа йолу меттиг, паргIата яккхира цо. Юхахиллачу наха, го бира декъий гуладинчу цу майданахь. Тхьамданан меттиг дIалаьцча санна лаьтташ бара, декъех бина и хола а. Вота етташ, юкъахь лелачу Хьасанана тIе а волалуш, тIараш туьйхира цу меттехь гучуваьллачу Абусалахьас. Абусалахь гина, самукъадаьллачу Хьажис а туьйхира, цунна юххе дIахIуттуш даггара тIараш. Цул тIаьхьа, дукхаха болу кегийрахоша цхьатерра тIараш тухуш дакъа лецира, шайн оьгIазе бIаьргаш салтий болчу агIорхьа а къерзадеш. ТIаьххьаре а, шегара тас юьстах а кхоссина, халхаре ког шаршабеш волавелира Хьасан. Кхечу и тас хьалаэцана, юкъахь йисина вота дIайолийра.
ЧIенгий кIела куьг а хIоттийна, Iаш йолчу йоккхастеган юьхь елалуш санна хетаделла, даггара тIараш туьйхира кIенташа.
ТIулгаш текхош, дистина догIу Орга санна цкъа болар сиха дой, тIаккха лахене кхаьчначул тIаьхьа тийна техкаш долчу Теркан хих тарлой, махо ловзош долу дай пиллаг санна, халхаран шовкъо гонна хьийзавора Хьасан. Шен халхарца цо кхайкхам бора: «ОхьатаIа йиш яц вайн, кху балина хьалха! Кху гаурна гойтура вай, вайн деган локхалла!» бохуш йолу ойла, адаман дегнашка кхачаеш. «Орс-тох» бохуш, деш долчу цу халхаро, мостагIин дегнаш шелдинера, кхуллуш церан даге иштта ойла: «ХIу дойъуш хIаллак дар бен, хIара къам къардан, дисина хIума дац кху дуьненахь» аьлла. И кхерам гаурна дагчу тесинехь а, гонахьа лаьттачарна юкъахь карабора, къарбала кийча берш а. Лай хилла а, хIара дуьне дезаш берш.
Царех волчу цхьаммо элира:
          - Вай, халха дуьйлучохь-ам дацара.
          - Иштта а, вайца оьгIазе болу кху гIазакхийн, вайца болу цабезам совбаккха гIерта хIорш. Нахана зулам дан гIерта - элира шолгIачо а.
«Кхин хIу совялла, оьгIазло гарна кхоьру шу? Кхин хIу совдала, зулам ду хилаза дисинарг?» аьлла диначу хаттарна, церан хира дацара хьуна дуьхьала дала жоп. Цаьрга хеттарш-ам дийра дара ахьа, амма кхин хила пайда-м бацара.
Еха, кIайн маж йолуш волу воккхастага, массарна а хезаш элира:
          - Вита. Халха валийта и кIант. Маржа, сан жималла яI! Тешана ву со тахана, вайн амал йохаян, вайн турпал къам къардан, кху дуьненахь кхин ницкъ ца хиларах - олуш, тIараш туьйхира цо а даггара.
 
          Абусалахь схьакхетта, цунах самукъадаьллачу Муслиман мелла а, йиша елла бала байбеллера хIинца. ЦIерпоштан коьртехьа йолчу вагонан чуьра, кху метте кхача гIерташ маситтаза вагонаш хуьйцуш, чIогIа къахеганера Абусалахьас.
          - Со яла хьан делаI! Ва-а, Жима-КIант! Хьо вац иза? Ма чIогIа сагаттадира ахьа тхан. ХIара хьан ваша, хьуна сагаттадеш, сара санна вакъавелла дIаволуш ма-лаьттара. Хаза-ЙоI а, яха вайн дIа. Дала гечдойла цунна. Ма чIогIа, сатийсира цо хьоьга: «Со ялале, гура вац техьа суна, сан жима ваша» олура цо, кест-кеста. Ма дукха дара цуьнан, хьоьга дийца дезаш - бохуш, йоьлхура Заба, Абусалахьан коьрта тIехула, беранна санна куьг а хьоькхуш.
Чохь болучара, Абусалахье йишех кадам бира. Массаьрга маршалла хаьттиначул тIаьхьа, метта еъначу Дешига, йоIах кадам бира Абусалахьас а.
          - Абусалахь! Хьуна хуучух тера дац, пхоьалгIа дакъа дIахьажийна охьа тахана: Iалавдин йоI, Лайси ворхI шо кхаьчина кIант, хьан вешин кIант Шамал а кхелхина. Дала, эхартан пайда бойла вайна цунах. Асмаана а, Дела къинтIера волийла - олуш вистхилира, Мимпин воккхаха волу кIант, Шепаъ.
          Цу станцехь хIора вагона чу, ши ведар кIорий, биъ мор дечиг делира. Цул совнаха, жаржах дина ши булка гIорийна бепаг а дара делла. Шовзткъе пхийтта стагана, шина дийне довла, тоийта дезаш дара, дастаделча хи санна тIуьна хуьлуш долу и бепаг.
Шина дийнахь, неI ца йоьллуш дIаихира цIерпошта, кест-кеста сацар а хуьлуш. Гурьев-гIалал тIехдевлича, цхьа жимачу разъездехь, эрана арахь сацийра и цIерпоштан состав.
          - Выходите! Стоянка пять минут - элира, кхарна ха деш волчу «хьаьрса салтийчо», арара гIуй дIа а боккхуш.
Цхьангехь, цхьа тIадам хи доцуш, де-буьйса даьллера. Дагаро, тиларча воьдачу хьола тIе ваьккхина волу ГIамас, мала хи доьхура массо а ханна. Дена дала хи доцуш, холчахIоьттина хилла Хьасан, сурил а эцана, араведира вагонан неI дIайоьллушшехь. ТIегIорта аьтто боцуш, жIуга йинера крантан гонахьа, хи эца гIертачара. Шовзткъа гIулч дехьа, «запасной» некъаца салтий а, церан поварш а бара хи оьцуш, шолгIачу крант гонахьа гула а белла. Хьасан, цу агIора дIаведира.
          - Стой! Стреляю! Ух ты, ш-шакал басурманский - олуш, цхьа-шина салтийчо чаппаха дIасхьатуьйхира шайгарчу тоьпин.
Амма, шайн накъосташна кхетарна кхоьруш, герз ца тухуш, цунна тIаьхьа хаьвдира уьш. Хи оьцуш воллу салтий, белш тоьхна дIавожийра Хьасанас. Гонахьа берш метта бахкале, чехка шен сурил хих а юьзина, вагонаш йолчу агIора юхаведира кIант. ТIаьхьа бевдда богIучарех къаьхкаш, нацкъара раз дIаведира иза.
          - Ах ты, сука черно... ! Ну гад, мы давно приметили тебя. Шакал! - олуш, букъсурт лоцуш автомат туьйхира салтийчо.
ШолгIачо, тIевахана коьртана хьажош, пхоьазза йолу топ йожийра кIантана. И сурт а гина, тIехьевддачу Абусалахьна, Хьажина, ШепаIан кIантана Хьуьсайнина дуьхьала герз туьйхира, дехьо хе лаьттачара. Абусалахьан пхьаьрсана чов еш чекхъелира дIаьндарг. Шен ден вешина хьалха нисвеллачу Хьуьсайнна а кхийтара, аьрру варо лоцуш шолгIа дIаьндарг. Иза охьавоьжча, зударашка маьхьарий девлира. Баккхийрачу наха а деттара маьхьарий :
          - Юхадовла сиха! Ма дайта, цаьрга шаьш хIаллак! - бохуш.
Минот ялале, цIерпошто шок туьйхира, адамашна вагонаш тIеховша дезий хоийтуш. Хьуьсайнан дехьий-сехьий пхьаьрсаш лоцуш, юханехьа ведара Хьажий, Абусалахьий. ДIасхьа даржийна куьйгаш а долуш, сурилан чуьра охьаIийдалуш долчу хин тIадамашка хьаьжжийначохь диллина бIаьргаш а долуш, цу эрна арахь ша Iилла висара, яхьйолу нахчий кIант Хьасан.
КIантах хилларг ца хиара, цу хенахь лазаро кхетамчуьра ваьккхина волчу ГIамина. Кхин метта ца вогIуш, буьйса юкъал тIехялча, дIавелира иза.
ШолгIачу дийнахь, делкъал тIаьхьа эрна арахь, лайх дIабоьхкира рогIера белла нах. Царна юкъахь вара воккхастаг ГIама а.
***************************
          Ца гуш дIаялла йиша, вийна Хьасан, велла ГIама, Мархица къастийна юкъаметтиг, и дерриге а цхьана дийнахь нисдаларо, Абусалахьан и ойла, са бIарздина кхехкаш яра. «Борзана» ша йина чIагIо йицъелла воцу иза, вагонан аннин оганах Iуьрг доккхуш вара хIинца, уьрсан мукха а хьоькхуш. Цуьнан дегIаца лачкъийна яра, цхьана вагона чукхаьчча, Халипатас кхуьнга юхаелла ворхIазза йолу тапча. Iаржъеллачул тIаьхьа, мукхаца болх бора цо, дIа ца вуьжуш. ЧIир екъа, кхо билгала винарг вара, кхеран вагонна хехь лаьтташ волу хьаьрса салтий. Цунна тIехь хIара сацаран бахьана дара: хьалхараниг - йоккхастеган докъаца, цо бина эвхьаза бегаш, шолгIаниг - кху чохь болучара и шайна гича, цара цунна сардамаш дохкар. Вагонан цхьа агIо гIопаста а йолуш, хехо тIехIотта меттиг болуш яра. Цу тIехь рогIехь хийцалуш, ши салтий вара ха деш массо а ханна. «Тулуп» олу, йоккха кетарах а хьаьрчий, топ мара а юллий, Iара уьш даима. Хебна Iаш шел а лой, топ скобанах а уллий «зарядка» йо кеп хоттош, кхоссалора кест-кеста, вохвала гIерташ волу хехо. Абусалахьас даьккхина Iуьрг, и хехой Iаш болчу агIора дара.
Иттех сов де даьллера, цIерпошта дIаоьхуш. ХIинца, цхьацца йолчу вагонаш тIера, охьабиссош бара нах, цу бевзаш боцучу пана махкахь. ДIакъастош болу нах боьлхура, вовшин Деле а боьхуш. Станцешкахь а, эрана арахь а, поездана дуьхьала баьхкиначу юьртабахаман хьаькамаша, маьттаза хабарш а дуьйцуш, лай оьцуш санна «сортировка» йора, халонан къурд Iаьвшина болчу нахана.
Цхьана Iуьйрана, чохьберш бийшина а болуш, Iуьргехула тидамбеш Iачу Абусалахьана гира, хьаьрса салтийчо фляжка а ястина, цу чуьра спирт молуш. Ирах вирзина лаьтташ волчу цо шен батт а чIечкъош, там хилла хьакхано санна узарш дора. Цул тIаьхьа, некъо гола тухачу меттигехь, цхьана куьйга аьчкан тIам а лаьцна, багахь олуш йир а йолуш тIаьхьарчу вагонашка хьоьжуш, чукхозавелла лаьттара, маларх кхетта волу и хехо. Абусалахьан аьтто болуш, хIоьттана вара иза хIинца. Сиха четара схьаяккхана тапча, цуьнан кIесаркIаг лоцуш, Iуьрган чухула хьажош шозза йожийра цо. Цул таьхьа, и тапча сиха чета а йоьллина, вижина Iуьллу кеп хIоттош, дIатаьIара кIант. Чохь болучарех ши-кхоъ вистхилира:
          - И хIун тата дара!? Кху чохь даьлча санна, ма чIогIа дара иза? - цхьаммо аьлча,
          - Иза-м, оцу ехначу «хьаьрса хьакхано» кхоьссина герз хира дара - элира кхечо.
Коре хIуманаш тоьхна, арара чукхетта са кIезга хиларна, чохь хIинца а Iаьржа яра. Кхин жимма ладоьгIуш а Iийна, хьалагIаьттира Абусалахь. Мох чу ца хьекхийта тоьхначу юргIанан цхьа агIо схьа а йостуш, корах араластийра цо шегара тапча. Цул тIаьхьа, юргIа нисдеш кор дIа а къевлина, пеша чуьра схьаэцна, дагийначу дечиган кIора хьаькхара цо, ша керла даьккхина Iуьрг кIуьрзах дузуш. Чу горгам юллуш и Iуьрг дIа а къевлина, цициг санна хебаш, соне дIавижира иза.
          Ши-кхо сахьт даьлча, цIерпошта сецира. ЛадоьгIуш Iаш волчу Абусалахьна хезаш бара, ха хийца веанчо, шен накъосте бетта мохь. Дукха хан ялале, эпсар кхечира цига, шеца салтий а болуш.
          - Товарищ лейтенант! Мы сменились ночью. Я не знаю, куда мог он деться.
          - А я знаю. Видишь, ружье висит на скобе? Как обычно поддал и уснул. А на повороте свалился как пенёк. Хорошо, если жив остался. Передайте коменданту поезда, что между пунктами номер 118 и 124, в промежутке времени от трех до семи утра, пропал сержант Харитон Макаров. Скорее всего, свалился с платформы после принятия дополнительного пайка, что получил за рационализаторство - элира, лакхарчу хьаькамана, реза воцучу лейтенантас.
«АлхьамдулиллахI! Дела, ма дика ву хьо. Ма дика нисйикха аса и чIир. АстогIфирлахь! АстогIфирлахь! Сан куьйгашца ахьа и чIир» олуш, юьхьах куьйгаш хьаькхира Абусалахьас. - Схьахетарехь, и «вайн хьаьрса хьакха» къаркъа сов а даьлла, чувоьжначух тера ду-кха, цу арарчу къамелашка ладоьгIча - элира цо, шена гергахь Iачеран самукъадаккха.
          - ЛадогIиша! И вайн «хьаьрса хьакха», къаркъа сов а даьлла, вагон тIера чуйоьжна бохийца - элира, цунах самукъадаьллачу цхьаммо мохь а тухуш.
Чохь берш а, Далла хастам беш бара, цу кхао самукъадаьккхина.
          - Везан Дела! Ворта а, букъсурт а кагдина, дисна дахар Iазапе хилийта ахьа цуьнан - бохуш, сардамаш доьхура зударша цунна.
Цу кепара Iазапхьоьгуш, кхин исс дийнахь дIаихара хIорш, шаьш кхочуш болчу дIакхаччалца. Кхузткъе пхийтта шо кхаьчна йолу Мимпин марйиша, некъ ца лайна Кокчетаван областан дозане кхаьчначул тIаьхьа дIаялла, цIейоцучу цхьана станцехь охьадаьккхира цуьнан дакъа.
(тIаьхье ю)

Асламбеков Сулейман
Просмотров: 565 | Добавил: erzu | Рейтинг: 4.8/5
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Март 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
      1
2345678
9101112131415
16171819202122
23242526272829
3031
Назам
Адин,Сурхон илли