Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2015 » Октябрь » 17 » ИЛЛИ
09:32
ИЛЛИ


Со цкъаа хилла вац нахчашний, гIалгIашний юкъа зайлаш деттачарех.
Уьш вайх бу, вай царех ду, вай, цхьа НАХ ду.

                                                                                                                                                 
                                                                                                                                               
Сулейман Асламбеков.

Хьалха олу дош.
          Суна, ахбIешо сов хьалха гина тептар арахецар, муьлхачу муьран зарба дара ала хууш вац со. Амма, 1960-гIа, я кхузткъе цхьалгIачу шарахь аса юкъ-юкъара дийшира (ма-дарра аьлча, кхин солла, тIех баккхий боцчу нийсархоша), вайн меттан зорба долу, вайнехан фальклоран дийцарш тIехь долу и тептар. Суна езаелира Зайт Шихмирзан, Жуми Акхтуллин, Ади Сурхон, СаIадуллин, обаргаш хиллачу Зеламхан, Саламбекан, Варин иштта кхин йолу цIераш. Ма-хиллара, цу зорбан чулацам дага ца багIахь а, шеко йоцуш ала йиш йолуш ву со, СаIадуллех, Малсагах лаьцна хилла и илли, кхузаманан иллица галаморзахалла йолуш ду аьлла. ХIунда къастийра сан беран, кIоргене кхевдина, хьесапдан хууш боцчу буьйда кхетамо, цу шиннах лаьцна и илли?
          Сан де вешин кIант, 60-гIачу шарахь арме вахча, цуьнан, тхан шира тхов тIевийлар дагадеъна (цхьана тхов кIелахь бехаш бара, кхаа вешин доьзалш), ас таллам болийча, суна карийра ширачу чамди чохь, тайп-тайпана книгаш. ГIазакхин книгаш юкъахь, суна ладаме яра шайна тIехь суьрташ дерш, хиларна цу хенахь сан а, сурт дилла лаарца йоьзна, кхоллалуш йолу корматалла. Цу книгаш юкъахь суна тайнарг яра, графикан аматехь дехкина Iаьржа, боьмаша басахь суьрташ долу, массарелла шуьйра, стомма мужалт йолу цхьа книга. ДагадагIарехь, шира а яра и книга, хено маждина агIонин кехат а долуш.
          Цкъа, цхьана сарахь, сан дешар талла леринехь а, я ша-тайпа долу, суна хьалхара и шуьйра тептар тидаме эцнехь а, сан дас караийцира иза, шина пIелга юккъелаьцна цуьнан агIонаш а луьстуш. «ХIара тайпа книга, тхан хенахь, хьехархочуьнан а хуьлуш яцара. Мичара ялла хьуна хIара?» аьлла, юкъ-юкъара еша хIоьттира сан да. Цу хенарчу юьртахь тетрадь, книгаш, тIоьрмаг (папка), бес-бесара къоламаш, басарш, кхин тайпа дешархойн гIирс дефицитехь бара. Делахь а дас, суна кхоош хIума дацара, аса дешчахьана.
Тетрада бухахь къайладаьккхина, айса цу тIера дилла долийна сурт юкъахдисаро са кIамдина Iачу суна, оьшуш яцара янне а, ден хIинца гучаялла хаа гIертаран и хьашто.
          - Хьажахь! Вайн тайпанах волу, эцца кертал дехьа вехачу Махьмудан (Хамзаев) ден ШахIидан, де ден маьхча хиллачу СаIадуллех лаьцна, илли а ма ду кху тIехь-ам, - аьлла, хозийтуш масех могIа бийшира Дадас, - СаIадуллица цхьаьна, цу гIалгIайх леташ хиллачех цхьаъ, сан де да волу Тур хилла, цIарца билгалваьккхина, кху тIехь вуьйцуш и вацахь а. И Тур, шен жимаха волчу вешица, цу СаIадаллица цхьаьна, Хьонкар махка дIагIура ву, вайн аххалкъ махкаха долачу муьрехь. Цу махкара цIавалийна ву, кхойтта шо кхаьчна волу, и Тур вийча байлахь висна сан да Боппа а (чуьрачара, цIе кхобучара йоккху цIе), - элира цо.
Сан дегара хаьа суна, маситтазза цу СаIадуллина, Шамалан мурдаша и вен кIело йина хиллийла. Заки-эвлана, Алхан-Юьртана юкъахь шена кIело йича, цул тIаьхьа вахна иза гIазкхашна тIе, «…цхьаннах ларавала атта хира ду суна, шина мостагIехчулла» аьлла». Цуьнан и дийцар, со цхьанни лерина дацара, цу чохь яра сан нана а, кхиазхойх долу де вежарийн бераш а.
Кхин иттанаш шараш дIадевра ду, аса сайн тайпанан орамаш тIехь талламаш беш, хьесапаш гуладеш. Дукхаза карладохура ду аса, сан ойла гIевне йина хилла бераллин хенара и шира къамелаш а. Сан да дIаваьлла, 18-тта шо хьалха, нана, дийна ю хIинца а. Иштта, цу сарахь сан дега ладийгIиначарех бисина а, кIезга бу тешаш.
          И книга а, дукха ца хьеелира соьгахь, цунна дуьхьала делла, бес-бесара къоламех со Iехаваларна. ГIазакхин матталла, нена матто дуьйцург кхетош хиллачу суна билгалдаьлла ду, и илли хьарцхьа даьккхина хилар, пророссин некъаца (ориентаци) хиллачу, гIалгIайн турпалхочуьнга узуш.
«Лупа» олу, доккхаден бIаьрг ца хилча а дика гуш ду, кхузаманан и илли кечдинарг гIалгIай, я нахчийн орамна тIеязвелларг хилар. Нахч-гIалгIайн таханалера Iедалшна а хира бу хIайбате, гIазкхашна томе хира болу, бакъдерг дойъу и харц мукъам, дешнаш. Сан къинхьегам, цунна дуьхьало ян лерина бу, бакъхилларг ма-дарра довзийта вайн тIаьхьенашна. И дIаяхна «къонахойн зама», тера хилла яц, тахана, карахь йолчу заманах. Тахана, вайх бу бохучара бехке бо нахчий, мостагIалла лаьцначара вайца тIом болийча а, вай цара къизаллица дайъича а, дуьненан маIIехь, цхьанге цIинцIолг ялча а.
          «Кавказан тIом» вайца болорна, муьлш бара бехке? «Крепостной бакъо» тIелаца ца лиъна «нах» а, суьйлий а барий? ХIунда кхечира вай эшаме? Нахчийн къонахошца хила беза ларам юхатеттина, суьйлий, шайн вортана тIеховшо волавелла имам дIатесчи бен, кхоччуш туьйларий и гIазакхий вайн махкахь? Вирна а, цхьана вортана магийнарг, цхьа гIомат бен яц! Ткъа вайга кхийдориг ши гIомат яра, гIазкхийн а, суьлийн а, цу тIеман тIаьхьарчу 5-10 шарахь.
          Ямартлонан бух кечбина, дойъуш дисна вайнехан ах халкъ, Хьонкаре махка и арадаьккхинарг хьенан Iедал дара? Дера дара, гIазакхийн къиза Iедал. Цул тIаьхьа, Россехь революци айъана, Советан, адам дуу иблисан Iедал кхоьллинарш, барий ткъа нохчий? Я колхозаш кхуллу бохуш, адаме, Украинехь санна мацалла яийта леринарш, нахчий бара ткъа? Иссаза гIаттам ойъуш дуьхьало йича, ханна гIоьмаш, буржалаш маладина, вайнехан бакъонаш шорйо бохуш цхьа хан ялча, «дезертираш», «бандиташ», «изменникаш» аьлла, юха а доллу халкъ махкаха даккха кхоьллина и харц цIераш, вайна йогIуш техкина ярий? Аххалкъ хIаллакдеш и махках даккха кхоьллина бахьана, халкъо шех далийтина дарий, 9-10 % шен къонахий тIаме хIиттина а болуш? «КIайн говр - дашо нуьйр», «немцойн десант», «обаргаш», «гIаттаман яккъаш» бохуш харц кхоьллина цIераш, цу муьрехь, шен лаамехь (доброволец) цу тIамтIе ваха араваьллачу сан дена йогIуш ярий?
          Вайн халкъ дацар ткъа, шайн Советан Iедал доьхна, гIазакий хьийзачу муьрехь, царна гIо а деш шайн маьрша, цхьаннех йозушйоцу пачхьалкхе дIакхайкхинарг и кхоьллинарг? ГIоьртарий вай, йоха гIертачу Россин хьолах пайда эца, масала, вайх яхна кийсакаш (Аух, Пригородни кIошта, ишт.кх.е.) юхаерзон мукъне а?
          Муьлш бара, хьенан Iедал дара, Нахчийчохь, дуьххьара тIемаш болорна бехке? «Чеченская мафия», «чеченский бандитизм», «чеченское авизо» аьлла юкъабаьхна кхетамаш, хьа баьхнера юкъа? Россин зуламан дай болчу жугтийн банкираша, цу мехка зуламхоша, цу шина тобано кхиийначу политикаша, цара хIиттийначу Iедалдайша болийна бац ткъа и тIом?
          Цхьана шарахь, Россин регионашкара «авизоца» лачкъийнарг 270 миллиард ахча дара, цхьана Ставропольски краера 50 миллиардана кечйина 151 «авизо» а йолуш. Ма-дарра аьлча, нахчашна, цIена каракхаьчна ахча 2.6-1.9 миллиард бен дацара.
          Ша-шаха хаттар кхоллало: «ХIунда тиллина цу къоланна, «чеченское авизо» аьлла цIе? «Казачье авизо» аьлла тилла ца йогIура, нахчелла дуккхуо а сов ахча лачкъийначу казакашна? Я «дагестанское», «краснодарское», «томское», «петербургское» аьлла тиллина цIе нийса хира яцара? Доцца аьлча, банкаша цу заманчохь диначу зуламан барам, 67 триллион сом бу.
ХIара, сан цхьаннан хьесап дац, хIара, вовшашца къийсалуш, Iедале яхка гIертачу тобанаша зарбане дуьллуш, цу муьрехь цара дина мукIарлонаш ду.
          Юьтур вай Росси. Нахчийчухула чекхюьйлу «еса вагонашна» тIелеташ хилларш, муьлхачу кIоштара нах бара? Йа, вайца тIом боло бахьана кечдинарш гIазакхийн Iедалан лаам чекхбаккха лерина гIоьнчий – Россин «турпалхой» болу ЗавгаевгIар, ХасбулатовгIар, ХаджиевгIар, АвтурхановгIар, ГантимировгIар бара, я доллу, 90% халкъ шех тешна долу, цхьа Дудаев вара цу зуламна бехке?
Вайн халкъах 0,01% бен доцчу декъана дезнарг, шайн верасаллин тIома кIела а лаьцна, 30% къам а, 90% цу халкъан бахам а хIаллакбан догIарий те Россино? Юха а, «ШолгIа тIом» боло, гайта бахьана ца хилча, шайн дийшинчу адамашца цхьаьна цIенош а лоьлхийтуш, йоллу невре, малхбале, малхбузе дIалаьцна эскарш тIететтина, и тIом болийнарг хьенан Iедал дара?
«ШолгIа тIом»? Аша олу: «…бехке, Басаев вара». ХIа-хIа, вацара! Басаев, лулахошна «гIо дан» ваха ши бутт хьалха, вайн лелха лаьмнаш, Теркал дехьара невр-аре дIалаьцна, вайн мохк гIазакхин Iаткъамехь хиларна бехке, Басаев вара? Ткъа тахана, нахчий шен Даймахкара идарна, мила ву бехке? Хьанна, совгIатна кечъеш ю, кху кхаа бIешарахь къизаллица гIора малдина, тахана хазаеш йолу и «Дуьненан ялсамане – Нана-Нахчийчоь»?
Ахь деллачу жоьпе хьаьжжина, ойла ечара хадийна ца Iаш, цу Везачу АллахIа а хадора бу хьан бакъ мах. Ойла елахь цуьнан!

          Девзарш, хилларш, хьесапо нисдинарш тидаме эцна, тодина хIара илли, тешалахь бакъ долуш хиллачунна гергахь хилар, сан ладогIархо!
Бакъхилларг харцхьадахархоша боху: «…Малсаг, машар лоьху юкъарча вара. Иза, Шамалца машар лаха, и волчу воьдуш вийра». Иза, бакъ дац!
Малсаг, цуьнан масех накъост (кхоъ+цхьаъ) Шамал волчу воьдаш ца хилла, гIалгIайх кхоьллина «милицин тоба» дIа а йигна, «Воздвиженская» олучу гIопахь кIорддолца гIазкхин эпсаршца къаркъа муьйлуш, кехатех ловзуш са а къийрина, «Назранан гIопе» кхача, уьш юхабирзина богIуш ваьлла царна дуьхьала, Шамалан буьйр кхочушдан веъна СаIадулла.
Иштта а, ша волчу вогIу Малсаг, гIазакхин гIопанна гергахь (2-3 км), хIунда оьшура йийсар ван имамна? «Муха айъаделла хьан куьг, кху тайпа товш волу стаг вен?» (гIалгIайн версица) ша эриг хилча, хIунда дина Шамалс «корта ба!» аьлла омра. Уьш а, цу тайпа кхин дерш а, кхузаманхойн туьйранаш ду.
Парадокс ерг кхин ду, кериста паччахьан хьашташ кхочушдеш хиллачу Малсаган а, суьйли волчу Шамалан омранаш кхочушдеш хиллачу СаIадуллин а, юкъара, 10-11-гIа да (Андари) цхьаъ хилар ду. Тахана а ца го вайна, изза дерг? Цхьаберш Путинна ламазаш деш бу, вуьш, шаьш Делан векалш хеташ лелаш бу, «АллахIу Акбар» бохуш Нах бойъуш. Хира юй техьа и ши тоба, цу АллахIа къобал йиначарех? Изза хьал ду тахана, ГIалгIай чохь а.
          Цу могIара ду, Малсаган бусалбалла гайта гIертачара дуьйцург а. Цара дицдина, 1860-гIа шарал тIаьхьи бен, Кунта-Хьажин беркат, ГIалгIайчохь шуьйрра даьржина ца хилар. Бакъду, кхузаманхоша «Назрань» олу меттиг, цигахь цхьаа гIишло а йоцучу хенахь, гIалгIаша бусулба дин тIеоьцура долуш, царна, нахчаша совгIатна белла мохк бу, Чечанара Мохьаммад-хьажа «Мехкан Кхелан» коьртехь волчу муьрехь. Делахь а, ала йиш ю вайн, и гIалгIай берриш а ца хилла цIуо-динехь а, я кериста динехь а, XIX-гIа бIешараш долалучу хенан юьхьигехь хIетте а. Цхьаберш, бусалбалла долуш а хилла.


( Наиболее детально религиозные воззрения ингушей XIX века проанализировал С. Броневский: «В древнейшие времена ингуши ...были христиане и находились в подданстве грузинских царей. Отпавши от христианства, они обратились к древнему своему богопочитанию, потом опять возникло христианство на короткое время и, наконец, приняли ингуши магометанский закон, но притом держатся еще совокупно языческих и христианских обрядов ...» (115, С. 161). Таким образом, С. Броневский первый обратил внимание на смешение различных религиозных систем у ингушей. Это же подтверждает Ч. Ахриев, который отмечал, что «религия ингушей весьма неопределенна и представляет смесь понятий языческих, мухаммеданских, христианских и т.п. Эта неопределенность придает какой-то индифферентный характер религиозному настроению ингушского народа» (362, С. 203). )

          Амма вайна хаьа, Буру-ГIалана гонахьа баьхначу гIалгIайн цхьа дакъа, хиллийла кериста динехь, биснарш, дукхаха цIуо-динехь (язычество) а болуш. Малсаган валар а нисделла, 1857-гIа шеран шолгIачу декъехь (аьхке). Цу хенара паччахьан Iедало сийдина, гIалгIайх долу цхьа чкъор хилла дац цкъаа, бусалба динна а, шайн маршо ларочу нохчашна а муьтIахьа. Амма, цIуо-динехь болу гIалгIай, дуккхуо а алсама, тешаме хилла нохчашна, гIазкхийн керистана тIетевжиначу гIалгIайлла.
          Цу иллин шолгIа галаморзахалла нисъеш, билгалдан лаьа кхин цхьа бакъдерг. Иллица хьахош ду: «ГIа-бецал ва дукха и Iаьржа суьлий ва болуш, … КIелахийша велар-кха Бетакан СаIдулла Несархойн Малсагна,…». Иза а нийса дац. Цкъа делахь, цуьнца хилла, даима хуьлуш волу пхийтта бIонакъост (кхузаманан терминца «охрана», «сопровождение»). Царна юккъехь хилла сан ден, де да Тур а, цуьнан жимаха волу ваша ТIука а. Тешнабекх бан лериначо, я кIелахиъначо эрана къамелаш ца до. Цхьаъ йийсар ван, я и вен лериначо, кечо ян а, шена дуьхьало ян а, хан ца ло хьогIечунна. Цул совнаха, цхьацца ваьлла, герзаш харжийтана лата а хьашт хилла дац хьалханчана, шеца, цхьаннин виъ кхочуш, цIе яххана бIахой хилча хIетте а. Цу тIе уьш хилла дац, юкъара, юьхьаралла къовсу ловзарш а.
          Цу латарехь дакъалаьцна сан ден де да Турна, лен воцу чов хиллийла а, Шамална дуьхьала СаIдулла воьдуш, иза цуьнца вахна хиллийла а хаьа тхуна, тIаьхьенашна. Кхин цхьаъ а хаьа суна, шена (халкъана) ямарта ваьллачу къонахчунна, шен цIарах цу халкъо цкъаа, и хастош илли кхуллура доцийла а.
          Кхин цхьаъ а билгалдан лаьара суна, иза хиларна ша-тайпа бух болуш. Аса лакхахь хьахийра: «Маситтазза…СаIадуллина, Шамалан мурдаша и вен кIело йина…» бохург, иза гIазкхашна тIе а вахале. Царех цхьаъ (иза тIевахначул тIаьхьа), цхьана сирлачу буса нисъелла. «Йа-а, Iуспан СаIадулла, хьо вуй и!? Хьо, муьлхачу динахь ву?» олий кхойкху цуьнга Шамалан муртазкъоша (уьш хилла бархI стаг, олий дуьйцура баккхийчара), цу «Ташхой дукъаца» долу, «Уштобан баьрзанаш» олучу цу аренан акъарехь. Цара шега дуьйцург Дела дин дуйла ша кхеттешшехь, цо жоп ло дуьхьала: «Со, СаIадулла ву! «КIеза» олучу, тIамехь лерг даьккхинчу динахь а ву со» олий. Цо иштта жоп делча, тIаккха аьлла ду цуьнга цу кIелахевшиначара: «Тигала вала тIемаш дац хьан, Iуспан СаIдулла! Лаьттах вола я мIараш а яц хьан, Iуспан СаIдулла! ...». И дешнаш, Малсаге аьлла дац СаIадуллас, СаIадулле аьлла ду Шамалан муртазкъоша (муртазеки) и майра наиб, имам Шамалца ийгIаначул тIаьхьа.  
          Делахь а, кху иллин могIанашкахь аса а дитина и дешнаш шаьш ма-хиллара, и фразаш хила таралуш хиларна, иштачу меттехь хьогIечара олуш, юкъара. Масала: «Хазчу дашо лам башийна» олу фраза а ма ю юкъара, билгалваьлла, и аьлла да а воцуш.  
          Суна, гергара ду хIара илли, шен цхьацца йолчу тераллица. ХIунда?
Вайн махкана тIегIоьртина мостагI а волуш, Президентан «гергара» хилла лела адмех берш (аса, лерина ца олу царех «нах»), арабевлла, хIайт-аьлла хьийзара, пачхьалкхан рицкъ кIелхьара даккха, тIемалошна кханенна тIаьхьало ян лерина - «НЗ»*. Суна, дика вевзура Вице-премъер волу царех цхьаъ. Аса а, сан бIонакъосташа а таллам бича, гучаделира, и рицкъ уггар хьалха мостагIчо дIалоцура йолчу меттигашка а, тIемалошна цкъаа муьтIахь хилла а, хира йоцчу ярташка а охьадуьллуш хилар. Оха, ха зеназа деш и рицкъ схьадаьккхира цу чагIалкхера, тхаьшша, иза тIаламе эца. Лаьмнин когашкахь йолчу ярташкахь, тешаме хусамашкахь охьадиллира оха и рицкъ. Бакъду, эладитне хьожа чIогIа елира вайн махкахь, сох ямартхо а веш, схьайиллиначу эфирехь паччахьо ша омра а деш: «Ша тIекхаьчначо, ве и Сулейман!» аьлла. Варий со ямартхо а, я вен хьакъ долуш а? Иза, хено гайтира, дIа а нисдира.
          Изза ду,цхьаболу псевдо историкаша, СаIадуллех лаьцна дуьйцург а. «Еха буьйсанаш» аьлла яздиначу тептар тIехь цара гойту КГБан тешаллаш. Уьш ду, паччахьан Iедалера долуш санна кечдина. И тептар арадалийта. Абузаре кховдийнарг бу (цунна хууш, я ца хууш хилар, иза кхин тIегIа ю), кханенна лерина Iалашо йолу, СаIадуллица боьзна кхузаманан биллам.
          Цу тайпана йолчу ларца, тахана а бехбо, халкъан къонахий.


P.S. ЧIинахан силсилан, иссалгIа чкъорах волу Iуспан воI СаIадулла, изза «Гиххойн СаIадулла» (гIазкх.аьлча: ист. «Саадула Гехинский» имеет имя по наибству), изза волу «Бетакъ СаIадулла» цхьа стаг хилла, шен схьавалар нихалойн тайпанах а долуш (Вютург-гар), дахар Заки-Эвлахь, ШаIами-Ирзохь, ГихтIахь, «ГIой» олучу хин атагIахь а долуш ваьхна волу (кхузаманан СоIди-КIотар, изза Комсомольски).
          Цуьнан да Iуспа, ден да МуртIела ваьхна ву ШаIами-Юртахь а, мелла а цул хьалха Заки-Эвлахь а. Тахана, ШаIами-Юртахь бехачу, ворхI некъашка бекъалучу нихалойн, «Зуоси-некъин» тIаьхьенех хилла ву и СаIадулла – Шамалан наиб (1851-1857 шш.).
Кхузаманан «Зуоси-некъий» лаьтташ бу 12 фамилех (цу юкъахь яц, Юххерачу Малхбалехь бехачу тайпанхойн фамилеш – таллам бина, йовлаза хиларна).
Историн дахарехь, «Зуоси-некъин» зударша вина, божарша кхиийна ву 296 боьрша стаг (цу юкъахь бац, СССР-ан дозанал арахьа баьхнарш).
          ШаIами-Юрт кхоллаелла хан, шиъ терахь долуш ю: цхьаъ -1800-гIа шо, шолгIаниг – 1815-1818-гIа шараш. Цу хенан яккъашкахь (1807/12-гIа шараш) нисделла, цу метте, гIебартойн махкара ун хьадар (даржар), доь дойьуш хьалхарачу мухIажарийн. Уьш хилла «Жуьки-некъех» болу: Жаммарза, цуьнан ши ваша Гартчха, Муртаз, иштта, цуьнан шен бераш бархI кIант а. ШаIам, цу меттера жимма хьалха, лома юхавирзина хиларо, уьно зе ца деш буьсу цуьнан доьзал. Цу кIоштара ун лахделла 7-8 шо даьлча, и юьрт (ирзо) юха денйинарш бу, цу СаIадуллин дай а, иштта кхин некъийн нах а. И терахь ду, хетарехь долу, 1815-гIа шара тIера дIадолалуш.

 
IУСПАН (БЕТАКЪ)* САIАДУЛЛИН, НЕСАРХОЙН МАЛСАГАН ИЛЛИ

Имам Шамалан сийн седа макхлучу заманчохь,
Паччахьан олалла, Невр-Кавказехь чIагIлучу хенахь,
Iаьржа-можа-кIайн байракх, толаме яла гIертачу муьрехь,
ГIазотан* байракх айъана, хIайт-аьлла къой хьийзачу Нохчийчохь,
Чалтачин гIоьнчий хилла лелара, цхьаболу лулара «Нах»,
Буруца боьзна маша, Несарех, Яндарех шаьш таса лерина.

Бордаха дилхаца, кIайн къаркъа ва муьйлуш,
Керистан эпсарашна, тешаме доттагIа ша волуш,
Хьеса болу пагонаш и дато мидлонаш дозалла ва долуш,
Багаца ша бусулба ву бохуш, дагахь кирастан дахар ва дезаш,
«Кура Малсаг» шех аьлча, кур аркъалла ва сеттош,
ГIалгIайчохь вевзара, Уьциган воI, и Несархойн Малсаг.

Цу Дала даздина, даийтанчу пIераскан цу дийнахь,
БухIаройн холхаз-куй, бIаьргаш тIе ва туьттуш,
Ховхане хьена юьхь, тир яккхинчу йовлакхца якъаеш,
Болатан дуткъа тур, шен хаьнтIехь ва ловзош,
Исс эзар ва ойла, шен дега къайленгахь лелаеш,
Ша рузбане вахар тов, Несархойн ва Малсаг.

- Ассалам Iалайкум, Несархойн кура кIентий!
Де дика долда шун, ницкъ болчу вайн Дала,
Рузба къобалдойла шун, цу Везачу АллахIа! -
Аьлла, лен хIоьттира тов Несархойн ва Малсаг
Рузбане баьхкинчу Несархойн кIенташка,
Царна, ша беъна некъ бовзийта лерина.

- Iалийкум ва салам, вогIийла хьо марша,
Воьзийла вайн Далла, Несархойн хьо Малсаг,
Хьо хIинццалца ца вогIура кху рузбанан маьждиге,
Хьан сецар ма-дара цу элий, ва стунаш юкъахь,
Хьо лаа вуй техьа, хьо тара вуй техьа? -
Аьлла лен бевлича Несархойн кура кIентий.

- Ша лаа вац шуна, ша тара вац шуна,
Шу эшна веъна со, Несаран кура кIентий!
Герз ира мел дериг, дог майра мел вериг,
Дин дика мел бериг, ва сихонца кечлойла:
Вай даха ма деза ва кIайчу хIонце, цу Нана-Нахчийчу!
Аьлла, вистхилира Несархойн ва Малсаг.

Дин дика мел бериг, герз ира мел дериг,
Хьанал-хьарам къасторца, хало еш мел воцург,
Дуьгу нускалш ва санна, йоргIане дой хоьржуш,
Яло кIентий ва санна, шаьш чехка кечбелла,
Бохь бойначу попан тIе, кIайн куьрий ва санна,
Ва дойшка бевлира тов и кура ва кIентий.

Дацошна хьалхайолу, «бошто» олу бож ва санна,
Ша хьалха велар-кха Несархойн ва Малсаг.
Даккъашка ва буьйлуш, лахара аренаш ва толлуш,
Аренашка бевлича, хьаннин йистошкахь ва сецаш
Ша йогIуш кхечир-кха и тоба, цу «Чахкаран» ва ара,
Муьжгийн гIопан пенаша, сатедар деллачохь соцуш.

Бай сийна мел болчу, кIайн четарш ма туьйхара,
Шовданан кортошка, сиерса* баллаш* ма юьйхара.
Iуьйранна дIалаьллинарг сарахь цIа ца доьрзуьйтуш,
Сарахь дIалаьллинарг Iура цIа ца доьрзуьйтуш,
Хаза йоI мел ериг, жеро ерзо ша гIерташ,
Ва лела велар-кха цу «Чахкара арахь», Несархойн ва Малсаг.

«Малсаг, шен верасалле лаьцна и паччахь къиза ма ву,
Ницкъо бен тухуш бац, балебаьлла ницкъ юха» аьлла,
Шамална мотт эцна вахар-кха, цхьа миска ва нохчо:
- Ассаламу Iалайкум, сийдолу имам, лераме ва Шемал!
Де дика долда хьан, ницкъ болчу вайн Дала, -
Аьлла тIехIоьттир-кха, мотт эцна ва вахнарг.

- Iалайкум ва салам! ВогIийла хьо марша,
Воьзийла цу Далла, хьо маьрша ва нохчо!
Лаа вуй техьа хьо, ва тара вуй техьа? -
Аьлла вистхилира бах и имам ва Шемал.
Ша лаа вац хьуна, ша тара вац хьуна, имам ва Шемал.
Тхуна бале ма ялла, Несархойн Малсаган, талорхойн и тоба.

Бай сийна мел болчу, кIайн четар ма туьйха,
Шовданан коьрташка, сиэрса* баллаш* ма-юьйха цу Малсага.
Iура дIалаьллинарг, сарахь цIа ца доьрзу тхан,
Сарахь дIа лаьллинарг, Iура цIа ца доьрзу тхан,
Хаза йоI мел ериг, жеро ян ва гIерта, и Несархойн ва Малсаг,
Цуьнан и некъаш къобалдеш, паччахьан харц Iедал а деца.

Тхох къонах мел верг вийна ву, биснарш, хьан бIоца бу,
ГIамаран берд хилла, тIетекхна ма вели Несархойн и Малсаг.
Са цIийха даллал, адамна тIетаьIна и Несархойн Малсаг.
Айхьа ваккхахьа дIа, Несархойн и Малсаг «Чахкара арара»,
Ца ваккхахь, дахахь тхо «Башламал» дехьа, ва имам Шемал!»
Аьлла, вистхилар-кха, латкъам бохьуш веъна и миска нохчо.

Кериста паччахьан тешаме лай хилла, шен орам бицбина
Бусалба вежаршна, йижаршна цо гойту, ямартло ца лайна
Ша дагна дарвелла, ва сина бIарзвелла,
Шемала цу тоьл тIе, оьгIазе буй ва бетташ,
Шийла мохь ва хьоькхуш, сихонца гулбира шен цIена наибаш,
Наибех къаьстийра и Iуспан СаIадулла, имама Шемала.

- Сема ладогIал ахь, Iуспан ва СаIадулла, шен буьрса омране:
Несархойн Малсаган корта, шена дуьхьал ца кхачабахь,
Цуьнан горгачу коьрта дуьхьала, хьан корта боккхур ша,
Ма-дезза ду хьуна, ва Iаьржа хIоъ-молха
Ма-безза бу хьуна, сан Iаьржа ва суьйлий, -
Аьлла вистхилар-кха имам ва Шемал, цу Iуспан СаIадулле.

ГIа-бецал дукха болу и суьйлий, имамна битина,
Сахуьлу седарчий стиглара уьдучу ва хенахь,
Церан серлонаша, беса бос гойтачу ва муьрехь,
Дацойшна кIелахуьйшу и гила борз ва санна,
КIелахаа вахар-кха Малсагна, и Iуспан СаIадулла,
Дашо шай мах болу хаам, гIопера ше кхаьчча:

«Несархойн Малсаг ву шеца, тешаме накъостий ва болуш,
«Несаран гIопе» ваха кечвелла, инарлах кхета» ва аьлла.
Уггар эгIаза мел вериг, барзал майра ва волуш,
Уггар гIийла ва вериг, лоьмал каде ша волуш.
Шен тешаме пхийтта ва бере, шена тIаьхьа хIиттийна,
Органан аренга велира тов и Iуспан СаIадулла.

Шина агIора хьаьжча, уьшалаш ва йолуш,
Юкъа хьаннаша, го лаьцначу цу боьран акъарехь,
Варшашкахь лелаш кхиана, сира барз ва санна,
Iуспан и СаIадулла, некъ лаьцна лаьтташ ва вайча,
Маккъаш тIе ка яхьна накъостий, ишарца сацийна,
ЧIенга ша ойъуш, курра вистхилар тов, Несархой и Малсаг.

- Ассалам Iалайкум, Iуспан хьо СаIадулла!
Iуьйре дика йолда хьан, ницкъ болчу цу Дала,
Iуьйре ларъян хиъна, къена суьйли ва санна,
Хьо стенна кIелахиъна, Iуспан ва СаIадулла?! -
Аьлла, лен велир-кха Несархойн ва Малсаг,
Юьстахо лаьтта, СаIадуллин береш, ша тидаме ва лоцуш.

- Iалайкум ва салам, вогIийла хьо марша,
Воьзийла хьо Далла, бусалба дог долуш хьо велахь,
Каравола суна хьо Малсаг, кху, Дела Iуьйрана -
Тигала вала тIемаш хьан дац, Несархойн ва Малсаг!
Лаьттах вола мIараш а яц хьан, Несархойн ва Малсаг! –
Аьлла вистхиллера тов, Iуспан воI и СаIадулла.

- Ма вала дакъаза, Iуспан воI СаIадулла,
Ша винчу шен нанас, кхеравала вина вац,
Кхоьллинчу цу Дала, караваха ца кхоьллина.
Некъ биталахь ахь маьрша, цу Нана-ГIалгIайчу,
Ша вогIур вац кара, дегIа чохь са долуш, Iуспан СаIадулла!
Аьлла, вистхиллера тов Несархойн ва Малсаг.

- Ма вала дакъаза хьо, Несархойн ва Малсаг,
Ва хьоьца берш, сий лору нах ма бар-кха,
Ва соьца берш иштта, бусулба нах ма бар-кха,
ХIорш вовшийн карах балийтача, кхоьллинчу вай Дала
Къемата цу дийнахь, вайшиъ бехке вийр ву-кха,
Кхин цкъа а боху хьоь, каравола ва суна, Несархойн ва Малсаг!

- Ма дийцал ва шега, Iуспан СаIадулла, осала и хабарш.
Караваха ца кхоьллина кхоьллинчу вайн Дала,
Кхеравала ца кхоьллина, вай кхоьллиначу цу Дала.
Хьуна кара ва веъна, цу нохчийн зударшка
- Несархойн ва Малсаг каравеъна ва бохуш ца вийцита...
Несархойн маьхкарий, шен коьртах белхор ша.

ХIара нах, вовшийн карах балийта лууш хьо вацахь,
Цу Далла ва гергахь, бехке хила лууш а вацахь хьо,
Хьо нацкъар валахьа, яя Iуспан СаIадулла!
Виъ цхьанни кхочу мах, муьжгийн бен хуьлуш бац,
Вайшиъ летар ма ву-кха, боьран кху майданахь,
Вовшашна ва детташ, болатан и тарраш.

Маьрша ду, шу мукъа ду Малсаган накъостий,
Амма шух хилалаш, кху хьолан бакъ тешаш,
Олуш, терсамаймал дуткъа тур, баттара даьккхира СаIадуллас.
- Ма гIийла мах хади, ахьа тхан СаIадулла,
Хьуна, чекх са ган гайтинарг, хIун дара Несархойн кIенташа?
Аьлла тов дIахIиттира, Малсаган ва накъостий.

- Ма кхиссал аш тхуна, доккхалле и кура дешнаш,
Тхо лелаш дац шуна, чагIалкхех ва тера, руьйтанаш гонахьа,
Зударшца, берашца, эвхьаза ва дуьйлуш,
Цу муьжгийн эпсаршца, дозаллин кедаш ва муьйлуш,
Аьлла, цхьаццанна цхьаъ нислуш дуьхьала хIиттира,
СаIадуллин накъостий, шаьш дера ва болуш.

Осмалойн,
бархI са и мажараш, йуьстаха кхиссина,
Дуткъачу таррин и маккъаш, ка юккъехь къуьйлуш,
Iуьйранна болийна тIом делкъене ма белира,
Делкъанга даьлла и латар, делкъан тIаьхьенга ша кхочуш,
Малсаган кура и накъостий, Iожалло эгийра,
СаIадуллин накъосташна, чевнаш ехкар дисира.


Леташ берш лахбелча, цу боьран аренгахь,
Лен волу чов хилла, садеIар дазделла,
Детта цIий ва багахь, гIорасизниг ва дегIехь,
Сира сай ва санна, уьшалан сарам* ва багахь,
Цу делкъан Iаламехь, ша вала вижар-кха Несархойн и Малсаг.
ТIехIоьттина ша волуш, и Iуспан СаIадулла.

- Ма-вала дакъаза, Несархойн ва Малсаг!
Ва хIинца хьан корта, баккхаза ца болу шен,
ЦIет метта ва бахьа, цу имам Шемална, - олуш,
Лога кIел тур лоцуш, дIахIоьттира и Iуспан СаIадулла,
ТIаьххьара дош ала ша хан луш, цу Несархойн Малсагна.
ТIаккха, дехаре велар-кха Несархойн ва Малсаг.

- Ма вала дакъаза, хIай Iуспан СаIадулла,
Ша дехар до хьоьга, Iуспан ва СаIадулла,
Со лийчуо волчу моллина, дакъа иэрча ца даккхар.
Билгаллуо яра хьуна, шен дашо мидлуонаш,
Ва хьеса погуонаш цу имама Шемална - 
Аьлла, вистхилар-кха Несархойн и Малсаг.

- Ма вала дакъаза, Несархойн ва Малсаг,
Цу гIазакхин ва туькнахь, ма ю-кха алсама,
И дашо мидлуонаш, ва хьеса погуонаш,
Хьо, «йийсаре валаве, я хьан корта ба баккхий,
Шена ва дуьхьала» аьлла, омар ду имама Шемалан,
Сан амална ца тахь а, и омар кхочушдан дезаш ду.

И аьлла ваьллариг, ва хила ма деза,
Хьан сий довш и дацахь, цуьнан дош низам ду,
Низамо магориг, кхочушдан ма деза,
Дела дуьхьа ша доцург, со сацо бахьна дац,
Цундела, баккхаза ца болу, и хьан горга ва корта,
- Аьлла, вистхиллера тов, и Iуспан СаIадулла.

- Шен дахарх хиндериг, хилла ма даьлла,
Ша дехар до хьоьга, ва Iуспан СаIадулла,
Хьо кхоьллинчу хьайн Делан ва доьхьа,
Хьо вуьжа волчу, цу хьайн лахьтий ва доьхьа,
Лийчочу моллина дакъа иэрча ма даккхахь, Iуспан СаIадулла,
Олуш, дехаре велар-кха Несархойн ва Малсаг.

- Ша кхоьллинчу, шен Делан ва доьхьа,
Ша вуьжун волчу, цу лахьти ва доьхьа,
Хьан коьрта буьту ша, хьан дегIан чаргIаца,
Олуш охьахиаркха-кха, и Iуспан СаIадулла, Малсагна улле.
Са даьлча схьаэца, дашон хьеса болу и погуонаш,
Кочара дIаэца, и дашо мидлуонаш.

Ша дуьхьала веар-кха, и Имам ва Шамал хаттарца:
- …валий ахь шена, коьртаца и йовсар Малсаг?
Я беа ахь цуьнан, дегIах къастийна и гоьрга корта?
- Ца валий ас хьуна шен коьртаца и Несархойн Малсаг,
Ца беа иштта ас, цуьнан гоьрга и корта, - олуш,
ПIаьлдиг* чуьра шен тоьшалш, цо хьалха дехкира.

Ас хьуна ма еа, дашо хьеси долу погуонаш,
Паччахьан совгIаташ, и дашо мидлуонаш,
Тешаш а бу соьца тIаьххьара, цуьнан валаран къурд гина.
СаIадуллас ва аьлча, цавашарца къежаш имамас элира:
Ас хьоьга ба аьлларг, Малсаган корта ма бара,
ХIара погуонаш, цу Шела базарахь, зударша а ма юхку….

Коьрте хьаьдда цIийно айьина и таIам, тIех хала ша лайна,
Туьран мукъа тIе яхьна ка, лаамашка ца кховдош,
Сий дойьу тIехтохам, собарца эшийна, и буьрса наиб,
Вистхилар-кха ша рогIехь, цу имама Шамале:
Ахь дика ойла елахь, йа имам ва Шемал,
Ас хьоьга аьн дериг, бакъдерг ду хьуна.

Сийлахьа-Везачу цу Делан цIарах доьхуш,
Вай дуьйшу долчу лахьти цIарах дуй кхоьллира цо...
Цу Везачу АллахIа ва доьхьа, вай дуьйшу долчу цу лахьти доьхьа,
Цуьнан дехарна, дош делира ша, ва имам Шемал.
Дела цIе лерина, ас делла дош ду деза, я хьан лаам бу лекха?
ХIан Iаьржа суьйли бу, йа «нах» бу сийллаллехь?

Хьо санна волчу имамна гонахьа, къонахий гулбина,
Церан хIу дайъа, вац хьуна кхин со кийча, ва имам Шамал!
Ахь лаха хьайн гонна, хьйн доьзална баца, бала а лай,
ЧIагIдеш цу малхбалехь, кхузахь марзделла имамалла,
Хьо вала ма веза, «Iаьндин дукъал» ва дехьа, йаа имам ва Шемал,
Олуш, лен велар-кха Iуспан и СаIадулла.

Цу дийнахь дуьйна, дIакъаьстина и Iуспан СаIадулла,
Шамална тIаьхьа бо некъ, кхин ца беш сацийра,
Шена тIаьхьахIуттун верг, шеца дIавуьгуш,
Шемалца саца луург, имамаца витина,
Шен дика доттагIа, ЧIинахойн Дуба волчу вахара,
Имам Шемалх дIакъаьста лерина, и Iуспан СаIадулла.

Ца хIоьттира имам, ца ваьхьара и Шамал
Нахана гуш таIзар дан, цу майра наибна,
Цо дагахь ма бира, бекхам бан и сацам,
Тешаме шен муртазкъой* ша тIаьхьа ва хоьцуш,
«Юха верзаве СаIадулла! Ца верзахь, ве!» аьлла, буьйра деш.
Ши шо ца делира, имаман кхолламна йийсаралла девзуш.

Нанас дена ма бойла яхь йоцу ва кIантий, 
Яхь йоцурш лолда-кха, кхаа дийне бовлале.

Нанас дена ма бойла, тешам боцу ва кIантий,
Царех берш хуьлда-кха, хьаж долуш къастаме.
И ши да вехийла, сацарах чоьна-ун ва хуьлуш, 
Идарах дIавш даьлла, хила дарба ва доцуш.
 

* "НЗ" - гIазкхашха аьлча "Неприкосновенный Запас" бохург ду. Нохчашха: "Яйьа мегар доцу тIаьхьало".
** гIазот – Дала даздина, Сийлахь-деза декхар.
*** Сиэрса – чIеIар, шортта бIаьрхи; серсар (догIа).
**** Баллаш – шира тоьпан, чIижаргIа тIечIагIйо чIуг. Вуьшта, кхин маьIница аьлча, ха хоттор.
***** Бетакъ (изза волу Iуспа) – СаIадуллин ден, шолгIа цIе.
****** Сарам – мерза орам болу, уьшалан буц.
******* пIаьлдиг – некъан, тIаьрсиган тIоьрмиг.
******** муртазкъой – Имаман долахь долу, мюридин дакъа – лерина къастийна, цхьа эзар мюрид.



 
Просмотров: 714 | Добавил: erzu | Теги: наиб, мидлуонаш, Уциг Малсаг, муртазкъо, Несархойн Малсаг, СаIадулла, Iуспа | Рейтинг: 5.0/6
Всего комментариев: 2
avatar
0
1
1  erzu • 12:41, 18.11.2015ХААМ: РоъcIанехь бехачу СаIадуллин воIан Мокрин воI хиллачу Ахьмадан кIенташна а, церан берашна а кхерам тесна ИГ, я ИГИЛ олу, курдех лаьттачу тобано: «Аша, тхан могIаре хIиттина, тIом бан беза» аьлла. Ткъа кхара дIакхайкхийна: Оха, цхьанне а цIий Iанора дац Iедалан а, я шун а. Тхо, нейтралитет ларочех ду» аьлла. «ТIаккха, оха шун а, шун доьзалин а кортош дохура ду!» аьлла, Iаткъамхоша кхерам тесча, вайн Даймахкара цига бахначу, цу тобанца цхьаьна летачу нахчаша гIо а даьккхина, кIелхьара бовлар нисделла СоIадаллин тIаьхьенин. Уьш, баьржина лелаш бу, цкъачунна къайлабевлла.
avatar
0
2
Не найдётся ли человек, который спел бы этот илли на ветхий манер? Художественное оформление я гарантирую.
avatar
Музыка
Календарь
«  Октябрь 2015  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
   1234
567891011
12131415161718
19202122232425
262728293031
Назам
Адин,Сурхон илли