Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2016 » Февраль » 11 » Мудир ШоIипан дIакхалхарх лаьцнарг
15:19
Мудир ШоIипан дIакхалхарх лаьцнарг
CURT-.png
 
                                                                                                                                                                                                                                                      А.А. АБУМУСЛИМОВ
          Наиб ШоIип дIакхалхарх лаьцна дуккха а дийцарш ду нохчийн а, оьрсийн а, кхин долчу къаьмнин историн а, исбаьхьаллин а литературехь а. Иза кхеташ ду, хIунда аьлча, ШоIип йоккха меттиг дIалаьцна ву, Къилбаседа Кавказехь «Имамат» аьлла, исторехь цIе дIаяхана йолу пачхьалкх дIахIоттош.
          ГIараваьлла тIеман баьчча а, пачхьалкхан гIуллакххо а хилла ШоIип. Имам Шемална тешаме наиб хилла иза. Цуьнан заманхоша дечу тоьшаллашца, ша дийна висинехь, мел йоккха киртиг тIехIоттарх, цу тешамах вухур волуш ца хилла ШоIип. И лакхахь дийцина долу хьуьнарш ШоIипан хилар, мостагIаша а тIечIагIдеш хилла. ДIакхалхале хьалха, имам Шемала, Нохчийчоьнан мудир хIоттийна а хилла ШоIип: кхечу дешнашца аьлча, Нохчийчохь болчу наибийн коьрте хIоттийна хилла иза.
          Наиб ШоIипан тIеман, пачхьалкхан дахарах лаьцна дийцина оьрсийн инарлаша а, нохчийн а, дагестанан а, оьрсийн а, европин историкаша а, иштта Европера дипломаташа а [1–5]. Царна юкъахь, шайна тIе тидам бохуьйтуш бу: Хожаев Далханан «Шоаип-мулла Центороевский» (книжкин тIехь: Чеченцы в Русско-Кавказской войне), Дадаев Юсупан «Шуаиб-мулла Центороевский – сподвижник Шамиля» цIераш йолу белхаш.
          ДIадолош ма-аллара, дукха дийцарш ду наиб ШоIип дIакхалхарх лаьцна, цунна гонаха а. Амма, доккхах долчу декъана, къаьстийна иза билгалдаккха луур ду, бакъдолчунна генахь долу дийцарш ду уьш. Цу тайпа наиб ШоIипах харц дийцар яздинчех ю, Дагестанера яздархо Мариам Ибрагимова [6]. Цу авторо яздинарг, харцхилла ца Iаьш, наиб ШоIип сийсазвеш харцо а ю! Цу тайпа дийцарш церан яздан аьтто хиларан бахьанех хета, ма-дарра долу бакъдерг цIонтароша, вовшашна юккъехь дийца а дийцина, амма зорбане ца доккхуш дитина хилар. Иза кхеташ а ду, хIунда аьлча, цIонтарошна, чIогIа лазаме хилам хилла иза, хIинца а, оццул хан яьллашшехь, цу хиламо дегнашна йина чевнаш юьззина йирзина олийла а дац. И чевнаш юх-юха а меттах йохуш ду кху тIаьххьарчу заманчохь ШоIипан дIакхалхарх лаьцна долу харц дийцарш карладахар. Цу дийцарин бух бу, шен заманчохь оьрсийн тIеман куьйгалхоша пропагандин Iалашонца яздинарш. (Донесение Кастильона МИД Франции Гизо от 18 мая 1844 г. Фонд департамента Генерального штаба. Д. № 113. 12.)1 Амма цхаболчу наха и дийцарш, шеко хила йиш йоцуш бакъдерг санна, массо а агIор даржош ду.
          Тхан кхузахь еккъа цхьа Iалашо ю: дайшкара дуьйна схадеана долу, цIонтаройн къанойн, ШоIипан дIакхалхарх лаьцна долу дийцарш халкъана довзийтар. Бусулбан Iилма хууш, хьекъале, майра, каде, хьуьнар долуш, озабезамаш беш воцуш, ша низаме, цу низамна кхинберш тIетеIош, амма буьрса а, сиха а амалш йолуш хилла бохуш, вуьйцура ШоIип цIонтаройн къаноша.
          ШоIип, ЦIоьнтарарчу КIорни-некъен, Мохмадан кIант ву. ЦIонтарой, доккхачу кхаа гаре бекъалуш бу: иэжа-эвлахой, Iаьлбиг-эвлахой, теза-кхаллой.
КIорни-некъе, иэжи-эвлахойн гар ду. КIорнин кIант Суьнтар, цуьнан кIант Бурнакъ, Бурнакъан кIант Чаьлбиг. Цу Чаьлбиган кIентий хилла: Бахьад, ГIазбиг, Муртаз, Хьаса, Iама. ГIазбиган ши кIант хилла: Дада а, Мохьмад. Цу ГIазбиган Мохьмадан, кIант ву ШоIип. Ткъа и Мохьмад дешна стаг а, молла а, хьаьжа а хилла. Хьаьж диначул тIаьхьа, Мохьмад-Хьаьжа аьлла, цIе дIаяхана цуьнан.
          Дешна нах, нохчаша, шайн ярташка молла кхойкхуш хилла цу хенахь. Иштта, Билт-эвла молла кхайкхина, дIавигна Мохьмад-Хьажа а. Билт-эвлах, хIинца, Тухчар олу. Иза, Дагестанан, Новолакски районна чуйогIуш ю. Хууш ма-хиллара, иза, нохчийн (аьккхийн) юрт ю. Нохчийн халкъ Сибрех дигале хьалха, Дагестанан, Ауховски района чуйогIуш хилла иза. Нохчийн халкъ Сибарехара цIа дирзича, Дагестанера арабаьхначу нохчашна, шайн ярташкахь баха пурба ца делла Советан Iедало, яртийн цIераш хIинца а, юхаметтахIиттийна а яц.
          Цу Билт-эвлахь, 1804-чу шарахь, дуьнентIе ваьлла ШоIип бохуш дуьйцу историн хьостанаша. Билт-эвлахь, уьш мел Iийна ца хаьа. Амма, Гихтахь а молла хилла Мохьмад-Хьаьжа бохуш, дийцира цIонтаройн къаноша, КIорни-некъех волчу БатIалан, Абумуслиман Сайд-Мохьмада (1919–2008) а (Iаш, Соьлжа-гIалахь вара иза), Бахьин Якъубан Iалавдис (1932–1996) а (Iаш, Соьлжа-гIалахь вара иза), шайна иза, шайл баккхийчара дуьйцуш хезна бохуш.
          Ткъа Гихта, нохчийн уггаре а, яккхийчу а яртех цу хенахь а хилла, хIинца а ю. Гихтахь уьш баьхна хиларо аьтто бина аьлла хета, тIаьхьо Наиб ШоIипан, Нохчийчохь шуьйрра уьйраш дIатаса.
          Шемал, Нохчийчоьнан имам хьалхатеттинчех а ву ШоIип. Хууш ма-хиллара, Шемил, Нохчийчоьнан имам, 1840 бIаьстненан юьххьехь, Хьалха-МартантIехь хиллачу нохчийн къоман векалийн гуламо дIакхайкхийна ву. И гулам кечбеш а, дIахьош а, жигара дакъалаьцначарех а ву ШоIип.
          Ша имам дIа ма-хIоьтти, Нохчийчоь, 4 вилайате екъна имам Шемалас. Нохч-Махкан вилайатан коьрте, ШоIип хIоттийна цо. Оьрсаша, «наибство Мичиковское», я «Ичкерийское» олуш хилла цунах.
          Яьсса (Аксай) а, Хули (Хулхулау) а, Мичикх (Мичик) а олу хиш хилла цуьнан дозанаш, ткъа наиб ШоIипан тIеман куьйгалли кIелахь хилла, Аьккхийн вилайет (наибство Ауховское) а, оьрсаша, «Наибство Большая Чечня» олуш болу мохк а. Цуьнан дозанаш хилла, Органний, Хулиний юкъахь болу мохк. Цу хьокъехь дуьззина яздина Ю. Дадаевс а, Д. Хожаевс а [1, 5].
          Ала деза, Хожаев Далхана шуьйро яздина ШоIип дIакхалхаран хьокъехь а, бахьанех а лаьцна, цо яздинарш, доккхаха долчу декъана цIонтарошкара схьаэцначу информацина буха тIехь а ду. Амма цхьадерг, хийрачу нахера а ду. Цундела, баккъала хилла долчуьнца, цхьаьнадогIуш дац.
          ШоIип веран бахьанаш ишта дийцира, ЦIоьнтарара къаночо, КIорни-некъех волчу Бахьин Чомакхан Салмана а (1914–1992) (Iаш ЦIонтрахь вара иза). Теркал дехьахь луьра тIом хилла, адам а дукха хIаллак хуьлуш хилла, амма ШоIип юха волуш ца хилла, юх-юха оьрсашна тIелетарш деш. ТIаккха, цуьнца девне ваьлла цуьнан девешин, Дадин кIант Оьлжа, «…хIара нах хIаллак ма байта, IадъIе, юхавала» аьлла. ТIаккха ШоIипас иза, циггахь тур тоьхна вийна. Юха хIорш цIа бирзинчул тIаьхьа, шен шичин тезет схьаоьцуш, тезетан да а хилла иза бохуш, дийцира цхьаболчу къаноша.
          Ткъа хьовсур вай, оьрсаша хIун яздо цу хиламан хьокъехь: «Стохка март баттахь 1843-чу шарахь, Шуип-моллин тIеман бIоно Моздокна тIелетарш деш, полковник Циклауровн аьтто хилира, мостагIочунна баккхий ницкъаш тIеберзаро, цу тIамехь нохчий эшийра, амма ШоIип-молла юхаволуш ца хиллера, нуьцкъашха тIамна тIеберзош хилла тIемлой, цул сов, Нохч-махкара ЦIоьнтара юьртара лоруш волу стаг, тур а тIоьхна вийна цо».
          Гуш ду, къаноша дийцинарг а, оьрсаша цу хиламах яздинарг а, цхьаьна догIуш хилар: тIом Теркал дехьахь (Моздокехь) а, луьра а хилла.
Ткъа вуьшта, билгалдаккха лаьа кхузахь, дIабоьдуш тIом болуш, тIеман баьччица девне ваьллачунна муьлхха а заманахь, луьра таIзар деш хилла. Изза низам, Имаматехь а хилла. Схьахетарехь, Оьлжин гонах болчара аьлла хир ду Оьлжега, иза ШоIипан шича волу дела, цо цундела, цунна хIумма а дийр дац моьттуш, и «шайн стаг сацаве, ма дайьийта ала хIара адам, юхавала ала цуьнга» аьлла. Ткъа ШоIип, лакхахь ма-аллара, цхьана тайпане озабезамаш беш ца хилла; низам, уггаре хьалха а, чIогIа а шен нахаца чекхдоккхуш хилла.
          Вай тидаме эца деза, имамат пачхьалкх дIахIоьттина дукха хан ца хилла, цуьнца тIом беш ерг, цу заманахь уггар йоккха а, ницкъ болуш а пачхьалкх хилла. Оцу шен ницкъаца тоьлла долу дакъа Къилбаседан Кавказе теттина хилла Россис. И тайпа мостагIа юхатоха, дерриг дахар Нохчийчохь, тIеман низаме дерзийна хилла. И низам лардар, чекхдаккхар наибашна тIедиллина хилла, цара шаьш и чекхдоккхур ду аьлла йина чIагIонаш а хилла. Амма адамашна, къаьсттина нохчашна, даиманна а шайн лаамехь баьхна болчу, цхьана а тайпа олалла шайна хууш йолчу исторехь хилла доцчу, атта ца хилла цу луьрачу пачхьалкхан низамах бола.
          Кхин цхьаъ билгалдаккха деза кхузахь, нохчаша, луларчу Дагестанера къаьмнашка хьаьжна дуьстича, бусалба дин тIаьхьо тIеэцна хилла. Цу бахьанина, бусалба динан низамо, кIоргге орамаш тесна ца хилла нохчашна юккъахь. (Докладная записка о зачинщиках убиения Шуаип-Муллы «25» Мая 1844. с. Червленная, № 868 Командующему Войсками на Кавказской Линии и Черномории Господину Генерал Лейтенанту и Кавалеру Гурко. 8) 2
          ЦIонтаройн къаночо КIорни-некъен Таьмбин Джабрин Ахьъяде (1913–2000) (Iаш цу заманахь, Гуьмсан кIоштан Комсомольскехь вара иза), хаттар дича: «ХIун бахьана дара, ШоIип веран?» аьлла, цо элира: «Уггар коьрта бахьанех бахьана дара, цу заманахь болчу вайнахана, шайн Iадаташ Iад а дитина, дуьззина шариIат тIеэца цалаар. ХIинца а хийцаделла хIумма а дац цу тIехь», аьлла, тIетуьйхира цо. Лакхахь йийцина, тIом беш йолчу, хIинцца бен дIахIоьттина йоцчу пачхьалкхан низамца доьзна долу кхачамбацарш, къаьсттина хаалуш хилла цIонтарошна, хIунда аьлча, ЦIоьнтара, вилайетан коьрта шахьар хилла, наиб ШоIип кхузахь Iаш волу дела. Цундела, пачхьалкхан низаман чIагIалла, кхузахь болчарна, кхечу вилайетехь йолчу ярташначул сов хаалуш хилла.
Лакхахь вай дийцинчу бахьанашна тIетоха деза, ШоIипан амалан сиха хилар. Оцу дерригено кхуллуш хилла ШоIипанний, юьртахошний юккъехь цакхетарш, резадацарш. Ткъа юьртарчу наха и тайпа меттигаш хилча, ШоIипан нахе бехк боккхуш хилла, шайн стаг сацаве олий.
          Чомакхан Салмана дийцира, цхьана дийнахь ЦIоьнтаран маьждиге нах гулбина, царна дов деш хилла ШоIип. Ма-дарра, муьлхачу гIуллакхна тIехула хилла ала хаац, амма пачхьалкхан низамаш кхочушдаран хьокъехь хилла и довдар. ТIаккха цIонтароша аьлла, ШоIипан маьхче, Чомакхан Салманан дайх волчу, Бахьадан Элдарханан кIанте Iалхане: «IадъIе ала цу шайн стаге, кху нахана веза ца веш». ТIаккха Iалхан вистхилла ШоIипе, кху нахан дов ма де аьлла. Амма ШоIип, лакхахь ма-аллара, сиха стаг хилла, цуьнга лан ца делла шега Iалхана бехкбаккхар, иза, тур а даьккхина, Iалханна тIехьаьдда, тIаккха, шен тур баттара а даьккхина, Iалхан хьаьдда цунна дуьхьал. Нах юкъагIоьртина: цхьаболчара Iалхан сацийна, вукхара ШоIип схьалаьцна. Царах цхьамма, иза Iалханан ненан вашас, Окин Итара [8, 506 агIон тIе, № 12], ШоIип тIехьашха схьа а лаьцна, цуьнга, тур ца лестадайта мара а воьллина, маьждиган гу тIера чуластийна. ШоIипа ша чу воьдуш хьаластийначу туьро Итаран чои тIера кийсак яьккхина хилла, боху. Мухха делахь а, кхин тIаьхьало йоцуш дIадирзина и дар-дацар.
          Амма, юьртахойн резабацарш кхин а хуьлуш хилла, ткъа цара, цуьнан верасашка олуш хилла, шайн стаг сацаве. ТIаьххьара собар кхачийнарг, ШоIип веран барт кхоллабалийтинарг хилла, цо, шен дешича волчу Хомутайн йоI, шена уллерчу стаге маре яла хьовзор.
          Зуда ялоран-яхаран хьокъехь, Имаматан низамах яздина ду, лакхахь балийначу авторша Ю. Дадаевс, Д. Хожаевс [1, 5]. Зуда ялоза висинчуьнга, зуда ялаяйтар, маре яхаза ерг, маре яхийтар тIелаьцна низам хилла, и кхочушдар наибашна тIедиллина а хилла.
          ЦIонтаройн къаночо, КIорни-некъен Чаьлбиган Хьасайн тIаьхьенах волчу, ГIойтуркъин Шайх-Ахмада а (2010) (Iаш ЦIонтрахь вара иза), кхи болчу къаноша а дийцира: наиб ШоIипан уллехь хилла МIаьжиг цIе йолуш стаг [8, 502–503 агIон тIе, № 118]. ШоIипна, чIогIа муьтIахь а хилла иза. ШоIипна, МIаьжиг, Хомутайн (Чаьлбиган Iамин кIант) йоI езаш вуй хиина, боху.
Ткъа Хомутайн йоI, ЦIоьнтарахь уггар хазачех хилла, цу тIе, кура а хилла боху. ШоIипа, Хомутайга, йоI цу МIаьжиге дIаяхийта аьлла. Хомутайс жоп делла, ша дуьхьал вац, нагахь йоI реза елахь. Амма йоIа, ша реза яц, цу стаге яха, аьлла. ТIаккха ШоIипа, и йоI резаярхьама, зинданна чу йоллийтина.
          Зиндан, хIинца набахте олу цунах – цу заманахь ор хилла. И ор, Кхеташонан коьртехь хилла боху.
          Амма ша ор чу йоьлча а, йоI, юха ца яьлла. Хомутайн хIусамнанас а, бехкбаьккхина хилла боху шен цIийн дега, и йоI хьийза хIунда йойту ахь аьлла.
ЙоI ор чу йоьллича, ШоIип вен, барт кхоллабелла цуьнан верасийн. ШоIип вен сацамбеш, цунна бехке диллинарг хилла, цкъаделахь – йоI ор чу йолларо тайпанна тIе эхь даийтина бохург а; шозлагIа делахь – цо, хьалха, Теркал дехьахь тIом беш вийна волу шен шича а; кхозлагIа делахь: юьртахоша кхарна, и шайн стаг сацаве бохуш, дохкуш долу бехкаш а. ШоIип вуьйш дакъалаьцнарш бу: Элтай (Чаьлбиган Iамин кIант, ШоIипан а, и вуьйш дакъальцначеран а дешича хилла иза), Хомутай (йоьIан да), Соьлжа (Чаьлбиган ГIазбиган Дадин кIант – ШоIипан девешин кIант, цо Теркал дехьахь вийначуьнан ваша), Мишта (Чаьлбиган Бахьадан Татархин кIант, царех уггар жимахверг).
Цхаболчара дуьйцу и Мишта юккъе озийна хилла, Бахьадан тIаьхье, ШоIип веран декъахь хилийтархьама бохуш: ШоIипан чIир лаха верасаш ца хилийта.
          ШоIип, ша юьрта юхавирзича, Лаха-юккъехь ваха вахьахиина хилла. ХIинца, Эциг-некъе юккъехь, МагамалиевгIар Iаш болу меттиг, цуьнан дакъа хилла бохуш дуьйцу. Цунна, гена воцуш Iаш хилла Элтай (хIинца КIорни-некъен Дадашев Тажа Iаш волчохь), ткъа Хомутай а, Соьлжа а, Мишта а, Лакха-юккъехь Iаш хилла.
          1844-чу шеран март баттахь, Iуьйра-ламазан, хан хилла боху иза. ШоIип, ламазан гIуллакхна араваьлла хилла боху, белшаш тIетесна кетар а йолуш. Юха чувогIуш, кхара, тIекхайкхина боху иза, шайн цхьа гIуллакх ду аьлла. ТIевеъча, шаьлтанаш етта йолийна цара цунна. ШоIипан карахь гIуммагI бен хилла яц, цу гIуммагIца, дуьхьало еш а хилла цо. Цу хенахь тIекхаьчна, цуьнан гIаролан куьйгалхо Хьамза (Оки-некъе). Цо, етташ йолчу шаьлтанашна кIелхьара ваккха, чуийзош хилла ШоIип, амма, ша кхерамазалла ларош хиларе терра, шен герзаца, новкъарло ца йина цо – ШоIип дIакхелхина.
          ШариIато ма-бохху хилча, Хьамза, ШоIипна тIехIоьттина, лата везаш вара. Ткъа иза, нохчийн Iадаташа ма-маггора лелла. Ткъа Iадаташа, цхьанна а тайпа бакъо ца ло цунна, цхьана цIийнах болчу нехан девнна юккъехь, цхьа а агIо лаца. ДIакъасто гIорта веза, амма ишттачу девнехь дакъалацар, Iадаташка диллича нийса ца хилла. Цунна лерина а дара, лакхахь аьлла долу, бусалба дино, кIоргге орамаш тесна ца хилла нохчийн дахарехь бохург.
          ШоIип вийначул тIаьхьа, берриге КIорни-некъа юьртах бевлла. Юьртах бовлуш, ши некъ хаьржина цара: цхьаберш (Элтай), ЧагIанкхахула (цIонтаройн Яьсси-хи йистехь йолу кIотар) Яьссица охьа, Таьшкичу бахана, вуьйш, ГIоьрдалхула, Коьжалгин дукъ тIехула дIабахана.
          Массо а цIарца вийца, муьлхачу некъахула дIабахана ала ца хаьа, амма Хомутай шен доьзалца, схьадийцарехь, Мишта а, цуьнан вежарий Коьжалгехула дIабахана.
          Имам Шемал, ШоIип вуьйчу хенахь, Iаьндахь хилла кхеташо дIахьуш. Цу дивано сацамбина хилла, ШоIип мудир хIотто. ШоIип вийна аьлла, хаам шега ма-кхеччи, Шемал массо хIума дIа а тесна, дукха сиха, ЦIоьнтара ваха новкъа ваьлла хилла. ШоIип вер Iаламат чIогIа новкъадеана хилла цунна, бохуш дуьйцу цуьнан заманхоша.
          Цкъа хьалха Iаьндийн тоба, ЦIоьнтара чуян гIоьртина хилла, амма цIонтароша, юьрта чу ца битина уьш. Цара аьлла хилла боху: ШоIип шен наха вийна, ткъа уьш юьртара арабевлла, юьртахь аш дан хIума дац.
          Кхузахь билгалдаккха деза: Имаматехь имам Шемала хIоттийна низам хилла, пачхьалкхан чоьхьара низам лардар, Нохчийчохь суьйлаша дIахьош, ткъа Дагестанехь нохчаша дIахьуш – озабезамаш ца байта, хIоттийна хилла и низам.
          И чоьхьара низам лардаран тоба, тIекхиина Коьжалгин дукъа тIехь, цу агIор дIабаханчийн цхьана декъана. Ткъа цу декъо цигахь, кара ца бахархьама, луьра дуьхьало йина. Зударий, божаршца цхьаьна хилла боху, леташ. Цигахь байинчеран массеран а цIераш ца хаьа, амма, схьадийцарехь, цигахь вийна Хомутай, цуьнан, маре ца йоьдуш дуьхьал яьлла хилла йолу йоI, кхин цхьа йоI а. Миштин воккхаха волу ваша а, да а, кхин а божарий, зударий а. Цара, дуьхьал леташ, 13 суьйли вийнера бохуш а дуьйцу. Амма хила мегаш ду, цу байинчеран терахь тIетоьхна хилар а, и терахь дехьара а, сехьара а беллачийн хилар а.
Церан декъий, ЦIоьнтара хьаладеана боху.
          Имам Шемал, шен бIоца юьрта веана. Юьртахь талламаш бинчул тIаьхьа, жамI дина хилла боху: «ШоIип вер, юьртан бертахь хилла» аьлла. Цу бартана бехке лерина, цо, вен кхиэл йиначеран терахь а дуьйцу тайп-тайпана. Оьрсийн хьостанаша чIагIдо, юрт йохийна, ткъа мел-долу адам (100 сов), жима-воккха а ца къестош байина бохуш. Юьртахоша а даладо, цу байинчеран тайп-тайпан терахь. Цхьаболчара: 40–50, вукхара: 80–100 адам дийна бохуш дуьйцу. ЦIонтаройн къаночо, КIорни-некъех волчу БатIалан, Ташун кIанта Сайдас (1905–1996) (Iаш, ЦIонтрахь вара иза) дийцарехь, вериг а 40 стаг вийна олура. Хан дIа мел йоьду, терахь сов долу. Оьрсийн хьостанийн тIеIаткъам хила а мега иза, хIунда аьлча, хьалха, цу оьрсийн хьостанашна тIекхача массеран а аьтто бацара. (Список Чеченцам с их семействами, участвовавшим в убийстве Шуаип муллы и явившихся в покорностиею нашему Правительству. 60–70»)3
          Вай массо хIума тидаме а оьцуш теллича, и имам Шемала кхиэл йина, байинчеран терахь иштта лакхара хила йиш яц. ХIунда аьлча, имам Шемала, кхиэл, шарIо бохучунна тIе а доьгIна еш хилла. ГIалат даьлла а хила мега. Схьахетарехь, имам Шемалан омрица байина бохучарна, хенан йохаллахь а, адаман иэсо а тIетоьхна, берриге а, цу гIуллакхна гонахьа кхолладеллачу кхин бахьанех белларш: Теркал дехьахь вийна Оьлжа, Коьжалги-дукъ тIехь шина агIорхьа белларш (цу юкъавогIу 13 суьйли а), иштта ШарIан кхелаца байинарш а.
          Имам Шемалан, хIора юьртахь, шен къайлах белхалой хилла, нахана юкъахь дерг схьагулдеш. Цара елла хира ю имам Шемале, ШоIипан верасашка, шайн стаг сацаве баьхначеран хьокъехь информаци. ТIаккха, кхин цхьа хIума а ду, ШоIип вийначул тIаьхьа, юьртах бевллачарех цхьамма, гу тIера чу, цIераш а йохуш мохь биттина боху, хIай хьенех-минех, и вай дийцинарг кхочушдина оха бохуш. И хаам, Шемале дIакхаьчна хила а мега.
          Бахьин Чомакхан Салманас дийцира, кхиэл яран а, иза кхочушяран а хьокъехь: имам Шемала ша кхиэл еш аьлла боху, «…юьрто бертахь вийна ШоIип. Цундела, цунна бехке, ШоIип вуьйш дакъальцнарш хилла ца Iа».
          Кхиэл кхочушйина Лекха-юккъехь, ишколна дуьххьал, кешнашка боьду некъ къаьстачохь, КIорни-некъен БатIалан Абумуслиман, Iабдул-Хьамидан йолу меттигна, некъал дехьа дуьххьал йолу меттигехь. Малх чубуза хан хилла боху, и кхиэл кхочушъен хан. Имам Шемал хилла, шен гоца цигахь. Резабоцучеран аьзнаш а, хилла боху. ТIаккха, вен кхиэл йинчарна юкъахь волу, Окин кIант ГIинжалха вистхилла боху, кхечу, ша санна вен кхелйинчу нахе. Цо, цаьрга аьлла боху: «ХIара, лелаш ерг Делан кхиэл ю. Делан кхиэлана реза а хилий, Деле вайн къиношна гечдар дехий, есанаш деший, Далла дуьхьалхIитта кечло» аьлла. Имам Шемалас, шена уллехь волчу гочдархочуьнга хаьттина боху, хIун бохуш ву и стаг аьлла. Цо цуьнан къамел гочдича, Шемалас аьлла боху: «И стаг, кхарна юкъавогIуш вац» аьлла. Иштта, царна юкъара, ГIинжалха дIаваьккхина боху.
          БатIалан Ташун Сайдас дуьйцура, ШоIипан чурт, имам Шемала ворхI сту а боьжна, ЧагIанкхара баийтинчу тIулгах дина ду, бохуш. И чурт хIинци а лаьтташ ду: ша дIаваллалц ШоIипан кошан а, чуьртан а дола а деш вара БатIалан Ташун Сайда. ХIоллам а богIийтина, боху цунна имамо. Шемала богIийтина и хIоллам, хенан йохаллехь дIабаьлла. ХIинца болу итт хIоллам боьгIна, ШоIипан цIийнан наха 1998-чу шарахь, БатIалан Абумуслиман Сайд-Мохьмад хьалха а волуш.
          Къаьсттина билгалдаккха луур дара, кхин а, ца хилла болу хиламан хьокъехь дерг. Хууш ма-хиллара, Кавказан тIамах яздиначара массара, Ташу-Хьаьжьа дIакхелхина хан, 1843-шо ду олу. Амма, ЦIоьнтарарчу дукхаха болчу къаноша дуьйцура, ШоIип лахьти чувилинарг, Ташу-Хьаьжьа хилла бохуш. Ша каш чуьра хьала ваьлча, цо аьлла хиллера: «Шен доьналлах воьхна вацара, ШоIип, ша бакъ дуьненчу вирзичи а».
          Ала диэза, баккхийчара дийцарехь, и вуьйш дакъалаьцнарш, тIаьхьо, шаьш динчунна чIогIа дохкобевлла хилла. Изза тоьшалла до, оьрсийн хьостанаша.
          Лакхахь ма-аллара, ШоIип вийначул тIаьхьа, цуьнан цIийнан нах юьртах бевлла. ШоIип вуьйш дакъалаьцначеран вежарий а, шичой а Таьшкичу бахана. Уьш бу: Iамин тIаьхье, ГIазбиган тIаьхье, Бахьадан тIаьхье а. Чаьлбиган Хьасайн тIаьхье, цхьаберш цуьнан кIентан Маммин тIаьхьенах берш Чечана бахана. Ткъа Чаьлбиган Хьасайн ТIохIуран кIант Дасай (Датай) ву, Таьшкичу баьхкинчий списки тIехь гойтуш. Амма, схьахетарехь, цигахь дукха Iийначух тера дац иза. ХIунда аьлча, цуьнан тIаьхьенах волчу КIорни-некъен Дасай-Хьаьжин Iабдулин Мунайрас (1924–1997) дийцира (Iаш ЦIонтрахь вара иза), шена хезна дац, ТIохIуран тIаьхьенах цхьа а, Таьшкичохь хилла бохуш. ШоIип вийначул тIаьхьа, шайн да, БIаьчи-юрта вахана хилла бохуш хезна шена, элира цо. Схьахетарехь, дукха хан ялале, Таьшкичуьра, БIаьчин-юьрта кхелхиначух тера ду. Цул тIаьхьа тIамехь жигара дакъа а лаьцна цо: имам Шемала, кхо мидал елла хилла цунна. Цу кхаа мидалан кепаш, цуьнан чуьрта тIехь яьхна а ю. Цул сов, посемейный спискаш тIехь гойтуш а ву и [8, 491–492 агIон тIе, № 81].
          КIорни-некъен Чаьлбиган Муртазан тIаьхьенах волчу Межин Мидодас элира (1934– 2007) (Iаш ЦIонтара-юртахь вара иза): Шена, шайн дайх цхьа а, юьртах ваьлла олуш ца хезна аьлла. Амма, дукхахболчара дийцарехь, КIорни-некъений берриге а, юьртара, цхьана ханна арабевлла хилла. Цхьаберш, генарчу а, уллерчу а ярташка бахна, вуьш берш, КIорни-некъех волчу Барзанкъин Iабдурешида дийцарехь, ЧагIанкха чу биссина а хилла. Амма, цу хьокъехь дерг, хIинца а, дуьззина хууш доцчух тера ду.
          Таьшкичура, ЦIоьнтара уьш юхаберзар, тайп-тайпанчу заманчохь хилла. Элти цигахь кхелхина а, дIавоьллина а ву. «Цуьнан тIаьхье юхаерзалц, 25 шо хан елира», аьлла дийцира, цуьнан тIаьхьенах волчу КIорни-некъен Тимар-Iелин ГIадин Салавдис (1932–2011) (Iаш Соьлжа-гIалахь вара иза). ЦIоьнтара хьалабахкале, Мескитахь Iийна уьш нохчийн мотт Iамош. ХIунда аьлча, керлачу чкъурана, гIумкийн мотт бен хууш ца хилла.
Мишта, ЦIоьнтара ван юьхь яц шен, хIунда аьлча, ша бахьанехь юьртахошна зулам даьлла аьлла, Азамат-юьрта вахана боху Таьшкичура дIа. Цигахь, дIавоьллина а ву иза. Хомутай, лакхахь дийцина ма-хиллара, вийна имам Шемалан бIоно.
Дадин Соьлжа, 1867-чу шеран тептар тIехь, юьртахь гойтуш ву [8, 497 агIон тIе, № 101].
          Наиб ШоIипан доьзал, имам Шемала Курчалой-эвла дIа кхалхийна, тIаьхье цигахь ю. ШоIипан Iабдул-ВахIид, шен доьзалца, Соьлжа-гIалан «Калинин» посёлкехь Iаш ву.


ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА:
PAIDAETAR.th.png
          1. Дадаев Ю.У. Наибы и Мудиры имама Шамиля / Дадаев Ю.У. Рос. акад. наук, Дагест. науч. центр, Ин-т истории, археологии и этнографии. Махачкала: ДИНЭМ, 2009. 621 с.  
          2. Дадаев Ю.У. Шуаиб-мулла Центороевский – сподвижник Шамиля. Махачкала, 2012.
          3. Даниялов Г-А.Д. Имам Шамиль. Махачкала, 1996. С. 71–79.
          4. Хожаев Далхан. Военно-политическая и административная деятельность Шуаиба-муллы Центороевского. Материалы Всесоюзной научной конференции 20–22 июля 1989 г. «Народно-освободительное движение горцев Дагестана и Чечни в 20–50 годах XIX в.». Махачкала, 1994. С. 136.
          5. Хожаев Далхан. Чеченцы в Русско-Кавказской войне. Грозный-СПб: Издательство «Седа». 1998. 250 с.
          6. Ибрагимова М. Имам Шамиль: Роман. М.: Советский писатель, 1991. 608 с.
          7. Движение горцев Северо-Восточного Кавказа в 20–50-е годы XIX века: Сб. документов. Махачкала, I959. С. 352.
          8. Посемейные списки жителей Ичкеринского округа. Нальчик: Издательский центр «Эль-Фа». 787 с.

PS.           ХIара, «Мудир ШоIипан дIакхалхарх лаьцна» аьлла дина яздар а, кхулла а, кхо кIира ца кхоччуш хьалха, кху сайта тIетоьхна «Соип-мулла Центороевский – Кизлярская операция» аьлла статья а, суна ладаме долу масех хаттар, схьакъаго санна нисделла хеташ ву со. Къахьегначарна хIун хетара ду ала-м ца хаьа суна, делахь а атлаш (скобка), цIоьмалгаш (запятая), цIоьмалгийн къовларш (ковычки) хIитторца, иштта, цу кепера долу кIезга-мезга тодаршца, сайггара хийцамаш-ам бина ас кху тIехь. Амма, маьIнаш меттахадаьхна дац. Суна, къинтIера бевриг хира бу-кх, хӀара болх вовшахтухуш и къахьегнарш.
          ХIара а, кхин долу дийцарш а, зорбане дахкар сан доьзна ду, со талламаш беш хилар, ШаIами-Юртахь даха хевшиначу тайпанин, цу юьрта уьш кхачаран бахьанаш довза лерина. Суна ладаме ду иштта, кхин хаттарш а. Масала: цкъаа гуннин, тюркин, манголин Iаткъам бовзаза долчу дехийлан адамаша, хIунда аьлла цу шайн дехийлах «юьрт», я кхечара, «кIотар» а хIунда олу? Дац ткъа и ши дош, хийрачу меттанех («хутор» = «кIотар»; «юрт» = «юьрт») схьадаьлла дешнаш? «Ирзу», «кхаьла/кхаьлла», «эвла», «àлу» (эвла, Iайле), «пхьà» (пхьàтIа), нах-меттан дешнаш, цIераш, кхетамаш бу Iаламата ширалла йолу – суна хетарехь цIенна, вайнехан меттан дешнаш а ду уьш. И вайна девзу, «юьрт» олу дош, кхечаьргара тIеэцначех ду. Адамаш деха и Iайле/Iойла («àлу» /эвла/), даима хица кхуллуш хиларна а, цу Iайлехь йовхо латтош, даар кечдеш ерг «алу» хиларна а, «юрт» метта, «эвла» ала дезара вай а, йоккхачу шахьарах «пхьà», я ма-хиллара, «гIала» а олуш. Аса иза хьахий, цхьацца йолу малхбалера цIераш (малхбузехьара санна), тIеэцначех ю аьлла сайна тарадаларна. Цкъачунна, иза коьраниг дацахь а, галморзахаллаш йолало и тайпа ладаме доцу бахьанаш коьрте а хIуьттий.

          Даима доьналлехь хилла (сан шеко яц, иза, иштта хиларх), шайн исторехь, дозаллица хьахо хьакъ болу «Нохчмахкахойн тукхаман» тайпанхой, бекъабелла, кескаш хилла, хIунда беха те массо а ярташкахь, шайн латта а, мохк а ца хилча санна?» олий хетало цкъацца. Вайна ма хаьа тахана, селхана, вай махках даьхча а хиана вайна, мел хала ду, кхечу адамашна (нахана хIетте а) тIевоьссина ваха.
          Тахана тхуна хаьа, нихлошна тIебиссиначу цIонтаройх, курчалойх лаьцна долу цхьадерг. Амма, хууш дац Iалерой, айткхалой, билтой, шуной, ялхой цу юьрта качаран бахьанаш ма-дарра. Изза хьал ду, кхечу, тукхамийн бахархошца доьзнарг а. Масала кей, ШаIами-юрта бахка кхолладелла хьал, чIирца доьзна ду – ненахошна тIебиссина уьш. Кхаа декъах болчу аьккхийн цхьа дакъа а, Валарг тIера деана хилар а девзу тхуна ма-дарра – «хутор» олучу къепах баьлла, пайдане сатийсар хилла, цу юьрта уьш кхачийнарг.
          Цхьанне а хууш дац (хетарехь царна шайна а) туркой муьлхачу бахьница кхаьчна цу юьрта. Иштта талла дезаш ду пешхойн, нашхойн, аргIанойн, чунгаройн, дишнийн тайпанаш дахкаран некъаш а. Ма-мотталаш, со, декъаран некъаца болх беш ву, вац! Ванне а вац.
          И лаъмаза долу кхалхарш вайга дойтуш хилларш ду, вайн лула догIуш хилла хьогIе халкъаш. И бахархой дIасхьалоьхкуш, церан латтанаш доладохуш, церан кхетамашка шайна дезнарг дуьллуш, цу мисканин гIорадацарх пайда оьцуш, цараллехь даггара боцчу нехан гIорторг хилла лелла, кху кхаа бIешарахь, вайна уггаре а хьогIечарех йолу Росси а.
          Аса кхайкхам бо, махкахошка, «Вайн халкъан истори деньеш дакъалаца!» аьлла, шайн дайшкара хезнарг дийцаре а дуьллуш, дIаяздеш, туьйранех лара а луш.
          
          Суна, билгалян луара дара, авторан ойла йовзийту кху иртан кийсак: «Кхин цхьаъ билгалдаккха деза кхузахь, нохчаша, луларчу Дагестанера къаьмнашка хьаьжна дуьстича, бусалба дин тIаьхьо тIеэцна хилла. Цу бахьанина, бусалба динан низамо, кIоргге орамаш тесна ца хилла нохчашна юккъахь».
Со, цу тайпа ечу ойланна реза вац. ХIунда аьлча, «дин, тIаьхьо тIеэцна хилла» бохург тIечIагIдеш ду, Россино, нахчашна тIехь кхоьллинарг – «нохчий, бусалба дине баьхкина 400-450 шо бен дац» бохучуьнца догIуш и хиларна.
КIезгачу барамехь, 1395-гIачу шарахь, АстагIчу Темаркъан летописаша яздина бухадитна тешалла ду, аьккхий, бусалба динехь бара бохуш. ЦIенна, цхьа аьккхи хилла хира ма-баций бусулбанаш.Теша, кхечу тукхаман дика наха а дакъалаьцна хилар, и дин нохч/нахчашна юкъахь карладоккхуш. «Карладоккхуш» аьлла ас яздар, шен бух болу хьесап ду, хиллехь а вайх берш текъам-динехь а, керста динехь а. Бусулбалла, вуьшта аьлча, монотеизман чухуле йоцуш хилла яц, вайн дахарца йоьзна синкхачанан агIо.
Цкъацца олуш хаало «вай, дерриш хилла дац бусулбанаш». Аса хаттар до-кх, ткъа тахана дуй нохчий къам бусулбанаш бу ала томехьа? Кхузаманан аххалкъ дац ткъа вайн, бусулба а, я керста а доцуш делазхойн (атеист) новкъахь?
Дин малалуш а, иза чIагIлуш а, муьраш нисло юкъараллин дахарехь. И тайпа ант доцуш хилла яц, нохч/нахчийн юкъаралла а. Иза иштта хилар гучадаьлла, Иракъ пачхьалкх йохийначул тIаьхьа, цуьнан библиотекаш чIанайохачу муьрехь. Iорадаьлла ду, 900-1180 шарашна юкъахь Халифатехь гIарабевлла, Нохчийчуьра дIабахна, Iилманчаш хиллийла иттех сов стаг хIетте а. «Исламан дозалла», «Исламан куралла», «Сийлахь-Воккха догIанча» аьлла, уггар еза цIераш техкина и нах дакъалаьцна бу дуьненан Исламан Зуьрет кхиорца а, адамашна юкъахь Iилма даржорца а. Масала Абубакар Мохьамадан кIант Амий ИсмаIал, «Сийлахь-Воккха догIанча» цIе йолу нохчо, вина ву Нохчийчохь 904-гIачу шарахь. Харасанехь а, Багдадехь а шен Iилма совдоккхуш ша гIараваьлча, Нохчийчу юха а вирзина, ШафиIа мазабан хьалханча хилла иза.
Цо, динан хьокъехь язбина бухабитна, дукха белхаш бу. Кхин болу Iилманчаш, цхьаъ ладаме дерг къасто дезачохь, цу белхашна тIетийжаш а хилла.
ГIазкхашха аьлча, цу белхин цIераш хилла: «Корни исламского правоведения (факиха)», «Прекрасные грани Шариата», «Толкование шафийской книги «Рисаля», «Обычай судей» ишт.кх.дIа а. Иза велла, 975-гIачу шарахь.
Кхин цулла тIаьхьабуьсуш боцуш гIарабевллачех вийца ву вайн иттех Iеламстаг, илманчаш. Уьш массо а, Динан Юкъ йолчу Багдадехь бевзина ца Iаш, йоллу Халифатехь а бевзаш хилла.
Делахь а, 1844-гIа шарахь ЦIоьнтарахь нисделларг, цулла, 449 шо хьалха Аух махкахь а нисделла, бусулба нах шайн тайпанхошна тIехIоьттина, гIазотан новкъахь вогIачу Тимурах леташ. Цундела, вайн бакъо яц, тIехула хьежа цу хаттаре. КIоргге кхевдаш, схьаделла деза шеца бIостаналла (парадокс) йолу и тайпа хаттарш.
Кху статьян авторца со резахира вара, шарIаца, чIагIбелла хилла бац нохчий цо аьллехь. ХIунда аьлча, «динехь хилар», «шарIаца вахар» бохург, шен-шен башхалла йолу ши кхетам бу. Делахь а, ша цIонтаро хиларе терра, кхечу нахана гергахь тайпанхошкара даьллачуна, ша юьхьIаьржа хетта хира ву цунна а.

          ШоIип кхелхина 13 шо даьлча, нохчаша ша охьатесча, цу гIазкхашна шен лаамехь каравахна и имам Шамал, цкъацца бехказа ваккха гIерта вай. Вайна атта ду, ваьш, я вешаниш бехке бан. Вайн а, хила ца тарало, цхьа онда бахьана, я бахьанаш и имам дIатассал билгалдаьлла? Берриш а нохчий кхерабелла, къарбелла я бохкабелла олийла ма дац, вайна цхьанне а?
          Нохчаша, и Шамал тIаьхьо охьатасарца доьзна бахьана го суна, ЦIонтарахь, Шамала гайтиначу цхьана гIуллакхца дуьстича. Аса, тидаме оьцийтура ду шуьга, кху иртан кийсакан цхьа дакъа: «Резабоцучеран аьзнаш а, хилла боху… . Имам Шемалас, шена уллехь волчу гочдархочуьнга хаьттина боху, хIун бохуш ву и стаг аьлла. Цо цуьнан къамел гочдича, Шемалас аьлла боху: «И стаг, кхарна юкъавогIуш вац» аьлла. Иштта, царна юкъара, ГIинжалха дIаваьккхина боху».
Ткъа дIакхайкхина кхел мича хьо вай? И ГIинжалха вист ца хуьлуш вийнехьара, цуьнца йоьзна и кхел, нийса хира ярий АллахIана гергахь? Тахана-м эра дара вай: «Далла гергахь жоп лун дерг, Шамал ву». Ткъа вийнарг, велларг? Цхьаннан лаамца ян а, цу цхьаннан лаамца юхаяккха а мегаш йолу, Делан цIарца кхайкхийна кхел, юьй техьа адамна нийсо гойту бакъо?
          Кхойтта шо даьлча, цу цхьаннан лаамца хилла хилам – каравахар, буй техьа къобалбан хьакъ болу, я Далла гергахь нийса бу ала томехь болу сацам?
AVTOR-CAKKKE.th.png
Харцонан хIо хаалучохь, Iадаташка кхевдаш хилла вайнах, и Iадат хиларна вайн дайн шира шариIат. "Шираллера ШариIат" аьлла, цIе тилла догIу, хено зийна юкъара и низам. 
          Масала, ткъа шо хьалха, толам баьккхина нохчийн халкъ, шен тIемалойн гIортор йолучара дIадаларан бахьана дийца ца лаьа цхьаннина а. ГIазакхин корматалла а хьастайо вай, цуьнан герзан ницкъ а совбоккху вай, и хьогIе къам а бакъдо вай, цо вайн тIемалойх кхоьллина аьшпийн туьйранаш къобалдо вай тахана. ГIазакхийн тешнабехк, ямартло, юьхьдагаллахилла а йоцуш уьш болуш санна, и дицдина вай, доццушшехь толамний, эшамний юкъадоьлларг, кхо шо а. Иштта сиха, хийцалуш хуьлий техьа адаман, юкъараллин вадд (менталитет) хIетте а?
          ХIа-хIа, мах нийса хадо беза, селханалерачу шираллин а, тахана нислочуьнан а, кханено вайга кховдо таралочух, нийса хьесап а доккхуш.
Просмотров: 644 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/2
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Февраль 2016  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
29
Назам
Адин,Сурхон илли