Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 20 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 12-ГIА КИЙСАК
18:56
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 12-ГIА КИЙСАК

Хьалхарачу Азина евзина, кхалхаран тулгIенаш.
 
            Вай хьахо еза иштта, симитин орамах йолу, йоллу Хьалхарачу Азина Iаьткъара йолу адаман раса. Иза хилла, «африо-симитин расан» адам, шайн схьадалар Африкера а долуш. Дуьххьара, цу адаман векалш Хьалхарачу Азина бовзар нисделла, нухьалан муьрехь, доккха хидестар (ш.оь. 3100-3000 /± 50-100 шш) хилале хьалха, симитин цIу «Энки» юкъаволачу муьрехь. Хетарехь цуьнан хан ю, мел дукха а, 3350 шарна гонахьара зама. Цу муьрехь, Африкан гIайре тIера кху махка оьхуш, хIордаца махлелорхой хилла, «африо-симитин расан» векалш. Царна, махбаран-экономикан яккъаш оьшуш хиларна, цхьа васт, цхьа дин, цхьа низам долу и мохк, цуьнана халкъ декъар, коьрта Iалашо хилла церан. Цара, нухьалшна марздина текъам-дин (язычество). Дала вогIийту Нухьа-пайхамар, галадаьлла, шен «нухьитан халкъ» иймане дало. Шех накъостий тоьхна, уллера захалонаш деш лартIера даьлла, «нухьитан халкъ» хIаллакдо Дала, цаьрца цхьана хIу дойъуш «африо-симитин расан» векалин а, церан хинбахаман а. Юха а, и халкъ дуьненчохь историна хаза, кIезгачу барамехь, кхин масех бIешо дала дезна. Уьш (лаьттахула, даьлла лела тайпанаш), дуьххьара, Хьалхарачу Азира «Аравин ахгIайренна» девзу, мел дукха а ширачу оьмаран 28-27-гIа бIешерашкахь.
            Муьлш бу и «африо-симиташ»? Церан шира орам, Африкан континентехь болчу, тахана вай «Виктори» олучу Iомаца а, цу гонахьарачу лаьмнашца а буьйзина хила беза, кIезгачу барамехь, ширачу оьмаран ши бIеэзар шераш тIера, 4-3 эзар шерашка кхаччалца йолчу хенан юкъахь. Цу континента тIехь (Африка), и адам дIасхьадаьржина хан а хила еза, кIезгачу барамехь 35 эзар шо хьалха. Билгалдан деза, «Сахара» олу мохк 10-12 эзар шо хьалха, саваннан Iалам долуш ниIмате мохк хилла хилар. И саванна, гIамарша дIахьулайан йолийча, кIезгачу барамехь ширачу оьмаран пхи эзар шарана гергахь, цигара халкъ, «Нил» хица даха хиана, хира долчу, «Мисаран зуьретна» дахаран бух кхуллуш. И «Мисаран зуьрет», «Шумаран зуьрет» санна шира ду. Делахь а, и хьалхе шолгIачуьнгахь хилла ю. Цул совнаха, Мисаран зуьрет кхоьллинарш (пирIунан охла) хилла бац Африкан автохтонаш. Сел чIогIа и пирIунашца боцу безам хIун бух болуш ду олий ойла кхоллаелла ву со, иштта хила арало шу а. Кху тIаьхьарчу заманчохь схьаделладеллачу тешаллаша, жоп луш санна хета суна. Цуьнан бахьана ду, и пирIунаш (шен хенахь гиксосаш санна), симитин орамах ца хилар. Гаплогруппан Iилмано Iорадаьккхина тахана, цу пирIунин орам Халхарачу Азера адамин хилар. Цул совнаха, Европан доккхаха долу адаман дакъа а хилар, цу пирIунан орамах дебна. Иза, кхин чурхе ю, къастийна елла, таллам бан безаш.
            Хьалхарачу Азина цу симитин Iаткъам бовзар нислуш хилла, Мисарара пирIунан Iедал, паччахьалла чIагIлучу муьрехь. Шайна луург Мисарахь чекх ца даьлча, даьлла лела и ваьрраш, шен кийрара аракхуссуш хилла Африко. Дуьненна девзина и тайпа, кхоъ, адамца Iеттор дина – аккадаш, амаррейаш, арамейаш, иштта Азин латта тIехь кегийра аракхиссарш а деш – «сутти», «халдейаш», «ахламуо». Цу юкъахь вайна ладаме ду, бес-бесара долу и ялх тайпа ваьрраш а, халкъаш а. «Бес-бесара ваьрраш, халкъаш» бохург ма-дарра довза, беа-пхеа могIанца, доцца аьллачуьнца къастам болу, маххадор хира бац вайн.
            «ПирIунан III-гIа паччахьан цIа» (ш.оь. 2640-2575 шш) Мисаран коьртехь долчу хенахь, хиллачух тера бу и дуьххьара хилла кхалхаран болам. Иза ю, «аккадан» («а-къа-да»; гIазкх. маьIна, «он есть грех», йа «он отец греха») халкъ шех кхоллалура долу этнотоба. Цул тIаьхьа, «вовшахатоьхначу Мисаран», пирIун Сахура («V-гIачу паччахьан цIийнан» пирIун. Иза паччахьаллехь хилла ш.оь. 2458-2446 шш.) хIоьттича, цу «Аравин ахгIайренна» евзина «амарреи» («а-мар-аре-я»; гIазкх. маьIна, «он обитатель равнины»; «он властелин степи» - азиатин вариантехь), йа («амура» бохург, «малхбузе» ду симитин вариантехь) олу халкъан шолгIа кхалхаран тулгIе. Цу заманчохь, пирIун Сахурас, шен коьрта тохар дина хилла, къилбехьа болчу «Куш» махкана а, Африкан Юкъанна а.
            Цу «амаррейан» халкъо, бухараниш малхбалехьа дIа а тоттуш, кхузаманан «ЦIен хIордаца» невре гIурту, еса аренашка араялла и тулгIе. Цул тIаьхьа, ширачу оьмаран 2100-1940 гIа шерашна юкъахь, Шумар махка хьаьлха, «амаррейа» олу и симитин халкъ. Цу тулгIено, кхоччуш хIаллакбой, чIаьнкъа берзабой дIабоху и «шумарш». Симитех дIацаоьш дисна, къаьсттина шумаройн сийлаллин дакъа субарташна а, элламашна а, иштта лаьмнашкара ламарошна а тIедоьссиначух тера ду, царех дIаэн хенан йохаллехь. Царна орцаха ялла «Эла-Лам» а, дан хIума доцуш юьсу ша а.
            Цу шумарша, шаьш тIедиссиначу мехкашна (Субарта, Аррапха, Эллам, ишт.кх.е.) керла импульс елла, шайгара Iилма, корматаллаш шаьш тIедиссиначарна дIаяларца, некъ биначух тера бу шайн чеккхенехь. Ткъа Ханаана махкана, и симиташ кхоччуш бевзина зама хила еза, 2450-2100 ш.оь.шерашна юкъахь. Цу кIоштана, даима ницкъ бечарех хилла цхьана юкъана арамейаш а (протожуьгтий), чIаьнкъалла тIеэцнехь а, изза, симиташ лара мегара болу ассирийцаш а. Иза нисделла, ш.оь VIII-гIачу бIешерашкахь. Ассирин паччахь Тиглатпаласар-I-раниг волчу заманчохь (1114-1076 ш.оь.шш.), цкъа Сийри а, финикийцин хьалхе йолчу гIаланашка а гIоьртина хилла и ассирийцаш.
            Эзар шерашна юкъахь, цу «симитин» халкъо бина некъ ма-барра Iорабаккхарций бен, вайна карора дац бакъдерг. Кху пхеа хIорда юккъе, вуьшта аьлча Хьалхарачу Азихь и халкъ гучадаьлла хан, лакхахь ма-хьаххора мел дукха а, ширачу оьмаран 28-26-гIа бIешераш бен дац, ца лерича, хIордаца цара деш хилла махлелорца доьзна кхарстарш. Дуьххьара, уьш зуьретан яккъашна Iаткъаме доцуш, масех бIешо даьлла дебаш. «Аравин ахгIайренан» къилб агIонгара дуьххьара гучадевллачу даьхнилелорхойн (кочевники) ваьррех бу «аккадаш» («а-къа-да»; гIазкх. маьIна, «он есть грех», йа «он отец греха») , «амарреяш» («а-мар-аре-й»; гIазкх. маьIна, «он обитатель равнины», йа «он властелин степи») олуш хиллехь, кху ширачу оьмарн 14-13-гIачу бIешерашкахь, цу Къилб Аравера, къилбседехьа хьаддачу кхалхаран тулгIено далийначу ваьррех, «арамейаш» олуш хилла, дуьххьара еъначу хенахь «ах-ламуо» (ист. «ахламуо»; гIазкх. маьIна, «на половину горец») а олуш. «Масех бIе эзар шо хьалха, Юккхерачу Африкехь баьхна хилла» бохуш вай бийцина «мисарой» а, и «симиташ» а, шираллехь, цхьана орамах хилла, ши халкъ хила таралуш а ду (даима, уьш хьогIе хиллехь а вовшашца). Делахь а, кху тIаьхьарчу хенахь кхоллайала таралуш ю керла ойла: иза, мисархой берриш а ца хилар Африкан агано кхиийна автохтонаш, ширачу истори кхевдича хIетте а.
            Аравина, малхбалехьарачу «Персин чожаца» а, малхбузехьа болчу «Эрзан хIордаца» (ЦIен хIорд) хьала а, къилбседехьа дахначу ваьррех хилла халкъаш ду: «аккадаш», «амарреяш», «суттиш» , «халдейаш» (хьал-де-йа) , чIаьнкъалла оьцура йолу «финикийцаш» («джахи» - «дежа-хи», гIазкх. маьIна, «вода обитания»), «ашшураш», «керлававилонаш», иштта тIаьхьо кхоллалура долу Iарбойн ваьрраш – «протоханаанаш» а, цу юкъахь бац хьалхара «шираханаанаш». Цуьндела, вайна хаа деза, берриш а «ханаанаш» ца хилар, «симитех» хьакхадаларш долуш. «Хурритин» хIуьнан цIийн барам алсама болуш, «симитин» халкъо чIаьнкъа дерзо долийна ваьрраш а хилла цу юкъадогIуш. Юха а ала деза, царех хилла бац, хьалхара «шираханаанаш». «Арамеин» ваьррех дIакъаьстара долу дакъа, «жуьгтийн» халкъ ду. Цхьана ширачу орамах (раса) дIасхьадаьржина, генетикан юххера гергарло долу, онда кхо га ду «аккадаш», «амарреяш», «арамейаш», тIаьххьарачух дIа, «халдейан» («хьал-де-йа»; кегаре ма-бе, «Халда», «халдаш» дешнашца) халкъ а къаьсташ. «Арамейаш», юкъа эзар шо сов хан юлуш баьхкинехь а, Африкан континентара орам болуш, Эфиопехь кхолладаларан гаьнгли болуш, цигара схьадаьлла халкъаш ду уьш массо а.
            Даьхнелелорхойн, даьлла лела дахар долуш хилла, цу Шумаран махка чутаттаделла «аккадайн» («а-къа-да»; гIазкх. маьIна, «он есть грех», йа «он отец греха»), «амарреин» («а-мар-аре-я»; гIазкх. маьIна, «он обитатель равнины», йа «он властелин степи») ваьрраш. Шайн адамин дуккхаллица, бухахь баьхна хилла «шумаралла», «хуррителла» сов а буьйлуш, шайна юкъахь бисначаьрца шайх тардар а деш (ассимиляци), цу шина халкъан ламасташ, йоза, Iилма, дин, культура дIаоьцуш, и мехкаш шайн доладаьхна цу «симиташа», цхьа эзар шерашна юкъахь.
            «Прафиникийцаша», «керлаханаанаша» цу кепара тардар деш долаяккхина ю, «Эдом» олу Юххера Малхбален кIошта а, иштта, Сийрин махкара цхьацца йолу яккъаш а. Уьш чутаттабелла «Тир», «Сидон», «Библ», «Иерихон», «Дамаск» олу гIаланашна. И гIаланаш, дуьххьара кхоьллинарш ду, «ширакавказхойн расах» долу этнодакъош. Цу хьоло, цу махка балабо автохтонан адаман орамах (прахалафан адам) болу «нахи» а, «хурриташ» а, «хатташ» а, тIаьхьо «гиксосан» дакъа долу «ари» а. Шен хенахь, «шумарша» орца доккхуш балийна «гутти» санна, цу махкахь даха ховшара ду, «ширакавказхойн» орамах долу «прагиксос Барта» юккъера адам а. Уьш а хилла, иштта, хурриташа кхайкхина далийна орца.
            Ша-шаха хаттар кхоллало: «Нагахь санна, меттан цхьа орам болуш и ши халкъ делахь, вовшашца херо йолуш, даима вовшах леташ хIунда хилла «аккадаш», «амарреяш» а, тIаьхьо царех «арамейаш» а» аьлла. Изза хаттар хIотто йиш ю вайн «мисаршний», цу лакхахь хьахийначу халкъашний юкъахь хилла хьагI а, хIун орам болуш ю?» аьлла.
            «Аккада-амарреяша», шайн маттаца йогIуш йолу цIераш, акхаралла, къизалла йолу, адамцадезарца дуьйзина долу гIиллакхаш юкъадалош, цхьацца долу аматаш хийцар бен, бухахь даьхначу автохтонан къаьмнин ламасташ, йоза, дин, дахаран кеп, кхин тIех хийцам боцуш тIеэцна хилла цара, «ашшураш», «шира-керлававилонаш» олу чIаьнкъа халкъаш шайх хуьлуш. Бакъду, «хидестар хилале» хьалха (гIазкх. маьIна, «допотопный период»), «африо-симитех» болчу хIордан махлелорхоша, кху махка деана дукхаделин динан дIавш, цунах герз деш, юьхьара лаьцна хилла цара.
            ТIаьхьа тIедеанчу «арамеин» ваьрраша, хьалха яккхина Iалашо хилла, шаьш керла дай хIуьттуш, юха а мехкаш декъарца юьйзина йолу политикана, эвсаралла ялар. «Яккхиначуьнан ю, ирхе» бохачу кепаца, и мехкаш доладерзоран гIуллакх кхочушдан, цара юьхьара лаьцна герз хилла, ницкъ болу халкъашна, пачхьалкхашна юкъахь питана а лелош, цу къовсамехь хиллачу тIамо чIанадаьхна, адамех дассаделлачу мехкашка шайн ваьрраш чутоттуш, цу мехкин дай хIиттарца юьйзина. Цкъа хьалха Палестинехь а, тIаккха Сийрин махкахь а, цу тактикаца элин кхерчаш кхуллу цара.
            Цу заманчохь церан а, йа цхьаннен а хамабеш йоцу Ассири а, «касситин» олаллин кIелахь йолу Вавилон а хилла, цу «арамейашна» а, цаьрца уллера генетикан гергарло долу «халдейашна» а новкъарло еш ерг.
            Делахь а, и «арамейаш», изза болу и «ах-ламуой» (ист. «ахламу»; гIазкх. маьIна, «на половину горец») дикка лелла, кхечу къаьмнин санна шайн коьрта цIу-дела воцуш а, мохк боцуш а. Къовларш юккъера «ахламуо» аьлла цIе а, цу «праарамейах» дуьххьара иштта яккхар а нисделла ду, «хатта-хуррито-нах-урартхойн» бехкенна. Даьлла лела цу даьхнелелорхойн ваьррашна бакъо елла хилла, латталелор коьрта васт долчу «кавказхоша», шайн ломахь цу «арамейашна» даьхни дажо а, дебо а. Уьш, автохтоналла йоцу тIедаьхкиначарех долу, ломахь, есачу лаьмнин когашкахь ханна деха ваьрраш хиларна «ах-ламанхой», йа «ах-ламуо» олуш хилла цара царех.
            Цу заманчохь нисделла ду, Харран-ГIалахь а, цу гонахьа дехачу «хурритин» адмаша а юьхьара лаьцна, керла кхоллалуш хилла, Дела цхьаъ веш долу дин. Цу динан кеп хилла: «Дерриге а дуьненна, массо а халкъашна тIехь лаьтташ верг, цхьаъ Деэла (Да-Эла) бен вац. Цу Дала кхоьллина ду дуьне а, цу дуьненан жилIалам а, чохь са долу массо дийнат а, адам а. Шен-шен цIу вазван гIерташ, церан цIарах адамин цIий Iенор, нийса некъ бац» аьлла. Монотеизман кхетаман, хьалхара зIийдиг а, динан керла кеп а хилла иза.
          Шумар йохийначул тIаьхьа, рогIехь йохочу «Метта-На» (ист. Митанни) пачхьалкхехь дехачу «хурритин» халкъана оьшуш ерг хилла, керла «идея». Цара къобалвеш тIеэцна хилла цIу-дела «Тейшеб» («ТIо-йа-Ша-ба»). «Ассирийцин» «Ашшур» цIе йолчу цIуна хьалха, «ТIо-йа-Ша-ба» гIорасиза хиларна, и керла ойла (идея) лехаран бахьана хилла и тайпа бух болуш. Иштта, дIахIоттаран бух лоьхучу цу халкъана, Сийлахьчу Дала: «Ша цхьаъ бен вац, дуьненин да» аьлла гайтина некъ хилла царна карийнарг. Кхетам самабаьллачу халкъо, хеццана и дин тIеоьцура долчу заманчохь, хьалхарниг паччахь Ададнаарар а волуш, шолгIа юкъаваьллачу паччахьо, Салманасарас и процесс малайина хилла ханна.
          Къилб Месопотамера, динан Юкъ йолчу Iилма Iамо вахана, цигахь олалле хIитта гIертачу «халдейашна» юккъера ведда, Харран-ГIала вогIу, «хуррит» волу ИбрахIим пайхамар. Шен халкъан ламасташца, васташца догIуш долу и керла дин, цу халкъе дIакхачош даржо волало иза, меттаха йоккхуш айъаман тулгIе. 1234-гIачу шарахь паччахьалле веъначу ассуройн паччахьо Тикульти-Нинуртас (Намруд, Нимврод), Харранехь бехачу «хурриташца» а, цхьанаделан дин даржо гIертачу ИбрахIим пайхамарца а, тIом болабо. Кхин а, цигахь Iер кхераме хиларна, шен ваьрах болчу «хурриташна» тIевосса лерина, Ханаана махка дIавоьду ИбрахIим, и дин даржош цигара дIаволавала. Цу заманчохь, цу бухахь деха дукхаха долу ваьрраш, «арамеин» хилла, юкъ-юкъахь ехаш, «гиксос Бартах» йисна, «хурритин» гIайренаш бен а йоцуш.
            Керла, кхоллалуш долчу «пражуьгтийн» къомо, цу заманчохь чIагIъелла йогIачу Ассирин чIаьнкъа къам бахьана долуш, дуьненчохь нахалла далаза, хIинца а адамин кхетамехь буьйда долчу цу динан дай хIуьттуш, иза тIеоьцу ши бIешаран дохалла долчу хенан юкъахь. Бакъду, Харранехь билгалйаьлла цу динан кеп хуьйцура ю цара, шайна пайдехьа хира йолчу агIора ерзош: «Дала, шена гергахь дазадеш, адамашна юкъахь къастийнарг, «жуьгтий» къам ду. Цу къоманна, Дала магийна мохк Палестина а ю» аьлла. «Сарра» цIе йолу жуьгтийн зуда ялор бен, «симиташца» цхьаа юкъ йоцуш волу, и дин кхайкхош лелла «хуррит» ИбрахIим, шайн къоман да хилар а дIакхайкхадо цара, иза кхелхиначул тIаьхьа дикка хан (ши бIешо) ялла а йолуш. Иза, царна дезарг ду, амма бакъдерг дац.


         
11-гIа жамI:  Аравин ахгIайренан къилб агIонгахь, симитин орам болу халкъ гучадаьлла некъ дазар долуш бу, Африкан континента тIехь Iуьллучу Эфиопин махкаца. ТIетеIачу гIамарша дахар готта хьовзийна къилбехьа хьаьдда, симитин орам болчу ваьррин (кочевникаш) кхалхаран тулгIе, «Мисар зуьрето» сацийна хила еза. И бахьана долуш, цу заманчохь, мелла а хин кема девзуш хилла йолу цуьнан (тулгIенан) и юьхьиг, «Баб-эль-Мандебан чекхIанехула» «Аравин ахгIайре» тIейолу. Вайна евзу кхалхаран кхоъ тулгIе, Хьалхарачу Азин латта тIекхоссар, даима нисделла ду, екъаелла Мисар пачхьалкхе цхьаъ еш, иза вовшахатоха пирIун а волий, и Мисар мохк чIагIлучу муьрехь. Иштта, билгалдан деза кхин цхьаъ, зуда пирIун хIоьттиначул тIаьхьи бен, и Мисар екъалуш ца хилар а. Цкъацца, масех бIешарна екъалуш меттиг а еана цуьнан.
            Кхо-диъ бIешо хьалха, хидестаран (потоп) ачо кхаьчначу цу Къилб Аравехь, ладаме долу, адаман дахар ца хила таралуш а ду. Хиллехь а, шайн дахаран кхиамашца, лахара тIегIе йолуш хила таралуш бу, цу меттехь баьхна болу, «автохтонаш бу» ала томехьа берш. И симитин халкъ, цу «Аравин ахгIайре» тIедала там болу бахьана а, хан а хила еза, мел дукха лерича а, 28-27-гIа ш.оь. бIешерашна юкъахь, «пирIунан, III-гIа паччахьан цIа» Мисаран коьртехь долчу муьрехь. Аравин ахгIайренан къилб аренашкара гучабевлла бу, «шумаршна» бевзина, африо-симитех болу «аккадаш». Эфиопера, цу Аравин махка деана, даьлла лела ваьрраш хилла уьш.
            «Баб-эль-Мандебан чекхIанен», йа хидоькъен шоралла (тахана, 26.6 км ю), цу заманчохь дикка готта а, кIоргалла йоцуш а хиллачух тера ду, тахана йолучулла. ХIунда аьлча, Африкан континент а, Аравин ахгIайре а, тектоникан боларца церан латтанаш вовшенна генадолуш хиларна тахана а.
            Дуьххьара, машаран некъаца «ширакавказхойн» дегIалла баьхкиначу «африо-симиташа», «Питана даржа де – тобанашка бекъа – Iедалан мукъ караэца» олу дахаран формула хилла юкъаяккхинарг. Цу формулица кхоьллина ю «Аккад-ГIала» а, цуьнан паччахьалла а. Цул тIаьхьа долаяккхина ю ладаме йоцу «Вавилон» а, «хурритин» хилла «А-с-Сур» (Ассур) гIала а, туьллуш цу гIалана, цу гIалаца шаьш воьзначу шайн цIуна, «Ашшур» аьлла цIе.
            «Ширакавказхойн» дахаран амат, адаман васташ машаре хилла ду даима. ТIеман тактика а хилла, даима дуьхьало яран (оборона) кеп йолуш. Ткъа «африо-симитин» и кеп мостагIалле а, къизалла йолуш а, тIелатарца йоьзна хилла ю даима, кхузаманчохь ма-хиллара.

 
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@
Просмотров: 79 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли