Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 20 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 11-ГIА КИЙСАК
19:48
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 11-ГIА КИЙСАК
хьалхе ю
            ХIунда хилла, динехь, «Хам» олуш ву боху Нохь-пайхамаран кIантах, инжилан дацаре турпал? Дера хилла, Хаман тIаьхьиено новкъарло еш хиларна, хIордан йохка-эцархой хиллачеран тIаьхьиенашна, цу тIаьхьиенин тIаьхьиенаш йолчу аккадайшна, аморрейашна, арамейашна Нил хица охьаховша а, шайн латта тIехула Хьалхарачу Азе баха а.
            Царна дика хууш хиллачух тера ду, Нухьан халкъ хIаллак хиларна бехке берш, шайн генара гергарнаш хиллий. Уьш бу афро-симиаш – хIордаца махлелорхой хилла, хидестаро, шаьш галадаьккхиначу Нохьан халкъаца цхьаьна хIаллакдина, Иблисан хIуо долу адмаш. Уьш хилла бу, Месопотаме, текъам-динан ойла еънарш, декъа, цхьаъ Делах тешар долу халкъ а, и тешар а. Цара, дуьххьара, латта тIехь кхоьллина «полисан» къепе, луш хилла хайре мел дерг са йоккхуш (кхузаманан, процент йоккху ссуда) царех олуш хилла – «там-кара» *.
            Хидестар хилла дукха хан а йалале, Къилб Месопотаме богIу шумарш. Дийца хIуъу дийцахь а, уьш бен хилла бац аьтто болуш, хино хьулйаза йолчу кIошташкара кхалхар дан а, денбан а, шайца вежаралла долуш хиллачу халкъан даймохк.
            Малхбалехь, гIора долу адамех хилларг ду, хидестале «хурри» адамца, Месопотами йитна долу «праАрин» адам. И праАри, Къилбседа Кавказехь хурри санна, баха хевшина хилла Азин шортенашкахь. Хидестаро юкъахдаьккхина, Невре деш долу кхалхар сецча, «Майкопан культура» кхолла кхиъна праХурри адамна тIедужу, юханехьа, Хьалхарачу Азе некъ бар. Суна хетарехь, шен роль ловзийначух тера ду, церан хиллачу даймахка, кхалхар дан буьйлабелла Африкера африо-симиташ а. Дуьххьара, уьш хира бу чIагIлуш, кхоччуш дегIала оьхуш, кхиош цхьаьна автохтонин «Шумаран культура», дебош иштта шайн тIаьхьиенаш а.
            Даьлла лела праАри тайпанаш, хидестар хиллачул тIаьхьа, 2000-1700 ш.оь. шераш тIекхочачу муьрехь, кIезгачу барамехь, кхаа подгруппе (подгруппа - группан цхьа дакъа) декъалура ду: «митаннин», «индин», иштта «индоиранан» ари шайх хуьлуш. ТIаьххьара ши подгруппо кхалхар до Малхбалехьа а, къилбехьа а. Ткъа «митаннийн ари» цIарца билгалбевра болу ари, Юккъерачу Азера, моцаха, хидестале шайн хиллачу агане юхабоьрзу, ш.оь. 1720-1670 шерашна юккъехь.
            «Индин ахгIайренан» халкъ, йа халкъаш, дерриш аьлча санна хIаллакдина хилла хидестаро. Бакъду, кхачабеллачу авохонин тайпанин меттигаш дIалоцура ю кхечара, масала, «Харрапан культура» кхуллура йолчу адамо. Ткъа «Китайан зуьрет» кхоьллинчу халкъана, суна хетарехь, оьшуш хилла дац тIелеца керла латтанаш, церан шораллаш.
            Африкахой, йа кхин а нийса аьлча, африо-симитин хIордаца махлелорхой хиллачеран тIаьхьиенаш, гуттаренна аьлча санна, хидестаро юхатоьхна. Церан хилла хикеманин флот, туьшаш, туьпаш, хIордахойн говзанчаш, йохка-эцархойн бахамаш, шаьш йохкаэцархой а, берриш уьш хIалакбина цу хидестаро. Церан хIаллакдина и гIуллакх, юха дендала эшна, цхьаъ, ах эзар шо хан. И гIуллакх дендинарш бу, «Минойан зуьрет» (23-гIа бIешо -1470 гIа ш.оь.шо) кхиийна шира протокавказхой. Уьш а хIаллак хилча («Санторин» тIепинган бохам), церан меттиг дIалоцура ю финикийцаша. Иза, дикка тIаьхьа хира дерг ду. Ткъа цул хьалха, цу африо-симиташа, хIорданан гIуллакх дуьтий, гIолехьа хетарг магийна шайна – лаьттахула, даьхница девллалелар (гIазкх., «кочевое»). Хидестар хиллачул тIаьхьа, Хьалхарачу Ази уьш гIортале, масех бIешарахь Нил хица невре гIиртина уьш. Церан Iаткъам лахбархьама «Лакхара», «Лахара Мисар» вовшахтоха гIерта хьалхара пирIунаш, церан новкъахь ца оьшу дуьхьало хуьлий дIахIуьтту. Царна диснарг хилла, кхузаманан «Баб эль Мандебан чекхIанехула» билла, керла кхалхаран некъ (маршрут). Изза некъ бан кечлуш хилла, праиндаевропан раса кхуллура долу, даьхнешца девлла лела тайпанаш а.
            Делахь а, ш.оь. III-гIчу бIешаран хьалхарачу муьрехь, Балканан кIоштан адам а, кхин дIа малхбузехьа деха Европан адам меттахдалаза, амма кечделла хилла, кхалхарш дан шайна нацкъарчу шортенашка. Церан хьалхара Iалашо Малхбале хиллехь (цкъачунна, хидистаран тIаьхьиено аьтто бохийна), шолгIа, гергахь йолу Iалашо хуьлий дIахIутту Жима-Ази (Анатоли). Делахь а, цигахь а ю дуьхьало – хаттан онда юкъаралла («Хатан зуьрет» даьхна ш.оь. 30-29-гIа бIешераш тIера, 18-15-гIа, ш.оь. бIешерашка кхаччалца). И хатташ тарбан мегара дац, 17-гIачу бIешарахь (17-13-гIа, ш.оь. бIешераш) Балканера, Анатоли (изза Жима Азе) баьхканчу хетташца. Хатташна шайх тардар дан, цаьргара хьалхенан роль шайга дIаэца, царна а оьшура ю хан. Дуьххьара, бевлла лелачу балканаша, дукхаха шайн кхалхарш, «Урал лаьмнин» когашкарчу агIонга деш хиллачух тера ду. Царех даслуш хиллачу латтанаш тIе, охьахуьйшуш хилла праевропахой а.
            Элламаш а меттабахказа хилла хидестаро биначу Iаткъамах, хIунда аьлча, церан доккхаха долу дакъа, хIаллак хиларна лаъмазаллехь. И тайпа сурт кхолладелла хилла, цузаманна девзачу, доллу дуьненахь.
            Мичара, муьлш хилла «шумарш» (ист. шумерш), иштта царех йоккху цIе а? Цу хаттаршна гонахьа дуьйцуш а, кхоьллина а, дукха хетарш, туьйранаш ду. Шумар/шумерша, шайн цIе, мехкан цIе, цу дашца йоккхуш хилла йац (иза ю боху, аккадашха алар долуш, цара тиллина цIе. Хила тарало цу цIарца, автохтонин орамаш).
            Шумарш, шайн аматашца хилла гоьрга яххьаш йолуш, зоьртала, даккхийра марош долуш. Боьрша адамин хилла дац маж-мекх. Исторехь чIагIдан гIертахь а, уьш хилла бац Iаьржа, хьийзина месаш йолуш а, гIазкхашха, «черноголовые» царех аллал. Иза, харцхьадаккхар диначеран туьйра ду аьлла хета суна, ца хиларна и шумарш, Iаьржачу аматехь. Хидестар хиллачул тIаьхьа йаьлла хан (700-800 шо) еха хилла йац, адамо амат хийццал. Хетарехь, шумарша, шайх олуш хилла «САГ». И дош гергахь ду, «адаман синойн га – адамаш» олучу кхетамна. Иза, иштта лаьтташ ду, шина дешан декъах а: «СА+Г» (гIазкх., «душа+ветвь»). Цара иштта, шайн махках йоккху цIе хилла: ki-en-gi (-r) (место+владыка+благородный). «Шумар/шумер» цIе иштта йаьккхинарг ву, «Аккад цIийнан» паччахь хилла волу Римуш (2260-2252 шш.), ткъа Ki-en-gi цIе шен йаздаршахь билгалйаьккхинарг хилла ву, Урук-гIалан паччахь хилла Эншакушанна (ш.оь. 2450-гIа шарна гергахь) – «Эн+Са+Кушанна» (делин са Кушанна).
            Лакхахь хьехийнарг, ойланан некъо хьоьхург, мифаша дуьйцург, топографин карташа гойтург, и шумарш каде Къилб Месопотами кхачаро гойтург ду, цу «Шина хин юккъехь» и халкъ «шениг» хилар. Вуьшта аьлча, нацкъарар тIедеъна доцуш, Кавказ-Загроссан орамах болу автохтонаш уьш хилар. Шеко а йоцуш, церан долахь хилла ду, Нухьан халкъана мел хуург. Цул совнаха, уьш боьлла хилла, «Шина хин юккъерачу» дахаран хьелех а.
            Цхьаа шеко йоцуш, со дийца ваьхьара ву, и прашумарш баьхкина ала, цхьацца тешаллаша, «ЭДЕМ» цIарца хьахочу, «ширакавказхойн расан» праАга хиллачу кIоштара. «Шумаран зуьрет» (3000-2000/1940 ш.оь.шераш) даьхна ду, мел кIезга а, цхьа эзар шо совдолчу муьрехь.
            Хидестале хьалха хиллачу хенан мурехь, хетарехь хилла, кIоштан дела волчу «Кумарби» (хурр. «Кумарби», «Ку-мар-ба», гIазкх., «Ку есть, мар») культ. ТIаьхьо, кхечу цIарца вевзура волу, шумаройн дела «Энлиль» (Ан-лиль) ву иза. Цу даша юккъера «мар» олу декъаца боьзна, герггара кетамаш бу: «да», «Iедаллехь верг», «сийдолу чкъор», «аристократ».
            «Делин къовсам» а, ирча бохам бохьуш хилла «хидестар» а, иштта цу тайпана амат долу кхин тайпа сюжеташ кхоллайала, дIасхьайаржа башхалле меттиг хилла, «кхаа Iомо, кхосаберг» (Ван-Севан-Урмийа) кхоьллина Месопотамин кIошта. Кхузара, дIасхьадолу даккхийра Тигр, Евфрат хиш санна, и тайпа сюжеташ Месопотамехь кхоллалуш Iанар, доьзна хилла, и тешаш, туьйрано (миф) буьйцурш, кху кIоштахь баьхна а, севцца а хилла хилар. Цуьндела, «хидестарца» боьзна дагалецамаш, кавказхойн дукхачу халкъин эссехь бисна, Сийлахьа-Воккха волчуьнца ца хилла, церан ларам буьйцуш. Вайна ма-хаъарра, Нохь-пайхамар, хин-кеман тIера воьссина меттиг, шеца болуш доьзал а, эвлайааш а нисделла, «Кумани» махкара, «Нибур» (кхузам. «аль Джуди») олу лам тIехь. Къилб Месопотаме, шумар-ламарой дIабахар а, церан метта Къилбседа Кавказера хурриташ юхабахкар а, нисделлачух тера ду, юкъа, дукха хан ца юлаш, цхьана муьрехь.
            Вайна а, вай кхечарна а дала таралуш ду, иштта хаттар: «Хидестарца доьзна эс, шира масал дацахь а, парадокс-ам йац те, и «ширакавказхой», дукхаделин динна юха тIеберзар? Хилли те вуьшта аьлча, текъам-динна уьш юха тIебирзина? Кхузаманан иблисан накъосташа, вайна чуйоьллина харц ойла-м йац те иза, ширакавказхойн хилла, монотеизман хьалхе кхечарна дIайала? Шен дахаран хьостера дуьйна (хидестар хилале дуккха а хьалха дуьйна), Нухьан халкъ хилла дац ткъа, Цхьаъ волчу Далла таваккал деш? Хидестар хиллачул тIаьхьа, хIун нисделла цуьнан дахарехь?» боху хаттарш ду, жоьпаш доьхуш. Селхана шираллехь а, тахана девзачу дуьненахь а, нийсачу некъа тIера вай галадаха къахьоьгуш ду Иблис а, цуьнан накъостий хилла леларш а. Ткъа тахана, нахчийн халкъах хуьлуш дерг а, изза дац? ХIу ду тахана дезахо нахчийчунна – сий, эхь, ламаст, йа сом, доллар, эвро? Муьлххачо а эра ма ду: «…тIаьххьараниг ца хилча, хьалхараниг хира дац».
            Хидестар хиллачул тIаьхьа, хетарехь долчу 500 шераш юкъахь, Месопотамехь а, Загросс лаьмнашкахь а билгалволу коьрта волу кхоъ цIу-дела: «Халда», сим. «Алди» («ХIал-да», гIазкх.,«Отец Вселенной») нухьитин дела; Тейшеба («ТIо-йа-ша-ба», гIазкх., «Есть градина и лёд») хурритин дела; Ана/Ану («Ана-Iу», гIазкх., «Небосклона Пастух/Смотритель»; изза ву «Энлиль») шумаройн дела. Амма цул хьалха, ас лакхахь ма-хьеххора, «ширакавказхойн» дела хилларг ву «Кумарби». Урарту кхоллалура йолчу кIоште малхбалера «ари» юхабирзича, 1720-гIачу, ш.оь. шарахь, цара шайца дохьу керла дин – Маьлхан дела «Шивини» (шира цIе «Ар», йа «Ар-Да»; хурр. «Шимиге»; нах. «Са-ва-Ани», гIазкх., «Ани есть свет») – «митаннин ари» дела. Цу «Шивинис» шумаран дела, къаьсттина Невр Месопотамехь. Иза, тIаьхьо хира дерш ду, цхьа эзар шо даьлча. Дендар: хьалхарашумаран типови дехийла.
            «Халда» (ХIал-Да), гуттара лоруш хилла, Месопотамин пантеонан коьрта дела, луш цунна, «Делин Да» аьлла еза титул. Нохь пайхамар дийна волчу хенахь, ткъа вайна хаьа, иза ваьхна хилар хидестар хиллачул тIаьхьа кхин а 350 шарахь (вуьшта аьлча, 1650 ш.оь.шаре кхаччалца), хила таралой цуьнан уммат дукхаделин динна тIедирзина? Иза бакъ хила йиш йолуш дац. ХIунда? Аккадаш, Къилб Месопотаме чубаьржаш бен ца хиларна а, къилбера шумарш, шайн ламасташца онда Iаткъам беш хиларна а. Ваьшна, дала йиш йолуш ду вай бакъхьа хаттар: «…нагахь санна Нохь, Дела цхьаъ вечарех хиллехь, хиллий техьа цуьнан муьрехь шумаран, хурритан юкъарашлахь, дукхаделин динан элементаш йолуш? ХIара хаттар аса делла ду, историн ширалла дика евзучарна. Лара мегара дуй ткъа и Нохь, дIатийначарех? Суна хетарехь дац! Вайна хууш йац ма-йарра, Нохь пайхамаран муьрера, хидестар хиллачул тIаьхьа еъна хенан истори?
           Къилб Месопотамехь Нухьан Дела, «ХIал-Эла» (ист. Халалу, Алалу) цIе йолуш хиллехь, хидестар хиллачул тIаьхьа, и Нохь воьссиначу кIоштахь «ХIал-Да» (ист. «Алди», нах.м. «ХIал-да») аьллачух тера ду цу шираллехь. «Да», «Эла» аларо кхетош долу маьIна ду, «Сийлахьа-Везаниг», йа гIазкхашха аьлча, «Владыка» олу, цхьаъ бен воцу Дела иза хилар. Иза вац, историно ма-хьеххора «делин Да». Иштта иза хилча, Нохь воьссина лам (меттиг) бу, цхьанаделан дино бо некъ цкъаа хаьдда боцуш, цу къоштара, кхузамане и ниIмат кхаьчийна беркат. Шира Ардини-ГIалахь (Аьрдане, Аьрда-На) хилла ду, «ХIал-Да» цIарах хилла коьрта аьрда-цIа (кхузам. «маьждиг»).
«ХIал-да» цIарах хилла аьрда-цIа – храм (ард, ерда; нихл.ал. «элгац», «элгаз», «уоьлгуз»). Иза иштта делахь, Нохь пайхамар воьссина меттиг бу, цхьанаделан дин денделла кхерч - шира Ардини-ГIала. Цу гIалахь (Аьрдане, Аьрда-На) хилла ду, «ХIал-Да» цIарах кхоьллина коьрта аьрда-цIа (кхузам. «маьждиг»). Ша и гIала хилла ю, КъурIано хьахочу, Нохь-пайхамаран хин-кема сеццачу «аль Джуди» олучу акъарена гена йоцуш. Цу акъаренний, оцу гIаланий юкъахь, мел дукх лерича а, 180-200 км бен юкъ хилла йац. Цу заманчохь, «Урмийа» («Малх гIотту хIорд», гIазкх., «Море восхода Солнце») Iоманна дехьа баьхна прашумарш, Ардини гIалара дIа, 250 км малхбалехьа баьхна бу. Сан хьесапехь, и прашумарш а, Нохь-пайхамаран некъахой а, цхьа хьакхадалар доцуш хилла хира бац цу шираллехь. Иза иштта делахь, цу пайхамаро тIехIусдаза (наушничать) битана хира бац и прашумарш, хидестаро хадийна дахар, цу кIоштахь юха меттахIотто царна марздеш. Хила тарало, Нухьан кIентех цхьаъ, цу махка юхавахна а. Иштта хила тарало, цу кIентех цхьаъ, Невр Кавказе вахана а, цигахь дехачу хурри халкъана, Месопотаме юхадерзар марздан. Бакъду, и мухха нисделлехь а, хурриташ кхоччуш юхабоьрзура бу Месопотами, Сийри, иштта Леванте а, ш.оь. 2700-2400 шерашна юкъахь.
            Суна хIунда моьтту и иштта ду, и дIахьедар а хIунда до аса? Цу Ардини-гIалана, 70-80 чакхарми бен геналла йоцуш лаьтташ ю, «Тейшеба» («ТIо-йа-ша-ба», гIазкх., «Есть градина и лёд») цIарах йолу аьрда-юкъ. Иза бу, историна «Кумме», «Кумана», «Аккумена» (цхьаъ болу, тап-тайпана йоккхуш цIе елахь а) цIарца бевзу мохк, кIошта, юкъ. Сан хьесапехь и цIу гучаволу, Невр Кавказера и хурриташ, Месопотаме юхабирзиначул тIаьхьа. Дуьххьара, уьш юхабирзиначу цхьана кIоштах, цу шираллехь олуш хилла «Матиена» (Маттиэна, Меттанеэ, дехьадаккхаран маьIница, иза ду «ага») – кхузамано, «Урмийа» олучу Iоман гонахьара, кIошта хилла иза.
            Тахана, нохчех долчу цхьана декъо, «тхо, Нохь-пайхамаран тIаьхьиенаш ю» бохург, кхин генара а дац бакъдолучунна.
           «Аккадайн» юьхьца билгалбевллачу афро-симиташа, шайн этнически пачхьалкх кхоьллича, «ширакавказхошна» хьалха хIутту, шайн кхерамазалла ларорца доьзна хаттар. Дуьххьара цара, кхолла йолайо кегийра пачхьалкхеш, шаьш ларо а цIура йолу. Цундела цара (нах-хуриташа), тIаьхьо Евфрат хин атагIахь кхуллу «Митанни» * олу импери. Мисархоша цуьнан йоккху цIе хилла «Сийлахь-Боккха, Нах-Аренан мохк» (гIазкх., «Великая страна Нах-Арена»). Иза нислура ду, шумаройн дела «Ан»/«Ана», Месопотамехь хилла цуьнан коьрталла цIурадирзича. И «Ана» цIу, Къилб Месопотамехь, шумаршца цхьаьна билгалваьлла хилла цу кIоштахь мехин верас санна («Шина хин юккъехь» уьшлаш йакъо функцеш йолуш). Мифаша дийцарехь, цу шумаран халкъаца цхьаьна, «Ан» а вуссу «лаьтта бухарчу пачхьалкхе». Вуьшта аьлча, симитин Iилманчашна олуш дезаш ма-хиллара, и цIу, «сийлахьчу садаIаре» (почётный отпуск) вохийту.
            Нагахь санна вай, доллу, ширакавказхойн этногенезан муьраш хьахо лерина делахь, сан хьесапехь уьш хилла пхиъ, ца лерича нацкъарчу кIоштахь кхоллаелла йаккъаш.
Уьш, муьраш бу:
- хидистиначул тIаьхьа, хидестаро кхоьллина кескаш, вовшахтохаран мур (2900/2800 – 2200 ш.оь.шш.);
- хурритин, кегийра пачхьалкхаш кхоллало мур (2200–1750 ш.оь.шш.);
- юкъара, Митаннин паччахьалла кхоллало мур (1720-1550 ш.оь.шш.);
- Нахарина (Нах-Арена) паччахьалло заза даьккхина а, лахдалар дина а муьраш (1720 – 1190 ш.оь.шш.);
- паччахьаллаш, кар-караэцар дIадаларца боьзна мур а, керла айьадалар а, ш.оь.1190-580 шераш (Урарту).
- керла, нацкъара кхоллаелла йаккъаш – Диауэхи, Ал-Бан/Ван/, Аран/праАлан/ ишт.кх.дIа а.

PS. 
            Хьалхараниг – Сан цхьаа шеко йац, Нохь-пайхамаран хин-кема сецца ца хиларх, «Арарат» («Халди-ха») олучу лам тIехь. Иза хила йиш йац теоретически а, йа практически а, иштта йа мифически а, лаамза ойла еш долчу адамна.
            ШолгIаниг – Нохь-пайхамаран некъахой (доьзал а, 80/86 къинош доцу, лакхарчу оьздангаллин адмаш а) байна бац лар йоцуш. Уьш, сихо хилла бу тайпанин патриархаш, тIаьхьо шайн тIаьхьиенаш дебча, царех, кхоллалура бу тайпанин Барташ: «Уриатри», «На/х/ари», «Баийнаэли», цхьацца муьрашкахь историна бевзина кхетамаш – «60 паччахьан Барт», «40 паччахьан Барт», «8 тайпанан Барт», «кхаа тайпанан Барт – Баийнаэли». Цу тIаьхьарчух хира ю цхьанаурхаллин кепехь йолу онда, историна евзина пачхьалкх – Урарту.
Цул хьалха, цхьанаораман хурритин тайпанаша кхуллу «Митанни» (1750-1190/50 ш.оь.шераш) олу пачхьалкх, изза йолу «Нах-Арена». Уьш ерриш а, хенан дохаллица йовра ю, цуьнан тайпанаш, адмаш дIаоьра ду хийраорамах долчу халкъех – Месопотамин, Сийрин, Левантан шортонашкахь толам баьккхиначаьрца. Цу юкъахь бац, Невр Кавказе хьалххе дIакхелхинарш.
            КхозлагIаниг – Урарту паччахьалла кхуллучу муьре кхаччалца, цуьнан латтанаш тIехь даьхна дац, олалла долу хийра кхин тайпанаш ца лерича хурри-нухьитан, арин, царех йолу нах-ораман этнотобанаш. Уьш, юьстахтитта йолаелла Митанни, Урарту гIелйала йолалаелчахьана, чIагIлучу, нацкъара протосимитин, индоевропейцин пачхьалкхаша – Ассири (хьостера мур – ширакавказхойн «Ас-Сур» олу мур бу: IV-гIа эзар шераш тIера ш.оь. 1295-гIа шаре кхаччалца, хира бу, цу муьран чеккхенехь бевзуш «амаррейан паччахьаллин мур», ш.оь. 1813-1723-гIа шераш - 90 шо; чеккхенан мур, – протосимитин Ашшур: 1295 шара тIера, 614 гIа ш.оь. шаре кхаччалца), Хетта (17-13-гIа ш.оь. шераш), Миди (IX-гIа бIешара тIера, ш.оь. 550-гIа шаре кхаччалца), Персида, иза ю, тIаьхьо хира йолу Иран (ш.оь. 879-гIа шарна гергахь долу терахь), амморейан, касситин, элламан, иштта ассири-халдейан Вавилони [ цуьнан паччахьалин 4 мур хилла: а). 1895-1595 ш.оь.шш., господство амаррейан олалла — 299 шо; б).«Касситин мур: 1595-1157 ш.оь.шш., касситин олалла — 440 шо; в). Ассири-Эламан мур: 1157-626 ш.оь.шш.; г). халдейан мур: 626-538 ш.оь.шш.], киммерийаш/гиммерш (730-гIачу ш.оь.шш.тIера), скифаш (672-585 ш.оь.шш.), иштта мушкин этногонахе (армаьнаш, халкъан амат кхолладелла зама ю, 6-гIа, 4-гIачу, ш.оь. бIешераш юкъахь. Ткъа церан паччахьалла кхолладелла дац, ш.оь. 187-гIа шарал тIаьхьие бен, паччахь Антиоха III-гIаниг велча/вийча).

«Хиндерг хуучеран Iилма» долу вежарий (хуррин вежарий) – шу-марой.
            Шумаран дахар кхуллуш, и ломара охьадаьлла адам, «Дельмун»*, «Меллуха»* олучу меттигера, йа Инди махкара деана халкъ хилла бохург ду, просимитин агIо ларочу Iилманчаша, кху дуьнене тахана кхийдош. Иза, данне а бакъ дац.
Цкъа делахь, цу дистаначу хино, уллехь Iуьллу «Инд» олучу хин гечонехь а, «Аравин ахгIайре» тIехь хилла дахар а, цу Iаламан бохамо цигахь даьхначу адамца цхьаьна, шеко йоцуш хIаллакдина. ХIунда аьлча, шен тIиэ (рельеф) диллича, и меттигаш дикка лоха хиларна Кавказан, Загроссан, Тебетан лаьмнел. Цу бохамо хIаллакдина адам юха дебон а, дахар меттахIоттон а, цул тIаьхьа дIасхьадаьржаш кхин мехкашкахь керла дахар кхолла а, ши-кхо бIешо дохалла долу зама, Iаламат кIезга хан ю говзаллин кхетам а, иштта къинхьегаман гIирсаш а, лахара тIегIенахь болчу адамна. Цундела, цхьана кIирнах, йа баттахь бен некъ балла, гена боцучу махкахь даха хуура долу и адам «Араратан», йа «Загроссан лаьмнашкахь» хIаллакдаза диснарг бен, йа цигахь дебнарг бен хила йиш яц.
            «Дуьненчохь, дуьххьараниг ю» аьлла йолу зуьрет кхоьллинарш а, цу «ширакавказхойн» орамах болу «шумараш» хилла. Иза нисделла хила деза, гIазкхашха «потоп» олу Iаламан бохам хиллачул тIаьхьа (ш.оь. 3100-3000 /± 50-100 шш) беъначу хенан муьрехь – 2900 (± 50 шо). Церан санна пачхьалкхан кеп ца хиллехь а, шайн бахаман культураца, дахарца, къинхьегаман гIирсашца кхин царелла гена тIаьхьадуьсуш хилла дац, и «шумараш» шайх схьабевлла долу, дисна «ширакавказхойн» тайпанаш а, тIаьхьо «ширадахаран-тайпанан юкъаралла» кхуллура йолу, «хатта – хурри – нах-урартахойн» прахалкъаш а. Ширачу оьмаран, доьалгIачу эзар шерашкахь, цу «прашумаройн» дахаран кхиамаш, мелла а тIаьхьабуьсуш хилла бу «Арарат-лаьмнашкахь» а, Къилбседа Месопатамехь а кхуьучу «ширакавказхойн» дахаре хьаьжча. Ломара охьа а биссина, хи диллиран гIуллакх карадирзачи бен хилла бац, «Шумаран» хилла и экономикан айъам. Иза нисделла, хидестарца боьзна мур (потоп) дIабаьллачу заманал тIаьхьа. Кавказан лаьмнашкара, Къилб Месопотаме и халкъ охьадеъна, хин гечонашкахь хидилларан говзалла шайца а йолуш.
            Тахана, вайн махкахь «теркахой-чоьхьара нах-ламарой» аьлла, меттагин къастам беш кхоллаелла «вайнехан» дахаран кеп аса нисйо, Хьалхарачу Азехь баьхначу «кавказхойн» орам болчу цу шира тайпанашца, халкъашца дуьйзина хиллачуьнца. Вайн шира дайша, даима латтош хилла тIелаьцна дахаран кеп ю: лаьмнашкахь – генофондан бух а болуш, ламкIелахь – тоам болу рицкъ а, ницкъ а латтош, аренашкахь (тогIенаш) – эвсаре дахар а кхиош. Цу кепан коьрта васт хилла, шинга, йа кхаанге хьалакхочуш политикан, экономикан яккъаш, пачхьеш кхолларца дуьйзина, цхьана цIарца билгалйаьхна а йолуш.
Масала: МаIас (Магас) – МайIаста; Бена – Бена-Юьрт; и.кх.дIа а. «Иштта, цу заманчохь кхоллаелла и кеп, кхузаманан «нахчийн» дахарца нислуш хилар, гуш доцучу низамо нисйина зIе юй техьа?» аьлла а хета суна. Иза, иштта делахь, цу вайн дайша йитина и шира кеп а, тахана «вайнахана» юкъахь йолу и меттаган къастаман кеп а, цу ширадайша, шайн цIийца вайга кхачийна, хено хуьйцуш йоцу, амалан (менталитет) цхьа кийсак ю аьлла а хета суна.
            И хидестале иттех а хилла йоцу гIала, цул тIаьхьа ши бIешо а далале, шовзткъанга дIагIуртуш керла гIаланаш кхуллуш, дахар сиха меттахIоттадо цу Шумарахь адамо. Кхечу махкара даьхканчу халкъашна и меттиг йовза, и бохам ширачу оьмаран 3100-3000-гIа шерашна юкъахь хиллехь, мел кIезга а кхин итт-ворхI бIешо хан яла езна. Иза иштта делахь, «тIедаьхкина жехIал тайпанаш хилла «элламан» («эла-лам»), «гуттин» («гу-тIеэ»; «ламанхой» олу кхетам бу; гIазкх. маьIна, «на холме», йа «на возвышенности»), «касситин», «луллубан» («лулахь-ба»; гIазкх. маьIна, «есть соседи», «живут по соседству») адамаш» бохург, харц тешалла а, «и мохк шайн хьалхе йолуш бу» ала а гIерториг ду, просимитин агIо ларочу «Iилманчаша», шайггара бух кхолла лерина. Иза, Iаламата харц тешалла ду.
            Кавказан лаьмнин системаца хIотталуш долчу, Загроссан лаьмнашкахь Iийна ду, вай лакхахь хьахийна долу и тайпанаш а, иштта Мисарний, Шумарний тIекхаччалца дахар кхуллуш баха хевшина «ширакавказхой» а, иштта кху меттехь, тIаьхьо гучадера долу «хуррин» халкъ а. «Шумарша», цуьнан цхьана декъах, «субарту»* (Шу-Барт) олуш а хилла. Жимачу Азин ерриге ахгIайре дIалоцуш даха хиана ду, цу «ширакавказхойх» долу «хаттан» халкъ а, цу Кавказехь дехаш хилла «пракулхан», «каспин», «наирахойн» (Наири, Нахири, йа «Нах-Ари») онда а, кегийра а тайпанаш. «Шумарш» а, лакхахь вай хьахийна хилла халкъаш а, генитикан цхьа орам болуш, дуьххьара буьйцуш хилла мотт цхьаъ болуш (аларций бен къаьсташ хила йиш йоцуш), «ширакавказхой» бу уьш.
            Цундела, «жуьгташа» яздиначу Инжил тIера: «яфеташ», «симиташ» вежаралла долу, цхьа къам ду» бохург, шеконе оьцу аса, иза бакъ доцург хиларна. Со шеконе эца ца гIерта, «Дала, дуьххьара кхоьллина Адаман, йа «адамин» тIаьхьиенаш, генетикан цхьа вежаралла долуш хилла дац цу маьIданан геналлехь, йа «адаман оьмаран» хостехь» бохург. Цу вежараллин орам, «кавказа-азиатан» бух тIера дIасхьадаьржиначу генин кескаш ю. И зама, вай лаха еза аьлла хета суна, цхьа-ши миллион шаррин геналлехь.

            9-гIа жамI: Аса, моситтаза ма-хьаххора, «шумарш», «ширакавказхойн» расах долу халкъ ду. Нухьан халкъ хIаллак хиллачул тIаьхьа дебнехь а, йа цигахь хьалххе дуьйна даьхнехь а, хидестар хиллачул тIаьхьа, цу Кавказ-Араратан кIоштара, шина хин юккъерачу (Евфрат, Тигр) тогIине охьадеъна ду и халкъ.
            Церан шира мохк хилла «нухьалшна», «элламашна» хьевхьеха (къилбседехь) Iуьллу, историн туьйрано «Эдем» олург. Цу махкан дазо хилла, Урмийа Iомо, Каспин хIордо, Аракс хино, «гуттин», «луллабан» лаьмнашкара, Каспина йистехь лаьттачу «Эльбрус» (гIажарийн Эльбрус) ломана тIекхаччалца. Иза, хетарехь прашумаройн адам кхолладелла ага ду. «Шумаршца» зIе йолуш хила сахьт а дац ламарой болу «урартуой», «гутти» (гу-тIе), «луллубан» этнодакъош, и тIаьххьара шиъ, генетикан гергарлонца прашумаршна уллера а долуш.
            «Шу-Мар» аьлла тиллина цIарна чохь бу ши кхетам - «шу» (гIазкхашха, «межа»), «мар» (гIазкхашха, «хозяин», «властитель», «аристократ»). Месопотами (Къилбседа/Невре, Къилбан), шина декъе йоькъу «шу» бу иза. И «шу», даима доза хилла ду Неврера Месопотамин а, Къилбера Месопотамин а.
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@

«Буьрса элламаш».

          «Нухьиташ», «элламой» (эла-лам), «прашумарш» (шу-мар), «прахурриш» (ха-Iуьйре), «прахатташ» (ха-тIе-туш), «кура-араксахой», «нах-ламарой», «нахирахой» (нахи-аре), «каскаш», «ари», «гуттиш» («гу-тIеэ», гIазкх. маьIна, «на холме», йа «на возвышенности»), «лулубаш» (лулахь-ба), «касситаш» (Ки-са), «пракулхиш» (кIола-хи-да) аьлла, билгалдевлла генаш, шайн хьостехь цхьаъ хилла. Уьш массо а ду, «ширакавказхойн расан» дакъош а, и раса кхоьллина, кхиийнарш а.
            Къаьсттина билгалдаккха лаьа «нухьалш», «элламаш» (эла-лам), «шумарш» (шу-мар), «гуттиш» (гу-тIеэ), «луллубаш» (луллахь ба), «касситаш», цхьаболучара ма-диццара, тIедаьхкиначарех доцуш, генетикан цхьа орам болу «кавказ-загросс макроматтан» этнодакъош (ламанхой) хилар. Уьш, цу мехкан (Кавказ-Загросс лаьмнин къеп) автохтонаш хилла бу, царна къилбседа-малхбузехьа беха «халафаш», «хатташ» («ха-тIе»; гIазкх. маьIна, «стража над /чем-то/»), «хурриташ», «нах-урартуой» санна. Цкъа цхьаъ хилла «ширакавказхойн» и этнотоба екъало, ширачу оьмаран VI-V эзар шерашкахь, кхуллуш дахаро декъна керла ши халкъ – атагIой болу «нухьалш», ламарой болу «элламаш». Цу шина халкъан махках, цу хенахь йоккху цIе хилла: «Эллам» (Эла-Лам; /ш.оь.III эзар шш – 6-гIа бIешаран юкъ) – ламарой; «Сеннаар» (Сан-нана-аре, йа «сонера аре»; гIазкхашха, «угол, мать-долины» /ш.оь. V-гIа эзар шш – 1900 ш.оь.шо) – атагIой, йа аренхой болу «кIеда нухьалш» беха мохк.
Хидестаро, «нухьалш» хIаллакбиначул тIаьхьа, кхоллалура ду «Шумар» (Шу-Мар) олу паччахьалла а, хьалхара зуьрет а (ш.оь. 3.0/2.9-гIа эзар шш. - 1940 ш.оь.шш.). Цу шумаршца, царна къилбехьа баьхначу «луллабашца», кхечу ваьррел, гергарло уллера долуш хилла беза и «элламаш» генетикан ораме диллича.

            10-гIа жамI: Историна девзу «Элламан паччахьалла» (ш.оь.III эзар шш – 6-гIа бIешаран юкъ). Цуьнан цIе кхетамашка екъча, кхоллало «Эла-Лам» аьлла буьззина цхьа кхетам, амма шина кхетамо кхоьллина - «Эла» (гIазкхашха, «хозяин», «властитель»), «Лам» (гIазкхашха «гора», «божественная гора»).
          Элламаша, шайн махках йоккху цIе, «Хал-тамти» (Hal-tamti) хилла бохург а ду, дахар хила йиш йолуш. Делахь а, шира йоза гочдечара, нийса маьIна ца даьккхиначух тера хета суна, и цIе кхоьллина долчу дешан, къаьсттина шолгIа дешдекъан. Хидистиначул тIаьхьа паччахьалл кхолладеллехь а, ша «элламаш» «нухьалан» халкъан заманхой хилла бу цхьанаораман ши га а долуш. Цхьааш атагIой бу, вуьш – ламарой. Тахана, «нухьалан», «шираминоян» (пиктографин а, иероглифан а цхьанаийна, «линейни письмо А») хьалхара йоза ца девзуш ма-хиллара, элламан йозанан биллам а схьабеллаза бу тахана. Цундела, цу махках, цуьнан халкъах лаьцнарг Iорадолу зама ю, хидестар хиллачул тIаьхьа еъна зама.
            Симиташца и халкъ а, мохк а хьогIе хиларна, цара, церан йоккху цIе хилла «буьрса элламаш» аьлла. «Элламашна», неврехьа даьхначех ду «луллуба» (луллахь ба), церан лулара «гутти» (гу-тIеэхой), «касситаш» олу, тIедаьхкиначех доцу ламанхойн халкъаш. Цу элламойх санна, «Дияла» хин лакхенехь бехачу «луллу-ба» ламарошна а, хьогIаллица йоьзна цIе тиллина хилла цара. Цу цIарна чудуьллуш «мостагI», «хийраниг» аьлла маьIна. Ткъа гуттин халкъана цара тиллина цIе ю: «Делин мостагI, лаьмнин саьрмак» аьлла. Ламаройн и кхо дакъа, баледаьлла хилла симиташна, шайна ма-моттара атта, Къилб Месопотамин кIошта долаяккха новкъарлонаш еш. Амма, шайна хIайбате хиллачу этнодакъойн а хилла, ша-тайпа кIеда цIераш: «кIеда нухьалш», йа «бодане мохк» - касситаш.
            И халкъаш кхолладеллачу оьмаран хенара, хан йолуш хилла нухьалш («нухьиташ») хидестаро хIаллакбича, Къилб Месопотамин латта тIехь дахар дендан яхнарг ю, Кавказан кIоштахь кхиана «прашумаран» этнотоба. Лулара, лаьмнин кIоргехь беха элламаш, кхоччуш хIаллакбиначух тера бац цу хидестаро, зуьреталла долу цуьнан лахенашкара дакъа, хIаллакдина хила таралахь а.

@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@
Просмотров: 86 | Добавил: erzu | Теги: С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - -ГIА КИ | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли