Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 23 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 8-ГIА КИЙСАК
04:26
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 8-ГIА КИЙСАК
            IV-эзар шераш юккъера схьа, III-гIа эзар шераш долалучу муьре кхаччалца йолчу хенан юкъахь, Хьалхарачу Азин къилбахь кхолладала доладелла хьалхара амат долу паччахьалалла а, зайл-йозанан хьалхара кеп а.
Уггар хьалха, цхьаалла йолуш хилла и пантеон шина декъе екъало, аса лакхахь ма-аллара, кхуллуш ши кхетам «Iаьршан, стигланан паччахьалла», «лаьттан паччахьалла» аьлла. Цул тIаьхьа, «шира инженераша» кхин а кескашка йоькъу и къилб агIо, кхуллуш гIала-пачхьалкхан пантеонаш, шайн-шайн дели-верасаш а болуш. Иштта, кхоллало «стиглан дели», «лаьттан», «хIордан», «хIаваан» дели, цхьана дашца аьлча «цIуй-къеп». ТIаьхьо, «латта бухара паччахьалла» а кхоллало, совбевлла, йа цIурабаьхна цIу-дели (дукха хьолахь, эшначу хьалкъин цIу-дели), сийлаллин отставке (гIазкх. маьIна, почётная отставка) бахийта. Ма-дарра аьлча, шайн Iалашонна новкъа болу цIуй юкъара дIабохуш, шайнаш (тоьллачеран), церан метта хIиттош йолу, къепе хилла иза.
            Цхьаъ бен воцчу Дала, доллу дуьне а, дийна а, дийна доцу а хайр, «Мэ» олучу низамаца кхоьллина хиларх лаьцна хаам, адаман кхетамехь хуьйцуш некъ бо, цу хенан «иблисан накъосташа».
Кхин цкъа а, вай лакхахь хьахийнарг жамIе далош, билгалдоккху: дуьххьара, дуьненахь хьалхе йолчу шира адамо къобалвеш хилла ву, цхьаъ бен воцу Деэла «ХIал-Эла» (ХIалалуо, Алалуо, Эль-алу, Эла-да, касситин «Дунияш» /«Дуьне-йа-са»/) . Кхузаманан цIарца, иза ву АллахI. Историна, и Деэла вевзуш ву «Алалу», «ХIалалуо» цIарца. Иза, «Iарш» («тIурнене») кхоьллина, цхьаъ бен воцу Дела хилла. Иза, зуда-сте йолуш а, йа шен букъах бевлла доьзал болуш а хилла вац, дуьххьара хиллачу цу заманан кхетамехь. Цо хIоттийна хилла ду дуьнентIехь а, тIурненехь а, нийсо латтора йолу, шираллехь «Мэ» олучу кхетамца девзу юкъара низам. Цу Делан низамаца юкъаелла тIурненан Iа, шех хуьлуш дуьненан хIорд. Цу хIорда бухара айъабелла лам. И лам хIордах къастош, кхоьллина хIаваъ (стигал) а, хIорд (Iапказ), латта (континенташ) а. Цу «ХIал-Элас», шен «Мэ» олучу низамаца, дуьне кхоллар гойтуш миф а, цузаманан философи а ю иза. «Просимитин» агIо ларочу Iилманчаша ала-м олу, «цу заманчохь даьхначу адамин, дуьнекхолларца юьйзина философи хилла яц» олий. Иза, бакъ дац! ГIазкхашха, «Вселенная» олу и «Iарш», йа «тIурнене» кхоллаелла ю боху, дуьненан Iилмане диллича, цхьа йоццачу хенан юкъахь – космосан эккхарца.
            Цу шира философина бух кхолла, вай далора ду масалина, КъурIанан аяташ:
            «Баккъалла а шун Дéла – АллахI ву, Шá ялх дийнахь стигланаш а, латта а кхоьллина, тIаккха /Шéца дóгIучу куьцара/ Iаршан тIехь дIатарвелла /волу/. Цó де хьулдо буьйсанца, Цó /тIаьххьé ягIé/ и /де/ лоху сихха. Малх а, бутт а, сéдарчий а /кхоьллина Цó/ Шен омрунца /нахана/ муьтIахь а дина. Вá! Цуьнан /ницкъаца/ ду /массо а хIума/ кхоллар а, /цéран/ Iуналла /дар/ а. Беркате хили АллахI - Iáламин Дéла» (7-гIа Сурат АльаIрáф /Óганаш/, 54-гIа аят).
            «Шаьш /Делах/ цатешначарна ца гина /ца хиъна/, баккъалла а стигланаш а, латта а и шиъ /хIоьттина/ дийнна цхьаъ /хIума хилла/ хилар, тIаккха Оха /эккхийтана/ къастийра /дийкъира, датIийра, хадийра/ и шиъ, Оха дира /кхоьллира/ хих массо а дийна хIума. Уьш /цуьнах/ ца теша тов?; «Оха дина лаьттахь ондий лаьмнаш, и цатехкийта /меттах ца хьейта/ цаьрца. Оцу /лаьмнийн/ юкъахь Оха дина чIажжаш - /шуьйра/ некъаш. Уьш нийса новкъа бахийтархьама; «Оха йина стигал ларбен тхов. Ткъа уьш цуьнан билгалонашха /церан ойла яр доцуш/ дIабирзина бу»; «И /АллахI/ ву Ша кхоьллинарг буьйса а, де а, малх а, бутт а. /уьш/ Массо а стигал экъанахь /чехкаллийца/ лелаш /хьийзаш/ ю» (21-гIа Сурат Альанбияъ /Пайхамарш/, 30; 31; 32; 33-гIа аяташ). Цу аяташа гойту, йоцачу хенан юкъахь (масала, мад эккхар) кхоьллина хилар стигланаш, малх, бутт, латта, седачий.
            «Малх а, бутт а /Делан/ хьесапца /низамца лелаш/ бу; Седа а, гIабуц /ораматаш/ а /Далла/ сужуд деш ду; Стигал - айбина Цо иза, /нийсонан/ терза а дIахIоттийна Цо; Шу тIех ца дийлийта /нийсонан/ терзанехь» (55-гIа Cурат Аррахьман /Къинхетамениг/, 5; 6; 7; 8-гIа аяташ).
            «Малх баттан тIе кхиа йиш яц /хIоранна а ше-ше хан, доза ду/, ле буьйса яц дийнал хьалха ера йолуш /шайн-шайн рогIехь йогIу и шиъ юкъа хан ца йуолуьйтуш/. /царах/ ХIора /малх, бутт, де, буьйса/ стигалхула /шен-шен новкъахула/ лела /низамехь нека дар хьесапехь/» (36-гIа Сурат Ясин /Еса/, 40-гIа аят).
            «Баккъалла а стигланаш а, лáттá а кхолларехь а, буьйсá а, дé а хийцадаларехь а, нáхана пайден долчунца хIордахула лéлачу хIорд-кéманашкахь а, /догIан/ хинехь а АллахIа /шá/ стиглара даийтина, шéца лáтта дендина и /дакъа/ деллачул тIаьхьа, шéна чохь Цó массó дийнат даржийна /долу/, мехаш /хуьйцуш/ дáхкийтарехь а, стигланá а, лáттанá а юккъахь /Дéлан омрунца/ лéлачу мархашкахь а /Дéла цхьаъ хиларан/ билгалóнаш ма ю хьéкъалéчу /ойлаечу/ нáхана» (2-гIа Сýрат Альбакъара /Етт/, 164-гIа аят).
            Мадан (космос) эккхар, миллионаш, миллиардаш шерашка дIасхьататта, дIасхьаозо аьтто болуш делахь а, адам, йа дийна са кхолладелла зама, иштта яхъяр нийса хира дац аьлла хета суна. ХIинццалца, дуьненан адам кхиарца доьзна Iилма, цхьа йоцачу хенаца нисдина хилар а, нийса ца хилар гучадоккху вайна, кху тIаьхьарчу итт шарахь Кавказехь диначу схьаделларша. «КIезгачу барамехь, Адам кхоьллина хан, шина миллион шаре дIататта ези те?» аьлла, хеташ а ву со. ХIинццалца, вайна дийциначу туьйранца догIуш дац, хидестарца доьзнарг а. Со тешна ву, нухьалан халкъ хIаллак хуьлуш, лекха лаьмнашкахь даьхна царех долу кхин халкъаш, хIаллак хилла ца хиларх. Месопотамехь хилла и хидестар, хенаца дIасхьийзо аьтто болуш дац вай, озадахь а, цхьана бIешарна юкъахь бен. И вайга ца дойтург ду, Iилмано гуладина дохалун доцу тешаллаш.
            «Алалу» паччахьаллехь а волуш исс бIешо даьлча (мифо дийцарехь), «Анус» иза, лаьтта буха воссош эккхаво, цуьнгара паччахьалла схьа а доккхуш. И «Ан» коьрте хIоьттича, йолало дукхаделин динан «Iеса зама». Аккадайн вариант йолу, «Энума Элиш» олу миф хьесапе эцча, оьмаршка екъа аьтто бу вайн и шира хан, цу цIу-делин цIарах: «Алалун оьмар» 4700-3800 ш.оь.шш; «Анан оьмар» 3800-2900 ш.оь.шш; «Энлилан оьмар» 2900-2000 ш.оь.шш. «Анан оьмар» юккъейоьдучу муьрехь юкъаволу, цIу-делин йоьалгIа тIаьхьиенах волу ладаме цIу «Энки». Хетарехь цуьнан хан ю, 3350 шарна гонахьара зама. Кху терахьаш юкъахь тохар дан лууш кхин цхьа хIума ду сан. Иза ду, «Алалун оьмарца» доьзнарг. 4700-3800 ш.оь.шераша кхоьллиначу гура юкъахь «Алалуца» доьзнарг хилар нийса хира дац, дуьне кхоьллина зама, йа Адам кхоьллина хан вай хьесапе оьцуш делахь. И билгалйина хан вай лара еза, цхьана, нухьалан халкъаца, цара кхиийначу «Обейдан культураца», йа изза йолу, «Эль-Обейд» (Убейд; ш.оь. VI-гIа эзар шаран чеккхе, 4-гIа эзар шаран юьхь) олу дахар кхианчу заманца нисъеш. Дукхаделин текъам-дин тIеэцначу Къилб Месопотамехь, цу «Iеса заманца» цхьатерра, юкъайолу йоза яздаран кеп (ш.оь. 34-33-гIа бIешерашкахь) а.
            Иштта, ш.оь. 3100-3000 (± 50-100 шш) шерашна гергахь, гIазкхашха «всемирный потоп» олу хидестар хуьлу, кIезгачу барамехь, цхьана бIешаре дIакхоччуш, цигара дахар Iаткъаме деш, вуьшта аьлча хадош.
ГIазкхашха «объективность» олучу кхетамна тIегIерташ вай делахь «Кавказан», «Араратан», «Загроссан» лаьмнашкахь хIаллак хилаза дисна, дебна адамаш, цу лаьмнашкара охьадуьйлуш, хидестаро дахар сацийначу махка, кхалхарш до меллаша (царех цхьаъ ду шумаран халкъ, кхин долу тайпанаш а). Цу муьро юкъалоцу хан хила еза, хетарехь долу 3000-2900-гIа, ш.оь. шаррашна юккъера дазо. Цул тIаьхьа еъна хан, цу бассабеллачу махка, хьаьвхьера кхелхиначу протошумаройн ваьрраша, хидестаро латтана а, Iаламна а бина Iаткъам шарбеш ялла зама хила еза. ЦIун, гIум тесна латта тIехь, дахар юхакхио дезаш ю: хан, дукха адам, бу бан безаш онда къинхьегам. Хидестар дIадаьлла ши бIешо а далале, шовзткъа гIала-пачхьалкхаш кхуллу цу «шумарша». Цу муьро чулаьцна хан ю, ш.оь. 2900-2650 шераш юккъера зама, вуьшта аьлча, мел дукха а 250 шо хан.
            «Анун» хьалхе дIайаьллачул тIаьхьа (дуьненчохь меттигаш хилла, цу Ануна таваккал деш, ши эзар шо даьлчи а), ларамечу рожехь лаьтташ бу, хидестар хиллачул тIаьхьа юкъавера волу «Энлиль» цIу а, цуьнан ваша лоруш волу «Энки» (симитин орамах иза велахь а) а, иштта церан йиша «Нинкурсаг» а. Шумаройн муьрехь юкъаваьлла «хIаваан дела» и «Энлиль». Цу халкъан кхетамехь, церан коьрта Дела хилла иза, и цхьаъ бен хилла а вац. Хетарехь, цу халкъан аларо иштта цIе кхоьллина, цхьаъ лорачу цу шайн Далла. Аса, иза цу кепара ларар сан доьзна ду, цу цхьаъ бен воцчу Делах, йа Iорабевллачу кхин цIуй, халкъаша йоккху цIе масех алар долуш хиларна. Масала, цу шумарша «Энлиль» олучуьнан, хурритин маттахь «Кумарби» цIе хилла, аккадайн маттахь «Бел» а йолуш, ткъа касситин маттахь «Доганим» хилла. Ассураша, амаррейаша «Бел-Мардукъ» олуш а хилла цунах. И пхи цIе, цхьана цIун цIераш хилла, тахана вайна тарадолийтуш, уьш пхиъ цIу-дели болуш санна. И тайпа масалаш, Iаламата дукха ду.
            Хидестар хиллачул тIаьхьа, «юьххьерапаччахьаллин (гIазкх. маьIна, «раннединастический период») хенан, кхозлагIа мур» (2500—2315 ш.оь.шш. лаьцна юкъ) болалучу юкъахь, аренца лелар долу симитин ваьрраш довза долало Къил Месопотамин хьевхехь. Уьш ду, африо-симитин макрорасан юккъера «аккадойн» ваьрраш. Цара денво, хидестале хилла шайн «хIордан дела» «Энки» , цунах веш «Энлилан» ваша. «Шумарш» ширакавказхойн расах бу, ткъа «аккадаш» африо-симитин расах бу. Церан цIуй а, цхьа орам болуш хила беза, цIийца доьзна вежаралла ду ала.
            Къуръано дийцарехь, цу галабаьллачу кхетаман бахьана Иблис ду, цо кхоьллина «шайтIанин парти» а ю бехке ерг. Дуьххьара, Далла накъост лоцуш болу бух тIехь, кхоллабеллачу цу кхетамо, бертазло алсама яккхина. «Делаца гергарло ду» ала, шайца юьйзина цхьаа билгало ца гарна, «цу цIу-делин шайниг санна дахар хила мега» аьлла тешийначу адамо, цу цIу-делин зуда-сте хила езар къобалдеш, царна цхьацца накъост билгалйаьккхиначух тера ду. Иштта, кхоллабелла бу божарийн, зударийн цIу-дели а, цу цIуйн дебна тIаьхьиенаш а.
            «Ан» - «Сийлахь-воккха делин да», «Делин паччахь» аьлла, титул йолуш хилла цIу-делин къепехь. Иза, иштта «стигланин паччахь» а, «стигланан дела» а хилла. Цуьнан билгало хилла - седа. «Симитин» орамах долчу ваьрраша, «Ану» олуш хилла цунах. Ткъа «хеттиша» йоккху цIе, «Ануш» (Анус, Ану-са) хилла.
Цхьана агIора, цу «Анан» нана ларалуш «Ки» (Намму) елахь а, иза иштта цу «Анун» зуда-сте а хилла боху. «Симиташа» «Анки» а, «Анту» а олу цунах. «Лаьттан дела» ларалуш хилла и «Ки». «Анун», 80 бер хилла. Иза санна, уьш массо а «дели» лоруш хилла цу шира заманчохь адамо. Мифаш теллича, царех 14 бер «Ки» цIуно дина хилла. Дисна 66 бер, ялх гIарбашас (берин йоIарий) дина хилла цунна. И гIарбашаш а, хетарехь цуьнан берин бераш хила деза. Цуьнан цу берашна, вуьшта аьлча, цIу-делишна юкъахь гIарадаьлла, коьрта лоруш хилларш ду: «Энлиль», «Энки» цIе йолу ши кIанттий, «Нинхурсаг» (Нинна-кур-саг) цIе йолу йоIIий. Цу кхаа цIу-делин («Энлиль», «Энки», «Нинхурсаг») тIаьхьиенаш, билгалйохура ю вай, ша-ша къастош. «Анун» коьрта аьрда-цIа (аьрда-цIа* – гIазкх.,аьлч., «храм», «абсерватори»), Урук-ГIалахь лаьтташ хилла. И зама ю, Хьалхарачу Азин къилбседа агIо, цхьана «ХIал-Элана» хастам беш а долуш, Юккъерачу а, Къилба а Месопотаман кIоштахь «Ан» олу цIу, «коьрта дела» хуьлу зама (хидестале зама).
            Цигара, доладелла ду цIу-дин, «ХIал-Элера» дIадоккхуш, ша «Ан» коьрте хIоьттина «Стигланан паччахьалла».
            Хидестар хиллачул тIаьхьа, кхолладеллачу «Шумаран зуьретан» коьрта Дела хилла «Энлиль» (хурро-хетт., «Кумарби», симит., «Бел»). Цуьнан цIарца йоккхуш а, цу цIарна тетухуш а хилла титулаш ю: «Стигланин» а, «лаьттан» а дела, «Анунан Хьалхарниг», «Паччахьин даржаш доькъург», «Делин гуламан корта», «Латталелоран Iилма делларг», «ХIаваан, воккха дела». Цу цIуна лерина коьрта аьрда-цIа, Ниппур-ГIалахь хилла, «Экур» аьлла тиллина цIе а йолуш. Адам хIаллакдеш, дуьненчу хи хьадийта лаарца юьйзина и хьалхе, цуьнгахь хилла бахахь а, адамна цо довзийтана хилла боху: нох, метиг, иштта латталелоран Iилма. Шумарахь, хьалхе йолу цIу-дела иза хиллехь а, цуьнца Iедалан мукъ къуьйсуш кхин ворхI цIу-дели хилла, цунна уггаре гергарачарех а болуш (вежарий, йижарий).
«Энлилан» зуда-сте хуьлу, «Суд» цIе йолу цIу-дела. И захало кхочушхилар а доьзна хилла, цу Судас диначу хIилланца. Иза мухха хиллехь а, «Энлилан» зуда-сте хиллачул тIаьхьа, адамо цуьнан цIе хуьйцу «Нинлиль» аьлла.
            «Хаваан эла-сту» (гIазкх. маьIна, «владычица») аьлла, керла титул тIеэцна хилла цо. Цу шинна кхо бер хуьлу, уьш санна болу цIу-дели: «Ишкур» («Ис-кур», гIазкх. маьIна «девять вершин»; хурро-хетт. «Тешшуб»; симит. «Адад» /Бела/; урар. «Тейшеба»); «Ташмиш» (хурр. «Аштаби» /Аьста-ба/; хетт. «Ташмиш» /Тас-мэ-са/; симит. «Нинурта»); Иннин (хурр. «Шавушка»/»Ша-ву-с-ка»/; хетт.-хатт. «Варунсема» /вара-ан-сема/; симит. «Ненивин Иштар»). «Энлилас», шен йиша «Нинхурсаг» а лелийна, Нанна (хурр. «Кужух»; хетт. «Каску»; симит. «Сина» /Зу-эн/) цIе йолу кIант во цо цунна.
            Иштта, «Абаду» цIе йолчу цIу-делас, цуьнан зудчо йина йоI, «Ишхара» («Ис-Хьара») а хилла «Энлилан». Иштта, «Энтен» («Iа»), «Эмеш» («аьхке») цIе йолуш, ши кIант а хилла цу «Энлилан». Цул совнаха, «хурритин» мифо дийцарехь, тIулг пхьора беш вайтана, кхин шиъ тIулган кIантий а хилла цуьнан «Хедому», «Улли-Кумме» (Кумме йохон верг) аьлла цIераш а йолуш.
«Ишкур» (хурро-хетт. «Тешшуб»; симит. «Адад» /Бела/; урар. «ТIо-йа-Ша-ба», ист. «Тейшеба») цIе йолуш хилла коьрта цIу-дела - «ткъесан дела» хилла Шумарахь а, «хурритин» махкахь а. «Энлилан» жимаха волу кIант хилла иза, ши сту, бугIанаш («Хурри» /Iуьйре, йа «Малх кхета»/, «Сейри» /»Суьйре-Буьйса»/) йоьжначу марой-вордана тIехь («марой-ворда» ; гIазкх. маьIна, «колесница») даима лелаш а волуш. Цуьнан зуда-сте хилла «Хебат», «хеттиша» «Хепа» а, «урартахоша» «Хуба» а олу цунах. «Хебатас» дина диъ бер хилла: кIант «Шаррум» - «хьекъаран дела»; кIант – «Турани», кхечу цIарца «Телепина»; йоIарий - «Алланцу», «Хунзишалли».
Цу «Хебатна» хьоме хилла, цуьнан гIуллакхдийриг хилла йолу «ялхо» ю, «Дарру-Дакита» цIе йолу цIу.
ЦIу-дела «ТIо-йа-Ша-ба» лерина, коьрта аьрда-цIа, Кумме-ГIалахь хилла. «Ишкурас» (Тешшуб, Тейшеб, Бела) шен да «Энлиль» (Кумарби, Бел) паччахьаллах воха а вой, «Ануннаки» (Ану-некъе) олу, лаьтта бухарчу пачхьалкхе дIавохийту садаIа. Цуьнан ваша «Ташмиш» («Тас-Ме-са»; хурр. «Аштаби» /Астаби, Аьста-ба/; хетт. «Ташмиш»; симит. «Нинурта»), «тIеман дела» хилла. Даима, «Ишкурана» оьшучохь, накъост хилла а ву иза.
«Ташмишан» зуда-сте хилла «Гула» (ГIоле, ГIуо-ла). Цхьана хенахь «валар дохьуш» йолу, цIу-дела иза хиллехь а, тIаьхьо, «лоралла до» цIу-дела хуьлу цунах. Цо шеца, даима лелош жIаьла хилла.
Цу шиннин йиша хилла, Иннин (хурр. «Шавушка»; «Ша-ву-с-ка»;/ гIазкх. маьIна, «Сам есть, душа удачи»/; хетт.-хатт. «Шавушки» /Варунсема/; симит. «Нинивин Иштар»; йа «Вавилонин Астар»). Иза хилла «хьекъаран», «безаман» цIу-дела. Цу цIу-делаца, даима цхьаьна хилла ю, «йир олу» ши цIу «Нинната», «Кулитта». Иштта, кхечу нанас йина йиша, «Ишхара» а. Коьрта цIу-дела волчу «Ишкурана» («ТIо-йа-Ша-ба»), шен вашас «Тасмисас» санна, даима цунна гIодеш хилла ю «Иннин» а.
«Энлилах», «Нинхурсаган» захалонах хилла ву, «беттан» цIу-дела лоруш волу «Нанна» (хурр. «Кужух»; хетт. «Каску» /Кашку/; симит. «Сина» /Зу-эн/). Ур-ГIалин, коьрта цIу-дела хилла иза. Цуьнан коьрта аьрда-цIа, Харран-ГIала дIахьура ду тIаьххьаре а, «симитин» орам болчу паччахьаша, цу махкахь ИбрахIим пайхамарехула, Дела цхьаъ веш долу дин дендала доьлча. Цуьнан (Сина) зуда-сте хилла «Никкаль», «симиташа» «Нингаль» а олу цунах. Цу шиннан хилла тIаьхьие ю: «Маьлхан дела» волу кIант «Уту» (хурр. «Шимиге», /Сема-Га/; хатт. «Эстан»; симит. «Шамаш» /Адад/), ши йоI: «Инанна» («Иштар» /Астар/), «Алани» (Шугарра, Эришкигаль). «Маьлхан дела» лоруш хилла «Уту» (хурр. «Шимиге»; урарт. «Селарди», йа «Са-лар-да»; хатт. «Эстан»; симит. «Шамаш» /Адад/). Цу цIун коьрта, аьрда-цIа долу гIаланаш хилла Ларса, Сиппар. «КIайн аьрда-цIа», олуш хилла цу цIийнах.
ЦIу-дела «Уту», «коьрта кхелахо» хилла стигланин а, лаьттан а. «Къехочуьнан, гIело хиллачуьнан ларвархо» а хилла иза. Иштта, адамна «хьехам барца», уьш «вочух ларориг» а хилла боху иза. «Уту», «хиндерг хууш» а хилла. «Кхелахо» хиларал совнаха, цу «кхелахойх, бакъ-харц верг къастош кхелахо» (орбитр) а хилла иза. Цхьана хенахь, «хатта» халкъан коьрта цIу-дела а хилла и «Уту». Цара йоккху цIе, «Эстан» хилла цуьнан. Цуьнан зуда-сте хилла «Айа» (хатт. Варунсема). ЦIу-дела «Мецулла», цIу-дела «Каттахцифури» (хетт. Камрусепа) аьлла цIераш техкина, ши йоI а хилла цу шинне.
            ЦIу-дела «Инанна» (симит. Иштар, Астар). «Стигланан нана» аьлла, цIе тиллина хилла цунна. Цул совнаха, «ницкъан» а, «дега-безаман» а цIу-дела хилла иза, даима герзах йоьттина а йолуш. Шена везавеллачу паччахьана, «тIамехь толам луш хилла» боху «Инаннас». Цуьнан билгало хилла, бархIсаболу седа. Иза бу, «Сахуьлу седа» (Венера). И седа, цуьнан хьажа юккъехь богуш хилла» боху. «Э-Анна» олу, цуьнан коьрта аьрда-цIа долу гIала, «Урук» хилла. Иштта цхьана хенахь, «Арбела-ГIалахь» а хилла, цу цIун аьрда-цIа. «Думузи» («Ду- Муз»; симит. Таммуз) цIе йолчу цIу-делан, зуда-сте хуьлу тIаьххьаре а цу «Инаннах». «Наннан» йоI «Эрешкигаль» (симит. «Алани»), «жоьжахатан дела ю» аьлла дарж долуш хилла ю. «Эрешкигаль» олий йоккхуш хилла, «шумарша» цуьнан цIе. Цул совнаха, «Нергал» цIу-делан зуда-сте а хилла иза. «Анун», «Кин» кIант волчу цIу-делан, «Энлилан» тIаьхьиенаш ю, вай лакхахь хьахийна болу и цIуй.
            ХIинца вай хьуна вовзийтура ву «океанан», «хIордан», «лаьтта бухарачу хин» цIу-дела волу «Анун» шолгIа кIант «Энки». Шен вешица «Энлилаца» мостагIалла долуш, даима цуьнца къийсалуш хилла иза, хьалхе езаш. Иза ву, «симитин» цIу. ЦIу-дела «Энки» (хурр.хетт. «Эъа» /Эйя/; симит. «Эа»). Дуьххьара (хидестале), «Эриду-ГIалан» коьрта цIу хилла иза. Цу гIаланах «Ха-аки» («Ха-Iа-кха», гIазкх. маьIна «где живёт стража»; «хин чIара болу меттиг») олуш хилла. «Океанан, хIордан дела» хилла ца Iаш, цу «Энкис» доладеш хилла тIегIенаш ю: «корматалла», «искусство», «луьйца йоллар тIехь». Иштта, «хьекъалаллин, хIиллан дела» лоруш а ву иза. И цIу юкъаваьлла хан ю, дуьненчохь хидестар хуьлу зама (потоп). Шен йиша «Нинхурсаг», пхьар а йой, цуьнга йоI йойту цо, «Гештинанна» («Ге-сте-ю-нанна», «Де-сте-Нана»; симит. «Царпанита» /Тейшета/) аьлла цIе а туьллуш. Боьрша тIаьхьие йоцуш волу и «Энки», цу шен йоIаца лела, иза а пхьаръеш. Цо а, йоI йо «Энкина». Цо йиначу цу йоIаца а лела, боьрша бер хиларе сатесна волу нена нена да. Цо а, йоI йо «Энкина».
Иштта, шен йоIаршца айгIаралла лелош волчу «Энкина» ялх йоIIий, ши кIанттий во цара. Вешина оьгIазаяхначу «Нинхурсагас», лен волу лазар туху цу шен вешех. Амма, цуьнгара бала шена гича, къинхетам сов а болий, цу лазарх то во цо иза. Адамо дечу хьесапца, цу Энкин сурт, «адам-чIеран» васт долуш хилла. ЦIу-делиша, дерриге адам хIаллакдан бина барт бохош, «Энкис» шена хьоме волу ялхо «Зиусудра» («Месопотаман Нухь»), кIелхьара воккху цу Iожаллах. И бахьана долуш, цхьана юкъана цIу-дели эгIа цуьнца. «Энкин» зуда-сте хуьлу, тIаьххьаре а «Дамгульнуна» (хурр.хетт «Тапкина»; симит. «Тапкина» /Дамкина/). Цо, «Энкина» ялх кIант во: «Нергал» (симит. Эрра), «Думузи» (симит. Там-муз), «Мардук» («Мар-дукъ»), иштта, цIераш евзуш воцу кхин кхо кIант а. Къилб Месопотамехь и цIу юкъаваьлчахьана доладелла цIий эр долу захалонаш. Цу цIуца нисделла ду, симитин орам болу халкъ, Хьалхарачу Азина довзар.
            «Думузи» (Ду-Музи; «Там-муз», гIазкх.аьл., «удовлетворить + фалос») «бежа-жаIуйн дела» лоруш хиларал совнаха, иза хIора шарахь леш а, денлуш а хилла. И бахьана долуш, цуьнан и валар, адамо тийжарца билгалдеш хилла хIора шарахь. Шен йиша йолу «Гештинанна», нуьцкъалгIа хьийзайо «Думузис». И бахьана долуш, Iаламата доккха таIзар до цунна «Делин Барто». Цуьнан зуда-сте хилла ю, «Инанна» (симит. «Иштар» /Астар/).
            «Нергал» (симит. Эрра) - шен зуда-сте «Эрешкигаль» санна эла а волуш, «уьнан лазарин дела» хилла иза а. Цуьнан коьрта, аьрда-цIа лаьтта гIала хилла, Вавилонан махкахь йолу «Кутты-ГIала» (Гутты).
            «Энкин» ялхалгIа кIант хилла, цIу-дела «Мардук» (Мар-ду-къа). Делахь а, вежаршна юкъахь, хьалхе цуьнга дIаелла хилла дас, тIаьхьиенан да цунах веш. И хьалхе яккха гIерташ, къайлаха питана лелош а хилла цо, ша санна болчу цIу-делашна юкъахь. И бахьана долуш, цаьрга гIаттам а байтина Мардукас. Иштта кхаьчна, цуьнга коьрта Iедал. Цуьнан зама нислуш ю, «симитин» халкъ «шумаршна» юкъахь даха а хиана, питане некъ лелош коьрте а баьхкина, «Аккад» пачхьалкх цара кхуллучу хенаца а, Вавилон гIалахь «амарреин» («а-мар-аре-я»; гIазкх. маьIна, «он обитатель равнины», йа «он властелин степи») олалла хIутточу заманца зIе йолуш а. «Мардукан» сурт, «газа-адамах» тера амат долуш хилла, каралаьцна гоьмукъ а йолуш. Цуьнан хилла зуда-сте «Гештинанна» (симит. «Сарпанит», йа «Царпанит» /Тейшета/), дена йина йиша хилла. Цо вина «Набу» цIе йолуш волу кIант, Борсиппа-ГIалан «коьрта цIу-дела» хилла, «Ташмета» цIе йолу зуда-сте а йолуш. И «Набу», «йозанчин дела» ларалуш ву, шеца лелош «стелет» олу, йоза яздо чIешалг а йолуш.
            «Анун», «Кин» кхозлагIа бер хилла, йоI «Нинхурсаг» (хурр.хетт. «Шалуш» /Са-ло-са/, гIазкх. маьIна, «свет дающая душа»; симит. «Нинмах», «Нинти» /Догоним/). Шен шина вешин «Энлилан», «Энкин» сте хилла ю иза. Цу шиннах пхьарйоьлла дина: йоI, кIант ши бер а хилла цуьнан. «Нинхурсаг», «лазар туху» цIу-дела хилла. ЦIу-дели вовшаха а кхетта, шайна хьалхара дацо адам кхолла цара барт бича, и кхоллар «Нинхурсагана» тIедиллина хилла. Цуьндела, дерриге адаман нана лоруш а хилла иза цу заманчохь.
            
            Лакхахь вай билгалбаьхна, цIуй юкъахь болу дукхаха берш, Хьалхарачу Азина «симитин халкъ» девзиначул тIаьхьа юкъабевлла бу, къаьсттина, ширачу оьмаран 2400-1500-гIа шерашна юкъахь йолчу заманчохь. Уьш боцурш, кхин а хилла Жимачу Азина, Месопотамина бевзина болу и цIу-дели. Уьш бу: «ткъесан, догIанан дела» волу «Ашшур» (Ашшур-Бел). Цунах тIаьххьаре а, «делин да» хуьлу. Иштта, Ас-Сур-ГIалан дай «симитин» цIийно чIаьнкъа берзича, цу гIалан «Ашшур» аьлла цIе хийцича, цуьнан «коьрта дела» хуьлу цунах. «Аккадан» цIу-дела хилла «Адад». Иза ву «догIан дела». Цу меттигехь хилла цIу-дели бу: «цIеран-дела» волу «Иршаппа» («Йар-суй-пхьа»; симит. «Рашапу»); «тIеман-дела» «Нубадиг» (Ну-ба-диг); «Даган»; «Амурру»; «Шумалия»; «Шуриш» (Суьйри-са); «Арамеин Иштар»; «кхолламан дела» - «Худена-Хутеллура» (ХIу-дина-хIу-деллера); «Нара»; «Намшара» («На-машаре»; гIазкх. маьIна, «мать мира», или /-миролюбивая/); «Минки»; «Амунки»; «Амизаду»; «ари», Хьалхарачу Ази юхабоьрзуш, цара бовзийтина цIу-дели бу: «Митра», «Индра», «Насатьи», «Варуна», ишт.кх.дIа а.
            «Хатта-хеттин» махкахь, гIарабевлла хилла цIу-дели бу: «эчиг-пхьалгIан дела» - «Хасамили» (Хасамиль); «паччахь гIентан дела» - «Халмасуит»; «жаIуйн, бежаIуйн дела» - «Хапанта-ли»; «хьекъаран дела» - «Телепин» (хетт. Телепинус); «Хатусас-ГIалан» цIу йолу «Инара»; «лаьтта бухара дуьненан дела» - «Лельвани» («Лаьлла-ван-йи»; гIазкх. маьIна, «расплавленная страна есть»); даима цхьаьна хуьлуш болу цIуй «Иштуштайя» («Исс-туш-тIе-йа»; гIазкх. маьIна, «Девять стойбище есть на верху»), «Папайя»; «паччахьан гIала ларош волу дела» - «Цилупури»; «турс-дела» «Цитхарийя»; «ткъесан дела» - «Тару»; Аринна-ГIалан «маьлха дела» йолчу «Варунсеман» мар, «Куду» («са»); «Неса-ГIалан» цIу-дела - «Пирва» (Перкунас, Перун); «беттан дела» - «Арма»; «дийнан» а, «маьлхан а дела» - «Сиват» (лувийцин, «Тиват», палайцин, «Тият»); «Керкимиш-ГIалин дела» а, «хьекъаран дела» а йолу «Кубаба» (Адамма); «неIалт-дели» «Хабиру» , «Лулахи» ; Лагаш-ГIалин коьрта цIу-дела «Нингирсу» а, цуьнан зуда-сте йолу «Бабы» а.
            Уггаре а хьаште дерг ду, билгалбевлла коьрта цIу-дели, шен-шен седа (планета) болуш хилла хилар. Вайна ма-хаъарра, «Маьлхан раж» (солнечная система) аьлла билгалйиначу «тIурненан» кепа чубогIуш бу цхьайтта седа-планета, кхул тIаьхьа эра вай цунах «Седа-дуьне». «Астероидан го» аьлча евзу «Сатурн планетан гонахьара кескаш, цхьана хенахь маьлхан шийтталгIа планета хилла» бохург а ду, тахана астрономаша хьехош.
            Аса, и седарчий (планеташ) хьахор, стенна ду билгалдеш? Вайн шира дайшна дика девзаш хилла ду «7», «12» олу терахь. Цу терахьашца нисдина кIиран ворхI де а, шеран шийтта бутт а ларамаза, ша-шаха нисделла дац аьлла хета суна. ХIунда аьлча, Шумарна «африа-симитин» халкъаш а довзале, хьалха хиллачу заманчохь, седа-дуьненашца нисдина хилла астрономин Iилма, цу заманчохь а лаккхара кхиамаш болуш хилла ду. Цу хенахь хилла «зиккураташ» олу аьрда-цIенош а, ша тайпа абсерватореш хилла ю. И аьрда-цIенош, цIу-делин цIарах хиларал совнаха, царех коьрта болу и цIу-дели, цхьаннан «седа-дуьненан дела» а хилла.
Масала: «Стигланан дела» «Ан» (Ануш, Ану, Харбе), «Уран» олу планетан цIу хилла; «Маьлхан дела» хилла, «Уту» (Шамиге, Эстан, Шамаш); Венеран («Сахуьлу седа», йа «Са дов седа») цIу хилла, «Иннин» (Шавушка, Иштар, тIаьхьо Инанна, Астар); «Лаьттан дела», «Нинхурсаг» (Шалуш, Нинмах) а йолуш, «Беттан дела» хилла, «Нанна» (Кужух, Кашку, Сина); «Нергал» (Эрра) – «Марс» олу, «седа-дуьненан дела» хилла; «Юпитер» олу седа-дуьненаца, дахар дуьйзина ву, цIу-дела волу «Энлиль» (Кумарби, Бел); «Ташмиш» (Аштаби, Нинурта) – «Сатурнан» цIу-дела ву; «Энки» (Эъа, Эа) а ву, «Нептун» седа-дуьненца зIе йолуш. «Энкин ялх кIант хилар а, цу Нептун планетан йолу ялх седа-некъахошца (спутник) дуьйзина-м ца хилла техьа?» олий, ойла кхоллало, цу ширачу хенан астрономаш бахьана долуш. «Меркурин», «Плутонан» хетарехь хила беза цIу-дели бу: «Ишкур» (Тешшуб, Тейшеб, Адад, Мардук) а, «Ки» ( Анки, Анту) а.
            КIиран юккъера ворхI де а, ворхI седанца (планета) зIе йолуш хилла. Уьш бу: «Маьлха Аза» (Малх), «Рош» (Меркурий), «Сахуьла Седа» (Венера), «Бета» (Бутт), «Мисар» (Марс), «Иркапи» (Юпитер), «Сатав» (Сатурн).
            Малххий, исс седа-дуьний, цу седа-дуьнешна гонахьа хьийзаш йолу шовзткъе цхьаъ седан-некъахой (спутникаш: Латта - 1, Марс - 2, Юпитер - 16, Сатурн - ?, Уран - 15, Нептун - 6, Плутон - 1), иштта, шийтталгIа планета хила мега олуш йолу «астероидан кескаш», йа 3600 шо моссазза долу, малх-къепана гергабогIу «Нибиру» олу седа юкъабалийча нислуш долу «52» терахь, кIиран ворхI денна эцча, «364» терахь нисло. Шара чохь долчу де-буьйсанна (365,24 маьлхан хенан де-буьйса), и терахь гергахь хиларна, ала лаьа: «Шаьш тIехь дехаш долу латта, ма-дарра девзуш ца хиллехь а (географически), стигланан Iарше, кхечу дашца аьлча, и мад (космос) дика евзуш хиллачух тера ду, вайн шира дайшна». Оцу тешалло гойту, цу шира хенара адам тидам лаккхара болуш, цу тидамо кхиийна кхетам сирла болуш хилла хилар.
            Лакхахь, хетарехь вай билгалбехи туьйранаша (миф) хьехош болу «дели», «цIуй», церан гергарлонан зIенаш, коьрта васташ, даржаш, дахаран некъаш, цаьрца дуьйзина хилла седа-дуьненаш. Оццула шорта болу и цIу-дели адамо шен кхетаме, хиламан, дахаран хьоле хьаьжжина кхоьллина хилча, суна дагадеънарг ду, цу цIу-делин дахаран метта халкъанин, зуьретан (культураш) дахар хIоттош, и тайпа хийцам беш бакъдерг лахар. И ойла сан кхоллаялийтинарг юха а, цу седарчашца (планеташ), дуьйзина хилла цIу-делин дахар ду. Хетарехь мукъне а, метта хIотталура дацара техьа аьлла хета, цу шира историца дуьйзина бакъдерг, мифан беша а кхевдина. Масала, иштта долчу хаттаршна жоп лехча, бакъдолучунна тIекхуьура дара аьлла а хета.
            И хаттарш ду: адаман, дуьнегарца болу синкхетам муха хилла? Кхиаме культураш кхуллура йолу кхузаманан Месопотамин, Юххерачу Малхбален (Ближний Восток) латта тIехь йоьттина лард, муьлхачу коьчаллех кхоьллина ю? Тахана, харцахьадаккхарш (фальсификаци) деш, галаяккхина агIо Iораяккхар пайденна, йа зуламе дуй? аьлла хIоттийначу хаттарна, аса эра дара: Дац! Пайденна ду.
            Коьрта, харцхьадаккхаран агIонаш ю:
Хьалхараниг - Месопотамица дуьйзина долу, кхузаманан историн Iилма теллича, билгалдолург ду: «хидестар» (потоп) а хилла, Месопотамин латта тIе хIорд хьаьдча, цигахь даьхна дерриге а адам хIаллак хилар чIагIдар («ДуьнентIехь хилла дерриге адам делла, Нухьан доьзал боцург» аьлла и тешалла дукха ца хьехош, цу гонахьа шарам бан гIерта уьш). И хидестар дIадаьлча, цу махка деана, «Шумаран зуьрет» кхоьллина долу адам, «Бахрейнера (Дильмун) кхаьчна хила мега цу меттиге» бохург чудолла гIертар. Цулла а хьерадаьлларг ду, «и адам, Эфиопера (Куш) деъна хила сахьт а дац» бохуш, юкъайоху керла гипотезаш а. Иза бакъ дац.
И бистина хIорд, шен хиллачу бараме кхочуш хи дестар дIадаьлча, цу «Дильмун гIайре тIехь адам дисна хила мега» бохург-ам хIунда дуьйцура, керла тIедеаначу адамна а, бIешарахь а дахар кхолла аьтто болуш хилла хира бац и мохк. ХIунда?
            Хидестар хилча, хIордан йистехь Iуьллучу Шумаран латта тIе а, «масех метар цIена гIум тесна хилла» боху, архиологин тешаллаша. Масех бIе чакхарма къилбседан агIора Iуьллу Киш-ГIалахь а, ахметар хилла и гIум тасар. Ткъа хIорда чохь, масех бIе чакхарма Iуьллу гIайре тIе-м, хIетте а тесна хира ю и гIум. Тахана, вайна евзуш йолу Бахрейн («Дильмун») а ю, ерриге аьлча санна гIамаран гIайре. Континентах и гIайре хIоттаелла, йа гергахь елахьара, «махо ялийна барханаш ю» эра дара вай и гIум. Ткъа тахана, хIун эра ду вай?
            Цул совнаха, хидестар дIадаьлла цхьа-ши бIешо а далале, шовзткъанга хьалакхочуш гIаланаш, яккхийра шахьарш дIахIиттийна «протошумарша».
            ШолгIаниг - «Симитин орам болчу «африо-симитин халкъо», лардамза хилла «шумаройн» йоза а, культура а кхиош, иза шорйина. Цу зуьретна, къилбседа агIора Iоьхкачу мехкашна, цигахь дехачу халкъашна, керла дахаран некъ гойтуш импульс елларш «аккадаш» а, «амарреяш» а, доцца аьлча, «симитин» орам болу халкъаш ду» бохург ду, цхьацца халкъин цIарах цара дуьнене кхийдош. Иза, данне а бакъ дац! «Нухьалан», «шумаройн» йоза цара шайн доладаьккхина. Къилбседера мехкаш дуьххьара машаран некъаца, тIаьхьо ницкъалгIа а, шайн доладаьхна чIаьнкъалла йирзиначу «аккадан» тIаьхьиенаша – ассурой, ширававилонхой.
            КхозлагIниг - «Симитин халкъо, кхиаман импульс еллачул тIаьхьи бен йолаелла яц Жимачу Азин, «Арарат-лаьмнин», «Къилб Кавказан» культураш кхиош йолу революци» бохург, кхин а хьерадаьлларг ду. Даима, симитин тайпанаша Iаткъам латтош хилла бухарчу автохтонашна.
«Аккадан», «Ассирин», «Вавилонан» хилла паччахьаш, моссазза нишка бахана, цара мас къутIа дайтина хууш болу просимитин Iилманчашна, тахана а ала хууш дац, йа хаа лууш а бац «шумарш», «элламаш», «хурриташ», «гутти», «касситаш», «хатташ», «ханаанаш» («ширалеванташ»), «таруиша» олу «этрускин» къам кхиора болу «троянцаш», «баскаш» муьлхачу халкъан, къоман, мехкан векалш хилла. Эзар шаре дIакхочуш хенан юкъ йолу «хурритин» дахар а, цара кхоьллина хилла онда пачхьалкхаш а, ма-дарра аьлча, шолгIачу тIегIане теттина ю тахана. Цхьана халкъаца, лаьттаца доьзна историн дахар доькъуш, цара хьестош йолу «шираассирин», «керлаассирин», йа «ширававилонан», «керлававилонан» оьмарш билгалйахар нисдина ду, шайн готта Iалашо кхочушян. Цу «шира ...», «керла ...» бохучу кхетамашна юкъахь яхна йолу Митанни (Меттан-На), Аррапха (Арара-Пхьа), Диауэхи (Дай-Iа-хи) , Аьлзи (Аьрзи) , йа «Ал-сий», Мусасир (Маса-Сур) , Кар-Дунияша (Дуьненан-гIап) , Эллам (Эла-Лам) олу пачхьалкхаш, церан паччахьаш билгалбаха а, церан паччахьаллин терахьаш «хууш а бац» и Iилманчаш тахана а. ХIунда? Дера бац, цу пачхьалкхин дахар цара Iорадаьккхича, шаьш дина харцахьадахарш (фальсификаци), йа нийса аьлча, кху масех бIешарахь биттина «аьш-паш» гучабевриг хиларна. Лакхахь хIоттийна таблицашка хьевсича а гуш ду вайна, шайн доцу дин шаьш тIеэцча, цу динан дай хила лианчу цу хьалкъо (симитин), цIун цIераш хуьйцуш кегийна хилла гIурт. БIеэзаршкахь долу сацкъар экъанин тешаллаш къайладаьхна, «шайн историн» доктринана мегаш дерг бен, Iорацадоккхуш латтош ду цара тахана а. Цара йохаяйтина Ирак, и Iалашо йолуш йохаяйтина ю. Бакъдерг аьлча, «бусалба бу» бохуш и «иракцаш» белахь а, церан Iедалан корта, доккхачуьнга диллича, «симитин глобальни Iалашонан хаттаршна, муьтIахьалла гойтуш хиллий техьа?» аьлла хета. Ца хилча, кху ахбIешарахь, архиалогин тIегIа йижийна Iиллора яцара цара.

           5-гIа жамI: «Нухьалш» «ширакавказхойн расан» адам ду. Иза ду, дуьххьара дуьйна, Дела цхьаъ веш хилла Нухьан махкара прахалкъ. «ХIал-Эла», и цхьаъ бен Дела воцучу «ширакавказхошна», текъам-дин (язычество) довзийтинарш бу, Африкера, хIордаца схьаоьху махлелорхой. Махбаран полисаш яхкархьама, цхьа васт долу адам а, и васт а декъана, африо-симитин халкъан векалша. Цу махка йохьу цара, керла ойла - «стигланан паччахьалла», «лаьттан паччахьалла». «Пунтах», «Дельмунах» лаьцна, хаза туьйранаш а дуьйцуш, цара галадоккху Иблисан балхах Iехаделла бухара халкъ. Цхьана Дела динца нисдина хилла адаман дахар вовшахакъастош, цара кхуллу, даима дуьхь-дуьхьала хIоьттина хира йолу хьогIе агIонаш. Дала, шайх, нухьалах волу пайхамар вогIийту, цу шен халкъана бакъдерг довзийта, уьш галабевлла хилар хаийта а. Амма, церан ла хезаш хилла дац. Бухара автохтонаш а, тIебаьхкинарш (хIордахой) а хIаллакбеш, Дала, хица таIзар до ша шена бале даьллачу халкъана. И хидестар, «Дерригдуьненчохь» хилла дац. И хидестар, «локальни» агIо йолуш хилла. Бакъду, Месопотамин кIошта йоцург а, цу хидестаран дозано чулаьцна хиллачех ю Индин ахгIайре а (лаьмнаш доцуш), Африкан къилб-малхбален хIордайист а (Эфиопин лаьмнин, малхбалера лахенаш – Пунт а, Кушитин/Сомали/ кIошта а), иштта хила тарало Сейшелан гIайрешка а, Мальдиван кIоште кхаччалца а болу Индин Iапказ. ХIаллакдина бохуш хьахош дерг нуьхьалан халкъ делахь а, Цуо, иштта хIаллакдина нуьхьалшца чIаьнкъалла тIеэцна долу Индин, Африкан къилб-малхбалера хIордайистенан а халкъаш. Нохь-пайхамаран кIентан (Сим), тIаьхьиенаш хила лериначара дIакъастийна, шайх болу африкахой, цIена агIо йолуш и шайн дахар хилийта а, «Дала, къастийнарш ду тхо» ала а.
ХIара, текъам-динан къеп (язычество), тахана а юккъера дIайолуш яц, шен питане болх беш «Иблис» а, цу «Иблисан накъостий» а хиларна.

@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@
 
«Средизимноморьен раса» йац, ю, «Хьалхараазехь хIу ийна раса»
(гIазкх. маьIна, «Передне-азиатская смешанная раса»)

            «Средизимнеморен раса» кхоьллинарг, «афризеин» орам болу адам ду» ала гIерташ бу тахана, цхьаболу Iилманчаш. Иза а дац, дерриге а бакъ. Африкан континента тIехь, цу хIордаца даьхначу Египтан адамо, и «Средизимнеморен раса» ца кхоьллина хилар хууш а, иза дика девзаш а хила деза вай. Нагахь санна, вай мелла и бакъдича а, симитин расана кхочург, доьалгIа дакъи бен дац. ХIунда аьлча, дуьххьара (хьалхара) зуьрет кхоьллинарг, Кавказ-Загросс лаьмнашкара орам болу адам («нухьиташ»* - «Нухьан онда доьзал», «шу-марой») хиларна. Шира дуьненна, «Египтан (Мисаран) зуьрет» девзачу хенахь, «Синаян ахгIайренга» кхаччалца, цу хIорда йистошкахь дехаш хилла адам, «ширакавказхойн» орам болуш хилла ду, мел кIезга а, цу хIордайистенан деа декъанан, шина декъа тIехь хIетте а (Синайн ахгIайре тIера, Троян кIоште кхаччалца). Европина кхочучу декъа тIехь даьхна адам, цхьа-ши эзар шо «мисархойлла» а, цу «кавказхойлла» а, шайн кхиамашца тIаьхьадуьсуш хилла. Цундела, симиташца цхьатерра жигаралла гойтура ю праиндоевропейцаша а, и «Средизимнеморен раса» кхуллуш дакъалацарца. И зама ю, хидистиначул тIаьхьа беъна мур – амарреяш, Хьалхарачу Азина бевзу зама. «Средизимнеморан раса» а ца олуш, «Хьалхараазехь хIу ийна раса» (гIазкх. маьIна, «Передне-азиатская смешанная раса») аьлла яккхича, йа кхин а нийса хира яра йаьккхича, «азиат-африо -европеидаша хIу эдина раса» цу чIаьнкъа юкъараллин цIе.

           6-гIа жамI:  Дуьххьара зуьрет (Шумаран зуьрет) кхоьллинарг ду, Кавказ-Загроссан лаьмнашкара орам болу адам – «ширакаваказхойн» этнотоба - прашумарш. «Средизимноморьен раса», йа «Хьалхараазехь хIу ийна раса» (гIазкх. маьIна, «Передне-азиатская смешанная раса») кхуллуш дакъалаьцнарш бу «ширакавказхой» (кавказ-загроссаш), «симиташ», «индоевропейцаш». ХIу эдарца дакъалаьцначех ю макротобанаш: «финикийцаш», изза орам болу «карфагенаш», иштта «праIарбой», «хапируш», «ямхадаш», мелла а «лувийцаш», «неситаш», «протоминойцаш», ишт.кх.б.а. И «Средизимноморьен раса» юкъаяккхарца, Iилманчаша ларош ши Iалашо ю. Иза, «афразио» олу кхетам юкъабоккхуш Африкаца, Ази цхьанаехкарал совнаха, «Дуьненаюккъерачу хIордан» цIарца, Европа а царех йоьхкуш, этносуьртан цхьа бос кхолла Африкан, Азин, Европан континенташ тIехь.
 
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@
 
Кхаа расан адам дIасхьадаржаран некъаш.
            Кавказан лаьмнашкахь дебна адам хин гечонашца а, яккхийрачу атагIин аренашца а, дахар кхолла охьадаьлла. Цигара дIасхьадаьржаш, ниIмате йолчу хIордан йистонашца даха а хиана и адам. «Аракс» (Гихон/Гайхун), «Кура», «Евфрат», «Тигр», «Дияла», «Хабур», «Галес», «Чорох», «Терк», «Соьлжа», «Кубань» олучу хишца, «Iаьржа хIордан», «Дуьненаюккъера (Средизимни) хIордан» йистонашца къилбехьа а, малхбузехьа а теIаш долчу адаман йиъ тулгIе, дIасхьаяржина Жимачу Азин латта тIехь а, «Шина хин юккъехь» (Месопотами) а, тахана вайна евзаш йолчу Сийрин (Шемаха, Сема-ха), «Палестинан» латтанаш тIехь а, «Синай» олу ахгIайренга кхаччалца а, хьажа № 4 йолчу суьртан кепе. ДIа ца чIагIдича ца долуш факт ю, «Миносан культура»* кхоьллинарг а, и кхиийнарг а, «азиатин» орам болу халкъ хиларца юьйзинарг. Уьш а, тIех ширалла йолу «кавказхой» бу, кхузаманан, «Къилбседакавказхойн, малхбузера халкъаш» - «абхазо-адыгаш». Миносаш хилла хIордахой.
            ХIордахой хьаххиначара, царех лааьцна хьахо деза аьлла хета суна. Латта тIехь, дуьххьаралера зуьрет кхоьллинарш «кавказ-загроссахой» белахь, шеко а йоцуш, «хIордан зуьрет» кхолларан хьалхе, африо-симиташна дIаяла еза. Цу зуьретах лаьцна дуьххьара хьахийна ду «Гильгамеша» олучу, аккадан матте яккхиначу эпос тIехь а, иштта махбарца доьзна яздарш тIехь а. И гIайре юкъарча хилла ю, Шумаран, праХаррапан («Инд» хин атагIа) зуьреташца махбеш йолчу, африо-симитин Африкан. Энких, Нинкурсагах лаьцна, яздина туьйране тешалло (миф) дуьйцу: «…Дильмунан (кхуз. Бахрейн) гIала хилира хинйистах. Туркиш махко цига даийтира дашо а, сирла сийна бос болу мужтIулг (лазурит) а, Меллуха махко – мехала беза тIулг (сердолик), Марахши махкара – лаьмнин цIена мокхаз, Маган махкара (Оман) – чIогIа ез, Эллам махкара – буткъа тIаргIа, Езачу гIалара Ур – ялта, даьтта, уггаре а гIолехьа долу кIадий». Цу туьйрано юьйцурш хила еза, дуьххьара «нухьалан» махкахь африо-симиташа кхоьллина махбаран яккъаш (гIазкх. маьIна «торговые фактория»).
Вай дукхаза хьехийна цу хIордахойх а, царех даьллачу питанах (текъам-динан ойла) а лаьцна. Цундела, доцца жамIе далора ду вай, цуьнца доьзнарг, хидестаро нухьалан зуьрет а, и хIордан зуьрет а, доь доцуш хIаллакдар бакъдеш.
И хидестар хиллачул тIаьхьа масех бIешо даьлча, «Мисаран» шолгIа пирIун Сахура коьртехь волуш (ш.оь. 2458-2446-гIа шш), «Пунт» олу махкаца, хIордаца махлелош хилла ю олуш ду и Мисар, цигара дашо а, кхин йолу хазна а кхоьхьуш. Иза, цхьана муьран сурт хиллачух тера ду.
            ШолгIа кхолладелла, гIарадаьлла «хIордан зуьрет» хилла, «Минойан культуран» (ш.оь.III эзар шш – 1425/70-гIа шо) адамо кхоьллинарг (кеп № 7 йолу кепа тIера, жима, Санторин аьлла йаздар долу, можа кхосаберг йолу кIошта). Ширачу оьмаран 2300-гIачу шерашна гергахь, Критан гIайре тIехь дуьххьара дахар кхоьллинарш хилла, «ширакавказхойн расан» орамах долу шира ваьрраш – сан хьесапехь прахаттан адам. ХIунда аьлча, цара бийцина мотт, мелла а «хуррито-хатта-праурартхойн маттана» гергара хиларна а, цу тIехь даьхначу халкъан орам бевзуш (йа бовза лууш), таханалера Iилманчаш ца хиларна а, вайн йиш ю, иза иштта хилла ала. Онда, хIордан кеманин флот хилла цу пачхьалкхан. Цул совнаха, хIорда тIехь хьалхе йолуш хилла бу и «минойцаш». И паччахьалла кхоьллинарг ву, 16-15-гIа ш.оь. бIешерашкахь, цигахь дуьххьара паччахь хилла, «ширакавказхойн» орамах ваьлла волу Минос. «Кносс» гIалахь хиллачух тера болу, бахамаш массанхьа а болуш, экономикан, политикан, дино зазадаьккхина яккъаш йолуш, бес-бесара корматаллин кхерчаш болуш, пиктографин а, иероглифан а цхьанаийна, «линейное письмо А» олу йоза долуш, даьхна зуьрет ду иза, 1425-гIачу шарахь мохкбегош хIаллак хиллалца. Цунна бехке хилла, хIорда чохь самаялла «Санторин» цIе йолу тIепинг (вулкан).
            ТIаьхьо, цу зуьретан хилла кхиамаш а, хIордахойн гIуллакх а, шайга дIаоьцура ду и гIайре долаяккхиначу «аххейцаша» («аххиява», «ах-хи-йа-ва») а, иштта, церан йозанан кхиам (линейное письмо «А») а. Цара и доладаьккхинарг, цаьргара а дIаоьцура ду, цкъа хьалха юкъарчаш а хуьлий, тIаккха и махлелоран гIуллакх шайн карадерзийначу «джахиша» («дежа-хи», гIазкх. маьIна, «вода обитания»). Уьш бу, Африкан къилбседа агIонца йолчу хIордайистонашца, Карфагенах тера долу, льцнамехкаш (колонеш) кхуллура долу «финикийцаш». Иза, хетарехь церан нисделла, ш.оь 820-гIа – 774-гIа шерашна юкъахь.
            Ткъа, Къилбседа Кавказе дахначу адаман тулгIено (прахурри), «Майкопан культура» кхиайо. Вайна ма-хаъарра, и кульура кхоллайалале хьалха цу Хьалхарачу Азихь даьхначу адамо кхоьллинарш ю: «Халафан»*, «Убайдан»*, иштта кхин йолу культураш. И культураш кхоллаелла масех эзар шо даьлчи бен, Хьалхарачу Азина девзина дац, Iаткъамбарца Iорадаьлла, «африо-симитин» орамах долу тайпанаш. Иштта девзина, «индоевропейцин расан» даьлла лела ваьрраш а.
 
            7-гIа жамI: Кавказ-Загросс лаьмнин къепехь дебна адам («ширакавказхой») дIасхьадаьржаш, ширадахаран культураш («Халафан», «Убайдан», «Урукан»*, «Майкопан»*, «Самарран»*, «Хассунан»*, «Шулавери-Шому», «Кура-Араксан»*, «Миноян»* ишт.кх.е.а.) кхуллуш Кавказехь, Къилбседа Кавказехь, Хьалхарачу Азехь. Хьалхара зуьрет дуьненчохь кхоьллинарш ю «ширакавказхойн» онда этнотобанаш – нухьалш, элламаш, прашумарш. «Африо-симитин» расан халкъ, кхоччуш Хьалхараазин халкъашна девзина зама а ю, ширачу оьмаран 27-гIачу бIешераш тIера кхузамане схьайолу хан. Цул совнаха, «хидестаран муьрал» хьалха еъначу масех бIешарна юкъахь а, Нухьан халкъан, юкъаметтигаш яхкиначух тера ю, хIордаца махлелорхой болчу, цу африо-симитин халкъаца. «ХIал-Эла», цхьаъ бен Дела воцучу «ширакавказхошна», текъам-дин (язычество) довзийтинарш а бу, махбаран полисаш яхкархьама, цхьа васт долу бухара адам а, и васт а декъана болу и африо-симиташ.

@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@
Просмотров: 31 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли