Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 23 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 7-ГIА КИЙСАК
14:15
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 7-ГIА КИЙСАК

            Цу «къилбседакавказхошний», «къилбкавказхошний» юкъара хьосто кхоьллина ду «кура-араксан», «нах-урартуойн», «нах-кулхин», иштта «таршиш» юкъабогIу меттанаш а, церан и ваьрраш (тайпанаш) а. Вайна ма-хаъарра, цу хьостан гаьнгали хилла «Къилбкавказ - Арарат-лаьмнин онда доьзал» беха, «Кавказ-Арарат лаьмнин къепе» кхоьллаелла кIошта (цу юкъахь бац эрмалой, жуьгтий, тюркаш, ишт. цу могIара кхин тайпа халкъаш). Аларшца бен къаьсташ боцуш, цхьанаметтан адмаш хилла уьш шайн хьостехь. «Шулавери-Шому культура» кхиийначу къилбкавказхойх хиллачу къилбседакавказхоша, кхуллура ю «Майкопан» (ш.оь. III-эзар шаран 27-25-гIа бIешераш), цуьнан бух тIехь «Къилбседакавказан культура» (ш.оь. III эзар шаран чеккхе - II эзар шаран юьхь) а.
            Иштта, цу заманчохь ТIехьарачу Кавказехь кхуьуш хилла «кура-араксан», «пракулхин» «нах-хурри-урартуойн» культураш а. Церан га ларалуш ду, тIаьхьо билгальера йолу «таршиш» юкъаралла а. И юкъаралла, кху тIаьхьарчу хенахь, «цуьнан халкъ азиаташ хилла» бохург, Iилмано мелла а къобалдинехь, кхоччуш къаьстийна дац, и «таршишаш» муьлхачу ораман этнодакъа хилла. Историн и «Троя» (изза «Таруиша»; III-эзар шш – ш.оь.1260/50 шш) южучу муьрехь, цунна гIонна баьхкинарш «халибаш», «амазонкаш» хиларо, ойла кхоллайолийту, и троянцаш кавказхойн орам болуш хилла бохург дIахьедан. Иза иштта делахь, цу хьоло юха а ойла кхоллайолийту, «нах-орамах-ам ца хилла те, и «таршишаш» (троянцаш)?» олий. Ширалла хьесапе эцча, цу гIалан дай хила безарш «хатташ» бара, царел тIаьхьа рогIехь берш, ламаройн «каскаш» а болуш. Вайна хаьа, цу муьрехь «хатташна» тардар деш, уьш шайх дIаэбинарш индоевропейцин раса юккъера « протохеттиш» хилар. «Ламарой» болчу «каскин» халкъал хьалха, царелла а дехьа дехаш долу нах-ораман тайпанаш орцахдовларо, и хаттар дIакъовла (уьш, «хатта-минояш» бу ала) аьтто ца ло вайна. Амма вайн ала йиш ю, Жимачу Азин малхбузехьа Iуьллу Таруиша (Троя) олу гIала кхоьллинарш, «ширакавказхой» бу. Вайна иштта хаьа, ширачу оьмаран 16-гIачу бIешерашкахь, «фригих» долчу ваьрраша ассимиляци йан долийна «хаттан» орамах долу тайп, цу гIалара лоллуш, и гIала «хурриташа» дIалаьцна хиллийла. И бахьана долуш (бахьана, зуда ядор гайтахь а), 1260-гIачу шарахь «аххийаваша» («аххийава», «ах-хи-йа-ва», гIазкх. маьIна, «он есть полуморской») Троя йохочу хенахь а, гIайре тIехь санна, цIенна «хурритин» халкъ дехаш хиллачух тера ду цу онда гIопахь. Цуьндела, царна орцаха бевлларш а хилла аьлла хета, гергарчу ораман ваьрраш – «халибаш», историно хьахош болу «амазонкаш» (а-да-мехка-зид) а. Делахь а, историн Iилма, сацам боллуш цу ойлана тIехь чIагIделла ца хиларна а, керла тоьшаллаш оьшуш хьал хиларна а, вайн меттан кепа тIехь хатташца, минойшца, каскашца, кхин йолу гIайренан (Крит, Лемнос, Кипр ишт.кх.дIа а) юкъараллашца, дазарш гайта дезна сан.
            «Хурри-нах-урартхойн маттаца» а, иштта «ширахаттан маттаца» а, гергарло хила таралучу этнодекъах кхолладелла халкъаш ду, историно «этрускаш» («тар-сий», «ара-сена»), «баскаш» (бас-ха, бас-хи, бас-кха), «турдулаш» («тур-ду-эла/и»), «турдетанаш» («тур-детта-эни») аларца билгалдаьхнарш а, цхьаболчу Iилманчаша, уьш, кавказхойн иберин (и-ба-ари) ораман тайпанаш ларахь а. Кавказера, тахана, «ибери» олуш долу халкъ кхолладала (цу цIарца хIетте а), юккъерачу барамехь цу ширачу заманал тIаьхьа, кхин а эзар шо хан яла езаш ю. Иштта иза вай къобалдахь, и шира ибераш лара мегара дац кхузаманан гуьржийн шира дай, уьш (гуьржий), цу заманчохь кхоллабалаза хиларна хьалкъ санна.
            «Индоевропейцин» тайпанаша шайх тардар (ассимиляци) диначу цу «хаттан» («ха-тIе»; гIазкх. маьIна, «стража на /горе/возвышенности») халкъах, тIаьхьо «хеттин мотт» буьйцу халкъ хиллехь а, лаьмнин чIажашкахь (кхузаманан, Турцера «Понтийн лаьмнаш», йа нийса аьлча «Каскин лаьмнаш») дисначу цIена декъан, цу «хаттан» тIаьхьиенаш ю, ширазаманна бевзаш хилла ламарой болу «каскаш» а, тахана Къилбседакаваказера, «малхбузакавказхойн меттан» тIаьхьиенаш йолу «абхазаш», «адыгаш», «абазинаш», «убыхаш», «гIебартой» а, иштта, кхин долу цу «малхбузакавказхойн» орамах хIу хьакхало кегийра этноэлементаш а. Хаттан матта тIехь хеттин мотт кхуллуш декъашхой хилларш бу «лувийцаш», «неситаш», «палайцаш».
            «Шумарш», «элламаш», цаьрца гергарлонаш долу «луллубаш» («лулахь-ба»; гIазкх. маьIна, «есть соседи», «живут по соседству»), церан лулара «гуттиш», «касситаш» тIедаьхкиначарех а, йа кхин этнобух болу а халкъаш дац. Уьш, цу мехкан автохтонаш бу, царна къилбседехьа беха «нахи-хурриташ», «хатташ», «нах-урартхой» санна. Делахь а, «шумарш» олу халкъ, тIаьхьо, Кавказан лаьмнашкара кху махка деъначух тера ду, хин гечонашкахь хидилларан говзалла шайца а йолуш. Иза нисделла хила деза, гIазкхашха «потоп» олу Iаламан бохам хиллачул тIаьхьа (ш.оь. 3000-2950 /± 50 шш./-гIа шераша лоцачу хенан юкъахь). И бахьана хила тарло, шайна юкъахь долу уллера а, генара а генетикан гергарлоне хьаьжжина, мелла а вовшеха къаьсташ и тайпанаш хилар. Масалина ала мегара ду и «шумарш», «загросс-элламан меттан» юккъера «элламех», «луллубах» мелла а къаьсташ хиллехь, уллера орам цхьаъ болуш, гергарло долу «ширакавказхойн» халкъаш хилла уьш.
            «Наирахошна» («нах-ари») гергахь даьхна, цу шинна а агIоно («кавказ-араратан», «загросс-элламан» доьзалш) юкъара (гIазкх. маьIна, «переходный») лоруш хилла тайпанаш ду, ламарой болу «гутти» («гу-тIеэ», гIазкх. маьIна, «на холме», йа «на возвышенности») а, «касситаш» а. «Наираша» («нах-ари»), мелла а шайна уллера лоруш хилла, шайн васташца тералла йолу и «гуттин» халкъ. Вайна ма-хаъарра, «наирашца» юххера генетикан гергарло долуш хилла ду, иштта «хурритин» а, «арин» а, «хаттан» а халкъаш.
            «Къилбкавказ – Арарат-лаьмнин онда нах-доьзал» юкъахь кхианачу меттан дакъоша, билгалйоккху, кхаа тобане и онда доьзал къастош йолу юкъараллаш, меттанаш: «Нах-Кулхин доьзал», «Кура-Араксан нах-доьзал», «Нах-Урартуойн/Ван/, ламаройн доьзал». Цу кхаа доьзало кхоьллина хилла, историна бевзу «Наири», йа «Нахирин Барт» олу цхьанакхетта юкъаралла. «Кура-Араксан культуран» юкъаралла, шина декъе екъча, нийса хила мегара «Кура-Араксан нах-доьзал», «хIордйистенан, Кура-Араксан доьзал» аьлла, цу тIаьххьарачунна юкъахь болуш «къилбкавказ-декъастанан доьзал». «Кура-Араксан культура», цIенна, декъастанхоша кхоьллина культура ю бохург, къобалдеш дац историн Iилмано.
            «Меттан декъадалар» аьлла хIоттийначу кепа юкъара «Нах-Урартуойн/Ван/, ламаройн доьзал» аьлла билгалйаьлла юкъаралла, яржина хилла цу ТIехьарачу Кавказан а, Къилбседа Кавказан а лаьмнашкахь, цуьнан кIеларчу аренашкахь, тогIенашкахь. Иза ю «Ван-Ариан» (ист. «Аран»), «Дурдзука» («дур-дукъе-тIе»; «дур-д-зу-ка»; гIазкх. маьIна, «владелец башни – знающий, удачный»; - ш.оь. 5-гIа бIешо – 2-гIачу бIешаран юьхь) олу юкъараллаш. Цу шиннан бух тIехь кхиана «Аланаш» («арана», «ареной») шайх хира болу, «Ван-да-Аланаш» (ист. «вандаланы»), «сванаш», лачхьакхадаларш долу «асаш» (овса), «хе-ва-сураш» (ист. «Хевсуры»), «картвелаш» (корта-ва-эла), иштта царех хила таралуш ю, цу кIоштана евзина, «миди-атропатан (чIаьнкъа) юкъаралла» а. Майрра, цхьана хенахь «дурдзукан» дакъош хилла ала йиш йолуш ду вай «двалин» (ист. «валы», «двалы»; нах.м. «Да-ва-али», гIазкх., У ущелья, есть владелец»), «сванан» («Со-Ван»; 240/50 шо – карара зама; «швиод», «свеона»), «хевсуран» («Хе-ва-Сур»), иштта кхузаманан «картвелан» (корта-ва-эла), «тушинан» («Туьше-тIе» «Туш-тIе», «Туш-Iин» «Стан-место на верху», йа «стойбища в ущелье»), «бацбийцан»уш-бацо, бацо ба) тайпанаш, халкъаш, кхузаманчохь царех цхьадерш кхоччуш гуьржех дIаийнехь а.
            Ширачу оьмаран хьалхара эзар шераш юккъедоьлхачу а, дахначул тIаьхьа а, екъаяла йолаеллачу къилбкавказан юкъ, малхбузен агIонгахь кхиар долу «Нах-Кулхан доьзалан» юкъаралло, «Кулх-халда-хонан мотт» шен-шен аларш долуш хилла. Уьш ду: «кулхин» («Колхида», «Колхи», «Кулхи», «гилхи», «Куола-хи», йа «КIол-хи-да» йа «КIола-хи-да» кIела долу хи), «халдан» («халдейаш» бац уьш. «ХIал-Да», йа «Хьал-Да»; /5-2-гIа бIешераш), «чанахан» («ча-нах», «ча-нахи»; гIазкх. маьIна, «медведь-нахи»; 5-2-гIа бIешераш. «Кахи», «ка-хи», гIазкх., «быстрая река»), «махалонан» (изза «макрон», «махал-ан-ва», Эры, «Аре-тIе»), «санаарин» («Сана-Ари»; изза, Iарбошха аьлча, «цанари»; олуш хилла «масохи», «месха», «маса-хи» а), «дрили» (ист. «дрилы», «дар-или», йа «ду-али», йа «ламанан нах»), «нах-хонан» («хой», «ха-йа», «ха-Iа», «ха-али-ба») этносаш, тайпанаш, халкъаш. Цу тIаьххьарачеран а, кахи-картвеллан ваьррашца хиллачух тера ду лачхьакхадаларш. Малхбузехьа деха и «кулхин халкъ» (колхидаш) кхоьллинарш, «хуррито-нах-урартун» орам болу бес-бесара тайпанаш ду, историн дохаллехь цу меттехь гуладелла. Мелла а дакъалоцуш, «хатташ» («ха-тIе»; гIазкх. маьIна, «стража на /горе/возвышенности») а хиллачух тера бу цаьрца.
            «Кура-араксан культура» кхианачу махкахь ондачарех хилла, «Кура-Аракс-доьзалан» юкъаралла. Цу юкъадогIуш хилла тайпанаш ду, хIордйистенан прадекъастанхой боцурш а, аларци бен къастам боцу «гаргараш» («гаргара», «гергара», «гергара нах», царна юкъахь - «чIебарлой»; /ш.оь. 4-гIа бIешо - к.оь. 1-ра бIешаран чеккхе), «нахчаванаш», «арцхой» («Арцах», «Арце-хи», «Орхистена», «Ор-хи-йистена», «Уртехе», «Ур-тIе-хи», йа «Уртехине», «Ур-тIе-хине», изза «Цавдак» - «Хачен» - «Карабах» кхузаманан «Нагорный Карабах»), «аранаш» («Сюник», «Сисакан»; «Шуне», «Шюни» «Шюни-тIе», йа «Фавнитида», «Зангезур» («нахан-га» /область), «нахарараш» («Нах-арара», -арарнаш»). Цу нахарарин истории, эрмалоша тахана шайн долаяккхина, хIириша, «аланин» истори ма-яккхара. И болх цаьрга бойтуш, жигара дакъа лаьцнарг Росси ю, гIодеш Европера Iилманчаш а болуш.
            Аса ма-хьаххора, ТIехьарачу Кавказан юккъехь а, цуьнан малхбалехь а, кхоллаелла хилла онда бахаман-политикан яккъаш. Уьш ю: ширачу заманчохь «Сакасена» олуш хилла, шена чуйогIуш кхо кIошта йолу, «Аракс» хица кхоллабелла онда мохк. Цу юкъа йогIуш хилла ю «Нахича-Ван», «Арцах», йа «Арца-хи», цу «Сакасена» мехкан юкъ хилла «Шюни» а. И яккъаш кхиийнарш, «нах-маттан» юкъара адам хилла. Иштта, «нах-урартхой» бехаш хилла ю, цу «Севан» (ш.ист. «Суниа-ван» ) Iоманна гонахьа йолу кIошташ а, йоллу «Араратан атагIе» (кхузаманан «Арменин атагIа») а. «Эраш» беха «Эрети» («Ари-тIе») а, кхоллалура болу «Кахетин» мохк а, «нах-урартхойн» орамах долчу адамин, дахаран кIошта хилла ю цхьана хенахь.
«Ширакавказхойн» орамах долу тайпанаш, кхоччуш къаьстина мур лара мегара бу, ширачу оьмаран, I-ра эзар шаран чеккхе. И тайпанаш, халкъаш шайн дахаран вастехь къастаме аматаш долуш хиллехь а, «симитин», «индоевропейцин» Iаткъамна дуьхьала латточу къийсамехь, даима бартахой болуш даьхна ду.
            «Ширакавказхойн» расан ораман генаш долу и шира этнотобанаш, кхузаманан ваьрраш, халкъаш, церан меттанаш, аларш, лераш кхоллалура долу баххаш ду. Юкъараллин зIенашца, бахамин кхиаршца, культураца, маттаца гергарло долу тайпанаш цкъа хьалха тукхамаш кхуллуш вовшаха а кхетий, тIаккха, керла халкъаш кхуллуш хилла ТIехьарачу Кавказехь. Уьш ду: «Колхидан» (кулхаш), «Гаргаран» («гарга-гар», «гергара»), «Кахетин» («Ка-хи-тIе»; ист. «Кихуни»; гIазкх. маьIна, «удача-река-над» /-место/; «Над рекой удачи»), «Картлин» («Картали», «Корта-эли», «Голова-князья», «главные князья» - прагуьржий), «Шира Ал-Банан», йа «Ал-В/Б/анан» меттанаш а, халкъаш а, мехкаш а.
             Цу «Шира Ал-В/Б/анан» («Ал-Бан» «Албании», «персаша», цу махках «Аран» олуш хилла) махкахь дехаш хилла 26 тайп, шайна юкъахь долуш «нах», «нахин», «дегIастанан», «гIажарийн» орамах кхузамано дIатоьхна долу ваьрраш а, халкъаш а. Уьш хилла «андакаш» («андиа», «Ан-дай-Iа»), «гаргараш» (гергара), «гелаш», «дидураш», «кисташ» (къистинарш), «каспиш», «легаш» (лекаш), «содаш» (садай, «со-да»), «силваш», «удинаш» (утти), и.кх.дIа а. Царна юкъахь хилла, ладаме «нах» тайпанаш ду: «гаргараш», «содаш», «кисташ». «Шира Ал-Ванан» тайпанашна юкъахь, хьалхе йолу хилла халкъ, «гаргараш» бу. Уьш, изза «ал-банаш» (Ал-бан, ал-мохк) бу, «Ван» дош, «Бан» дашца хийцар бен, кхин башхалла йоцуш. ТIаьхьо, нах-этнос цу албанхойн юкъараллех дIакъастиначул тIаьхьа, цу нана-этносин хилла шира историн декъахь шайн халкъ (тIедеъна) хилийта, олалле деъначу къоман Iилманчаша, шайна томехьа йолчу цIерашца хийцина цу цIерах дукхаха ерш. И тайпа болх бинарш ду азербайджанан, эрмалойн, гIазакхийн, жуьгтийн, хIирийн, доцца аьлча, Кавказан автохтонаш хилла доцу халкъаш.
            Иштта, цу махкана малхбалехьа а, къилбехьа а кхоллалура ду «каспи-удин», «манан», «прасамарран» меттанаш а, халкъаш а. И «хурритех» долу «мана» халкъ а, цхьаболучу Iилманчаша лоруш ду «урартхойх» къаьстина га. «Наирахошна» уллера, «гуттин» халкъ лоруш хиларна, цу шина халкъана юккъера халкъ лара мегара ду и «манаш» а.
            Урарту пачхьалкх йохале а, йоьхначул тIаьхьа а, цуьнан халкъо кхиийначу культура тIехь, кхуьара ду «Мидин» а, «Атропатенан» махкара, ламаройн маттаца доьзна аларш. Аса дуьйцург дац ша «мидийцин», «атропатенойн» тайпанаш а, йа церан мотт а. Аса юьйцурш ю, цаьрца, юкъара дахар долу «ширакавказхойн» орамах йолу «прааланан» тIаьхьиенаш.
            Цу «Шира Ал-Ванан» («Ал-Бан») малхбузехьа а, цуьнан дазонца а, дехаш хилла: «гаргараш», «глигваш», «санаараш» («Са-На-ари», гIазкх. маьIна «Душа+Проматерь+равнина», «Са-На-аре»; «санаара», изза «хона», «хоной»; Iарб., «цанары»), «Кавказан троглодиташ» (хьехаш чохь бехарш), «хамекиташ» (хамхита – «ха-ма-хи-тIе»), «двалиш» («Да-ва-али», гIазкх., «У ущелья, есть владелец»), «тускаш» (нах-тушинаш) олу «нах-ораман» тайпанаш. И паччахьалла долу мехкаш кхолладелла меттиган бух буьйзина бу, сиз хьокхуш, лахахь билгалдаьхначу этнохалкъашца:  
            «Ал-Банан халкъ» кхоьллинарш бу, Кавказан малхбале дIабахна болу, Атропатенан латта тIера «хурри-нах-урартуой» («албанаш», «андакаш», «айнианаш», «гаргараш», «садош», «кисташ», «санаараш», «Эри», и.кх.дIа) а, бухахь баьхна болу «малхбалера къилбседакавказхой» («утти», «каспи», и.кх.дIа) а. Иштта, тIаьхьо, ахэзар шо даьлча, цу халкъана Iаткъам бен болу «гIажарий» а.
            «Гуьржийн халкъан акъари» кхоьллина этнически бух буьйзина бу, «нах-хурриташца», «гIажарийн» тайпанашца а, мелла а «хатташца» («ха-тIе»; гIазкх. маьIна, «стража на /горе/возвышенности»), греко-римашца, симитин элементаца а.
«Эрмалойн халкъ» - «индоевропейцин» («муска», йа «мушка» халкъах долу фракин пхи тайп) хьалхе а йолуш, «хеттин», «симитин», «грекин», «гIажарин», мелла а «нах-урартхойн» (хана-гаргаран-нахараран) тайпанаша цIий доьттина, тIедеъначарех долу чIаьнкъа къам ду. Цуьнан адам даьхна мехкаш а, кхузаманан Армени кхача цара биначу некъан раж а ю: [«Фраки (Балканан ахгIайре) - Мелитена (Анатоли-Алзи) - Арме-Шуприа (Шубуари) - «Араратан акъари» (Урартуон латта) - «Жима Кавказ» (ТIехьара Кавказ)].
            И лакхахь хьахийна кхо халкъ (ал-банаш, гуьржий, эрмалой) кхуллуш дакъалаьцнарг ду «Гаргаран халкъ». Иза, шен хьостехь, цIена «нах» ваьррин орам болу, юкъаралла хилла. Цу халкъо «эрмалойн» а, «гуьржийн» а халкъаш кхуллуш мелла а дакъа лаьцнехь, «Шира Ал-Ван» олу пачхьалла кхуллуш, онда жигаралла гайтиначух тера ду цу халкъо, цу хьостехь коьртаниг а долуш. «Ал-банойн мотт» а, йоза а «гаргаран меттан» бух болуш хилла ду, дуьххьара деъначу ахэзар шарахь. Цу «нах-тайпанашна» юкъахь, историна девзуш ду «Нахарары» («Нах-арара», -арарнаш») олуш хилла ваьрраш. Уьш хилла, онда, элин цIийнах долу олаллин тайпанаш, цара кхоьллина кхерчаш. Керлачу оьмаран 8-гIа бIешераш тIекхаччалца бехара бу цу махкахь и элин кхерчаш шайн гIепаш а, эскарш а, шен арахоьцуш «нахч», «нахарташ» олу ахча а долуш. И элий, «нах» тайпанан тIаьхьиенаш хиллачух тера бу. ХIунда аьлча, цу «эрмалоша» шайн шира тешаллашца а бакъдарна, 7-гIачу бIешарахь, Арменехь дехаш «нахчаматянин» тайпанаш хилар, церан провинцех «наханга» («нах-Iан-агIо») а олуш.
            «Къилбседакавказхой мотт» бекъало, кхаа этнодоьзалан декъашка: «малхбузекавказхойн мотт», «юкъаметтера кавказхойн мотт», «малхбалекавказхойн мотт». Хьалха хьахийначу меттан дакъа «хаттан» орамах делахь, шолгIа дакъа нах-этносан орам болуш ду. КхозлагIа декъан орам кхоьллинарш, «Кура-Аракс культуран» юккъера цхьацца долу, нах-орамах доцу тайпанаш, «Каспи хIордан» йистошца даьхна, даьхнелелорхойн тайпанаш хилла ду. «Малхбалекавказхошна» юкъадогIуш долу «Iаьндийн» халкъ, алсама нах-орам болчу ваьррашца хьакхадаларш долуш, шираллера дуьйна даьхначух тера ду, суьйлишка диллича, вайна уллера а долуш. Цкъацца, шайн аматаш тидаме эцча, «нахчий бу» ала а таралуш бу уьш тахана.
Совета Iедалан Iилманчаша харцахьадаккхар деш, «Iаьндин-жIайхойн мотт» аьлла уьш вовшахатоьхнехь а, и ши мотт кхетар доцуш, цхьана ца догIуш меттанаш ду. Шира заманчохь, ТIехьарачу Кавказехь болчу «Каспийн хIордан» йистонашца даьхна ду, «андаки» («андиа», «Ан-дай-Iа») олуш хилла и халкъ, ДегIастанне качале. Вайна хаьа дезаш ду, и «Iаьндой», шира заманчохь (Урарту паччахьалла кхолладалале хьалха а), даима нах-ваьррин лулахой хилар, Мана махкаца доза а долуш. И «андиакаш» «хурритех» хилла бацахь, шеко а йоцуш, «гаргаран» тайпанашца лачхьакхадаларш долуш хила тарало уьш. Иза вайга меттахIотталахь, и «Iаьндий», дегIастанан ваьрраш юкъахь, уггаре а уллера генетикан гергарло «нахчашца» долуш уьш хилар, чIагIдан йиш ю вайн.
            Ширачу оьмаран 13-гIа бIешераш тIера дIайолчу заманчохь, зазадоккхуш кхиа йолаелла «Колхидан культура». Ширачу оьмаран, 7-гIа бIешаре кхаччалца яхна йолу и культура кхиана мохк бу, таханелера Малхбузенан Гуьржеха. Цу заманчохь, «гуьржийн» халкъ кхоччуш кхолладалаза а долуш, цигахь баьхна «колхаш» (кулхи) «майкопан культуро» кхоьллина а, шеко йоцуш «кура-араксан культуро» Iаткъам бина а, «хурритин» цIий алсама долу «нах-тайпанаш» хилла, цу махкахь дехаш дерш. Цу культуран аматаш долуш «ширакобанан культура» хиларна, кху тIаьххьарачу хенахь, Iилманчаша и ши культура вовшахатухуш, «колха-кобанан культура» аьлла чIагIдеш ду. Ткъа «ширакобанхой», «нах-орам» болу тайпанаш ду, «Даръялан чIажахь» кхиана ду ала там болучех.
            Тахана вайна евзу Гуьржийн чоьнах а, цуьнан къоман дакъойх лаьцна дийцале, вай билгалдан деза и «гуьржийн» халкъ, ширачу оьмаран кхо бIешерашна юкъахь, «нах-этносан» бух тIехь кхолладелла хилар. Ша Гуьржийн чоь, истори-географин бархI декъах лаьтташ ю. «Абхази», «Мегрели», «Свано-Двалети» (цу юкъахь кхузаманан «Къилб ХIирийн чоь» а йолуш), «Хева-Тушети» (цу юкъахь «Пшава-Хевсурети» а йолуш) олу и этнически мехкаш, «Йоккхачу Кавказан» ломан дехачу дукъаца Iоьхкуш ду. Иштта цу юкъахь, Турцица доза долуш йолу къилбехьара «Месхети» а лерича, вуьш долу пхи дакъа («Аджари», «Гури», «Джавахети», «Имерети», «Картли»,) тахана, «цIеначу гуьржийн ду» ала мегара долу, мехкаш ду уьш. Лакхахь хьахийна «Сванети», «Давлети», «Хевасурети», «Тушети», «Кахети» шеко а йоцуш, «дурдзука» («дур-д-зу-ка»; гIазкх. маьIна, «владелец башни – знающий, удачный») олу халкъ юкъадоьдучу «кура-аракс меттан» доьзалан дакъош а, «нах-тайпанах» хилла а ду шайн хьостехь. Вайна хаа дезаш цхьаъ ду, лахарчу къепо гойту иссалгIа (№9) кийсак, хилла хилар нах-ораман этнотобано кхоьллина, кхиийна, церан долахь хилла, амма цаьргара гена йоцчу хенахь дIабаьккхина мохк хилар. Иштта, цу тIехь вайна гуш долу дазонаш а дац нийса, шираллехь ма-хиллара. Кхузаманан «6», «6а», ах «4», «9», «2» кIошташ (Кура хин гечоне, ТIехьаракавказан юккъера мохк кхаччалца а болуш), нах-тайпанаша онда дакъалаьцначарех ю, историн дохаллехь шайн кхиарца.
            Вуьш долу «картвела-иберин матта» юкъара халкъаш («мегрелаш», «занаш», «зугдидо-самурзакаш», «чанаш», «сенакаш») дикка теллина, сайна девзаш ца хиларна, цкъачунна Iора ца дохуш дуьту аса. Цхьаъ ду, шеко хила йиш а йоцуш дерг, иза, Малхбалера Гуьржийчоьно кхиийна халкъан дакъош шайн хьостехь (ш.оь. 4-2 бIешераш) нах-орам болуш, цу тIехь кхолладелла халкъаш хилар. Цара бийцина мотт, «нах-урартхойн» хилар чIагIдан таро йолуш хира ду вай, вайн шира мотт вай меттахIоттабахь. Малхбузехьара «ча-нах» (дукхаха, уьш хIордахой бу) шеко а йоцуш, шайн хьостехь, нах-ораман тайпанаш хилла.
            «Картлин дийцаро» юьйцучу цу историн юьхьигехь, «протогуьржийн» хилла мохк бу, таханалера «Лакхара», «Лахара Картли» а, «Кахети» (къилбседе йоцуш) а, «Джавахи» а, кхузаманан Азербайджанехь долу «Шамхорчай» олу хи тIекхаччалца болу, «Кура» хина къилбехьа Iуьллу мохк а. Цу заманчохь, таханалера «Имеретин», «Месхетин» мехкаша хадийначу дозанца, цуьнан малхбузехьа хилла ю, «Колхидан пачхьалкх». ЦIена «хурритин», «нах-урартхойн» тайпанаша кхоьллина хилла и пачхьалкх, ш.оь. 1-ра бIешаран чеккхенехь бен, шен этносостав хийцаелла а йоцуш.
            Александр Македонскин оьмарехь цу махкахь дехаш хилларг ду, шеко а йоцуш «халда-хонан» халкъ. «Нах» орамах болу, «гаргараш» коьртехь болчу, «барта» юкъадогIуш хилла а бу и «халда-хонаш». Вуьш долу, историно билгалдаьхна тайпанаш, бахаман аматаша техкина цIераш йолуш хиллачух тера ду.
            Вайна хаа дезаш дерг ду, и «гуьржийн» халкъ, дуьххьара, шина халкъан доьзало кхоьллина хилар. Шира яздина тешаллаш, меттан Iилман агIо ларош зерца хьесап дича, билгалдаьлларг ду, «гуьржийн (иберин) мотт» кхуллуш дакъа лаьцнарг, лакхахь ма-хьаххора, боккхачу шина доьзалан меттанаш хилар. Ондачарех долу царех цхьаъ, бухахь даьхначу «ширакавказхойн» орамах долу, «нах-тайпа» хилар. ШолгIаниг, «индоевропейцин» маттаца мелла а гергарло долу, Мидин махкара тIедеана, олаллехь хиллачу халкъан дакъа хилар а. И «гуьржийн мотт» кхуллуш, бух хилла лаьттинарг бу, цу меттигера автохтонан халкъан мотт, вуьшта аьлча, «халда-хонан мотт». Уьш иштта бевзаш бу, «хиониты» олу цIарца а.
«Ширагрекин» историк волчу Страбонас а билгалдина ду, цуьнан хенахь цу «Иберехь» ехаш, этнически къаьсташ йолу ши тоба хилар. «Мокцевай Картлисай» олучу хенан хаамаша (хроника) дийцарехь а, бухахь даьхна автохтонан дакъа, «бIахалалла йолу хонаш» хилар билгалдолу вайна Юккъерачу Кавказехь дехаш а долуш.
            И «хонаш», цхьаа шеко йоцуш, «кобанан культура» кхоьллиначу «нах-тайпанах» хилла бу. Ткъа церан шира бух аьхкича, вайна иштта билгалдолу, и «хонаш» «колхидан культура» кхоьллиначу халкъах долу ваьр, дакъа хилар а. ХIунда аьлча, цхьана хенахь, шайна тIегIартачу хийра орам болчу халкъах дIа ца эрхьама, «Чорох» (Чхьора-хи) хин коьртера, «Триалет ломан» дукъаца къилбседехьа таьIаш, «мосхашна» (санаарашна) тIе а доьссина (ш.оь.VII-гIа бIешо), цул тIаьхьа, къилбседа-малхбале гIоьртиначух тера бу и «хонаш», «Кура» хин юккъерачу меттигехь баха ховшуш. Цу тайпанах долчу цхьана декъано, «Даръялан чIажехула» кхин дIа а некъ биначух тера а ду, Къилбседа Кавказехь кхуьачу «кобанан культура» юкъахь дакъалаца. Иза мухха хиллехь а, Нахчийчуьра «чIаьнта-органан чIажахь» яхна ю цу «хонан юкъаралла» а.

           4-гIа жамI: Кхузаманан империн заказашца, йа готтаIалашо йолчу къаьмнин Iилманчаша хIоттийна концепцеш, схемаш дIатотту аса. КIезга делахь а, баккъалла, бакъдерг ду ала томехь долучунна тIетийжаш, кхоьллина ю хIара, «Меттан декъадалар» аьлла «ширакавказхойн» расан кеп. Кху тIехь хьахоза, йа деллаза диснарг толлуш, и чIагIдар тIаьхьиене кховдо Iалашо йолуш, некъан лар ю аса Iораяккхинарг а, царна куьйгалла дан аттонна билгалйаьккхинарг а.
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@

Цхьанаделан дин а, текъам-динан (язычество) къеп а.
            Ширачу заманчохь хилла мифаш а, «дели бу» бохуш, цIуйн цIерашца кегийна гIурт а, тIаьхьо лелла дукхаделин, текъам-дин (язычество) а, хьуна довзийта лаам бу сан. Цкъа хьалха, суна кхолла лаьа цIуйн хилла юкъаметтигаш, церан гергарлонаш билгалдоху кеп а, довзийта лаьа дахаран раж Iорайоккху тешаллаш а. Цунах дерг вай билгал ца даьккхича, йа дийцаре ца диллича, хьуна, сан дешархо хала хира ду кхета, текъам-динан чолхечу къепах. Хьесап дан атта хилийта, хьан тидаме юьллу аса, кху агIонна лахахь гойтура йолу, кхо-йиъ кеп (кепаш №3, №4, №5, №6).
            Вайна ма-хаъарра, адаман дахаран исторехь хьалхара зуьретан а, паччахьаллалин а кхерч кхоллало Хьалхарачу Азира, хьекъар долу Тигр (Аренцахи), Евфрат (Буоранун) хин атагIашкахь. Цу атагIашкахь кхолладелла халкъ, нийса хира ду: цу атагIашкахь даха хиъна ламанхой хилла адамаш, дуьххьаралера юкъараллин адамел а кхетам, Iадат, ламаст лекха, кхиаме долуш хилла аьлча. Церан тешар а, динан къепе дерзош юкъ кхуллий, цхьаъ бен воцчу Далла хастам беш хилла. Цу Делан цара йоккху цIе хилла, историно вайна йовзийтина цIе – «Алалуо», йа «Халалуо». ТIаьххьараниг, симитин орам болчу цузаманан адмаша, шайн аларе ерзийначух тера ду, хьалхара «хI» аз дIадоккхуш (охьадожош). Цу цIарна чубиллина кхетам шина дешдекъо кхоьллина хилла, «ХIал», гIазкхашха аьлча «вселенная» бохург ду. Ткъа «Элуо», йа «Эла» олу дашо гойту кхетам, гIазкхашха аьлча «владыка» бохург ду. Стигларчу Iаьршан да волчу Делан сийдеш, динан къепе кхуллучара, аьрда-цIенош деш хилла айъаеллачу меттигашкахь, исторехь «зикуррат» цIарца вайна девзуш долу. И аьрда-цIенош дечеран Iалашо хилла аьлла хета суна, цхьаъ бен воцчу цу Делана, мелла а, и адам гергагIорто а, Цуьнан дикане сатесначу адаман аьтто бан а. Цу гонахьа, паччахьалла кхолла Iалашо хиллачух тера ду, цу заманан мифин хьесапдича. Уьш хилла, цу Кавказан а, Загроссан а, Араратан лаьмнин бахархой – ламанхой а, «Шина хин юккъера» цу ламанхойх хилла атагIой а. И шеа (ламарой, атагIой), цу меттиган адам ду, «пракавказхойн» ораман шира ши га ларалуш долу.
            Дуьне кхолладаларца боьзна, цхьана «ХIал-Элана» хастам бечу цу адамин хьалхара кхетамо къобалдинарг а, уьш тешар дерг а хилла: дуьнекхоллар нисдинарг, юкъара, «МЭ» («МА») олу цхьа низам хилар. Цу низамо, юкъара гIуртах «дуьненан хIорд» кхоьллина. Цул тIаьхьа, цу хIорда чуьра гучабаьлла «Лам». И лам, цу хIорда тIехула хьалаайъабелла хих дIахедаш, кхуллуш «ХIаваъ». Цул тIаьхьа, Дала шен гIоьнчашца (билламе аьлча, «маликаш») кхуллу «дийна синош», шайна юкъахь коьртаниг адам а долуш. Цу тайпана ду и шира туьйра (миф).
            ХIинца вай, и агIо, кхузаманан Iилман маттаца Iорайоккхура ю: Космасан йозалла Iовдуш, кхолладелла латта а, кхин долу протоседарчий (планета) а. Уьш хила таралуш ду, шан хьесапехь хи, газ, иштта, кхин тайпана йолу гIорзаш. Хенан дохаллехь, царех кхоллало чIагIделла гIатташ. Тектоникан некъаца, и латтан гIатташ тIеттIатаьIначу меттехь, хин бухара айъало, шайх хуьлуш лаьмнаш, иштта цхьацца йолу тIепангаш а. Хичохь кхолладелла са долу хIуманех цхьаерш, латта тIехь йисна, эволюцин некъаца лаьттан хьал тIеоьцуш. Иштта кхолладелла боху Iилманчаша, синойн дахар а, Iалам а, климат а. Цу синош юкъахь, эволюцин некъаца кхоллавелла боху хьалхара стаг. «Беран» хьесапехь хиллачу цу адамах, хенан йохаллица, кхоччуш кхиъна ваьлла кхузаманан стаг хилла цара дийцарехь. Иза, кхузаманан философи ю.
            Кху тIаьхьарчу муьрехь «диалектан материализм» юьтуш, динан беша кхийдар совдаьлла цу философин. Политикца боьзна адаман кхетам Iехо безачохь, цу Делаца доьзначуьнца ловзарш леладан а бевлла, «дуьненан юкъаметтигаш кхуллу инженераш» а (гIазкх. маьIна, «инженеры мироустройства»).
            Ширачу заманчохь, дуьнекхолларца боьзна и тайпа кхетам а, философи а йолу, Хьалхарачу Азира вайн шира прадайша, тIаьххьара а, мелла а цу нийса хиллачунна тIерабовлуш, хьерадаьлларг дийца долийна. Шайна бевзуш боцчу, цхьацца Iаламан хиламашна цIераш а тохкуш, цу хиламан цIарах «дели», вуьшта аьлча, «цIуй» кхуллу, шайн галабаьккхиначу кхетамехь цара.
            Иза муха нисделла? ХIун бахьана хилла, церан дуьххьаралера, и нийса кхетам галабаккха кхолладелларг? Сан шеко яц, нацкъарчу меттехь кхоллабелла, йа кхоьллина хийрачеран кхетам иза хилар. Вайна хаьа, ницкъ боцчуьнан герз, питана дуйла. Питано, шеко кхуллу. И кхоллаелча, мел чIогIа иза хиларх, дукха хьолахь барт буху. Барт боьхна меттиг, дакъошка екъало. Ишттачу меттехь, хIилланца дегIалла веъна нацкъараниг хира ву, маслаIатан да а, кхелахо а, тIаьххьаре а, цу хьогIе йирзиначу шина агIонна тIехь олалла ден дерг а.
            Цу тайпа болчу некъаца, галабаьккхина хилла нухьал-адаман кхетам а. И галабаьккхинарш хилла, Африкан контенента тIера схьаоьху, хIордаца махлелош болу «африо-симитан расан» векалш. Иштта, тIаьхьо, цхьа эзар шо даьлча, аренца лелар долу «индоевропейцин расан» тайпанаш а, цу махка гIерта доладелла къилбседа-малхбалехьара. Цу шина расана оьшуш хилла, махбан керла мехкаш (рынок, полисаш) а, даьхни дажон аренаш а. И шеа раса, хьогIалла йоцуш тIеоьцуш хилла бухахь бехачу автохтонаша.
            Вайна хаьа, IV-гIа эзар шаран чеккхенехь а, III-эзар шаран юьхьигехь а, хинкеманаш, бурамаш хиллий, масех тонн тIера, бIенаш тоннаш кира ойъу гIирсаш болуш. Амма, кхиаме болуш махбан, оьшуш ю къуьйсила. Цара, иза а кхоьллина. Муха? Царна, атта некъ карийна. Цкъа цхьаъ хилла, машаре яхна Месопотамин юкъаралла, екъна цара хIуманан, синкхетаман тIегIанехь кескаш еш. «Пунт» олу мохк а, «Дильмун» олу гIайре хьестош, цара, адаман кхетаме кегаре буьллу. Цхьатерра, цара нухьалшна марзйо, Iаьршехь Iачу Далла накъосталлина, латта тIехь адамо шайн урхалла кхоллар. «ХIал-Эла» (ист. Алалу) къобалвеш хиллачу Нухьан халкъо (нухьалш) тIеоьцу «стигланан паччахьалла», «лаьттан паччахьалла» олу, церан, питане бух кхуллура болу ойла. Зайл-йозанехь карийна тешаллаш бакъхилар гойтуш ду АллахIан дош а.
Цо боху: «Хьýна ца хиъна, баккъалла а АллахI, стигланашин а, лаьттан а паччахьалла /óлалла/ Цуьнан дуй? Шун /ма/ вац АллахI вóцург вéрас /Iуналчá/, вац гIоьнчá» (2-гIа Сýрат Альбакъара /Етт/, 107-гIа аят).
И ши кхетам, адамо бекъна хилар гойтуш, тешалла ду иза. Цу галабаьккхиначу кхетам тIехь кхоллало дукхаделин дин, кхуллуш цу цхьаъ бен хилла воцчу Делан накъост. Историно вуьцу и «Алалуо» (ХIал-Элуо), боккхачу хиламна бен юкъа ца гIуртуш, Iаьршенна Iуналла дийриг а вой (вуьшта аьлча виц а вой), цу шина паччахьаллина, шиъ дела кхуллу цара цкъа хьалха: «Стигланан дела – «Ана» , «лаьттан дела – «Ки» олий. Кхоччуш цу шинца боьзна кхетам чIагIбелча, цара кхуллу симитин хIуо шеца долу цIуо - «ХIордан дела – «Энки», иштта церан гIоьнчий болу кегийра, меттиган цIуй а. Иза, тIаьхьо даьржара дерг ду.
            «Стигланаш кхьоьллина Цо гIортолаш а йоцуш шаьш шуна гуш, лаьттах лекха лаьмнаш а доьгIна Цо и шуна /кIелахь/ меттахцахьейта. Массо а куьцара дийнаташ а даржийна Цо цу тIехь. Оха Стиглара /догIун/ хи а доссийна, массо а хазчу кепара ораматаш а довлийтина Оха цу тIехь» (31-гIа Сурат Лукъман,10-гIа аят).
            «Цо кхоьллина шу цхьана синах /Адамах/, цул тIахьа цуьнах йина Цо цуьнан кепарниг /Хьава/. Доссийна Цо шуна хьайбанашха /сте-боьрша даьхнех/ бархI* кепара, Ша шу кхуллуш шун нанойн кийранашкахь ражехь /хи, улх-детта цIи, жижиг цуьрг/ кхолларца, /кийрарчу/ кха /гай, кийра, беран-цIа/ боданехь. Иза АллахI ву шун Дела, Цунна ду паччахьалла /олалла/, /кхин цхьа а/ дела вац Иза бен /Иза воцург/» (39-гIа Сурат Аззумар /ЖIуганаш, тобанаш/, 6-гIа аят).
(Даьхне*: бежанаш, гомаш, уьстагIий, гезарий, говраш, эмкалш, зIокардаьхне, накхармозий).
            «Цо кхоьллина шу цхьана синах /Адамах/, цул тIахьа цуьнах йина Цо цуьнан кепарниг /Хьава/…» (39-гIа сурат, «Аззумар» /ЖIуганаш, тобанаш/, 6-гIа аят).
            «ХIай адмаш! Кхéра шайн Дéлах, Шá шу цхьана /Áдаман/ дéгIах кхоьллинчу, цунах /цуьнан пIенданах/ цуьнан зуда /Хьава/ кхоьллинчу, цаьршиннах дуккхá бóжарий а, зударий а /кхоьллина уьш дуьнé мел ду/ бáржийначу. …» (4-гIа сурат, «Аннисáъ» /Зударий/, 1-ра аят).
            «/хьалха/ Адамаш ца хилла цхьа /дин долу/ уммат бен, /цул тIаьхьа/ декъаделира уьш /динехь/» (14 -гIа сурат, «ИбрахIийм», 19-гIа аят).
            «/Делора/ Бакъдолуш, Оха лерам бина Адаман кIентийн, Оха лелийна уьш лаьтта тIехь а, хIорд чохь а /царна пайденна/, Оха рицкъа делла царна цIенчарех, Оха толийна уьш толорах а Тхаьш кхоьллинчарех дукхачарна тIехь» (17-гIа Сурат Альисраъ /Дехьаваккхар/, 70-гIа аят).
            Цу вай далийначу аяташа гойту, цу ширачу заманан коьрта васташ.
Адам, Хьава, церан тIаьхьие йоцург, цу АллахIа царел хьалха кхоьллина хилла дийна синош. Иза бакъдо кху аяташа: «Адам кхоьллина Цо бекъачу боькучу поппарха, /ша цIер тIехь еттина/ кхийра пхьегIа санна»; «Иштта жинн а кхоьллина Цо /вовшех/ ийначу /цIенчу/ цIерах» (55-гIа Сурат Аррахьман /Къинхетамениг/, 14; 15-гIа аяташ). Джабраил-малик коьртехь долу маликаш а, Иблис шайн да волу жинаш а. И жинаш Адам коллале дикка хьалха дуьйна хилла ду. Уьш тера дац адамех а, маликех а. Делахь а, адамо санна ойла йо цара, вон дика къастало цаьрга, шайн тIаьхьие а кхиайо цара адамо санна. Цул совнаха, Адам кхоллале хьалха рицкъана лерина даьхне а, экхий а, кхин долу синош а кхоьллина Дала. Иштта, Цо кхоьллина бес-бесара ораматаш а. Цу жиннин аматаш, васташ, адамца хилла юкъаметтигаш, йийца охла вац со, амма сан кхетамо, хьесапо къобалдеш ду, дуьххьара, Делах накъост тохарца доьзна бахьана, цу жиннаш тIера доладелла аьлла. Иза, Иблисан болх бу. Цунна дика евзу адамин гIийла агIонаш. Цуьнан тешнабехко, хIиллано адаман лаамаш, шена (Иблисана) оьшучу хорша берзабо хаарца. Цуьнан коьрта Iалашо хилла Адаме, Хьавага, Дала царна дихкинарг дайтар. Цо цаьрга дуьхьала, «стом баа» ца олуш, церан лере даима шабар-шибар деш, дегнашка сингаттаме ойланаш кхуллу, бохуш: «…Шу шиъ Дáла духатоьхна /ма/ дац хIокху диттах, шу шиъ малик ца хилийтá а, йа шу шиъ /хIокху ялсаманехь/ гуттар дéхачáрех ца хилийтá а бен» (7-гIа Сурат АльаIрáф /Óганаш/, 20-гIа аят). Цо цу диттах лоций дечу шабар-шибаро, тIаьххьаре а цу шиннан ойлана марздо и стом кхалла. Адамаш там болуш ду дицдалар, гIалата довлар. Амма, Адамера и тайпа ледарло яларан бахьана хилла, цкъаа цул хьалха, Иблисо иза левина ца хилар а, цуьнан хIумалгашна иза кийча ца хилар а. Цул совнаха, цу хIумалгех ларавала Iемина а ца халла иза. Цундела, АллахIа боху: «Iехадаларчу дóжийра цó и шиъ. …» (7-гIа Сурат АльаIрáф /Óганаш/, 22-гIа аят).
Делан лаамца, иштта зер девзина Адамна, зеделларг хууш а хилла иза. Ялсамане чуьра араволачу муьрехь, латта тIехь ваха, пайхамар хила, Иблисах ларавала, латтана Iуналла дан кийча хилла ша Адам а, цуьнан доьзал а, иштта, церан тIаьхьиенаш а. Делан низамаца деха адам, деба долало, латта тIехь дахар кхиош.
Адам кхелхиначул тIаьхьа а, Иблис, шен болх сацийна бац. Ша АллахIана делла дош: «Цо /Иблиса/ элира: «Хьан вазаллора, ас уьш /тилонне а/ тилор /Iехор, лебийр/ ма бу – берриге»; «Хьан цIена лайш боцурш» (38-гIа Сурат «Сод», 82; 83-гIа аяташ) кхачушдо цо, Адаман тIаьхьиенаш а, халкъаш а галадохуш.
            Цу кепара нисделла, Нухьан халкъаца доьзнарг а. Иблисо, ша деш долу зулам, шен куьйга деш дац. Цуьнан коьрта герз, хаза, мерза, амма шолхе йолу мотт бу. Цу маттаца, адаме, халкъе шегга дойту цо ша-шена зулам. «Цó /иблийсо/ элира: «Ахь со ма-тилорра, со цáрна кIéлонна хуур ма ду Хьан нийсачу новкъа»; «ТIаккха со дóгIур ду царна /уьш галбáха/ цéран хьалхéнашкахулá а, цéран тIéхьéнашкахулá а, цéран аьтту áгIóнашкахулá а, цéран аьрру áгIóнашкахулá а. Хьýна карор /ма/ бац цáрех дукхах берш /Хьайна/ баркаллé» (7-гIа Сурат АльаIрáф /Óганаш/, 16; 17-гIа аяташ).
Цхьана Далла (ХIал-Эла) Iибадат деш хиллачу нухьал халкъе, цо кховдабо галабаьлла кхетам - ойла. И кхетам (ойла) нухьалшка кховдо, цунна карийна африо-симитин расах долу, Африкан халкъан дакъа, цу хенахь хIордаца махлелорхой хилла болу.
            Архиологин схьаделларш, сацкъаран экъанаш тIера мифаш, кхин долу яздина тешаллаш ду, пхи-ялх эзар шо хьалха хилларг, Iорадаккха аьтто вайна беш дерг. И тешаллаш луьттуш хьесап дича, гучадолу, дуьххьара «Шина хин юккъера» дахар дIадоьдуш хилар бертахь а, къинхьегамехь а. Шумаран вариант йолчу мифо, вай дIадуьгу цу хене:
Цу ширахенахь лаьхьарчий дацара,
Сту лоцу гезгаш а яцара,
ЧагIалкхаш яцара, лоьмаш а дацара,
ЖIаьлеш, берзалой яцара,
Кхерамаш, Iадо хIуманаш дацара,
Адамашна юкъахь барт бацарш дацара …

Доцца аьлча, ялсаманинан гергахь ю ала томехь йолчу цу хенахь, «…йоллу «ХIал» (Iаьрше) а, доллу Хьалхарчу Азира адам а, цхьана маттахь, шайн цхьана Делана хастам беш хилла».

            «Ширакавказхойн» нана-маттан юккъера «нухьалан», «элламойн», тIаьхьо «шумаройн» адамо, цу вайн шира прадайша кхуллуш хилла коьчалан, юьртабахаман хайр, тIехкъинхьегам болуш хилла. Цу заманчохь, ширачу оьмаран IV-гIа эзар шераш чекхдовлачу муьрехь, Африкан континента тIера баьхкиначу хIордан махлелорхоша, «Дильмун» (кхузаманан Бахрейн) олучу гIайре тIехь, махбарца йоьзна туп кхуллу. Цигара дIа Iаткъам беш кхолла, шайн лаамаш кхочушбен йолу яккъаш «Шина хин юкъахь» а, Индихь а – махбаран фактореш. Дуьххьара и гIайре, хайр чудуьллу туьпаш йолуш хилла, цу мехкашка дехьадаккха дезачу хьолан.
            Цу схьаоьхачу адамаша, цу махкахь доцу хайр деъна ца Iаш, керла ойланаш (идея) кхоьхьуш а хилла цу махка. Махбарца, хайран аьттонашца хIилла а лелош, хетарехь цара, дуьххьара шайн махбаран яккъаш (полис, фактори) кхоьллина хIордан йистошкахь. Цул тIаьхьа, таме ойланаш, туьйранаш, мифаш юьйцуш, ялсаманех тера долчу «Дильмунан», «Меллухан», «Пунтан» мехкех лаьцна, нехан ойланашка кегари боьллиначух тера ду цара. Иза иштта хилар магош ду мифан цIарах, Энких а, Нинкурсагах лаьцна, долу дийцар «…тIаккха Энкис буьйр дира Утуга /«маьлхан дела»/ стиглара лаьтта воьссина, хоршаш чу теза хи лалла» аьлла. ГIунаш чохь дуьра хилла хи, мерза хилира. Дильмунан /Бахрейн/ гIала хилира хинйистах. Туркиш махко цига даийтира дашо а, сирла сийна бос болу мужтIулг (лазурит) а, Меллуха махко – мехала беза тIулг /сердолик/, Марахши махкара – лаьмнин цIена мокхаз, Маган махкара (Оман) – чIогIа ез, Эллам махкара – буткъа тIаргIа, Езачу гIалара Ур – ялта, даьтта, уггаре а гIолехьа долу кIадий». Цу туьйрано юьйцурш хила еза, дуьххьара «нухьалан» махкахь африо-симиташа кхоьллина махбаран яккъаш - полисаш. Цу Дильмуне хьош хилла хайрах лаьцнарг, хила деза цу тешалло гойтург.

            Нухьалан халкъ дехачу муьрехь, Адам пайхамар хилла вац цу адамашна юкъахь. Цуьнан Iуналла шайна тIехь доцчу тIаьхьиенаша, Делан низам («Мэ», йа «Ма») ларор а, шогадерзийначух тера ду. Iаьршехь веха «ХIал-Эла» (ист.Алалуо) гуш хилла вац адамна, амма, адамна хаалуш хиллачух тера бу Иблисан жиннин Iаткъам. Цу шира хенера суьрташ тидаме эцча, иза вайна дика го цхьацца церан аматашца – тIемаш, олхазаран кортош, кога пIелгаш адаман санна ца хилар, ишт.кх.дIа а.
            Дуьххьара, харц кхетам кховдабо Иблисо къастийначу халкъо (махлелорхойн декъо) нухьалшка, дуьнекоьллинарг Дела воцуш, и кхоллар нисделча санна, бух боцчу «Iапказан», «хин» кIоргенера (гIазкх. маьIна, «бездна»). Иза нислуш ду зудчо деш долу бер санна, амма и бер кхин ду. Ден оралла (гIазкх. маьIна, «сперма») девзуш ца хилла цу заманчохь, зудчо бер дарца доьзна зер хилар бен. Ораллин кочалла цара лоруш хилла, дуьххьаракхоьллина хи а, делин ницкъаца доьзна тIехдахар (сверхбытие) а, мелла а аттачу даьккхина, гергадалош зударшна чудиллиначу ма-дарра долчу хьоле. Иштта, дуьнеколларан хьалхе а, сте йолчу Намму дIало цара. Церан хьесапехь, Наммус до (кхуллу) стигал а латта а. Ан – стигал ю, Ки – латта ду. Ткъа «Анки», вовшахтохна латта а, стигал а ду. И шиъ вовшехкъастор а, кхолларалла ду. Амма стигал, вайна гуш йолу стигал яц церан кхетамехь, иза ду маликин, юьхьсинан дуьне, и дуьне а ду цу юьхьсинан ницкъано кхолларалла дина. Ткъа латта, иза ду хIуманан дуьне.
            Кхоллараллехь дакъа лоцуш бу «Энмешарра» (Эн-ме-/боьрша/с-арра), «Нинмешарра» (Нин-ме-/сте/с-арра) олу ши кхетам. Зайл-йозанан биллам нийса схьабиллинехь, «Энмешарра» бохург «массо а «МЕ-шна» олалла дийриг», йа «массо а даххаш тIехь Дела» бохург ду. Делахь а, сан хьесапо боху и ши цIе йоьзна хилла «боьрша», «сте» синошца, юьхьца.
Дала а боху: «И ву, Ша /сте-боьрша/ хих адам кхоьллинарг. Цо дина и /адам/ схьадалар долш а, захало долш а /сте-боьрша а/. Хьан Дела ницкъкхочуш ву /цу тIехь/» (25-гIа Сурат Алфуркъан /Къастор/, 54-гIа аят). «Баккъалла а Цо кхоьллина шина кепара - боьрша а, сте а»; «ТIадамах, иза /зудчун кийра/ ша Iаночу /буттучу/ хена» (53-гIа Сурат Аннажм /Седа/, 45; 46-гIа аяташ).
            Дела гуш ца хиларо а, Иблисана, адам тило аьтто хиларо а, и бахьана долуш Цуьнан низамаш харцтидаро а, «Абзу» боьрша юьхь а йолуш, Намму, йа Тиамат стен юьхь хилар тIеоьцу адаман кхетамо. Вуьшта аьлча, цхьаъ бен воцчу Делах накъост туху, кхетам кечбо Иблисан накъосташа. Нагахь санна, кхузаманчохь (кхузаманан истори евзиначул тIаьхьа) КъурIан доссийна хиллехьара, туьйранаш кхолла а таралора адамо. Амма, цхьа эзар диъ бIешо хьалха, адамна девзуш хилла дац 3,5-4 эзар шираллера дахар а, цу дахаро кхоьллина зайл-йоза а. Иштта, Iораевлла хилла яц, архиологин балхо схьадастар дина и йоза тIехь долу экъанаш а. Делахь а, и ширалла, цу шираллера йоза девзуш хилла доцчу, цу адаме АллахIа боху: «Жинаш АллáхIана дéкъахой дира цáра, Цó кхоьллина /долушнéхьа/ уьш. Шайггара /харцó/ кхоьллира цáра Цунна кIентий а, йоIарий а /бу Дéлан аьлла, шаьш óлучун чулацам/ хаъар /шаьш дуьйцучух кхéтар/ дóцуш. ЦIена ву Иза, лакхаваьлла /Иза цáра /Шéна/ хIоттóчу вастах» (6-гIа Сурат АльанIам /Хьайбанаш/, 100-гIа аят).
            ХIоьан сарсал (эмбрион) кхиарца Iилманчашна (Iилмана) Iораялла къайле, 1300 шо хьалха дуьйна КъурIано хьахийна ю, ненан кийрахь адам кхиаран раж хьахош. И тайпа карор ду, Жак ив Кустас шен зерца тIечIагIдина хIордаца доьзнарг а. Уьш дара, дахначу бIешаран бIаьрла цецдаларш (сенсаци). Кхин царелла кIезга башхалла йоцуш схьаделлар хета суна, кху лакхарчу аятца (6-гIа Сурат, 100-гIа аят) сайна Iорадаьлларг а. Сан кхетамо боху: ширачу оьмаран 3300-2950 шерашна юкъахь хилла кечбеллачу хиламна (хидестар), бух кхоьллиначу бахьанан юьхь ю, КъурIано вайна Iорайоккхург. Цу хенан муьрехь нисделла, дуьххьара, Делах накъост тухуш доладелла текъам-дин (язычество). И дин, нухьалшна довзийтинарг а, марздинарг а, и кочатеснарг а, африо-симитин хIордахой хилла – Иблисана накъостий хилларш.
            Лакхахь хьахийна, шумаройх «Абзу» олу, аккадайх «Апсу» олу, шумар-аккадан мифологехь, иза, лаьтта бухара теза хино кхоьллина «дуьненан Iапказ» бу, латтана гонахьа Iуьллуш болу. Ткъа Намму (Тиамат) ю, кхолларан гонахе, йа бер до кийра – На (гIазкх. маьIна, «Проматерь»). Цу шиннах, мифо дийцарехь хуьлу дукха цIу-делин тIаьхьиенаш. Уггар хьалха, церан хуьлу «Ан» (Ану) шайн дайх тера а волуш. Цуьнан сте ю, «Ки». Цара во кIант «Энки». И цIу юкъаваьлча, болало дуьнентIехь къовсам (нухьалан халкъ хIаллакдина бахьана). Туьйрано (миф) дуьйцу, и хьалхара кегийра цIу-дели дIасаидарх лаьцна, церан тIаьхьие юьззина цахилар, церан ледаралла. Тиаматас боху: «церан гIуллакхаш оьгIазе ду, церан гIуллакхаш кхачаме доцуш ду…». Делахь а, да-нана резахуьллу уьш лан, буззалца. И дIасхьаидар, церан жигаралла, качаме цахилар, Абзун эхьхетар совдоккхуш ду. ТIаьххьаре а цо сацам бо, и кхачаме доцчу кхоллараллашца дерг къасто. Историн тIегIанехь хьесапе и тешалла эцча, вайна гучадолу, африо-симитин ойла (низамехь доцу, гIурте дахар), церан питана (цхьаалла йохор), ширачу низаман гура (Ме) бохо, шаьш кхоьллина ойла, лаъмаза карарайолий, кхачаме доцу дуьне кхолладала долало. ТIом, революци, кхин тайпа хийцамаш уьш дагалаьцначеран Iуналлера болий, цкъацца бала бохьу массарна а. Ларамаза галадаьлла хьал меттадало, Iаламата чIогIа къахьега, цIий Iено дезаш хуьлу кхоллархой. Амма, Месопотамехь кхолладеллачу хьола юкъа, ша АллахI гIурту, хIаллакбеш и питана даржийнарш а, царех Iехабелларш а хидесторца.
Ткъа Иблис, кхечу халкъашна кIелахуу, царна тIехь а, хенан дохаллехь изза некъ бан. Кхин муьлха билгало йолуш хилла и ширалла, кхолладелла текъам-дин ца лерича?
Просмотров: 71 | Добавил: erzu | Теги: С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - -ГIА КИ | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли