Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 25 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 6-ГIА КИЙСАК
11:21
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 6-ГIА КИЙСАК
 

*[1] «ХIай нáх! ... » – Вайнеха матте дерзош, Къуръанан аяташ гочдархоша аьлла ду «нах», (сан хьесапехь) «адамаш» ала дезачохь. Цхьана агIора, цу шираллехь «нах» алар нийса нисделлехь а, кхузамано гочдечу кхетамца догIуш дац цу чудиллина и маьIна. «Нах» дешан метта «адамаш» аларца, аса тIедуьллу хийцар, Деза Яздар гочдечара, харцхьа даьккхина и маьIна.


«Меттан декъадалар»
            «Нах-этнос» мичхьара бух болуш, мичхьара схьадаьлла адаман дакъа ду? Цу хаттарна жоп дала, дехар ду хьоьга сан дешархо, цкъа хьалха, кху «Меттан декъадалар» олучу сан «кеп №1» тергам беш хьесапдар, аса яздиначуьнца хьайна хуург, йа хиънарг тарадеш. Коьртаниг ду, доллу дуьнено къобалдеш тIеэцна хилар, «хидестар» (потоп) хиллачул тIаьхьа, адам дIасхьадаьржина меттиг, ага Кавказехь хилар. Ткъа аса сан ойла йовзийтуш къобалдийриг ду и дIасхьадаржар хилла хилар, и «хидестале» дикка хьалха дуьйна. Цкъачунна, цу хьалхарачуьнан хьокъехь историкаш цхьа ойла йолуш хиларна, тIех галаморзахалла йолуш дац ойланийн некъана (логика) а, архиологин тешаллашна а. Цунах лаьцна хийрачара аьлларг, вайна, жимачех дерг хета ца деза. «Хетарехь, вайнехан ваьрраш Кавказе даьхкина дац, ткъа цигахь кхолладелла ду, таханалерачулла шуьйра шорте чулоцуш. Ала мегара дерг ду, кIезгачу барамехь бархI эзар шо хьалха, цу меттехь хилла хилар, юкъара «протокавказхойн мотт». Цуьнан уггаре а нийса тIаьхьиенах болу кхузаманан «вайнах мотт» кхоъ га долуш бу – нахчийн, гIалгIайн, Гуьржехара цхьацца юьрташкахь бисна, «нах-орамах» болу бацбийцаш а».
            Иштта, гIалатениг ду, и Нохь пайхамар, доллу адаман да ву бохург а. КIезгачу барамехь шиъ масала ду сан дало: цхьаъ – доллу адаман да, Адам хилар; Нохь, «кIай (кавказхойн) расан шира да лоруш велахь, иза, можа, Iаьржа чкъор долчу расах ца хилар. Ткъа симитин орамах болу Iарбой, жуьгтий можа расан векалш хилар шеко йоцу бакъдерг ду. Иза иштта делахь, Нухьан тIаьхьиенах волу ИбрахIим пайхамар хуррит а, кавказхо а хилла, амма ца хилла Iарбо а, жуьгтий а, йа индоевропейцин орамах а.
            Кавказан къилбседехьара ерриге буц-аре чулоцуш, таханалера «Iаьндийн дукъ» тIера дIайолчу Нахчийчохь а, «Iаьржа хIордан» йист йоцуш, цу тIекхачале болчу махкахь а, иштта Кавказан лаьмнел дехьа баьхнарш а, шира исторехь вайн шира дай хилла. Палестина, Сийри (Шемаха, Сема-ха), Гуьржийчоь, Азербайджанан къилб а, малхбузен а агIонаш, тахана «эрмалой» тIехь беха мохк, Турцийн малхбалера «Сасунан лаьмнаш», иштта Иранера «Загросс лаьмнин» малхбузен агIо, Иракъан къилбседе (Къилбседа Месопотами) – уьш массо а, историн цу бехачу муьрехь вайн шира дайша «наха» а, вукха «кавказхоша» доладина латтанаш, кхиийна мехкаш а ду, цунах теша хала делахь а. Кавказан къилбседехьара ерриге буц-аре чулоцуш, таханалера «Iаьндийн дукъ» тIера дIайолчу Нахчийчохь а, «Iаьржа хIордан» йист йоцуш, цу тIекхачале болчу махкахь а, иштта Кавказан лаьмнел дехьа баьхнарш а, шира исторехь вайн шира дай хилла. Палестина, Сийри (Шемаха, Сема-ха), Гуьржийчоь, Азербайджанан къилб а, малхбузен а агIонаш, тахана «эрмалой» тIехь беха мохк, Турцийн малхбалера «Сасунан лаьмнаш», иштта Иранера «Загросс лаьмнин» малхбузен агIо, Иракъан къилбседе (Къилбседа Месопотами) – уьш массо а, историн цу бехачу муьрехь вайн шира дайша «наха» а, вукха «кавказхоша» доладина латтанаш, кхиийна мехкаш а ду, цунах теша хала делахь а.
            «Мезолит», «неолит» олу, ширачу оьмаран X-гIа эзар шераш тIера, V-гIа эзар шераш доладаллалца цхьацца меттигашкахь а, боккхачу бараме йиллича, III-гIа эзар шерашка кхаччалца йолу и шира зама, «ширакавказхой» хьехарш чуьра ара а бевлла, шайн корта кIелабахьа кхалонаш, кхерчаш кхолла Iемачу хенаца нислуш ю. Акхарой караIамош, латталелорца ораматаш кхиош, дааран барам (рацион) хийцабаларо, и адам лаьмнашкара меттаха доккхуш, ширачу оьмаран VIII-VI-гIа эзар шерашкахь хин атагIашка а, буц-арене а арадолу адам. «Неолитан революци» олу муьран зама ю иза (ширачу оьмаран, VII-VI-гIа эзар шерашна гергга долу хенан доза).
            Тахана, «Кура», «Аракс», «Чорох», «Тигр», «Дияла», «Евфрат», «Кубань», «Терк», аьлча девзу цу даккхийчу хин гечошкахь, ломара охьабевлла «ширакавказхой» баха ховшар, дуьненан низамо нисйина процесс ю. Цу кепара нисделла ду, шира зуьреташ (цивилизациш), цу даккхийчу хин гечонашкахь кхолладалар а.
Адам-пайхамар кхоьллина хан билгалялла ца хиларна, нана-мотт кхоллабелла хан а яц, цхьана хенан терахьна бухаялон аьтто болуш. Цуьндела вай, дагардарца йоьзна хан схьаларар йолора ю, ширачу оьмаран (гIазкхашха, «до нашей эры») Х-гIа эзар шераш тIера.
            Цкъа хьалха, бекъабеллачу «ширакавказхойн расан нана-матто» (макромотт) кхуллу, меттиган аларшци бен къаьсташ боцу «Кавказ-невр-Загросс ламанхойн» а, «Загросс–Элламан лаьмнин» а, шина декъе бекъалун болу юкъара доьзал.
            Иза нисделла хила деза, кIезгачу барамехь, ширачу оьмаран VII эзар шерашкара схьа доладаларан юьхь а йолуш. И «Неолитан революции» (ш.оь.VII эзар шш) йовзале дикка хьалха дуьйна, «Загросс лаьмнин къепехь» даьхначу «Зарзи культуран» праадамо, и революци хиллачул тIаьхьа кхоьллина бу, «Загросс-Эллам меттан» онда доьзал. Цу доьзало а, меттиган амат долу дахар кхиош хилла «Загросс лаьмнин» къилб агIора а, Къилб Месопотамехь а, башхалле юкъаметтигаш тугIенан лулахошца (нухьалш) а латтош. Цара (нухьалш, элламаш) кхиийна ю, «шина макродоьзалан юкъара ю» ала томехь йолу, кху тептаро лакхахь хьахийна «Обейдан культура» а, иштта цуьнан бух тIехь кхиъна йолу меттигера «Урук» (ш.оь.4.5 эзар шш), «Джамдет-Наср» (ш.оь.4.3-4.2 бIешераш) олу дахаран яккъаш (культураш) а.
            Ширачу оьмаран, VI-гIа эзар шераш чекхдовлачу хенара, IV-гIа эзар шераш долалучу хене каччалца йолчу юкъахь кхоллало, цу шина доьзалан юкъара бу ала томехь болу, экономика-бахаман кхиам шайн карахь болу «Нухьитан доьзал» а.
            Кху тIаьхьарчу муьрехь карийначу эс-чуьрташа тешалла до, масала, Лейлатепин, Майкопан культураш кхоьллина адам деъна хилар Месопотамин къилбехьара а, цу Месопотамин Юккъера а. Къилбера, невре кхаччалца долчу цу эс-чуьртин го юкъахь болчу кхалхаран некъаца тералла хиларна Малхбален Анатолера эс-чурташца (Арслантепе, Коручу-тепе, Тепечик) а (Н.А.Мусеибли. «Этнокультурные связи Передней Азии и Кавказа в в IV тыс. до н.э.»), «Мичхьара бух болуш ю и шира культураш?» боху хаттар а, схьадиллиначарех лоруш ду тахана.       
            «Шулавери-Шому культура» (хетарехь 6000-4000 ш.оь.шш.), «Лайлатепен культура» (ш.оь. IV-эзар шераш, чеккхе – III-эзар шаран шолгIа дакъа.), «Халафан» культура» (V-эзар шераш. Сийри, Къилбседа Месопотами), «Майкопан культура» (ш.оь. IV-эзар шераш чеккхе – III-эзар шаран шолгIа дакъа;). И культураш кхуллура йолу халкъашна бевзу онда бохам – «Дерригдуьненан хидестар» олу Iаламан хилам. И хилам хиллачул тIаьхьа кхуьу «Кура-Араксан культура» (IV-гIа эзар шаран юьхьиг – III-гIа эзар шаран чеккхе; сан верси - ш.оь. 4000-2200 шш. ТIехьара Кавказ) олу бахаман юкъ а. И культура екъалуш ю, сан хьесапехь, шина тайпана долчу дакъошка: «ХIордйистенан, Кура-Араксан культура» (хира болу декъастанхой - Дагестан), «Боккхачу Ломан Юкъан, Кура-Араксан ламарой» - НАХ (нахматйа).
            «Хидестарца» боьзна муьрал тIаьхьа, ТIехьарачу Кавказера, Къилбседа Кавказе кхалхар до, цхьадолчу, лакхахь хьехийначу этнодакъоша (прахурри, праари, пранах), царех хира долчу халкъаша, кхузаманан «Дон» (Танаис), «Идал» (Волга) олу хиш герга таьIачу метте кхаччалца болчу махка.
            Царех хуьлу, «прахурри» мотт буьйцу адаман доьзал. Цаьрца цхьаьна, цу махка кхалхар диначух тера ду, «аренан» даьхнелелорхой болчу ваьррин декъо а. Уьш хила тарало, «протоарин» кийсаг, А.А.Клёсовс «эрбинаш» олуш болу (ма-дарра бакъдерг, цкъачунна хууш дац, ца хиларна кхоччуш дуьззина тешаллаш). Цул совнаха, цу муьрехь кхалхар диначух тера ду, кхозлагIа, бакъболу «праари» шех хира болчу коьрта декъо а.
            Цу декъо, «Каспийн хIорданан» къилбехула малхбалехьа а дахана, «Андроновн культура» кхуллуш дакъа лаьцначух тера ду. Иштта, хила тарало, цуьнан цхьа кийсаг Каспи хIордан лакхахула, «Дон-Идал» (Волга) хиш юккъе араялла а.
            И «прахурри», «праари» дIакхелхиначул тIаьхьа, малхбалехьара «Каспин» хIордйист дIалаьцначух тера ю, Къилб Кавказера, «Кура-Араксан культура» (IV-гIа эзар шаран юьхьиг – III-гIа эзар шаран чеккхе; сан верси - ш.оь. 4000-2200 шш. ТIехьара Кавказ) кхиора йолчу «хIордайистенан кура-араксахоша», тIаьхьо, шех «Къилбкавказ-Декъастан /Дагестан/ доьзал» хира болчу адамо.
            Къилбседехьа, цу шина хино билгалбечу зилал лакхахь, неврехьа деха, «ханнин (срубни) халкъаш» бахьана долуш нисделлехь а, йа Iаламца дуьйзанчу бахьано кхин дIагIорта аьтто боцуш дитнехь а, «хидестар» (потоп) олу хилам хуьлачу муьрехь, йа хиллачул тIаьхьа цхьа хан ялча, цу адамах долчу цхьацца этнодакъоша, ТIехьарачу Кавказе юханехьа некъ бо. ТIехьарачу Кавказан, Жимачу Азин латта тIехь а, Юххерачу Малхбаленан «Сийрин», «Палестинан», «Синай» олу ахгIайрене кхаччалца болчу махкахь а, иштта, йоллу «Къилбседа Месопотамин», «Хурруман» (Загросс) лаьмнин лахенашкахь а, хидестаро адамах дассийначу лаьттан дай хIуьттуш баха ховшу, шайх «нах-хурри» ала хьакъ долу, историно «хурриташ» аьлла хьахош долу адам. Ширачу оьмаран II-гIа эзар шераш доладала, кIезгачу барамехь масех бIешо хьалха дуьйна, цу «прахуррин» бух тIехь кхоллало «нахи», «сийри» олу ладаме этнотобанаш.
            Цхьана хенахь «майкопан культура» кхиийна болу и «прахурриташ», мел кIезга а, шира оьмаран 24-23-гIа бIешерашкахь, Хьалхарачу Азе юхабахкаран, коьртачарех кхо бахьана го суна: адам дебарца; Iаламца дуьйзина; иштта къилбехьара, къилб-малхбузера тIетеIа керла «африо-симитин» («амарреи») а, Балканера тIегIерта «протоиндоевропейцин» тайпанаш а юхатоха, уьш совцо Iалашо хьалхаяккхина. ТIаьхьара билгалдина ши бахьана, коьртачарех а хета суна. ХIунда аьлча, иза нислуш хиларна, «шумарша», шайца вежаралла долчу «гуттин» халкъе: «аккадайн» («аккадай» - «а-къа-да»; гIазкх. маьIна, «он есть грех», йа «он отец греха») балех, тхо кIелхьарадаха» бохуш, орца дохачу заманца хурритин и кхалхарш нисдаларна.
            Къилбседа Кавказана бовза тарало, Iаламан Iаткъаме хилам хьахийра аса. Цунах лаьцна а хьахора ду вай, хьесап дарца болх бечуьнга, тидаме эцийта. Хетарехь, V-эзар шерашна гергахь, ландшафташ тIехь хуьлу, антропогенан чIогIа Iаткъар хаало йоллу Европана, цуьнца цхьаьна болало климат шелъяларан мур а. Цу хьоло, ерриге а Европан тIехуленан (гIазкх. маьIна, «ландшафт») амат, куц, хатI хийцина ца Iаш, къилбседехьара хьуьнан дазо а юхадоккху, къилбехьа агIонгахь уьшалш совйохуш. Волган хинкхочехь а, эстуарий (шорделлачу хин, хикхоче) олу хилам хуьлу (хьажа кепе № 16а = 246 агIо). Ткъа Кавказехь, цуьнца цхьатерра, неврера къилбехьа боьду некъ а дIакъовлало, лаьмнин когашкара кIошти бен ца юьсуш. И зама ю, «хидестар» олу хилам хиллачул тIаьхьа беъна хенан мур.
            Ширачу оьмаран 2900-1800-гIачу шерашна юкъахь, «Маиттана» (Урмийя) олу Iоманна гергахь дехачу «протохурритин» тайпанашкахь хьалхе а йолуш, кхоллалуш ю керла паччахьаллин аренхойн яккъаш: «Арапха», «Митанни», ламаройн «Кумме», «Маса-Сур» (ист. Ардини). Цу тIаьхьарчу бIешаран чеккхенехь, башхалле дирзина «Мисаран» а, керла кхоллабеллачу «хеттин» а Iаткъамна, ойла йан езачу «ширакавказхойн» дуьхьалонан хаттарш. И хаттарш дIадаха оьшург, онда паччахьалла долу юкъ хилла. «Аренца-хи» (Тигр) хица и тайпа меттигера яккъаш Арапха, Кумме, Ардини хиллехь, «Буранун» (Евфрат) хица дуьхьалонан яккъаш Мари, Терк, Харран цIераш йолу гIаланаш хилла. Малхбузехьара доза чIагIдо хурриташа «Сийрин» халкъе (нах-ораман адам) хьалхе дIалуш. Амма, шайн васташца чIогIа болу пирIунаш, керла тIедеъначу сорса протохеттин ваьррел кхераме хилла «ширакавказхошна». Шайн махкаца бIаьрг кхобу пирIунаш кхераме лулахой буйла хуучу цара, и хаттар дIалиста аьтто болу. Ца моьттучура накъосталла кхочу хурриташна. Уьш бу, цкъа кхаьрца дIакхалхарш дина «ари». Яздина, бухадисна тешаллаш ца хиларна, вайна хууш дац бакъхила мегачух цхьаъ. Иза, хурриташа, шайна накъосталлина цу вежаралла долчу «ари» ваьррашка, кхайкхам бина хила мега бохург. «Аккадайн» сарсал «гуттиша» ма-йоххора, шумаршкара и тайпа масала хилли те, хурриташа, и ари кхайкхарца нисдинарг а?
            Цуьнан къайле мухха хиллехь а, хьесапан суьрто вайга боху, «Митанни» импери чIагIяллалца, цхьабIе ткъа шарна, цу Мисарера хила тарало кхерам дIабаьккхина цу тайпана «митаннихоша». Цара, шен аренан ваьррашна (шубартой) коьрте «ари» а хIиттийна, цаьрга и Мисар дIалацийтар, генагург йолу политика хилла.
            Цу заманан муьрехь, «Урал лаьмнин» къилбехьара, «арин» тайпанаш «нахи-хурришна» тIедиссар бахьана долуш, церан говраш варрин метта а южий, Мисаре хьаьлха и бартахой. Марой-ворданах (хьоркуна, гIазкх. маьIна, «колесница») говраш йоьжаро, тоьллачарех до цу Хьалхарачу Азехь а, хурритин тIеман гIуллакх. Иза хилла, кхузаманана заррат-герз (атомный) юкъадаьлча ма-хиллара, тералла йолу «ширакавказхойн» кхиам. Шен хенахь, «прахурришца» цхьаьна кхалхар дина «праари» халкъ, «Андроновн культура» кхуллуш дакъа а лоций, цхьа дакъа шен прадаймахка юхадоьрзу. Цхьа амат долу цу культуран адам, шина декъе декъаделлачух тера ду, кхоллалуш «ари» (хира болу «ари-митаннеш») а, кхузаманан Iилмано, «индоари» аьлла цIе тиллина этнодакъа а.
            Цу хенахь кхоллало, «шубартан» бух тIехь, орам цхьаъ болчу ваьррин Барт, шайна юкъахь хетарехь жигаралла ерш «хурри» а, «ари» а болуш. Историно, грекин маттахь «гиксосаш» аьлла, цIе туьллура ю историно тIаьхьо цу бартана. «Мисархоша», «Ги-Ка-Хасуг/т» («Жи-ка – ха-саг»; «жи-ка-хьовсург») олуш хилла цу «гиксосех». Кхечу дашца аьлча «бежIуйн», йа «жаIуйн паччахь» боху кхетам чубиллина дош хилла иза церан. Масала: дешдакъойн блок, «жи-ка» маьIна даккха йиш йолуш бу «жа» аьлла (гIазкх., «овца-баран» =«отара»), иштта орам болуш ду «ха-саг» алар а, шена чудиллина маьIна, «жаIу» хира долуш («ха-саг» = «страж+человек», гIазкх., «пастух») аларца маIна нислуш.
            Цу барта юкъадогIуш хилла ду «нахи-хуррин», «ш/с/убартан», «арин», иштта хила таралуш ду «касситин» а, «каспин» а, цу могIара долу кегийра ваьррин кхин тайпа дакъош а. И зама ю, юкъара паччахьалла (Митанни) кхолла лериначу «нахи-хурритин» халкъо, жигараллин хьалхе шега дIаэцна мур.
             Вайн шеко хила йиш яц «Шубарта», «Хана» олучу мехкашкахь, «Буранун», изза «Нахарена» («Ефрат», «Нах-Арена-хи») хица дехаш хилларг, мифаша дийцарехь, Сийри (Шемаха, Сема-ха) махкара, цу хица охьадеъна долу «нах-этнос» хилар. Иза чIагIдо, цу Евфрат хин шира цIе, шина кхетамо кхоьллина хиларо: «нах», «арена» аьлла. Иштта иза чIагIдо пирIунан анналаша а. Мел кIезга а, цу тешаллин зама ю, «Тутмос-I-ниг» (1525-1512 ш.оь.шш, йа кхечу тешаллаша билгалйаьхна хенаш ю: 1530-1520 шш; 1506- 1494 шш.), цуьнан кIента кIант волу «Тутмос-III-гIниг» (1479—1425 ш.оь.шш., йа кхечу тешаллаша билгалйаьхна хенаш ю: 1525—1471.шш.; 1503—1447 шш.; 1503-1450 шш.; 1490 шо; 1468—1436 шш.) пирIуннаш болуш баьхначу терахьашца нислуш.
            Ширачу оьмаран III-гIа эзар шераш тIера, цу оьмаран I-ра эзар шераш юккъе кхаччалца йолчу хенан юкъахь, дукха пачхьалкхеш кхоьллина цу «нахи-хурриташа». Царех цхьаъ ю, историна дика евзаш йолу онда пачхьалкх – «Митанни» («Меттан-На», мисархошха аьлча, «Нах-Арена»). И пачхьалкх кхоллаялале хьалха, цхьаерш «шумаршца» юкъахь кхоьллина а йолуш, хилла гIала-пачхьалкхеш ю: «Гасур» («Гуо-Сур», йа «Га-Сур», гIазкх. маьIна, «ветьв-стоянка»), «Тель-Брах» («Хабуран кхосаберг»), «Азухиннум», «Симуррум», «Нипур», «Уркеш», «Навар», «Ас-Сур», «Шубат-Энлиль», «Терк», «Мари», «Кимаш», «Ямхад». Гергара цхьа орам болуш хиларе терра, Къилбседа Месопотамехь, къаьсттина, дозанца болчу махкахь, ийна бехаш хилла бу «шумарш» а, и «хурриташ» (царех бу «шубарташ») а. Иштта, тIаьхьо кхоллалура йолу «Киццуватна», «Диауэхи» (Дай-Iа-хи), «Хабушкиа» (Ха-бу-ш/с/-кха»; гIазкх. маьIна, «Она сража, и место обитания божественной души»), «Гузана» («Гу-аза-На», гIазкх. маьIна, «возвышенность+голос+Проматерь»), «Алзи» («Ал-азе», «Ал-сий», гIазкх. маьIна, «голос божества»; «честь божества»), «Карахар» («Кар-Iа-ха-аре», гIазкх. «крепость – на равнине живущей стражи»), «Аррапха» (Арара-пхьа», гIазкх. маьIна, «равнинное поселение»), «Мана» («Ма-На»; гIазкх. маьIна, «Божественная Проматерь»), «Матианна» (Мат-Ан-На» гIазкх. маьIна, «стойбища бога Ана и Проматери»), «Хана» («Ха-На», гIазкх. маьIна, «страж+Проматерь»), «Урарту» (Наири, «Нах-ари»), «Нахчиэри» (Нах-чоь-ари), «Биайнили» («Ба-ийна-эли», гIазкх. маьIна, «есть смешанные властители») олу пачхьалкхеш а, цу «нах-хурритин» ийна юкъаралла а, цхьаьна, юкъахь кхоьллина хилла а ю.
            Месопотамина, Палестина-Сийрин кIоштана, Жимачу Азина, Загросс кIоштана «симитин», «индоевропейцин» халкъаш, тайпанаш девзичахьана, «ширакавказхойн» доьзалах долу тайпанаш, халкъаш даима юхадуьйлуш хилла ду, ша цацанан Iуьргашхула чекхбуьйлу мох санна тIетеIа («симитин», «индоевропейцин»), хийра бух болчу халкъах дIа ца эрахьама. Церан мохк жималуш, юкъара мотт аларшка бекъалуш, тайпанан юккъера зIенаш, уьйраш сорса йоьрзуш, гергарлонаш морса доьрзуш процесс хилла иза, цу лакхахь хьахийначу мехкашкахь а, къаьсттина, Урарту йоьхначул тIаьхьа Къилб Кавказехь а.
            «Меттан декъадалар» аьлла гойту таблицана тIе, вайн тидам юхаберзош, вай кхевдара ду, празуьретан адаман тобанаш, цхьана меттехь дахар долуш яха охьаховшу хене. Цу адамо кхоьллина: «Хассунан» (ш.оь.VII-VI-эзар шш. Къилбседа Месопотами), «Ярмукан» (ш.оь.VI-V эзар шш. Иордани), «Халафан» (ш.оь.V-эзар шш. Сийри, Къилбседа Месопотами), «прасамарран» (ш.оь.IV эзар шш. Палестина) культураш. Цара кхуллу иштта, тIаьххьара хьахийначу цу шина, онда доьзалан «…юкъара ю» ала там болу, «Обейдан» (ш.оь. VI-гIа эзар шаран чеккхе, 4-гIа эзар шаран юьхь. Къилбседа Сийри, Месопотами, Жимачу Азин къилб-малхбале) культура а. Цу заманчохь (X-V-эзар ш.оь.шш.) нисделла ду, хIинццалца аларци бен къаьсташ хилла боцу «ширакавказхойн» юкъара хилла нана-мотт дакъошка бекъабалар, кхуллуш керла доьзалаш а, меттанаш а. Уьш хилла: «загросс-элламан ламанхойн макродоьзал» - шаьш «эл-ламаш» а, «касситаш» а; «Нухьалан, хин тогIин доьзал - нухьиташ», шена юкъахь, хетарехь, протохурришца зIе йолу ваьрраш а долуш; «Праари» – и этнотоба цу махкара цкъа Урал лаьмнин къилбехьа а йоьдий, ширачу оьмаран, II-гIа эзар шераш доладеллачу кхозлагIачу декъан юьхьигехь, йа ш.оь. 1775-1675 шерашна юкъахь, шайн хиллачу историн прадаймахка («Ван», «Урмийа» Iаьмнин юкъ) юхайоьрзу. Иза ду, «ари» («митаннин ари») олуш цIе йоккхун йолу, цу цIарца тахана историна девзу этнодакъа; «Кавказ – невр-Загроссан ламанхойн макродоьзал» а бекъало пхеа декъе. Цу «празуьрет-адаман» бух тIехь кхуьура ду «зуьрет-адам». Вайн кепехь и пхи дакъа ду: «Къилбкавказ – Арарат-лаьмнин онда доьзал», «къилб, къилбседакавказан аренан, буц-аренан доьзал», «хатта-минойан», «шумаран, хин тогIин», «къилбкавказ-декъастанан доьзалца» цхьаьна цу «хIордйистенан Кура-Араксахошна» юкъабогIуш хила тарало «прашумарш» а, шайх тIаьхьо «шумарш» (шу-мар) хира болу. Цу тIаьххьарачеран культура ца хьахийча ца йолу, уьш хиларна, кху дуьнентIехь хьалхара зуьрет кхоьллинарш. Царна тIера болало, «зуьрет адаман» мур. Вай, кхузаманан Инжил олу Яздарх кхоччуш ца тешахь а, цунна тIетийжачу Iилманчин ойла хIайбатениг ю вайна, цара бахарна «Дуьненан, ялсаманенан беш - Эдем» хилла меттиг, Кавказаца язарна. Иза хилла боху «Урмийа», «Ван» олучу шина Iоманна гергахь юкъ а йолуш. Цу ширачу заманчохь, кхузаманан Iалам ца хилла, цигахь хилла дуьххьарлераниг. Ялсаманенах лаьцнарг динан дайшна а дитна, «Эльбрус» (гIажарийн Эльбрус) ломанна, Урмийа Iоманна, Аракс хина юккъерачу кIоштахь баьхначех. Уьш бу «шумарш». Цаьрца зIе йолуш хила сахьт дац ламарой болу «урартуой», «гутти» (гу-тIе), «луллубан» этнодакъош, тIаьххьара шиъ, генетикан гергарлонца прашумаршна уллера а болуш.
«Арарат-лаьмнин» къилб-малхбалехьа а, «Загросс (Хуррум) лаьмнин» къилб-малхбузехьа а кхаччалца бехаш хиллачех бу, «гутти» («гу-тIеэ», гIазкх. маьIна, «на холме», йа «на возвышенности») олу и ламарой а. Шайн хьостехь, уьш санна ламанхой лара мегаш болу и прашумарш, хье ца луш «хин тогIин» адам хуьлу, Къилб Месопотаме кхалхар цара диначул тIаьхьа. Хетарехь, Iалам-хиламан бахьана хила тарало, йа кхиаме хилла латта, хидестаро цуьнан адамах дассор бахьана хила а тарало, «шумарш», Къилб Месопотаме балийна бахьана. Иза нисделла хила деза, хетарехь долчу, 3000-2950 шерашна гергахь, Нохь-пайхамаран воссар (сацар), «аль Джуди» олучу меттехь хиллачул тIаьхьа. Цу меттигна, кхин генахь а яц, и «Эдем» олуш кхузамано билгалйина мехкан юкъ а – 400-500 км хиллал бен (хьажа, №10 йолчу, 84-гIачу агIонгара кепе).
ТIаьхьо, Урартун дуьххьарлерачу махкахь гучабевлла хурриш а, хеттин Iаткъам лахбарца йоьзна Iалашо йолуш баьхкиначух тера бу цу Къилбседа Кавказера. И чурхе аса Iорайоккхура ю, «Нохь хенара, «хидестарца» йоьзна сан версии» олу тептаран яздарш тIехь.
            «Гуттин», «прашумаройн» гергарло массарелла а уллера хилар гойту масала ду, симитин Iаткъам ца лабеллачу «шумарша» шен вежараллин халкъе, «гуттин» ваьррашка даьккхина орца. Ширачу оьмаран 2228-гIачу шарахь, бале даьлла «аккадайн» Iедал дохадо «гуттиша», уьш алсама хIаллак а беш. Царех йисна адаман кескаш Евфрат, Тигр хишца, къилбседехьа кхалхар тIедожош. «Шумаршна» орцаха бахна «гуттий», цхьана бIешарна, Къилб Месопотамехь баха ховшарца дуьйзина хила мега, «гуттих» дасделла лаьмнаш, «хурритин» орам болчу тайпанаша дIалацар а. Иза нислура ду XXII-гIачу бIешарал тIаьхьа. И гутти шайн лаьмнашка юхабоьрзачу муьрехь, хьогIе юкъаметтигаш яхкина хила а тарало, церан мохк дIалаьцначу хурриташца, луллабашца. Делахь а, тIех башхалле хиллачух тера дац и Iиттадаларш. Цунах лаьцна, цхьацца хаамаш бухабитна симитех хьакхадалар долчу цузаманан яздархоша.
            Доцца аьлча, «Къилбан, Невр-Кавказан аренан, буц-аренан доьзал» бекъало доккхачу шина декъе, кхуллуш: тугIинан нахи-адамах лаьтта «нахи-хуррин цхьанакхетта аренан доьзал» а, иштта, буц-аренан адам долу «шубарт/хурри/-арин этнотоба» а.
Цу тIаьххьарачо, буц-аренан дай хиллачу цу праарин этнатобано, кхин ораман (праиндоевропейцин) элемент шена чуэцна хира яц аьлча, иза гIалатло хила мега сан. Аренан кхин тайпанашкара схьаэцнехь а, йа шаьш иза карадерзийнехь а, цу декъо шайца цу кIоште деаначух тера ду говрашлелоран гIуллакх а. Хетарехь, ширачу оьмаран 1775-65 ш.оь. шерашкахь, «Ван-Севан-Урмийа» Iаьмнин кхосаберге кхочура ду, шайн ширачу Даймахка юхадирзина и «арин» дакъа. Хьалхарачу Азера Къилбседа Месопотамин къилбехьа гIоьртина и дакъа берта дахначух тера ду Хана-Мари-Субарташ олу Къилбседа Месопотамера дехийлан, леларан дахар долчу ваьррашца. Цигахь вовшахкхетта, малхбузехьарачу Ханаана а, Мисаре а гIоьртиначу этнотобанех хуьлу, историна гIарабевра болу «гиксосаш» («Gi-Ka-Hasug», «Жи-Ка – Ха-Саг»/«-хьовсург»; жалелорхой – «гиксосан Барт»).
            Цу «Шубарт/хурри/-арин» бух тIехь дебначух тера ду, ши эзар ца-кхоччуш шо даьлча, билгалдера долу «аса» (овса) «свиеда» (швиеда), «викинга» (ва-кхин-га), «готы» («гота», гIазкх. маьIна, «пахари») олу а, иштта цу могIара долу а, халкъаш кхуллура долу праадам. Цхьацца болчу Iилманчаша, и «свиеда» олу халкъ схьадаьлла этнотоба, «дурдзука» («дур-д-зу-ка»; гIазкх. маьIна, «владелец башни – знающий, удачный») халкъан юкъара декъах хилла болу, «сванаш» (Со-Ван) лору.
            Нах-хуррин паччахьалла (Митанни) доьхначул тIаьхьа, этнадакъош хилла и нахи-хуррин онда юкъаралла, дIасхьаера ю къилбседа-малхбалехь болчу Урартун мехкашка а, Къилбседа Кавказе таьIаш а. Царех хира ду «Халибан», «Мана», «ДайIахин», этнодоьзалш, иштта «Кулхин», «Гинчи-Гатын-Кале» культураш кулллура йолу халкъаш а.
            «Каспин хIордаца» йолчу чекхволийла дIалоцуш, яха хуура ю иштта, «къилбкавказ-декъастанан доьзал» кхуллура болу этнотоба а. И этнотоба, цул тIаьхьа шина декъе екъаелло, кхуллуш ламанхойн а, аренан а амат долу этнотобанаш, ваьрраш – къилбседакавказера, малхбалекавказан меттанаш а, къилбкавказера каспин мотт а.
            Цу тайпана, «празуьретан адам» декъало, цунах кхоллалуш макродоьзалш, нана-мотт бекъалуш аларшка. Иза нисделла, III-гIа эзар, ш.оь. шерашка адам дахар кхочачу муьрехь. Делахь а масех болчу онда доьзалашна юкъадогIу тайпанаша, халкъаша буьйцу мотт, орам цхьаъ болу дешнаш алсама долуш, вовшеха кхеташ, юкъара хилла шайн шира дай лоруш, цара кхиийна, шайга кховдийна ламасташ ларадеш, цхьана Далла («ХIал-Эла») хастамбеш, сагIадаккхарца даьхна ду и адам, дуьххьаралера зуьретан юьхье шаьш кхочуш. Делахь а, юкъахь къастам балла доза билгалдаьлла дацахь а, масех этнотоба кхоллаяла йолаелла, билгалдолуш «прахурритин», «пранахан» (нухьиташ), «прахаттан», «прашумаройн», «праэлламойн», «праминоян» юкъараллин дакъош. Цу массо а адаман хьоста ю, «Кавказ – Загросс лаьмнин къепе», хетарехь шен коьрта юкъ, кхузаманан «Азых-Дманисин» кIошташ а йолуш.
            Цу юкъара «прахурритин» дакъа, Къилбседа Кавказе дехьа а далале, и кхиана, шен хьостехь иза схьадаьлла меттиг ю, «Йоккха Кавказ лаьмнин» къилб-малхбузе а, тахана «Армянски нагорье» аьлла цIе тоьхна йолу, «Арарат-лаьмнаша» чулоцу кIошта а. Цу «Кавказ-Арарат-лаьмнин» кийрахь и шира адам дебначул тIаьхьа, жим-жимма дечу боларца, дIасхьадаьржина хилла иза Жимачу Азехь а, Загроссан лаьмнашкахь а, Къилбседа Месопотамехь а, кхузаманан Палестино-Сийрин латтанаш тIехь а, иштта, акхалла йолчу Къилбседа Кавказехь а. Цу заманчохь билгалйовлу, бахаман амато къастийна йолу кхо юкъаралла: ламанхой, хIордахой, буц-аренан юкъаралла. Цара бина некъ бу масех кхалхаран лар йолуш. Цу юкъараллин адам ду, «зуьретан адам» аьлла аса билгалдина «ширакавказхойн» этнотобанаш.
            Дуьххьара лаьмнашкахь даьхна, «празуьрет адамо» къилбехьа болар до Элламе кхаччалца, цуьнца цхьатерра ала мегара долуш «нухьиташа» а, изза некъ бо тугIенашкахула.
            «Прахаттан маттаца» кхиана тайпанаш, Жимачу Азин махкаца болу «Iаьржа хIордан» (шир.цIе «Лакхара хIорд») йистонашца малхбузехьа цкъа хьалха некъ а бой, тIаккха, цуьнан дисначу латта тIехь дIасхьадаьржа уьш. Иштта, церан дакъоша хица некъ бо, кхуллуш «Кипр», «Лемнос» (мотт), тIаьхьо «Крит» олу гIайренаш тIехь, кхиаме йолу хIордан культураш. Царех цхьаъ ю «Минойан культура» (ш.оь.III эзар шш – 1425/70-гIа шо). Цара массара буьйцург хилла, «хатта-минойан мотт». Йа вуьшта аьлча, «ламанхойн юкъараллин» гIадах къаьстина, кавказхойн га хилла иза.
            Онда лар йитина, Къилбседа Месопотаме а, Сийри-Палестинан латта тIе а дIагIоьртиначара, «Эдом» аьлча евзу кIошта чу а лоцуш. Цигахь гIарайолу «Ярмукан» а, «Самарран» а культураш. Ткъа царел хьалха цигахь Iаткъам болуш хилларш бу «халафаш». Уьш, шеко а йоцуш, «ширакавказхойх» хилла.
            «Дуьненчохь, дуьххьараниг ду» аьлла, билгалдаьлла зуьрет (цивилизаци) кхоьллинарш, лакхахь ма-хьаххора «шумарш» хилла. Церан санна паччахьаллин кеп ца хиллехь а, шайн бахаман культураца, дахарца, къинхьегаман гIирсашца, кхин царелла гена тIаьхьайуьсуш хилла яц и «шумараш» шайх схьабевлла йолу «ширакавказхойн» этнотобанаш а, тIаьхьо, «ширадахаран-тайпанан юкъаралла» кхуллура йолу «хатта – хурри – «нах» – кура-араксан» прахалкъаш а. Ширачу оьмаран, кхозлагIа эзар шаран юьххьехь, цу «шумарин» дахаран кхиамаш, мелла а тIаьхьабуьсуш хилла бу «Арарат-лаьмнашкахь» а, Къилбседа Месопатамехь а кхуьучу вукха «ширакавказхойн» декъан дахаре хьаьжча. Хи диллиран гIуллакх карадирзачи бен хилла бац, «шумарин» хилла и экономикан айъам. Ша-шена баледаьллачу адамах, Дала ясйина Къилб Месопотамин кIошта денъеш, шайн кхетамца, говзаллица лекхара тIегIехь болчу «шумарша», неврера, къилбехьа охьабевллачул тIаьхьа, дукха хан ялале, лаьмнин акъарешкахьчулла, шера аренца болу аьттонан мукъ шайн карабеъча, шен таронаш сихйина хилла цу этнотобано.
            «Меттан декъадалар» олучу кепа тIехь вайна го, «гуттин» халкъаца зIе йолуш, «самарран меттан» этнодакъа хилар. Цу «Самарра культуран» оьмар, IV-гIа эзар шерашкахь йолалуш хилча, хила таралой и гутти цу махка кхаьчна? Цу хаттарна жоп дала, вай кхевдара ду ширалле. «Арарат-лаьмнин» къилб-малхбалехьа а, «Загросс (Хуррум) лаьмнин» къилб-малхбузехьа а кхаччалца бехаш хиллачу цу «гуттин» (Гу-тIеэ) ламаройх, «самарратянаш» ала маца долийна? Муха кхаьчна хила тарало уьш, цу Ханаане («Хана-а-На»; гIазкх. маьIна, «Хана+она+проматерь»)? «Самарран культура» кхоьллина этнадакъа хьанах хилла?» бохучу хаттаршна а жоп лахар тIедужу вайна, цу самарриташца доьзна, КъурIанан аяташ шеконе эца гIертарна, кхузаманан «иблисан накъостий».
            «Тир», «Сидон», «Библ», «Иерихон», «Дамаск» олу гIаланаш, дуьххьара кхоьллинарш «ширакавказхойх» болу «халафаш» хилла. Иштта, цу юкъахь хила тарало «Ярмук» культура (ш.оь.VI-V эзар шш. Иордани) кхоьллинарш а. Энеолитан, ширачу оьмаран цу V-гIа эзар шерашкахь Къилбседа Месопотамехь а, ерриге Сирехь а, «Дуьненнаюкъара (Средиземни) хIордйистошка» а дIакхочуш яьржа «Халафан культура» (V-эзар шераш. Сийри, Къилбседа Месопотами). Цуьнан бух тIехь коллаеллачех лоруш ю, «Самарран культура» (ш.оь.IV эзар шш. Палестина) а. Ширачу оьмаран III-гIа эзар шерашкахь, цу кIоштана бевзу «халафашца» гергарло долу «хурриташ» а, царел тIаьхьа «хатташ», «прагиксос» ваьрраш а. Иштта, ассирийцаша, дикка тIаьхьа, ницкъалгIа кхуза кхалхийна «гутти» олу ламанхоша а, шайн дахар кхиадо цу Ханаанахь, (изза Палестина). Уьш массо а, «ширакавказхойн расан» орамах долу халкъаш, ваьрраш, этнотобанаш хилла.
            Вай хьахо деза, иштта симитин орамах долу, йоллу Хьалхарачу Азина Iаьткъара долу адам а. Муьлхачу ораман адам ду иза? Иза хилла, «симитин расан» адам, шайн схьадалар Африкера а долуш.
Хидестар (потоп) хиллачул тIаьхьа кхо-диъ бIешо даьлча а, адамин дахар, кхоччуш дендалаза хила таралуш ду цу Къилб Аравехь. Хиллехь а, шайн дахаран кхиамашца, лахара тIегIе йолуш хила беза, цу меттехь дийна бисна хила тарало автохтонаш а, Африкера cехьадевлла ваьрраш а. Мел дукха лерича а, ширачу оьмаран 28-27-гIа бIешерашкахь бен, «Аравин ахгIайренна» девзина ца хила тарало, цу «хьалхарчу кхалхаран» (миграцин) тулгIено далийна «африо-симитин» и адам.
            «ПирIунан, III-гIа паччахьан цIа» (2640-2575 шш) Мисаран коьртехь долчу хенахь, болабелла хиллачух тера бу и кхалхаран болам. Иза ю, «аккадан» халкъ шех кхоллалура долу симитин этнотоба. Цу гIайренан къилб агIонгахь гучаера йолчу керла кхалхаран тулгIено импульс яллалца (хетарехь долу, 2450-гIа шаре кхаччалца), цу хIордан йистонца даьхна ду и дебаш долу халкъ. Цу муьрал хьалха, Шумарна, «прааккадан» халкъ девзуш хилла бохург а ду, харц бух кхуллуш, кхузаманан Iилманчаша шайн Iалашонна кечдина туьйра.
            Цу ахгIайренна тIедаьллачу «амарреи» («а-мар-аре-я»; гIазкх. маьIна, «он обитатель равнины»; «он властелин степи» - азиатин вариантехь), йа («амура» бохург, «малхбузе» ду симитин вариантехь) халкъана шолгIа а, и мохк бовзар нисделла «V-гIа, пирIунан династии» чIагIъеллачу муьрехь. И зама хила еза, «вовшахатоьхначу Мисаран» пирIун, Сахура («V-гIачу паччахьан цIийнан» пирIун. Иза паччахьаллехь хилла ш.оь. 2458-2446 шш.) хIоьттича. Цу заманчохь, шен коьрта тохар цо дина хилла, къилбехьа болчу «Куш» махкана а, Африкан Юкъанна а.
            Керла тIедеанчу «амурра» халкъо бухараниш малхбалехьа дIа а тоттуш, шаьш кхузаманан «ЦIен хIордаца» невре гIурту и керла кхалхаран тулгIе. Сийрин еса аренашка араялла и тулгIе, ширачу оьмаран 2100-1940 гIа шерашна юкъахь, Шумар махка хьаьлха. Иза ду, «амаррейа» олу симитин халкъ. Цу шолгIачу симитин тулгIено, кхоччуш хIаллакбой, чIаьнкъа берзабой дIабоху и «шумарш». Симитех дIацаоьш дисна, къаьсттина шумаройн сийлаллин дакъа субарташна а, элламашна а, иштта лаьмнашкара ламарошна а тIедоьссиначух тера ду, амма царех а дIаоьш хенан йохаллехь. Царна орцаха ялла «Эла-Лам» а, дан хIума доцуш ша а юьсу.
           Цу шумарша, шаьш тIедиссиначу мехкашна керла импульс елла, шайгара Iилма, корматаллаш шаьш тIедиссиначарна дIаяларца. Ткъа Ханаанана а, и симиташ кхоччуш бевзина зама хила еза, мел дукха а, 2450-2100 ш.оь.шерашна юкъахь. Уьш хилла «амарреяш», тIаьхьо, эзар шо даьлча гучабевра болу «арамейаш» а. Цу кIоштана, даима ницкъ бечарех хилла, ша ницкъалле деъначул тIаьхьа чIаьнкъалла тIеэцнехь а, изза, симитех лара мегара долу ассирийцин халкъ а. Иза нисделла VIII-гIачу бIешерашкахь. Ассирин паччахь Тиглатпаласар-I-раниг волчу заманчохь (1114-1076 ш.оь.шш.), цкъа Сийри а, финикийцин хьалхе йолчу гIаланашка а гIоьртина хилла и ассирийцаш. Вуьшта, уггаре дукха лаьрча а, 28-27-гIа бIешарел хьалха, IV-III-эзар шерашкахь хIетте а, цу кIоштахь симитин орамах долу ваьрраш даьхна бохург, туьранин тIегIанера аьшпен хабарш ду. Бакъду, цу меттехь (Ханаана) яхна хила-м тарало, Мисаран зуьрет кхоьллиначех йолу адаман тобанаш.
            Ширачу оьмара II-гIа эзар шераш юккъе кхочачу муьрехь, «гуттишна», «луллубашна» къилб агIонгахь бехачу ламанхошна юкъахь, билгалдера ду «загросс-элламан ламанхойн макродоьзалан» кийрахь кхиана «касситин» халкъ а, церан мотт а. Тешаллаша, цу муьрехь иза даьхна хилар Iорадаккхарх, цул хьалха а, иза ца даьхна ала йиш йолуш дац вай. Элламаш къилб-малхбалехьара ламарой хиллехь, касситаш, цу кIоштан невр-малхбузехьара ламанхой хилла. Вуьшта аьлча, Кавказ-Загроссан ламанхой юкъ йоькъурш хилла и касситаш а, луллабаш а, гIазкхашха аьлча, «переходные племенаш» ду уьш. Цу билгалйиначу хенан муьрехь, «субартой» (Шу-барт), «аришца», «сийрира нах-хурриташца» цхьаьна (иза бу, историно, «гиксос» аьлла билгалбоккхура болу этнобарт) Ханаана а, цигара дIа Мисарехьа а гIурту. Мелла а ясъеллачу аренга, лаьмнашкара, «Хана» олучу махка охьабуьссу «касситаш» а, 1742-гIачу ш.оь. шарахь. Месопотамехь хилла «Касситин оьмар» (ш.оь. 1742/1595-1157 шш) аьлла, аса билгалйаьккхинчу цу хена юкъахь, шайн паччахьалла кхоьллина и ламанхой, Вавилонехь олаллехь хуьлу 438 шарахь. Симитин агIо лоббировать ечу кхузаманан Iилманчаша, «бодане мур» аьлла билгалйина зама ю иза. Церан олаллин муьрехь юкъабаьлла «хапиру» олу кхетам а.
            Хенан йохаллица, «касситин» сийдина хьалханчаша, протосимиташца (ассирийцаш) захалонаш туьйсуш, шайн халкъана масала гойту некъ юьхьара лаьцча, 1158-гIа шарна гергахь, Элламан паччахь волчу Шутрук-Наххунтас, «Дияла» хин тогIенца чухьаьлхий, Вавилон дIалоцу. Цул тIаьхьа, Тигр хил дехьа а волий, гIаланаш дIалоцуш, шина декъе йоькъу цо Лахара Месопотами. ЧIаьнкъалле бирзиначу касситин паччахьаллан олалла дожош, шен сардал хIоттаво цо цуьнан пачхьехь.
Просмотров: 29 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли