Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 26 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 3-ГIА КИЙСАК
00:49
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 3-ГIА КИЙСАК
ТIехширалла а, цуьнан оьмарш а.

            И масех миллион шераша лоцу историн зама, юькъура ю вай ворхI декъе. Цуьнан деа дакъана, къинхьегаман гIирсаш биначу коьчалан цIарах цIе туьллуш - «кхеранан», «цIастан» (езан), «варкъан», «Iаьржа эчиган» аьлла. Важа дисна кхо дакъа, билгалдоккхура ду вай, оьмаран (хенан/хан) цIарах декъар хира долуш - «шира дуьне», «юккъераоьмаран зама», «кхузаманан оьмар» аьлла. Хенан дохаллехь адамо яхна, дахаран гIулчаш, цу цIарашца билгалйохура ю вай:
            I. «Кхеранан оьмар» (гIазкх., «Каменный век»). И зама а, деа декъе екъана ю, ши миллион шераш тIера, цу ш.оь. VI-эзар шераша чулаьцна юкъ йолуш. Дуьххьара и адам, гулахь дахар долуш хиллехь а, кхеран (мокхазан) къинхьегаман гIирсаш юкъабаьлчахьана, адаман дахар хийцало, тIаьхьо еанчу хенахь кхоллалуш «юкъаралла-тайпанан» (общинно-родовой) олу юкъаралла.
     1). «ТIехшира кхеранан зама» - «Эолит». Цу хенахь, адаман къинхьегаман гIирс хилла, кечъяза йолу кхеранан гаьргаш йолуш, къаьсттина мокхазан. Мел кIезга а, ши миллион шераш тIера, 100 эзар шаре кхаччалца еха ю цу заманан юкъ.
а). «Олдувей», «Аббевиль» олу хенаш 2.5 млн. шерашкара 400 эзар шерашка кхаччалца ю адаман дахаран исторехь;
б). «Ашель» аьлла билгалйина хан, 400 эзар шерашкара 100-80 эзар шерашка кхаччалца еха ю.
     2). Цу «Шира кхеранан заманан» тIаьхьиенах, «Палеолит» олу. Иза нислуш ю, 100-80 эзар шераш тIера, 10 эзар ш.оь. шерашка кхаччалца йолу хенан юкъ. Цу заманчохь, даа рицкъ доккхачу адаман дахар хилла, талларах, дуу ораматаш лахьорах тешана. Цу юкъара, 35 эзар шо хьалха нисбелла бу, гIазкхашха «ледниковый период» олу дуьне шалдаларца беана заманан мур а, цул тIаьхьа адаман дахарехь хилла хийцамаш а. И мур а, шина декъе бекъалуш бу:
            а). «Мустье» олу историн хенан юкъ, 80-35 эзар шерашна юкъахь кхиана ю;
            б). «Лакхара палеолитан юкъ» 35 эзар шераш тIера 10 эзар шерашка кхаччалца ю. Цу заманчохь ерриге Кавказехь а, цунна гонахьа Iуьллу Хьалхарачу Азин махкахь а деха адам, аматан цхьаалла йолу дахар кхиош а, дайн цхьа орам болуш а хилла ду. Йоккхачу Кавказана къилбседехьа а, къилбехьа а деха адам, «локальни культура» кхиош хиллехь а, «Iаьржа хIордан» йистехь юкъаметтигаш йогIуш хилла ду. Цу заманчохь кхиа йолаелла, Малхбале Кавказан «човхан культура» (човх – тIулг; кхеран, къинхьегаман гIирс) а.
     3). «Юкъара, кхеранан заманна», «Мезолит» аьлла цIе тиллина ю. И зама нислуш ю, 10 эзар шераш тIера, 5-гIа эзар ш.оь. шераш доладаллалца йолчу хенан юкъахь. Оцу заманчохь юкъадаьлла ду пха кхуссу Iад, «микролит» олу къинхьегаман гIирсаш. Цу хенахь нисделла ду жIаьла, устагIий, маIаш йолу даьхнеш караIамор а.
     4). «Керла, кхеранан заманах», «Неолит» олу. Археологехь и хенан мур цIе тиллина бу, «неолитан революци» аьлла. И тайпа революцин (гергга долу доза ду, ширачу оьмаран VII-VI-гIа эзар шш.) хиламо, демографин эккхар до, адаман дукхалла совйоккхуш вуьрхIиттаза. Вуьшта аьлча, девзачу дуьненчуьра пхеа миллион адамах, 85 миллион хиллал адам деба цу муьрехь. Балканехь совдаьллачу халкъо, шуьйрра кхалхар до, адам кIезга дехачу, «неолитан революци» хилаза йолчу кIошташка. Цу кхалхаран тIетаIарш хилла къилбседехьа а, Малхбалехьа а, иштта дукха хан йоцуш шаламах (ледник) мукъаевлла хила езачу Малхбузен Европан кIошташка а.
            И неолитан зама нислуш ю, 8 эзар шераш тIера, 3-гIа эзар шерашка кхаччалца йолчу юкъахь. Цу хенахь юкъабевлла къинхьегаман гIирсаш бу: шуьйра кхеранан уьрсаш, бурош, дагарш, метигаш, тIулган кахьар, цу тайпа болу кхин тайпа гIирсаш а. Цу хенахь адамашна, серех юьйцина йолу, тIе поппар хьаьхана баннаш йан Iемина. Иштта Iемина, кхийра пхьегIаш йан а, тIаргIах, кунжутах маша боза а. Метигца латталелор, даьхнелелор, чIерийлецар юкъадалар, адаман дахарехь а, синкхетамехь а Iаламат йоккха революци хилла. Кавказехь, Юххерачу Малхбалехь долчу лаьмнин чIежашкахь йолу Iаламан хазна алсама хиларна, адамин дахар токхо йолуш хилла. Акха гезарий, сеш, хьакхарчий, акха олхазарш хиларал совнаха, алсама дуу ораматаш а хилла цу меттигашкахь кхуьуш. Цул совнаха, дуьнена тIехь уггаре а хьалха, акхаройх долу жIаьла, уьстагIий, маIаш йолу даьхнеш караIамо долийна цигарчу адамо. Иза хила еза, ш.оь. X-гIа эзар шерашкара хан. Дуьххьара яханачу хенахь, адаман дааран рационехь акхаройн дакъа алсама хиллехь, тIаьхьо латталелоран корматалла карайоьрзуш долчу адаман даар юккъехь, дуучу ораматин барам совболу.       
            Даьхнилелор, латталелор карадирзиначу адамна дуьххьара Кавказехь а, Къилб-малхбузе Азехь а ялта, кхоьш, вета лело долийна. ХIинццалца ломан кIеларчу аренашкахь а, ломахь а шайна даа рицкъ лохуш лелла и адам цигахь деба доладелча, хиш лелачу гечошна гергахь даха хоу. Цу заманчохь кхоллаелла ю, историно «Эль-Обайд», йа «Убайд» («Iу-ба-йа-да», гIазкх. маьIна, «он есть пастух и властитель», где «Iу» – «-пастух», «-смотритель», «-опекун»; «Да» – «-властелин», «-отец», «-хозяин») олу архиологин культура. И культура кхоьллинарг ду, «пранухьитан» халкъ. И меттигаш, керла кхоллалуш болчу юьртабахаман, хи тухуш (ирригиционни) латталелоран коьрта юкъ хилла дIахIоьттинехь а, кхин башхалла йоцуш деза хилла, эчиглалоран гIуллакх цу махкана довзар а. Ткъа и эчиглалоран гIуллакх дIасхьадаржа доладелла лаьмнашкара. Нийса хира ду, «Кавказ - Арарат-лаьмнин» кIоштара, вай аьлча.

            II). Иза ю, гIазкхашха аьлча, «Энеолит» олу «Йоьзан /ЦIастан/ оьмар». И хан нисъелла, 4 эзар шераш тIера, 3-гIа эзар ш.оь. шерашна юкъахь. Цу «Йоьзан оьмаран» хьалхара хан, яханачу «кхеранан оьмаран» аматаш долуш хиллехь а, ез лалор а, кхийра пхьегIаш юкъаялар а бахьана далуш, керлачу тIегIана тIе адаман дахар доккхуш нисделла ду, Средизимни хIордйистахь а, гIазкхашха «Междуречье» олучу «Шина хин юкъахь» а. Чолхе бахаман гIирсаш юкъабаха безаро, пачхьалкхан хьалхара аматаш юкъадаха дезна тIаьххьаре а цу адаман. Керлачу оьмаре хан кхачале деаначу диъ ахэзар шерашкахь, «Шина хин юкъахь» (Месопотами) дуьххьара юкъадаьлла ду, паччахьалан хьалхара аматаш. Иза нисделла, «Урук» аьлла цIе тиллина йолу, архиологин культура кхоллалучу хенахь. И тайпа йолу бахаман кеп кхоллало Месопотамехь а, цунна гергахь Iоьхку Къилб Сийрин, Хьалхарачу Азинан цхьацца йолу кIошташ чу а лоцуш. Билгалдаккха деза, цу барамехь кхиам болуш хилла бац, «Египет» олу Мисаран мохк а.
            IV-гIа эзар шаррин чеккхенехь, «Шина хин юкъахь» хуьлу Iаламан хилам – «хидестар», гIазкхашха «потоп» олу. Хетарехь иза нисделла, 3100-3000 ш.оь. (± 50-100 шо) шерашна гергахь. «Нохь-пайхамаран оьмарера, «хIорд бестарца» (гIазкх., «потоп») йоьзна сан хьесапан версии» аьлла билгалдиначу жур тIехь, аса схьадоьллура ду, цу «хидестарх» лаьцна сан хьесапо дина жамI (69-гIа агIо).

            III. «Варкъ (бронза) эчиган оьмар» ю, кхозлагIаниг. Цуьнан хан ю, 4 эзар шераш юкъал тIехдаьллачул тIаьхьа йолаелла, ширачу оьмаран I-ра эзар шераш тIекхаччалца йолу хенан юкъ чулоцуш. Даьлла лела даьхнилелор а, хи диллина латталелор а, йоза хилар а, пачхьалкхан цIарах лай лелоран дIахIоттам Хьалхарачу Азихь билгалболу зама ю иза. Езах варкъ гIазкхашха, «Бронзовый век» олу и зама. И оьмар, кхаа декъе екъалуш ю: «Варкъ оьмаран хьалхе» - (3500-2250 ш.оь.шш); «Варкъ оьмаран юкъ» - (2250-1500 ш.оь.шш); «Варкъ оьмаран тIаьхьие» - (1500-1000 ш.оь.шш) аьлла.

            IV). «Iаьржа-эчиган оьмар» олург ю, йоьалгIа оьмар. Ширачу оьмаран I-ра эзар шераш доладалале а, уьш доладеллачу муьрехь а Малхбален Гуьржийчохь а, Жимачу Азин малхбалехь а юкъадолу, Iаьржа эчиглалоран гIуллакх. И оьмар тIекхаьчча, адаман дахарехь Iаьржа эчигах бина къинхьегаман а, тIеман а гIирсаш юкъабовлар бахьана долуш, сихо хуьлу юкъараллин дахар тодеш бечу кхиаман тIегIехь. «Ширадахаран-юкъараллин дIахIоттам» олу дахаран кеп хийцалуш, классашка и юкъаралла екъалуш нислуш ду цу заманан и дахар.

            V). Цул тIаьхьа йогIу пхоьалгIа оьмар, «Шира дуьне» (гIазкхашха, «Древний мир») аьлла, нисйина хан ю. ГIазкхашха аьлча, «Античный период» а олу цунах. Цу хенан юкъ ю, ширачу оьмаран 6-гIа бIешераш тIера дIа, керлачу оьмаран 6-гIа бIешарна тIекхаччалца йолу юкъ. Ширачу Малхбален, Грецин, Риман «античный» дахар кхиарца а, керста дин кхолладаларца а, бусалба динан зIийдиг меттахяларца а, иштта нах-тайпанаш ТIехьарачу, Къилбседехьарачу Кавказе таьIаш дIагуладаларца а, билгалйаьлла ю и хан.

            VI). ЯлхалгIа оьмарах, «Юккъера оьмар» (гIазкхашха, «Средневековье») олу. И зама, 6-гIа бIешераш чекхдолуш йолаелла, 17-гIа бIешераш юккъе даххалца дIаяхана ю. Бусалба дин кхолладаларца а, цо зазадаккхарца а, цIуралла йолу мур болабаларца нисйина чеккхе йолу оьмар ю иза. Цу юкъахь нисло, нах-тайпанин доккхаха долу дакъа, кхоччуш бусулба динна юха тIедерзар.
           
            VII). ВорхIалгIа оьмар, «Кхузаманан оьмар» аьлла цIе тиллина, 17-гIа бIешераш юккъе даьллачул тIаьхьа дуьйна схьайогIу, «иблисан накъостий» ханна тоьлла, карара зама ю иза. Дуьненчохь яржа, марксистин дIаьвше ойла. КIезгачеран олалла долу монархеш йохош, кхоллало халкъан цIарах гIурт кего аьтто болу, «Иблисан накъостийн» Iедалш - республикаш. Нах-тайпанашна бале йолу, лулара гIазкхийн империи. Къилбседа Кавказера Малбузе агIо цIанйо Россино, цу меттехь орам болчу бахархойх (автохтонаш). Росси империн, олалла дIахIутту йоллу Кавказехь.
           
          VIII).
ТIейогIуш ю борхIалгIа оьмар, «Бодане чаккхе». Боьрша, зуда дуьххьара цхьана тIегIане а баьхна, тIаьхьа, зударшка дахаран олалла дIалура долу оьмар. Дала магийна низаман гураш адамин ойланехь маладеш, цу адамин васташ, ламасташ дохош, уьйрех хадийна адам ша цхьалха дуьтуш, демократин цIарах массо а тIегIанехь, къовсам марсабоккхура болу оьмар ю иза. «Иблисан» жима тоба коьрте а хIоьттина, «дуьненан адам», «дуьненан паччахьалла», «дуьненан дин» дIакхайкхича, «кIезгачеран лаамин кегари» ханна тоьлара болу зама ю тIейогIург. Иза ю, ма-дарра аьлча «Дуьненан чеккхе». Цу оьмаро чулоцура йолу хенан йохалла евзург, Сийлахьа АллахI бен вац! Иза ву, тIаьххьара тIадам хIоттора берг, нухьалан халкъана Ша ма-хIоттора.

 
Просмотров: 26 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли