Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2016 » Июль » 6 » "ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран ворхIалгIа кийсак
12:47
"ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран ворхIалгIа кийсак
Оршотан талламан дакъа а, хьовзамаш а.
          Цу хьалхарачу дийнахь, Шотас, малхбузехьара вогIачу масех некъахошка а ладуьйгIара. Церан къамелашкахь, дукха галаморзахалаш карийра цунна бакъдерг, харцдолчух къасто аьтто боцу. Массара а дуьйцург терралла йолуш дацара, цхьаъ доцург. Иза дара, йоллу малхбузехь а, неврехь а, чолхе хьал кхоллалуш хилар. Хетарехь а, шеконе а долчу хIуманна гонахьа, шеггара жигаралла гойтура йоцчу Шотас сацам бира, шен ваша Оршот коьртехь волу талламан дакъа, ма-дарра бакъдерг хаа кхарстаре дахийта. Вовшеха дагабевлла хьеший а, шолгIачу дийнахь новкъабевлира. Уьш кийча бара, дерачу мостагIчунна дуьхьало ян а, эшахь шайн халкъ Йоккхачу Кавказан невре, я Къилбседа Кавказе дIакхалхо кечамаш бан а.
          Оршотан талламан тобано, шаьш кхача лериначу агIонга, хетарехь ахнекъ биначул тIаьхьа, римхойн жима бIаца, ларамаза, дуьххьара тасадаларш хилира. БIе-бIеэзар шарашкахь, Iаламо болх бина лаьмнаш, бIенашкахь дагардалла долчу чIажаша хедийна, шуьйра а, готта а долчу Iаннаша ша тайпа жилIалам делла, буьрса елахь а, исбаьхьалло и буьрсалла йойьуш меттиг яра, «санаарой» охьабогIу и чIаж.

          Некъахошна сийсара а, Iуьйранна а дуьйна, шайна тIехьа декачу лаьмнин кIоргехь къора татанаш хазахь а, хIорш болчохь йачана хира ю ала гуш бахьана дацара. Делкъа хенахь, талламхойн новкъахь дуьхьалакхийтира гIарол доцуш йогIу йоккха ковра. Цуьнан хьалханче ладоьгIча, кху ковро шена тIаьхьаберзо безаш бара греко-римхойн бIо. РогIерачу тасадаларшкахь дукха бIахой байъанера цу ковра юккъера. Кхара а, дикка кийсак яккхинера тIаьхьабевллачарех. И ковра, тIехьовхург (приманка) яра хIинца, эла Корбан шен адамца генавалийта лерина Iалашо хIоттийна а йолуш. ТIаьхьабан тарало римхой тIаьхьакхиъча, и ковра а йитна, дIасхьабовла бакъо еллера цу коврахошна. Кхолладеллачу хьолехь, кху ковраца, шаьш схьабахкиначу новкъа юхабахабезар тIедоьжнера «Сана махкара» богIучарна а. Амма, Оршот юхавоьдачех вацара. Цо аьтто болу меттиг а лехна, шен талламхой, ломан даккъаш тIебехира и чIаж гатталучохь, цо мелла а ног тухачохь. Хьалха вахийтиначу шина талламхочо хаам беара хьалханчана: «АхбIе бIахойх лаьтта римхойн тоба ю, чIажаца хьалайогIуш» аьлла. Талламхой дIатийра, уьш тIехбовллалца аьлла. Амма, дагахьдоцу хьал кхоьллира Iаламан ницкъано. Талламхой Iачу меттигна римхой тIехбовлачу муьрехь, чIажан лакхера охьайогIуш ша-тайпа гIовгIа яра. Хье ца луш, и гIовгIа яккхина бахьана а девзира ладоьгIачарна. Иза хиллера, дистанчу хин юьхь.
          Деха, готтий, кIорга Iаннаш кхоллалуш, льмнин лахенашка мел гIурту уьш шорлуш, бIенашкахь кхолладелла чIажаша, ша-тайпа хин къепаш кхоьллина цу «Понтан лаьмнашкахь». Ахмохк лоцуш еъначу ячано, цхьаццанхьа, цу догIанан хи, и йача кхачаза йолчу метте а кхачадо. Иза дара кху чIажахь нисделларг, луларчу чIажан лакхенгахь и тайпа хилам ца нисбеллехь а. Шайн беза гIирс, оьшу ортхаллаш, герзаш, сурсаташ дохьуш йогIу ковра а йитна, дой тIехь айъаеллачу метте бовлар тIедоьжна римхой, тархаш тIехь къайлабевллачу санойн гIакхаш хилира. ТIера чу Iодан пхенаш а, гергахь нисвеллачунна гIемагIаш, тIулгаш а кхуьссуш, сиха хIаллакбира цара и боьхна бIо. Хин юьхьо, жимма «чанахин» ковра а лаьцнера. Цуьнан хьалханчан хьекъал кхаьчна, чIажан агIонца кхолладеллачу, доца боьране даьккха кхиана хиллера иза, цу ковран доккхаха долу дакъа. Дистиначу хино ка йохийна мостагI, дукха сиха зеназа вира «санаша». Куралла сетташ, богIуш хиллачаьрга кхаьчнарг, инзаре хьал дара хIинца. Дай боцуш йисна говраш, терсаш лелара, цу шайн дайн декъех хьожанаш а йохуш. Кондарех, чIажан тIулгех тасалуш йисначу ковран ворданаша, кхин болчу гIирсаша, ехха лар йитанера цу чIажан лахенга юьдуш. Талламхоша, царех пайденна ерг схьалахьош, тIегуладира римхойн герзаш, духарш, гIагIанаш, аьрха йоцу говраш а. Кху лахахь хилларг талла веъначу коврахочунна, тIедиллар дира Оршотас, кху шайн хIонцана цара доладийра долуш. Йисначу, греко-римхойн тобано дендерг хаа, бахара Оршотан бIо. Кхеран чIаж, пурх долчу, кхин а шуьйра долчу чIажах дIакхеташ хиллера. Хин юьхьо охьаеъна чалх, атагIан аре мел ю яржина Iуьллура. Цу чалхах мукъадаьлла хи, цу чIажан хи стоммадеш хIордехьа даханера. И хи дIадирзиначу меттера, ларталлархошна, лакхенгахь карийра, онда бIо хьалабахча йисна керла ларраш. И бIо, кхузашха чекхбаьлла хан, ахде бен дацара. Сецарш доцуш цара некъ бинехь а, мел кIезга лерича а, итт-пхийтта чакхарми бен, гена ца бевллера и ларраш йитнарш.
          ХIордайистошци бен талорш деш йоцу, греко-римхойн вовшахкхетта бIан тобанаш, лаьмнин кIорге гIертар доцуш яра цкъачунна. Амма, Оршотас зеназа йина тоба а, пурх долчу чIажаца хьалаяхна шолгIа тоба а, хетарехь кхечарелла а кIорге гIоьртинера нах-ваьррин лаьмнашка. Кху деношкахь, шайн дукхаллица кегийра тобанаш йохо Iеминачу грекин, ларадалар маладеллера. Шайн доьзало а, бахаман хIуманаша а базбина мохь кIелхьарбаккха гIертачу боьршачеран, ка йохийнера кху чолхе дирзиначу хьоло. Лаьмнин кийрахь кIелхьарадовлар лехначу божарийн, ахдакъа сов дийнера, тIаьхьабевлла богIачу грекаша, римхойн лаамашна дезарг деш. Делахь а, лулахой лоруш болчу грекаша, дийна биснарш лебира, «шун дахар а, шун доьзалан дахар а маьрша хира ду, шу тхан сураш юкъахь декъашхой хилахь» аьлла. Хаза дуьйцучух тешначара, шайн герзаш охьадехкира. Дукха сиха, грекаша, лога кIела гоьмукъаш хIиттийра дуьхьало ян гIора долучарна. Маршонна метта, машшашца бихкира церан когаш а, куьйгаш а. Зударий, бераш дIакъастийра, гIора доцу къаной байъира. Лолле берзийнарш, лайэцархошна бохка кечбинера цара. Суьйренга таьIна хан хиларна, тховса, кху меттехь буйса яккхар тIедоьжнера грекашна. Цара, туш тоха билгаляккхина меттиг дуьхьало ян а, тидамехь латтон а атто болу меттиг яра. Цуьнан ши агIо, дехьа-сехьа тIеоллабелла тархан лекха а, шера а ши пен болуш, готта, деха чIаж дара иза. Цара цу чIажан ши агIо дуьхьалонна чIагIйира. Хила таралучу кхерамна дуьхьала, шаьш хIоттийначу къайлаха гIаролах тоам бира грекаша. Шайна гонахьа, таллам а ца бира цара хан ялла хиларна. Иза, церан гIалат дара, хIунда аьлча, церан дов чекхдолачу муьрехь, агIонгара тIедеъна Оршотан талламхойн дакъа, къайладала кхианера коьллин варшашкахь. Кхуза кхачале, цу агIонга хьалагIоьртина римхойн жима дакъа, цхьаъ кIелхьара ца волийташ хIаллакдинера кхара. Хетарехь, и агIо маьрша хетта, йиначух тера дара цара тховса йина и ледерло а. Ларталлархой болчу «санашна» кондарш юкъахь карийра, яй чов йина кхиазхо. Иза а валош, коьрта дакъа долчу юхавеара цхьа талламхо, важа цу меттехь тидам бан а витна. Цу шинге ладоьгIча, Оршотас майра сацам бира, кху буса, кхуза, шечулла дукха болчу бIонна тIелата. Цуьнга и сацам байтинарг дара, хIорш болчу агIонгара тIеоллабеллачу пена юккъехь, лакхенгахь цхьа-ши стаг чухоъал дотIана хилар. Иза дара, йийсарш охьаховшийначу ломан пенаца, иттех метар лакхахь, цу пена юккъера арагIоьртиначу кондарша, и дотIана къайладаьккхина а долуш. Цу кондарш юкъа, масех пха хийцира грекаша. Къахкийна олхазарш, шийла махьарца хIаваэ айъаделча, цу юкъахь адам доцийла кхеттачу цара, тоам бира цунах. Оршотан ларталлархоша, ларалуш теллира и дотIана. ТIеттIа тIехь нислуш, кондарша къайлаваьккхина пхийттех стаг дIанисван аьтто болуш яра и меттиг. Муш таса аьтто а бара. Шен ларталлархочух дагаваьлча, шен шийтта бIахьо, цу бухахь нисбеллачу йийсаршна юккъе, чувоссо сацам бира Оршотас цу муьшаца. Цо лоьрург дара цIаьххьашха, маса, алсама мостагIий байъар. Цуьнан иштта, дегайовхо яра, шаьш мукъабаьхначу йийсарех жигаре гIоьнчаш хиларе сатасар долуш. Иза тешна вара иштта, шайн чехкалло мостагIчуьнан туш, гIурте ерзориг хиларх а. Цунна иштта хаьара, муьлхха а ларамаза нисделла лартIахь доцачо, хеназа шаьш гучадахахь, шен тоба хIаллак хира юьйла а. Цуьндела, кхуо коьрта лорург, кху кхиазхочух доьзна дара. Де сирла доллучуьра, кIант грекашна йийсаре ваха везаш вара, бухара йийсарш кечбан.
          - Ахьа боху: «Йийсарш юкъахь хьан нана ю, дийна виснехь да а хила веза. Цул совнаха, хьан да тIамца лелла ву а, эла ву а боху ахьа. Бакъдуй иза?
          - Ду. Сан да, «бIаьнча» а волуш тIом бина ву эрмалойн бIа юккъехь, эрмалойн паччахьан гIант къуьйсуш, шина вешин Арташесан, Тигранан тIаьхьенаш хIайт-аьлла хьийзачу муьран юьххьехь. ВоьалгIачу Тигранни, цуьнан йишина Эратонна тIехIоьттина, масех шарахь тIом бина ву сан да Корбан. Иза, Iехавелла лелла, уьш Iедале баьхкича Риман, грекин мостагIий царех хира бу моьттуш. Цо олура: Грекин, Риман мостагI, вайн накъост ву, цуьнан кийран кIоргаллехь дIалачкъийна, вайца йолу хьогIалла елахь а».
          - Хьуна мичара хаьа, баккхийчарна а хууш доцург?
          - Сан дас, суна кхоош хIумма а дацара. Сох, воккха хьекъалча ван дегайовхо яра цо кхобуш. Грек велахь а, безза мах биллина, хьехархо вара, суна Iилма Iамо цо лаьцна. И хьехархо соьца хьаькхана вара. Цо суна Iамийра грекин, римхойн, эрмалойн, мелла а иберин, парфин меттанаш. Тахана, иза, грек вуйла хиъначу кху грекаша вийра, цо соьгахьа гIо даьккхича. Со ведча, суна лерина пха, шен дегIе лацийтира сан хьехархочо. Делахь а, кхечо, тIаьхьакхоьссинчу уьрсо хIара чов йира суна. – аьлла, дегалецамо къажийна кхиазхо дIасецча, хаттар дира Оршотас.
          - Тушкас! – аьлла, кIента яккхиначу цIарца, цуьнан белша тIе, нийсархочунна санна куьг диллира Оршотас,
          - Хьайн да-нана, кIелхьарадаккха лаьий хьуна? – олуш. Цу цIеххьана диначу хаттаро кIентан бесни тохаялийтира. Кху вевзаш воцчу тIемалочуьнан бIара хьаьжира иза къаьрзина. Шеца йинарг, забар йоций кхеттачу кхиазхочо, ша караоьцуш сиха жоп делира: «Лаьа! ХIун де аса?» аьлла.
          - Хьо, цу грекашна, хьайн лаамехь йийсар хила веза. Аса аьлларг, нийсса кхочушдан а деза. Цул совнаха, хьо, мацалла лан де доцург хилар гайта деза цу грекашна. Цул совнаха, хьайна грекин мотт а, церан йоза хаар а гайта деза ахьа. Иза, хьо дийна вуьсург хиларан, юкъарахила (гарантия) аьтто бен дерг ду. Важа, ахьа дан дезарг, хьо хIинца вуьзчахьана дуьйцура ду ас хьуна, – аьлла, мекхан худар чохь долу кхийриг кховдийра Оршотас кIанте, - Кхерам-ам бац хьан дагца? – олуш вела а къежна.
          - Сан дас олу соьга: «Берзалойх кхерахь – хьуьнха эха оьшуш дац!» - аьлла, забар ян гIоьртира меттавогIуш волу кIант.
ХIума кхалла, кIант нацкъара ваьллачул тIаьхьа, шен бархI гIоьнчех дагавелира хьалханча а.
          
          КIантах хилларг хаа бахначу ларталлархошна гуш дара, шайн туьпна гергахь, коьллаш юкъахь хаавелла кIант грекаша лоцуш а, цкъа-шозза шад а тоьхна иза дIавуьгуш а. Царна гора, цхьана четар чу и вигар а, иштта цу четарна гонахьа айъаелла жигаралла а. Дикка хан елира, шина хехочо, иза, яйнаш кхехкачу метте вуьгуш а, цигара, леррина астагIа лелха кIант йийсарш болчу вуьгуш а. Иза дара Оршотана дезарг. Цо ма-леррара, нислуш лаьттара цкъачунна гIуллакх. Ларталлархоша дийцарехь, кIентан куьйгаш бен ца доьхкуш, когаш мукъа битанера цуьнан. И бахьана, иштта кхолладелира. Шина хехочух цхьаммо шен накъосте тIедиллар дира:
          - Вало, муш ба! ХIара муш, куьйгаш дехке бен, кхуьнан когаш бехка тоьура бац, - цхьана хехочо аьлча, резавоцуш, цунна дуьхьала яппарш йира вукхо.
          - Суна мичхьа карора бу и муш. Ца го хьуна, вайн боллу и къепалхой паргIатбовлар, чагIаран кит, шайн каракхаьчначул тIаьхьа. Цкъа чагIаран чам а баьккхина, тIаккха бехка ца мега и когаш? Вайн бIаьнчана томехьа хетта и кIант, вай эккхийча а, «дIагIура воцчух ву» аьлла ца хета хьуна? – аьлла.
 
          Буьйса юккъе яханера, туьпара гIовгIанаш малалуш, уьш дIатоьчу хенахь. Йийсаран меттахдийларш хаийта лерина ягош йолу цIе а, мелла а гIелъеллера. Къилберачу, цу бархатан-мокха стиглахь къегара бIаьрла седарчий. Туьшан жигаралла лахъялале, Оршотан тIемалоша дIалаьцнера, дов дIадоло аьтто болу меттигаш.
          АхбIе тIемалочух лаьтта «санойн» талламан и тоба, Шотан уггаре гIолехьа долу дакъа дара. Царна девзура массо а герз, буса, цуьнца тIом бан а хаьара царна. Боданехь лела, гонахьара хьолаца меттиг йовза, муьлхха а дерзор хууш бара массо а бIахой. Дехьа-сехьа лаьттачу Iинан пенаш тIех лакхахь а, Iинна лахахь а, шишша Iодахо вара охьахаийна Iаш. Шийтта бIахочунна тIедиллинера, буьйсанан шолгIа дакъа юккъедоьдучу заманчохь, уьш машшаш тIехула чубисса безаш хилар, йийсарш дIагулабиначу метте. Висна ткъеитт бIахо, шина декъе векънера Оршотас, уьш тебна, грекашна герга а бахна, цIеххьашха тIелетара болуш. Цкъа хьалха, цара меллаша дIадаккха дезаш дара, хьалхатаIийна къайлаха хIоттийна, грекин доллу гIарол.
          ХIун дара хьалханчо леринарг? Дуьххьара, дотIана долчу меттера уьрсаш чукхуьссара долуш йийсаршна. Уьш мукъабовлачу муьрехь, пхенаш, Iодаш муьшаца царна чу а кховдийна, шийтта талламхо а цу муьшца чувуссура волуш. Гуча ца бовлуш чубиссар нислахь, Iодашца гIарол зеназа а дина, шина декъе бекъабеллачех цхьаберш, уггар хьалха хьалханчин четарш чулелхара болуш уьш байъа. Ткъа вуьш, бийшиначарна тIелетара болуш. Массеран тидам цу юккъе бирзиначу муьрехь, арахьара тIемалоша, рагI шайга дIаоьцура йолуш, кеп яра Оршотас хIоттийнарг. Шийтта тIемалочунна цо тIедиллира, шайн батташ чуьра пхенин доьалгIа дакъа – мел кIезга а ворхI-бархI пха, мостагIчуьн са лоцуш дегIах латон.
          Буьйса, шина декъе екъалучу муьрехь, хехой хийцира грекаша, йийсаршна гонахьа йогачу цIераш тIе масех туьппалгаш а кхуссуш. Ткъайха хехо вара ахго лоцуш йийсаршна гонахьа дIахIоьттина, царех ах а, шайн хьалханча къайлаваьлча охьахевшира, рогIехь садаIа лерина. Йогу цIераш дIаян гIерташ гIийла лепачу хенахь, буьйсанан шолгIа хенан дакъа юккъе даьллера. Цхьана кхерчана гергахь Iуьллучу Тушкасна уллохь, лакхара чуластийна урс догIаделира. Ткъайха гIулч гергахь, шен гоьмукъна тIетевжина лаьтта хехочо бIаьргаш диллира цхьаъ тосаделла. Делахь а, набаро даздина негIарш сиха тIеттадийшира цуьнан. Зударий, бераш долчу агIонгахь лаьттачу цхьана хехочуьнан, наб яйначух тера дара. Шен карахь йолу кит ойъи, цу чурчу чагIарах кес-кестта къурд бора цо, зударийн агIонга кхиссарш а еш. Урс а, дукха хан ялале, шен болх бан доладелира. ТIаьххьаре а, ирахь, когаш тIехь лаьтта хехой, лаьтта хийша болабелира. Талламхошна хаьара, оцу хенахь и гIарол набаро тедойла, вовшашка деттачу маьхьаршна, дуьхьала жоп луш цара аз хазадахь а. Йийсарш машшех мукъабевллера, муьшаца чукховдийна Iодаш а, пхенаш а, шайна бухахь къайладаьхнера цара. Масех талламхо а окъам тIера чувуссуш йийсаршна юккъаийнера. Чувоссаза ши-кхоъ талламхо а волуш, цхьана хехочунна шеконе IиндагI хааделира пенаца меттаха хьеш. Массо а хехой тидаме лаьцна, кийчча Iоьхкачарна тIедуьйжира, и самаваьлларг, лога кIела пха тухуш зеназа ван. Цуьнца цхьатерра, вуьш а зеназа бан дийзира, шина декъе бекъалуш чухьевддачеран. Бийшина Iоьхку хехой самабовла ца кхиара, эгначеран герзаша царна Iожалла луш. Карахь герз доцуш бисначара, байиначу хехойн туьрсаш, гоьмукъаш, тарраш маса караийцира кхин а дехьа шаьш дIахьовдуш. Цигахь а, дукхачарна, набарха бовлаза а болуш Iожалла карийра. Четарехь лаьтта гIарол а, хиллачух кхета ца кхиийтира, туш юккъехь жигаралла айъайалале тIелеттачара. Делахь а, пха харц кхетарна, цхьана хехочо орца даьккхира. Четарш чулилхиначарна дуьхьало ян кхиара масех грекин хьалханча, мохь бетташ буьйраш а туьйлуш ша хезачарна. Уьш а, хье ца луш Iожалло совцийра, царех цхьаъ йийсар вар а хуьлуш. Уггар хьалха каравеънарг маса воьхкуш, охьавиллира шина талламхочо, Оршотас дина тIедиллар кхочушдеш. «Аьтто балахь, церан коьрта хьалханча йийсар вар, махбоцу кхаъ хира бу суна» аьллера цаьрга цу Оршотас. Орцано жигаре йина грекин туш, хIайт-аьлла хьийзара боьхначара низам дохийна. Гоьмукъ, я Iодан пха кхетий шайх оьгу накъостий гуш инзаре кхерам хьаьддера церан даге. Цкъацца, мила мичхьа ву ца хууш, вовшех тасалой хан а йойъура цара. Дукха сиха, ах ала мегара долуш, Iожалла карийра грекашна. ЧIажан шина агIонгахь лаьттачу грекин а, боллу тидам туш юккъе бирзина бара, царна тIехьашха, оькъамаш тIехь Iачу Iодахоша шайн хьалхара тохар дечу муьрехь. Туш юккъехь хуьлучуьнга хьежа аьтто бохийра тIелатар диначу Оршотан тIемалоша. Синбилгало къаьстачу хенахь, мила муьлханиг ву къасталучу муьрехь, шаьш дийна дуьтург хиларх дог диллиначу грекаша, тобанашка гулабелла дера дуьхьало йора. Шайн байъиначу майрох, къанойх чIир оьцуш, чевнаша кIелабитина грекаш бойъуш хьийзара, толаман цIогIанаш детта зударий а. ТIамах мукъаяллачу аренгахь гIемагIаш, гоьмукъаш, Iодан пхенаш лехьош лелара цу нанойн бераш а. Юьхь, кхарех цхьаа ца воьш, кхара ах грекаш бойъуш йолаеллехь а, тIаьхьено, тIелеттачарех кийсак яккха йолийнера. Талламхойх иттех накъост дIакъаьстинера воьш, ленволу чевнаш еш. Йийсарех а яллера онда кийсак – кхозлагIа дакъа хира долуш. Царна юккъехь къаьсташ вара, шовзткъа шаре ваьлла ву эра долу, говза леташ волу цхьа «чанах». Цунна герга хьийзаш волу кхиазхо бахьана долуш, и «чанах» цуьнан да хилар билгалдаьллера, ларамаза хиллачу «бIанакъосташна».
          Бераша гулайина хIонц йайначу Оршотас, тIом сацабайтира гонна юкъабоьхкиначу грекашца. Тушкас шена тIекхайкхина, цуьнгахула дIакхайкхира: «Герз охьадилли, йийсаре дуьйла!» аьлла.
          - Тхо йийсаре даьхкича, тхох хIун хира ду? – элира, царна юкъахь хьалханча ву ала томехьа волчу онда греко.
          - Иза, аша зуламаш диначу кху халкъо, бинчу сацамо къастора ду! – Оршотас аьлча, «Тхо, уьстагIий санна, шун уьрсаш кIелахь дала реза дац. Оха, тхан «тIеман энин» сий ларор тIеоьцу!» элира хьалханчас.
          - Иза, шун харжам бу. Ткъа кху адамин харжам, чIир эцар бу! – грекашка а олуш, - Эрана, кху адамна зе а ца дойтуш, юхадовлий Iодахошка, гIемагIан бIахошка болх байта! – элира Оршотас го биначаьрга.
Цу тIемалошна бераша, зударша пхенаш а, гIемагIаш а тIекхехьа долийча, уьш дан гIертачух кхетта грекаш, шайн хьалхе йолуш латар долийра, коьрта тохар чIажан лахене а долуш. Чуччабахна беш боцу тIом, грекин могIа нилхабеш бара хан мел йолу а. Царех тIаьххьара воьжнарг, церан хьалханча-вампIал вара. Цунна тIевахна, цуьнан тур улле охьадуьллуш, цуьнан турс некха тIейиллира Оршотас.
          - МостагI велахь а, турпалхо ву иза. ДIаверзо ма-веззара иза дIаверзор, вайн сийна эшам бац, сийлалла ю! – аьлла юхавирзинчу цунна, шен гIоьнча Каболат вайра,
          - Суна совгIатна, цхьаа йийсар витна моьттуш вац со, кху вайн хьешаша? – олуш, къажарца, гонахьа бIаьрг кхарстийра хьалханчас. - Цхьаъ ву, кху Ахболатас когаш, куьйгаш архашца дихкина Iуьллуш, - олуш, шена гергахь лаьттачу, доккха дегI долчу тIемлочуьнан белшаш тIе куьг туьйхира гIоьнча волчу Каболатас.
          - ДIавало, сихха схьавалаве иза. Кхуо иза вихканехь, меженаш тхьусйолар хилла, куьйгаш тIехь лелон везара ву шун иза. – велакъежира, цунах кхаъ хилла хьалханча а.
          - Иза-м текхош лелора вара, куьйгаш тIехь лелон, цIуй ваций иза, - олуш, шена гергахь лаьттачаьрга бIаьца йира цо, «схьавалаве» боху маьIна долу.
Дукха хан ялале, куьйгашний, когашньй чухула баьккхиначу гIуркха тIехь кхозуш а волуш, схьавалийра йийсар. Цунна тIехь ца хиллехь а, я дIадаьхнехь а духар доцуш волчу грекан бехке меттигаш а къайлаяхаза яра. Цуьнан куьйгашка, когашка ма-хьаьжжи, Оршот кхийтира бакъдолучунна гергахь ша хилла хилар. Цуьнан когаш а бостийтуш, куьйгаш дихкина муш малабайтира талламхойн хьалханчо. Зоьрталла волу грек, дегI нисдеш дIахIоьттира, ша верзина хиларх ийза а ца луш.
          - Цуьнан белшаш тIе, тIеуллург олла - тога [1]. Кху зударийн, цуьнан дегIе безам бодахь, хIорш леташ гиначарна хаьа-кх, цхьаа дегайовхо йоцийла шайн, къинхетаме дог даха. – забар йира Оршотас, гонахьа берш гIаддаха белаболийтуш.
Хьалха оьгIазлоно, тIаьхьа толамо дог иракарахIоттийначеран, уллераниш байъарца доьзнарг, цкъачунна, шолгIачу тIегIане теттанера.
          - Схьавоьл Тушкас, суна герга! Хаттал цуьнга хьо мила ву, муьлхачу даржехь ву? – элира Оршотас, кху адамашна юккъехь, грекин мотт хуурш дуккху а буйла шена хуушшехь.
          - ХIара, цу грекин уггаре лекханиг вара кху туьпахь. Со левинарг, соьца мелла а озабезам хилларг ву хIара, кхечара, со ве боххушшехь – олуш, гIодаьккхиначу кхиазхочо, хаттар дира йийсаре, - Хьан дарж довза лаьа, кху сан баьччана. Мила, мичара ву хьо? ХIун Iалашо йолуш веъна хьо кху лаьмнашка? – аьлла, хаттарш хIиттийра цо цунна хьалха. Вуьшта, ша кхечарна жоп лура дацахь а, кху шен безам бахна хиллачу кхиазхочунна, жоп делира цо.
          - Хьо, сан веллачу кIантах тIех тера хиларна, сан дегайовхо яра, хьо цу кIента метта лерина кхио. Ткъа со, сийдолчу чкъоран стаг ву, паччахьан доьзална гергахь а волуш. Сан цIе, Токсарис ю. Со, декъаза баьчча ву, гIайгIа йоцуш сан хиларо хIаллакбайтиначу кху турпалхойн, - олуш гонахьа куьг хьовзийра цо,
          - Аса, кхоччуш цаларарна сайн мостагI, сан «энис», кху тайпана жамI гайтина суна. ДIаала цу хьайн баьчче, хьо сийдолчу чкъорах велахь, сан дагахь долчух кхетий соьга тур ло, сайн са, айса оьцура долуш! КIанта гочдиначу дешнин ойла еш а лаьттина, масарна хозийтуш хаттар дира цо:
          - Чанахи! Кху сан йийсарна аса лура долу жоп ларон, суна накъостий хуьли шух? – аьлла, вукхара резахилла корташ а ластош тешалла деш.
          - Йийсар хьан ву. Хьайна луъург дан йиш йолуш, хьо ву-кха цуьнан да – элира Корбанас.
          - ХIа-хIа, аса лоьрург кхин ду. Аша, кху грекана ас делла жоп лардан, дош лой суна? – аьлла, шолгIа а хаттар дира Оршотас.
          - Ахьа диначунна, тхан сий дойъуш иза дацахь, тхо дала а реза ду, жоп ларор хIунда дуьйцура – элира, массарна хьалхара Корбанас.
          - Тушкас! Гочдел цунна сан жоп. «Хьо сиха ма ло, хьайн са эца. ХIара, хьайн ледарлонна белла грекаш, цкъа хьалха, ахьа хьан «энишна» дуьхьала бахийта, шайн вастехь сагIа а доккхуш, кху масех дийнахь, хьо сан хьаша хира ву. Цул тIаьхьа, аса хьуна хьан тур юхадерзора ду, - аьлла, ша аьлларг гочдиначул таьхьа, - Барт хиллий вайшиннан? – элира, безамехьа велакъежначу Оршотас.
Мелла а, ойла еш а лаьттина, резахилла корта таIийра йийсаро.
          - Со, «центурион»[2] ву, римхо вацахь а.
          - Юхадерзаде цунна, цуьнан духар. Вай хIинца кечам бан беза, вайн кхелхина махкахой а, хIара вай байъина грекаш а дIаберзон. Иштта схьагуладе герзаш, даьхне, рицкъ, грекин хазна а. Цу юкъахь хилийта, байъиначеран хIоьскаш чура гулайина хIонц а. Массара, шайна дезаделла герз а, духарш а гуладе цхьацца. Иштта, шишша дой а къастаде, цхьана боьршачу стагна лерина. Корбан! Ахьа, дисна рицкъ, хазна цхьатерра долчу шина декъе декъа. Цхьа дакъа шуна хира ду, шайн барт ма-хиллара декъа. Ткъа важа, тхайниг хира ду. Бакъду, цхьа дехар хира ду сан, и тхан дакъа, аша шайца лома хьалахьура долуш, дой хьаладуьгура долуш. Кхин дIа а таллам бан безачу тхуна, новкъарло ен йолу мохь бу иза. Тхо юхадоьрзачу хенахь, шу паргIата дохура ду оха цунах, - Оршотас аьлча, массо а хIуманна, цхьаъ доцчунна резахиллачу цхьаммо гIам-гIим дира:
          - «…байъина грекаш дIаберзон» беза тов? Иза хиънехь, цхьа ткъайха грек йийсар вийра ма вара оха, - элира цхьаммо, грекин декъий кегор ца дезаделла.
          - Цхьана ламарочо, хIун аьлла хаьий хьуна: «Сайн къена нана лийра юьйла хианехьара, туьхах юхкара ма яра ас» аьлла-кх. Цунна дайна, хьанна моьттура лай хила кечделлачу вайна, тахана, вай элий хира ду! – олуш, забар йира кхечо а, цхьаберш бела а луш.
          Суьйренга таьIанера де. Сийсара йийсарш Iийначу меттехь, шинхьа йогуш цIераш яра декъий дагош. ХIонцах, сагIийна схьакъастийна даьхне а дара, грекин хиллачу яйш чохь кхехкаш. Цу меттехь и декъий даго хилла сацам боьзна бара, цу лам тIехь хьаькхна хенаш цу тIера чукхисса аьтто хилар. Чуэгош йолу дечигаш, кеглуш, мелла а къахьегар тIерадоккхуш яра.
Цхьана четар чохь схьагулайина хазна екъна ваьллачу Корбанас, шен кIант вахийтира Оршоте а, цуьнан а, шен а гIоьнчашка кхайкха.
          - Корбан! Хьо, паччахьан хазнехь къахьоьгуш-ам ца хилла? Кху тайпана, ахча ша доккхуш, пхьегIаш цхьатерраниш, цхьана механа ерш къастош, дашо, дети шайн-шайн пIелдигаш чудухкуш болх бан хуург, Iаламата говза стаг хила веза. И «эни» резахуьлда хьуна! - Оршотас аьлча, ша хьасторах там хиллачу «чанахис», шен кIант юкъахьакхийра.
          - Со цхьаъ ларалура вацара, хIара Тушкас гIодеш ца хиллехьара, - аьлла, рогIера дато кад, сал бина лаьттачу пхьегIашна юкъахIоттийра, - Кханенна сагаттадечу дас, шен доьзал, Iилмана герга теIабо. Ткъа даьхне дебо лериначо, шен кIентех жаIуй бо. Хазанчас, шен кIант, тIорказна догIа детта Iамаво. Аса сайн кIант Iамо, грек-софист [3] лаьцнера. Иза, селхана вийна кху жIаьлеша. Ткъа со, цу кхааннех а, жим-жимма хIо хьакхаделлачех ву. Бакъду, хьо орцаха ца ваьллехьара, со а, сан кIант а лоллехь хира вара тахана.
          - Ма алалахь иштта. Хьан кIант, элан кIант хила таралуш вара хьуна, со, цуьнан кхолламна юкъа ца гIоьртинехьара, - олуш забар йира талламхочо.
          - Иза, иштта а элан кIант ма ву. Со, эла ву. Сан дай а хилла, элий. Тхан воьалгIа да, цхьабIе ткъа шо хьалха, ЯлхалгIа Митридат [4] Понтан пачхьалкхан коьртехь волчу муьрехь, «Чанахин махкахь» паччахь хилла ву. Иза-м, яхна хан яра. Нагахь санна иза къайле яцахь, алахьа ларамениг! И грек сел лерина лелор, муьлхачу бахьаница доьзна ду хьан? Суна, сан вашас хьалхахIоттийна Iалашо ю, хIун дан лерина бу хаа и грекаш а, римхой а. Уьш и хIордйист чIана а яккхина, ницкъаллехь верг гIора дойъуш мал а вина совца гIерта, я вайн кегийра ваьрраш шайн юьхь йоцуш, мохк а боцуш хIаллакдан гIерта? Кегийчу гIуллакххошкара иза суна хуура дац. Хиънарг а, кхоччуш кIорге гойту жамI а хира дац. Аса леринарг сан нислахь, со майрра, кхузара юха а вирзина сайн кIоште гIура ву, айса теллинарг, хьесапе эцнарг а эцна. Соьга хьоьжуш Iаш, вайн орамах болу, мехкин сийдина къонахой а, халкъан хьалханчаш а бу. И «Центурион», сан кхерамах озалура волуш вац, я валарна кхоьруш а вац. Аса дича, сан таIзаро а, со, сайн Iалашоне кхачора вац. Сан ларамо а, цуьнан безам бахначу хьан кIанта а, цуьнан кийрара ша башийча, иза къамеле ваьккхича, аса сатуьйсу цуьнгара цхьа къайле хаа, йовза.
         - Хьайна дезарг цуьнгара хиъча, хIун дан дагахь ву хьо цунна? – хаттар дира Корбанас.
          - ДIахеца!
          - Муха!? Гуттаренна а!? – олуш цецвелира Тушкас.
          - Иза вийча, хIун нисло вайн? ЧIир. Я воьхкича а, хьалхадолург хIун ду вайн? Оццулла шайна зе дина волчу цунах, сан хьесапехь, цуьнан хьалханчаша, цхьа «драхма» [5] а лура дац, «мина» [6], я «талант» [7] хIунда дуьйцур вай. Хьанна хаьа, цхьа къинхетам а хилла иза гIуллакхехь висахь, пайда хила а таралойм цунах.
          - Сан хаамхоша дийцира суна стохка, цу грекашна, римхошна юкъахь, хьогIалла ю бохург. Иза иштта делахь, цу хьан Iалашонах, тхаьш кхетта аьлла хеташ ву со. Тхо, накъостий ду-кха хьан, цу ловзар юкъахь - Корбанас аьлча, «Кхана вай дендерг, тховсалера къамеле хьаьжжина хира ду» элира Оршотас а.

          Ул-уллохь лаьтта ши четар, хаза хьожа йогIачу даарша ниIмат делла, жигаралла айъаелла дара. Дика даарш дан хуу зударий а, церан гIоьнчаш а бара, цхьана четар чохь къахьоьгуш. Вукха чохь Iаш вара пхиъ къонах, шайна юкъахь кхиазхо а волуш. Сийсара кху четаран да хилларг, тховса, «хьаша» вара кху чохь. Ткъа четаран да, Оршот а волуш, цуьнан аьтту агIора Iаш верг чанахин сийдиначу чкъоьран векал, эла Корбан вара. Оршотана аьрру агIора Iара, гIоьнча волу Каболат. ХIусамдайша, Оршотана дуьхьала нислуш хаийнера грек Токсарис. Цу гоьрга, кхарстаран (походни) стоьла гонахьа Iаш волу кхиазхо Тушкас, грекана аьрру агIонгахь, меттиг лаьцна Iара.
          Цхьаа вист ца хуьлуш, хан елира, тIекхоьхьачу дааршка хьоьжуш, цхьаберш а болуш, Оршот, Таксарис вовшашна тIе хьажар долуш Iара, шен-шен ойланаш а еш. ТIаьххьаре а, хIусамдас шен аз хазийтира чохь болучарна.
          - Токсарис! Нийса йоккхи аса хьан цIе? – аьлла хаттар а дина, - Резавуй хьо, оха дIаберзийначу, цу хьайн бIонакъосташна? – аьлла, куьйгаца ишар йира цо, кхиазхочуьнга, «гочде» олучу хьесапехь.
          - Грекин, уггаре доккха зулам лоруш ду, белларш дIацаберзор. Сан хьолахь, иза дан сан ницкъ кхочура бацара. Аша, суна моьттина доцург ди. Цу Везачу «Ареса», диканца бекхам ца беш, дуьтура дац шу.
          - Аша, тхан ваьрраш акха ларахь а, тхан ламасташ кхин шучарелла тIаьхьадисна дац. ХIун эра дара ахьа, тхан хьошаллах а?
          - Цуьнан мах хадо, хан а йогIура ю. Тхан, грекин кхетамехь, хьаша хьан тхов кIелахь мел ву, хьан тешнабехках кхера везаш вац. Хьешан бакъо ларош ду дин а, цу динан «цIуй» а. Тхан «эни» «Зевс-Хьашаоьцург» ву, сийлахьа йолу, хьошаллин уьйраш ларош верг. -
«Токсарис» олу и хьан цIе, грекин ю моьттуш ма вац со-м? - Оршотас аьлча, «хьешан» балда, цхьана агIора делакъежира.
          - Ахьа, иза нийса билгалдаьккхи. И цIе, грекин яц. Наггахь бен карора яц иза хьуна, караяхь а, Афинехь бен. Кху Понтан хIордаца хуьлуш а яц иза. Иза, скифин цIе ю. ГIараваьлла дархо а, хьекъалча а хилла, цкъа моцаха, Элладехь вехаш и тайпа цIе а йолуш. Афинехь ун гучадаьлла, цу гIалана кхерам тIехIоьттича, цу Токсарис хьехна, цу гIалан урамашка мустаделла чагIар Iенадайтина боху, цу беркате волчу хьекъалчас. Цунах бахьана хилла, и Афина, иштта кIелхьараялла олуш ду. Цуьнан сийна тиллина ю олура, сан дас и сан цIе а. Муьлххачу цIеран, бийца, ладаме бух хила беза. Сан цIеран бух, иштта дийцар долуш бу! – цо аьлча, Тушкас хьоршамаш туьйхира.
          - ГIоделахь «Зевс»! – элира Токсариса, - Ахьа тоьхна хьоршамаш, диканиг дохьачех ю. Кху вовшахкхетаро беркате тIаьхье кхуллура ю. Грекин, и тайпа тидар ду цу хьоршамашца доьзна.
Каболата, хаттар дан шен баьчче бакъо а ехна вистхилира.
          - Декъий гуладеш, царна юккъехь кхоъ дакъа билгалделира тхуна. Уьш, тхан хьесапехь римхой бара. Цунах хIун олу ахь?
          - Нийса ду. Царех цхьаъ, римхойн векал волу «квестор» [8] а, цуьнан, шиъ дегIларориш а бара. Цу «квестарна» тIедиллина дара, сан «центурия» олу тIеман декъан гIуллакхаш, тидамехь латтадар. Иза, сардалан гIоьнча вара.
          - А-а, римхойн Iуналла доцуш, ког баккха йиш йоцучеран эшар яра иза-м. Шу эшар «энин» а, «стратеган» [9] а бехк бу? – Каболатас аьлча, Токсариса шен хьажаюккъе шад гулабира.
          - «Зевс-КIелхьарадоккхург» бехке вац! Бехк, бийшина Iихкиначеран бу, шайн «энига» орца а ца доккхуш. Тхан Iадатехь, тIом болабалале оха тхайн лаам цуьнга кховдабо. Цо тхуна, толам баккха гIо а до. «Пельтасто» [10] кхоьссина «пиллум» [11] кхочачу гергахь нисвелларг, цкъаа сан карара ваьлла вац. Суна дуьхьала хIоьттина, леташ со эшо, хIинццалца ваьлла стаг цхьаа вац! Буьйсана, ша чагIалкхаш санна тIелетта, набарха валаза волу стаг эшор, дозалла далла майралла а яц! – элира греко шен оьгIазвахар гойтуш. И тайпа, юкъаметтиг морса ялар, Оршотан Iалашонца догIуш дацара. Кхиазхочунна, ша хIинца олург гочдар доьхкуш, шен гIоьнчана тIечевхира Оршот: «И тайпа къамел дан лериначо, юьтийла маса хIара чоь!» аьлла. Делахь а, грекана гергахь, шен бIонакъост бехке ца вира цо.
          - Шу массо а, сан хьеший ду, кху чохь шу мел ду. Ткъа Таксарис, вайн массеран хьаша ву. И санна къамелаш, кхин ма хазийталаш суна. Делахь а, еза кхоссар йиначу кху сайн хьеше цхьа дош а эра дара аса. Аша санна, берашца, зударшца тIемаш беш дац тхо. ГIора доцу къаной а, ца бойъу оха. Хьо зоьрталла ву, майра а хира ву. Амма, кхин долчу хIуманашца, хьо оьшуш вацахь, кхин тхолла тоьлла вац. Вай, цхьатерра ду.
И тайпа къамел дар, аса, хIусамден бакъонца доьхку шуна!
          - Гечде суна – элира, бехкалла вахначу Каболатас.
          - Ша Iаччохь дIасхьахьайначу Токсарисас а, бехк ца биллар дийхира, шен ца тоьъначу собарна.
          - Дицдер вай. Хьалалацал, чагIаран кедаш! Цу вайн Сийлахьа-Безачу «эниш» тIера, хIара кад мала лаьа суна. Сийлахьа хуьлда, вайн массеран «эни»! – олуш, машаре кад айъара Оршотас.
Еттина, шо кхачаза долчу шинаран меженин тIассаш хIоттийра кхарна хьалха, даарш тIекхоьхьачара. Масех кад меллачул тIаьхьа, къамелаш а шарделира.
          - Токсарис! Ялх бIе сов долчу шарахь, кху хIордайистехь, тхойца цхьаьна даьхна шу-м, шаьш лелон дезарг хууш дара. Кхузтке пхеа шарахь бен, хIара мохк бевзина боцчу римхоша хьийзориг, хIун ду кху махкахь? Мохк беза царна? Мохк безахь, цуьнан адмаш доцуш, кху махках пайда эцалура буй цаьрга? Я уьш, кху махка шайн римхой бало лерина бу? Со ма ца кхета цара а, аша а хIинца лелочух. Массеран хьашташ кхочушден долу гIулчаш яхар, пайденна дацара массарна а? Масала, аша хIордаца махлелош, оха, тхайн говзаллин хазнаш шуна юхкуш, римхоша – шаьш ницкъаллехь хиларе терра, вайн хьашташ ларорна хуьлучу йолах тоам беш, даьхча гIолехьа дац вайна?
          - Аша, маца елла и ял, ницкъалгIа яккхачи бен? – олуш, къежира грек.
          - Шуна, еха ца хаьа. Аша, шайн оьзгех дозалла до, - аьлла, Оршот а велакъежира.
Къамелан чурхе хийца еза аьлла хетачу Оршотас, шена башхалле долу хаттар дира греке:
          - Токсарис! Кху чIаже хьалавогIачу новкъахь, аьрру агIора бахна римхойн бIо, хIун Iалашо йолуш гIоьртанера цу чIажа? – аьлла.
          - Ахьа гIоьртанера бахахь, шун тидамера баьлла-кх иза?
          - Цабаьлла. Цу чIажан акхаройн даар хилла, цуьнан бIахойх кхо де хьалха.
          - Цуьнан «центурионах» хIун хилла? – элира, къайлехь ша сецийна дегайовхо яшош, йоьхначу дог-ойлано таIийначу грекас.
          - Иза дийна вац! Цхьаа, дийна вац царех. Цу буса, лакхарчу лаьмнашкахь деъначу догIано дестийначу хин юьхьо дIасхьакхиссина цуьнан тIемалой, сан Iодахоша, ичча-бIаьргаца лоьцуш байъана уьш берриш а. И дакъа а, ахбIе тIемало волуш бен ца хиллера.
          - Кху лаьмнин тешнабехк ца бевзу, кIира хьалха Римера далийначух, зер доцу дакъа дара иза. Цуьнан хьалхара тасадалар, кху Корбанан талорхошца хиллера.
          - Иза бакъду. Сох, дикка кийсак яккхира цара, кхаа декъах ши дакъа, сайчара а зеназа дира, туьйранахь буьйцучу цу римхойн. Уьш сайна тIаьхьара баха, тхайн йоллу ковра цу чIажаца хьажийра аса. Ткъа со, сайн доьзалца а, бисначу цамгаре бIахошца а, кху чIажаца хьалагIоьртира, хьо суна тIаьхьакхуьучу муьрехь.
          - И ковра, сан букъа тIехьа а юьсуш, сан кIелонна тIенисделира «цинтурийан» и дакъа. Хьо санна паргIатдаьлла догIу и дакъа, Iуьйрана еъначу хин юьхьо жигаралла йохийна, сан кIентийн пхенин даккхаш хилира. Цу талларехь, суна зен ца хилира. Бакъду, римхойн герз а, духарш а оькъамаш тIе хьаладаьхна, дIадахкар хилла сан. Кхана схьалийцахь, къаьхкина яхна и говраш а, сан хIонц лара мегара долуш ю.
          - Сан «Арес»! – олуш, шен корта лаьцна хьалагIаьттина грек, цкъа-шозза чухула дIасхьа волавелира,
          - Соьца хьагI йолчу «цензорна» [12], хила дезарг хили. Гечде ахь суна, хIай сийлахь «Арес»! ХIара, куц-хьарам долчу тхо куйгалхойн хила еза гIайгIа ю, хIинца меттахъялла, сан кийрара арагIертарг! - олуш кхин цкъа-шозза дIасхьа а волавелла, кад буьззина, ша чудоьттина чагIар дIамелира цо.
Юкъа хан ца юлийтуш, кхин цхьа-ши кад а бассийра, Iаламата дог доьхначу греко. Дикка, вист ца хуьлуш а Iийна, ша-шега лоьш санна къамел долийра Токсариса:
          - ДоттагI а, агIонча а волу «квестор» вий, кху чIажахь цуьнан. Шега ас далхийнарг ца деш, шен дош тIедаккха, суна ечу хIуьттаренна, хIара цхьабIе кхузаткъеитт адам а дайъита цо.
ХIара кхаъ шега дIакхаьчча, со цхьаъ бехке а вина, сан доьзалан цIе бехъеш, Трапезунтан майданашкахь деза къамелаш деш лела, эхь хетара дац цунна. Аса ма-далхийра цуьнга: «кегийра дакъош, лаьмнин кIоргене тахана дахийтар, империна зулам дар ду. «Чанахин» хинкеманаш дохош, кхоччуш хIордйист лаьмнех дIа а хадийна, цу лам буьххьехула, шинхьаша яхийтиначу легионашца чIогIа го а бина, и го, меллаша хабабан беза, массо а агIонгара цхьатерра тIетаьIна. Иза деш вай дацахь, цу ваьррашна ахмаршо а елла, царех вайн агIончаш бан беза» аса аьлча: «ХIа-хIа, массо чIажашкара адам цу лаьмнин даккъаш тIехула дехьа а кхиссина, хIара лаьмнаш, кхечахьара далийначу ваьррашца юхадуза деза, шен хенахь, Ассирин паччахь хиллачу Намрудас санна» бохуш, и шен харц ойла, массарна марзйина лелаш ву и зуламхо.
          - Токсарис! И тайпа, хьан санна йолу ойла юьй, кхечу грекин а? – аьлла диначу хаттаро самаваьккхина, меттаван, тIерабаккха санна корта ластийра греко.
          - Яц! – аьлла, леррина Оршоте а хьаьжна,
          - Царна, цкъа моцаха, шайн дай санна баха лаьа. Амма, Римо, царна луург дийра дац. Дац!!! – олуш, дацаре пIелг а ластийна, шен шуьйра пхьаьрсаш тIе, гIелбелла корта а божийна, хар-аьлла наб ян велира Токсарис.
          - Кхуьнан дозалла, чагIаро шен метте дIанисди, - элира, кхараллехь, сирла корта болчу Тушкас, шен яккхий кIайн цергаш гучайаьхна вела а къежаш.
          - Вайна хаа дезарг, вайна хезна. Тховса, садаIа а мегара ду. Корбан! Со тховса, хьан четаран хьаша ву. Вайшинна дан дезаш, кхин а къамелаш ду, цхьана ойлана гонахьа. Ткъа хIара четар, кху Токсарисна дуьту вай. Каболат! ГIарол сема хилийта, чIажан лахе, лерриначу тидамехь латтае. Кхана, малх гIушлакхе болучу муьрехь, кху чохь вовшахкхетара ду вай. – олуш хьалагIаьттира Оршот, садаIа лерина.

ССЫЛКАШ:
Тога[1] - римхойн боьрша стага, тоьхулла тIеуллу духар. Ткъа туника а ду, римхойн духар. ТIехула юьйхина тога а йоцуш, цхьана туникца ураме ваьлларг, чухула духачу духарца ваьлча санна лоруш хила цу шираллехь.
«Центурион» [2] – римхойн, юккъерачу могIера эпсар. Ткъа «центурия» – римхойн тIеман дакъа хилла, цхьабIе ткъа стаг а волуш.
Софист [3] – Шира Грецехь мах луш лоцуш хилла, философии а, къамелан исбаьхьалла а Iамош волу хьехархо, иштта кхин долу Iилма а.
Митридат VI [4] – Понтан пачхьалкхан паччахь хилла, 120 – 63-гIа ш.оь. шарашкахь.
драхма [5] – грекин дато ахча. Цхьана драхме чохь ялх обол (3 гр.) хилла – 18 грамм дато.
мина [6] – грекин, цхьаъ датон «мина» (341,2 гр.) нислуш хилла талантан 1/600 дакъе.
талант [7] – датон ахча ду, 60 минан дозалла а долуш.
«квестор» [8] – Риман пачхьалкхехь, лахара даржехь волу, хоржуш волу стаг хилла иза. Квестаршна тIедехкина хилла хазанчин декхарш, цара ларош хилла пачхьалкхан архиваш а, байракхаш а. Уьш хилла иштта, нацкъара кIошташ тIебехкиначу сардалин гIоьнчаш а.
«стратег» [9] – «стратег» олу кхетам, «тIеман баьчча» олу маьIна долуш бу.
«пельтасто»[10] – дайгерз долу грекин тIемало.
«пиллум»[11] – Римхойн бIахоша кхуссуш йолу гоьмукъ.
«цензор»[12] – Риман пачхьалкхехь хоржаш долу дарж. Цу даржехь волучунна тIедиллина хилла, адаман ойланаш тIехь Iуналла дар а, паччахьалкха бахам нийсачу новкъа бахийта а. Пхи шо моссазза долу, цу цезорша юхаязбеш хилла боллу бахархой а, церан бахам а.
Просмотров: 351 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/4
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2016  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
    123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031
Назам
Адин,Сурхон илли