Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2016 » Июль » 6 » "ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран ялхалгIа кийсак
15:23
"ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран ялхалгIа кийсак
«Са-На» мохк, Жимчу Кавказан, нах-ваьррин кIошта.

Историн хаам:
          Шираллехь, «Iаьржа хIорда» йистехь даьхначу ваьррин хаамаш бу Геродотан, Ксенофонтан и Страбонан белхаша Iорабохуш. Геродотан муьрехь, Колхидан бердайистехь, неврера (Таманан ахгIайре), къилбехьа (Трапезунда) кхаччалца билгалдаьхча, дехаш хилла ваьрраш ду боху: синдаш, керкеташ, зихиш, (кхуз. Краснодаран мохк); Абхазехь - гениохиш, абасги, кораксаш, колхиш (Фасис/Риони/ хи тIера, Батумира Акампсис/Чорохи/ хи тIекхаччалца); кхин дIа – макронаш (сан.тIет. «махалон», «макъалон»), Ксенофонтас дийцарехь, кхин тайпа колхиш (кIол-хи) а, Трапезундан кIоштахь бехаш болу.
Цу Трапезундан дехьа бехаш хиллачух тера ду: скифинаш (авт.«скифаш»), моссинойкаш (сан.тIет. «массо-некъи»), тибаренаш (сан.тIет. «тIе-ба-аренна»), халибаш (сан.тIет. «хьоле-ба») «Ирис» хи тIекхаччалца. Батумина, Трапезундана юкъахь долчу лаьмнашкахь бехаш хилла мосхиш (сан.тIет. «маса-хи», гIазкх., «быстрая река»; иза ду /Чорохи/, дуьнентIехь уггаре сиха а, маса а долу хи), таохиш (сан.тIет. «тхо-Iа-хи»), саспираш (сан.тIет. «»). Бакъду, и ваьрраш дехачу мехкин дазонаш ма-хиллара девзуш дац (хетарехь билгалдина ду). Лакхахь хьахийначу ваьррех, аса кIела сиз хьокхуш Iарждинарш, шайн этнически бухца нах-хурри, я хурри-нах тайпанаш хилла. Уьш, греко-риман Iаткъамо цу махкара аратеттина ду, «Дарьялан чIажна» гергадахар тIедожош. Цу махкахь дисна церан дакъош «Понтан паччахьаллина» а, тIаьхьо, «Трапезундан империна» а чохь дисина ду. Уьш, шеко а йоцуш, тIедаьхкиначу халкъаша шайх тардардеш, гайта юьхь йоцуш дайначех ду тахана.
Аса лакхахь хьахийна и ворхI ваьр доцург а, кхечу цIерашца билгалдевлла ду кхин тайпа тешаллаш а, цу тешаллашна лерина баххаш а.
          Шира мохк «Хайаса» (Хай/хой-Iа-са), изза «Диауэхи» (Дай-Iа-хи), изза «Таохи» (Тхо-Iа-хи) олуш, Жима Кавказана, кхаа цIарца евзуш хилла, цхьа кIошта ю иза. Кхузаманан Iилмано, харцхьадаьхначу тешаллашца бух кхуллуш, цуьнан бакъ хилла дай – автохтонаш (хурри-нах-урартуой) эрмалошна тIеязбеш, эхьдоцуш лачкъийна а, дIаелла а истори ю тахана, цу махкана гонахьа кегориг.

 
POBEREZEMORY.md.png

          Хеттин яздина шира тешаллаша хьахош бу и мохк, «Хайаса (Хай/хой-Iа-са) мохк» олий. Урартуоша, «Диауэхи» а олуш, ассираша, «Даяени» олуш хилла цу махках. Урартуой, нах-ораман этнос хиларна, цу заманчохь цу махках цара йоккху цIе а хила еза «Дай-Iа-хи», я «Тхо-Iа-хи» аьлла. ХIунда? Цкъа делахь, «Чорох» хин атагIахь Iуьллуш и мохк хиларна а, зайл-йозанан биллам, симитин («аккадайн» ду бохачу йозанца нисдина) меттан бух тIехь схьабастар болуш (гочдар) а хиларна. Хурритин, урартуойн зайл-йоза, ма-аллара, я ма-хаззара гочдар долуш дац кхузаманчохь. Иза иштта хилча, цу цIерашна чудиллина маьIна а, харц бух гойтуш хира ду. Хинццалца (къаьсттина, тIаьххьара ши бIешо), дуьненна евзуш хилла йоцу истории кхуллучу муьрехь, Iилман дастар а хилла буьйдалла йолуш а, кхачамбацарш долуш а. Цуьндела, цу хенара историно ма-кхоллара и цIераш магор а, яхар а нийса дац тахана, иза ца хиларна бакъ Iилма.
          Ширачу оьмаран II-гIа эзар шарашкара дуьйна, Къилб-Малхбален «IаьржахIордайистехь» цу махкахь а, гергахь а дехаш хилла ваьрраш ду: «халдайн» («Хьал-Да-йа», я «ХIал-дай»; 5-2-гIа ш.оь.бIешараш.), «халибан» («Хьали-ба», «Хьоле ба»), «диауэхин» [(дай-Iа-хи); таохи (тхо-Iа-хи)], «махалонан» (
изза «макрон»; «Ма-хIал-ан-ва»), «моссиникин» («Массо-некъи», я «Маса-некъи»), «санаран» (сана-ара; -ари), «дрилан» (дар-или), «чанахин» (ча-нахи), «тибаренан» («тубала», «ТIе-бара-эни», я «ТIехь-ба-аренна»; гIазкх., «над ними эни/правители»; «Есть /они живут/ над равниной»), иштта, тIаьхьо кхоллалура долу «иберин» ваьрраш а. Цу ваьррин, вовшашца боьзна орам («нах-хурри орам») ширбалаза хилла, хетарехь долу шираллин дазо, эзар шаре далаза а долуш.
          Антични, «шираэрмалойн» яздархоша билгалдина тешаллаш ду, и ваьрраш этнически цхьа орам болуш хилар а, церан локальни йолчу меттиган, я тайпанан цIарах цIе тиллар бен башхалла йоцуш, «хурро-нах-урартахойн мотт» буьйцу, цхьа халкъ иза хилар чIагIдеш. Страбонас а, чIагIдеш ду изза. «Ширагрекин» историк волчу Ксенофонтас (V-гIа ш.оь.бIешаран чеккхе) деш долчу тешалло а, билгалдо: «80 стади (авт. «1 стади - 117 м») яккъаш йолуш лаьтта эвлаш, цхьаерш яккхий а, вуьш кегийра а ю. Церан бахархоша, вовшенга мохь тоьхча а хезара долуш, лаьтта уьш. И мохк, Iаламата дукха гонаш, Iаннаш долуш бу». «Кардухиш, халибаш, халдаш, макронаш (сан.тIет. «махалон», «макъалон»), колхиш, моссиникаш, койташ, тибиренаш персин паччахьана кIелахь дацара». «Халибан тайп, уггаре а майрачех дара, церан махкахула тIехбовлачу «эллинех» леташ, куьйган тIом бора цара … мостагI бIаьрга гича, иллеш, хелхарш дора цара».
          
Цигахь дехачу массо а «хурро-урартахойн» тайпанин цIе йоккхуш, шира историкаша олург ду: «уггаре а майра тайп», «массарелла бIахьалалла йолу тейп» олий. Каппадокин сардал волу римлянина, Флави Арианас (II-гIа ш.оь. бIешо), цулла, дикка тIаьхьа дечу тешалло а боху: «…трапезундашца, Ксенофонтас дийцарехь дазо долуш бу колхиш. Цо дийцарехь, и халкъ уггаре бIахьалалла а, барамбоцу хьагI трапезундашца йолуш ду, цо церан йоккху цIе «дрили» (сан.тIет. «дар-или») ю, суна хетарехь, уьш санаш (сан.тIет. «санаараш») бу; хIинца а уьш бIахалалла йолуш а, «трапезундахошца» машар хирабоцуш мостагIий бу уьш, чIагIйиначу меттигашкахь бехаш; и халкъ шайн паччахьаш боцуш а, дукха генара дуьйна Римана ял яла езаш а бу. Амма, зуламхой болчу цара, яла ма-еззара луш яц и ял» бохуш дуьйцу цу Арианас а.
          Шира историкаша хьахош ду, цу «колхин» тайпанин, «дечиг бIаьвнан архитектура яра» аьлла. Цу дечиг бIаьвнех, «моссина» олуш хиларна, цигахь дехачу тайпанин цIе а, «моссиники» хилла» бохург ду, «грекин» поэт волчу Аполлони Родосскис яздеш. Суна хетарехь, и «массиники» олу тайпанан цIе, «массо-некъи» (гIазкх. маьIна, «все ветви», /-роды/ ) бохучу кхетамца йозуш хила еза. Гергара гараш (некъий) вовшахатоьхча, кхоллабелла барт хила беза иза «массо-неки», я ма-дарра аьлча, «массо-некъий» аьлла. Кхерам тIебогIачу заманчохь, вовшашка сиха хаам бан аьтто болуш, хиттийна хилла «моссиникин» махкахь йолу и бIаьвнаш. Делахь а, ницкъболчу доккха эскарна дуьхьало еш, дуккхуо а дуьхьала латта, чIагIонаш ца хилла уьш.
          Царна генадоцуш дехаш хилла «таохи», я «диауэхи» олу халкъ. Уьш, «хурриташ» бу. Церан и цIераш кхоьллинарг, масех кхетам хила там бу, «таохи» - «тхо-Iа-хи», «диауэхи» - «дай-Iа-хи» аьлла. ТIех маршо езаш, халкъ хилла иза.
Ксенофонтас цхьана тIамах лаьцна хьахочу хенахь гойтуш ду, цу халкъана шайн маршо, сий лардар, дахаралла а деза хеташ хилар: «… грекашна гинарг дара буьрса сурт, - бохуш яздо цо, - Наноша шайн бераш Iинах а кхуьссуш, шаьш царна тIаьххье чулерхара, герз доцуш, я гIорадоцуш бисначу божарша а изза дора. Iин чукхоссавала дагахь ведда вогIу, хаза духар дуьйхина цхьа стаг, Стимфала-ГIалара волу Лохаг Энейс ша схьалаьцча, иза шена тIаьхьа а озош чукхоссавелла, шаьш шиъ вийра цо. Адам кIезга йийсар деш, дукха маIашйолу даьхни, варраш, уьстагIий карадаьхкира» бохуш яздо цу греко.
          «Таохашна» гергахь, лулахой болуш даьхна ду «халибаш» олу тайпанаш. Иштта даьхна цу махкахь «халди» а, «мар» а олу ваьр. Иза хилла, шайн шираллера схьадалар, «Ван» Iоманна гергахь а долуш. И ши цIе - «халда», «халиб» цкъацца цхьаъ лоруш ю Iилманчаша. Сан хьесапехь, цу шина цIаро билгалдаьккхинарг ши ваьр хила деза, дикка уллера генетикан орам а болуш, говзаллица, я меттигаци бен къаьсташ а доцуш.
Цуьндела, цхьаболчу талламхоша «халиба-халдай» а олу царех. «Халдашна» генабоцуш бехаш хилла, «махалонаш» а. Уьш а, цу «халиба-халдайн» га ду аьлла хета суна, «нах-ораман» этнобух а болуш.
           Церан («халиб») тIеман гIирсах лаьцна дуьйцуш, цу Ксенофонтас яздо: «Халибаша лелош дара воьтанан кIадех дина гIагI, кийран лахене кхочура долуш, дохалла а долуш. Цу тIе тегна хуьлуш долчу пиллагин метта, цара лелош дара, дегIан гонахьа озийна къовлуш дихкина, даьIна долу машшаш. Цара, иштта лелош дара, настаршна доьхку гIагI а, таьжнаш а. ГIодаюккъе йихкина лелош яра, «лаконан» туьрах тера йолу шаьлта. Ницкъ кхаьчча, шайн мостагIна Iуттий, цуьнан корта боккхий, шайца дIахьора цара» боху тешалла ду, цо тIаьхьадитина.
          «Махалонаш» а хилла туьрсаш а, гоьмукъаш а долуш. ГIагIан метта лелош, чоболу тIеухкаргаш хилла церан (вертанаш). Ткъа «моссаникин» туьрсаш а хилла, яккхийра, кIайн чо болу стун ниI тIеозийна а долуш. Аьтту куьйгахь лелош йолу гоьмукъаш, ялх гола (кхаа метарал сов) еха а, цхьа юьхьиг ира йолуш, бух тIехь гоьрга чхьонкар йолуш хилла ю. Голашка а кхочуш йоцу, церан хитон, стомма маша буьйзаначу галин, чIогIачу кIадех йина хилла. НиIарх дина таьжнаш, «пафлагонан» кхесах тера, коьрта тIехь тIилдаг а долуш хилла. Иштта, цаьргахь хилла эчиган дагарш (гIазкх., «секира») а. МостагIчух лата шаьш тIедоладелча, дог ойъу илли олуш хилла цара.
          ХIордайистехь дахар долу «тибаренан» халкъ («ТIе-ба-арена»; гIазкх., «Есть /живут/ над равниной»), чIагIйиначу эвлашкахь дехаш хилла. ХIордан талархой (гIазкх., «пират») хилла бу, «чанахи» («Ча-нахи»; гIазкх., «медведь-нахи») олу «колхин», кхин цхьа халкъах долу тайпанаш а. И халкъ, барамбоцу бIахалалла йолуш, «грекин» гIаланашна кхераме хилла. Уьш хIордаца некадеш, «Дуьненаюккъерачу хIорда» тIе боьлхуш а хилла.
Цу хIордайистехь дехачу тайпанашна, девзуш хилла чIерийлийцаран гIуллакх. Вётанан тайх йина бойнаш а, кеманан четарш а, дика мухалла йолуш, еш хилла цу говзанчаша. ХIордан кеманаш дар а, хIорданека дар а, дика девзуш хилла «колхидахошна» (царна юкъахь хилла бу и чанахиш а, тибаренаш а). И «чанахиш», «махалонаш» вовшаха а кхетта, паччахьаллин амат долу барт кхоьллина хилла «Анхиал» цIе йолу паччахь, я баьчча коьртехь а волуш. Бакъду, «римлянаша» царна новкъарло йиначух тера ду, шайн пачхьалкх кхолла. Керла оьмар йолаеллачу, хьалхарачу шарин муьрехь, Колхидан махкахь кхоччуш дай хуьтту, кхечахьара тIедаьхкина долу хийра ваьрраш.
          Керла оьмар йолалучу муьре кхаччалца йолчу хенахь, ша мохк «Колхида» («КIол-хи», я «КIол-хи-да», кхуз.нах-мет.маьIна «КIелахь-хи-ду») а, цуьнан автохтонни халкъаш, ваьрраш а, лара мегара дац «иберин» ваьрраш, кхузаманан гуьржий хIетте а. Делахь а, цу колхин, иберин юкъара болу генетикан шира бух, цхьаъ бу шайн хьостехь. Колха-диуэхин ваьрраш цу кIоштара дIадахчий бен, дай хIиттина бац и ибераш цу Малхбузен Кавказан. Билгалдаккха деза кхин цхьаъ, иза, колха-диуэхин ваьрраш дерриш а, цIенна дIадахна ца хилар цу мехкашкара. Бухадиснарш, хенан йохаллица дIаийна, олалле даьхкиначу халкъашца – иберех, грекех, эрмалойх, парфа-гIажарех (тIаьххьара и кхо-диъ халкъ, индоевропейцин макрорасах ду), иштта кхечарех а.
          Вай доцца хьахора ду «иберин» (и-ба-ари), изза болчу «картвелин» (коьрта-ва-эла) ваьррах лаьцна. «Картвелин» (коьрта-ва-эла), я изза йолчу «Иберин» паччахьалла доладелла зама лору, ширачу оьмаран 242-гIа шара тIера П\Ф\арнаваз хьалхара паччахь хIоьттичахьана.
«Картвелин», я «иберин» халкъ, шен хьостехь, шина халкъан доьзало кхоьллина олуш ду. Иза иштта хилча, «иберин мотт» кхуллуш дакъа лаьцнарш а ду, цу боккхачу шина доьзалан меттанаш. Ондачарех болу царех цхьа доьзал, бухахь даьхначу «ширакавказхойн» орамах долу, «нах-ораман» ваьррех ваьр, «хой» хилла. ШолгIаниг, индоевропейцин маттаца мелла а хьакхадалар долу, Мидин махкара (Ариан-Картли) тIедеъна, олаллехь хиллачу халкъан дакъа хиллачух тера ду. Цунах дерг хьахадо «Мокцеваи Картлисаи» олучу балхо. Изза къобалдо, «Житие святой Нины» олу Арсен Бери (XII-гIа бIешо) тешалло а. Цо боху: «…тхо, картвеллаш, тIаьхьенаш ю церан, Ариан-Картли махкара арабевлла схьакхелхиначеран». И адам деана зама, А.Македонски Кавказехь волу хан хила еза (ш.оь. 330-гIачу шарера мур). Ткъа ша прагуьржийн халкъ кхолладала, доладелла хила тарало, ш.оь. V-гIачу бIешарера дуьйна. «Гаргара-каха-эретин» а, «хонан» («хана», «ха-Ана», «ханой», «ха-Iа», «хали-ба») а тайпанаш ду, «гуьржийн» халкъ кхуллуш дакъа лаьцнарш. Уьш, доккхачуьнга диллича, «халда-хонан меттан» нах-ораман тайпанаш хилла. Уьш иштта, историна бевзаш бу, «хиониты» олу цIарца а.
          «Ширагрекин» историк а, географ а волчу Страбонас а билгала дина ду, цуьнан хенахь цу «Иберехь» ехаш, этнически къаьсташ йолу ши тоба хилар. «Мокцевай Картлисай» олучу хенан хаамаша (гIазкх., «хроника») дийцарехь а, бухахь даьхна автохтонан дакъа, «бIахалалла йолу хонаш» хилар билгаладолу вайна.
Страбонас (63-гIа ш.оь.шо – 23-гIа к.оь.шо.) ишттаниг яздо: «Иберин аренгахь» беха бахархой латталелорехьа оьзна а, машаре а бу, шайн духар эрмалойн а, мидихойчух а долуш; ткъа лаьмнашкахь беха бIаьхьалалла йолу дукхаха берш. Церан дахар тералла йолуш ду лулахь бехачу скифашца, сарматашца, гергарлонаш а ду. Делахь а, цара а леладо латта. Кхераме хьал кхолладелча, цара иттанаш эзаршках шайна юккъера а, скифаш, сарматех а, адам дIахIоттадо» (2, агIо 234). Кхузахь къамел доьзна дац индоевропейцин а, кхечеран а ваьррин ладамаллех лаьцнарг, цу шина тешалло дуьйцург ду, нах-меттан бухца а, и бух коьртаниг хиларца а доьзнарг.
          Цул совнаха, шира тешаллаша хьахош ду бохуш иштта кхетамаш бу юкъабевлла Iилманан бешахь – «арменохалибаш», «халда-халибех дIаийна скифаш», вуьшта шаьш «скифаш» (скифинаш, аспе\й\раш) а.
          «Арменохалиб» олу кхетам кхоллабалар доьзна ду аьлла хета суна, Плиний Старшечунна, Ксенафонтан яздаро бина Iаткъам. Цхьанна а агIора догIуш дац, кхузаманчохь хIетте а, кавказхой (халибаш), индоевропейцашца (эрмалой) цхьанабузу этнически единица санна, уьш хиларна тайп-тайпана расаш. Кхузахь шеко а йоцуш гуш ду, Плиний Старшин иза гIалат хилар, ма-хиллара иштта цуьнан гIалат, цо и «арменохалибаш» беха меттиг сакасенашна, я Сакасенан махкана тIехула ларарна (цо билгалдоккху макронин дахар а, Чхар-хи а, цу тIера дIаIоьхкуш хилар). И санна дерг яздан тарало, географица цхьаа гергарло доцчу стага. ХIунда аьлча, Кура хин аьттубердаца Iуьллу Сакасенан мохк цхьанабаза йиш ца хиларна «Чхьар-хица» (Чорох, Абсарр, Арпас) Iоьхку кIошташца. Цу шина махкана юкъахь, кIезгачу барамехь 200-250 км юкъ а ю, масех мохк а бу. Цуьндела, Воккхачу Плинис (гIазкх., «Плиний Старший») дуьйцург, дерриг а дац бакъдолучунна гергахь а, бакъ а.
          Макронаш, я махалонаш цу шира тешаллаша цхьатерра лоруш бу санашца (са-на-ари), я чанашца (ча-нахи). Уьш Iан меттиг хилла «Понтан ламнаш» а, «Чхьар-хин» атагIа а. Цуьндела, сакасанаш лаха беза, Кларджетина къилбехьа йолчу коштахь а, макронашна малхбалехьа а. Ксенофонтас а хаам бо вайна, «Арпас» (хIинцалера «Чорох») хи тIекхаьчна эллинаша, кхин дIа а бахара скифин (гIазкх., «скифены») ваьрран латта тIехула» аьлла. Иза, вайна девзу бакъдерг ду. Скифин «Ас» ваьр хиларо вайна бакъо ло, «Спер» олу, цу махкахь билгалъялла и цIе а, цу этносца юза. ДIакхоьссича а и ваьр, я варрин тобанаш кхоьллинарш хилла, Гимниада гIалина гергахь йолчу кIоштахь баьхна скифаш. Ксенофонтан тешалло хьахош йолу и Гимниада, я изза йолу Баберд («Ба-берд», гIазкх., «есть берег\обрыв») гIалана а, «Фех» («Хурлар-даг» – 2433 м.) олу ламанна юккъера юкъ, пхеа дийнахь эллинаша некъ бина хилла, летаршца боьлхуш уьш хиларна. Тахана вайна хаьа, цу ломаний, Баберданий юкъахь, хетарехь хилар 60-70 км юкъ. Цу шираллера бIоша, мел дукха а, кхо де-буьйса лоцура долу, некъ бу иза.
          Халдаш, скифинаш (скифаш) цхьатерра хилла бохург суна хета, эрмалойн, я гуьржийн генезисца йоьзна цхьа Iалашо кIелайиллича санна. Цу эрмалоша бахахь а, халиба-халдайн гонахено шех дIаэбина и скифаш. Суна, иза церан гIалат хета, кхин дерг ца лерича. Скифаш, ширачу оьмаран V-гIачу бIешарашкахь дIакхелхина бу Къилбседа Кавказе а, цигара IаьржахIордйисте а. Уьш Хьалхарачу Азера а, ТIехьарачу а Кавказе дIабовлар доьзна хила тарало, йоллу Хьалхара Азен, Жима Азен, Мисаран дай болу гIажарийн хьагI гуш. 512-гIачу ш.оь. шарахь, «Гелон» олу «скифин» шахьар а ягош, «персаша» кхарстар до. Бакъду, скифин хаттар дIадаккха, Дарий-I-рчо (522-486 ш.оь.шш) арадаьккхина гIуллакх, цунна ма-хеттара чекх ца долу цу муьрехь (514 ш.оь.шо). Иза, цуьнан, гIиллакхан (гIазкх., «моральни») эшам хилла. Цуьндела ала лаьа эрмалойн а, гуьржийн а Iилманчашка: «Шен букъа тIехьа, хьогIе вала тарало мостагI а вуьтуш, Дарий гIура варий те, цуьнан ваьрхошна, я халкъана тIелата?».
          Кху, «историн хаам» олучу чурхен юьххьехь аса хьахийра «Диауэхи», «Таохи» олучу махках лаьцна а, иштта цуьнан чеккхенехь, пракартвеллан этнодекъана юкъахь, хила таралуш «халибан» дакъа хиларх лаьцна а. И «халибаш» а, церан мохк а хилла Чхьора-хина малхбалехьа а, «таохашна» неврехьа а. Цхьаа шеко йоцуш, и мохк цхьатерра лоруш бу кхузаманан Гугаркан малхбале, я Кларджетан кIошта. Иза бу, шираллехь, «Катарзане» олуш хилла мохк. Кхузаманан этнически проблемана, керла кхетор дан гIертачара хьахош а ю и шира термин, «катарза» («ка-тар-Аза»; «ка+тар+Аза», гIазкх. маьIна, «удача+хребет/горы/+«Аза» мохк») олий.
Къилб-Малхбузен Гуьржехан хилла, историн кIоштан шорте йолу дакъа, Турци пачхьалкхана чудогIуш ду тахана. «Эчиган культура» кхоьллина и халибаш бехаш хилла Анатолин малхбалехьа а, Жимачу Азин невр-малхбалехь долу «Понтан лаьмнаш» чулоцуш а, иштта кхузаманан Гуьржехан кIоштахь («Тао-Кларджети») а. Тахана, кхин ерш ца йийцича а, дазонца йолу и «Тао-Кларджетан» кIошта, кху дIадахначу 2400 шарахь хилла ю Персина, Римана, Иберина, Арменина, иштта кху тIаьхьарчу пхи бIешарахь Османан, Россин имперешна юкъахь. «Катарза» 1 цIарна чубиллина бу аьлла хета суна «ка», «тар», «аза» олу кхо кхетам. Бакъду, къийсамехь лаьттачу эрмалойн, гуьржийн, царна лобби хилла лаьттачара а, кхин кхетамаш бу адаме кхийдош. Цара боху «кат» бохург иза «лахара», «лахе» бохург ду. «Арза», я «арз» бохург цара дузу, «аджара» цIарца. Индоевропин матте и дош дерзо гIерташ, «т» элп, «л» элпаца хуьйций а, шайна деза маьIна даккха гIерта царех цхьаберш. Ткъа вуьш гIерта, «з» элпах «дж» аз а дина, цунах, «ча» олу дийнат кхолла. И гIучIа кего церан аьтто боккхург ду, и цIе язйина хилар «зайл-йозанца» а (тахана а, цу йозанан биллам кхоччуш схьабеллаза бу), иза адаме схьаелла хилар грекин маттахь а. Иза, кхин ладаме лоруш а дац цара, эрмалойн «ча» боху дешан параллелеш хилчахьана индоевропейцин маттаца. И дерриг а жамIе далийча, цу «ардж» (ча) дашах хуьлу ваьрран этноним а, иштта меттиган топоним а. Цу шина цIарах цхьаъ, «Лахара ардж» олий йоккхуш ю.
          Сан хьесапо боху, цу лакхахь аса хьахийна кхо кхетам бу и «Ка-тар-Аза» аьлла цIе кхоьллинарг. «Ширанахматтахь» «ка» боху дашо Iорадоккхург ду, гIазкхашха аьлча «удача», «удачный», «ладонь» бохург. «Тар» дашо чулоцу кхетам бу «лам», «дукъ», гIазкхашха аьлча «к лицу» бохург а. «Аза» олу кхетамо цу шираллехь билгалбинарг хилла, «Араратан атагIахь», «Аракс» хин лакхенгахь хилла мохк «Аза». И «Аза» мохк, цуьнан латта тIехь эрмалой гучабовллалца, диауэхи\таохин ваьррин, «шолгIа даймохк» лору ага хилла ду. Шен шираллехь (аса юьйцург ю, Урартун паччахь Аргишты I-ниг ваьхна зама – ш.оь. 785-гIа шо), цу «Аза» («Ка-тар-Аза»; гIазкх., «удачные горы, страны Аза») мехкан нацкъара кIошта хилла и «Катарзане» - «Аза мехкан, аьтто болу лаьмнаш».


          Оцу хенахь, Халдазан хьошаллера мукъаваьлла Шот, «Понтан лаьмнин» ирхе йоккхуш вара, шен аьтту агIонга хьаьжча гуш, «К-ю-корт» («Кюкюрти») олу кур а болуш. Шена тIедиллиначу пхеа декхарх цхьаъ, кхочушхиллера цуьнан сийсара. Дикка Iийра иза Халдазца дагара дуьйцуш. «Кху махкахь а висна, римхойн, я грекийн чухIоьттинарг хуьлачулла, цу невр лаьмнин когашкахь ежа, байтIакусказ (гIазкх., «тетерев») хилар тоьлу, амма маьрша, - элира цо,
          - Дистина хиш гамделча а, бахамехь ладамечех болу кхин белхаш юхатеттина со эчиглалош хиларо, шух цхьаа цец ца ваьккхи. Ткъа со, тIаьхьало кечъеш ву, цу неврехь эчиг къен хилахь а бохуш» - мукIарло деш, тIетохар дира цо. Бакъду, Шотас цуьнан ойла ца йина бохург, харц дара халдичуьнан. Амма, кху чолхечу хенахь, эчиган мах айъабала тарабаларца йоьзна, са лара Iеминчу пхьеран, жигаралла леринера цо иза. Делахь а, Халдазан дог-ойла, ма-ярра евзинера цунна. ХIинца иза, хьошалгIа ваха везаш висанера, кхин а виъ къонах: дрил Вамп, махалон ГIал, кулхи Дула, ча-нахин Анхиал.
          Дуьххьарлера-юкъараллин дIахIоттам ларош болу «санаш» бехаш хилла IаьржахIордйистехь, цу меттера лаьмнашкахь. Трапезунт олучу гIалана неврехьа, цу хIордайистонца болу некъ церан махка йистехула чекхболуш хилла. Колхидахь олалла хIоттийначу римхоша, ял ялар тIедожийна хилла «санашна». Амма, Аррианас дийцарехь, гIажаршна а ял елла боцу «санаш», и ца луш дуьхьала бовлу, Трапезундахь бехачу грекашца, барт хирабоцу мостагIалла а лоцуш. Иза билгаладолу вайна, ширачу оьмаран 2-гIачу бIешарахь, Флавий Аррианас яздиначу йозанехь: «… уьш (колхин ваьрраш) дурсе хира бу, я вай уьш, цу махкара лохкура бу». Цуьнан и дешнаш кхочушдан санна, таIзаре тIелетарш леладора римхоша хаддаза. Иза, шо а, я итт шо а дацара, и тайпа балахьегар шолгIачу бIешаре баьллера. Де-дийне мел долу а, чIагIлуш бара римхой. Байъиначеран метта, цара тIекхуьйлуш бара керла бIахой. Хаддаза дIабоьлхачу гIаттамаша, адам нилхдеш дара. Хенна пенаш, кибарчиган пенашца хуьйцуш, тIеман гIирсашца и гIепаш чIагIъеш болу римхой, лахка гIора доцчу автохтонни ваьрраша, дог дилланера маьршалла хира ю бохучух. ХIинца, доллу «колхидан» тайпанаш дара, «Даръялан тIехуле» а, Къилбседа Кавказ а Iалашо лаьцна, цу агIонашка кхалхар дан кечделла. Цуьнан ачо яра Шотан ойлане а, цуьнан дехийле а хьаьвзинарг.
          Мацахлера дIахIоттам (гIазкх., «патриахальни») болуш, лаьмнашкахь дехачу ваьрраш тIе, «скептухи» олу цIарца шайн векалш хIитто гIиртиначу паччахьин а, тахана, «басилевса» цIарца сардалш тIехIитто гIертачу греко-римхойн а, ницкъ кхочуш хилла бац ламанхойн дахаран кеп хийца. Йоллу малхбузен кIошта лайлелоран пачхьалкх ян гIертачаьрга, хIордайистенан лахенаш бен, цу къепе ца ялаелла. ТIамехь шаьш йийсар бинарш, кху Кавказехь ца буьтуш, цара сиха метрополе, я дуьненна йисте дIахьажош хилла, цигахь уьш лай санна бохка. Цкъацца, и ламанхой шайн олаллин кIелабало церан аьтто балахь а, амма церан юкъараллан урхаллин метта, шайниг хIотто ницкъ ца кхаьчна цу Iаткъамбархойн. Ламанхойн коьртехь даима хилла шайн баьчча а, ваьррин Кхеташо а. Ткъа Шот, тахана, цу санойн, Кхеташонан корта бара. Кху кхолладеллачу хьолан нийса мах хадор, Iаламата башхалле гIуллакх хетара цунна. Цундела, шен махка ма-кхеччи, цо векалш бахийтара дрил волчу Вампе, махалонин ГIале, кулхин Дуле хьошалгIа кхайкха. Цаьрца дага а ваьлла, ча-нахин Анхиал волчу, тIаьххьара ваха леринера цо. Цундела, шен ваша коьртехь волу талламан тоба яхийтира цо, цу махкара хьал ма-дарра довза. Цул совнаха, лаьмнин лакхенашкахула кхин цхьа тоба а хьажийра цо, Трапезундана малхбузехьара а, къилб-малхбузера а хьал талла, цигарчу мехкин дайн, меттигера тхьамданин ойланаш йовза а.
          Аре тидамехь латтош, ира бIаьрг бетта аьрзу санна, берд айъабеллачохь лаьтташ вара тахана Шот. Цкъа, дайша кхиийначу дехийлага, тIаккха мехкан аматашка, юха хIордйистера хьалабогIучу чIажера некъе, бIаьрг беттара цо. Иза, шен тайпанхошца цхьаьна, ша кхайкхина хьеший тIеэца, дуьхьала веъна лаьттара. ХIара, малх кхетта де а дара, дог-ойла ойъуш. Гонахьа гуш долу Iалам, шен Iаьнаре йирзина эзарнаш йолу хаза хьожанашца хIаваъ Iабош, массо а зезаг, малхо дохдина орамат, тхино тIундина латта, лаллаелла йоьду марха, дерриг а шен-шен хьажам болуш цхьана ницкъано нисдина дара - цIеналле, шийла хIоне, синтеме, керланиг хиларца. И Iалам нисдинарг, Веза-Воккха волу «эни» вуйла шена хаарна, адаман дахар нисдар шен декхар хетара Шотана. Цуьндела цуьнан ойла яра, цкъа яхначу хене кхевдаш, тахана кхолладелла хьал хьесапе дуьллуш, кхане тидарца, хила тарало сурт хIотто гIерташ. Цунна моьттура, кхоллам нисбийриг и «эни» велахь а, ша санна берш, цу «энига», оьшшу кхоллам нисбайта бахьанаш кхуллурш бу. Делахь а, кху тIаьхьарчу хенахь и ойла, мелла а шекьялларг яра цуьнан. Цуьнан бахьана дара, цхьана зератхочуьнца (гIазкх., «странник») хилла къамел. Цо дийцира кхунна, «Ханаана» махкахь цхьа геланча-назорей 2 ваьлла бохуш, шен цIе «Iийса»
3 а йолуш. Иза, зудчо винехь а, амма шен кхоллавалар да воцуш хилла ду цуьнан бохург дара тамашийна а, Iаламате а. «Иза, яIудан халкъ нийсачу навкъа а, балех даккха а ваийтина ву. Кхечу халкъашна, масала хила йиш йолуш ду цуьнан дахар а, цо бо хьехам а. Цуьнан хьехам бовзийту дош, адамин дагнашка кхачо, араваьлла ву ша а» бохура цо.
«Мила ву и геланча ваийтинарг?» аьлла диначу Шотан хаттарна жоп луш, зератхочо дийцира, цхьаъ бен дуьненан да воцчу «Эллахах» лаьцна а, Iийса-пайхамарах лаьцна а. Цо дийцира, цуьнан аматех, сифатех лаьцна: «Дерриге а дуьненна, массо а халкъашна тIехь лаьтташ верг, цхьаъ Деэла (Да-Эла) бен вац. Цу Дала кхоьллина ду дуьне а, цу дуьненан жилIалам а, чохь са долу массо дийна хIума а, и доцург а. И «Эллахь» олург, цхьанна а вайна евзачу хIуманах тера вац. Иза массанхьа а ву, амма цхьанненна а гуш а, я гина а, хезаш а вац! Цуьнга массо а хIума кхоллало, денло, Цо бен далар ца ло. Седарчий, малх, бутт, кхин болу сайраташ, Цуьнан ницкъо лелош ду. И массо хIума лелор, цуьнан бен лаам а, ницкъ а бац…! Коьртаниг, Цо, ловш дац, Шех накъост тохар…!». Адам галадаьлла меттиг кхоллабелча, Цо, дуьненчу Шен геланчаш бохкийтуш бу, и адам нийсачу новкъа даккха» олий. Масала, царех хилла бу Нох, И-бара-хи-Ма олу Ибрахим пайхамарш, кхузаманна вевезина и Марьяман кIант Iийса а. Цу тIаьххьарачуьнга, вай, Дела олучу «энис» делла, «инжийл» олу Iаламате тептар. Цо тахана, цу шен геланчана Iийсана, тIаьхьахIиттийна дегнашкахь догкIедалла а, къинхетам а болу адмаш. Церан хьехамаш бу, кхузаманан динан кеп» бохуш дуьйцура зератхочо.
Ойланашца боьзна дегалецамаш юкъахабохуш, гергахь лаьттачу цхьаммо, Шотан тидам самабаьккхира:
          - Вайн хьеший хила мега, чIажан ног (гIазкх., «поворот») йолчохь и гучабевлларш, - аьлла.
          - Ба а бу, сур-элин байракхаш ю церан билгалонаш, - элира, цо аьлларг тIечIагIдеш шолгIачо а. Беза хьеший тIеэца, араваьллера дехийлан массо а вахархо. Гонахьара эвлашкара адам а дара кхуза деъна, цу гулабеллачарна юкъахь гуш. Эвла мел ю, дедда хьийзара, цкъаа туьйш доцу «берин цIоз». Шайн уггаре а хаза духарш дуьйхина, хила таралучу ловзаршка сатесна маьхкарий, гулахь лаьтташ бара, шайга забарш ечарна дуьхьала забаре кхиссарш а еш, зевне аьзнашца деларш а хазош. Аьрда-цIа лаьттачу майданахь бина, кечамаш бара хьешашна лерина. Кху тайпана вовшахкхетарш, кест-кеста хуьлуш дацара, деза деношкахь бен. Цуьндела, дукха дийцарш, хетарш дара бахархоша дуьйцуш. Бакъдерг хууш верг, масех бен вацара эвлахь. Хьеший тIеэца кечвеллачу Шотас леринера, доккха сагIа а доккхуш, кегийрахошна яхьаралла къовса синкъераме меттиг кхолла. И болх беш воллачу Шотана, дуьхьала балийра хьалха цхьаъ а, цул тIаьхьа кхин шиъ а, хаамаш бохьуш веъна геланча. Цара дуьйцург цхьатерра дацахь а, «санаш» бехачу махкана неврехьа а, невр-малхбузехьа а, онда бохам хила кечбеллачух тера бара. Цара дийцарехь, грекаш а, римхой а цхьанакхетта, хIорда тIехула, лаьттахула жигаралла айъанера. ХIордйистонца Iоьхку дехийлашкахь а, Батома-ГIалахь а, цигара дIа Кулхидан махкахь а хилла ца Iаш, зенаш хила тарало кху лаьмнашкахь а, бохург дара цара дийцинарг. «ГIаттам хьаша доьлхуш ду шаьш» цара бахахь а, шайн новкъахь цара инзаре зуламаш а, талорш а дан таралора, яхна хенаш дегалецамашка ехкича. ХIинццалца, муьлххачу а дехийлана уьш гергабаьхкича, цара хIоттош яра ультиматум: «Ял ло! Боьрша, могаша нах ло, шайн бIанна юкъа!» олий. Йала ял яцахь, я луш йацахь, хама боцуш ницкъалгIа даьхне дIадуьгара, я доьзалш, лай метта бохка буьгура. Цунна лерина, хIордайистошкахь лаьтташ хин кеманаш дара шайца болуш совдегарш а, махбарахой а. Римхошца, грекашца хьогIе долу «чанахин» ваьрраш доцурш а, церан Iаткъамна бухара долуш дацара хIордаца деха, «доттагIаллехь» лору кхин ваьрраш а. Тахана а, геланчаша деънарг изза дара.
          - Мичхьа бу цу лахенгара, харцонца къовсаме хIитта хьакъ болу боьрша нах? – аьлла диначу хаттарна, иштта жоп делира геланчо.
          - Даьхне дерг, уьш лохкий лома воьду. Дала хIума доцург, хьаннашкахь лачкъа воьду. Дуьхьало йинарг цара воьш ву, озабелларш шайца дIабуьгуш бу церан доьзалшца цхьаьна. Тахана, адамо йо дуьхьало совъялла, цуьнца цхьатерра грекин, римхойн кIизалла а ялла сов. «Пайда хира боцу, йозалла ю хIара» олий, гIора доцу бакхий нах а, цамгархой а бойъуш бу цара. - ХIорда тIехь, даима «инзаре талорхой» хилла чанах, мичхьа бу тахана? – аьлла хаттар дира, цу хаамо дог-ойла йохийначу Шотас.
          - Латта тIехь кхолладелларг, ма-дарра хууш доцчух тера ду царна. Цу тIе, дукхаха болу хинкеманхой, гIаттаман цIе хьевзиначу кIоште бахна, цигарчу хьолах пайдаэца. Биснарш, римхойн хIордахошна дуьхьало ян, цу хIордан шортонашка арабевлла. Ткъа дуьхьало йоцу чIерийлецархойн хинкеманаш, даима хин бердашца нека деш лелачу грекин хIонц хилла.
Цкъачунна, и грекаш лаьмнин кIоргенашка гIуртуш бац.
          - Мичхьа ву шун баьчча Анхиал? Цо, хIун боху? - Къаной Кхеташонан цIарах ду бохуш, тайп-тайпана хабарш ду тхан махкахь лелаш. «…халкъ лаьмнашкахь кIелхьара даккха; дисна хинкеманаш ханна, невре, Джикети махка дIадига; хIорда тIехь талорш совдаха, греко-римхойн агIончаш, цаьрга озабезам лелориш чIанабаха; латта тIехь а, хIорда тIехь а кхолла талорхойн тобанаш; иштта кхолла церан хIонцах пайда бен йолу совдегарин, къепалхойн тобанаш; цаьргахула Iалашде халкъана оьшура дерг». Ткъа Анхиал, ломахь йолчу шен гIопахь хила веза, гIаттамхойн тобанаш кечъеш. Со, цуьнан цIарах ваийтина ву, шуьга а, кхечаьрга а дуьхьалонна кечамаш бе ала, – элира геланчас, цуьнга хьажча, ша дуьйцучух тешаш вуй те хIара аьлла а хеталуш, ладугIучунна.

ССЫЛКАШ:
«катарза» («ка-тар-Аза»; «ка+тар+Аза», гIазкх. маьIна, «удача+хребет/горы/+«Аза» мохк» [1]- Иза бу, Жима Кавказера «Кларджети» цIарца бевзу мохк а, ваьр а. Дуьххьара иза гIарабаьлла, ш.оь. 785-гIачу шарахь, Урартун паччахь хиллачу Аргишты I-чо (786-764 ш.оь.шш) неврехьа кхарстар дича. Цу кхарстарехь цо шен мехкан олаллин кIеладаладо «Дуауэхи» (Дай-Iа-хи), «Шериази» (Шера-Аза), «Забахае» (Заб-хи), «Эриахи» (Эри-Iа-хи, гIазкх. маьIна, «река, где живут Ари»), «Апуни», «Катарза», «Гулухати» (Го-ло-ха-тIе. гIазкх. маьIна, «Снежная вершина, и дозор наверху»), «Уитерухи» (Iу-ю-тIера-хи) олу мехкаш.
геланча-назорей [2] – Керста дино олуш ду, Iиса пайхамар Назаретехь вина олий, амма иза вина меттиг, Вифлеем а лору. Филиппера долу, апокрифически инжил тIехь, Iийса пайхамаран «назорей» олий йоккху цIе, цу Назарет гIалица зIе йогIуш яц, кхерста дино магийначу инжилахь санна. «Назара» бохчу дешан маьIна ду, «ду бакъдерг». Хетарехь, и инжил яздиначунна девзуш хилла керстан яздарш ду, шайна тIехь Назарет гIала хьахийна доцу шира тешаллаш. Цу муьрехь, Iийса пайхамар цу гIалара ву бохург, массара а къобалдеш хиллачух тера дац. Грекин мотт буьйцу керстанаш юкъабевлича нисделлачух тера ду, маьIна девзуш доцу и «назорей» дош нисдар Назарет гIалица. «Геланча» бохучу дешан маьIна ду, гIазкхашха аьлча, «Посланник».
«Iийса» (Иса, ‘Иса, Исус, Иисус - пайхамар ) [3] – Вайн этнос, Ибрахиман тIаьхьенаш елахь, Iийса цIе кхоьллинарг, нах-маттан кхо кхетам бу ишттачу варианташкахь: «I», «»; «й», «йа»; «с» «са». ЦIе кхоьллина и лексема кхаа дешадекъе екъча (Iа + йа + са), билламалла кхоьллина пайхамаран цIеран маьIна гучадолу вайна – «Дух ду са», я «Са ду Дуьхан», ма-дарра аьлча «Дуьхан са». Билгалдан деза хьалхарачу дешадекъехь «а» хийцадалар «и» озаца, я элпаца. ГIазкхашха аьлча, лингвопереход нисло нах-маттахь.
Къамкъарган мукъаза аз «I» а, дош «Iа» а, нахчийн маттахь масех башхалла йолуш ду:
1). «(багара йолу) Iа», садеIар; гIазкхашха «пар», «дыхание»;
2). «Iаьнаре дерзар», «хьакха», «хIуп ала», гIазкхашха «испарение», «дуновение»;
3). «Iа», гIазкхашха «зима»;
4). «хилар», «дахар», гIазкхашха «нахождение», «пребывание», «проживание»;
5). адаман дуьхан синмехалла, я вайн масалехь «Делан са», «Сийлахьа Са», гIазкхашха аьлча, «Божественный», я «Святой Дух». Аз, я дакъалг «й», «йа» догIуш ду гIазакхин «есть», я «эта» олучу маьIница.
Нах-меттера дош «са» гIазкхашха аьлча, «душа» бохург ду. Вайна ма-хаъара, Iийса-пайхамаран са кхолладелла, ненан кийра хIуп аларца кхоллаеллачу сарсалах – АллахIан ницкъах.

 
Просмотров: 392 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2016  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
    123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031
Назам
Адин,Сурхон илли