Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2016 » Июль » 9 » "ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран шолгIа кийсак
22:37
"ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран шолгIа кийсак
«Тхо-Iа-хи», нах-хуррин мохк.

          Кавказан Юкъан, цуьнан Малхбален агIонгара дахарш, кху кхотептаран (трилоги) дакъошкахь дукха хьехорна, Кавказан (Жима Кавказ) малхбузерачу агIонга кхевдира ду вай хIинца. Цу агIонгара, вайна ладаме йолу кIошта ю, кхузаманан гуьржеша, «Тао» олу мохк. Цу генарчу шираллехь, историн тешаллаша цу мехкан йоккху цIе масех хилла: «Диаэна» («Да-Iа-эни», гIазкх., «Владелец, живёт божественный») – ассирийцаша; «Дайаэни» («Да-йа-эни», гIазкх., «Владыка, есть божество»), я «Диаухи» («Дай-Iа-хи», гIазкх., «Отцы, живущая река») – хурри-урартуоша; «Таохи» («Тхо-Iа-хи», гIазкх., «Мы живущие река») – нах-ораман этносо а. Хетарехь, цаьргара схьаэцначу греко-римхоша, шайн аларе (диалект) ерзийна и цIе; иштта, «Тайк» аьлла йоккху цIе – шираэрмалоша; «Тао» – гуьржашха («хи» олу чеккхе йоцу, йоца цIе). Кхул тIаьхьа вай а, цу махках йоккхура йолу цIе хира ю, кху чурхин турпалхойн маттахь «Дай-Iа-хи», я «Тхо-Iа-хи» аьлла. Иштта цкъацца, яздархочуьнан дешнашца «Тао» аьлла, йоцца яккха а тарало иза.
          «Тао» (эрм. «Тайк») олу и кхузаманан кIошта ю, дешнашца цуьнан хазалла йийцалура йоцу, «Араратан акъарин» малхбузехьара цхьа маьIаг. Историн цхьацца муьрашкахь, кху кIоште кхочачу баьччаша, паччахьаша зовкх хьоьгуш хилла цуьнан жилIаламах. Шайн бIош гулабечу юкъана, хIара кIошта хоржуш хилла цара, хиларна иза кхин а цхьа ладаме агIо йолуш – мостагIий тIекхачалура боцу лаьмнин кIошта. Iаламо кхоьллина дазонаш долу и латтан кийсаг, шена гонахьара цу лекха лаьмнаша, церан даккъаша тIеузу шена, дукхачеран дагадохарца доьзна бIаьрахьажар.
          «Тао», я «Тхо-Iа-хи» мохк Iуьллуш хилла, «Чхьар-хи» (Чоро́х; тур. Çoruh nehri) олучу хино кхоьллина, атагIан юкъ лоцуш. Цу генарчу шираллехь, грекаша йоккху цIе а хилла «Акамсис» аьлла, эрмалоша «Вох» а олуш. Кху меттигерачу бахархойн дахаран пха ларалуш долчу цу Чхьар-хин хьаста, лаьмнин кийрахь ду. Гонахьара, буьрсачу хин генаш шена чуоьцуш, цо кхоьллина кIорга а, сетташ а долу дукха чIажаш. Цундела и мохк олаллин кIелабалор, даима, Iаламата хала гIуллакх хилла цу махке сатесначарна. «Тхо-Iа-хин» махкана генахьа, къилб-малхбузехьа шен хьаста долу и хи, и мохк хадош невр-малхбалехьа доьдуш ду, Батуми олучу гIалана гергахь «Iаьржа хIордана» чудожа. Цо, шен хин лакхенехь, аьтту бердаца тIеоьцуш ду доккха, «Чормайри» олу, ломан кур тIехь хьаста долу, изза цIе йолу хин га а. И кур бу (3255 метр лекха), кхузамано «Капуйт» олучу лаьмнашкахь. АтагIа кхоьллина хин хьасте мел таьIа а, соьналлин дукхалла лахлуш, лаьмнаш дерзина долуш ду. Дитташ а кхуьуш дац, адам дехачу дехийлашкахь а, церан куьг кхочачу аренашкахь бен. Цу Чхьар-хин атагIан юккъехь дикка гатталуш ду и чIаж, кIорга Iин кхуллуш. Цуьнан буьрсалло, цу меттехь кхоллаеллачу тархан тIегIенашна елла йоьалгIа, пхоьалгIа халонан категореш.
          Цу махкахь, уггаре а чIогIа хидестар нисло апрель-май а, ноябрь а батташкахь. Цу хин бердашца дукха кхуьуш ду нар, инжир дитташ. Цу хин лахенгахь иза шорло, цуьнан цхьацца йолчу меттигашкахь, дуга кхион аьтто а болуш.

 
PARKARANLAMNAS.png

          «Тхо-Iа-хи» мехкан невр-малхбузе дазо кхоьллинарш ду «Пархар» (хьажа лакхарчу суьрте) олу, «Малхбале-Понт лаьмнин», уггаре а лекъа даккъаш. «Пархар» цIе йолуш ду хи а, иштта цIе ю, цу хи тIехь Iуьллучу дехийлан а. Кхузахь, цу лаьмнин даккъаш тIера мехаш хьекха долало гуьренан тIаьхьарчу муьрехь. «Гуьйренан гIаш эгон мох», я «Пархрци» (перс.м. «barkrizi») олу цу мехех. Ткъа «Пархар» алар, хетарехь схьадаьлла ду, гIажарийн «paruhvaura» дашах (Страбонас хьахийна цIе ю «Paruadrhz», я «Paracoauraz» аьлла). И «pouruxvaura» бохург, гIазкхашха аьлча «полная благоденствия» бохург ду, Авесто цу лаьмнин иштта цIе яккхарца, кхолладелла маьIна долуш. Циггара бух болуш ду, согдийцаша «bагхаг» (гIазкх., «святое место, храм») алар а, персаша шайн лирикехь «farxar» (гIазкх., «место счастья, безмятежности, текущих вод и теней») алар а. Понтан лаьмнин уггаре а лекха кур (Качкакари - 3932 метр) бу, «Пархаран лаьмнашкахь» (кхузаманан Турцехь, «Качкар» цIе йоккхурш ду, доллу «Пархаран лаьмнаш»). Цу лаьмнашкахь ю хьоле эчиган маIданаш, и бахьана долуш шираллехь и меттиг хилла Iаламата ладамечех. Масала, Урарту паччахь волчу Аргишти-I-чо, кхузахь оьцу ял дашоца, детица, езаца оьцуш хилла.
          "Iаьржа хIордана", «Чхьар-хин» атагIана юкъахь Iуьллуш хиларе терра, «Пархаран лаьмнашкара» жилIалам (климат) тIуьна ду, хьоле ораматаш кхиош. ХIордан сизал 500 метар лакхенгахь йолу лаьмнин басешца кхуьуш ю цитрусаш, чайнан кондарин аренаш (плантаци). Кхин лакхахь кхуьуш ю ийна хьаннаш, шайна юкъахь дукхаха долуш цIаабалган (каштан; семена каштана - кIохцалботт, албIар
), пепан, пхан дитташ. Лакхене мел гIурту уьш хуьйцу зоьзан хьаннаша, 2000 метар лакхенга кхочачу меттехь и цхьа зез бен ца кхуьуш. Цу лакхенгахь, юкъ-юкъа, кегийра Iаьмнин бIаьргаш а, ло дуьллучу дазоне кхаччалца кхуьуш бу альпийски (лаьмнин) байш (хьажа лахарчу суьрте).
LAMNINKAZNA.png
Бешачу шано кхуллу кегийра татолаш. Вовшаха кхеташ цара кхуллу «Чхьар-хин» аьрру га «Пархар» (цу генан дохалла ду 56 км; иза кхоллало шан-догIанан хих). «Тхо-Iа-хин» къилб агIонгара дазо кхоьллинарг «Цахкавет» лаьмнаш а долуш, къилб-малхбалехьара дазо ду «Мецрац» лаьмнашца. Цу къилбера лаьмнин баххьашкара гуладеллачу хиша кхуллу «Чхьар-хин» аьттубердан га, «Олти» (цу генан дохалла ду 144 км; иза кхоллало шан-догIанан хих). Цу «Олти» хин а ду, иштта кхолладелла шен генаш. Аьтту агIонгахь Iуьллу, шорта хи долу «Тортум» (цу генан дохалла ду 112 км; иза кхоллало шан-догIанан хих). Иза охьадогIуш ду кIоргачу, цхьаццанхьа готталучу чIажехула. И Тортуман чIаж, шираллера дуьйна сийдолуш хилла шен кемсашца, цунах даьккхиначу чагIарца. Иштта зайтдаьттан а, кхин долчу стоьмин а ниIмат, цхьана цу махкана хилла ца Iаш, луларчу кIошташна а кхачош хилла цу махко.
Цуьнан лакхенгара «Казаренс» хин га схьакхетачу меттехь бу, шира, «Тортум» олуш хиллачу гIопан саьлнаш (лахара сурт).

 
«Чхьар-хина» тIекхача 4-5 км йисначу меттехь, и «Тортум», «Олти» хих дIакхета цуьнан аьррубердан га хуьлуш. Цу «Олтих», доккхаллица шолгIа лору га «Бердик» дIакхетчул тIаьхьа дIасхьадаьржий, цхьа километр хиллал шуьйралла оьцу. Цу хин генах а схьакхета, «Партез» олу аьрру га, шен схьадалар «Кармир порак» олучу лаьмнин бIаххьашкара долуш. Иштта, и лаьмнаш ду, «Тхо-Iа-хин» мехкан малхбалехьара дазо. Цу лаьмнашкахь, мелла а неврехьа, алсама долчу шовданаша уьшале йиначу кIоштара (Криакунк) дIадолалуш ду «Кура» хи а.09-tortum.jpg
«Тхо-Iа-хин» махкана гонахьара вуьш хиш санна, цу «Курас», шен хи дIаэдеш дац цуьнан хих. Иза чекхдолуш ду йоллу Кавказехула, «Каспи хIордана» чудожа. Кхузаманан муьрехь, «Тао» олу и историн мохк Турцин махкана юкъабоьдуш бу, еа вилайеташна юкъахь бекъна а болуш: Артвинан, Карсан, Артаанан, иштта Эрзруман а.
          Шира оьмар чекхъялла, керлачу оьмаран хьалхарчу шеран, бIаьстенан цхьа де дара малхо къагийна а, делкъан тIаьхьенга кховдийна а. Кху чIаже кхочу хиша гомхалла эцна, шайн дестар лахдина бутт бара карараниг. Лаьмнаш доцчу аренашкахь товхоно ницкъ бахь а, кху лаьмнин Iалам, коччуш аьхкенан карадахаза дара хIинца а, и аьхке тIекхача диснарг, цхьа-ши кIира бен дацахь а.
          ТIулга тIехь, бIевнна гергахь Iаш ву къано. Цуьнан, тIехьажарехь доьзткъеитт шо хира ду. Цуьнан юьхь тIера хершнаша, моьнаша гойту, цуьнан дахар аттачех хилла ца хилар. Цуьнан хьажар а ду, аьрзунан санна ира, ша бIаьрса ира дацахь а. Иза тидам беш Iа, байтIехь буьхьигца ловзачу, шен, жимах волчу кIентан шина бере а, воккхачу кIентан берин берашка а. Меллаша ког боккхуш тIееъна боргIал, берин буьхьигца ловзар тидаме эцна лаьттара, наггахьа шен тIилдигах маIар а хьокхуш. Ловзучу веа кIантах цхьаъ, Була, меллаша бIоргIална тIеволавелира. Ткъа боргIал, стешхачарех яцара. ХьогIалла ца гойтуш гергавахначу Булас тешшийтана боргIал схьалоцуш, шен шина варош юккъе а юллуш лаьтта охьахиара, цуьнан ира маIарш йолчу когин маьршалла дIайоккхуш. Цкъа моцаха, шена цо тоьхна зIокарна, бекхам бан лерина вара кIант. ЦIоган тIера, масех масс яккха кхиара Була, баккхийчара олуш хезарна: «боргIалан куралла тIилдигаш а, цIоган месаш а ю». И тайпа бегаш бевзина йоцу боргIал, Iаламата чIогIа тохаелира мохь олуш. ТIаьххьаре а карараялла боргIал ца едира, тIемаш тухуш кхоссаелла, Булин букъах маIараш йохийтуш, цуьнан укал чу зIок етта елира, тIемашца гIо а деш. Уккал чутаIийча а, я куьйгашца дIакъевлича а, оьгIазяхна боргIал юхаяла дагахь яцара. Ша еттачу зIакарх ца Iебаш, куьйгин жижигаш бухадаха санна ийзадора цо. Була ша а, хIинца, баккъалла а кхеравеллера. ТIаьххьаре а, мохь белира цуьнга: «Iале-е-лай!» олуш.
          - ХIу? – Iоттаме велакъежира, шен сира, еха можах куьг хьокхуш Дикберд.
          - Мангална, тIулг карий? Э-э, сан ваша! И боргIал хьа ю, массо а боргIалшна юккъехь турпал. Кху дехийлахь а, и цхьаъ бен, талорхо ю ала хьакъ йолуш яц. Дуьло, орцаха довла шайн вешина! – элира къаночо.
Кхуо и аларе ца хьоьжуш, Байбух вара дIахьаьдда воьдуш, сихаллехь карабеъна буткъа сара а болуш карахь. Ишттачу меттехь, гонахьа дерг тидамехь латто Iемина боргIал, кIентан букъ тIера чу а кхоссаелла, масех гIулч нацкъара а ялла, ега а елла, «IуьъIари-Iуь-о»! олуш йийкира.
Ша кхерийна кIант а витина, ша йолчу орце вогIург вайча, едда, кхин а нацкъара ялла, дуьхьала йоьрзуш, лаьттаха маIарш а хьокхуш лата кечъелира боргIал. Ша тIаьхьа кхуьура воцийла кхетта Байбух: «Йитахь, хIинца лацалура яц иза» элира цо орцаха вогIачу Геланче. И шиъ юха а вирзина, кIант теван вахара. Ткъа боргIал, цкъа чуйоду кеп а хIоттийна, хьогIечеран шеца бала боцийла ша кхетча, шен толам дIачIагIбан санна, юха а йийкира «IуьъIари-Iуь-о»! олуш.
          - Собарде ахь, цкъа тхан карайогIура ю хьо! – олуш, буй ластийра Геланчас.
          
          Берин тидам беш Iачу Дикбердас, церан, хIорранан мах хадийнера, дахарехь цара бан тарало некъ хетарехь билгала боккхуш. Цунна хаьа, мила муьлхачу новкъа гIура ву. Хьаьнгара, хIун хьуьнар, я ледарло яла тарало. ХIинццехь, и хила тарало ледарлонаш дIайоху некъ ца бахь, иза кхеташ ву, цунах зулам дериг хиларх, уггар хьалха и тайпа анташ долчунна шена. Царна юкъахь къаночо къастийна цхьа кIант вара, жимачу кIентан кIентех волу воккханиг, Байбух. «Кхечу берелла онда ву иза, царелла кхин воккха вацахь а. Иза собаре ву, цундела тIех чIарх-аьлла а вац иза. Цуьнан ловзар а собаре ду, иза дукхаха, царна тIехь верасаллениг ву, – бохуш, ша тидме эцнарг, ойланан хьесапе диллина Iара къано,
          – Хьажал, жиманиг охьакхетча, уггар хьалха, иза вахара цунна гIонна, ша тIаьхьаведда буьхьиг а йитина. Жимма хьалха, Булина, уггаре а хьалха орцаха ваьлларг, юха а иза ву. ХIаъ, иза хьалхе йолуш хира ву, кху массеран Iу а хира ву, цу Везачо энис цуьнан хан яхъяхь. Амма, цулла жимаха волу Байболат, бIаьрла кхане йолуш хира ву. Тахана, кхо шо бен цуьнан дацахь а, ша-тайпа амал йолуш ву иза. Кхуьнан воккхачу кIентан кIант волчу Дарти кIант, и Геланча, хьалхе езаш хира вац. Иза, даима тIаьхьахIоьттинарг хира ву, шен дахарехь кхечарна. Важа, цулла жимаха волу Була а, кхин тIех кхиамаш болуш хира вац шен дахарехь. Воккхаха волчу кIента Ачин, вукха шина кIентан Эльсин, Боршан бераш ду, БакIуж, БаIаш, Шакур, Турка. Уьш баккхийра хилла. Уьш, бахамахь цхьацца гIуллакхаш деш бу. БакIуж, кху махкахь виса лерина ву. Шакур, Турка а, шина даггахь лелаш ву. Хетарехь Ачан тIаьхье, цхьа Дарта воцург, берриш а бух латто кхузахь бита безара бу. Элсий, кху дехийлан корта хила беза. Амма, берхIитталгIачу шаре ваьлла БаIаш, ойла акха лаьтташ ву. Цунах, дика тIемало хира ву. Кху махкахь кхиана тIемало, дукхаха римхойн, парфин, я уггаре а ца оьшу, эрмалойн йолах волу бIахо хуьлу. Цундела иза, ас сайца, хийрамахка вуьгура ву. И тIехьевзина Мархатай а, ша боьрша стаг санна тIах-аьлла ю, берхIитталгIачу шаре ялла а йолуш. Цуьнца йогIуш ю, тхо новкъадовлале, яло езаш а ю. Цуьнан дега, Шишболате захало дIахьахо деза ас» бохура генаяллачу Дикбердан ойлано.
Просмотров: 397 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/4
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2016  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
    123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031
Назам
Адин,Сурхон илли