Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2016 » Июль » 7 » "ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран пхоьалгIа кийсак
08:34
"ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран пхоьалгIа кийсак

          Хьажал, цу вайн кегийрахоша гайтинчу цу халхаре. ХIун бух бу, хIун маьIна ду цу чудиллинарг? Цара кхоьллина и мармар, иза вайн «Лам» бу, лаьмнаш. Лам, вайн дагнашна гергара бу. Цу кегийрахоша, вай цецдохуш шайна хьалха тулгIе кхуллуш лаьтта доссийнарг, адаман, шираллера дуьйна, кхудене кхачийна дахаран васт ду. Лаьмнин кур тIехь кхиана адам, цкъа мацца а аренга долу, цу кур лекхачу лаьмнин когашка дуссуш. Рожехь охьадиссиначу цу бераша вайна гайтинарг, и лаьмнаш, даккъаш, акъареш, аренаш хиларал совнаха. Адаман дебар и дебна адам лахенга, лаьмнин когашка доссар дара шуна. Цара и мармар, я ира кур болу лам кхоьллича, цу лахахь, йоI-кIантас дина «кхокха-аьрзунан» халхар, вайн дахарехь даима болу къовсам бара шуна. «Лам» - лакхе! «Къовсам» - толам! Цу тIетоха ваьрран гIора, онда юьхьса, шайн цхьаллах тешар! Иза ду, вайн дахарах къасталура доцу амат. «Нах» олу бух! Вуьшта аьлча, иза ю «нах-адаман» юкъаралла, вайх дIаяккхалура йоцу куьцаре мухалла. И мухалла, юкъара амал кхуллу вадд ду.
          «Нах» олачу дашо цхьанатоьхна ю, адамца хуьлуш йолу массо а мухаллин дика агIонаш: «паргIатоезар», «сий», «къонахалла», «адамдезар», «тешар», «оьздангалла», «собаре хилар», «стагаллаерг», «чIогIалла», «доьналла», «догмайралла», «синан сийлахьалла». И дика агIонаш вайна еллачу Сийлаллин, хастам бу! Цу тIера, хIара кад дIамолу ас! – аьлла кад айъара Алсийс. «Шен ден да санна, хьекъалалла долуш ву, кIента кIант!» элира, кедаш айъиначарех цхьаммо. Кхечара, «Сийлахь волчу «ТIо-йа-Ша-ба» эни тIера!», «Нах» тIера!», «Халхар диначу кегийрахошна тIера!», «ХIара де синкъераме диначарна тIера!», «Керла, кхоллалучу доьзална тIера!», иштта шайна бакъахьа хетачарна тIера кедаш мелира.

          - Вало, кегийраниш, кху шайн гIовгIанехь сакъера а битна, хин йистехула, бешахула волало вайша вистхуьлуш? – элира, хьехаме делахь а, къамелашка ладегIа дог-ойла йоцчу Дикбердас шен хьеше. Кху шиннан, дагара дийца, паргIата хан ца еънера кху деношкахь.
          - Иза а, новкъа хира дац, дуьзначу вайн кийрашна, - элира резахиллачу Шотас.
ГIап лаьттачу берда тIера, лахарчу беша кхачон, чудуссуш готта тача дара. Шайн когаш кIела хьежар тIедоьжначу кхеран, гонахьа бIаьрг тохар доцуш, Iоман йисте кхечира хIара шиъ. Кхеран тидам шена тIеберзош, Iаламате сурт дара, хIинца царна гонахьа схьаделладелларг. Барам боцчу стигланан сийналлехь, юкъ-юкъа нека деш яра, гIургIезин жут санна йолу йистина мархаш. Iоман хи тIехь кхолладелла и сурт, Iаламате исбаьхьалла луш дара, бердаца лаьттачу луьста бешана а, цу тIехула лаьттачу Дикбердан бIаьвнна а. Цхьана хенахь, и Iам хIоттале хьалха, берд баош хино голатухучохь кхоллабелла хадийна берд а, цу берда бухахь айма кхуллуш, цу тIера дIа хинйистехь кхоллаелла готта гIамаран аса а, цу Iоман хазна яра тахана. Малх Iаьткъехь, гIамар тIехь Iоьхкуш дара эвлара, кху шина дийнахь дIадоьлху ловзарш, синкъерамаш кIордийначех долу бераш. Уьш цкъацца хьалалелхий, макхделлачу варкъан басе дирзина шайн догIамаш къегош, ша чIегIардигаш санна берда тIера, айми чулелхара зевне аьзнаш а декош. Суьйнех тера долу, чехкалела дато цинцаш хуьлура, маьлхан зIаьнарша царна гонахьа къегош. Цу суьрто, жималла дагайоийти, баккхийчеран дух ойъура цкъацца. Цу хи тIехь го сурт санна, шен жималла гаре сатесначу ойлано, ирах хьажийтара Дикберд а. Оцу хенахь, коьрта тIехула, шен даржийна тIемаш мела меттахадохуш, лекхачу стигланан сийналлехь, мох лоьцуш лела, цхьа аьрзу дайра цунна. И бIаьрла сийналла ца лаелла, бIаьргаш чу хиш дуссуш, уьш охьадахийтара цо.
          - Лараме Шот! Кху масех дийнахь, хьан тидам беш ву со. Хьо даима ладоьгIаш ву, амма дагара дуьйцуш вац. Ахьа сагаттадойла хаьа суна, иза, ахьа гойтуш дацахь а. Хьан, дукха хаттарш хира ду, тIекхиа везаш. Хьо, цкъа шаьлта тоьхна хIума хадориг вац, цулла хьалха, иза ворхIазза юьстичи бен. Тахана, кхозлагIа де ду со волчохь хьо хьошалгIахь волу. Кхана, Созан замой юха а боьдуш, Сенин тоба ю неврехьа яха езаш. Хьо, совваьлла вац суна. Амма, сан зеро боху: хьо а, кхана новкъавера ву. Йовзийтахь къаночунна хьайн ойла, - элира Дикбердас, хин йистехь Iуьллучу хен тIе охьа а лахлуш.
Улло охьахиъна Шот, дикка Iийра вист ца хуьлуш, генахьо луьйчачу бераша дегош долу Iома тIехь къегачу суьрте а хьоьжуш. Буйна тIе йай йовхарш тухуш, тIаьххьаре а вистхилира иза.
          - Ахь нийса боху лараме Дикберд. Сан сихалуш Iедал дац юкъара хIума луьстуш, кечдеш, хьесапе дуьллуш. Хьан цхьанна дахар дац ахьа терзана тIедуьллург, дукхачеран дегайовхо ю ахь боле юьллург. Со, сан баьччан цIарах веъна вац, цу дIабаьллачу юкъара Гуламе. Со хьажийнарг ю, тхан ваьррин коьртехь йолу «Къанойн Кхеташо». Цуо, соьга тешам кховдийна, аса бакъдерг дуьйцура ду аьлла. Цул совнаха, сан хьесапе хьаьжжина, сацам бан а тарало цу Кхеташоно. Хьо санна, сан гаран баьчча ву со, иштта цу Кхеташонан декъашхо а ву, ханна со жима велахь а – ахбIешаре ваьлла.
Стаг хан ялла хиларх, я къена хиларх хуьлуш вац хьекъалча. Цу дарже кхача, стеган хила деза, шен дIегIаца лайна зер. Хьесап дан хаарх тоьуш дац, цу стеган, Везачу «энис» белла дегхьехам бацахь. Ша жоьпаллехь хиларх кхетар, цу хьекъалчан васташ юккъехь, башханиг ду. Иштта, майра хила а веза, и тайпа стаг хьалхе дIалаца. И массо а хIуманаш, сайнна, гина суна хьоьца, лараме волу Дикберд. Цу Сийлахьчо, хьан халкъана дика дина, хьо тайпа совгIат деш. Со вац хьуна, юьхьдегалла лелочех а, – олуш, цхьана юкъана шен къамел сацийра Шотас.
Дикберд ладоьгIуш Iара, коьртаниг аллалца бохуш шен хьешо.
Хьалха санна, буйна тIе яй йовхарш а тоьхна, шен къамел долийра Шотас.
          - Шина хIорда юккъехь: вайн махкаца болу хIорд а, Ал-Бан махкаца Iуьлла хIорд а бу аса буьйцурш. Нах-ораман ваьрраш ду, хIу тесначу аренгахь санна дукха а, даьржина а, шаьш дехачохь дукха дацахь а, ницкъалле дух долуш а. Ша кхиъначу меттера, кхечахьа даьккхина маргIал цIура доьрзий, Iаламата къахьега дезаш хуьлу иза дендалийта. Цу тайпана, и вайн ваьрраш меттаха дохуш, керлачу метте уьш дIакхалхор, нийса дуй техьа? Дайн аганах а хаьдда, керлачу махкахь вай хIу цIура а дирзина, доь доцуш довра-м дац те вай? – аьлла, жимма юкъ а ялийтина, - Цулле а, и адам дIакхалхош, керлачу махкахь дIанисдеш, дендеш, дебош хьоьгу къа, кхузахь уьш тIеттIагуладеш хьегча гIолехьа дацара? – элира Шотас, цу хаттарна жоп далар тIедожош Дикбердана.
          - Со кхетта, хьан коьрта ойла, муьлхачу хаттарна гонахьа хьийзаш ю. БIешо кхача, итт шо хан оьшуш воккха ву со. Сан дахар а, кху цхьана кIоштахь кхиана дац. Ахьа буьйцучу кху шина хIорда юккъехь, со кхачаза, хилаза кIезга меттигаш йисна. Боккхачу Ломал дехьа а хилла со, са дадийна кхача везнехь а. Со иштта хилла, Туш-Пхьа гIалахь а, цигарчу хIордан, къилбехьарчу кIошташкахь а. Кху «Чхьар-хин» чIажехула, «Къол-хи-да» махка некъ биллина лелаш, генамахкара схьаоьху къепалш а ю.
Цу со леллачу массанхьа а, сан, хьесапца доьзна къамелаш хуьлура. Суна сайна девзинарг доцуш, къепалхоша а хьоле дора, хууш хилла доцчу тешаллашца сан хьекъал, хьесапдар, цу шиммо кхиош болу кхетам а.
Ма-дарра, бакъдолучунна тIекхиа, цкъа хьалха, ширалле кхевдара ду вай. Ширалла хууш воцчо, цкъаа нийса некъ бийра бац. Иштта, шен Iалашоне кхочура вац, шен мерана, дехьараниг гуш воцург а. Хьажал, той дуучуьра араваьлла вайша, кху метте кхочуш, даима когаш кIела хьоьжуш кхечира кхуза. Айхьа боккху ког мичхьа боккху хаар, иза, шеко а йоцуш башхаллениг ду. Iинаха ваха а яц йоккха юкъ. Делахь а, кху меттиган исбаьхьалла, кху хенна тIехиъна гонахьа тидам бичи бен тергаме ца ийца вайша. Мел хаза Iалам ду вайшинна гонахьа. Дуй? И хьалла, гIап лаьттачу гу тIера а, изза зовкх хьега йиш ма яра вайшиннан. Хьалха а, ирах а ца хьожуш, кога кIела хьежаро, кхуза кхачий вайша. Чекхвалалура воцчу метте кхача а, ма-таралора вайша, бевзаш боцчу махкахь хиллехьара.
ХIун гойту, я боху цу вайн ширалло вайга? Схьаоьцура вай, кху хенан тIаьххьара итт бIешо. Итт бIешо хьалха, хIун сурт хилла кху мхкахь а, гонахьарачу кIошташкахь а? Тхо хой а, шу саной а, эцца бердал дехьа Шишболат волчохь сакъоьруш Iан хурри а, дай хилла кху мехкин, тахана вайна бевзу грекаш, римхой, эрмалой, перс-гIажарий, парфаш, сакиш, кху дуьненна бевзуш а боцчу хенара дуьйна. «Ба-ийна-Эли» махко, «Эллам» махкаца доза кхуллу «Да-йа-али» хи тIера, «Хи-лакхе» олу, кхузаманхоша Киллики олучу кIоште кхаччалца мохк болуш, къилбера вайн дазо «Аренцахи», «Буора-нун» хиша билгалдина а долуш даьхна вай ваьрраш. Аса ца дуьйцу, цул хьлха вайн дайша кхиийна паччахьаллаш: «Шу-мар», «Шу-Барт», «Мари», «Нах-Арена», «Ха-На-Ана», «Жи-Ка-Хасуг», «Ур-ари-тIе», «Ба-ийна-Эли». «Хурруман лаьмнашкахь» долу «Да-йа-эла» олу хин тIера, «Эдом» махка кхаччалца болу мохк, «Эшнунна», «Мари» олу гIалин мехкин дозанаша билгалайина къилб агIо а йолуш, церан къилбседа агIонгара Сийрин мохк а, «Арарат-лаьмнаш» а, «Галис» олу хин корта болу кIошта а, иштта хIара «Чхьар-хин» кIошта биста кхаччалца долчу латта тIехь, «нах-хурри мотт» буьйцучу ваьррин шортено кхоьллина хилла мохк бу, итт бIешо хьалха дуьйна. Аса ца юьйцу, цу заманал хьалха хилла ширалла а.
Неврехьара доза билгаладаьлла а доцуш, «Галис» хи тIекхаччалца болу малхбузехьара мохк а, Кур-Аракс хишна гонахьара атагIашкара, лаьмнашкара дахарш кхоьллинарш а, нах-ораман цIена ваьрраш ду. Вай даима лараделла ду, ма-хуьллу дуьхьало йина а ду вайн ваьррин орам тIедаьхкиначу хийра ораман ваьрраша, тобанаша бехдарна. Кхечу халкъах вайн къастар доьзна хилла ду, вайн ваьррашна башха долу «ворхI» терахь тIекхаччалца, цIийнан, аса иза вуьшта а эра дара, цIийца боьзна орам вай ларорна. Вайн дайн хилла дац, Iедалан дуьхьа, хийраораман зударий балош а, богIийташ а. Балор нисделча а, вай чуччаоьху захалонаш деш хилла дац, эрмалоша, йаIудаша санна. Къобалдан хала делахь а, мукIарло дан деза вай, вайн ваьррашна юкъахь нислуш хилар, шайн орам бехбина тобанаш, гараш.
Цундела тахана, вайн ницкъ кхочура бац, вайх дIакъасто телхина дакъа. И тайпа дакъош вайна юккъехь а долуш, юкъара паччахьалла, цхьаалла кхоллалура яц вайн бу бохучу, амма вайн боцачу кху махкахь, я кIоштахь. Цхьана муьрехь хIара мехкаш дIа а ца тосуш, жим-жимма цIена кхерчаш вовшахабетташ, неврехьа таIа деза вай, юьхь йоцуш халкъ, ваьрраш вайна дойла ца лаахь. Аса араяккхина Iалашо ю, вай бохург къобалдо ваьррашца неврехьа а вахна, цу Боккхачу Ломан кур тIехь цIеначийн бух кхолла. И дукъ, вайн ваьррин тIаьхьалонан куп, туш, я гIап а йолуш, цу лаьмнин когашкара неврера аренаш, рицкъ латто кхаш а долуш дахар кхолла. Цу Боккхачу Ломан къилб агIо, вайн ваьррин букъ тIехьа, даима кхозу турс хила еза. Цул совнаха, сан хьесапо билгалдина кхин цхьа хIума а ду. Вайн шира дай, генахьоьжургаш ца хилар дахаран тIегIехь. Со ала ца гIерта, бахамехь, къинхьегаман гIирсашца, паччахьаллин къепашца, тIеман говзаллица уьш керлахой ца хилла бохург. Хилла, амма и шайн кхиамаш кхечаьрга кхочийтуш хилла цара. Церан уггаре а коьрта гIалат хилла, хийра ваьрраш шайна юкъахь даха ховшийтар а, лен дахар шайн кхерчан сийца нисдар а, шайх долу, нацкъарчу геналлехь дехачу ваьрраин жигаралла тергал ца яр а. ХьогIенаш тIагIертачу дозанехь дуьхьало а кхуллий, бахбеллачу къовсамехь гIора дойъи и мохк шайгара дIа а боккхийти, керла дуьхьало кхуллуш хилла вайн дайша. Бакъду, цу гIалатонах кхеттачу Урартуон паччахьаш и шайн ледарло нисъян гIоьртира. Уьш тIаьхьа бисна, лулахь долу хьогIе ваьрраш цара чIагIдалийтарна, - олуш, шен дахделла къамел сацийра къаночо, хьеше иза Iовшийта санна.
          - Ширалла йовзар, дан а ду онда хьекъал. Иза, онда герз а ду. Баккъал а, вайн ширалла евзуш ца хилла суна. Со, мера кIела хьоьжург хилла. Делахь а, сан масех хаттар кхолладелла. Со, кху хьан къамелан чеккхенера волалура ву. Алахьа Дикберд, Лам тIехь дIачIагIвеллачу хьуна, аса дуьйцурш вайн цIена ваьрраш ду, хьуна а бац изза кхерам, Боккхачу Ломан къилбехьарчу лаьмнин когашка и хьогIенаш гIоьртича? Онда а, ницкъаллехь хилла а йолу, Iаламо аьтто бина ламаройн, вуьшта аьлча лаьмнин пачхьалкх йохор девзуш ду вай. – Шотас аьлча, къаночунна дезаделира, цу къамела юккъера коьртаниг схьалаца, хьешан хьекъал тоар.
          - Хьан ира ойланна реза ву со. Бакъду, мел онда пачхьалкх вай цу ломахь кхолларх, и дуьхьало шеко а йоцуш йохора ю вайн кху ахбIешарахь ца йохаяхь а, цхьаъ, шиъ бIешо даьлча хIетте а. Аса элар-кх: «…шайн гIалатонах кхетта Урартуон паччахьаш, и шайн ледарло нисъян гIоьртира» бохург. Делахь а, церан гIертар ах бен дацара. Цара чIагIйийраг, шайн тIехье бен ца хилла, иза а, цу агIора, аренхойн кхерам гучабаларна. Цара дан дезарг, кхин дара. Кху меттехь даьхна, нах-орамах а, цу орамна гергахь долу ваьрраш жигаре а деш, юкъ-юкъа тохарш дойтуш хила дезара кIоргехь йисанчу яккъашна, цу скифаша ма-дарра. Цкъа делахь, хьогIечеран ницкъ латтош долу хьойда даслура дара. Хьан махкара, йистешкахь деха ваьрраш чIагIлура дара. Ахьа, хьайн хьогIе мостагIчунна дуьхьалонаш яр тIедожорца, цуьнан тIелатарца йоьзна жигаралла цIура ерзора яра. Цундела, суна хIайбате ду, Арран кIоштара «ари», Арцхи лаьмнин когашкара гаргараш, цу Боккхачу Ломал дехьабовла ойла йолуш бу бохург. Цкъа Римана тIетевжий, тIаккха парфашца гергарло долчу эрмалошна тIетевжий, шен аьтто лоьху Ибери а, Римхошца къовсам латтон, гIажаршна, парфашна юккъехь йисна Ал-Бан а дика аьтто бу, кхалхар дан лериначу вайн ваьррин. Шина лам юккъе доьхкина аренан ваьрраш неврен шортене девлича, цара сиха шайн адам дебора ду. Цу дебначу ваьррин ницкъ, хьажо ма-беззара кху къилбехьа хьажош, юкъ-юкъа тохарш дайтаделча, нах-ораман ваьррин толам бара иза. Бакъду, шен питана ца лелош, Рим Iийра яц. Цунна, неврехьа гIоьнчаш каро а там бу. Амма вай, цкъа Ибери чагIъеш, тIаккха Ал-Банна гIодеш некъ лелабахь, вайн ламнашкара кхерам лахлура бу. Неврехьа долу «цIаьрматт» ваьрраш, овсаш, сихо вайн бартахой хира бу, цу римхойлла. Цу ваьррашца цхьаьна, юкъ-юкъа хIонсана лерина цара тохарш деш хилахь, вайн коча гIертара бац и парфаш а, эрмалой а, гIажарий а, иштта грека-римхой а. ТIаккха цу Иберех, Ал-Банах хила ма-еззара, вайн турс хира ю. Хьуна, муха хета сан ойла? – олуш, цIеххьана хаттар дира Дикбердас.
          - Со, хьан хьесапе ойланах цецваьлла ву. Ахьа, сан корта, цу ломах долу шовда санна цIанби. Сан коьрта чохь гулабелла гIучIа, цу гIучIо кхоьллина хаттарш Iанаре дерзош тап-аьлла дIадайъи ахьа. Тахана со теш ву, тхан махкара Кхеташонан декъашхой, сайга, бартахой бан лура бу аьлла. Ахьа Iорадаьккхинарг, майдана а ваьлла, кхайкхо хIума дац.
          - Цу тIехь хьо, бакъ ву. Хьаьнга-хьаьнга а дуьйцу хIума дац хIара. Жоьпадай а, тешам болу жигархой а хила беза, кху хIуманан декъашхой.
          - Хьан коьрта ойланах со кхетта. Иза бакъдерг ду. Сан кхин цхьа хаттар хира дара хьоьга, сайн кхетам кхиорца доьзна. Ахьа хьахийра-кх: «…тахана, кху мехкин дай хилла лаьтта, вайна бевзу и грекаш, римхой, персида-гIажарий, эрмалой, парфаш, сакиш, кху дуьненна бевзуш а боцчу хенара дуьйна...» бохург? И хаттар достура дарий ахь суна?
          - Со, ткъайха мотт хууш ву, кху шина лома юккъехь дехачу ладаме ваьррин. Со иштта урартуойн, ассуройн, баб-иллуойн, хеттин «кхосаберган йоза» а, рим-понтан «кепа тоьхна шочан кехатан йоза» а деша хууш хиларе терра, дукха тешаллаш девзуш ву со. Цу тIера и хIуманаш хаарна, сан цIу-динан дайшца а, Iедалан гIуллакххошца а, дийца дукха къамелаш ду, къийсадаларш хуьлу, хезна доцурш довзар а нисло. Iаламата, сан самукъадохурш бу къепалхой. Аса-м царех, шираллехь санна «там-кара» олу. «Там, кара балар» бохург хилла иза шумаройн маттахь. Ткъа и шу-марш, вайн ораман адамаш хилла ду, «Маитенна» олу Iоманний, «Малх гIотту хIорданий» юкъара схьадовлар а долуш. Уьш даьхна зама, хIара дуьне хин бухадоьдуш, хица и доллу адам хIаллакдиначу муьрал тIаьхьа хилла ю.
«Мушкаш» а, «муска» а олуш хилла цу шираллехь, тахана вайна бевзачу эрмалойх а. Ша цIоз санна, кху махка уьш хьаьлхина зама, пхи-ялх бIешо хан а яц. Урартуо йохначул тIаьхьа, кху меттехь юкъ-юкъа дахар долуш баха хевшина бу уьш. Цу халкъан мотт кхуллуш дакъа лаьцна, кIезгачу барамехь ворхI матто – мушкин нана-матто, лувиша, грекаша, хурриша, гIажарша, ахламуша, гаргараша. И эрмалой, цхьаа бух болуш бац кху шина лома юккъерачу кIошташца, я «Арарат-лаьмнашца» а. Иза, тIедеъна халкъ ду. Иштта тIедеъна халкъаш ду, гIажарел хьалха даьхна мидин халкъ а, и гIажарий шаьш а. И ши халкъ, вайн дуьненна девзина зама, исс бIешо а яц. Ассур махко, цу малхбалера тIегIоьртиначу мидишца дуьххьара тасадаларш до иссбIешо хьалха. Цу Ассуран тешалаша дийцарехь, бархI бIешо хьалха, шен олаллин кIелавалаво, «Парсуа» халкъан 27 ваьррин баьчча. Цу хенара дуьйна, шина-кхаа бIешарахь, уьш ял луш хилла бу цу ассурашна.
Вайн махкана, ялх-ворхI бIешо хьалха бевзина бу грекаш а. «Синода», «Трапезунда» олу гIаланаш ю уьш баха хевшина кIошташ, там-караш санна. Церан «Къол-хи-да» махкара «Фасис», «Диаскуриада» олу гIаланаш кхоллаелла а дац, кхобIешо хан бен. Цу хенара дуьйна даьхна «Понтан паччахьалла», римхой бахьана долуш доьхна зама, 42 шо бен дац. Ткъа и римхой, кху махкана бевзуш, сан дара 23 шо, вуьшта аьлча, иза дара 69 шо хьалха. Аса ца дийцича а, хьуна хьайна а хуа хира ду, цу шина халкъаца доьзнарг. Тахана, цхьамахкахой ма дуй шу. – элира Дикбердас Iоттар йоцуш.
          - Ницкъ а, хьекъал а тоьура дуй те вайн, и ахьа дийцинарг кхочушдан? – элира, дагахьбаллам болуш а, шеконо дIахецаза волчу а Шотас.
          - «Ницкъ болчу орамо, тарх а боькъу» олуш ду, вайн шира дайн, цхьа кица. И орам, вайн адаман вадд ду, вайн амал ю. Оьшург хIун ду, хьалхе дIаяла хьакъ болу хьалханчаш, хьекъалчаш бу. И хьекъалчаш болчу халкъо, уггар хьалха, гу лаха беза, уьш цу тIебаха.
          - Аса тIетухара дара: «цу хьекъалче ладогIа кийча и халкъ делахь» бохург, - Шотас аьлча.
          - Иза, дукхаха, цу хьекъалчех дозуш ду. Царна, адаман даге бакъдерг дакхачо дош карадаре хьаьжжина, ладогIар а хира ду, - элира къанос.
          - Цу тIехь, хьо нийса ву, - аьлла, и къобалдира хьешо. Оцу хенахь, гу тIехь гучаваьлла Геланча, шен ден, де да лахахь а гина, сиха бердах вуссу тачехьа ведира.
          - Берди! – элира цо, ша тIе ма-кхеччи, - Элсийс хьоьга майдане вола боху, хьоьга хьожуш Iан, Шишболатан хьеши бу дIабаха сагаттадеш.
          - Уьш, соьца захало тесначу Созан, векалш бу. Хетарехь, кхана новкъабовла сацам биначух тера ду цара. Геланча! ДIаала Элсийга, хье ца луш, со дIавогIу сайн хьешаца. Ткъа вайшиммо, долийна къамел чекхдоккхура ду, - олуш хьалагIаьттира лацаделла дегI меттахдаккха лерина къано.
          - Мегара ду, - аьлла, Шот а хьалагIаьттира.
Оцу хенахь, шайн нийсархо къаношна тIевогIуш гина хин йистера бераш а, дехийла даха тохаделира. Хица охьаволавелира къано, тача долалучу агIонгахьа.
          - Шот! Шу, «санаареш» а, тхо «хой» а, вайн шира дайшкара дуьйна, цхьаъ лоруш хилла. Вайна юкъахь лаьтта кху ломан, и хьаллара дукъ ца лерича, вуьшта лулахой а ду вай. Иштта, «Чанахи» а, цу хIордайистехь дахар долу и «тIе-ба-арена» олу ваьр а, вайн нах бу. Цу хьалхарачеран цIе а, «нах» олучу дашца зIе йолуш ю. «Махалонаш» а, «чанахи» а, вайца гергара орам болу нах-ваьрраш ду. Аша, «санаараша» хьалхе а яккхина, и ваьрраш, вайн ойлана тIедалон таралура дацара шун? Цхьа, «Анхиал» цIе йолчу баьччан, векал ву бохура цу Гуламехь, жигаралле къамел деш? – дукхаха, хаттаре дерзийна къамел дора цо, сиха а ца луш.
          - Грекин Iаткъамна дуьхьало еш ву и Анхиал. Цу «махалонин» а, «чанахи» олучу декъан а, ларам болу баьчча ву иза. Суна хетарехь, и «чанахиш» «хIордан лазар» кхетта адмаш ду. Цаьрга, и шайн хин дахар диталура дац аьлла хета суна. Делахь а, цу «махалонех» дегайовхо ю сан. ХIунда аьлча, тхо а ма дуй, хIордйистенан бераш. Цу махалонех волу къонах ГIал, соьца юкъаметтигаш еъна ву. Иштта, «Къол-хи-да» махкара Дула а ву, суна вевзуш. Уьш, шайн махкахь, ларамечу тIегIанан нах бу.
«Масанекъин» цхьадолчу ваьррех а, и тайпа дегайовхо ю, къаьсттина, нах-ваьррин орамах ю ала томехьа йолучу тобанех хIетте а. «Халда-халибашца» дерг, дика девзуш ца хиларна, царех дерг, ала хуура дац суна. Амма, цу неврера лаьмнаш, эчиган маьIданаш йоцуш хира дац. Ишттачу маьIданашна оьшу говзанчаш: «эчиг-тIулгбоккхург», «пешашлелориг», «эчиглалориг» и «кепа дуттуриг». Цундела, «халибин» говзанчаш боцуш кхоьллина дахаран тIаьхье, Iаламата гIийла хира ю.
          - Цу тIехь хьо нийса ву. Цу эчигца доьзна белхаш бан, корматалла кхиочеран агIо, кхин а готта йолчу дакъошка екъалуш ю: эчиган тIулгаш долу меттиг, маьIда карор; и тIулг баккхар; тIулг пешахь лалор; лалийна эчиг, кепаш чудотта хаар, масане гIоьналлин корматаллаш кхио еза. Цу корматаллин говзанчаш, ша халкъан баьччанаш санна, юкъарчу гIуллакхна дог лозуш а, керлахой а ца хилахь, шеко яц, и гIуллакх доьхна ду. Говзанчаш, шен орамах берш хила беза, бацахь, кхио беза! – резахилира къано, - Шот! Хьоьга дехар дан а, хьо, загIанашца Iехо оьшуш ма вацийца. Цундела, хьан лаамехь дуьту ас, хьан эхь-бехке а кховдадо вайшиннан хIара къамел. Оцу хенахь, кху шинна тIаьхьакхиара, гIовгIа айъина, хин йистера догIу бераш.
          - Кхарех боьзна а, дегайовхо а йолуш бу-кх, вайшинан лаам! – аьлла, берашка цхьацца хеттарш дан а, забаре дийцарш дийца а велира Дикберд.
          Шега хьожуш Iийначу шина захале бехк ца биллар а дехна, Iуьйрана, Барус бозбуунчалла лелийначу четаре вахара хIара кхоъ. Четаран чохь, къепе йалийнера. Бецаш ягош, хьожа йоккху кхаакога тIера хIоам боцург, «барун» гIирсах, балхах дисна хаалуш Iаьциг а дацара кху чохь. Лаьтта тесначу истингаш тIехь Iоьхкуш миндарш а дара, шийла мосха чохь долу сурила а, дошон, детин шаннаш чохь стоьмаш а, цхьацца марзалгаш а яра.
          - Кхузза лакххьа валий, кху миндарш тIе, дIатаIал шу шиъ. Бакъду, цу арарчу гIовгIана вайн дан хIума дац. Вуьшта, со ладугIуш ву-кх шу шинга. ХIун дара шун, соьца дагадовла дезаш дерг? – элира хIусамдас, кхин, къамел дIасхьахьийзош хан а ца йойъуш.
          - Кхана, тхан шеа дакъа новкъадолуш ду. Тхойша, тхайн гIоьнчашца къилбехьа, ткъа хьан нуц Сени, шен бIоца неврехьа гIура волуш. Тхан махкахь, кхин гIолехьа хира доцуш, мах-там бар а, ловзар хIоттор а, лекхачу тIегIехь дIадахи шу бахьана долуш. Даггара, Соз цIарах, шуна баркалла ала лаьа тхуна, къаьсттина Дикберд хьуна а олуш. Оха кхаамо – тхойша, Сени, дийцаре йиллинера цхьа ойла. Цуьнан чулацам иштта бу: бевзаш боцчу махка, таллам бан доьдачу божарийн декъаца, жима нускал новкъадаккхар, Iаламата къинхетамза гIуллакх хета тхуна. Масех баттахь Сени юхаверза везаш хилча, нийса хира дацара и йоI, Полла, оха хьоьца йитича? Ша юхавоьрзуш, шен нускал а эцна, шен махка воьрзура вара иза. Соз а, иштта нислуш хилча, кхин дуьхьала хира ву аьлла а, ца хета тхуна.
          - Барун, хьалхара чIегIардиг ду-кх хIара – элира къаночо, аххезаш, шен меракIелахь а олуш.
          - Ахьа, хIумма а эларий? – аьлла хаттар дира векалех цхьаммо.
          - Поллас хIун боху? - Иза, вайн хиллачу барта тIехь саца, реза ю. Делахь а, са ца гаттадеш хира яц иза а.
          - Дика ду. Шу массо а резахилча, со а вера вац реза ца хилча. Делахь а, шуна новкъа вацахь, аса сайн цIарах, зер долу, некъ бевзу накъост тухара вара Сених – элира къаночо, - цуьнца, шен накъост а хира ву, цуьнан лай.
          - И санна йолчу комаьршаллех пайда ца оьцург, дикка Iовдал хила веза, я кхоччуш, шех бIокъежна стаг ву иза, - олуш велакъежира, шайна хетарг нисдаларна, самукъадаьлла векал.
          - Делахь вайна, шун соьга ала кхин хIума дацахь, кийра шелбан, мохсин кад малар ду-кх диснарг, - элира, велакъежначу къанос а.
Кхараллехь жимаха волчо, кедаш дуьзира. Оцу хенахь, хIинцца хелхарш дIадаьхьначу меттера схьахезаш, ладугIачу эшаран аз дара. ДIатаьIна Iуьллачу Дикбердана наб озийра кху дийно гIелвина. ХIара меттаха ца ваккха, ишарца корта ластийна ши захал, меллаша аравелира четар чуьра. РогIерачу хелхаре кхойкхуш вотанаш тоьхча, самавелира къано. ДIасхьа хьаьжна, ша цхьаъ витаний кхеттачу цо, велакъежаш, шолгIа миндар гIойле озийра агIора волуш. «Жимма наб йина, кханенна, Сеница вахийта стаг билгалвоккхура ву аса» олуш еъна ойла, юьстаха теттира, гIелваларо тIеоьзначу набаро.

          Хьалхарачу шина дийнахь Созан векалш тIеоьцуш, Шишболатан кхерчахь церан той хIоттош, ловзар дIахьош къахьегначу бахархоша, таханалера кхозлагIа де, БаIашна, Мархатай ялош дIадаьхьира. ЙоI маре йоьдачу дийнахь тIех жигаралла йоцуш Дикберд хиллехь а, тахана, и жигаралла тIехъяллера къаночуьнан. Кху дуьненахь, цунна уггаре а хьоме долу ши бер дара цхьанакхеташ, юкъара дахарехь хьалхара гIулч йаккха.
Тховса, Дикберд, шен шина зудчуьнца цхьаьна, буьйса йоккхуш вара, Хабабат ехачу кхерчахь. Шина зудчо до гIам-гIим хезначу майрачо, уьш хьовзо дагахь къамел долийра.
          - Хьанна хаьа, шайн тхов а болуш, цу кегийрачеран, керлачу махкахь маца дахар нислура ду. Цундела Хабабат, хьо, цхьана баттана когаш хьалаоьзна, кху хьайн хьомечу эмгарца яха езара ю. Цхьаннан йоI ю юьдаш, вукхунна тIейогIуш ю. Элсийс сан хьаша, ша волчу дIа ца вигнехьара, иза а вара, кху чохь дIанисван везаш.
          - Дера хира вацара, и хьан хьомениш кху чохь а битна, йиъ гIатти йолчу цу хьан бIов чохь, ахь вай дIатарадинехьара. – аьлла резаяцар гайтира къеначу Хабабатас,
          - Со-м реза яц, хIара бутт, кху чохь иштта баккха.
          - Э-э, хьуна дага ца догIу, кхузткъе ялх шо хьалха, вайшиммо дуьххьара яккхина буьйса? Хаза йарий, серех йина, хьахаза йолчу бун чохь кIелатаса а, я тIехула таса а хIума йоцуш, и чоь юьззина, цу чу араза долу мекхан оьсаш а деъна, буса юккъехь мацалла яйъа, цу чан кенаш хьекхош, вай буьртигаш диъна хан?
          - ДIавалахь, уьн шарахь хилларг а ца дуьйцуш. И хенаш дагайогIуш хилча, тоххарехь бердах кхоссаелла, елла хира яра со. И хилларш, кху хьайн хьомечу Хазале дийца ахь. Кхуо, шина куьйга корта а лаьцна, ладоьгIара ду хьоьга, хьо дуьххьара гича санна.
          - ДоьгIара дацара, хазалла валла воллуш со вацахьара – элира, тховса забарш ярна тIера волчу Дикбердас.
Иза, иштта самукъадаьлла гина вацара шина зудчунна, кху тIаьхьарчу иттех шарахь.
          - Сан йиша Хьабайта! Кхана, и шиъ кхоьссина ара а дахийтина, кхунна тIехула долчу гIатти чохь дIанислура ю хьуна вайша. Хьо цунна, шек ма-хилалахь! – элира, майрачуьнан дог-ойла тайначу Хазалс а.
          - ДIаяла ши зуда, цхьа кхо де мукъне а даккхийта цаьрга паргIата. И Сийлахь волу «ТIо-йа-Ша-ба» а хира ма вац реза, и тайпа синан шогалла вай гайтахь. Цу шиммо-м, доккха сагIа ма далийтаний цунна, шайх бахьана деш.
          - И «ТIо-йа-Ша-ба» а, и «Хал-Да» а, и мел волу кху махкана вевзина «эни» а дехаре багIахь, кхана, сан дегI ког хеццана паргIата дера ду-кх хьуна, - олуш, Хазале бIаьрг таIийра йоккхаха йолчу эмгаро.
          - Орцаха дала, дуьне! Эмгаралла лело деза сан зударий, вайна массарна дуьхьалла, гIаттам бан кечлуш бу хьуна, цхьа буйса ца лаелла! – элира, шина зудчуьнан барт бевзуш волчу Дикбердас а.

          БIаьстено, аьхке хуьйцу йовха буьйса яра тховса еънарг. Седарчий оьгу мур бара тIекхаьчнарг а. Лаьмнашкара хьоькхаш бара кIеда мох, шеца йохьуш цкъацца, баган хьуьнан хьожа. Ваьрран бешарчу диттин луьста кондарш гIийла лаьттара, ойланашка евлича санна. Цкъацца хазадора цара, халла хеза шабар-шибар, цу буьйсанан тийналлица дIаэрца довш долу. БIов чуьра, кхечу керчашкара серлонаш йовш, дукха хан яра адам дийшина. Шишболат вехачу эвла йистехь а тийна дара.
          Дийнахь дIавижаро наб йайъина, готта чохь дижначу кхаа адамо айъана товхоно садукъдина, аравелира Дикберд. ДукхагIатиш йолу, кхуьнан цIийнан коьрта бIоьвнан амат, кхоьлина дара хIинца. Цуьнан, мокха тIулгах боьттина пенин бух, дIаийнера латтаца. Амма, бIавнан хенара долчу диттан луьста генаш юккъехула гуш, дашон у санна къеэга кор дара, гIийла серло етташ. Цуьнан раз кхеттачу зIаьнарин серлонехь, дегадеш гора цхьацца долу гIаш а, гIийла, корехула арайолура юткъа, корта хьовзо хьожа а. Амма, и хожа хаалуш яцара, къано лаьттачу лахахь.
          Цу чохь яра, тахана зуда хила кечъелла Мархатай. ТIаьххьаре а, тIекхечира цо дукха сатийсина мур. Иза йолчу вогIура ву, цуьнан безам БаIаш. Моссазза яхна цо ца кIордош, цуьнан хIайбате йолу и цIе. Шен кийрара сингаттамаш, дог-ойланаш масане язайора цо, цу Iаламате долчу дашца, тийначу буьйсанна тайп-тайпана IиндагIашца цуьнан алар нисдеш. Цу дашца масане асар хаалора безаман, хазахетаран, сов хасторца, къаьхьаллица, пошме гIайгIанца. Къиазхойн мур тIебеъча, селхеналера и берийн ловзарш, хууш доцуш, гуш боцчу ницкъано керла мухалла кхуллуш меллаша хийцира. Дуьххьара, цхьана юкъана юхура иза. Делахь а, берийн харцхьаралла совйолий и йохар дицлора сиха. Иза, БаIашца къовсалора ша кIант санна, цуьнан боьрша нийсархо хуьлий. Дуьххьара, цо тергал ца дора, БаIашан леррина эшар. Цунах ша кхетча, Iаламата оьгIазйоьдура иза, ша тайниг хетий, я гIийла хетий цо иза деш санна. Жимма хан ялча, ша яра иза, цулла эшна хила гIерташ. Цу шинан яхьаллеца боьзна къовсам, вовшенна тоса ца долийтуш, ша-ша хаза эша гIерташ бара. Кху буьйсанал тIаьхьа, кхечу агIора хира ду. ХIун хира ду? ХIун ду, кханено кечдинарг? Хийрамахкахь карон дерг хIун ду? Шеко а йоцуш, ирс ду! Оцу хенахь, лаха чохь аьчкан кIажа, гIийла цIевзира. Мархатайн дог цкъа къовладелира, шатIулг шех хилча санна. Ламин хIора тIегIанна тIе, ког моссаза ловзу, къовладеллачуьра йоIан дог жим-жимма дасталуш дара, ша маьлхан зIаьнарша досту жовзан (гIазкх., «лилия») зезаг санна. ТIаьххьаре а, ламина букъ берзийна лаьттачу Мархатайн белшаш тIе, дай ши куьг хьакхаделча, юхайирзиначу йоIан йоIбаьрго кхарстийна ало, кIентан бIаьргаш чухулла ялла кийра мерцира, цхьа безамехьа зуз, доллу дегIе хьодийтуш.
 
SENINNEK.md.png

          Берда йистехула, гIийла ког боккхуш лелачу къаночуьнан ойла, дахначу дийно гайтиначу суьртех тасаелла яра. Цо ойла йора, «барус» диначу мукIарлонан, сарахь схьакхайкинчу Кюркана, ша Сеница ваха тIедожийначу декхаран, Шотца латто езачу зIенан башхаллин, шина леца веъначу Шакурас, дIадаьхьначу Барун декъан. Лела гIелвелча, шен тIеулларгах хьаьрчина, цхьана бердах дIатаьIаш охьахиара иза. Стиглара седарчий тидаме эцна Iаччахь, набар тар озийра цунна. Цуьнан тидам, кегаелла ойланаш, гIено гIийла шен караэцнера. Цхьаа, маьIна чекхдаьлла а, я дуьззина а доцу гIенаш дара цунна гуш. Делахь а, цхьана гIено кIоргга лар йитира, цуьнан синкхетамехь. Цунна хезара, гу тIехьа долуш санна бIаьхьалаллин кхайкхар, маьхьарий, узарш, деттачу таррин татанаш, кхеташ воцу латар дара кхунна схьахезнарг. Жимачохь санна, ведда, дукъан рагI тIеваьлча, хIинцца хезна аьзнаш, татанаш тIап-аьлла дайра. Гуш а, цхьаа вацара. Бакъду, селхана, йоIана дохьийтачу совгIаташна юкъайиллина, цо шен майрачунна совгIатна яла еза, цIен тIеуллург яйра цунна, баьццарчу байтIехь Iуьллуш. И схьаэца аьлла хIара охьатаьIча, куьнан куьйга бухара тIап-аьлла яйра иза. Оцу хенахь екначу боргIалан озо самаваьккхира Дикберд. ХIинца, кар-кара аз оьцуш екара самаевлла, цу дехийлан массо а боргIалаш. Цкъа-шозза Iаьхира масех бIарза а, иштта юкъ-юкъа лета девлира жIаьлеш. Iуьйренан тхино тIунъйина тIеуллург а язаеллера. ХьалагIаьттина, шело лаца кхиъна меженаш а хьакхийна, кхерчехьа волавелира Дикберд. Сийсара къегина хиллачу кегийрахойн корехь, бода бара хIинца гуш. ХIара чоьхьаваьлча, Хазал йоллура, цхьацца хIуманаш кегош. ХIинцца самаялла Хабабат а яра, бIаьрга буйнаш а хьийзош Iаш.
          - Стаг! ГIомалла вахначара вогIуш-ам вац хьо? – элира цо, сийсара беш бисна бегаш юха карлабаха санна.
          - Ахьа хIун лоьху? – аьлла хаттар дира цо, йоккхачуьнан забар тергала а ца еш.
          - Тахана дIаяха езачу йоIана, некъаца оьшун йолу, цхьацца, зударийн баргалш гулаеш йоллура со-м – элира Хазалс.
          - Эрана ду. Полла цхьанхьа йоьдуш яц! – майрачо аьлча,
          - ХIу! Тахана новкъа ца бовлу уьш? – элира, ца кхеттачу йоIан нанас.
          - Бовлу. Амма хьан йоI йоцуш.
И хезна Хабабат, кхоччуш самаелира. «И бохург хIун ду?» элира цецъяллачу Хазалс а.

          Малх гIушлакхе балале, новкъаяла кечъелла ши тоба, лахарчу майданахь лаьттара цхьаъ невре, важа къилбе яха кечъелла. Хьеший новкъабаха арадаьлла адам а дара, кху деноша шайна бовзийтиначаьрга, забаре, цхьацца кхиссарш еш лаьтташ. Дикбердан цIийнан кегийрахой а бара, хьеший новкъабаха баьхкиначарна юкъахь. Уьш, цаьрца, масех чакхарма некъ бан лерина бара. БIов лаьттачу гу тIехь, гIанташ хIиттийна Iачу Дикбердана, Динан дена, Алсийна тIевеара пхи къонах. Уьш бара: Созан ши векал, шайна тIаьхьахIоьттина Сени а волуш. Хьаша Шот, иштта Дикбердан векал волу Кюрк а.
          - Тхойгара, цатеме хIума даьллехь, тхуна гечде аша. Даьллехь а, ларамаза нисделла шуна. ХIара тхан мадаре совгIаташ, Созе дIакхачаде. Тхойгара, доккха маршала дIа а ло, цуьнга цхьанге делла ца Iаш, массо а шайн бахархошка. Кхул тIаьхьа, хиллачул а чIогIа гергарло хира ду вайна юкъахь. Тхан лараме хьаша Шот! Вайшиннан хабарш тидамехь латтаде. Вовшенгара кост хилар хоийту, биллам ло аса хьоьга. ХIара гIутакх схьадиллича, хьо тIекхуьура ву сан билгалонна. Со хьоьжура ву, хьан хааме. Хьайн махкахошка, тхойгара маршала дIало. Сени! ХIара Кюрк, забарш яр дезаш велахь а, тешаме накъост ву хьуна. Хьо воьдачу махкахь, кхуьнан корматалла карора ю хьуна. Кюрк! Селхана сарахь, вайша ма-диццара некъ бе. Iаламата инзаре хIума хуьлуш хилахь, соьга хаам баийта. Кху чохь бу шуна, хаам бохьуш вогIура волчуьнан биллам! – Шоте, Кюрке жима ши гIутакх кховдийра Дикбердас, - ДIагIо. Некъ маьрша хуьлда шун! – олуш корта таIийра цо, дагтIе куьг а дуьллуш.
Цо санна кортош таIийра, новкъабовла безачара а. Созана лерина совгIаташ охьадаьхьира леша, къилбехьа йоьдучу коврана тIедахка.
          - «ЙоI йолчу нанна, кIант карийна» олуш дара, вайн дайн цкъацца. Ткъа вайн Хазална карийна кIант, йоIана, дукха пайдехьа а ца хили. Амма шу шек ма хилалаш, хьоме кIорни доцуш, Кюрк юхавоьрзура вац шуна! – элира ахзабарца, юьстахо лаьттачу зударийн Iодикаян, гергавахначу Кюркас.
          Шаьш Сенин бIана тIекхаьчча, хаа гIертар совдаьлла Кюрк, гIутакх чухьожура ву. Цу чохь Iуьллуш гича, ах агIо йоцу, кагбина варкъан къоьга, цхьа тамашийна батт саттора ю цо. Ткъа Шотана, иштта а хаьара, шен гIутакх чохь Iуьллург, шаьлта тухуш юккъехула екъна, «Къол-хи-да» пачхьалкхан хиллачу паччахьан, «Аристархан» амат тIехь долу, дашон, ахчан экъа юьйла.

          «Чхьар-хи» лелачу атагIула, Сенин тобано некъ бо кхозлагIа де дара, ши буйса цу новкъахь а йоккхуш. БIаьсте, карзахъяллачу хене йирзина яра. ЧIажо муьлхха а голатухачу меттехь кхолладелла, исбаьхьа куьзга къего Iаьмнаш а, аьрру агIонца тIеохкаделла, шен когашкарчу хьаннаша сендина лаьмнин лекха даккъаш а. Аьтту агIонца, тIекаре лаьтташ дара, тулгIенаш санна долу «Арсиян дукъан» гунаш. Бовхачу махо хьоьстура юьхь, ткъа малхо лора, серлонан дашо Iовраш. Церан цу Iаламете лепаро, къаьсттина хазадинера бешаш йолу чIажан бердаш. Буьйсанаш а яра, сирла а, йоций а. Хьалххе сатосура. Синбилгало къаьстачу муьрехь, хи тIера гIоттура, тIуьначу бай тIехула некадеш санна айъало дохк. Цу муьрехь, дехийлашкахь, чIогIа кхойкхура самаевлла боргIалаш. Ткъа дийнахь, цу кегийра дехийлашкара поппар хьаьхна а, тIулгех дина а долу лохий цIенош къайладовлий хуьлура, эргIада зазадаккхар долчу стоьмин бошмашкахь. Некъаца, наг-наггахь дуьхьала кхетара даккхийра а, кегийра а жаш. Техула таргIа болу кетарш юьйхина жаIуй, шайн ехачу Iасанашца ларадора и жаш. Церан кочахь хуьлура, бахтарш тIехь кхозу къаьнзигаш. Шайн агIонга йогIу ковра, я кхин тайпа тоба геналлехь хааелча, уьш дикка лаьттара, цу шайн дийна болчу тIаргIана юкъа а хIуьттий, шайна кхерам буйла хьоьжуш. Царех дукхаха болучара, цхьаъ хилахь а олий, шайн жаш цу чIажана нацкъара дохура. Жа даьржина хиларна и болх бан ца кхиънарш, церан оьгIазе долчу жIаьлеша ларабора. Къепал, я ковра хааелча, йиш хаьлла летара дуьхьала довлий а, тIаьхьара ца довлуш а долу и жIаьлеш, дошлоша, шодмаш етташ шаьш лахккалца.

          БIаьстено даима йохьу тешам боцу, къастамза, амма мерза йолу дегайовхо. Кхане ца йовзаро дог Iийжадахь а, там болу сатийсамо дог   дузадора хIинца Шотан а, цуьнан некъахойн а.
Сени тобанах дIакъаста бан биснарг, гена некъ бацара цуьнан.
          - И хьалла го ломан дукъ ду, со шух къастора верг, - элира цо, шена юххе ваьлла вогIачу Сенига а, Кюрке а.
          - Муха тиллина ю, цу дукъан цIе? – аьлла хаттар дира, хаа гIертарна тIера волчу Кюркас.
          - «Эчиган лам».
          - Баккъал а, эчиган бу иза?
          - Бу. ХIинца, цигара доккху эчиг къеделла. Цкъа моцах санна, хьоле яц хIара кIошта. Делахь а, кхузарчу бахаман хьашташ кхочушдо цу ломан маьIдано. Дагарш, тарраш, пхан ведаш, цхьамзанаш, хонхалш, уьрсаш, хьостамаш, маьрсаш, кхин тайпа кегийра хIуманаш йо кхузахь хIинца а. Бакъду, дукха ца йо. – Шотас аьлча, «Делахь вай, делкъе а еш, хьо дIахьажора ву-кх цу меттера, тIаьххьара, цхьаьна цхьацца «луьйтан кад» (гIазкх., «посошок») а мелла», - элира Сенис, шен гIоьнче, «делкъе ян, кечам бе!» а олуш.
          Аьрру агIонга дIатаьIначу чIажо, мелла а гола туху цу меттехь. Цигахь ду, «Чхьар-хих» схьакхеташ, ломан хи гуладо жима га. Цу ган лахенгара атагIахь, палсту хIоттош, куьйга бина Iам бу кхоьллина. Цуьнан бердашца лаьтташ ю, эчиглалон пешаш, шайна чуьра арабуьйлуш буькъа кIур а, юкъ-юкъа, цу кIуьрца аракхуьссуш суйнин цIовш а долуш. Цкъацца, цу пешан кийрара аракхевдара цIеран бовха мотт. Цу меттигна генайоцуш, басеца Iуьллуш гора цхьа эвла. Хетарехь, цуьнан дукхаха болу бахархой лай а, церан хехой а болучух тера дара, юкъ-юкъа ловзуш бераш гахь а. «Эчиг ломан» басенашца а, гIирт хьалатесначу готталехь а, туьйлага юккъехь зингатий санна адамаш гора къахьоьгуш. Цара охку, оту, ги бутту лаламаш тесначу тIоьрмагаш чуьра маьIдан тIулг. Лам тIера лахенга кхоллаеллачу некъан асанца, цу адамо, пешаш йолчу кхачайо шайн гихь йоллу и йозалла.
          Iоманна лахахь дошлойн тоба сецча, хье ца луш, эвла юккъера гучаваьлла ши дошло, кхарна тIевеара маса.
          - Шу муьлш ду? Шуьгара хила таралург бала бу, йа дикалла ю тхуна? – хаттар дира цу шинах, ханна воккха ву эра долчо.
          - Лараме Халдаз! Тхо, машаре адмаш ду. Ахьа бакъо лахь, кху хьан Iома йистехь делкъе а йина, хIара бIо новкъабера бу, - элира, шен таьлсаш чуьра даар схьаэца гIерташ воллучу Шотас.
Иза вевзиначу кхерчан ден, Iаламата самукъаделира.
          - Ва Шот! Хьо вац хIара? Бакъо муха ца ло аса, хьо санна волчу хьешанна? Шу кхузахь сацар, сан кхерчах цавашар санна хета суна. Дуьлол, вай эвла гIура ду. Эцца, «Апсари-гIопахь» цхьа гIучIа баьржина бохуш, хаам кхаьчна вайга сийсара. Хилларг ма-дарра ца довзахь а, хетарехь грекин, я римхойн питана дуй те аьлла хета. «Шавшети лаьмнин» къилбера бахархойх лай бан гIоьртинчу грекин, дукха хан йоцуш кIумс аьтна цу ламароша. «Шавшети лаьмнин» неврера агIонгахь, цхьа бохь ваьлла а боху: «Ша, ламаройн чIирэцархо ву» аьлла. Амма иза, сийсара хаам бохьуш веанчу векало дийцарехь, питанча хила мега цу грекашца, я римхошца бертахь а волуш, цара цхьа догайовхо елла. Грекашна дезарг, кху кIоштахь онда питана даржийна, бахархошна онда зулам дар ду. Даима санна, цу грекашна тIехIиттина хира бу римхой а. Иза, хин куьзгана чухьаьжча санна, гуш ду суна. Ламаройн маьршалла дIайаккха а, царех лай бан а лерина гура бу, цу жигаралло кхолла кечбинарг. Цуьнан жамI суна иштта го – лайх юьзна Риман майданаш.
          - Ахьа дийцарехь, «Апсари-гIопа» кхача, кху Сенис арабаьккхина некъ кхераме бу-кх?
          - Цуьнан, шеко хила оьшуш дац! «КIол-хи-да» махкара, нах-хурри ораман адам а, кхалхар дан кечлуш ду бохург ду геланчо деънарг. Шот! И санна дерг хила таралой? «Дай-Iа-хин махкахь» хиллачу Гуламо, хIун сацам бина? Хьо ма вара, «цу Гуламе кхача веза хьайн» бохуш? – хаттар дира, гIайгIане волчу Халдазас.
          - Хала мур бу вайна тIехIоьттинарг. ХIара Сени ву-кх, цу гIуллакхна гонахьа, таллам бан арабаьхначарех цхьаъ.
          - Лараме Халдаз! Хьан эвлара бахархой, сапаргIата боцучарех тера бу аьлла хета суна, церан жигаралла тIех айъаяларна. – элира, эвлара хьал тидамехь латточо Сенис.
          - Вало маса! ПаргIата хила ала цаьрга! Уггар гIолехьа, шийла чагIар а да кхарна, сан тIаьхьало латточу, тоьли чуьра эций! – элира Халдазас шен накъосте.
          - ХIа-хIа, Халдаз! Сакъоьруш Iен хан яц тхан. ХIара гIуллакх кхин а чолхе дерзале, сан кху лаьмнашкара дIавала дезара ду. Юханехьа некъ бар, сан амалца догIуш дац. Ахьа хьеха суна, кхерамазаллица алсама маьршо йолу, къилбехьа боьду некъ. ХIара Шот, солла а паргIата ву. Шу шиъ вевзаш хилча, хилларг, лелларг дуьйцуш Iер-кха шу. Конха! Маса, вайн дошлошка, къепалхошка хIума а кхоллийтуш, вайн дой хIоъ луш дузаде. – Сенис аьлча, Халдазас сатедира цуьнан.
          - Лараме Сени! «Йоккхачу Кеташоно» тIедиллар дина хьо араваьккхина хилча, аса хьоьца воийтура ву, шелла дика кхин хира воцу лар таллархо. «Шевшети лаьмнин» массо а дукъ, тIехуле, берзалой лела массо а тача девзуш хиларал совнаха, цу акхаройн баннаш чуьра кIезий а девзуш ву иза. Цуьнан цIе а ю «Лар», жимачохь нанас тиллинехь а, лар талла хаарна адамо тиллинехь а. Тхуна вевзичахьана, цу цIарца вехаш ву иза, кху шовзткъа шарахь.
          - Шуна а, шовзткъа шарахь бен вевзаш ца хилча, боккъалла а, мелла ю цуьнан хан? Иза-м, цхьа къена къачалг хила ма тарало, бармица лело везаш?
          - Цунна, шена а ца хаьа моьтту суна, шен мас шо ду. Хетарехь, 60-70 шараш юккъера хан хила тарало цуьнан. Амма, ахьа эра-м дац цуьнан и хан ю, иза, лаьмнашца лелаш хьайна гича хIетте а, - элира, шен къамелаьхь, цхьаа дозалла доцчу Халдазас, - Ткъа хIинца, шу иштта сиха хилча, со эвла воьду, и Лар а кечвеш. Делахь а, Шот, хьо сан хьаша хира ву, мел кIезга а тховса-кхана, - аьлла, каде хьалагIаьттира кху жимачу кIоштан да.

          Лар таллархо шен говзаллица мухха велахь а, Сенина кху чIажо велла некъанакъост, кхетам болу къамелхо вара, шен леларца иза, дукхаха тентак хетахь а. Цул совнаха, Сенина хиара и къано барми тIевилла, кхин а, дикка хан ша такха езийла. Ша беллачу дин тIехууш иза гина Сени а, Кюьрк а, вовшашка хьаьжжиначохь висара. Дукха сиха лархочуьнан а, Кюркан а, цхьаьнадогIу къамел тасаделира новкъахь.
          - Лараме Лар! Шотас дийцарехь, и Халдаз, халда-халибан ораман стаг ву. Ткъа цу Халдазас дийцарехь, хьо схьаваьлла орам цунна бевзаш бац. Хьуна хьайна хууш, хIумма а дуй цунах лаьцна? – забар ян дагадеара, цуьнан леларах Iехавеллачу Кюркас.           
          - Соьга, хьайн йоI йаийта лерина-м вац хьо, сан ораман бала кхаьчча волу? – хаттарна дуьхьала кIоршаме хаттар а дина, юкъаметтиг хьогIе ца йан, ша аьлларг беламе даккха гIоьртира Лар, - Сан нанас, со батта тIера чувоьжна олура. И ду-кх, сайн орамах суна хуург. Иза иштта делахь, со, «энин» кIант ву. Коьртаниг, муьлхачу «энин» ву хаар ду-кх вай тIекхиа дезарг! – олуш, шуьйрра бага гIаттош велакъежира забарча.
          - Кюрк! Майрра, хьайн йоI, кху Ларе яхийта мегар ду хьуна. ДIакхоьссича а, «энин» захал хира ву хьо! – олуш, кIажвахна велавелира Сенин гIовс2 волу Конха.
Кхеран къамел хезаш, хьалха воьду Сени а велакъежира. Иштта, кIелависа дагахь вацара Кюрк.
          - Хьан да «эни» велахь, хьан хьоме нана а, хила еза-кх «энин» могIарера? ТIаккха хьо, «эни» ца хуьлу? ЛадогIал нах! Вайца «эни» хилча, вай кхера хIумма а ма дац? Сени! ДIаерзае вайн дахаран юьхьиг, цу «Апсари-гIопе»!
          - Э-э, сан доттагIа! Ахьа диц ма делахь цу грекин а, римхойн а «эни» сан дехошца, я ненахошца хьогIе хила таралуш хилар, - элира, иштта атта, дешан са йита дагахь воцчу лархочо.
          - Мангална, тIулг карий мотту суна! – аьлла йиначу цхьаннин кхоссаро, цу «девнна» жамI дира, ладугIачеран деларша дерзийна долу.
Цхьа хан ялча, хуург хила гIертачу Кюркас, рогIера, забар йоцу хаттар дира Ларе:
          - Лараме Лар! Ши-кхо де некъ балла бен, кхин генахь йоцчу цу Халдазан и эвла, хьалха юьйцуш хезна яц суна. Шен долахь дукха лай болуш, вайнахана, даима ладаме хилла эчиг доккхуш йолу и кIошта, лулахошна евзуш хила ца езара? – аьлла.
          - Цхьана хенахь, ахьа ма-аллара ладаме хилла хира ю и кIошта. Тахана, цуьнан маьIда къеелла. Хьуна къахьоьгуш байна и «лай», лай бац! Уьш, кхузарчу дехийлан бахархой бу, царна юкъахь лай хаалахь а. И лай а, дукха хьолахь лаьтта бухахь болх беш хуьлу. Цу «Эчиган ломахь» даима беш бац, кхушарахь, мелла а тIаьхьататтабелла и эчиган тIулг баккхарца боьзна белхаш. Цу маьIдехь къахьега догIу адам, шайн лаамехь догIуш ду кхуза, цу гонахьарачу дехийлашкара. Деъначу адаме хьаьжжина доькъуш ду, лалорца, кечдина даьлла и эчиг а. Къанойн Кхеташоно, шайна оьшу эчиге хьаьжжина, адам доийту къахьега. Цундела бац цу меттехь хехой а, тIехьожурш а. Цигарчу бIахойн а, коьрта Iалашо ю, и меттиг арара тIегIертачу къуйх а, талорхойх а ларар. Кестта, и доллу адам дIагIура ду аренашкара ялташ чудерзон, стоьмаш, бошмаш дIаерзон, Iаьнна алана а, ягоргана а кечамаш бан. И Халдаз, цуьнан эвлахой цу ломан дай белахь а, кхечаьрца нисса дакъи бен дац царна кхочург. Бакъду, мелла а алсама хила тарало церан дакъа. Цуьнан бахархошна тIехь ду, эчиглалочу пешашна хьаннаш хьокхуш кIора кечбар, иштта кхин тайпа, леррина белхаш дар а. Цундела, муьлххачу а эвлахь хуьлу юкъара хин хьерал башха, гIараялла яц и эвла а. Ялта чудерзийначул тIаьхье бен оьший и хьер? Хьер яра олий, сийлалла айъалой дехийлан? Хьер, ца хилча ца долу амат ду вайн дахаран, адамо лелош йолу шарбал санна, - элира велакъежначу лархочо.
          - Со кхетта. Цхьана кхетамца аьлча, кхузахь дехарг «аьчкан ваьр» ду-кх, «барт» бохург гергарлонан тIум а йолуш,
          - Кюркас аьлча, геналле хьаьжначу Ларас, цхьа дийцар долийра: - Ахьа хьахийначу цу «Аьчкан ваьррах», «Бартах» лаьцна, туьйра ду кхузахь лелаш. Баккхийчара, бакъдерг ду а олу иза, хенан дохаллехь туьйране дерзийна. Цкъа моцаха, Iаламата генарчу шираллехь, кхузара лаьмнаш кхоьллина и тIулган маьIда, таллархочунна тIорц 3, я кIас4 кхосси бен оьшуш боцчу хенахь, дехаш хилла боху кхузахь, талларца рицкъ лоху шира адам. Цкъа, кху шина хIорда юккъе деана боху, шен амалца чIогIа долу халкъ. Иза, вайн шира дай, «хурри» хила беза. Уьш баьхкина «Боккхачу Ломал» дехьара, шайца дукха даьхне долуш. Ткъа аса хьахийна ши хIорд бу: цхьаъ «Лакхара хIорд», важа – «Малх гIотту хIорд». Цу халкъан, бецан хьоле аренаш еза дакъа «Аренца-хи», «Буора-нун» олучу хиш юккъе дIадахна. Ткъа важа, жимаха долу дакъа, цхьана лекхачу лома кIелахь сецна олуш ду. Цу декъан хьалханчо мохь тоьхна боху «ТIулган Дега»: ХIей-хIе-хIай! Лаьмнин паччахь! Тхо, кху хьан махка, генара ирс лаха даьхкина! Ахьа, хIун олу тхойга? аьлла цо.
«Ирс хила, хIун ду шуна оьшург – элира боху, тIаьххьаре а паччахьо, – БIешарахь тоъал дашо луо ас шуна, я делла шун халкъ дIадаллалца, эчиг деза шуна?». Вайн шира дай, баттара тарраш а даьхна, лаьмнин паччахье мохь бетта бевлира боху: «Эчиг ло тхуна! Даимана эчиг!» бохуш. Лам бекийра боху цу паччахьо, шен маьIда схьайоьллуш: «Дика харжам бу ахьа бинарг, ницкъаллехь долу халкъ! Даима, хуьлда хьо кхул тIаьхьа бIешарашкахь ирсе, хIай «Эчиган ваьр»! Сайгара совгIатна, Барт а ло аса шуна» элира боху цу «Лаьмнин паччахьо». Иштта кхаьчна ду-кх, лараме Кюрк, вайх долу ваьрраш цу шайн сийлалле.
          - Лараме Лар! Алахьа, цу вайн шира дайша, и тарраш баттара хIунда даьхна хилла те, шаьш дехаре баьхкина хилча? – олуш диначу хаттарна, «хьекъале велар» долу, жоп делира Ларас:
          - Ца лахь, шаьш доккхург хилар хаийта. Зер долчу къаноша олуш, иштта дешнаш ду: «Олхазар шен месашца хаза ду, ткъа адам – хаарца». Шен мах бевзачу къонахчунна, уггаре а дезаниг сий ларор ду, шолгIаниг эчиг ду, цу эчигах дина хиларна нох а, тур а! Нахаро гайш юзу, туьро, сий лардо.
          Буьйса яккха, ладаме меттиг Сенис билгала ца йоккхуш, дикка, суьйренга бахара кхара бо некъ. Иза, гIайгIане вара. Хьолах кхеттачу лархочо, кху тобанан хьалханче дIахьедира:
          - «Апсари-гIопе» боьду некъ, аьрру агIонга дIахьовза йиснарг йоккха юкъ яц. Ткъа вай, кху «Чхьар-хин» атагIара дIадовлуш, «Арсиян дукъаца», неврехьа некъ бан безаш ду, аьрру агIонгахь «Шавшетан лам» а буьтуш. Цуьндела вай, кхузахь буьйса яккхича бакъахьа хира ду. – элира цо, цхьана айъаеллачу меттехь шен дин а сацош.
          - Конха! - аьлла, шен гIовсе кхайкхира Сенис, - Синбилгало къаьстачу муьрехь ваха, масех талламхо билгалваккха хIинццехь, кху «Чхьар-хин», лахарчу атагIахь таллам бан. Лакхахь бехачу ваьрхошна кхерам а болуш, кху меттера дIагIойла дац, вайн метта, кхузахь кхин берш дIа ца хIиттахь. Иштта, вайна гонахьа, буса хIоттон долу ха а чIагIде.

          Башха хийцам боцуш чекхъелира буьйса. Сатосуш яхна, талламан тоба а хьееллера юхаян. Кхара, йистмарт диана а яллера дикка хан. Сенин тем бацар гучу Кюркас, Лар хьовзорца йоьзна шен забарш йора. Делкъе йо хан а йара гергагIерташ. Талламан шолгIа тоба яхийта лерина Сени а волуш, генарчу гIароло хаам беара хьалханчана: «Онда къепал ю, «Кулхахали»5 махкара, кху чIажехула хьалайогIуш. Хетарехь, цаьрца вайн талламхой хила а мега» бохург дара, хьалхарачу хаамо деънарг. ТIаьххьаре а, чIажо голатохачохь гучаелира хьалхара ворда а, цунна хьалха вогIу масех дошло а. Масех чакхарма юкъ йолчу цу чIажахь, дика гуш дара къепалан дохалла. Сиха болар доцу стерчий, когаш текхош богIу къепалхой, дой дIасхьахоьхкуш долу гIарол, даима хуьлуш долу, къепалан амат дара хIинца кхарна гург. Бакъду, цаьрца бацара кхеран талламхой.
Къепалан юьхь тIекхаьчча, хьалхабогIачарех цхьаммо шен дин Сени волчухьа берзийра: «Ма-юьдду яхийта къепал!» аьлла, шен гIаролан хьалханче буьйр а деш. Сенина, га ма-гиннехь вевзира, кIира хьалха, маренаш дан кечбелла кегийрахой декъалбеш, Элсийна загIа деъна къепалан да.
          - ЦIога къайла а далале, корта гуча ма бели кху вайн «хьешан», - элира меллиша, Ларна гергахь лаьттачу Кюркас.
          - Некъ маьрша, мохь беза, пайда алсама хуьлда хьан, лараме къепалча! – элира Сенис а. - Иштта сиха юхаерзар долуш хьан къепал лелахь, хIара шо ниIмате хира ду хьан, ларамениг! – аьлла, мелла а забар ян гIоьртира иза, ша самукъне вацахь а.
          - Некъ маьрша бацахь, шеко йоцуш варрин а, стерчийн а мохь базло, цуьнца цхьатерра, къепал ден хазнан тIоьрмаг а байло, - элира тIевеъначо.
          - Суна вевзачу, цхьана махлелорхочо олура ишттаниг: «Къепалчан аьтто бухура бац, хьевзина некъаш мел ду». Дийцахьа, хIун ду цу хьалха? Сан талламхой гирий хьуна? – Сенис аьлча, къепалчо дийцира, ша юхаверзаран бахьана а, талламхойх доьзнарг а.
          - Дийцарехь, цхьаа низам ларош доцу, хьал кхолладелла «Апсари-гIопахь» а, цунна гонахьарачу кIоштахь а. Нийса хира ду, цигахь дIабоьдург, талорхойн гIаттам бу аьлча. Цхьана, шина дийно лоцачу некъан геналлин сехьа, мелла а низам ларош делахь, цулла дехьарачу махкахь, верриг аьлча санна вовшеха леташ ву. Хьан талламхойн хьалханча: «Къепалчан лергин семалла, цецечу бIаьргаша йойъу. Ткъа талламхочо бакъдийриг хила деза, шен бIаьргана гинарг, лергана хезнарг, дегIана хааделларг, иштта дегхьехамо дуьйцург а» соьга олуш, цу гIучIа юккъе чувахара. Со, юхавирзира. Аса леринарг ду, «Олти» хи кху чIажа чудужучу кхаччалца юха а вахна, Утухай-гIалехьа (кхуз. Тухариси) гIуртуш, «Хушани», «Дидини» мехкашка ваха. Цу мехкашкара дIа, «Кур» хица охьа а вахна, «Боржоми лаьмнашна» тIехьахула, «Риони» хица Фасис-гIала кхачар ю сан керла Iалашо, - къепалчас аьлча, цунна билгалдаккхар дира Сенис.
          - Хьо, цхьамма а къепалчо шена могийтуш доцу тешаллаш деш, ма майра ваьлла? ХьогIечарна, хаалахь и «Арсиян», «Месхетин» даккъаш, дуьхьало яц хьуна. Мотт багахь сацабелахь, ларалуш хилалахь!
          - Хьан тоба а яц ткъа, «Риони» хин атагIа кхача езаш? - хаттар дира, цецвалар долчу къепалчас.
          - Ю. Амма, дан деза некъаш, тайп-тайпана ду вайн. Тхо, кху чIажаца хьала, некъ бан лерина ду, - элира Сенис, ша бен болчу некъан, куьйга эшарехь агIо гойтуш. Къепалчан юьхь тIехь, кхетар доцу хаттар дисира, вохарца цхьаьна.

ссылкаш:
«Дия́ла» («Да-йа-Эла»; курд. «Serwan») [1] – иза ду хьоста Иранехь а долуш, Иракера хи, Тигр хин аьрру агIонан га. Цуьнан лакхе «Загросс лаьмнашкахь» а йолуш, лахе ю Месопотамин чIожахь. «Дияла» хино кхуллу цу лахенгахь шуьйра хи дестаро кхоьллина,  хьекъна хих кхете. Баьста – хи дестар, аьхка – хин локхалла йоьжжа хилахь а, Iай айъалучу хино, хинкеманаш лела аьтто боккху цу тIехь.
гIовс (ву) 2 – гIазкхашха «заместитель».
тIорц 3  - ширдолагца кхуссу тIулг. Ширдолаг (праща) – шираллера герз.
кIас (бу) 4 - ширдолагца кхуссу, ира маьIигаш йолу тIулг.
Кулхахали («Кулха-х-али», гIазкх., «Кулха\къолхи+стража+ущелье», кхузаманан цIе «Кларджети») 5 - Колхидан коьртачех йолу, къилбехьара, бахаман кIошта хилла ю иза даима.
 
Просмотров: 390 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/4
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2016  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
    123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031
Назам
Адин,Сурхон илли